bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

III корта. Ц

I

еран гуонаха

Церан амалшца, гIиллакхашца ца догIу, цара цхьаммо а тIе ца лоцу законаш коча ма Iиттийша кхузахь дехачу халкъашна.

А. С. Грибоедов

1

Сингаттаме а, дог доруш а йу туьпара тийналла.

ХIетте а шайн забарш йитац наха. Цхьамма дийцинчух бийлабелла нах йуха а берзале, кхечо доладо.

– Цкъа Iаьлара кIел тIом хуьлуш, тхан эвларчу цхьанна хилларг хаьий шуна? – бодашкара схьа вистхилира цхьаъ. – БутIа цIе йолуш, дегIана зоьртала, ги доьллича, хьаьжкIех дуьзна суьйлийн къорза гали Iаьнда а хьур долуш, дерстина буожа дара иза. БIо богIу аьлча, зударшций, берашций орца а волий, цигахь цаьрца лечкъий а Iай, цIа вогIура иза даим а. Кхехкачу тIаме а, божаршна го хало йалхош, царах къахеташ синош дохучу зударшка а ладоьгIуш Iай, олу, бохура, цо: «ХIаъ, иштта декъаза хIуманаш йай тхо божарий-м». Цхьана дийнахь тIом хуьлуш, даим санна, орцахь левчкъина а Iийна, суьйранна, маьI-маьIIехь йукъ-кара герзаш дуьйлу а хезаш, шайна йуккъе хIоьттина xIapa БутIа а волуш, йуьрта богIуш хилла зударий. МаьркIажал тIаьхьа. Цхьанхьа дукха генадоццуш мажар йаьлла, ткъа кху божин некха тIе цхьа хIума кхетта. «Йа АллахI!» – аьлла, маьхьарца шен даг тIе ка а тоьхна, ша волчче дIахаьрцина xIapa. «Ой, хьуна хIун хили, БутIу?» – гуонаха хьаьвзина зударий. «Топ кхийти, со вели!» – бохуш, мохь хьоькху хIокхо. «Ой, дакъаза ма вала хьо, оццул ахь идорах, кIелхьара ца дели-кх и хьан са!» – аьлла, шайн кучамех, этIош, асанаш а йаьхна, чов йехка дагахь гIовталан ветанаш дIадаха боьллачу зударшна хIун гина, хаьий шуна? Цхьа нана-йоккха бумбари!

– Цкъа ГIойл дехьара цхьа стаг веана хиллера Гилна хьошалгIа, – дийца вуьйлира зандакъо. – Цхьа буьйса а, ши буьйса а йаьккхина, ша дIаваха веза хан гергагIоьртича, хIусамдега аьлла хIокхо: «Делхьа, хьенех, кху Гилнахь тхан тайпанан нах бу олуш, хезна суна. ХIинца кхузахь кхо де-буьйса а даьккхина цIа вахча, цIерачара, вайн тайпанан нах байрий аьлча, царна дала жоп хир дац-кх сан. Уьш бовзийтахьа суна». «Мегар ду», – вукхо аьлла, шолгIачу Iуьйранна эвла йуккъе ваьлла xIapa шиъ. ДуьхьалвогIуш хилла гуттар таьIаш цхьа астагI тIаьнчакх. «ХIара вогIург ву хьуна шун тайпанах стаг», – аьлла хIусамдас. Цуьнга бIаьрг тоьхна, резавоцуш тIехваьлла хьаша. Дехьо ваьлча, дуьхьалкхетта, эмкалан санна, букъ хьаьвзина кхин. «ХIара а ву хьуна шун тайпанах». ТIехваьлла xIapa шиъ. Гена валлале кхин цхьаъ дуьхьалкхетта кхушинна – бIаьрг къаьрзина саккхар. «Иза а ву хьуна шун тайпанах стаг», – аьлла хIусамдас. «Ванах, тхан тайпанах мел верг сакхте ма ву хIорш, – цецваьлла хьаша. ТIаккха соцунгIа а хилла, ша тIевоьссина гилнахо сацийна xIoкхо: – ХIан, хьо цIа гIо. ХIинца суна сайна а бевзар бу тхайниш».

Дуккха а забарш йиначул тIаьхьа халкъан турпалхой, шайн накъостий, тIеман хьуьнарш, къонахаллаш а йийца буьйлира нах. Долийра Адин Сурхона тIера. Дийцира шайх Мансур имам валар, ламанан халкъаш дуьххьара цхьаьна а тоьхна, цо паччахьна дуьхьало йар, паччахьна дуьхьал нохчий гIиттар. Дийцира Таймин Бийболатан хьуьнарех, майраллех, къонахаллех, цуьнан декъазчу Iожаллех лаьцна а. Йийцаре йира нохчийн xIop а наибан тIеман говзалла, церан гIалаташ, толамаш, иэшамаш. ХIораммо а йуьйцура оцу бIешеран тIамо шайн йарташ тIехь йина иэрчонаш, оьрсийн инарлийн къизаллаш. Эххар а къамел тахана цаьрга хIоьттинчу хьола тIе деара.

Цаьрга ладоьгIуш, тийна Iийначу Къосама доккха садаьккхира.

– Дерриг эрна хили. Масане кхелхи, масане доьза вай, масане бен боцуш виси. Шен дуьхьа оццул цIий Iенийна Нана-Нохчийчоь а вай хьега йиси. Кхуза схьаван сайн сацам хилла де дагадеача, айса – сайна тоьхна валлал бIарзло со. Кху декъазчу адамийн къих хьалха ма бовлийла xIapa мохк вайна марзбинарш! Схьакхаьчначул тIаьхьа зуда а, кхоъ бер а делла сан. Дисина шиъ Iуьллу, кIезий санна, мацалла угIуш. ХIун дан деза царна? Мацалла а, гIело а вешан махкахь гина вайна, ца гуш хIума а ца дисина, амма цигахь кIелхьарвала некъ карабора. Ткъа кхузахь? Мича ваха веза а, хIун дан деза а хаац. CaгIa деха даго витац. Доьзал мацалла ца балийта, мел ца лаахь а, лачкъой, нуьцкъала йаккхий дийзи…

– ХIумма дац, Къосам, хьайн хирг де ахь! – тIетайра, оцу буса туркойн бекан хьаьттара лачкъийна ах гали мукх а беана, паргIатваьлла Мовла. – Цхьана-шина баттахь кху гондIарчу туркоший, эрмалоший дика гIo дира вайна. Шаьш йоцуш бисина а хаац, йа вай кхаба кIордийна а хаац, уьш а йухабевлла. Шайн ницкъ кхачахь, цара вайгара а йаккха, вешан кайаьлларг вай а схьайадор йу. Йиначун йац гIала, йаьккхинчун йу!

Мовлас аьллачунна резавоцуш корта а хьовзийна, вистхилира хIетталц тийна Iийна Iела.

– Дера, ду, Мовла, ахь къобалдийриг а вайн вуон цIе йоккхуьйту йолу гIуллакх. Вай-м къуй даций, тIемалой ду. Вайн къомана тIе иэхь доуьйту талораш дечу наха.

– Иэхь? Иэхь, йахь, йуьхь йолуш адамаш вай хьанна хета?

– Хьуна-м, дера, моьтту, Iела, и талораш наха хазахета до. Мацалла дала-м ца деза вай? Дукха садитти, тоьур ду хIинца. ЦIахь оьрсийн Iедало хьийзий, кхузахь туркойн Iедало хьийзадо. Дависарг-йаI, сайна кхузашха схьаван хаздина нах шаьлтанца боруш охьабахкарх Iебар вацара со!

– Делхьа, дийцира цара-м, кхузахь вайна кийчча лаьтташ йалсамани йу бохуш!

– Соьга ладогIийша цкъа. И ас буьйцу Нуркиший, Шахьболаттий, тхан лерехь и зурма лоькхуш, тхуна схьадахка а хаздина, шаьш цIахь ма севци!

– Тхан йуьртара Iуспанан Сайдуллий, шелахойн Хьаьдаззий, майртуьпара ЖанарIелий а вара тхан агIор оцу гIуллакхна йукъ йихкина лелаш, – элира гиххочо. – Амма уьш, тхоьца схьа а баьхкина, шайн вархIе дена цагинарг хилла, кхузахь, элий санна, баха хевшина.

– Ворданан дена товчу aгIop илли ала хаьа царна. Молланийн, наибийн гIуллакх Шемал волуш а дацара вуон, ткъа паччахь веача, кхин а тоделира. Делора, карий царна шайн ирс кхуза баьхкича а. Молла Шахьби го суна наггахь туркойн йуьртахь. Iаж санна, йогу беснеш, тIехула бугIанийн ворда хьовзайалла стомма ворта, иссалгIа бутт бохьуш йогIучу пхора зудчун санна, гай. Оцу дайл а боккхачу коьртах исс дол йеха чалба а хьарчийна, пхи бIе суьлхьа кара а лаьцна, бекана улло волий лелаш хуьлу иза. Вай-м хьехор дацара, тIе, шен сакхат ваша а дIа ма тесна цо.

– Велла, ца боху, и миска?

– Шахьбис мацалла вийна-кх!

– Шайн дена бархI са болу неIалт хуьлийла церан! Къуръан тIера ши элп а Iамийна, шаьш молланаш ду, оха бохург Дала аьлла ду бохуш, цара Iехош, дехи вай-м кху хьола тIе.

– Иштта ма алал ахь, Мовла. Берриг молланаш бац ахь ма-буьйццу, – эккхийтира Макхална уллохь Iачу МIаьчига.

– Бац, дера-кх. Цхьаберш – цIагара, вуьш – дирша бу уьш! – жимма Iийча, тIетуьйхира цо. – Цаьрца хьо вагарвац ас, Маккхал. Ахь дегабаам ма белахь.

– Сайгахь шунчул тIехдаьлла хьекъал ду бохург дац сан, – аьлла, къамел долийра Маккхала. – Iелас аьллачунна тIера схьадоладелла xIapa къамел. Нийса ала ца хаахь а, цхьаъ ала гIерта иза. ГIийлачу стагана зуламдар ца магадо йа шарIо а, йа вайн гIиллакхо а. Талораша вайна херадоккху кхузара адам. Шу Мушана тIелатталц, кхузахь бехачу наха, къаьсттина эрмалоша, дика гIо лоцура вайнехан. ХIинца уьш а гIакхбевлла. Шайн карайеанарг тоххара кхаьллина девлла шу, оцу дийннахьехь. Цо лечуьра ваьккхина стаг вац, амма цул тIаьхьа кхузарчу къаьмнашкара гIо а хаьдда, мацалла белларш дукха бу.

– Делла дала цара вайна де гIo!

– Сила долу xIapa меца адам цара даош-малош, дустош кхобур ду-м, ца моьттура хьуна?

– ВаллахI, ва биллахI, цара дика са ма детта, – шен къамел дора Маккхала. – ХIара тогIи дIалаьцна охьахевшина вай. Шаьш тIенисбелла хIума схьаоьцу вайнаха, иза шен ворхIе а дех йисича санна. Кхин хIумма а ца хилча, кхуза вайн гулдалар тоьур дара уьш собарх баха. Собар ца хили шуьгахь. Сатоха дезара, собар хила дезара. АьрзугIар цIа берзийта, тIаккха хуур вайна дан дезарг. Вешан къомах чекх са ма гайта вай, оьздангаллех ма доха вай, бехира. Ла ца дуьйгIи-кх.

– Э, Маккхал, гай мацйелча, оьздангалла йицлуш хиллера. Мацалло дохадо дерриг. Мацалла лечул-м, летта валар гIоли йай.

Маккхале ладоьгIуш Iийначу Къосаман аьрру бесни йего йуьйлира, чу цIий доьссина, цIийбелира бIаьрг. Цунна мохайаран йа халахетаран билгало йара иза.

– Ахь хIун дай, Маккхал, суна и туьйра ма дийцалахь, – элира цо эххар а. – Оцу наха дийцинчу туьйранаша Iехийна, винчу махках а, дуьненан ирсах а хадийна, кхуза кхоьссина со. ГIаж санна, хьайн дегIаца цхьалха волчу хьуний, Iелиний атта ду оьзда лела. Сан санна, мацалла багош гIаттийна, кийрара Iаь ца йолуш, Iохкуш йалх чIевне йац шун. Делахь, дерриш мацалла ле вай? Ваьш Iехийначарна хастам кхайкхабей вай? Вай-м кхоччуш Iехийний! Вай хIаллакдан а, махкахдаха а, мацалла дайъа а мега, ткъа ас, диъ делча, дисина сайн ши бер мацалла ца далийта, сискалан йуьхк йаккха ца мега? Со виэн гIертарш оьзда бу, ткъа ца вала гIерташ дуьхьало йен со оьздангаллех воьхна! – чордачу машин эттIачу чоин кач дIаса а оьзна, баьллачу берзинчу некха тIе буй туьйхира цо: – Экханчух тарделлий сан дог-м. XIapa маьлхан дуьне сайга оццул къиза доуьйтурш тало а, байъа а къа ца хета суна!

Пхьаьрсан гола лаьттах гIортийна тевжина Iен Маккхал, нис а велла, леррина Къосаман бIаьргаш чу хьаьжира.

– Къосам, хьо Дала дукхавахаварг, кху хьола тIе хьо ваьккхинарш и ахь хьийзо миска туркой а, эрмалой а ма бац. И пекъарш-м хьол дукха гIуллакх тоделла а баций, халла хене бовла гIерташ бохку. Схьавалийна, кхуза охьакхоссалц, хьо дуьненахь вуй а ца хиъна царна. Церан хIун бехк бу? Вайн Делан вазаллора, кхузарчу адамаша дика гIиллакх ма лелий вайца. Хьалхарчу цхьана баттахь шайн ницкъ кхочу гIo а ма дира. ХIинца вайн харцхьадовлар а лов.

– Мила ву ткъа бехкениг? Со хазахета веана кхуза? Хьан баьккхина сан бIаьрг, Мовлин пхьарс, кхечуьнан ност? Хьан даьхна вай дайх, вежарех, йижарех, къоьнгех? ХIунда веана со кху нехан хийрачу махка? – хеттарш тIеIанийра Къосама. – Хьуна хIун моьтту, Маккхал? Со, Iелам цахиларх, сонта вац хьуна. Суна хаьара ткъа, герз буйнахь сайн неIар тIе хIитталц, оьрсий дуьнен чохь буйла? Сом, сайн дай санна, цхьанне а новкъа а воцуш, адаман хIуманаш ца лечкъош, сайн ирзон коржам тIера сискал йоккхуш, машаре вехаш варий, цара витинехь. Амма, уьш бевзичхьана, цIийн Iовраш Iена нохчийн лаьмнашкахь. Вай хIун дина царна, хIунда ца дитира цара вай вешан лаьмнашкахь даха? Со-м хазахета ца веаний кхуза, ткъа цигахь цара сайна тIехь хIоттийначу къиззалех ведда, кхузахь мукъане а сайна синтем карорга догдохуш веана! Веана, бIаьргех хи ца долуш дог доьлхуш, Нана-Даймохк битина.

 

– Хих веддарг хьера кIел иккхина бохург хили-кх. Кхузахь мацалла лечул-м, хьаха, паччахьан эскарех леташ, вешан мохк ларбеш, делла дIадевллехь ма тоьллера. ХIинца вайга хIоьттинчуьнга хьаьжча, йалсамани хилла и сийна Сибаре-м.

ОьгIазаллех вуьзна Къосам, шен къамелан тIаьххьара дош аьлла, цхьа бIаьрг тIе а къарзийна вист ца хуьлуш сецча, хIетталц бIаьргаш а хьаббина, меллаша дегI техкош Iийна Маккхал вистхилира:

– Делхьа, суна сайна а ма хаац дан дезарг. ХIун де-те, муьлхачу новкъа дахча кIелхьардевр дара-те бохуш, ойланаш йеш, буьйсанаш тоькху ас-м. Ахь бакъ боху, хазахеташ цхьа а ца веана кхуза. Таллархочух шен са дадийна лела экха санна, шен са дадийна веана xIop а. Амма аш тидам биний кхечу адамийн дахаран? И беха кхаа беттан некъ беш, вайна гиначу къаьмнийн дахар дара ткъа атта? Ткъа хIорш? Хьо дIа тIе мел кхаьчначу йуьртахь дуккха а лаппагIашна йуккъехь кхо-диъ цIа карадо хьолаца къаьсташ. Хьенан ду и кхо-диъ цIа? Моллин, къеданан, йуьртден, совдегаран. Ткъа лакхахь мел дукха бу уьш, дехьа мел вели, баккхий, сутара а болуш. Уьш дIакъастийча, дисина адам вайга гIоьрттуш гIело хьоьгуш ду. Вайгарчу а, цаьргарчу а Iазапна бехке паччахьаш, элий, эпсарш, уьш къих цIанбеш лела и цхьа тайпа динадай а бай. Уьш талабехьа, хьо Дала дукхавахаварг, уьш байъахьа.

Голаш тIе охьатаIийна корта шина куьйга къевллина схьа а лаьцна, лаьттан бIаьра вогIавелира Къосам. Карзахвийлар лахделча, цуьнан багара гIийла масех дош делира:

– Дера, хаац суна-м, Маккхал. Паччахьаш, элий, динадай лоьхуш, царах бекхам иэца гIерташ лела хан а ма йац. Мозий санна, хIаллакьхуьлуш ду вай. Суна ца лаьа сагIадоьхург хилла лела, лай хилла ваха йа мацалла вала а…

Къосама дуьйцург массеран а дагахь дерг дуйла хуучу Маккхална лаьара, хIуъу аьлла а, церан догъэца, амма царна синтемна дешнаш ца карадора.

– Массеран а дагахь дерг ду-кх ахь дуьйцург, Къосам. Кху хьолехь ши бутт хан йалахь, дерриг делла дIадевр ду вай, гIуллакх дено-дено оьшуш лаьтта. АьрзугIар а кхочур цIа, хуур ду вайна дан дезарг а, карор бу кIелхьардовла некъ а.

– КIелхьардовла некъ-м суна хаьара, – дехьа йуккъера схьа вистхилира цхьаъ. – Коша боьдург бу-кх!

– ЭхIей, дависа кху дуьненан! Лийр йуйла хиънехь, шен нанаша туьханах йухкур йара, баьхна аьккхичо. Цунний дайна, СайдуллагIap йийцина Хонкаран йалсамани иштта чаьмза хир йуйла хиънехь, ма хала дара со Мичкал сехьаваккха!

– Цунна ца воьлхучун ворхI дена хила неIалт! Кхуза догIучул-м, вайна Сибрех дахар дуккха а гIоли хиллера. Цигара-м цкъа даймахка дерзаре сатуьйсийла а йара, кхузахь иза а йац.

– ДIадовлийша, кIентий, тховса ма карзахйаьккхи аш и Iожалла. Шу стенна чIеIа? Дуьненан массо паччахьашка шарбалш йашайойтуш волу оьрсийн паччахь шовзткъе итт шарахь лестийна нохчийн кIентий дац вай? Iожаллех кхоьруш вай маца хилла? – хьала а иккхина, нахана тIевирзира даим а самукъане Мовла. – Ас биъна ненан накха хьарам хуьлда-кх, ца хуьлучу далахь-м, ас кху туркойн данчIарийн кортош догIмех къесто долор дацахь!

– Iожаллех кхоьруш дац оха дуьйцурш. Оьздангаллех вухучул, сий дайна лелачул, нехан лай хилла вехачул, дийнахь-бусий эзарза валар гIоли йу, Мовла. Цунах кхоьрий тхо-м.

– Цундела ца оьшу-кх сагатдан! Оцу хьола тIе ваьш довла долахь, летта лер вай. Iожалла-м гена йац. ДIогахь, бодашкара схьа а къерзаш, Iа. Тховса вайх муьлха дIавига-те ша бохуш, хоьржуш. Цул, дийцахьа, Маккхал, xIapa Дела воцу туркойн элий байъича, эхартахь муьлхачу даржехь хир ву со?

Маккхалан горга йуьхь а, сийна ши бIаьрг а бекхабелира. Шен шуьйра белшаш хьала а тоьхна, хьаьрсачу мекхех куьг а хьаькхна, вела а къежна, охьахиира иза.

– Жайнин хабаре ладегIар, хIай Делан лай Мовла, мукъачу, токх нехан гIуллакх ду. Токхо йацахь а, мукъа хан вайчул шорта йолуш адамаш дуьненахь а хир дац, цундела жоп ло ас хьуна. Жайно-м, хьо ваха, боху, паччахьаш, элий, пурстопаш, кхидолу кегий цIубдарш Делан лаамца лелаш ду, Iедал Делера ду, цара хьайна тIехь дечиг даккхахь а, чIикъ ца боккхуш, церга балда а лаций, сатоха. КхидIа а боху цо, хIай Делан лай Мовла, бусалба динехь воцу стаг массо а хьан мостагI ву, ахь иза вехь а, цо хьо вехь а, хьо гIазот ву, везачу Делан лаамца йалсаманин неIарш хьуна йиллина хир йу, хIуьрлаIан мехкарий хьоьга хьоьжуш Iа.

– ЦIе йожа хьо белхан! Иза-м нийсо а ма йац, – цецвелира Мовла. – Ас керста вийча а, со йалсамане воьду, цо со вийча а, со йалсамане воьду. Ткъа иза маца воьду цига?

– Делхьа, ма вуон са йу цунна хирг!

– Собардехьа, Зарма, цкъа сан хаттарна жоп далийтахьа цуьнга. Ткъа оцу керстанел дуккха а сийдоцуш къиза нах бу бусалбанашна йуккъехь. Уьш байъича хуьлий гIазот?

– Хила хьакъ-м дара, амма жайни тIехь иштта йаздина-м дац.

Мовлас, чам байна, корта хьовзийра.

– Ой, сийдоцу бусалба вийча а хуьлу гӀазот аьлла, цхьа-ши могӀа тӀе йазбан ца мега? – хаьттира цхьамма.

Тийналла йатӀош белабелира нах. Оцу дешнех самукъаделира кхоьлинчу Къосаман а. Цуьнан буьрсачу йуьхьа тӀерачу сирачу мекхашна бухара дакъаделла, кховр тесна балдаш халла хаалуш делакъежира.

– Кхин ду цхьаъ, Мовла, – вистхилира Маккхал, белабалар лахделча. – Хийла керста ву бусалбанал догцӀена а, къинхетаме а. Кханалерчу эхартахь Дала церан меттигаш хуьйцур йу аьлла ду жайнахь.

– Оцу Дала мукъалахь, молла Шахьби кестта лийр а ву, и дIавоьллина цхьа кIира даьлча, цуьнан каш даьстина, цу чу хьажаза а Iийр вац-кх со. Сайн доттагI Ягор карор вац-те суна цуьнан меттахь, – забар йира Мовлас йуха а. – Ас Къуръанах дуй буур бара-кх шуна, вайна бIаьрга бан ца безачу оцу керстанашлахь Iаламат дукха догцIений, къинхетамей, тешамей нах бу аьлла. Маккхал бакълоь шуна. И вайх летта салтий шайн лаамехь летара, моьтту шуна? Ма бакъ дацара-кх иза! Суна санна, церан хьал хаахьара шуна. Со йийсаре муха вигира-м, ас дийцина шуна. Йийсарехь волуш Рангал-инарлин долахь болчу муьжгашца шина шарахь гергга болх бира ас. Кху хьолехь хIокху тогIи чохь цхьана-шина баттахь дисахь, Далла дуьхьал гIyp ду вай, кIентий. Далла дуьхьал йуьхьIаьржа гIойла со, шуна цхьа хьаьрк харц дуьйцу делахь. ХIинца вайгарчуьнга гIоьрттуш Iазапехь бара цигара муьжгий. БIаьрго ма-лоццу йолу и шера аренаш, йуькъа хьаннаш йерриш элийн долахь йара, ткъа муьжгичун долахь хIуп аьлча бIаьрга эккха хIума дацара. Иза хьовха, шайн догIмийн дай бацара уьш. Хьайбанаш санна, бухкуш, оьцуш, бацош лелабора элаша. Дуьхьал масех муьжги лой, толлу цхьа жIаьла оьцура. КIеззиг бехкбаьлча, верзина а воккхий, шед йетташ, бехкечу метте аьрснаш хIиттадора. Элан цIийнах болчу божарша шайна луъург леладора муьжгийн зударшца, мехкаршца. Суна сайна ца гинера, амма муьжгаша дийцира, цхьана эло-м шен иэрийн кIезий муьжгийн зударшка дакхадойтуш хиллера бохуш. Адамаша лело хIума ду ткъа, зударех кIезий дакхадо бохург?

– Ой, цIе йожа хьо белхан, иза ирча иэхь ма ду! И муьжгий куьйгаш лехна-м бацара?

– ВаллахI, ва биллахI, бара ас, сайн зудчух кIезий дакхийча хьовха, и дагадеанчу стеган корта, иза стигалах хьекхалуш хиларх, схьа а баьккхина, оцу кIезашна баор!

– Дуьхьало ца йеш-м, дера, уьш а ма ца Iара. Паччахь а, цуьнан эскарш а хьалдолчаьргахьа ду. Цара кIуьраза бойъу дуьхьало йийраш.

– Дуьне дац-кх цара дуург!

– Цул-м, цхьана дийнахь летта делла дIадовлар гIоли йу.

– Цхьаннахьа а йац нийсо. Изза дац ткъа кхузахь?

– Со-м шуна цхьаъ дийца гIертий, – нехан оьгIазбахар жимма лагIделла йукъ а лехна, шен хабар дIадолийра Мовлас. – Ца безара муьжгашна и шайн паччахь а, элий а! Ягор цIе йолуш цхьа муьжги вара сан доттагI. Воккха стаг вара иза. Къона волуш даггара дукхайезаш йоI хиллера цуьнан. Элан пурба доцуш зуда йало а, йоI маре йахийта а бакъо йацара муьжгийн. Элан пурбане хьоьжуш хIара шиъ Iаш, Ягор салт ваьккхина. Салт ваьлла шо а кхачале, цIера кехат кхаьчна кхуьнга, элан кIанта лела а йина, хьо тIехьийзина йоI, ша-шех цIе а тесна, йаьгна аьлла. Салт лелаш ткъе пхиъ шо а даьккхина, цIа веана иза кхин зуда ца йалош къанвеллера. Цуьнан гIоьнца ведира со йийсарера. Хьуьнхахь тхойша вовшахкъаьсташ: «Хьо Кавказе кхаьчча, тхан баринан корта баккхалахь. Хьайн ницкъ ма-кхоччу дашо пагонаш йерш байъалахь, жIаьлеш ду уьш. Ткъа салтий – хьуна гуш долу тхо пекъарш ду», – элира цо соьга.

– Вайнехан мотт хаьара цунна, Мовла? – хаьттира цхьамма.

– Ца хаьара, дера. ГIеххьачул церан мотт Iеминера-кх суна.

– Делхьа, дийца, Мовла, шаьш ма-дийццара.

– Иза-м хала доцуш хIума ду, – Мовлас, массарна тIехула бIаьрг а тесна, йиш тойеш йовхарш туьйхира: – «Наш барин Рангал изнаеш?» – хаьттира цо. Тхан эла Рангал вевзий хьуна бохург ду иза. – Йиво башка долой, залатой погон эпсар башка долой. Висе залатой пагон эпсар соббак. Салти, муьжги один биднак». Цуьнан корта а, дашо хьесан кIужалш йолчу эпсарийн кортош а даха, уьш жIаьлеш ду, ткъа салтий, тхо санна, цхьа пекъарш бу бохург ду иза.

Шена хуучу оьрсийн маттах дозалла деш, курра нахе а хьаьжна, луьлла йуза хIоьттира Мовла.

– Ткъа ахь жоп муха лора?

– «Яхши, Ягор, яхши. Висе залатой пагон башка долой бийр бу», – элира. Делан гIоьнца, зиэн-зулам доцуш, вайн махка вирзира со. Цул тIаьхьа тIеман арахь вай оьрсашца чуччадахча, даим сайна хезаш санна хетара суна Ягора дина весет, дуьхьалхIуьттура цуьнан догцIена йуьхь, сийна, къинхетаме бIаьргаш. И дагадеача, сиха къастабора ас эпсаран горга корта шен белшах. Цундела воллу-кхи со, Шахьби велча, цуьнан коша хьажа. Хьанна хаьа, Шахьбин кошахь Ягор каравой а. Маккхала дийцарехь, Шахьби жоьжахата а воьдуш, Ягор йалсамана а воьдуш, гӀуллакх нисдала догӀу.

– Хьо галваьлла, Мовла, Шахьбица керста молла хуьйцур ву Дала! – аьлла, шен цхьа бIаьрг къарзийна, гIадвахана велавелира Къосам.

ТIетуьйсучуьра жIолмаш хаьдда цIе, йукъа гIаж хьийзайарх, ца къегаш, йайнера. Бутт чубуьзча гуонаха хIоьттинчу бодано йуха а хьалхахIоттийра цхьана йукъана царна дицделла ирча хьал.

Бода бара церан дегнаш чохь а.

Мовлин къамел чекхдаьлча, цхьана йукъана хIоьттина и сингаттаме тийналла йохийра вистхиллачу цхьамма:

– Тховса а биси-кх АьрзугIар.

Цунна цхьаммо а жоп ца делира.

Жимма Iийча, йуххерчу тоьли чуьра схьа беран дуткъа йишхаьлла аз хезира:

– Нана…

Дуьхьал жоп дацара.

– Ва нана…

– ХIун боху ахь, диканиг?

– Сискал йиэза…

– Ас хIун де хьуна, диканиг?

– Со меца йу, нана…

– Йаа хIума йац вайгахь… Ас Iуьйранна, хьалххе гIеттина, йохьур йу вайна…

– Нанав…

Хьестарх гIуллакх ца хилла, човхийна сацийра нанас мацалла бIарзделла бер. Жимма Iийча, тоьли чуьра схьахезира беро уьйзу са а, ненан къора йелхар а…

Ткъа и майра кIентий дан гIo доцуш тийна Iара.

Йукъал тIехйаьллера буьйса. Цахаалуш тIедуьллучу тхино тIунйинера тIера беркъа бедарш, эттIачу царна йуккъехула схьакъеда малхо йеттина Iаржйина меженаш. Дийнахь сарралц дIасалелаш, хевшина Iаш, ойланаш йеш кIадделлачу церан догIмашна садаIа лаьара. Амма муьлхха хало а атта хетара царна, дагна Iеткъа, дог морцу мецачу берийн, цомгашчийн узарш хезаш, цаьрга ладоьгIуш, баннаш чохь сема буьйса токхучул.

Амма ведда вала некъ бацара.

Вовшийн Iодика а йина, цхьацца aгIop шайн доьзалшна тIе дIасабекъабелира уьш.

Туп дIатийра.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru