Чуваьллачу Энгельса йукъахдаьккхира цаьршиннан къамел.
– ОxI! Бакунин а ву кхузахь?! Ма дика ду xIapa!
Бакунине куьг а ца луш, шен шляпа а, трост а вешалкех хьала а оьллина, мукъачу гIанта охьахиира Энгельс.
– Шуьшинна гина ткъа? – хаьттира Маркса.
– ХIаъа. Делккъехь дагахь доцуш урамехь тIеттIаIоттавелира тхойша, – элира Энгельса. – ХIун ду ашшимма къуьйсург?
– Карл реза вац суна. Суна-м хьовха, оьрсийн революционерашна а. Йа Россина а.
Энгельс доттагIчуьнга хьаьжира.
– Суна дага а ца деана иза, – корта ластийра Маркса. – Ас лакхара мах хадабо Россин, оьрсийн революционерийн. Шу масеханнан цхьацца идейни хьежаршна со резацахилар Россина а, берриг оьрсийн революционерашна а тIе ма теттал ахь, Михаил. Хьуна бакъдерг хаза лаахь, тIейогIучу ханна европейски революцин йерриг а дегайовхо Россина тIехь йу, ткъа оьрсийн революционерийн турпалчу къийсаман мах хадо хала ду.
Бакунин цецваьлла висира.
– Ой, хIинцца ду-кх, оьрсийн ахархойн ницкъаца Россехь социализм хIотталур йац бохуш, ахь со къарвина!
– Ас-м хIинца а чIагIдо иза. Беккъа цхьана ахархойн ницкъаца революци йалур йац, социализм хIотталур йац. Ахархойн класс хьалха йига кхин ницкъ оьшу. Пролетари.
– Иза йац Россехь. ХIета, тхан къийсам иэрна бу.
– Бац. Историн чкъург йу чехка хьалхахьа керчаш!
Цаьршинга ла а доьгIна, къамела йукъавуьйлира Энгельс.
– Хьайн даймахкахь хуьлу хийцамаш гац хьуна, Бакунин, – элира цо. – Хьо цунах къаьстина дуккха а хан йалар хир ду-кх иза. Тахана цкъа-м ахархойн мохк бу Росси. Амма иза капитализман новкъа йаьлла. Суна хетарехь, кестта йолчу хенахь, дуьненахь а хийцамаш беш, уггар мехалчу меттехь хир йу иза. ХIан-хIа, ас йуьйцург царизм, крепостной Росси йац. Доцца аьлча, оьрсийн 1789-гIа шо герга ду. Цунна тIаьххье 1793-гIа шо догIур ду. Цуьнан тIаьхье мухха хилахь а, революци ношйелла Россехь. Революцино йукъаозор бу муьжгий а. ТIаккха французийн 1793-гIа шо дицдеш сурт хIуттур ду Россехь. Оцу суьрто йуьхь хуьйцур йу йерриг а Европин.
Бакунина корта ластийра.
– Царизман инзаре боккха ницкъ бу, хьомсара Фридрих.
– Йуккъехь бахкабелла ницкъ! ХIаъа, хIинццалц шира Росси европейски реакцин тIаьхьалонан эскар дара. Массо революцехь а. Амма цунна дуьхьал керла ницкъ кхоллабелла Европехь. Цуьнца ларор йац царизм. Россехь сийса революцин цIе йайъа ницкъ хир бац цуьнан. Иза цхьана-шина шарна тIаьхьа-м тоттург хир йу цо. Оьрсийн революци йеккъа цхьана Россехь правительство а хийцина Iийр йац. Французийн революци хилчахьана дуьйна схьа цхьаьнакхеттачу европейски деспотизман букъсурт хилла лаьттина и инзаре йоккха тIеман держава лаьтта тIера дIайоккхур йу цо. ТIаккха баккхий хийцамаш хир бу Европехь.
– Далла бу хастам! – доккха садаьккхира Бакунина. – ТIаккха мукъане а дIайер йара-кх паччахьийн а, крепостникийн а гIуллакхаша, Европин жандарм аьлла, тхан даймехкан йаккхийтина цIе.
– Иза сихдар шух шайх а дозу.
– Йуха а – тхо бехке! – куьйгаш дIасатесира Бакунина. – Россера къаьмнаш Iазапехь а, боданехь а оха латтадо! Тхан халкъо жоп ца ло правительствон зуламех.
– Халкъаша шайн правительствийн зуламех жоп ло йа ца ло бохучух лаьцна эр ду ас, – сацийра иза Энгельса. – ХIинццалц схьа дуьненахь хиллачу а, болчу а правителийн, деспотийн искусство а, деятельность а цхьана Iалашонна тIейерзийна йу: халкъашна йуккъехь мостагIалла латторца цхьа халкъ Iазапехь латторехь вукхунах пайдаэцарна, оццу некъашца шайн абсолютни Iедалан оьмар йахйарна. Оцу тIехь къаьсттина а баккхий кхиамаш хилла Германин. Кхин гена ца гIерташ, xIapa тIаьххьара кхузткъе итт шо схьалаьцча, цо дина зуламаш, иэхье гIуллакхаш а тоьур ду. Англин дешех немцойн ландскнехташ хьовсийра цо шайн бозушцахиларехьа къуьйсучу къилбаседехьарчу американцашна дуьхьал. Французийн революцеш хьошуш уггар иэхье чаьлтачалла тIелецира Голландехь, Швейцарехь. Венгрехь гIовттамаш, революцеш хьошуш дакъалецира. Греце, Португале а хьовсийра йолахойн гIepa. Ткъа Австрис Неаполе, Турине, Романье йина походаш? Германис ца йуьтуш, Францис Испанина дуьхьал бина харцонан тIом? Английски реакцин йолахой болчу дон Мигельна а, дон Карлосна а дина гIо? Германин гIоьнца дакъош деш йекъна Бельги? Россин кIоргехь паччахьан гIортораш, кегийра деспоташ хилла лаьтта немцой? Йерриг Европа тIанкаьлла йуьзна Кабургаша!
Шен кийрахь IаьIаш йолу и оьгIазло хиъна Iаччохь йийца ца йелла Энгельс, хьала а гIеттина, ши куьг букъа тIехьа а диллина, дIасаволавелира.
– Немцойн тIемахойн гIоьнца, талош, дакъош деш, лолле йерзийна Польша, йамартлонца Краков йийна. Немцойн цIийца а, ахчанца а лоллехь латтайо Ломбарди, Венеци. Германис дакъалоцуш, цуьнан цамзанийн, тангIалкхийн, набахтийн гIоьнца хьоьшу Италехь мел хуьлу маршонехьа болам. Мел дукха ду и зуламаш, къинош. Цадийцар гIолехь хета. Германин гIоьнца немцойн правительствоша кхечу мехкашкахь диначу иэхьечу гIуллакхийн бехк, доккхачу декъана, немцойн халкъана тIехь буьсу. И халкъ бIаьрзе ца хиллехьара, иза, ландскнехт хилла, «догдикачу» чаьлтачийн гIуллакх кхочушдан кийча ца хиллехьара – уьш дерриг ца хиллехьара, дозанал арахьа «немцо» боху дош уггар боккхачу цабезамца, неIалтца, жергаллица олуш хир дацара, ткъа Германис лолле дерзийна халкъаш тоххарехь маьрша кхуьуш хир дара. Лулара халкъашна маршо йаларе терра бен ша маьрша хир йац Германи. Цхьана а пачхьалкхна арахьа демократин политика дIайахьалур йац, нагахь чоьхьа оцу демократин куьйгаш, когаш дихкина делахь. Цундела, хьомсара Михаил, шайн правительствийн зуламечу гIуллакхех шен халкъо жоп ца ло боху стаг чIогIа гIалат ву.
Чохь цхьана минотана тийналла хIоьттира.
– Бакълоь хьо, Фред, – элира Маркса, и тийналла йахйала йоьлча. – Адамаллин исторехь бекхам бу лелаш. И бекхам кхуллурш а, кхочушбийраш а зуламхоша Iазапехь далло адам ца хуьлу, ткъа царна тIехь и Iазап латточу зуламхоша шаьш шайна кхуллу. Масала, французийн монархина дуьххьара тохар цо Iазапехь баллочу ахархоша ца дира, ткъа оцу монархин гIортор хилла лаьттинчу дворянаша дира. Индехь хийрачу олаллина дуьхьал гIаттам англичанаша талийна, бIарзбина, лечу хьоле баьхначу райяташа ца болийра, ткъа англичанаша тIедухуш, даош, кахьоькхуш хьистина, бузийна, барстийна хьерабаьхначу сипайша болийра. Шайн колонешкахь шаьш-шайна каш оьхку колонизаторша. Ткъа немцойн халкъах дерг аьлча, шен бIаьрзаллин, шайн къораллин амал бахьана долуш, хийла бекхам такха дезар ду цуьнан.
– ХIун дийр ду ткъа, доттагIий, – куьг кховдийра Бакунина. – Вайх хIораннан а шен-шен кхетам, идейш, принципаш йу-кх. Цкъацкъа цхьаьнайогIу уьш, галморзахаллаш хилаза а йисац. ХIоранна а шен-шениг Iама а, нисвала а тIаьхьа дац, моьтту суна. Ницкъ ма-кхоччу нисвала хьожур ву-кх.
– Тхуна Iаламат хазахетар ду оцу кхачамбацарех хьо цIанлахь, – элира Маркса, шега кховдийна куьг а лоцуш. – Хьо дIавахале, кхин ца ган мега вай. Некъ дика хуьлда хьан а, хIусамненан а!
– Баркалла! Доьзалшка маршалла ло.
Бакунин араваьлча, гIайгIане корта ластийра Маркса:
– Миска Бакунин! Тамаша бу-кх, кошо бен хьо нисвахь…
I
айг
I
анийн Iа
Муьлххачу а цхьана халкъан амалх, хьекъалх кхетархьама, хаа деза дIаихначу шерашкахь цуьнан дегIан чидамечу меженаша хIун лайна, хIун инзаре бохамаш, иэрчонаш ган, баланаш Iийша дезна, стен артдина цуьнан хьекъал, кхетам.
Н. В. Шелгунов
Адамашка цхьа бохам беача, къаьсттий карзахдолу Iалам а. Йа, царна хиллачу бохаман дакъа кхочий, дарлой, гIеллой, угIуш хьаьвза а хаац, йа, адамаша шен пусар цадарна, хаддаза шена тIехь латточу къизаллина бекхам иэца гIотту а хаац.
Иштта деара хIара шо а. Карзахе, йокъане йара дIайахана аьхке. Буькъачу бодано хьулдинера гондIара лаьмнаш. Ца гора къилбаседехьара шера аре а. Товно йагийнера догIанах догдиллина ораматаш. Кхарзаделлачу лаьтта тIехула хьийзара довха хIаваъ. Йокъано даржийначу дехкаша орамаш цоьстура маргIалйелла лоьдгаш охкийна лаьттачу можачу хьаьжкIийн. Кхаш тIехула марха а хIоттийна хьийзара къилбехьара схьаоьху цIоз. Цамгаро хIаллакдинера даьхний. ДIа араваьлла хьаьжча, урамашца, некъашца аддам горий ткъа?! Атталла жIаьлеш а – тIехволучунна гIалх ала а мало йеш, мацалло а, йовхоно а гIелдина, IиндагIашкахь, чожош чу а иэгна, чохь синош доцуш санна, дIа а деттаделла Iохкура уьш.
Массо садолчу хIумано сатуьйсура догIане. Амма и ца деара, йалташ а, буц а йакъайелла, йаьгна дIайаьллачул тIаьхьа бен.
Бохамашна аьхкенца къуьйсуш санна, буьрса тIедеара Iа а. Цхьа кIира дара цкъа, дулий, де-буьйса лоций, семса ло дуьллуш, тIаккха чехкачу махо иза, хIаваэ ойъий, лоьллуш, бIаьрг белла меттиг ца буьтуш, дуьне ма-дду хоьхкуш. Цо дуькънера йарташна йуккъера некъаш. Цо кIелхьарчийнера коьллийн керташ. Месала кIайн куйнаш тIеоьхкича санна, лаьтта йуьйцинчу кертийн хьокхий, кевнашкара утармаш а. Буьйсанан тийналла йохайора лайн дозаллина кIел «тIаххехь» лелхаш, кеглуш охьадетталучу диттийн гаьннаша. Лайн саьнгарша дIадуькънера йуьртара гаттий, гомий урамаш.
Шелоно хьовзийна йурт дIатуьйра маьркIажан бодашца. Яьссил дехьара схьахьаьжча, серло ца гора иттех цIа чохь а.
Амма тховса сема ду Шахьбин кертахь. Арахь шийла дарц хьийза. Цуьнца къуьйсуш йогу рагIун маьIIехь, мох ца кхеттехь, стаммийчу гажаршна тIехула пурх биллинчу гIуркхах зIенаца хьалаоьхкинчу йешна кIелхьара цIе. Хьерабаьлча санна кхехка хIоранна чу кхоккха кIудал йоьду цIестан кхо йай. Хьалаайъайала а кхиале махо, йаржайой, тIепаза йойъу царна чуьра гIуьтту Iаь. Керчаш, хьийзаш, тIекIелдуьйлу дIора дерстина доцчу жижиган кегийра хедийна цуьргаш. Гуонаха чопа а гулйина, хехкало хьожайогIу бецаш, махо генна дIакхоьхьу гIурманан чоме хьожа. Голаш мере а оьзна, вовшашна тIе а таьIна, кIуьро бIаьргаш а Iийжош, цIарна гуонаха хевшина Iа оцу куьпара бераш. ЭттIачу кетарх, чоэх, цецах санна, чекхбуьйлу шийла мох, кочах чухьийзадо дарц. Амма бераш цIа ца доьлху. Мовладе баьхкина баккхийниш хIума йиъна бевлча, царна а кхочур йу сискалан йуьхк, чорпин кад. И хьал царна ганза дукха хан йу.
ЦIенна гуо туьйсуш лела кхерста жIаьлеш, цицигаш. Тахана бешахь бежанна шаьлта хьаькхначохь сих-сиха вовшахъхьаьрча уьш.
Кепа тоьхча санна, адам ду хьешан цIа чохь а, сени чохь а. Адам ду йиллинчу неIарна тIегIоьртина а, корашкахь а. ДогIмех чекхбуьйлу бекъа мох. Иза ца сецало беркъачу бедаршка. Шелоно лахийна когаш. ХIетте а, уьш дIа ца бовлу неIарера, корашкара. Ткъа чиркх чу а оьзна, ахбодаш хIиттийначу чуьра тулгIешца бурко йеттало. Цуьнца схьаоьху кIон-муьста хьацаран хьожа. Оцу чу гулбелла тховса Гати-Юьртара Кунта-Хьаьжин мурдаш. Къена а, къона а. Масех зуда а.
– IуьллалахI!
– IуьллалахI!
Хетало, и дерриг адам, уьйриг хилла, керчаш, ткъа и цIа царна гуонаха хьийзаш санна. ЧIуг хIинцца йолайелла. ХIор а керлачу гуонехь, тIера схьа а йохуш, йуьстахтуьйсу кетарш, чоэш, гIовталш. Хьаж тIехь гучудийлла хьацаран тIадамаш бIаьргашна йуккъехула, марошна кIелхула меллаша охьаIийдало. Моданечу кучамийн баккъаш тIехь цкъа хьалха пIелг биллал хьоькх хIутту, тIаккха, цхьа масех гуо баьхьча, йерриг коч, хи чу Iоьттича санна, тIадайо.
– IуьллалахI!
Шовкъаца массарех а къеста тховса кхуза веана мичкахойн Мада а, билтойн Нуркиша а. Мезал дегIарчу Мадина хала ду чIагарехь хьийза. Хьуьхьвоьлла иза. Лелалац деза дегI. Амма Нуркиша шек а вац. Векъана, веха, дайн дегI долу иза хIинца а гена ву кIадвала.
– Йа хьаййун!
ЧIагаран гуо йуханехьа хьаьвза.
– IуьллалахI!
Зуькаран чIагарехь дакъалаца меттиг боцуш, сени чохь, арахь, корашкахь лаьттарш шаьш болччохь дIасатехка.
– IуьллалахI!
Шовкъ хилла царах цхьаъ, кертал арахь гуотуьйсуш, воду. Цунна хаа а ца ло йоьхначу неIармачашна чудеана ло. Семсачу лайлахь кIоргга лар йуьтуш, уьду иза. Цхьацца, шишша хIуттуш, цунна тIаьхьахIуьттуш, беха могIа бо бисинчара. Арабуьйлу сени чуьрниш а. Цхьа масех минот йалале кертал арахь зуькаран йоккха чIуг хуьлу.
– ГIийли Киши!
– Киши-Хьаьжи!
– Орцах вала!
Зуькаро йукъа хьо зударий. ГIабалин тIемгаш йукъах хьала а теIош, чIагаран магIаре хIуьтту уьш.
– IуьллалахI!
– Дазделаш, вежарий!
Цхьанаэшшара кхийсалуш, нехан идаро дегадо цIенош. Арахь цIийза иттанаш когаша, хьоьшуш, датадо гIорийна ло. Цаьрга хьуьйсучу берийн йаххьаш тIехь кхерам, гIорасизалла го. Ирча ду и сурт. Шело. Дарцан цIийзар. Махо йетта шок. Бодашкахь, цIеран серлонехь, синкхетамах девлла, маьхьарий детташ, кхийсалуш, уьду и тIелхигдаьлла адам. Зударийн узарш.
– Йа къаййун!
Чуьрчу а, арарчу а мурдаша цIеххьана сацайо чIуг. Амма цхьа хан йолу кортош метта ца догIуш. Цхьаберш шаьш лаьттачохь тиэхка, кхийсало. ХIораммо а ша-шена зуькар до. Амма хIинца йац йуьхьанцарлера гIовгIа. Йишхаьлла, кIадбелла, хIиттина. Кхекхийн месала куйнашна кIелхьара беснешна, мажошна тIехула, хи санна, охьаIийдало модане хьацар. ЦIен а, мокха а, кIайн а беснаш. БIаьргаш, бIаьргаш. ОьгIазе, пхенийн хьесий цIийх дуьзна, къаьрзина схьалелха бохкурш а. Дехаре стигала хьовсийна, къера хилла, севцца, делча саннарш а. КIадделла, хIиттина, бIаьрнегIарш тIе а оьзна.
Зуькар ма-сеццинехь, йуург хьалхайилла йолийра. Йаккхий кхийра кхабанаш карахь йайшна тIевеара масех жима стаг. Йешна тIе хьийзачу йоккхачу стага боккхачу дечиган чадица схьаоьцучу гIурмех йузура кхабанаш. Уьш йохйалале бохуш, чехкка чууьдура кегийраш. ЦIа чуьра схьа йукъ-йукъа маьхьарий хезара:
– Янаркъа, кхуза шун хIоттаде!
– Ахьмад, Iайгаш луо!
– Кхуза сискал йилла!
Йуучунна шолгIачу рогIаца нисвелира МIаьчиг. Дукха хан йара цо оцу миноте сатуьйсу. Далла духахьара а ма хезийла иза, ша чIагарехь волуш цуьнан ойла Далла а, устазна а генахь, ткъа арахь кхехкачу йешна тIехула хьийзара. Бакъийначу кхорийн цу а биъна, цIера араваьллачу цуьнан дог, мустделла, керчара. Ламаз тIехь суждане а вахана, хьалатаьIча, бIаьргашна дуьхьал бода хIуьттура. ЧIуг жимма а йахйеллехь, ницкъ а иэшна, билггал, охьавужур вара иза.
Амма цунна ницкъ лора гай йузо кестта шен аьтто хир буйла хааро.
Къеначарний, къоначарний йуккъера болу МIаьчигагIар, баккхий нах чохь болчу кечдинчу цIа чу а ца буьгуш, цхьа сов-ков сал-пал чохь Iалашйечу тишачу, доккхачу, шийлачу цIа чу бигира.
Накъосташна хьалха чуваьллачу МIаьчига, цIенкъа йуккъехь а сецна, чухула бIаьрг туьйхира.
Цо ма-лоьхху, бодане чоь йара хIара. Терхи тIе хIоттийначу, махо хьийзош, кIур туьйсуш богучу хьакхаран чиркхо шена гондIахьа гIийла серло йеттара. Цхьа хан йаллалц, боданах бIаьргаш боллалц, са ца гора чохь. TIe охьаховша цIенкъа йехкинчу дечгашна тIехула а вуьйлуш, вахана, боданечу соне охьахиира иза. Дукха хан йалале царна хьалха диллира йуккъе хIоттийна гIурмех дуьзна бога а долуш сискалан йуьхкех дуьзна доккха, горга дечиган текх. ГIурми чуьра схьакъедара жижиган цуьргаш, хьожайогIу бецаш.
Мацалла йоьхьаш уьйриг хилла хьерчаш хетахь а, иза тIе ца кхевдара йуучунна. Вокх-воккхачо хьалха дIа ца эцча, хьалха а иккхина, йаа волавалар гIиллакхе дацара. ТIехула тIе, нахана дагадогIyp дара, хIара-м мацалла леш воллуш хилла аьлла. Цуьнан бIаьргаш ткъесах кхерстара шена хьалха Iуьллучу шуьнна а, цунна гуолаьцначу нахана а тIехула. Эххар а, царалахь воккхачо – ГIойтамара – сискалан йуьхка тIе куьг даьхьира.
– Же, дIаэцал, кIентий. БисмиллахIи-рохьмани-рохьийм!
Шен ма-хуьллу сих ца вала гIерташ, сискалан йуьхк, тIаккха дечиган Iайг схьа а эцна, тIехула йаьгна йакъайеллачу сискалх, оьккхуьйтуш, цергашца йист а йаьккхина, иза Iовша а ца Iовшуш, тIе чорпа мелира МIаьчига. Шен мацваларе ладоьгIча, цунна моьттура и сискал шега дийнна дIакхаллалур йу. Амма хIинца, къурдаш дарх а, къамкъаргах чоьхьа ца йолуш, багахь йехха керчийра цо дуьххьара Iаьвшинарг. БIаьргашна хьалхара дIа ца довлура цIахь кхорийн цу а биъна охьадийшина бераш. Мокха йаххьаш, тIехь кхозучу тIелхигашна йуккъехула схьакъеда пIендарш, пханарш. ЧIораш санна, йуткъий настарш, пхьаьрсаш…
Шеца шуьнехь болчу накъосташка хьаьжира МIаьчиг. Уьш йууш бара, амма церан бIаьргаш чохь а гора изза гIайгIа. Хьанна хаьа, церан доьзалш йиъна бийшина хила а мега. Цкъа ойла хилира МIаьчиган цхьа-ши йуьхк къайллаха чета таIо. Цхьанна гахь, хIун дан деза? Ца гойла-х дац. ТIаккха-м иэхь ма ду кийчча. Мовладе вахча, сискалан йуьхкаш лечкъайо бохуш, вуьйцур ву. Амма бераш иштта дуьтийла-м йац. Мовлад доьшуш йуккъе диллинчу бепигах даьккхина шена делла цастар-м дитинера цо царна. Амма иза цхьанна логах хьаккхал а дац. Ткъа кхуьнан цIахь уьш йалх ду…
МIаьчигна хIинца а шена гуш хетара ша цIера араволуш гIийла тIаьхьахьийсина берийн кхоьлина бIаьргаш. «Ахь-м йуур йара, ткъа – тхо?» – хоьттура цара.
«Текхахь йисинарг, тIаьхьа а сецна, дIалачкъор ас», – сапаргIатвелира МIаьчиг.
Амма текх дассалора, чу нуй хьоькхуш санна. Чуьра жижиган цуьргаш кхачийна йисинчу чорпи чухула дуьхь-дуьхьал Iайгаш хьоькхура накъосташа. Ткъа МIаьчиган къамкъаргал чоьхьа хIинца а цуьрг ца даьллера.
«ТIейохьург хир йу цара…»
– Хьо ма ледара веттало, МIаьчиг? – эккхийтира ГIойтамара, цуьнга а хьаьжна. – Вай йиъначух Шахьбин хьал кхачалур дац. ХIей, мила вара хьо, Янаркъа! Кхузе сискал а, гIурма а дал.
Ший тIам лаьцна, кхаба а айъина, цхьанхьа-м хьаьдда воьдучу Янаркъас, тIе а веана, кхарна хьалхара бога, дуккха а жижиг дуьллуш, гIурмех дуьзира. ТIаккха цIеххьана йаа вуьйлира МIаьчиг. Йоккха йоккхий сискал, цкъа-шозза Iовшуш, тIе чорпа а молий, гай чу оьхуьйтура. Сихбелла дIасалелара логан ира шад. Йуха а ши сискал а, цхьа кхаба гIурма а деара Янаркъас. ХIинца шеко йацара йуург царах йуьсург хиларан. Амма МIаьчиган сапаргIат ца делира, накъостий, «алхьамдулиллахI, Дала ма эшадойла хьо бусалбанна а, керстанна а» аьлла, шуьна тIера дIахиллалц. ТIаккха текхахь йисина сискалан кхо йуьхк цхьацца йуллуш къайлаха чета йоьллира цо. Царна тIаьххье йахара жижиган масех цуьрг а. Цара накха багабора МIаьчиган. Амма цо садеттара. Сатухур дара, цIийделлачу эчиго санна, накха чахчош хилча а. ХIинца-м майрра цIа гIойла дара цуьнан. Чехкка чекхдалахьара хIара мовлад!
Йаханчу гурахь дуьйна схьа корта тентакбаьлла МIаьчиган. Цкъацкъа моттало цунна, ша хьераволуш воллу. ХIор а Делан догIучу дийнахь керл-керла хабарш хеза. Цхьаъ вукхул а ирча. Цхьаболчара дуьйцу, бIаьсте йаьлча Iедало нахера герз дIаоьцу, боьрша нах салт бохур бу, цигахь царна хьакха йаор йу, уьш керста дине берзор бу бохуш. Вукхара дуьйцу, нохчий берриш Сибрех а бахийтина, церан мохк оьрсашна дIалур бу бохуш. Ой, Сибрех бахийтича, царах хиндерг хьалххе дуьйна гуш ма ду. Махкалло, мацалло, шелоно, мозий санна, хIаллакбийр бу-кх. Шайн ненан мотт а, лаьмнийн гIиллакхаш а дицделла, керстанаш хилла дIахIуьттур ду бераш…
И дуьйцург мил-милла а ма вац. Иза-х цIарна а цIейаханчу Сайдуллас дуьйцу. Шеца цхьаьна Хонкара кхалха бохуш, нахе кхойкху иза. Цуьнца цига кхелхаш ву хIирийн эла Алхазан Муса а, аьрстхойн Цугин Iелаха а. Шайца цхьаьна шайн йиша-ваша а дуьгу, кхузахь царах керстанаш ца хилийта. Цаьрга хьакха ца йаийта, маларш ца мийлийта. Зударех тIехь шарбалш йоцу кхахьпанаш ца хилийта.
Цхьанхьа вахана йуьртахо цIа вирзича, йа эвла кхечахьара хьаша веача, гIайгIа хуьлу МIаьчигна. ХIун хезна-те цунна, хIун шийла кхаъ беана-те цо? Наха тоххара догдиллина дикачух.
Мовлад чекхдаьллачул тIаьхьа, хIума а йиъна, цIа бахана дикка нах. Бухахь севццарш берриг а Кунта-Хьаьжин мурдаш бара. Тховса кхуза веана Киши-Хьаьжин уггар гергарчу векалех цхьаъ волу Мада. Тховса кхузахь ву хабарна говзалла Нохчмахкахь цIейахана молла билтойн Нуркиша а. Лаа ма ца баьхкина уьш.
ХIума йиъна, кайаьлларг лачкъийна, паргIатваьлла МIаьчиг баккхий нах чохь болчу цIийнан неIаре гIоьртира. Буьхьар хIоьттина, пхенаш тIедийлла шен дуткъа, деха лаг а дахдина, неIаре гIоьртинчу нехан кортошна тIехула чухьаьжира иза. Баьрччехь Iара ши хьаша. Кхалкъе беснеш, гIина диллина цIен маж-мекх долуш стоммачу дегIара Мада, меллаша суьлхьанаш хьийзош, цIенкъа ши бIаьрг боьгIна Iа. Цунна куьг аьрру aгIop – Шахьби, аьтту aгIop – Нуркиша. Шен мукъамечу, лохачу озаца нахе цхьаъ-м дуьйцу Нуркишас. Цуьнан аз цкъацкъа, лахлой, шабаре долура, тIаккха кIез-кIезиг, кхерамаш туьйсуш, къекъара. Цкъацкъа цуьнан бIаьргаш чохь доза доцуш йоккха гIайгIа гора МIаьчигна, тIаккха, оьгIазе суьйнаш туьйсуш, ладоьгIуш севццачу нехан йаххьаш тIехула ткъесах кхерстара…
– Ма мотталаш, кху йуькъачу хьаннаша, лаьмнийн чIажаша шаьш деха лечкъор ду. Хьаннаш дагарца хьокхуш, цIарца йагош, чIанабоккхуш бу мохк. Вайн мехкан массо маьIIе бIаьн некъаш дохку, массо маьIIехь гIаьпнаш йоьгIу. Салташа сийсо xIapa мохк зингатийн туьйлигах тарбелла. Йарташ арен тIе лоьхку, йуккъехула вайн мохк ирх а, пурх а боькъуш, гIалгIазкхийн йарташ йехкина. Цига баха ховшийначу гIалгIазкхашкахь герз дуьту, доцчунна ло, ткъа вайгара дIадоккху. Оцу харцонна дуьхьало йинарг тухий воь йа йуха ца вогIучу сийначу Сибрех хьажаво.
Дуькъачу, къоьжачу цIоцкъамашна бухара цуьнан сийначу бIаьргаш чохь доза доцуш йоккха гIайгIа гора МIаьчигна. Чохь тапъаьлла тийна дара.
– ХIара де шайна тIехIоьттича, чергазийн а, эдагийн а къаьмнаш шайн доьзалшца лаххьабелла Хонкара кхелхина. Вай ца дира иза. Вай тийшира вешан ницкъах, вешан майраллех, вешан мехкан чIогIаллех. Вайн ницкъ эшна, мохк талийна. Ма мотталаш, хIинца шаьш тIехь долу xIapa йекха мохк шайгахь буьсур бу! ХIан-хIа, сан муъма вежарий, иза бакъ дац, шуна моттахь а. Лаьцна вайн устаз Киши-Хьаьжа. Лецна Делан бакъ дин лардан хIиттийна вайн динан тхьамданаш а. БIаьсте йаьлча, вайнах берриш Сибрех дIа а кхалхийна, вайн махка тIе керстанаш ховшо ойла йу Iедалан. Цара сийсаздийр ду вайн дайн кешнаш. Ткъа Сибрех кхалхийначу вайн бераш ца дерзахь а, берийн бераш керста дине доьрзур ду. Бицлур бу вайн къоман мотт… Дицлур ду вайн гIиллакхаш. ЦIе йоцуш дуьненара дIадовр ду вайн къам. ХIинца вайна хьалха ши некъ лаьтта: йа, керстанах летта, гIазотехь далар, йа, царна муьтIахь хилла кIел а севцца, жаIарна корта тохар…
Маситтама ца йогIу йовхарш туьйхира, ткъа МIаьчигна тIехьа лаьттачу зударшлахь къорра белхар иккхира.
– Ткъа хIун дан деза вай, Нуркиша? – моттаргIане вагийна хаттар дира царна дуьхьалвирзина хиъна Iачу Товсолтас. – Герз каралаца ницкъ берг-м, воккха а, жима а, стен а, боьрша а, летта лийр вара. ТIаккха а вайл тIаьхьа кегий бераш ма дуьсу, къенаниш ма буьсу. Дола дан дай боцуш бисина уьш сийсазбийр бу-кх керстано?
– Зударий, бераш вешан куьйга дайъа а дайъина, летта лийр ду-кх вай! – эккхийтира цхьамма. – И дан реза ву со, махках ца вала!
– Адам вовшахтоьхна, коьрте хIитта тхьамданаш беза, ткъа тахана вай корта боцуш ду! Цхьаберш байъина, цхьаберш Сибрех хьовсийна, бисинарш Iедалехьа бевлла!
Хоттург хаьттина а, ала луург аьлла а валлалц, ши бIаьрг хьаббина, ладоьгIуш Iийначу Нуркишас, уьш дIатийча, йуха а къамел долийра.
– ХIун гIуллакх ду, эрна хIаллакьхила? – дуькъа, сира ши цIоцкъам лекхачу хьаж тIе хьала а тесна, нахе хьаьжира иза. – Ша кхоьллинчун са ма даккха, боху Дала, хьайн ницкъ кхочуш. Луучарна кIелхьардовла кхоалгIа некъ бу. Кху харцдуьненара хьо дIакхелхинчу дийнахь, готтачу лахьти чохь хьо цхьа висинчу дийнахь, хьоьга барт хатта догIур ду Делан ши малик – Мункир, Некир. Цаьршимма хьоьга хоттур ду: «Йа IабдуллахI ибн Адам, хIай Делан лай, Адаман бер, хьайн махкахь дийнал-ислам хьийзочу дийнахь хьо мичахь вара?» Нагахь ахь, оцу дийнахь хьо хьайн махкахь вара, амма хьайн ницкъ бацара керстанца къийса аьлла, жоп лахь, цаьршимма йуха а хьоьга хоттур ду: «Йа IабдуллахI ибн Адам, хIай Делан лай, Адаман бер, и де хьайна тIехIоьттича, керстанал тола хьайн ницкъ ца тоьъча, Делера салават салам хиларг, хьайн пайхамар Мухьаммад санна, и хьайн мохк битина, дийнал-исламна маршо йолчче, кхечу махка, дIа хIунда ца вахара хьо?» – аьлла. Дуьненан Iалам кхоьллинчу, лекха хинволчу вайн Дала боху, Шен пайхамар Мухьаммад санна, динан дуьхьа махкахваьлларг кханалерчу эхартан дийнахь Шена дуьхьал декъала вогIур ву, цигахь даржана лакхахь хир ву. Ва амма, хьалий-охьий, цхьана дийнахь пусар доцуш шех буьсуболчу шен махках ца валавелла, керстанна кIел сецначунна Ша хьукма а дийр ду-кх…
ХIетталц вист ца хуьлуш, суьлхьанаш хьийзош Iийначу Мадас, карахь гулдина суьлхьанаш, хьарчийна, гIовталан кисана а тийсина, доцца доIа а дина, ши куьг йуьхьах а хьаькхна, йайн йовхарш тоьхна, йиш тайира.
– Тахана вайн махка хIоьттина кхузахь керстанан Iедал мел ду, дIахинйолчу мацаллех а, иза дIайолуш а кочара бер боцчу керстанан балех а хьалхавала луучунна кхозлагIа некъ бу шуна, – элира цо, шен мекара бIаьргаш нехан йаххьашна тIехула а кхарстош. – Дала тхуна, Iеламнахана, тIедиллина декхар ду тхайна хуург шуьга дIакхайкхор. И ца дича, кханалерчу дийнахь Дала тхоьга жоп доьхур ду, тхайна тIедиллина декхар оха кхочушцадарх. Цундела вайна тIехIоьттинчу кху халачу киртигехь тхаьш ала хьакъдерг дIаолу оха. И кхозлагIа некъ дийнал-ислам маьрша долчу, бусалба паччахь волчу Хонкара махка дIакхалхар бу. Вола бохуш, цхьанне а ницкъ бийр бац, цига кхалхар цхьанне а тIе а дожор дац. Амма тхо цхьадерш цига кхелхаш ду. Шуна ма-хаъара, шайн доьзалшца цига кхелхаш бу ГихтIара Iуспанан Сайдулла а, аьрстхойн Цугин Iелаха а, шуна буьйцу хезна ГIойл дехьара Боташ, Жанар-Iели, Хьаьдаз, кхин дуккха а. Нохчийчохь цIарна а цIейахана нах бу уьш. Мацалла гIаддайна а, Iедало бIарзбина а ца боьлху уьш цига. ДуьххьалдIа, кхана шайх хиндерг, шайн вежарех, къомах хиндерг гуш, боьлху. Цига кхелхаш ву шуна Киши-Хьаьжин ваша Мовсар а. Делан лаамца, керста Iедало цига дIавуьгуш ву вайн устаз Киши-Хьаьжа, цунна тIаьххье, лецна, махках баьхна вайн берриг динадай а. Цига дIавоьдуш ву устазо шел тIаьхьа верас витина Салам а, МIаьчиг а. Цига воьдуш ву шуна атагIойн Вара а. Цига дIавоьдуш ву шуна со a, xIapa Нуркиша а, Зандакъара БIагIало а. Ас цIераш йаьхна и берриг нах шайн доьзалшца, йиша-вешица дIакхелха цига. Дерриг шайн тайпанца дIабоьлхурш а бу.
Нуркишас а, Мадас а дуьйцург хIумма а керла дацара гатийуьртахошна. Дукха хан йара и хабарш кхуза Iийдало. Яьссица хьала а, лакхара охьа а, дукъал тIехьара схьа а. Амма бакъ ца моьттура. Эладита а хилла, дисарга догдохура. Ткъа тховса церан лергашна хезнарг бакъ ца хуьлийла дац. XIapa шиъ лула йуьрта йахана йа цигара хьошалгIа йеана ши зуда ма йац. Далла кIел а хиъна, харцдерг дийца йиш йоцуш Iелам ши стаг ву. Амма кху Iаьнан дийнахь лулахойн чу сакъера ваха а тIедуха барзакъ а доцу стаг дIога дуьненан йисте, цабевзачу, хийрачу махка кхелхина муха гIyp ву?
– Шу-м шайн теттина таронаш йолуш нах дара, Мада. Шу-м, дахча, гIур дара цига, ткъа оха, къечара, хIун дан деза? – аладелира МIаьчиге, ша муха олу а ца хууш. – Тховса хьакхо рицкъа а доцуш, меца-мела доьзалш охьа а бийшийна, Iачу. ТIейуха а, когайуха а йац. Дохка даьхний дац. Тхо муха гIyp ду цига?
– ДIакхаьчча, цигахь а хIун хир ду тхох? – тIетуьйхира уллохь лаьттачу ИбрахIима.
Жоп дала кечвелла Iачу Мадина хьалхаиккхира Шахьби.
– ЦIахь Iийр ду-кх, цIахь! Йаа шортта хьакхарчий хир йу шуна. Зударшна, йоIаршна шарбалш йеш, къахьега а дезар дац. Эцца, салташца хьатIари а беш, дIалелар бу! КIентий салтбохур бу. ЦIахь Iе шу, цIахь!
Шахьбин шогачу дешнаша догдатIийнчу МIаьчиган и човхо ойла хилира. Амма, ша цуьнан хIусамехь а, хIинцца цуьнан шуьна тIера гIеттина а хилар дага а деана, сацавелира. Четарчу сискалан йуьхкаший, жижиган цуьргаший хаийтира тховса МIаьчиг цуьнца гIиллакхе хила везар.
– Оха хоьттург-м хазахета даций, Шахьби, шуьгара хьехар оьшуш хоьтту, – бехкбаьккхира цо.
– Нийса хоьтту, нийса, – шозза-кхузза корта таIийра Мадас. – Шаьш цакхетарг хатта аш. Хаьа, аьтто боцчарна хало хир ду. Амма кхин цхьаъ ду. Мухха а цига дIакхачавелларг ша махкахваларх дохковер воцийла-м хаьа суна. Хонкаран паччахьо ша волчу дIабоьху шен динан вежарий. ХIара кехат ду цуьнгара.
Мадас, гIовталан хьалхарчу доккхачу киснара схьадаьккхина, деалха тоьхна кехат шена уллорчу Шахьбига кховдийра.
Шахьби цуьрриг цец ца велира оцу кехатах. Схьахетарехь, цунна хьалха а гина, цо дешна дара иза. Шена уллохь хиъна Iачу Зуре делира цо иза, тIехула бIаьрг тоьхна. Цхьа элп а цахуучу Зурас, иза Iаьрбийн йозанца йаздина дуйла хиъча, бисмилла а аьлла, шена уллерчуьнга дIакховдийра. Кехат, кар-кара доьдуш, чухула гуо а баьккхина, йуха а Мадин гIовталан кисана дахара.
– ХIокху кехатца Хонкаран паччахьо Iабдул-Межеда шен махка дIадоьху вай, – элира цо, шен цIечу можах куьг а хьаькхна. – Вешан доьзалшца, цатору йийбар а эций, дIадуьйла, боху. Мохк къастийна, хIор а доьзална шена-шена цIенош дойтуш ву ша, боху. Вайна хIусамаш кечйеш гIо деш бу цигара вайн муъма вежарий – туркой. БIаьсте ма-йоллура новкъа довла, боху. Цкъачунна дуучу йалтин а, дуьйчу хIунан а гIайгIа ма хила, боху. И дерриг а маьхза лур ду, вай кога ирахIитталц гIо дийр ду ша, боху. Хаза резадоллуш шу даха ховшшалц, Iедало шуьга цхьа а тайпа текхамаш бойтур бац, боху. Шун даймохк шун бац, иза гаурша шуьгара дIабаьккхина. Шу, Сибрех дигна, даржор ду, керста дине дирзина, шун къам довр ду, боху. Шу, шен махка дагIахь, дерриш а цхьана гулахь даха ховшор ду, тIаккха шун аьтто хир бу шайн къам, гIиллакхаш, дин Iалашдан. Шен тIома кIел мел ду, дуьненан цхьана а паччахьера кхерам хир бац шуна, боху…
– Кехат – кехат ма ду, Мада, – вистхилира йуха а ИбрахIим. – Цунах тешна, цига вахар ма ду доккха хIума. ТIехула тIе, стохка цига кхелхина эдагий, берриш бохург санна, мацаллой, уьной хIаллакбина бохуш а дуьйцу. Изза ма хилахьара вайнахах а.
– Эдагошца дерг ша ду, – иза йукъахваьккхира Нуркишас. – Цкъа-делахь, уьш оьрсийн эскарша, лаьхккина, хIорда йисте а бигна, цхьа а тайпа низам а, йа дIогахь бухахь бина кечам а боцуш, атталла шайн сал-пал схьаэца а ца кхиош, бахана цига. Сила долу адам дан а деана шен махка охьадоьссича, уьш дIатарбан а, церан доладан а ца кхиавелла Хонкаран паччахь. Вайниг ша ду. ДIайаханчу аьхка Уьстамала а вахана, цигахь Хонкаран паччахьца вайн гIуллакх дийцина, цIа веана хIирийн Муса. Iабдул-Межеда шен кехат тIехь ма-йаздарра, цигахь вай тIеэца кечам беш бу цигара вайн бусалба вежарий.
– Цул сов, Сайдуллас дийцарехь, цхьа таронаш йоцчарна некъана харжана аьлла, Хонкаран паччахьо гIоьнна даийтина ахча а ду, боху. Оьрсийн Iедало гIо даре догдохуьйла а йу.
ЦIа чохь гIовгIанаш йевлира.
– Бертиг йаьстина, чухьаьжча, хуур ду-кх аьлла, боху, мацахлерчо а.
– Дахана дIакхаьчча, хуур дара-кх!
– Деллахьа, ма хала дара-кх, оцу хабарех тешна, со махках валийта.
МIаьчиг, вист ца хуьлуш, хIоьттина лаьттара. ХIинца иза ца гIертара хьеший ган. Цо дахдина лаг, меттадеана ца Iаш, белшашна йуккъе охьа чутоьхча санна, хебна, дацделлера. Малйелла, йегайора настарш а. Ма боккха болх бу-кх кхузахь xIapa къаьхьа баланаш Iийшар! Амма, муха вер ву винчу йуьртах, махках?
МIаьчигна ца хезара мурдаша долийна керла зуькар. Ца хиира ша араволуш а.
Ойланаша дIалаьцна иза меттавалийра, кертал араваьлча, цуьнан йуьхьах а хьаьрчаш, кочах чухьаьддачу лайн шийлачу дарцо…