Сайн лаамехь йахара
Цу пана махка,
Тилайелла лийлира,
Дакъазайаьлла…
Зударийн эшар
Йуьртахь уггар таро йолчу нахахь цхьаъ волчу Шахьбин долахь тIе оьрсийн гериг йиллина, тховх хьала уй тоьхна, корашка ангали диллина, лекха пурхе долуш даккхий цIенош дара. Божалахь шиъ гомаш йара, йалтех дуьзна даккхий доьрчий лаьттара раздевлла, хаьн тIе гIортораш хIиттийна. Йоккха ши бугIа а, маситта уьстагI а бара. Ша дIа куьг ца тухуш, нахе йукъахь йа йолах лецначу суьйлашка лелабойтуш масех урд мохк а бара цуьнан.
Ларми чохь кIовделла лаьтташ масех гиба даьтта а, дукъделла, шекар хилла лаьтташ масех гуьмалк моз а хуьлура. Васхалахь кхозура дакъийна жижигаш, йоьхьаш, цIийделла дуьмеш. Цуьнан ахча – кехатниг матардоьлла, детиниг – Iаржделла, олура наха. Бахам, де дийне мел дели, стамлора. ХIун дара а хаац, ирс тIехьажаделира цунна. Иза цунна тIедогIура, нахе вуон деъча а, дика деъча а. Бес-бесарчу басаршца бустамаш дохуш кечдина, тIехула кIайн эчиг лаьцна, ши догIа тухуш долу доккха тIорказ дуьззина духар дара цуьнан цо лийчийначу беллачу нахах дисина, цунна сагIина делла. ДIа ойла йича, цунна оьшуш хIума дацара, цхьа Делан ун доцург. ХIетте а реза вацара иза шен кхолламна. Дахарна сутара иза кхоьрура, йа цIе йаьлла, йа тIамо хIаллакдина, йа шена бу моьттучу шен дуккха а мостагIаша талийна, и бахам цхьана дийнахь хIаллак а хилла, ша, нах санна, верзина висарна. XIapa керла Iедал ша санначу стеган доладан кийча делахь а, цунах ца тешара иза. Тешар-м хIунда хьехадора, и оьрсий а, церан Iедал а бIаьрга ган ца дезара цунна.
Шахьби фанатик вара шен тIамарца. Дуьнен чохь цхьа а ницкъ бацара иза ша дешначу Къуръанан, жайнийн хьехамех шекваккха. Керстанаша махках ваьккхина пайхамар. Керстанашца къуьйсуш, xIapa дуьне дитина цо а, цуьнан асхьабаша а. Керстанашна дуьхьал гIазот кхайкхош, кху харц дуьненара дIавахана Ташу-Хьаьжа а, цара лаьцна вигна Кунта-Хьаьжа а. Керстанаша вийна Шахьбин воккхахволу ши кIант а. И де Шахьбина тIехIуттур дацарна йукъара хила ваьхьар волуш стаг вуй ткъа? Эз-эзар шарахь вахарх, керстанашца машар хир бац цуьнан. Цара, шайн паччахь вина, и дIахIоттийча а.
ТIом чекх ма-беллинехь, ведда Турце ваханчу ткъех эзар стагаца цига вахар ца нисделира Шахьбин. Шен бахамна сутарваьлла висинера. Бахам бохкар-иэцар бохург хьехочохь а дацара хIетахь. Сийна цIе йара гуобаьккхина кхерсташ. ХIинца дерг ша ду. Нах Турце кхелха аьлла хезча, боккха кхаъ хилира цунна. Оцу хабарх ца тешна, ша а вахара иза цкъа хьалха Сайдулла, тIаккха Алхазан Муса волчу. ХIара дIа вист ма-хилли, шаьш лоьхург вуйла хиъначу цара, хIокхуьнца дIабахка луучу мискачарна гIоьнна аьлла, кисана итт туьма а таIийна, ваийтира цIа.
Шахьбин Турце тоьттуш кхин а дара цхьа бахьана. Цо массарах лечкъош, къайлехь латтош. Атталла шен нанас дена винчу веше а ца дуьйцуш. Цхьа кIант воцург, кхин доьзалхо вацара Шахьбин. Иза, башха дега хьаьжна воцуш, хьекъална ира, комаьрша стаг вара. Шена хуу Iилма дерриг цуьнга дIаделира Шахьбис. Цуьнан аьтто хиллера керстане болу шен цабезам берриг кIанте бала а. Деккъа цхьана оцу гIуллакх тIехь амалш йуьззина цхьаьнайогIура цаьршиннан, ткъа йисинчу амалшца и шиъ вовшашна ген-гена ши стаг вара.
Шахьбин берриг дуьненан безам оцу кIантана тIебирзинера. Цо сатуьйсура цунах наха лоруш, гIараваьлла, цхьа а иэшам боцуш, ирсе стаг хиларе. Шемалан оьмар цхьана иттех шарна йахйеллехь, шен дагахь дерг кхочушхиларе догдохуьйла йара цуьнан. Амма, кху оьрсийн Iедална кIел мел ву, Iедална нийсса дуьхьалйолчу цуьнан шен а, кIентан а амалшца иза даржехь лакхаваларе догдохуьйла йацара. Дин маьрша дисинехь, шен устазна Кунта-Хьаьжина улло а тесна, хьалаойъур вара цо иза. И догдохуьйла а хаьрцина тIекIелйаьллера. Iедална дуьхьал йолчу тобанна йукъа кIант Iотта ца лаьара. Хьекъалечу Шахьбина дика хаьара нах оьрсийн паччахьал тоьлург цахилар а.
Цуьнан йерриг догдохуьйла Турце йирзинера. Шортта хьал эцна цига вахча, кIант хьалхататта шен ницкъ кхочург хиларх тешна вара иза. Цигахь эпсарийн дешар а дешийтина, туркойн эскаре вахийтича, шен хьекъалца, майраллица кIант сиха лакхавериг хиларх тешара иза. Хьанна хаьа, хенан йохалла паша хила а мега цунах. Мацца а цкъа, Делан гIоьнца доккхачу эскаран коьрте а хIоьттина, кху махка йуха а веана, кхузара керстанаш дIа а лаьхкина, Нохчийчохь а, Дагестанехь а имам хилла дIахIотта а мегий иза-м.
Шахьби кийча вара Турце кхалха. Шеца дIабига кху йуьртара итт доьзал а кечбинера цо. Царна паспорташ а даьхнера, цхьа кепек ца луш. Амма, ХортIица берта а вахана, хьаькамашна ша кхаъ белла бохуш, xIop а доьзалера цхьацца туьма-м даьккхира цо.
Дерриг дохийнера цуьнца дIаван ца луучу цуьнан цхьаъ бен воцчу вашас Гатис.
Оцу дийнахь хьалххе гIеттина Гати кха тIе ваха ветталуш воллура.
РагIу кIелхьара схьатакхийна дечган нох уьйтIа ара а даьккхина, воккхавеш, йуха а цуьнга хьежа хIоьттира иза. ДIадаханчу Iай, леррина хьуьнха вахана, хаьржина хадийначу ножах гIирс баьккхина, дийнна шарахь бакъийра цо иза. Аьчгах дича санна, чIогIа дара нох. Iаьржа-сийна бос бетталора цкъа а лаьттах бахазчу хьонхалан а, пхатоьдин а. Айъина иза вордана а диллина, божала вахара иза.
Цо оханна кхоош леррина кхобу боккха, лекха маIаш йолу цIен-чIамара ши сту, хьаьвди тIе а хIоьттина, сийна йол чухьерчош боллура. ГIогIашна тIелетта кхош элан горгамца дIа а даьхна, цIанбина, цушиннах хьастамна ка-мIара а хьаькхна, аравелира иза.
Сихха дукъа валаре сатеснера цо. Таханлера де массо aгIop а дика дара нох лаьттах догIа. Кхо де хьалха дилхинчу доккхачу догIано кIалд йинера лаьттах. Кху кхаа дийнахь лакхайаьллера буц а. Охана кхин тIаьхьатоьттийла дацара.
ХIинца а таьлсаш кечдина ца йаьллера Эсет. Мукъависина Гати, уча а хIоьттина, вехха лаьттира бес-бесарчу зазаша къарздинчу бешарчу дитташ тIехь, «чIир-чIир» деш, гаьннаш тIехь кхийсалуш, ловзуш лелачу хьозарчашка хьоьжуш. Хил дехьарчу регIа тIехула ах гучубаьллачу малхо садуура цуьнан. ХIинца кха тIехь хила везара иза.
Чувахана, Эсете чехка йала а аьлла, чохь йоькаш йолу кхийра кад эцна, араваьлла иза йуха а вордан гуонаха хьаьвзира. Стомара дуьйна цIийза йоьллера цуьнан чкъургаш. Дечиган семанна диттина зайлаш дIа а дохуш, йаккхий чкъургаш схьа а уьйзуш, милкашна йоькаш хьаькхира цо. И болх бина а ваьлла, стерчий арадаха дIаволавелча, лахара хьала шега вешин кIант Хьабиб кхойкху хезира цунна.
– Ва ваши!
– Ва-вай! – вистхилира Гати.
– Дадас, схьавола, боху хьоьга!
– ВогIу, ала.
Гатин хеназа хебаршка ихна эгIаза йуьхь, тIейелха кечйелла стигал санна, цIеххьана кхоьлира.
– Зуда, со схьавогIу хьуна! – чу мохь туьйхира цо.
Чолакха аьрру гIогI а текхош, цхьана aгIop Iасанна тIе а тийжаш, кех ваьлла, охьа чу волавелира иза.
Ша вешин керта кхаьчча, чуьра схьа цуьнан сингаттаме мукъам хезира Гатина:
ХIай Делан цIена дин, ма гIоьнча вац хьан,
Хьо тодеш, кхиадеш да-нана дац хьан,
Хьоьца сакъералуш доттагIий бац хьан,
Ма байлахь диси хьо, йа дийнал-ислам…
Гати, неIарх чоьхьа а ваьлла, дуьхехь сецира. Маьнги тIетесначу жимачу, кIедачу гIажарийн куза тIехь гора а хиъна, цхьа куьг лере лаьцна, ши бIаьрг хьаббина, мукъам беш вара Шахьби. Хьалха Iохкура схьадиллина жайна а, йаздиний, долийний цIена кехаташ а, чухIоттийна эрзан къолам болуш кхийран шекъадуттург а. Баьрчерчу терхи тIехь тIекIелдоьттина дара мажделла жайнаш. Ваша неIарх чуваьлча ца хиънехь а, йа хуъушехь Iийнехь а, шен мукъам ца хадийра цо:
…ДегI доцуш цIе йу хьан дуьненахь йоккхуш.
Хьан нуьре дегI лоьхуш, орца дац доккхуш,
Хьо сийсаздиначух бехк ма бац боккхуш,
Ма байлахь диси хьо, йа дийнал-ислам.
Масане да-нана дуьнено дийна.
Масаммо доттагIа, Iехавеш, вийна,
Йиша-ваша къестадеш, марзонаш хедда,
Халкъ байлахь диси-кха, йа АллахI Дела…
Назманна шовкъе хилла ваша йукъахваккха ца хIуттуш, ладоьгIуш лаьттара Гати. Аз кхин дIора хаза а дацара вешин. Амма цуьнан кIеда-дуькъачу озо а, цIен бос бетталучу беснеша а, кIайн йехачу можо а, къаьсттина и назма олуш хьаббина хуьлучу бIаьргийн негIаршна йуккъехула схьаIийдалучу бIаьрхиша а дог кIаддора муьлххачу а стеган. Карлабохура хилла бохамаш, ойла йойтура хIоьттинчу хьолан, уггар тийна дог а шовкъе дора.
…ХIара дуьне даим дуьсур ду, моьттуш,
Дуьненах дин духкуш, эхартах буьйлуш,
Ва кхана хиндолчун ойла йар доцуш,
Мунепакъ соввели, йа АллахI Дела.
Дела вац аьлла, керста ма вели,
Ва цуьнан теш хилла мунепакъ хIоьтти,
Цаьршиннан йукъ тойина шайтIа ма дели,
Вайн Дала гIo де хьан, йа дийнал-ислам…
Назма чекх а йаьккхина, бIаьргех гIовталан тIемиг хьаькхна, жимма хан йаллалц вист ца хуьлуш Iийна, Гатигахьа вирзира иза.
– Аха ваха кечлуш ву, ма боху, хьо? – хаьттира цо, велхаро букъбинчу мерах а луьйш, дегочу озаца.
– Вара со-м.
– Ткъа ас дуьйцург, лелориг дош дац-кх хIета?
Гати, вист ца хуьлуш, корта а оллийна, Iасанна тIе а тевжина, лаьттара.
– Къаналла коша когаш охкийна со цигашха дIа а хьажийна, цIахь саца воллу хьо?
– Шахьи, ас масазза аьлла хьоьга, со цигашха лела стаг вац, – шен астагIчу кога тIе вазвелира Гати. – Айса халла вовшахтоьхна миска бахам бохийна, дIавеача, цигахь муха тарлур ву? Со кхоччуш стаг ма вац. Хьуна сайх мохь ца бан гIерта, аьтто белахьара, меттара гIоттучохь а вацара. Цигахь хьох валахь, кхерста жIаьла санна, цхьанхьа къен лийр ву…
– Со хIун, цкъа а лийр вац аьлла, воьду цига? Кхузахь керста а хилла лечул, цигахь къен валар ца тоьлу?
– Сох керста вийр вац цхьаммо а. Дала оьмар лахь, и де тIехIотталц вехар ву со, тIаккха… сан герз хIинца а пенах кхозуш ду, хьакхар хьоькхуш. Могаш долуш айса ца кхоийна сайн дегI, и де тIехIоьттича, цуьрриг кхоор дац. Со а витий, дIагIо хьо, Шахьи.
– Хьо витина вахча, наха суна аьндолчун ойла йиний ахь? – бартхетта волавелира Шахьби. – Цхьаъ бен воцу ваша ша а витина ваха, эр ду. Ма кхералахь, кхузахьчул вуон хир дац вайн гIуллакх цигахь. Iеламстеган сий довр дац бусалба махкахь. Ас паспурт даьккхина хьуна. Хьан керт-ков Товсолтас оьцу. Ас мах бийцина цуьнца. Царах-м йоккха хIума лур йацара хьуна. Ахча сан шортта ду. И тоьур ду вайшинна валлалц!
Вашас хIун олу хьоьжуш, дIатийра Шахьби. Амма Гати вист ца хуьлура.
– Шахьи, со валалур вац хIокху махках, – элира цо эххар а гIийла. – XIapa мохк бахьана долуш заьIап хилла со. Кхунах къаьстинчу дийнахь сан дегIах са къаьстар ду.
– Валанза, Дела Ша воцург, ца волу. Махкахваьлла велларг, мелхо а, гIазот хир ву. Кханалерчу дийнан ойла йан ма йеза.
XIapa къамел иттазза хиллера шина вешин. Даим а дуьйцург цхьаъ дара. КIордийна хьех чекхдаьллера иза Гатина. Цо сацамбира тахана и тIаьххьара а хадийна чекхдаккха.
– Шахьи, со ца вогIу хьоьца. ДIакхаьчначу дийнахь сайх Хонкаран паччахь вийр велахь а. Де дийне мел дели, хьегIаш, оьшуш, кIелвуьсуш ву со. Сайн хIусамехь Iожалла хила а, дайн кешнашкахь каш хуьлийла а лаьа суна. Кхин суна оьшуш хIумма а дац.
– Дика ду, – Шахьбин хьажа йуккъе шад гулбелира. – Суна хаьа, хьо цIахь стенна соьцу. XIapa мохк бац хьо цIахь сецориг. Ас мацалла лечух кIелхьардаьккхинчу Эсет бохучу оцу зуьдо сецаво хьо! Цунах ваьлча, хьо валарна кхоьруш! Иза хьайна хьан йалийна дицделла хьуна? Цуьнан кучан йух дIа ца хецалуш лела хьо! Йа цунах йеш хIума а йелара! Боьрша йоцу тIаьнчакх! КoIa!
Гатис, шен буйнара Iаса тIехьа а йаьхьна, астагI оьккхуш, цхьа гIулч хьалхайаьккхира. ТIаккха, меллаша Iаса цIенкъа а гIортийна, вахьийча санна, сецна вогIавелира. Хорша йеача санна, дего доьлла цIеххьана бос баьхьна кIайделлачу балдех бухарниг, цергашна йукъаIаьвдина, сацийра цо.
– Со боьрша ву-вац хьуна хуур дац, соьца пхийтта шарахь тIеман дарцала хьийзинчу нахе ца хаттахь, – цергашна йуккъехула схьалиттира цо, оьгIазлонах къурдаш деш. – И ахь аьлла дош наха соьга ца олуш, кху дегIа ваьлла со. Аьллачун мотт ас озийна схьа а боккхур бара… Со сакхат винарг герз ду… Ткъа хийла стаг ву, и… меже могаш йолуш, кийра пхьагалан дог доьллина къанвелла. Дика ду, Шахьи, со хьоьца дIавогIур ву. Кхузахь ахь сан мел дола до вайшинний, Даллий дика хаьа. Хьо хьолана вукъвелла веха, ткъа со, мацалла ца вала гIерташ, кадетташ воллу. Хьуна тIаьхьа а хIоьттина, дIавеъча, сайх хин дерг суна шера хаьа. Цхьанхьа кертан маьIIехь къен лийр ву. ХIумма а дац. Мухха велахь а, сан нанас сан дена вина ваша ву-кх хьо. Цхьана цIийх схьаваьлла. Хьуна аьлларг а, динарг а суна тIе догIу. Со хьоьца дIавогIур ву, амма хьуна ма-моьтту вогIур вац… Ас дIахоьцур дац сайн дех дисина кха а, цо кхиийна беш а… Нагахь хийрачу махкахь вала доьгIнехь, сапаргIат лийр ву со. Цхьанхьа сайн даймохк, сайн цIарах лаьттан коржам йуйла а хууш!
Аравала тохавелла Гати неI йиллинчохь сацийра Шахьбис:
– Хьо хьанна бита воллу и хьайн къелг бахам? Кхуьуш кIентий бу хьан? – элира цо хIинца жимма кIедо.
– Цхьа гIаддайначунна!
– Стуннанний?
– И сан гIуллакх ду!
ЧIогIа тата доккхуш неI тIе а тоьхна, араиккхина Гати, шен гIогI текхош, цIехьа вахара.
Иза цIа кхаьчча, ворданна ши сту а боьжна, чохь кхача болу таьлсаш йалкханах тесна, майрачуьнга хьоьжуш лаьттара Эсет.
ЗаIарехула чувогIу майра гича, кхерайелира иза. Цо, озийна ойъуш, даьхьна йуьстахтесна зIар, йуккъехула ког кагбелла, шалха дахара. Цуьнан догдика, къинхетаме бIаьргаш, хьераваьллачу стеган санна, цIийбелла, схьалелха бохкура. Даим а беса хуьлу йуьхь Iаржйелла. Эсетна цкъа а ца гинера иза оцу суьртахь.
– Хьуна хIун хилла? – хаьттира цо, ша муха хотту а ца хууш.
– ХIумма а ца хилла. Схьайаийта ворда!
Шина вешина йуккъехь хIиттина галморзахаллаш и гIуллакх йукъадаьллачу буса дуьйна хаьара Эсетна. Кхалхар хьахаделлачу дуьххьарлерчу буса ша цIа ма-веъанехь, вешица шен хилла къамел зудчуьнга дийцира Гатис. Эсета цхьа а дош ца элира цуьнга, xIapa йа важа де аьлла. Цигара цIа масазза вогIу, кхоьлина-м хуьлура иза, амма тахана санна карзахе цкъа а ца хиллера. Шина вешина йуккъе йоккха вас йоьжнийла хиъна Эсет, хеттарш ца деш, дIатийра.
Iуьйранна хиллачу гIуллакхах къамел ца хилира цаьршиннан кха тIе дIакхаьчча а. Зудчуьнга вист ца хуьлуш, гота кхан йуьххье а хIоттийна, хьаьжкIийн xIy чохь таьлсаш коча а тийсина, ши-кхо гIулч шуьйра лоцуш xIy а тесна, дуьххьара гуо баьхьира цо.
Стерчийн йуьхь лаьцна лелачу Эсетна дагара ца волура вас хилла майра. Цхьана хенахь кху йуьртахь уггар каде, майра тIемало вара Гати. ДегI куьце дара цуьнан, йуьхьа тIехь а цавеззал ирча вацара. ТIом чекхболучу шарахь хиллачу луьрачу чевно гуттаренна а заьIап вина, кIелвитинера иза. ДегI дара цуьнан чевнаша дерина, амма хенашка хиллачу чевно кIелвитинера. Цо дайъинера цуьнан куц а, дуьненан самукъа а. Шо-шаре мел дели, гIopa оьшуш, хьегIаш, азлуш, кIелвуьсуш лаьттара иза. Ца телхаш цуьнца Iалашделларг цуьнан майра, къинхетаме дог дара.
Гати, ала хIума доцуш, дика вара Эсетна. Дика вара иза цуьнан нанна а, кегийчу вежаршна а, йижаршна а. Уьш мецачу Iожаллех хьалхабахархьама йеанера иза заьIапчу цуьнга. Аьрзуга болу шен бовха безам, цуьнга йахча шен хиндолу ирс дIа а теттина. Эсетна хаьара майрачунна ша чIогIа йезийла. Хаьара, шайн доьзал мацаллин багара баьккхинарг иза вуйла а. Цундела цуьнца ша доккхучу деа-пхеа шарахь даим шен кийрахь цуьнга безам гIатто гIиртира Эсет. Амма иза ца хуьлура. Муха гIотту боцург? Цуьнан дуьххьарлера а, тIаьххьарлера а безам Аьрзуца кхерстара. Цхьана минотана а цунна тIаьхьара ца болуш.
Шаьшшинна йуккъе доьзалхо воьлча, доьзалхочуьнга болу безам дега баларе догдохуш, и дуьнена валаре са а тийсира цо. Амма Эсетах доьзалхо ца хьаьрчара. Чевнаша заьIапвинчу Гатин, хIуъу делахь а, оцу aгIop цхьаъ галдаьллера.
Гати дика кхетара зудчун дагах. Хаьара, иза шега хIунда йеана, шегахь хIунда Iа а. Цундела цо йовхо ца йоьхура Эсете. Цкъа а дов ца дора. Мелхо а, Гатин чIогIа бIаьрг буьзнера, шайн доьзалан ирсан дуьхьа шен ирс а доьхкина, шеца дуьне декъаза дуучу оцу зудчун къонахаллех. Цамгаро кIелвитина ша кестта лийриг хиларх тешна вацахьара, кхечуьнца хьайн ирс лаха аьлла, тоххара йитина а хир йара цо иза.
– Эсет, вайшиннан доккха къамел хир ду тахана, – элира Гатис, гота дIахецна, стерчий дажа а лаьхкина, делкъе йина, шаьшшиъ паргIатдаьлча. – Ас дош делла Шахьина Хонкара дIаваха.
Шен йехий, стаммий Iаьржа кIажарш дIахьерчош йоллу Эсет, ши куьг тIехьа даьххьинчохь йогIа а йелла, къаьрззина майрачуьнга а хьаьжна, йисира. Шена хаа а хууш чехкаделира цуьнан деган деттадалар. ХIинца хили иза кхоьрург. Йа, ша церан дуьхьа безам а, ирс а дIаделла дуьне декъаза даа кIелсецначу доьзалх а къаьстина, цавезачу майрачуьнца махках йала йеза иза, йа, и заьIап майра хийрачу махка ша дIа а хьажийна, нехан неIалта кIел цIахь саца йеза…
– Ахь хIун до ткъа хIокху кха тIехь xIapa къахьоьгуш? – хаьттира цо саметтайеача.
Цунна иза гуш йацахь а, Гатих къайла ца делира зудчун кхерайалар. Иза шера гора цуьнан дегочу озаца.
– Йоха ма йоха хьо, Эсет! – гIайгIане велавелира иза. – Хьуна бохамехьа доккхур дац вай xIapa гIуллакх. – ТIаккха, вехха вист ца хуьлуш Iийна, тIетуьйхира цо: – Суна ца хаьа, моьтту хьуна, хьо сайга муха йеана. Дерриг хаьа. Хала ду дезарг дита а, цадезарг тIелаца а. Тутмакхо санна, даьккхина ахь соьца xIapa диъ-пхи шо. Соьца цхьана тхов кIел йуьжуш-гIоттуш, цхьаьна шуьне хуьйшуш, модайоьлла сан бедарш йуьттуш, эттIарш летош. Йиллина суна хьалха хьийзаш. Амма со тIулгал башха ца хеташ. Цул доккха Iазап дац адаме дан. Ший а дара вайша Iазапехь. Вайша и дерриг ловра. Ас – со заьIап хиларна, ахь – хьайн мискачу доьзалан дуьхьа.
Майрачун хIиттина бIаьргаш кхуран дерзинчу гаьннаш йуккъехула йекхначу стигала хьуьйсура. Гаьннех чекхйийлинчу маьлхан зIаьнарша серлайаьккхинера Iийшинчу халонаша аьхна, хеназа къежйелла оза, йеха йуьхь. Багах долу xIop a дош, садала гIертачун санна, легашкахь соьцуш, хала долура. ДегIах цIийдина эчиг Iуьттуш санна, наггахь йегайора гуонаха нилхха чоьш дийлла боккха муо тIехь болу аьтту агIорхьара бесни.
– Со дуьхьал вара вайшинна йуккъехь диначу захалонна. Хаьара, хьуний, Аьрзуний вовшийн дезийла. Хаьа, хьо сан хIусаме йеачахьана, цкъа а шуьшиъ вовшашка дист ца хиллехь а, ашшимма вовшех дог ца дуьллийла. Ас а Iаьвшина безаман къахьо. Сан къона безам лаьттах бахана бархI шо хьалха. XIapa йурт тIаьххьара а йохош йийначу Белитица. Шуьшинна санна, тхойшинна а дезара вовшийн. Охашиммо дукха сатийсира машаречу дийне, вовшех а кхетта, даллалц хаза цхьана хIусамехь даха. Амма иза Iожалло хеназа йаьхьира. Оцу дийнахь сан кийра бина ша башо йовхо ца хили дуьненахь. Амма, ас иштта аьлча, хьуна ма мотталахь, суна хьо ца йеза. Йеза, амма хьоьга сан безам цхьа шатайпа бу. Муха эр дара иза… Гуттар дика, тешамечу доттагIчуьнга санна. Ткъа, ванах, xIapa сан зуда йу-кх аьлла, и йовхо ца гIотту сан даг чохь. Мел со гIаттийта гIертарх.
Андийчу, лекхачу накхош тIехь голатухуш охьайеана карахь гулйеллачу стоммачу шина кIажаран йуьхьигаш къажйеш, леррина ладоьгIура Эсета. Ша хIун до а ца хууш, хедош, йуьстахтуьйсура цо Iаьржа чоьш. Довха хьацар тоьхнера логах а, букъан суртаца а. Араэккха санна, хьере детталора кийра гатбелла дог.
– Шахьис динарг ца дохо, тIе а тайна, сецира со. XIapa дерриг хьалххе дуьйна сайна гушшехь. ЗаьIап со царна совваларна кхерарна. Ткъа суна кертахь зуда оьшура. Зуда аьлча а, сайна кхача кечбан, йоьхнарг лато, бехйелларг йитта. Дено-дено гIopa оьшуш, кIелдуьсучу дегIе сайн мискачу хIусамехь цхьалха ла ца дегIа. Лечкъийна хIун до цунах, тIаьхьо со везаваларга дог а дохура ас. Хенан йохалла цунах а догдилла дийзира. Хьанна везар вара, чевнаша верина, кIелвитина, дено-дено худалуш, чекхволуш воллу заьIапхо? ХIаъ, хьуна со везийла лиира суна. Сайн дуьхьа доцуш, хьан дуьхьа. Хьоьгара Iазап дайдалийта. И ца хуьлийла хиъча, хьо йита дага а деара. Амма и дан а ца хIуттура. Къонахалла ца тоьура. Тахана-кхана бохуш, хан йуьйлуьйтура. Цхьа буьйса а сайца чохь адам долуш йаккха лууш. Сайн оьмар йеха йоцийла хууш. Сайл тIаьхьа со да волу хIума хьуна а, хьан цIерачу доьзална а дита…
Эсетан кийрахь гулло шад легашка гIертара. Даккхийчу къурдаша йуханехьа кийра теIадора уьш. Цуьнан баккхий Iаьржа бIаьргаш, тIаьхь-тIаьхьа къегаш, сирлачу хих буьзира. Уьш ара ца хьалхийта гIерташ, бIаьрнегIарш тIетеIадора цо. Амма царна йуккъехула схьаIийдало уьш, негIарийн дуькъачу, дехачу, Iаьржачу цIоцкъамех тасаделла, чухьалха кхоьруш санна, гуллуш лаьттина, тIаккха, цIеххьана охьахецаделла, нийсачу меран шина агIошца охьахьаьлхина, махо дакъийначу балдашлахь къайладевлира. БIаьрхиша хIиттийначу мархашна йуккъехула цхьана минотана цунна хьалхахула чекхвелира итт шо хьалхалера Гати. Йуьртах болучу йа йуьрта боьрзучу бIоне хьовса арабевллачу мехкарийн бIаьрг тIехь соьцура карзахечу хьаргIачу динахь хуьлучу къоначу тIемалочунна. ХIетта маж-мекх даьлла оза, йеха йуьхь, лекха хьаж, седарчий санна, богу Iаьржа бIаьргаш. Шуьйра белшаш, йуткъа гIодайукъ тIекъуьйлуш дихкина кхелина герзаш а. Иза велавелча, гучудовлура, шагатIулгаш санна, кIайчу цергийн нийса могIанаш, шерачу беснеш тIехь кIаьгнаш хIуьттура. ХIетахь жимачу Эсетна гора мехкарша цунна туй туьйсуш, ирсе кхаж баьллачу Белитега уьш хьегарца хьуьйсуш. Ткъа хIинца…
– Хонкара кхелхаш хилча, xIapa къа хIунда хьоьгу, бах ахь? – аркъал Iуьллу Гати, пхьаьрсан гола лаьттах а товжош, Эсетехьа вирзира. – XIapa кха а, вайн цIенош а, даьхний а хьуна дуьсур ма ду. Со дIаволалучу дийнахь Маккхал а, Iела а, Чора а схьа а кхайкхина, уьш тешаш а хIиттийна, и дерриг хьуна урдонна кхачош, йуьтур йу ас хьо. Шахьел тIаьхьа хьоьгара уьш дIаийзо стаг вац сан. Тхойша Хонкара дIавоьду. Со, дIа ма-кхеччи, лийр ву. ДIакхочий а хаац.
Эсета сецочу йелхаран къурдийн дуьхьало хедира. ЦIеххьана йeгa а йелла, къаьхьа мохь аьлла, йахана, иза мара а вуллуш, Гатина тIейуьйжира.
– Ма йелха, Эсет, – цуьнан йаьржинчу кIедачу месех куьг хьоькхура Гатис. – Белита дуьненахь йисинехь, и йоцург зуда йалор йацара ас. Иза даг тIера йаьлла минот йац сан. Хьан ойла йиллина дIа Аьрзуна тIехь лаьттийла а хаьа суна. Могаш велахь а, со санна, декъаза стаг ву иза. Шуьшиъ ирсах хадийна ас, суо декъаза а висина. Амма Аьрзу къонах ву, шел тIех дуьненахь кхин хир воцуш. Кхин хаац суна, паччахьан йоI йахча а кIезиг дара цуьнга. Шуьшиъ цхьаьна ирсе хир ду. И дIадели. ХIинца, же, вайшиннан стерчий схьадаладе…
Гатис меллаша дIатоьттура шен логах пхьаьрсаш хьарчийна, некха тIе корта таIийна, дерриг дегI, хорша йеача санна, дегош, йоьлху зуда.
– Хьо дуьненахь мел ву, хьох къаьстар йац со! – къаьхьа мохь белира цуьнан. – Ший а йа шиннах цхьаъ делла дуьненара дIадаллалц, xIapa декъаза мур буур вайша…
Гатин накха багийра эттIачу чоина, некха тIе девллачу чоьшна йуккъехула лешаш, чкъурана тIекхаьчначу Эсетан довхачу бIаьрхиша…