I
е шолгiа буьйса
Масане кIант лиэла
Кху лаьмнийн чIажашца,
Мацалло бIарзвина,
Шелоно гатвина.
ХIун бала бу-техьа
Ва цаьрга боьссинарг?
ХIун гIайгIа йу-техьа
Уьш бIаьрза бIарзбинарг?
Нохчийн илли
Туьпа йуккъехь йитина цхьа урд хиллал майда йара тIехь сийна бай болуш. Кхузахь йацара цхьа а тоьла а, бун а. Кхузахула дIаса адам ца долура йа дийнахь а, йа буса а.
Оцу бай тIехь xIop а пIерасканан дийнахь рузбана гуллора туьпара нах. Ламазна хIуттуш, схьадоккхий чоа, гIовтал тосура кIел, уьш йоцург беккъа бай тIе хIуттура.
Кхуза гуллора туьпан тхьамданаш кхеташоне а, кхиэле а.
МаьркIажан ламазаш дина, оцу майдана гулбелира нах тховса. ХIор а йуьртарчу нехан цIарах – цхьацца стаг. Царал сов, кхуза веана хьалхарчу магIаршка охьахиъна вара кхин а пхийтта.
Турцех кхаьчначу хьалхарчу баттахь Аьрзуна хиира, адам цхьана низаме ца далийча, бажа санна, хецна дитича, цара шайна а, меттигерчу бахархошна а зуламаш дийр дуйла. Иза хилла а Iийр дацара. Цхьа барт, цхьа Iедал ца хилча, кхузахь даьржина лелар дара адам. ТIетеIачу ницкъана дуьхьалбаккха ницкъ оьшура.
Кхузарчу адамаша баьчча винчу цо, уггар хьалха, шайн нахах жоп дала xIopa тайпанах цхьацца стаг къастийра. Цул сов, оцу берхIитта эзар адамах дегIехь ницкъ Iалашбеллачу божарех эскар кхоьллира цо. Уьш пхи эзар ву. XIop а эзарна а, пхеа бIенна а, бIенна а, иттанна а коьрте доьналле, хьуьнаре, тIамехь бахчабелла къонахий хIиттийра.
Цаьргахула латтадора цо туьпахь низам.
Тховса тайпанийн тхьамданашца цо кхуза кхайкхинера шен эзарчаш а, пхибIенчаш а.
ХевшинаIачийн йаххьаш халла къаьстара хIетта лома тIехула гIеттинчу беттан серлонехь. Йерриге а – цхьатерра йевлла. Хьаьрсий, Iаьржий, сирий. ОьгIазе, кхоьлина, ойлане. Бедарш – летийна, зарзйелла, малхо басайаьхна. Царах хIоранна а хаьа баьччано шаьш кхуза хIунда гулдина. ХIор а веана цIахь буьсучех дага а ваьлла, цунна жоп кечдина. Амма веккъа цхьа Тарам ву царах синтем байна хьийзарг. Цкъа, вулий, коьртара кхакханан месала кIайн куй схьабоккхий, карахь хьекхош, хьийзабой, йуха а бIаьштиг тIе таIош дIатуьллу, гоьла тIе буьллу, мекх шардо цо, тIаккха цхьана ханна дIатоь, куьйга корта а лоций.
– КIентий, – тийналла йохийра Аьрзун гIоргIачу озо, – аш хьовсийначуьра оха деанарг шуна хезна. Кхузарчу Iедало вайна къастийна мохк стага диэзар иэца мегаш бац. Хи а дац, хьаннаш а йац. Мокха, даьсса, йокъане гунаш. Дийна йалта а цигахь кхуьур дац. Даьхний лело дежийлаш а цигахь йац. Цхьа а цIа дац цигахь, вайна хьовха, атталла шайна дина а. Вешан токхечу махкахь даьхначу вайн мохк бац иза. Тхуна хетарехь, нагахь цига гIахь, xIapa адам бIаьстенга дер дац. Мацаллой, махкаллой хIаллакдийр ду. Аш хIун олу?
– Цига гIyp дац.
– Кхузахь Iийна девр дуй ткъа?
– Тоьллачуьра мохк схьа а лаьцна, охьаховшур ду!
– Наха лур бац шайн мохк.
– Баьккхича, лур бу.
– Шаьш xIapa дийриг хилча, вай схьа хIунда кхойкхура кхара?
– Кху наха ца кхайкхина вайга, паччахьо кхайкхина.
– Иза ву-кхи шен ворхIе дена Делан неIалт хиларг!
– Цхьамма ала!
– Доцца дийцийча, цига ваха цхьа а реза вац-кх, – элира эзарнчас Тарама.
– Кхин вуй ала лууш?
– Изза ду оха аьндерг а! – гIовгIанаш йевлира йукъ-йукъа.
– Ткъа хIун де вай?
Нахана йуккъера хьалгIеттира Шелара Довта.
– Аьрзу, xIapa гIуллакх наха денна дуьйцуш ду. Вай-м оцу Диарбекирера даьсса гунаш хьехадо, кхузахь уггар тоьллачу махка тIе шаьш ховшийча а, совца резабоцурш а бу. Йуханехьа цIа баха гIерта, цхьакIеззиг доьзалш новкъа бевлла, бисинарш а, шу схьакхачаре хьоьжуш, сецийна оха. Тхуна хетарехь, кхузахь дисахь а – лийр ду, оцу Диарбекире гIахь а – лийр ду вай. Тоьлург хIун хета аьлча, меллаша кхузара йуха а девлла, новкъахь велларг дIа а вуллуш, вешан махка дIагIортар ду. Иза ду тхуна массарна а луург.
Шина а куьйга корта а лаьцна, ладоьгIура Аьрзус наха дуьйцучуьнга. Дерриг цо биначу сацамна тIедогIура. Амма…
– Довта, шу бакълоь. Амма туркоша вай дIа а хоьцур дац, йа оьрсаша йуха дозанал дехьа а довлуьйтур дац. Эрзерумна улло оьзна туркойн эскарш ду, боху, вайнах нуьцкъаша цигара меттах а баьхна, Диарбекире дIакхалхо. Изза де вайна тIе а хIуттур ду.
– Оьрсийн паччахье дехар де вай, ваьш йуха цIа дерзийта алий? – йуха а долийра Довтас.
– Дуьненан дехьа маьIIехь волчу оьрсийн паччахье дехар вай муха до? Моьттур дац, иза Муьше хиъна Iаш ву.
– Цуьнан камсар ма ву Эрзерумехь.
– Уьстамалахь паччахьан векал а ву.
– Цигара дIа зIе тухур йара-кх цо.
– КIентий, паччахьца дийцарш дан доьлча, гена дер ду вайн гIуллакх, – къамелаш совцийра Аьрзус. – Гарсиний дайна, и оьрсийн паччахь Муше хиъна Iаш вац. Вай йаздина, камсарна тIедаьхьча, цо Уьстамаларчу шен векале а делла, иза Петарбухе дахьийтина, цигара жоп дале, шо дер ду. Цул сов, со тешна вац, оьрсийн паччахьо вайна цIехьа дерза бакъо лург хиларх. Шуна ма-хаъара, схьакхалха пашпурт караэцнарг а цIахь ца витира цара. Лаахь а, ца лаахь а махках вала, элира. Оцу агIонах догдилла деза. Вай дича ден дерг хIун ду аьлча, оцу оьрсийн камсаре а, Нусрет-паше а кху меттигашка дIатарде, ца тардахь, тхо тхайн цIа доьлху, алар ду. Шуна хIун аьлла хета?
– Хьо бакълоь, Аьрзу. Нахана цIа берза лаьа. Кхузахь шаьш делла кхачадалале. Амма сихо йан йеза. ХIинца новкъа девлча, валаза виснарг Iа долале даймахка дIакхочур ву.
– Кхин хьелахь, тIаьхьа-м хир ду.
– Делахь хIета, оцу тIехь и гIуллакх чекхдолуьйту вай. Амма новкъадовлар а, цIадерзар а цхьана дийнахь нислур дац вайн. СхьадогIуш санна, тобанашка а декъаделла, новкъа довла дезар ду.
– Иза тIаьхьа дуьйцур вай. Сийсара цIа ма-кхеччинехь, суна хезначу цхьана хабаро дог дохийна сан.
Хьалха Iачу нехан кортош охьадахара.
– Вайн вархIий дайшкара охьа, тIаьхьено тIаьхьене луш, схьайогIуш оьздангалла йу вайн къоман. Вайн къомах ца ваьлла лай. Шен гайн тIингар йузорхьама, къоман сий духку стаг нажжаз вина вай. Дикане кхаьчча, кура а ца бийлла вайн дай, бохам тIебеъча, чIеIаш а ца хилла. Мацалла а лайна, Iожаллина хьалха нисбелча а, бIаьрнегIар а ца тоьхна. Амма, даймахкана генадевлча, хийрачу махка, хийрачу къаьмнашна йукъа нисделча, воцург а къонах хила везачохь, йоIбIаьрг санна, оьздангалла ларйан йезачохь, вешан къоман сий лардан дезачохь къонахаллех а, оьздангаллех а боьхна цхьаберш. ГондIарчу йарташкарий, шахьарарий цхьаьнакхетта, тахана кхуза а баьхкина, туркоший, эрмалоший диначу къамело иэхь хетийтина, цIе латийна сан йуьхь хIинца а йогуш йу. Наха Мушахь диначу талораша иэхь дина вайн къомана. Кху туьпарчара шаьш, шайн кхоллам кара а белла, шайн баьчча вина хьалхатеттина со. Туьпахь низам ца латтийча, адам шайн лаамехь хецна дитича, хIаллакьхир ду. Низам талхо бакъо йац вайх цхьаннен а. Мушехь вайнаха диначунна уггар хьалха бехке бу эзарнчаш. Ас цаьрга жоп доьху.
Кхеташхой тийна Iара оцу пхеа стаге ладоьгIна. Ткъа уьш, бист ца хуьлуш, къайллаха вовшашка хьуьйсура. Веаннен а хьажар Тарамна тIехь соьцура. Ткъа Тарам шек а вацара. Цунна бен ца хетара и сийна стигал тIекхетча a, xIapa Iаьржа латта, лелхаш, тIекIелдаьлча а. Цкъацкъа велавала догдогIура, тIаккха цIеххьана оьгIазалла йуссура. Низам а хьехадо. ГIиллакх, оьздангалла а хьехайо. Уьш хуьлуш ма дац буьзна хьерабевллачу а, мацалла леш бохкучу а нахана йуккъехь. Кхузахь xIop а шен ма-хуьллу мацалла ца вала гIерташ воллу, ткъа хIокху Аьрзус гIиллаккхий, оьздангаллий йуьйцу.
Уллохь лаьттачу буьнахь гIовгIанаш йевлира. Оцу чуьра арадевлла бераш, доьлхуш, гIийла узарш деш, буьна хьалха севцира. Царалахь воккхахволу кIант кегийчарна маслаIат дан гIертара. Цхьа-ши де дара церан да чIогIа волу. Схьахетарехь, иза дIаваьллера хIинцца.
Тарам хьалагIеттира.
– Жоп ас лур ду, – элира цо, гуонна йуккъе а волуш. – Наха Мушана шозза тIелатардарна бехке тхо дерриш ду. И барт оха кхеташонехь бина.
– Иза муха бабелира шуьга?
– Адам мацалла ца далийта.
– Оцу талораша кIелхьардехин ткъа?
– Аьрзу! – Тараман ши бIаьрг ткъесах къегира. – И дIогахь буьна хьалха лаьтта бераш гой хьуна? Да велла, цуьнан докъаца Iен ца даьхьна, арадевлла, доьлхуш лаьтта уьш. CaгIa ца дехча, къола ца дича йа, мацаллина охьа а эгна, делла дIа ца девлча, кхин некъ бац царна кIелхьардовла. Иштта байш бIеннаш ду кху туьпахь. Адам мацалла леш ду. Дийнахь-бусий бIе ле. ДIадохка ца кхиош, доьрчий санна, дестий, декъий шина-кхаа дийне довлуш меттигаш а хуьлу. Делан а, нехан а гIоьнах хаьддачу адамийн дегнаш дарделла. Адамаш мацалла ца дала гIерта. Уьш шайн дегнаш Iабо гIерта. ХIаъ, уьш Мушана тIелетта, цара цигахь талораш а дина. Цара талораш до гондIарчу йарташкахь а, некъашкахь а. Шайна дуьхьалойинарг цара а воь, шайн аьтто баьлча, кхузарчу бахархоша уьш а бойъу. Адам карзахдаьлла, Аьрзу. Уьш низаме дало боккха ницкъ оьшу. Нах тхайн бертаза Мушана тIебоьлхучу даьлча, вовшех дага а девлла, хуьлуш дерг цхьана низаме мукъана а дерзаде вай аьлла, царна хьалхадевлла тхо. Тхан бехк бу аьлла хьайна хетахь, луъу таIзар тхуна дан бакъо йу-кх хьан!
Тараме ала хIумма а дацара Аьрзун. Иза бакълоьра. Амма адам хецна дита йиш йац-кх. Бажа санна. Къаьсттина кху халчу муьрехь чIогIа Iедал деза царна тIехь.
– И дерриг суна дика хаьа, Тарам. Кху кийсакехь къаьсттина барт, низам оьшу вайна. Туьпахь болу йалтийн xIop а буьртиг хьесапе иэцна, цунах гIетакх деш, гIелбелла кIелбисинчарний, байшний хьажо деза. Талорашдар дитийта деза. Туьпахь низам хIоттаде. Йуханехьа новкъа ца довлахь, кхин некъ бац вайна кIелхьардовла. И некъ хала хир бу. Цомгаш кIелдисина адамаш дукха ду вайн. Уьш дIатуьйсийла йац. Оцу бехачу новкъахь нахана даа рицкъа оьшу. Иза дац вайн. Нах талораш дан гIертар бу. Уьш совцо беза вай. Туркоша дIахоьцур дац вай, оьрсаша а дозанал дехьадовлуьйтур дац. Оцу шинахьарчаьрца машар лаха а, цахуьлучу далахь, цIий Iано а дезар ду вайн. ТIехула тIе, дерриг адам цхьана дийнахь новкъа доккхуьйла а хир йац. Масех тобане а декъаделла, новкъа довла деза. ХIор а тобанца пхиппа бIе тIемало а, царна коьртехь собаре, майра, тIамна говза къонахий а хила беза. Нахана луучунна тIе а тайна, хьалхавуьйлучех баьчча хир вац. Дерриг ца тору нахана луург а. Аш динарг уггар луьра таIзар догIуш зулам ду. ХIоьттина хьал а, шун хилла барт а тидаме а эцна, оцу таIзарх хьалхадуьту ас шу. Амма шу пхеаннах уггар бехке шиъ – Тараммий, Довтий – эзарнчийн декхарех мукъавоккху. Маккхал, хьоьга ло ас Тараман эзар тIемало. Чора, хьо Довтин метта хIоттаво. ЦIа дерза сацам тIеэцна девлла вай. КхидIа дан дезачу тIехь шух дагавийлар кIезиг хир ду сан. Соьгара пурба доцуш шен лаамехь гIуллакх диначу стагана сайн куьйга таIзар дийр ду ас. Туьпахь низам латто суна бIе тIемало оьшу. Чора, хьайн эзарнах и бIе стаг а, царна коьрте хIотто цхьа тешаме бIенча а къаставе суна.
Бен боьхна арадевлла бераш, йоккхахйолчу йоIана гуонаха хьаьрчина, дIатийра. КIант вацара гуш. Схьахетарехь, иза ден докъана уллохь буьйса йаккха чуваханера.
Геннахь говрийи бергийн тата делира. ТIаьхь-тIаьхьа гергагIертара иза. Дукха хан йалале майданахь гучуваьлла бере, говр ца сацош охьа а иккхина, урх нуьйран хIоьах тесна, чехка тIевеана, салам делла, Аьрзуна хьалха хIоьттира.
– ХIун дахьаш веана хьо, Гара? – хаьттира Аьрзус, хьалагIеттина салам схьа а оьцуш, цуьнан куьг лаьцна.
– Эми-паша кхаьчна Муше. Цуьнца кхо эзар дошло ву. Кхана туьпа ван ойла йу цуьнан.
– Кхин?
– Цуьнца ву Iуспанан Сайдулла а, Iелаханан вешин кIант Шамхалбек а, Шахьбин Хьабиб а.
– ХIун ойла йолуш баьхкина уьш?
– ХIара туп йохо. Нах Диарбекире дIахьовсо.
– Кхин хIун ду керла?
– Эрзерумера схьабогIу вайнах цхьана дийнан некъ генахь севцца тховса.
– Туркойн эскарш мичахь севцца?
– Шахьарахь нехан керташка дIасадекъна а, маьждигийн майданашкахь а севцца.
– Йаккхий тоьпаш йуй цаьрца?
– Йалх йу.
– ХIун тайпа?
– ХIоьънашца йузург – йиъ, чаччамашца йузург – шиъ.
– Баркалла, Гара. Хьайн накъосташна тIе дIагIо. БIаьрг сирла, лерг сема хила. Ха стамдийр ду тховса. Ишар хуьйцу вай. «Лаьмнаш кхойкху».
Бере, каде дIа а хьаьвзина, цхьана куьйга тур сецош, ведда вахана кхоссавелла говра а ваьлла, чаболахь къайлавелира.
Кхерам хаабелла кхеташонера нах, Аьрзун даше ладоьгIна, севцира.
Аьрзу, хьала а гIеттина, нахана хьалхахула дIасаволавелира.
– ХIета, кхана къаьста-кх вайн кхоллам, – элира цо массарна а хозуьйтуш. – Бертахь йа бертаза, лаьхкина малхбузехьа дIадуьгур ду. Цигахь а, кхузахь а – массанхьа Iожалла йу вайга хьоьжуш. Нагахь уьш нуьцкъала вай дIадаха гIортахь?
– Шаьш Iанне ца Iахь, сан дакъа хьор цара оцу ахь йуьйцучу Диарбекире, – сихха жоп делира Мовлас. – Мовла-м гIyp вац, шена чохь са а долуш!
– Забарш йита. XIун дан лаьа шуна?
– Ас-м забар ца йо, Аьрзу. Шена ваха луург гIop. Тхо цхьадерш-м летар ду. Йа, сайца цхьа масех стаг лехна, обарг вер ву.
– Бисинчара хIун олу?
Йуккъера гIеттина Довта цхьа-ши гIулч хьалхавелира.
– Ас ала мегий? Ша галдаьлла гIуллакх ду вайниг. Цкъа кога кIел гIахь, хIокху туркоша, корта айъа ца дуьтуш, делла дIадовллалц хьийзор ду вай. Вай-м хьовха, нагахь дийна йисахь, вайн тIаьхьенаш а. Цкъа дина – цкъа лийр ду. Ткъа кхузахь – дукха ца Iаш. Суна хетарехь, ваьш дийна а долуш, туркошна хьалха а девлла, цига доьлхучул, летта далар гIоли хета суна.
– Кхин вуй ала лууш?
– Цкъа хьалха ма-хуьллу гIуллакх машаре дерзо хьовса деза, цахуьлучу далахь, дуьхьало а йийр йу-кх.
– Кхин некъ буй гайта?
– Бац.
– Ойланаша хьерадохуш лаьтта вай-м. Дахдина хIун до. Хьайн сацам схьабийца, Аьрзу.
Волавелла лела Аьрзу, саца а сецна, нахана тIевогIавелира.
– Дика ду хIета. ТIаьххьара минот тIехIотталц, гIуллакх машаре дуьйцур вай. Амма, вайн дехарш йуха а тоьхна, и туркой нуьцкъаха вай кхузара дIадаха гIортахь, дуьхьало йан лаьа-кх шуна?
– Дера, кхин некъ-м ца буьсу.
– Делахь, дан дезачух дагадевр вай. Хина тиллинчу доккхачу тIайх сехьабаьлла некъ шина лома йуккъехула схьабогIу. Шина а агIор хьаннаш йу. Хьун йу тIайл дехьахь регIаца а. Нагахь вели шен эскарца схьавагIахь, иза туьпахь тIеэца гатте йу. TIe, тIом хилахь, аьтто боцуш меттиг а нисло. Зударий, бераш, цомгашниш а кхерамна кIел буьсу. Суна хетарехь, вели а, цуьнан эскарш а кешнашна дехьа, лома кIел, шерачу арахь тIеэца беза. ГIайракх, маса говр йу туьпахь? – хаьттира цо ша цIера ваьлча туьпахь шен метта висинчу ГIайракхе.
– Йерриг а – шиъ ах эзар. ГIийланиш цхьаьна йагарйича.
– ТIамна мегарш?
– Ши эзар.
– БIаьхой, герз а мича хьолехь ду?
– Нийсса аьлча, хьо воьдуш хилларш бац бIаьхой. Дикка белла, цомгашниш а бу. ХIетте а, кегийраш а йукъаозийча, пхи эзар бIаьхо тарлур ву. Цхьана кIиранах тIом бан хIоъ-молха а ду вайн.
Аьрзус жимма ойла йира.
– ХIета, ладогIал сан омране. Вели вай тIеоьцу волчу ара, пхиппа бIе нисвеш, цхьаъ-ах эзар дошло дIахIоттаве. Уггар тоьлла говраш, андий дошлой хьалха а, агIонашца а хIиттош. Ледара говраш, гIийло бIаьхой йуккъе а, тIехьа а нисбеш. Царна тIе хьо хIоттаво, Чора. Оцу ара, хьуьнан йистаца, пхи бIе гIашло а хIоттаве. Царна тIехь куьйгалла хьуна тIе дуьллу, Мовла. Хьо, Довта, уггар дикачу говрашкахь уггар говза кхо бIе дошло эций, кешнашна сехьарчу хьуьн чохь кIелонна хаа. ТIайл сехьа ма-велли болу боьра пхи бIе дошлочуьнца ахь дIалаца, ГIайракх. Хьайн бIаьхошца, Тарам, тIай тIера схьа некъан ший а агIо ахь дIалаца. Къосам, бисинчу нахаца туп хьох тешийна йуьту. Зударий, бераш арадахий, цIано йайта. Тур, шаьлта, урс – муьлхха а герз зударийн, берийн, къеначийн а кара ло. ХIораммо а, вайна йуккъехь зIе латто, шишша стаг а къаставе суна. Нагахь туркоша цхьана стагана муьшка йахь, йуханехьа тоха. ТIом болало-кх, уггар хьалха церан йаккхий тоьпаш схьа а лаций, царна шайна тIейерзайе. Iуьйранна ас айса толлур ду аш эскарш дIа муха нисдина. Дийцаршдар Маккхална тIедуьллу. Варийлаш, доха ма дохалаш. Далар бен, кхин хила хIума дац. ХIинца шайн-шайн бIо хIотто безачу меттигашка хьовса гIo…
Туркойн йуьрта воьлла Соип, готтачу гомачу урамехула хьала а ваьлла, йоккхачу беша маьIIе кхаьчча, сихха йуьстаха а иккхина, цициг санна, керта улло дIатебира.
Тахана суьйранна талламе веанчу цо билгалйинера и беш а, цунна гуонахара тIехула кIохцалийн коьллаш тоьхна тIулгийн лекха барол а. Оцу баролал чоьхьа йара кемсийн беш. Кхузахь, Соип сецначохь, барола тIехула йехкина коьллаш ледаро йара.
Соипа сема ладоьгIура. Йижаза йара йурт хIинца а. Наггахь цунна уллохула тIехволура коьрта тиллина кIужал йолу цIен пес а, йеха коч а, шуьйра когаш болу шарбал а тIехь стаг, йуьхь къовлуш коьртах хьарчийна Iаьржа, даккхий корталеш долу зударий. ГIаш а, варрашца а.
Серло йогура беш йолчун цIеношкахь. Схьахетарехь, царна чохь вехарг хьалдолуш стаг вара. Цуьнан санна, дика а, даккхий а цIенош дацара оцу йуьртахь. Кемсаш-м кхечу бошмашкахь а йара, амма, цIа чуьра арахьаьжча, массо маьIиг гур йолуш а, кегий а. Ткъа xIapa беш, ша йоккха а, йуькъа а хилла ца Iаш, цIеношна генахула йаьржина йара.
Уллохула цхьаъ тIех масазза вели, беша эккха кечлора Соип. Амма тIаьххье кхин тата долура. Сагатдора луларчу кертахь летачу жIаьло а. ТIехула тIе, xIapa буьйса а йеанера, хIуьттаренна санна, йекхна. Чиркх санна, серлабаьлла тIехьоьжура бутт. Бацала боьжна маха а карор болуш. Цхьа хан йаьхьира Соипа цуьнга хьоьжуш. Шелахь кхетачунна санна, гIаж буйнахь жаIу вара цунна тIехь а. ТIаьхь-тIаьхьа серлайуьйлура Чухчахьера а. Дала шайтIанна кхоьссина седа а, дехачу цIоганца къага а къегина, тIепаза байра.
Йуха а хьаьвззина хьалхахIоьттира ненан сурт. Цуьнан оза йуьхь, чуэгна бIаьргаш, буткъбелла мара, дакъаделла, тIехь цIеллех хIума доцу балдаш, сихдинна доьIу са…
– Кемсаш…
И дош дара Соипна тIаьххьара хезнарг. Уьш ца кхоллуш иза йаларна кхоьрура Соип. ТIаккха ша велла дIаваллалц дагахьбаллам хир бу цунна… Тахана кху йуьртах чекхвелира иза, цхьамма кемсийн хорха кховдоре догдохуш. Цхьаммо а ца кховдийра. Биэха иэхь хетара Соипна, ткъа хIокхо хIун леладо кхузарчу адамашна а ца хаьара.
Соипа сема ладуьйгIира гуонаха. Летачуьра сеццера лулара жIаьла. Тата дацара новкъахь. Шен йукъахара ден шаьлта хецна схьайолий хьажа, баттара хьала а озийна, йуха чу а теттина, хьалагIеттира иза. Цициг санна, кхоссавелла готтачу некъах дехьа а иккхина, цхьана минотехь ладуьйгIира цо. Тийна дара. ТIаккха каде баролах хьалатасавелира иза. Ницкъ иэшначу пхьаьрсаша ца лара дегI. Халла барола тIе а ваьлла, йуха а ладуьйгIира цо. Амма хезаш хIумма а дацара, сахьто санна, цуьнан жимачу даго детталуш ден татанаш бен. ЙухавогIуш сехьавала атта хилийта, кIохцалан масех колл, схьа а йаьккхина, некъехьа охьатесира цо.
Цхьа минот йалале беша тилира Соип. Сийна тхов бина лаьттачу дитташ кIел Iаьржа бода бара, бIаьрга Iоьттина пIелг гур боцуш. Боданах шен бIаьргаш боллалц а Iийна, баттара йаьккхина шаьлта аьтту буйна а лаьцна, хьалхахьа дIаволавелира иза.
Йуьртахь хьалхара хьолада, оцу йоккхачу бешал а, дикачу цIенойл а сов, йоккха кофейни а, туька а йолуш волу Нияз-бей, ша охьавижале, бахамна гуо таса дагахь уьйтIа велира.
Бешахь хехо-м вара. Амма цунах кIезиг тешара xIapa. Кху цхьана баттахь йетт а, тIехуу дика говр а дигнера кхуьнан чуьрадаьккхина. Хехочунна наб кхетта хиллера а, йа иза, къуйх кхеравелла, меттах ца хьайнера а хаац, амма Нияз-бей дикачу динах а, аттах а ваьллера. Къеначу Узун-Бобас дуьнен тIехь мел болу дуй биира, шена наб ца кхеттера, йа оцу шина буса хIума тоса а ма ца делира аьлла. Иштта-м ца хила а мегара иза. XIapa кхуза баьхкина нохчий дуьненахь а цIейаххана мекара къуй бу. Ткъа церан майралла, бIарзбеллачу цаьрга йоьссина оьгIазалла! Бехк, дера, бац воккхачу стеган-м кхераваларх. Шайна дуьхьалойинарг, тухий, охьавуьллу цара. Иза бешан цхьана маьIIера вукху маьIIе кхачале, шайна луъург дийр ду къуйша. Бакъду, и къолаш цхьа Нияз-бей санначу таронаш йолчарна до цара дукха хьолахь. Шозза къола дича, кхеравеллачу Нияз-бейс кхин цхьа хехо а хIоттийра. Туька Iалашйан. Шингге тиша тоьпаш а йелира. Мацах оьрсашца тIом болуш карайаьхкина, деш дезар доцуш хьешан цIа чохь пенах кхазош йолу.
Туьканан хехо Юсуф-боба, шен топ пхьаьрса кIел лаьцна, волавелла лелаш карийна, йуха керта веана Нияз-бей, дихкинчуьра жен-жIаьла схьа а даьстина, цуьнан коча тесна бахтар буйна а лаьцна, беша велира. Кемсийн таьллангашна тIекхочуш, ши лерг дуьйлина ла а доьгIна, цкъа-шозза гIалх аьлла, хьалха дIагIоьртира жIаьла. ДIахьажавеллачу Нияз-бейна кемсийн таьллангашна кIел беттасан серлонехь баролехьа дIадедда жима гIаларт гира. ЖIаьла дIа а хецна, кемсашна гIортийна хьокха катоьхна схьа а баьккхина, тIехьаьдира Нияз-бей.
ХIетта ша баьккхина ши кан дерзинчу дегIа тIе дуьйхинчу чоин чета а таIийна, кхозлагIчунна тIе куьг хьош воллучу Соипна шена ткъех гIулч генахь стаг гира хьалхадаьккхина, борз санна, жIаьла а долуш. Царах бIаьрг ма-кхийттинехь дIаиккхина Соип ша сехьаваьллачу кевнехьа дIахьаьдира. ДIаводдушехь цхьана гIорторах йуьхь кхеттачу цуьнан бIаьргех суйнаш тесира. Атайеллачу кемсийн мутт дегIа тIехула охьадоладелира. Амма Соип дIауьдура. ГIорторех тийсалуш. Са масазза доIу, гергагIертара тIаьхьауьдучу жIаьлин дера гIовгIа. Соип, баролна тIекхаьчна, хьалатасавелча тIекхеттачу жIаьло, пхьид йолччуьра ност лаьцна, охьавожийра. Ност дIа а хецна, жIаьла шуьйра бага а гIаттийна, къамкъарг лаца чукхоссаделча, шен берриг ницкъ гулбина, деган Iайге шаьлта йахийтира цо. ЖIаьла, гIийла IанцI дина, охьа а доьжна, мийраш а хьаькхна, дIатийра. Сихха схьайаьккхина шаьлта батта а йоьллина, чирах хьалатасавелира Соип. Амма жIаьлин кIомсарш йаханчу настаро аьллар ца дора. ТIехула тIе, xIapa кевнна тIе а ца нисвелира. Ша тилавеллийла хиъна Соип, йуха а ваьлла, дIасахьаьжира. Ков аьтту агIорхьа дара. ГIогI текхош, цигахьа дIахьаьдда иза цхьана чIогIачу куьйго вортанна тIера дIалецира. Хаьара, хIинца виэн ца вехь а, лечу хьола тIе валлалц шена йеттар йуйла. Иштта лецна бераш дойъий йа, йеттий, эрчадохий карадора. Валарх а, йеттарх-м а ца кхоьрура Соип. Цул тIаьхьа нанас хIун дийр ду? Иза-х йалла йоллу. Метта кIегар ца хаало. Цунна хи дала а, цIано йайта а стаг ма хир вац. Иза тойала там бара, xIapa кемсаш кхаьллича…
ЦIеххьана тохавелла, туркочун карара а ваьлла, акха цициг санна, дера шаьлтанца чукхоссавала кийчча, баролах букъ тоьхна, дIахIоьттира Соип. Нияз-бейс шена тоха хьокха айъича, шаьлта ластийра кхуо. Амма иза цо дуьхьаллаьцначу хьокханах кхийтира, Соипан пхьаьрсе зуз хьодуьйтуш. Йуха шаьлта ласто кхиале, коьртах кхеттачу хьокхано вожийра…
Кхузахь гIовгIанаш йевлча, хьаьдда схьавеана Узун-боба Нияз-бейна тIенисвелира, шаьлта карахь иза шен жIаьлина гуонаха хьийзаш.
– Бей-эфенди, хIун ду кхузахь хилларг? – хаьттира цо.
– ХIун ду? Хьо кIилло малонча хилар ду-кх, – оьгIазе човхийра иза вукхо. – Са дIадаьлла. Оццул нисделла жIаьла. КIеза долуш эцнера ас xIapa ши лира а делла. НеIалт хиларан карах дели-кх. У, атабсыз ит оглы!
– Хьан дийна xIapa?
– Оцу нохчочо, – цIеша вуьзна Iуьллучу Соипна тIе пIелг хьажийра Нияз-бейс.
Узун-бобина хIинцца бен ца гира иза.
– TIeгIой, хьажал, цунна хIун хилла, – омра дира Нияз-бейс.
Узун-боба, ларлуш тIе а вахана, шен беха букъ саттийна, кIантана тIе охьатаьIира. КIант меттах ца хьара. ДIаIоьттина куьг тIуьначу чоьшна йукъа дахара. Кагйинчу коьртан туьтанах чу куьг диллал йоккха чов йара. Узун-бобас меллаша карчийна аркъалваьккхира кIант. Озачу йуьхьа тIера цуьнга хьуьйсура, ангали санна, хIиттина кегий бIаьргаш. Некха тIе лерг диллина, лазийначо садоIийла хьаьжира Узун-боба. Ца доIура. ДIа меттахъхьадича, дегIа чуьра са дIадаьллийла хиира цунна.
Узун-бобин къамкъарге шад хIоьттира. Къеначу бIаьргаш чохь гулделла хиш, лешаш, халонаша аьхначу йуьхьа тIехула охьадуьйладелира. Оцу минотехь цунна хьалхахIоьттира цуьнан хенара шен кIентан кIант. И санна, жима, оза. ТIаьххьара оьрсашца хиллачу тIамехь веллачу шен цхьаъ бен воцчу кIентан висина цхьа кIант. Бежана санна, схьа а лаьцна, хьалха а ваьккхина вигна, тIамехь вийра цуьнан кIант. Хьенан, стенан дуьхьа? Къеначу Узун-бобина-м ца оьшура и тIом. Цунна-м бIаьрга а ма ца гинера и оьрсий. Йа Узун-бобин а, йа цуьнан кIентан а ма дацара цаьрца декъа а, даккха а хIума.
«Миска, мацалло валийна хилла-кх xIapa кху беша, – ойла йора нохчочун кIентан четахь кемсийн кан гинчу цо. – Миска. Соьга мохь хIунда ца тохара ахь, Узун-боба, кемсаш лохьа суна аьлла? Ас лун йарий хьуна уьш, кху хьакханах лачкъийна. Ши куьг лехна вуьсийла хьуна тоьхнарг…»
– ХIун хилла цунна? – мохь туьйхира Нияз-бейс.
– ХIара-м… xIapa-м велла, бей-эфенди…
– Жоьжахатин цIергахь вогийла иза! Мел дика хир дара, уьш массо а иштта велла Iиллахьара. Вало, чехкка гIой, Юсуфе схьакхайкхал!
Къена Узун-боба, шен дагахь кхунна неIалт а кхайкхош, букархьаьвзина, бодашкахь къайлавелира. Ша барта хIуъу дийцахь а, кхеравеллачу Нияз-бейн дог а дара кIилло детталуш. Баккъал а, оцу нохчашна xIapa кIант хьан вийна хаахь, къинхетаме догдохуьйла йац. Масаннех цара бекхам иэцна меттигаш йу. Цхьа сацам тIеэца ойла йеш, схьавеанчу шина воккхачу стаге вист ца хуьлуш, вехха лаьттира иза.
– Хезий шуьшинна? – эххар цаьршинна тIевирзира Нияз-бей. – Эвлал ара а ваккхий, луьста коьллаш йолу меттиг лахий, бердах кхосса и йилбаз. Iуьйранна сан жIаьла лаьттах а долла. Ма дукхадезара суна xIapa, – охьа а лахвелла, жIаьлин коьртах куьг хьоькхура цо. – Мотт цабийцар бен, шега дIааьлларг хаьара…
Баккхий нах бист ца хуьлуш лаьттара.
– Шу стенга ладоьгIуш лаьтта? – човхийра уьш бейс, хьала а гIеттина.
Узун-боба, йерриг майралла а гулйина, вистхилира:
– Бей-эфенди, иза муха дийр ду? Вай санна, бусалба адам ма ду и миска…
– Ткъа хьуна хIун лаьара? – мер кIел веара Нияз-бей. – Кхана йуьртара дерриг адам, туьпара нохчий схьа а бехна, caгIa а доккхуш, ас иза дIаволла лаьара хьуна?
– Оцу жIаьлел оьшу-те xIapa?.. ДIакхуссучул, тховса, цхьанне а ца хоуьйтуш, бусалба динехь лаьттах воьллича…
– Сацийта! – накъостехьа гIо даккха гIоьртина Юсуф-боба човхийра Нияз-бейс, тIаккха ма-хуьллу эсала тIетуьйхира: – Iовдал ши туьллик, нохчий ца бевза шуьшинна? Нагахь xIapa гIуллакх хаалахь, вай кхоъ хьовха, вайн цIера доьзалш а бойъур бу цара. Суна-м бен дац, кIелхьарвала некъ бу. Сан бахам Iалашбеш ши хехо ву, суна хIумма ца хаьа аьлчахьана волу. Ткъа ашшимма хIун эр ду? ХIуъу аьлча а, шуьшиннах мила тешар ву? Къена ши вир! Лаьий шуна – шайн цIа вига, лаьий – дIакхосса. Суна хIумма ца хаьа, со, наб кхетта, меттахь Iуьллуш вара!
Нияз-бей дIавахча, лохха къамел долийра баккхийчу наха.
– ХIун де вайша, Юсуф-ага?
– Хаац, Узун-ага, таро йоьхна сан. Хьуна хIун хета?
– Оцу хьакхано хIуъу дийцахь а, бусалба динехь лаьттах волла веза xIapa.
– Кхиахьара. Буьйса йоца ма йу. ХIинца вайша белаш, зIокберг лехна, лами беана, xIapa а эцна йуьртах валале, хIун хир дац. TIe, каш даккха а деза, – ша-шега луьйра Юсуф-боба. – Сатассалц ваьшшинга далург дер вайша. Ас, вахана, бел, зIокберг йохьу, ткъа ахь лами ба. Кху бешахь стоьмаш кIел хIоттош жима лами ма хуьлура шун.
ТIаккха, Соипна тIе а вахана, голаш тIе охьалахвелира иза.
– Мисканиг-йаI, шу бераш мукъана а мича таIзарна леладо-те даймахках а даьхна? – кIентан бесни тIе куьг хьаькхира цо. – Дала хьукма дойла-кх хьо вийначунна, шуна а, тхуна а тIехь xIapa Iазап латточарна!..