bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

3

Дозанал дехьахь Воккхачу Эло Михаил Николаевича кхидIа а йаздора шен веше Александре II-чуьнга:

«…Кху сохьта и кхелхинарш Саганлугехула кIегарбуьгуш бу. Вайн комиссаран бертахь, йовхо тIекхаччалц аьлла, Карсан а, Ольтински а пашалыкашкахь цомгаш, гIелбелла цхьа бIе везткъа доьзал битна…

Кхелхинарш вайн дозанашкара йухаберзо эскарш хьовсорца цхьаьна, цара лакхахь йийцина талораш дарна, шайна луъург лелош хиларна, цаьргара герз дIаэца сацамбира туркойн Iедало.

…Мушехь, вайн дозанехь хиллачу гIуллакхех лаьцна болчу хаамашца цхьаьна инарла-адъютантера Игнатьевгара сан гIоьнчане хаамаш кхаьчна, оцу гIуллакхаша Портин Iаламат чIогIа са а гатдина, Мушана а, Эрзерумна а тIе мехкан массо маьIIера, столицера а цхьаьна, эскарш а оьзна, кхелхинчарна тIе шен зуламе Iаткъам ца байта, Кундухов, кхайкхина Константинополе дIа а вигна, цигахь цунна кхин декхарш лур ду. Нохчаша цигахь лелочу гIуллакхаша дерригенах а догдаьккхинчу Портас, нохчий хьовха, уьш-м хьехочохь а дацара, муьлхха а кавказски ламанхой Турце тIеэца дуьхьало йо бохуш. Цундела, цигахь хIоьттинчу хьолан ойла а йина, ас сацамбина, тIедогIучу шарахь кхалхо билгалбина нохчий цкъачунна ца кхалхош совцо…

Кавказски Эскарийн Коьртакомандующи

Инарла-фельдцехмейстер – Михаил»

№ 1874, 28 декабрь, 1865 шо

* * *

Оццу хенахь Турцехь кхечахьа шайга хIоьттинчу бохамах лаьцна тIаьхьо Тарама шен йуьртахошка йаздора:

«…Iа гергагIортарна, Мушехь тхайх нийсса ах адамаш хIаллакьхиларна, дерриг ца леш кIелхьардовладаларга дог даьхна, Моско-паччахьан мехкан дозанашка дуьйладелира тхо. Цигахь туркойн эскарш дуьхьалдевлира тхуна, шина а агIорчех дикка адамаш дайъира. Эххар а, тхуна дуьхьалваьллачу Эскар-пашас, меттигера бахархой тхох кхоьру аьлла, бахьана а хIоттийна, Мушехь а, Гасан-ГIалахь а герз дIаийцира тхоьгара. Тхайгара герз дIаоьцурш бусалбанаш ца хиллехь, царах лата дино тхаьшна бакъо луш хиллехь, оха иза дIалур дацара, тхаьш дерриг делла дIадовллалц. ТIаккха тхо дIасадаржийра – Диарбекирей, Чабакчарей, Мушей, Гасан-ГIалий, Эрзерумей…»

* * *

Цул тIаьхьа йалх шо даьлча, лечкъина даймахка цIа вирзинчу Маккхала Бенахь шен бIаьхаллин накъосташка дуьйцура:

«…Тхо Хонкара кхаьчна дукха хан йалале, докъар а, дажо мохк а ца хилла, мацалла делира тхан даьхний, бераш мацалла ца далийта гIерташ, тхешан сал-пал йоьхкина кхачийра оха. Хьалхарчу деа шарахь туркойн Iедало дама а, цкъацкъа дуга а лора тхуна, амма иза тхуна логах тоххал а ца хуьлура. Халла луш долу иза а сацийра тIаьххьарчу шерашкахь. Мангало буц санна, хьоькхура тхо мацаллой, уьной, махкаллой. Туркойн Iедалан омрица эзар стаг волуш Диарбекирерчу нохчех дошлойн бIо вовшахтуьйхира. Цуьнан эзарнча хIоттийра аьрстхойн йуьртден Цугин Iелаханан вешин кIант – шовзткъа шо хенара Шамхалбек. Оцу хенахь Iаьрбийн махкахь хилла гIаттам хьошуш дакъалоцуш бара Диарбекирерчу нохчийн и бIо а…»

Нийсса бIе шарахь ша мерза сатийсинарг, кIезиг хиллехь а, кхочушхилира Оттоманан Портин! Амма иза, кIезиг хилла ца Iаш, дуьххьарлера а, тIаьххьарлера а кхиам бара цуьнан…

Хьалхарчу книгин чаккхе.

1962–1970.

Мескита – Москва – Мескита

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru