bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

XII корта. Диванехь

«Кавказехь бечу тIамехь вай дIакхоьхьучу некъашна дуьхьал хIинццалц гIеттинарг со дуьххьарлерниг а, цхьаъ а ву. Цундела xIapa край йита дийзи сан. Кавказехь вай дечу гIуллакхаша дагабохкуьйту испанцаша Америка дIалоцуш йуьхьанца хилла берриг а бохамаш, амма кхузахь суна гац и дIалоцуш Писаррон, Кортесан хилла кхиамаш а, турпала хьуьнарш а. Оцу мехкашдIалецархоша испански истори тIехь йитинчух тера цIийн лар ма йуьтуьйтийла Дала Кавказ дIалацаро оьрсийн истори тIехь».

Инарла Н. Н. Раевский

1

Нохчмахка.

Иттаннаш шерашкахь бахбеллачу Кавказан къизачу тIеман историна йукъайахана иза «Ичкери» хилла.

Мансур коьртехь волуш хилла антиколониальни болам чекхбаьлча, цуьнан меттиг дIа а лаьцна, нохчий, гондIара халкъашший цхьаьна а тоьхна, паччахьан Россина дуьхьало йан гIоьртинчу Таймин Бийболатан коьрта гIортор а кхузахь йара.

ГIеза-Махьмин заманахь кхузахула цIарций, туьрций дуьххьара чекхваьлла инарла барон Розен I-ниг.

Шемалан имамаллин хьалхарчу шерашкахь цунах дIакхеттарг а йара Нохчмахка. Ахульгохь вохийна, Дагестано дIатесна, цигара ведда Шемал, ма-ваггIара веана кхуза, Бена, хьошалгIа иккхира. Кхузара бара цуьнан гIарабевллачех цхьаболу наибаш – цIонтаройн ШоIип, ДаьргIара Жовтха, Веданара Эдал, бенойн БойсагIар, аьккхийн ГIойтамар, Уллуби, курчалойн Ботукъа, СоIду, нойбоьрахойн Эски.

Кхузахь 1842-чу шарахь цхьана дийнахь хIаллакьхилира инарла Граббен эзар ворхI бIе салти. Цул тIаьхьа кхо шо даьлча, кхузахь хIаллакьхилира «Сухарни экспедици» аьлла историна йукъайахана эла Воронцовн поход а. Цул тIаьхьа догIучу пхийтта шарахь оьрсийн салтичо ког ца биллира цига, Шемал йийсаре воьду шо кхаччалц.

XIapa йара, паччахьан эскарша Нохчийчоь дIалаьцча а, къар ца луш, дуьхьало йийриг. XIapa Бена йара БойсагIар коьртехь хиллачу гIаттаман центр.

Кхузара дIаболабелира цул тIаьхьа шийтта шо даьлча хилла Россехь тIаьххьара а боккха ахархойн болам – симсархойн Iаьлбаг-Хьаьжа коьртехь волуш хилла гIаттам а.

Кху Бенахь йара тахана кечбечу керлачу гIаттаман къайлаха центр.

Яьссиний, Ямсуний йуккъехула охьадолчу дукъах малхбузехьа дIакъаьстинчу ТIерг-Дукъан шина агIон тIехь къеначу хьаннашна йуккъехь йаьржина Iохкура бенойн кIотарш. Дукъа тIе а йолуш, цуьнан къилбаседа агIон тIехь Iуьллура нохчийн уггар ширачу йартех цхьаъ – къармазе Бена. Йуьртахь урам бацара. Хьуьн чохь маьI-маьIIера схьакъедара гIийла серлонаш. Кхузахь тийна дара, йерриг йурт, чIогIа наб кхетта, йижина Iуьллуш санна. Наггахь маьI-маьIIехь хезара жIаьлийн дера летарш.

Буьйсанан шина беречо, йуьрта чувулуш, дой а совцийна, гуонаха бIаьрг туьйхира. Кхузара дIахьаьжча гора охьа чохь, Яьсси йистерчу шерачу экъан тIерачу Бенойн-Веданахь а, дехьо лакхахь, ДаьргIахь а, цунна тIехула aгIop дукъаца ЦIоьнтарахь а йогу серлонаш. Кхузара дIахьаьжча, керайуккъехь санна, гора гIордалойн а, зандакъойн а кIотарш.

Жимма цигахь сецна, дIаволавелла ши бере, эвлан йистерчу цIеношна тIекхочуш, Iин чу воьссича, хIетта сенарш даха йоьллачу хьуьн чуьра схьа лохха аз деара.

– Муьлш ду шу?

Шина беречо, доьхкарех йохку тапчанаш схьа а йаьхна, зIакарш кIегархIиттийра.

– Нохчий ду, – жоп делира хьалха воьдучу Аьрзус.

– Шуна хIун оьшу?

– Маршо.

– Ца хилахь?

– Iожалла.

Хьалхалаьцна тоьпаш йолуш хьуьн чуьра араваьлла ши стаг, тIе а веана, леррина хьаьжира берешка.

– Мичара ду шу?

– Гати-Юьртара.

– ХIокху стагана тIаьххье дIагIо.

Готтачу гIашнекъашкахула, беттасин серлонехь тIера мехкадаьттанан бIаьргаш лепа тийна Iаннаш хедош веана, эххар а йуьртан дехьа йистехь цхьа лаьттачу цIенна гергагIоьртира ши бере. Шина Iина йуккъехь лекхочу гу тIехь лаьттачу оцу цIа чуьра гуш серло йацара. Iинах чубиссича, дуьхьалваьллачу кхаа стага йуха а совцийра хIорш.

– Муьлш ду шу? – хаьттира воккхачо.

– Нохчий.

– Шуна хIун оьшу?

– Маршо.

– Ца хилахь?

– Iожалла.

– Чекхдовлий, чугIo. Некъ маьрша бу шуна.

ХIорш кетIа кхаьчча, кхеран говраш дIалецира герзаца кечвеллачу шина жимхас. Кертал арахь гуш адамаш а, йа говраш а йацара. Мотталора, хIусаман дай, чIогIа набарш кхетта, бийшина Iохку. Амма чуваьллачу кхушинна чоь йуьззина нах карийра. Салам делла, дуьхехь болчаьрга куьйгаш луш, маршалла а хаьттина, царна йуккъе охьахиира и шиъ. Терхи тIехь кIур туьйсуш богура чу Iаьржа мехкадаьтта доьттина, чу тIелхигаш йухкуш бина кхийра чиркх. Боданах бIаьргаш боьлча, цаьршинна гира кIуьро Iарждина, сегIаз хьаькхча санна, къиэга дерзина шога пенаш. Ледара хьаьхначу дуьйцинчу царах, дуьхьало йоцуш, маьI-маьIIехула чу мох хьоькхура. ЦIа чу воллучохь пенах тоьхначу дечиган стоммачу хьостамах хьала а тесна кхозура неIаран метта оьллина тиша палс. Махо чутоьттуш, араийзош, лоьлхуьйтура кегийчу корашка диттина стерчийн дуткъа ахкаргаш. Пенийн баьрчера ога лоцуш тоьхна доккха къорза истанг дуьзна морзахдохуш оьхкина кхелина герзаш. Товханахь стоммачу зIенах кхозучу боккхачу цIестан йай чохь, Iаь туьйсуш тIекIелдуьйлуш, кхехкара дерстинчу жижиган тIассаш.

ЦIенкъа даржийначу истангашний, кхекхашний тIехь, настарш кIел оьзна, хевшина Iара нах. Баьрчера меттиг дIалаьцнера баккхийчу наха. Царна йуккъехь вара бенойн Солтамурд, регIатIойн Болатха, зандакъойн БIагIало, зумсойн Залма. Дуьхехь болчу нахана йуккъехь хевшина а, хIиттина а бара Залмин Дада, цIонтаройн Сулима, шелахойн Берса, гунойн ГIубха, Майртуьпара Муслойн ШоIип, Iаьларойн Тозуркъа, бенойн Сулима-Хьаьжа, Сайдул-Хьаьжа, харачойн Тоза а.

Солтамурде лохха масех дош аьлла, ламаз кхайкхийра Болатхана. ЦIенкъа йаржийначу хьардаш тIе тийсинчу кхекхашна тIехула шайна тIера схьадаьхна чоэш а, гIовталш а йаржийна, Болатханна тIаьхьа ламазна хIиттира нах.

– ХIай-йоIалассалат, хьай-йоIалапалат… – дуткъачу озаца ламаз дихкира Болатхана. – АллахIу-акбар…

– АллахIу-акбар!.. – имамна тIаьххье суждана вахара ткъех стаг.

Дехха масех ламаз диначул тIаьхьа, пIелгашца а, пIелгийн голашца а дагардеш, къулханаш дешна, доIина куьйгаш лецира Болатхана.

– Субхьана раббика, ва раббил Iиззати, Iамма йасипун. Васаламу Iалал мурсалийн, валхьамду лиллахIи раббилIаламин…

Массара доIанна куьйгаш хьалалецира.

– Йа АллахI, хIай веза Дела, оха диначу ламазан, дешначу къулханийн, диллинчу салаватан мела хьалха Элчанна, тIаккха цуьнан асхьабашна бели оха. Элчанан а, асхьабийн а карахула и мела массо эвлайаашна а, устазашна а бели оха…

– Амин!

– АллахIу аммин!

– Йа АллахI, хIай тхан сийлахь Дела, цаьрга кхаьчна бисина мела кху декъазчу тхан лаьмнашкахь дийнал-ислам лардан гIepташ, Пайхамаран, эвлайаийн цIераш йохуш, керстанан Iазапах халкъ лардеш, леташ беллачу тхан дайн, нанойн, йижарийн, вежарийн, доьзалийн синошка кхачабелахь…

– Амин!

– АллахIу аммин!

– Йа АллахI, хIай воккха Дела, оха дагалаьцначу гIуллакх тIехь тхо йуьхькIай делахь, и кхочушдан тхуна ницкъ лолахь, керстанан Iазапах тхо хьалхадахалахь.

– Амин!

– АллахIумассали Iала, Мухьаммади ва Iала, али Мухьаммади васаллим. Патихьа.

ХIораммо а шабарца бисмилла а дешна, куьйгийн керайаккъаш йаххьех хьаькхна чекх а йаьхна, шаьш тIера схьадохуш ламазна тийсина шайн миска барзакъаш сихха тIедуьйхира.

ХIорш ламазаш дина ма-бевлли, чувеанчу шина жимхас товханара схьаэцна йай, кIай чухула хьокха а баьккхина, айъина дуьхе чубаьхьира. Дукха хан йалале хьешашна хьалхахIиттийра даарх дуьзна шаннаш.

2

Аьрзунан дуьйлинчу тIемех тера шуьйрачу хьажан цхьацца aгIop декъаделла, гIеххьачу мекхашка гIоьрташ месала, даккхийчу цIоцкъамашна бухара схьахьоьжу Солтамурдан майра ши бIаьрг, массо зуьйш санна, кхерстина, нахана тIехула чекхбелира. Цунна шера вевзара царах xIop а. Уьш цуьнан бIаьхаллин накъостий бара. Массарна резахилла, шен даккхийчу, хьаьрсачу мекхех куьг хьаькхна, йайн йовхарш тоьхна, кхеташо йолийра цо.

– КIентий, цхьа-ши стаг воцург, дерриг схьагулделла вай. Кхин ладегIарх, буьйса йалар бен, тIекхета хIумма а дац. Кхеташо дIайолийча, бакъахьа хета суна. Аш хIун олу?

– Бакъахьа ду, – хезира йукъ-йукъара.

– Делахь хIета, шун пурбанца вешан гIуллакх дIадоладо вай. Махкахь тахана хIоьттинчу хьолах лаьцна доцца дийцар доьхур ду ас Барзин Рохьмадан Берсе. ТIаккха кху чохь волчу хIораммо а шена хетарг эр ду кху шина гIуллакхах лаьцна. Хонкара кхелхачу нахана хIун де вай? – Цхьаъ. ШолгIа – Iедална дуьхьал кху бIаьста тIом болабо вай йа цхьана аьттонга дIатотту иза? Къамелаш доцца хила деза. Амма, Берсас къамел дололе, хаттар ду нахе. Вуй шуна йуккъехь даг чу йамартло, кIиллолла йоьлла, шалхонца ойла йолуш веана стаг?

– Вац.

– Нагахь ишттаниг велахь, меллаша аравала.

– Вац, Солтамурд, вац.

– Делахь хIета, Берса, хьуна пурба ду-кх дашна.

ХIума йуучу хенах пайда а эцна, шен доттагIашна – Аьрзуний, Маккхалний – уллохь дIатарвелла Берса, хьала а гIеттина, цIенкъа йуккъе велира.

– Вежарий! – лоххачу озаца долийра цо шен къамел. – Кху шарахь нийсса дезткъа шо кхечи вайн къомо Россина дуьхьал шен маршонехьа къийсам латто. Дезткъа шо кхечи нохчийн лаьтта тIехь Iоврашха хаддаза цIий Iена. Дезткъа шарахь лийтира вайнах шайн мохк, доьзалш, хIусамаш, дин лардеш. Оцу тIамо ах хIаллакдина вайн жима халкъ. Цхьа а йурт йац Нохчийчохь масехазза йагоза, кхалхоза. Цхьа а доьзал ца бисина цо наной, йижарий белхоза. ХIинца а кIур туьйсуш лаьтта йагийна вайн йарташ, бошмаш, хьаннаш. Кешнаш санна, шийла, тийна лаьтта чуьра адамаш хIаллакдина байлахь йисинчу йартийн херцораш, даьгна цIийделла, кIуьрзаша дуьзна пенаш, ирахь доллушехь дагийначу диттийн гIаддаш, Iаьрбийн махкахь махо йаржо гIум санна, мох баьлча лаьттара гIуьтту йаьгначу йартех, хьаннех йисина йукъ. Вайн халкъ лийтира, оьрсийн паччахьна кIелдаханчу вайн луларчу къаьмнашна тIехь латто Iазап, харцо гуш, и шиъ тIелаца ца лууш, даим а санна, маьрша даха лууш. Амма вайн жимачу халкъан ницкъ ца тоьира дуьненахь а нуьцкъалчу, къизачаралахь а къизачу оьрсийн паччахьна тIехь толам а баьккхина, вешан мохк, вешан маршо ваьшкахь сацо. Вайна тIехь герзаца толам баккха шайн ницкъ а ца кхаьчна, цара, йарташ, хьаннаш, йалташ сийначу цIарах дагош, зударий, бераш хIаллакдеш, мацаллица гIелдина, кIелсовций вай. Вайгара уггар тоьлла, токхе латта дIа а даьккхина, Iедало оцу тIе гIалгIазкхийн йарташ, гIаьпнаш йоьгIна. Тахана дIа ког мел баьккхинчохь карадо сийлахьчу гIазотехь, мацалло, шелоно, шаьш бинчу йарташна генахь байъинчу вайн дайн, йижарийн, вежарийн, кIентийн кешнаш. Церан цIийца хьандина, церан даьIахкаша къарздина вайн мехкан латта. Вайн вежарийн даьIахкаша дуьйдина Сибрехан латта.

 

Йуьхьанца лоха доладелла Берсин аз, тIаьхь-тIаьхьа стамлуш, стелахаьштигах къекъа дуьйлира. Оза йеха йуьхь, йогучу цIар тIе хьовзийча санна, цIиййелира, оьгIазлонах буьзна цуьнан эсала Iаьржа ши бIаьрг ткъесах къегара. Чохь болчу наха тийна ладоьгIура цуьнан доккхачу къамеле.

– Оцу инзаречу ницкъана вай кIелсевцира, дерриш хIаллак цахилархьама. Вай кIелсевцира, паччахьан инарлас ваьшца бинчу машаран бартах тешна. Амма, шаьш вайн хIусамашка кхаьчча, цара стешха бохийра и барт. Шаьш дIадаьккхина латта вайна йуха-м муххале а ца дерзийра цара, мелхо а, вайн карахь дисинарг а дIа а даьккхина, шайца цхьаьна вайн цIий Iенийначу, вайн халкъана йамарт хиллачу писашна совгIатана дийкъира. Мацалла лечу, дерзина лелачу вайга теттина йасакх йийхира, арен тIе ваьлла стаг, сийсазвеш, ца вуьту, кху хьаннашкахь, чIажашкахь йиэка цара вайна нанна хьежо йаппарш. И Iазап, и харцо, и сийсазалла ца лайна, гIевттина вай цIийлахь лийчийра. Шайн къизачу урхалли кIел вай ца совцийла хиъча, Iедална дагадеара, кху махкара ах бахархой Россех а кхалхийна, бисинарш, йуккъехула боькъуш, лаьмнашцара йарташ аренца йолчех къастош, вайна йуккъе кхин а гIалгIазкхий ховшо, Соьлжа-ГIалара хьала Ведана а, Органца Шуьйта кхаччалц а гIаьпнаш йогIа, кхузахь бисина нохчий, шайн ирачу мIарашна йуккъе къевлина, совцо. Церан и Iалашо кхочушхилахь, вай пхеа декъе декъало, вовшех а, арахьарчу а орцанах а хеда.

– Хьий, Делан мостагIий, йаI!

– Вай, жа санна, дIаса а лоьхкуьйтуш, Iийр ду моьтту царна!

– ЛадогIа!

– ХIан-хIа, и ца моьтту Iедална, – кхидIа къамел дора Берсас. – Царна хаьа, вай дуьхьало йийр йуйла. Цундела церан Iалашо йу, кху чу эскарш а оьзна, вайна йукъара тхьамданаш леца а, вайгара герз дIаэца а, цхьа карзахе берш, салт а баьхна, Россех дIабига а, ца хуьлучу далахь, и шайн Iалашо нуьцкъала кхочушйан а. Оцу иэрчонах вай хьалхадаьхнарг цхьаболу нах Хонкара кхалхар йукъадалар ду. Шуна ма-хаъара, дуккха а адам ду цига кхалха кечлуш. Цигахь шайна йалсамани хир йу моьтту нах галбевлла. Цигарчу бусалба туркойн Iедал, оьрсийнчул башха, къинхетаме дац. Цига кхелхина эдагий мацалло а, цамгарша а хIаллакбина. Мацалла ца далийта, шайн бераш духку цара. Шаьш йолах туркойн эскаре хIуьтту уьш. Даймахках хаьдда, цIа-цIе доцуш, сагIадоьхургаш санна, буьйлабелла лела уьш. Изза дакъа ду цига бахча вайнахе кхочудерг а. Амма мацалло а, къоьлло а бIаьрзе биначу вайнаха дIаэцац шайна ло хьехар. Уьш кхелхачуьра совцо ницкъ бац вайн. Иштта ду, вежарий, тахана вайн махкахь хIоьттина хьал. КхидIа ваьш ден долчух цхьа сацам бан беза вай тховса.

Берса шен метте охьахиира. Цхьа хан йелира цхьа а вист ца хуьлуш. Шена улло а деана, цIоганах хIоз бина, букъ саттийна, хур-тIур деш, настарх хьекхадала доьлла месала кIайн-къорза цициг кара а эцна, цуьнан букъа тIехула шен доккха, онда куьг хьоькхуш, и хьеста вуьйлира Солтамурд. Оцу минотехь цуьнан йуьхьа тIехь ца дисира хьалхалерчу буьрсаллех хIума. Хеталора, цуьнан къеждала доьллачу дуькъачу мекхашна бухара стаммий балдаш хьовха, дукъ сеттина боккха мара а, дуьхьалдирзина даккхий лергаш а эсала доьлу. Майрачу бIаьргаш чохь гора къинхетаме йовхо.

Сихдинна суьлхьанаш дохуш, шабарца «ЛаилахI иллаллахI» дора, голаш тIе шалха а вахана, шена хьалха цIенкъа ши бIаьрг боьгIна сецначу къоьжачу Болатхана. Цхьаъ ала ойла хилла, йовхарш йетташ, ша Iаччохь меттахъхьера Залма.

– Ас ала мегар дарий? – хаьттира цо эххар, цхьа а вист ца хуьлийла хиъча.

Цициган букъа тIехула дIахьо куьг саца а дина, Залмега хьаьжира Солтамурд.

– Алал, Залма.

– Вай сихха гIаттам болийча, адам Хонкара кхалхар йукъахдиса мегаш хетара суна.

– ХIан-хIа, тIом хьехочохь дац вай, – йуха а хьалагIеттира Берса. – Цкъа-делахь, Хонкарахь шайна Дала лур ду моьттуш, цига садахана Iен нах цхьаьна а тоьхна, Iедална дуьхьалбаха хала хир ду вайна. ШолгIа-делахь, кху некъехь Нохчийчу керла эскарш далийна Iедало. Зингатийн туьйлиг санна, салташа сийсайо Нохчийчоь. КхозлагIа-делахь, вайн тIеман баьччанех нийсса ах дIадаханчу шарахь лецна, хилларг ца хууш, Сибрех бу. Нагахь ши-кхо шо хьалха толаме вайн догдохуьйла хиллехь, иза дIайаьлла. Польшера тIом чекхбаьккхина, оьрсийн муьжгийн дуьхьало кагйина, уьш а дIатебна. Кхечу мехкашца йолу йукъаметтигаш Iаламат дика йу Россин. Цаьрца кесталгIа тIом гуш бац. Цул сов, кхаьънаш, чинаш, совгIаташ луш, вайха нах шайгахьа а баьхна, вайна йуккъехь шена гIортораш йина Iедало. Хьалхалера барт бац тахана вайлахь. Вайн гIаттам бутт балале чекхбер бу, вай хьаьшна дIа а дохуш. ТIаккха, цкъа-делахь, Iедална кийча бахьана хуьлу вай махках даха, шолгIа-делахь, и дан атта а хир ду цунна.

– Ткъа хIун де вай? – хьалаиккхира векъана веха харачойн Тоза. Берсина тIекхета санна, ши куьг хаьн тIе а хIоттийна, массо пха а буьйсина, лаг дахдина, хьалха а кхевдина: – И дан а, важа дан а мегаш ца хилча, вай стенна гулделла кхуза? Лахь – лийр ду-кх. Дала гIo дийр ду вайн! Кханнехь орца ала деза массо маьIIе! Котам хилла вехачул, нIаьна а хилла валар гIоли йу!

– Тоза, хьо сих ма лолахь, – сацийра иза Маккхала. – Дала гIo дийр ду аьлла, стохка Iай Шелахь паччахьан эскаршна чухьаьлхинчарна хилларг сиха дицделла хьуна. Ахь оцу шайн aгIop нахалахь беш болу кхайкхамаш хезаш, хьуна резадоцуш Iа тхо. Царах зулам дер ду нахана.

– Хьо хIун ала гIерта? – шаьлтанан макъарна тIе ка а диллина, Маккхална тIевирзира Тоза.

– Сих ма ло, ала гIертара со-м. Сихо дика йац. Деш дерг, вовшех дага а девлла, дан деза.

– Маккхал бакълоь, Тоза. Охьахаал. Кхин вуй ала лууш? Вай хIун дича бакъахьа хета шуна? – хаьттира Солтамурда, шен ирачу хьажарца Тоза охьа а лахвина.

– Со охьа-м хуур ву, амма со бакъ-м лоь! – ша волччуьра схьалоьра Тоза. – Хонкара кхелха нах совцалур бац бохург дош ду ткъа? Царна хьалхаваьлла воьду Алхазан Муса а, Iуспанан Сайдулла а, IалгIуло а, Боташ а, Хьаьдас а, ЖанарIели а – и цхьа масех стаг вийчахьана, цIахь бисиний бац уьш? Халкъ гIазотана гIатто деза! ГIазот! – мохь хьоькхура цо, цIеххьана шовкъе хилла.

– Ахь хIун олу, Болатха, хьо вистхуьлуш ма вац? – шена уллорчу Болатханна тIевирзира Солтамурд.

Шен карара суьлхьанаш кIоргге гIовталан кисана а таIийна, доцца доIа а дина, кIайн йеха маж буйнах йаьккхина, нахана тIевирзира иза.

– ХIор а денна, лоьцуш, Сибрех хьийсабо вайнах. Цига ваханарг йуха ца вогIу. Мацалла а леш ду вай. Дено-дено оьшуш, кхачалуш лаьтта вай. КIезиг мел диси, ницкъ алсам бийр бу вайна. Хьанна хаьа, вайн лулара хIирий а, дIо хIуьнехдинчуьра гIезалой а санна, керста дине дерзо а мега. Латта а, маршо а дIайаьккхина вайгара. ХIинца Делах а довларна кхоьру со. Йа дерриш кхелхина Хонкара дIадаха деза, йа гIазотана гIовтта деза. Шиннах цхьаъ. Кхин некъ бац.

Кунта-Хьаьжин уггар гергарчу векалех цхьаъ вара Болатха. Цуьнан ойла шайн Iалашонца цхьаьна ца йогIийла хуъушехь, гIаттам кечбархоша шайн диванна йукъаозийнера иза, Кунта-Хьаьжин Нохчмахкарчу мурдашлахь иза чIогIа сий деш, лоруш стаг хиларна.

Устазан векалех вацахь а, ма-хуьллу цунна гергагIерташ, даржехь лакхавала дагахь вара хьекъална генавоцу, амма хабарца даим а шена тIе адамийн тидам бахийта хууш волу Тоза. Маккхала къадийначух шера кхетара чохь болу нах. Кху тIаьххьарчу хенахь Тозас эладита даржийнера ша эвлайаийн дакъа долуш волчуха. Цунах тешаш белахь а йа цунах пайдаэца Iалашо йолуш лелахь а, Хорачуьра а, гондIарчу йарташкара а дикка нах тIаьхьахIиттинера цунна. Маккхала и гIуллакх хьахийча, цаьршиннан дов дер дуйла хууш, гена ца долуьйтуш, Тоза охьахаийра Солтамурда. Къена Болатха шен амалшца тера вацара Тозех. Цуьнца дерг ларлуш дерзо дезара.

– Ахь хIун олу, Залма? – хаьттира Солтамурда.

– Со воккха велахь а, Берсас, Аьрзус, Маккхалий хIун олу ца хиъча, IадъIе лаьа суна.

– Аьрзу, хьан дуй ала лууш хIумма а?

– Сол хьалха дош долуш ши стаг ву кху чохь. Молланаш – БIагIало а, Маккхал а.

Зандакъойн молла БIагIало Нохчмахкахь гIараваьлла къамелна говза стаг вара. Iилманна а, къамелан говзаллина а цуьнца къийсалуш стаг кху Нохчмахкахь цхьаъ вара – билтойн Нуркиша. Йуьхьанца, ша а кхелха бохуш, нахана йуккъехь Турце кхалхарехьа эладита лелош хилла Нуркиша, гIуллакх баккъалена тIедаьлча, йухаваьллера. Мекарчу цунна дика хаьара Iедалца а, халкъаца а, тховса кху чу гулбеллачу тхьамданашца а тарвала. Нуркишин Iедалца йукъаметтиг нисйан аьтто бийриг цуьнан гергара зандакъойн наиб Шахьболат вара. Бакъду, тхьамданашна йуккъехь хьалхалера сий дацара Нуркишин. Ткъа тIаьххьарчу хенахь хаъал тешам а байнера цунах. И дара тховса дуьххьара Нуркиша диванехь вацар. Ткъа БIагIало, шен дог-ойланца шалхо йоцуш, цуьнан амалшна нийсса дуьхьал вара. БIагIалона, гатийуьртахойн моллина Шахьбина санна, бIаьрга ган ца безара оьрсий а, церан Iедал а. Цо нах Турце кхойкхура. Ша а вара уггар хьалха боьлхучаьрца новкъа вала кечвелла.

– БIагIало, ахь алал.

– Болатхана аьлларг ду сан дагахь дерг а. Йа дерриш Хонкара кхалха деза, йа, гIазотехь летта, дала деза, – доцца хадийра цо, атталла хьийзочуьра суьлхьанаш а ца совцош.

Шена тIе paгI кхаьчча, Солтамурда дош даларе а ца хьоьжуш, хьалагIеттира Маккхал. ПIелгаш даьхна конжанах тера шен аьрру куьг мекхех а хьаькхна, йайн йовхарш туьйхира цо.

– Делахь хIета, ас эр ду цхьа-ши дош. Нагахь сан ойла баккхийчаьрца ца йагIахь, сайна бехкцабиллар доьху ас. Уггар хьалха эр ду ас нах Хонкара кхалхарх лаьцна. Махкахвалар кIезиг хIума дац, кIентий. ТIехула тIе, дийнна халкъ. Со тешац цигахь вай цхьана гулахь дахаховшар ду бохучух. Вай иштта дIатардан паргIат мохк бац Хонкарахь. Цига кхелхина вайнах, борц санна, маьI-маьIIе баржа а бина, хенан йохалла ненан мотт бицбелла, къоман йуьхь йайна, бовр бу. Нагахь берриг нохчий цига гIахь, цхьа-ши тIаьхье хийцайелча, нохчийн къам боху цIе дуьненара дIайер йу. Изза хир ду Россех кхалхадахь а. Хийцам цхьаъ бу. Россех кхалхийначийн тIаьхьенах керстанаш хир бу, ткъа Хонкара кхаьчнарш бусалба динехь буьсур бу. Амма, кху вешан махкара дIадовлахь, нохчийн къам боху цIе йов вайн. Цул доккха вуон дац къоме дан. Цул сов, вайнахе лалур доцуш къиза ду туркойн Iедал. Цара ницкъ бо, сийсаздо шайн махкара кегий къаьмнаш. Вай санна болу бусалбанаш. Цхьаннан долахь воцуш маьрша стаг вац цигахь, цхьа хьалдерш бен. Изза хьал ду Россехь а. Шиннахьа а суна сайн бIаьргашна гина. Хонкара боьлхурш вайга совцалур бац. Цкъа-делахь, царна коьрте хIиттинарш, хIокху Нохчийчоьнах сийна цIе йаьлча а, лерган дуьхьиг ухьур доцуш, таронаш йолуш нах бу, туркойн Iедалехьара цхьана дикане догдохуш боьлхуш. Цара Iехийна тIаьхьахIиттина церан гергарниш. Хонкара кхалха хьовха, кху Бенара дIа ДаьргIа кхалха а таро йоцуш. Царах къахета. Амма дан хIума дац. Уьш Iехабелла бевлла. Уьш дIабахийтар бен, кхин молха дац. Со тешна ву, цига дIакхаьчча, уьш баллал дохкобевриг хиларх, уьш йуха цIа гIертарг хиларх. Цаьрга хIоьттинчу хьоло бен совцор бац цига кхалха ойла йолуш, амма кхушара Iедало дIа ца бохуьйтуш хьелурш.

– Ткъа ахь хIун некъ гойту, Маккхал, хьуна хIун хета? – йукъахваьккхира иза Солтамурда.

– Кхушара кхелхарш кхалха а битина, цаьрга кхаьчна декъаза дакъа нахе дийцарца, кхул тIаьхьа цига ойла йерш, оцу махках догдуьллуйтуш, совцор.

– Кху шарахь гIаттам боло реза вуй хьо? – хаьттира Залмас.

– Вац. Цунах дерг Берсас аьлла. Амма Берсиний, Аьрзуний, суний лууш цхьаъ ду. Оьрсийн паччахьан кхечу паччахьашца тIом ца болабелча, шена дуьхьал ма-гIевттинехь, цо шен берриг ницкъ вайна тIетоттур бу. Цхьаьнца тIом болабелча, кхузара дукхахболу шен ницкъ цига дIаоза беза цо. ТIаккха вайна боккха аьтто хир бу цунах. Тхо кхаанна луург хIун ду аьлча: керла гIаттам ишттачу аьттоне дIататтар, хIетталц дерригенна а сатохар, амма оцу денна хаддаза кечамбар. Цул сов, даим а санна, со дуьхьал ву адам гIaзоте кхайкхарна. Оцу гIазот бохучу дашо а машар хир боцуш мостагIалла дожадо вайнаханий, керста къаьмнашний йуккъе. И ду шайх Мансуран заманахь дуьйна схьа кху махкара керста къаьмнаш вайх херадаьхнарг, къийсамехь вай цхьалха дуьтург. Вай хIинца боло тIом керстанашна дуьхьал боцуш, ткъа вешан маршонехьа хила беза. ТIаккха вайна накъостий a, гIo а карор ду Гуьржех а, Россехь а. Цигара адамаш а ду вайга гIоьртташ Iазапехь, вайна санна, оьрсийн паччахьан Iедал ца дезаш. Хьалха вешан дайша дийлийтина гIалаташ гуш, уьш нисдеш хила деза вай. И дара суна ала луург.

– Хьайн а, Берсин а, Аьрзун а лаам бу-кх ахь буьйцург?

 

– ХIаъ.

– Ахь хIун олу, Залма?

– Царна тIетов со а.

– Тозуркъа?

– Кегийраш бакълоь.

– ГIубха?

– Тхан ойла цхьаъ йу.

– Сайдул-Хьаьжа?

– Кху некъехь тоьлур дац вай. Собардан деза.

– ШоIип?

– Со реза ву Маккхала бохучунна. Амма кхин а цхьаъ ду суна хеташ. Кечамбарх лаьцна. Паччахьийн тIом болабаларан сахьт дац. Вайна дагахь а доцчохь, лап-олий тIом, оьккху. Оцу Польша бохучохь тIом болабелча, Россехь хилла хьовр-зIовр долчу хенахь, гIовтта вайн кечам хиллехь, кху гIуллакхах цхьа aгIo йаьлла хир йара. Маккхала ма-аллара, вешан ницкъаца тоьлур дац вай. Цхьа аьтто боллу йукъ а лехна, гIевттича а, оьшу вайна гIo. Суна хIун хетара аьлча, вайнах Хонкара кхелхачу йукъах пайда а эцна, церан паччахье гIo дехча бакъахьа дарий-техьа вай?

– Цкъа а цаделларг хIинца ло цо?

– Мацах цкъа вала воллучу майрачунна йуххе хиъна зуда хилла боху-кх, хьол тIаьхьа ша маре гIyp йац хьуна, сапаргIат хилалахь бохуш, цуьнан догъэца гIерташ. «Делхьа, зуда, ма хала дара-кх, хьох тешна, со валийта», – эли, бохура, майрачо. Цунна а дайна, ма хала дара-кх, туркойн гIоьнах тешна, соьга тIом болабайта, – цавешаш кхоссар йира Тозуркъас.

– Суна хетарехь, ШоIип бакълоь. Шуна хIун хета, нах? – хаьттира Солтамурда.

– Бахьана леладе аьлла-кх Дала а. Аьтто лахарх зиэн дер дац.

– Ишттанехьа гIo дийр ма дац цхьаммо а. Диканна дуьхьал дика дезар ду. Ткъа вайн ницкъ бац и дан.

– Суна хетарехь, хьовсарх зиэн дер дац, – вистхилира хIетталц ладоьгIуш Iийна Берса. – Паччахьашна йуккъехь, тIом цахиларх, даим дIа лаьтташ мостагIалла ду. Цхьа меттиг иккхича, шайн мостагIчун махкана чоьхьа шаьш тIетовжа гIортораш хIитто хьовсу уьш хьалххе. И лахаза Iийр вац туркойн паччахь а. ДIадаханчу дезткъа шарахь цо гIo кхийдийра вайга. Амма оцу гIоьнна дуьхьал xIapa мохк безара цунна. Ткъа вайнахана ца лиира цу безачу мехах и гIo эца. Цундела туркоша вайна гIоьнна цхьа хьостам а ца белира. ХIинца цара догдиллина кху агIонах. Кхузахь оьрсий чIогIа чIагIбелла. Амма оьрсийн паччахьо вай санна, туркойн паччахьо нуьцкъала шайна кIелдерзийна, Iазапехь латточу церан мехкан малхбузе декъа тIехь дехачу керста къаьмнашна тIехула дов долуш йу ший а пачхьалкх. Нагахь цигахь шайн дов иэккхахь, Россина тIаьхьашха тIе вай а хIума тоха кечдалийта, гIo дан а мега цара. TIe, и тIом болабелча, Россина чохь гIовттамаш хилаза а бисац.

Массара а шайна хета-хетарг аьлча, Солтамурд, кхин хеттарш ца деш, нах вовшашка дара-дацара ала а битина, ойлане велира. Кху чу гулбеллачех, цхьа Болатха воцчул, массарел воккха вара иза. Кавказан тIамехь гIараваьлла майра тIемало, диъ шо хьалха Нохчмахкахь а, Органца а хиллачу гIаттаман баьччанех цхьаъ хиллачу цуьнан доккха сий дара тахана а. ХIетте а, цунна дика хаьара шен къоначу накъостийн хьекъал шечул цуьрриг оьшуш цахилар. Хаьара, хьалхалаьттачу къийсамехь коьрта меттиг дIалаца дезарг къона тIаьхье хилар а, цунна къона баьччанаш безийла а. Цундела цо лоьрура, шена зиэделларг дIалуш Iамабора кху чохь хевшина Iен кегийраш а, къона нах а – ШоIип а, Iабдул-Хьаьжа а, ГIубха а, Сулима а. Ткъа Берсий, Аьрзуй, Маккхаллий цо шел тIех лорура.

– Берса, оцу Польшехь а, Россерчу муьжгашлахь а дерг хаьий хьуна? – хаьттира цо цхьа хан йаьлча. – Керла хIумма а дуй-те цигахь хьиэдеш?

– Делхьа, Солтамурд, xIapa ала, керла хабар ма дац цигара. Россина чоьхьа гIуллакх галдаларе хьежахь, дехха Iийр ду вай.

– Делахь а, цигара хьал хууш хилча, бакъахьа ду. Нагахь туркошца цхьа барт бан вайн ойла йелахь, цаьрца дийцарш дан цига цхьа-ши стаг а, Польшера хьал талла цхьа стаг а вахийтича, бакъахьа хета суна. Оцу нахана некъан харжаш йан вайн ахча а ду. Шуна хIун хета?

– Iаламат бакъахьа хета…

– Хонкара воьду ши стаг, Iедал шек ца далийта, шайна бакъонаш а йаьхна, кхелхачаьрца новкъа ваьлча дика хир ду аьлла, хета суна, – дуьйцура Солтамурда ойлане. – Дийцарш дарал сов, царна тIехь хир ду, дIакхаьчначу вайнахах хилларг ма-дарра хиъна, вайна тIе хабар кхачор. Нагахь шу резаделахь, цига бахийта нах билгалбан а лаьа суна.

Цига бахийта нах хьалхатоьттуш, цхьаццанен цIераш йохуш, гIовгIанаш йевлира. ЦIераш йохура чохь болчийн а, диванна йукъа ца богIучу лахарчу шайн бартахойн а. Польше вахийта-м сихха Берса билгалваьккхира цара. Турце вахийта шиъ ца къасталуш, гIуллакх дахдала доьлча, Аьрзус шена дош дийхира.

– Аш цIераш йетта нах миччахьа бахийта а мегар долуш къонахий бу. Амма Хонкара вахана стаг шина-кхаа баттахь цIа воьрзур вац. Йа воьрзур, ца воьрзур а хаац. Аш цIераш йаьхначу нехан цIахь цIа дуьззина доьзалш бу. Дай цIера бевлча, йалташ денза, докъарш кечдаза буьсур бу уьш. Сан а, Маккхалан а цIахь диэлха а, диэка а дац. Тхойша гIyp ву цига. ТIехула тIе, Маккхал Iеламстаг ву. Цунна шерра Iаьрбийн, туркойн меттанаш а, гIеххьа гуьржийн а, оьрсийн а меттанаш а хаьа. Цига вахийта цул бегIийла стаг вац. Цунна накъост со а хир ву.

Оцу тIехь барт хилира массеран а.

– Шуьшиъ-м суна хьалххе дага, дера, веара, Аьрзу, – элира Солтамурда. – Амма, хIуъу цхьа меттиг йеача, шуьшиъ сайна уллохь везаш Iара. Ашшимма цигахь дан дезарг тIаьхьа парггIат дуьйцур вай. ХIета, кху шарахь гIаттам болор ца хьехош, иза билгалйоцчу хене, вешан аьттоне дIатоттур вай. Кху некъехь Атин Атаби цIа верзаро соьга догдохуьйту вайн бисина накъостий а цIа берзаре. Цуьнца лаьцна вигна Дуин Iумма а вогIур ву цIа. Вай дIадохале цхьаъ ала лаьа суна. Тахана адам доьхна хьийза. Хиндерг ца хууш, йалташ дуьйш бац нах. Вай иштта Iийча, нахе мацалла хIуттурий-техьа? Шаьш дIасадахча, йарташкарчу тIеман баьччанашна тIедилла адам кхетор. Хонкара гIур берш кIеззиг нах бен бац, бисинчаьрга шайн йалташ дIаде, ала. ТIом хир бу бохург аьттехьа доцийла хаийта. Iедало бохучунна дуьхьалонаш ма йе, цуьнцара йукъаметтиг марса ма йаккха, ала. Амма тIамна кечамбар ма сацаде. Керлачу тIамехь вайн гIортор кегий нах хир бу. Уьш Iамор сацо мегар дац. Амма дерригенна тIехь а йоккха къайле оьшу. Маккхал, вай дIадохале, дуйнаш бао беза кху чохь а, керта-арахь а мел волчунна.

Диван чекхйаьлча, цIа чуьра арадовлале, Къуръан тIехь дуйнаш баийтар йукъадаьккхинера дуьххьара бартахой цхьаьнакхеттачу дийнахь дуьйна. Дуьххьара вовшахкхеттачу дийнахь оцу тIехула дикка галморзахаллаш хилира церан. Кунта-Хьаьжин вирдехь болчарна новкъа деара Болатха дуйна йукъавалор. Кунта-Хьаьжас шел тIаьхьа устаз хила хьакъвеш вагарвинчу масех стагана йуккъехь вара иза. Ишттачу стагах теша деза, бохура цара. Амма атагIойн Варас доцца хадийра дов:

– Эвлайаъ дац ткъа адам? Дагций, дегIаций айп доцуш стаг вац, Ша цхьа Дела воцург!

Шега кховдийна атлазна йукъахьарчийна Къуръан схьа а эцна, уггар хьалха Солтамурд тIевийхира Маккхала. Солтамурд, шен меттера гIеттина, тIе а веана, Къуръанна тIе куьг а диллина, Маккхална тIаьххье дуйнан дешнаш ала кечвелира.

– АIувзу биллахIи мина-шойткъони ражим. БисмиллахIи-рохьма-ни-рохьийм… – шен дуькъа тамехьчу озаца дуй болийра Маккхала.

Цунна тIаьххье, xIop а дош нийсса ала гIерташ, карладоккхура Солтамурда.

– Дала вазвина ваийтинчу Мухьаммад пайхамарехула бусалба адамашна дуьнен чу доссийначу Делан кху дезачу Къуръанах ас дуй боу, тховса кхузахь дийцинарг, лелийнарг, сайна хезнарг, гинарг йа барта а, йа йозанца а, йа эшарца а, йа сайгахула а, йа кхечаьргахула а цхьаьнгге ца дийца, сайн халкъан а, динан а мостагIех и ца кхето, и дерриг къайлехь латто. Ас дуй боу, сайл лакхахь лаьттачу тхьамданийн омра дуьхьало йоцуш кхочушдан. Ас дуй боу, йа дуьненан бахаман а, йа эхартахь хинйолчу йолан а дуьхьа сайн а, сайн къоман а сий, оьздангаллий ца йохка, сайх тешна, сайна улло а, тIаьхьа а хIиттинчу нахана тешнабехк, йамартло ца йан, сайн къоман, бусалба динан маршонехьа къийсам латто, царна иэшначу меттехь, бIаьрнегIар ца тухуш, церан дуьхьа сайн са дIадала. Сайн дел-ненал а, йишел-вешел а, доьзалал а сийлахь а, лакхахь а сайн къоман маршо лара. Нагахь ас царна йамартло йахь, айса тховса а, тховсачул хьалха а биъна дуй къарбахь, кху чохь болчу нахана, хIокхарал тIаьхьа тхайн гIуллакх дIаэцначу нахана а сайн цIий хьаналдо ас…

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru