Iаьрчхен кIоргачу боьранан тIулгийн бердех, дIа ког мел баьккхинчохь, бухдуьйлуш, ша санна, шийла, сирла шовданаш ду. ХIун ду а хаац, Iай – мела, ткъа аьхка, кIел лаьцна куьг ца латталуш, шийла хуьлу уьш.
Шал-Дукъан коьртехь зоьрталчу попан орамашна йуккъехула кIеззиг гучудолу Iаьрчхи, лаха мел дели, стамлуш, хьеран ши тIулг хьовззол хуьлий, муттанечу Мичках дIакхета.
Iина чу буссучу готтачу, гомачу гIашнекъана тIекхаьчча, динара а воьссина, урх нуьйран хIоьах тесна, чуволавелира Аьрзу. Дато луьйтанаш а декош, безза ког буьллуш, наггахь Аьрзун букъах корта а Iуттуш тIаьхьайогIура хьаж тIехь сет а, когаш кIайн а болу цуьнан расха говр.
Говре хи а молуьйтуш ша ламаз дан дагахь тодинчу цхьана шовданна тIевирзина Аьрзу, хих йуьзна чIуьжалг бай тIе а хIоттийна, чухчари кIел цхьа ког лаьцна, охьа а таьIна, настарш йуьлуш йоллучу къоначу зудчунна тIеIоттавелира. Цуьнан букъ буьззина охьахецна йеха, Iаьржа месаш гича, шена а хууш йуьхь цIиййелла, воьхна, настарш лехча санна, ког дIа ца тасалуш сецира иза.
Гуобаьккхина лаьтта къена, йуькъа, йоккха хьун. Ша йоцург кху aгIop адам дац моьттуш, коч хьала а оьзна, хи кIел шен кIайн настарш ловзайо. Милла а ма йац иза, Эсет йу-кх! Йерриг Гати-Юьртана хаьа цуьнан а, Аьрзун а йукъаметтиг. Аьрзу, шагатIулг хилча санна, вогIавелла лаьттара. Хьалха дIавахча а, цунна уллохула тIехвала дезара. Ша ца гойтуш тIехволийла дац. Йухавирзича? ТIаккха цунна гахь? ХIокху минотехь веана цхьаъ тIекхачахь?
И дерриг бIаьрнегIар тухучу йукъана коьрте хьаьвзира Аьрзуна.
Меллаша, йухаверза дагахь, говран урха тIе куьг кховдийра цо. Даим а тешаме доттагI хилла схьайогIучу говро оцу минотехь тешнабехк бира цунна. Говро тоьхначу хьоршамо кхерийначу Эсета, коч сихха охьа а хецна, дерзина пхьаьрсаш букъа тIехьа ловчкъийра. Аьрзу гича, цецбевлла цуьнан Iаьржа, баккхий бIаьргаш къаьрззинчохь бисира, хьажайукъ хабош айделла Iаьржа цIоцкъамаш гIатта айъаделлачу чIегIардиго даржийначу тIемех тера дара. ХIетта шийлачу хица йилина цIен бос беттало цуьнан горга беснеш гуттар а йогура. Чуоза хIаваъ ца тоьуш санна, ийъалора лекха накха. Тахана дагахь а доцчохь йаьхкира кху тIаьххьарчу деношкахь къаьсттина цо сатуьйсу миноташ.
– Эсет, хьо хитIа йеана? – элира цул хьалха меттавеанчу Аьрзус.
Хазахетар тIехдаьлла Эсет, мотт сецча санна, йист ца хилалуш йисинера.
– Бехк ма биллалахь суна, – шена тIекхозаделлачу бIаьлланган гаьн бухь а кагбина, цунна тIера схьайохуш, буьйда чIенгаш йуьстахкхуьйсура Аьрзус. – Iела волчу вогIуш, ламаз дан дагахь, схьавирзира со. Ахь хьайн гIуллакх де, со кхечахьа волу.
Йежаш лаьттачу говран йуххера урх лаьцна, Эсетна уллохула тIехвелира иза.
– Аьрзу! Ма гIохьа! – Iадийча санна, мохь белира цунна тIехьа.
Саца а сецна, йухахьаьжира Аьрзу. Эсет, корта охьа а бахийтина, йист ца хуьлуш сецира.
– Жимма собар дехьа…, – халла къаьсташ ши дош делира цуьнан багах.
– Цхьанна кхузахь вайша цхьаьна гича, муха хир ду-те, Эсет? – хаьттира Аьрзус, воьхна дIаса а хьаьжна. Цкъа а кхерам хIун йу ца хиъна майрачу тIемалочун дахчаделла дог, тахана оцу къоначу зудчуьнца цхьа висча, кIилло тохаделира.
– Аьрзу, сан майра аьрзу, суна-м тахана тIаьххьара гой хьо…
Хала дара Аьрзуна йезачу йоIах къаста. Шен коьртан чоьш Эсет маре йаханчу буса къежделла хетара цунна. Оцу шарахь йуьртахь ца сацалуш, шен ницкъ ма-кхоччу цунна генахь дагна хилла чов йерзо гIерташ, нехан йарташкахула волавелла лелаш хан йаьккхира цо. Хено и чов йерзийра, амма – даг тIехь ирча муо а буьтуш. Оцу пхеа шарахь цкъа а Эсете вист ца хиллера иза, цуьнан эсала аз ца хезнера цунна. Аьрзус масех шарахь садетташ хала баьккхина толам херцош, йуха а меттахъхьайра безам, цунна хаа а хууш ов деттара хIетта йирзинчу деган чевнна. Моьттура, Эсетан бIаьргех оьхучу сирлачу, дуьрачу хиша Iийжайора и чов.
– Уьш ма дийца, Эсет. Уьш дIадевлла. Хьо нехан зуда йу…
– Хьуна ца хаьа со цуьнга муха йахана! – мохь белира Эсетан. – Ас и ца динехь, тхан доьзал мацалла белла хир бара…
– Цундела ас бехк ма ца буьллу хьуна. Цхьаъ дакъазвоккхуш бен ца хуьлу кхечунна ирс. Амма шайн доьзалера хьал соьга цахаийтарна, бехке йу хьо. Сайн ницкъ кхочу гIo дийр дара ас а.
– Хьайн дегIал сов хIумма а доцчу ахь муха дийр дара тхуна гIo? – бIаьрхиша цIийбина шен боккха ши бIаьрг Аьрзуна тIебуьйгIира Эсета. – ТIехула тIе, БойсагIарна тIаьхьахIоьттина лелара хьо… Ас цайаьллачу денна дира иза… Ac хьегна Iазап хьайна хаахьара, ма дуьйцур дацара ахь. Цавеза майра, диллина хьоьга туьйсу са… ШолгIачу дийнахь хьо гape сатийсаро йацйора суна и йеха буьйсанаш… Геннара хьох бIаьрг кхетча, серладолура суна xIapa Iаьржа дуьне… ХIинца дIадели хьо гур ву бохург а. Кхин хьо ца гуш, лийр йу-кх со…
Кхузара дIадала вайша бохуш санна, тIе а йеана, Аьрзун белшах корта хьоькхура говро. Йерриг шен оьмарехь кхузахь Эсетца латтарх кIордор доцчу Аьрзуна хIинца йахйеллера xIapa масех минот. Диллина дуьхьаллаьттара заьIапчу Гатин гIийла йуьхь-сибат…
– Дала йаздинчух девр дац вай, Эсет. Иштта хила доьгIна хилла-кх вайн кхоллам. Гати тахана заьIап хилар цуьнан бехк бац. Цхьа иттех шо хьалха кху Яьссин тогIица цхьа а йоI йацара цуьнан зуда хила дуьхьало йийр йолуш. Тахана цуьнан дегI ца лела. Йуьхь иэрчайаьлла. Амма цуьнан кийрахь долу майра, къинхетаме, тешаме дог делара хIораннан а кийрахь.
– И заьIап хилар дац цунах сан дог ца лотуьйтург, – йоьлхура Эсет. – Иза дашо-дато хилла дIахIоттарх, суна хьо бен гур вац…
– Ас санна, сатоха. Ваьшшимма хIинццалц лардина Гатин сий хIокху къамелца дойъур дац вайша. Гатина чохь са мел ду, цунна тешам ларбе…
Эсетан бIаьргаш цIеххьана ткъесах къегира.
– Аьрзу, ас лечкъа ца до сайна хьо везар. Сайн майрачунна ас йамартло йийр йара аьлла, дагадеана-те хьуна? Иза-м хир дац, со сийначу цIарах йагийча а. Кху махкара тIаьххьара а дIайолуш, хьоьга йистхилаза ца Iайелла лела. Сайна хьо дика вевза дела, хьох со тешарна, хьо сайх а теша моьттуш. ДегI сацо-м хала дацара, амма дог сецалац-кх. Марша Iойла хьо, Аьрзу. Дала эхартахь мукъа а цхьаьнатухийла вайша!
БIаьргаш тIе охьайеана тIеда кIужал кортали кIел а таIийна, цIеххьана йуха а хьаьвзина, берзинчу когашца жагIа а бекош, дIайолайелира Эсет. ГIаргIа санна, цуьнан нийса дегI оцу минотехь букар хьаьвзина хетаделира Аьрзуна.
– Эсет! Хала ма хеталахь, хьуна моьттучу aгIop дацара ас аьлларг! – тIаьхьа мохь туьйхира Аьрзус. – Соьгара йаьлча а, хьоьгара йамартло йер йоцийла хаьа суна. Нехан меттанех кхоьру-кх. Йоха ма йохалахь! Со хьоьца хир ву хьуна. Со а ву Хонкара вогIyш!
Эсетан настарш, дегIе хорша хьаьдча санна, цкъа йегийра, тIаккха голаш малйелира, дегIе лазар деача санна, некхах ка а тухуш, ша лаьттачохь меллаша охьалахйелира иза…
ОьгIазе шок йетташ, къилбаседехьара схьахьекхна шийла мох эцна дIадахара Iа. Дешна, хи а хилла дIаделира лаьмнашца Iиллина ло. ХIор а шарахь шаьш Iеминчу кIоргийчу хершнашкахула, шайна хьалха нисйелла хIуманаш текхош, шерачу ара хьаьлхира Iоврийн татолаш. Шийлачу, безачу мохьах паргIатдаьлла Iалам, сийна духар духуш, кечделла дIахIоьттира.
БIаьстенан бовхачу малха кIел мелачу махо тулгIенашца техкайора сийначу дитташий, бес-бесарчу зезагаший къарзйина раьгIнаш. Мотталора, самадевлла зезагаш, шайн дIасатехкарца, вовшашка кортош лестош, вовшийн хьоьстуш, къамеле девлла. Оцу хазачу Iаламе хьажа, цунах марзо иэца гIерташ санна, гуобаьккхина дашо зIаьнарш а йаржийна хьоьжу малх эсала белакъиэжара. И исбаьхьа Iалам, и хаза бIаьсте декъалйеш, цуьнга маршалла хоьттуш санна, шабарш деш, эшарш лоькхуш, шакарш йетташ, хьаннашкахь декачу олхазарийн аьзнаша дуьзнера ламанан цIена хIаваъ.
Массо хIума самадоккхуш, безамах дузуш, оцу хазачу Iаламца Iехош йеана бIаьсте Iелин дагах ца кхеттера. Гуьйренан дохк санна, кхоьлина, Iаьнан мархашла хьарчийча санна, шийла, гIайгIане дара иза. Массаьрга а ирс, безам кхийдочу оцу самукъанечу Iаламо цуьнан даг чу сингаттам, къаьхьа бала буьттура.
Шуьйра гаьннаш даржийна лаьттачу зоьрталчу попа кIел хиъна Iара иза. Цуьнан андийчу орамашна йуккъехула схьакхийсалора, ша санна, шийла, сирла шовда. Акхароша бехдарх Iалашдан, цхьаннан мелечу куьйгаша гуонаха керт а йина, хьокханна тIе кхийра зока оьллина. Нийсса ткъе дейтта шо хьалха кхузахь, хIокху попа кIел, ваьлла иза ненан кийрара. Кхузара дIадоладелла цуьнан декъазчу дахаран хьалхара де. Ма-дарра аьлча, цуьнан дахаран ах денош хьуьнхахь дIаихна.
Ткъе дейтта шо хьалха Гати-Юьртахь, хIинца цуьнан цIенош долчу меттиг тIехь, тIе латта тесна тхов а болуш хиллачу кегийчу цIенойн мискачу хIусамашкахь машаре бехара цуьнан ден Абубакаран бертахь жима доьзал.
Амма хIетахь дуьнена валазчу Iелина ца доьгIнера шен да а йа иза чохь ваьхна цIенош а ган.
Iаьржа Iожалла йохьуш, йарташ сийначу цIарах йагош, Яьссица хьалаволавеллачу инарлин баронан Розенан йаккхийчу тоьпийн татанаша цхьана дийнахь дохийра сийначу бошмаша тIехула тхов а тесна Iуьллучу Гати-Юьртан машаре дахар. Iелина ца хезира оцу йаккхийчу тоьпийн хIоьънаша йурт отуш, цIеран меттанаша цIенош худуш, ца хезира цIеххьана хIоьттинчу оцу къемат-дийно хьерединчу дохно хьоькху акха маьхьарий, ца гира гаттийчу урамашкахь Iохкучу декъашна кIелхула йолайелла цIийн Iовраш. Цунна ца хаьара хIумма а. Иза оцу дийнахь ненан кийрахь вара, ткъа нана, кхечу зударшца, берашца цхьаьна оцу къемат-дийнах йедда, орцахь, кху Iаьрчхехь лечкъина Iара.
Ненан кийрахь Iуьллучу цунна ца хаьара шен да а, дейтта шо кхаьчна ваша Лоьма а йогучу йуьртахь мостагIех леташ вуйла, ткъа нана, пхи шо кхаьчна Аьрзуй, цул йоккха ши йоIIий мара а къуьйлуш, важа зударий санна, йуьрта са а диллина Iаш йуйла.
Цунна цул тIаьхьа масех шо даьлча бен ца хиира, оцу буса байъинчийн декъий дохьуш орца йухабевллачу йуьртахоша майрачун дакъа а, чов хилла Лоьма а шена хьалха веача, шийла мохь баьлла охьайоьжначу нанас хIокху зоьрталчу попа кIел ша хеназа дуьнен чу ваккхар. Берзан кIеза санна, шен дуьнен чу валар акхачу хьуьн чохь, йоьхначу буса хилар.
Декъаза хилла цуьнан дуьнен чу волу буьйса, Iаьржа буьйса хилла дIайоьду цул тIаьхьа цо дуьнен чохь йоккху хан а.
Дагийначу цIенойн метта керла цIенош дуьйгIира цара.
Цул тIаьхьа дейтта шо даьлча, уьш лардеш, шен къона дахар дIадала дийзира IелагIарна ден метта висинчу Лоьмин.
Оцу дийнахь паччахьан эскарша цIеххьана диначу тIелатаро хIоттийначу инзаречу суьртан теш ша а хилира Iела.
И де гуттаренна даг чохь дисина цунна. Оцу дийнахь байъинчийн декъий наха дIадухкуш иза а вара кешнашкахь. Декъий бармашкахь ца кхоьхьура кешнашка. Цунна боьрша нах ца тоьура. Уьш ворданашкахь кхоьхьура цига. ОьгIазаллех йуьзначу йаххьашца герзах боьттинчу наха бист ца хуьлуш лаьтте лора шайн дайн, нанойн, зударийн, йижарийн, вежарийн, кIентийн, йоIарийн декъий. ХIетталц баьсса лаьттинчу сийначу бай тIехь оцу цхьана дийнахь цхьа бIе сов кошан барз, хIолламийн хьун хIоьттира.
Иза тIаьххьара де дацара буьрсачу тIеман. Дуьнен чохь а нуьцкъала, йоккха пачхьалкх, дуьнен чохь къизачарлахь а къиза паччахь шен берриг ницкъаца церан жимачу, маьршачу махка гIертара.
Жимачу халкъо шен маршонехьа къуьйсура.
Вийначу ден метта кIант хIуттура, вийначу вешин метта ваша хIуттура.
Лоьмин метта Аьрзуна улло дIахIоьттира Iела а.
Оцу дийнахь дуьйна, йукъахдихкинчуьра герз ца достуш, нуьйрара ца вуссуш, бовха кхача а биъна, тхов кIел кIедачу метта охьавижа аьтто ца нислуш, дIайахара цуьнан къона хан.
Уьш а дара адамаш. Церан кийрахь а бара маршоне, дуьнене безам. Амма уьш дера летара шайн а, шайх летачийн а цIий Iенош. Гора-йаI, ма лаьара царна цкъа а адамна топ ца йолийла, тур-шаьлта ца ойъийла, цхьаннен а нана, йиша ца йоьлхийла! Пайда бацара цхьа царна и лаарх! Шайн доьзалш, шайн догIмаш, шайн цIенош, шайн даймохк ларбан дезара церан, царна ца лаьара шайн махка эскарш лоьхкучу генарчу оьрсийн паччахьо шаьш хьийзадойла, дуьненах хьегадойла.
Iелин кийрахь а догура бовхачу безамах дуьзна дог. Цунах цIе йиллира цуьнан йуьртахочо Айзас. Цаьршимма сатийсира тIом чекхбаларе, цхьаьна а кхетта, безамах марзо а оьцуш, маьрша дахаре. Сатуьйсура, ши сту а боьжна, дечиган нахарца дукъара ирзо охуш, цхьа йеттий, тоьлий долуш даха а хиъна, доьзал болоре. Амма церан сатийсар кхочушхила гена дара, тIеман чаккхе гуш йацара.
Йартех чим беш, хийла доьзал байлахь буьтуш, хийла да-нана доьзалх доккхуш, дийна бисинчарна цкъа а дицлур доцу ирча сурт дуьтуш, чекхбелира и бахбелла буьрса тIом.
Маситта шарахь лаьттинчу тIамо лаьхкина лелийна гIелбелла нах шайн йохийна йарташ меттахIитто буьйлира. Масех шарахь вовшех хьегначул тIаьхьа Iелин а, Айзин а аьтто нисбелира цхьаьнакхета.
Машаречу къинхьегамах хьаьгначу къоначу цаьршимма кIад ца луш къахьегарца мацах цкъа шайн дас цIенош динччохь хIинцалера лаппагIнаш йуьйгIира. Йетт а, дужуш хьайба а дацара цаьршиннан кертахь. Уьш хьехочохь а дацара. Чохь цхьана маьIIехь поппаран терхи тIе хIоттийна дечган а, кхийран а масех пхьегIий, цIенкъа тесна цхьа-ши кхакхий, соне хIоттийна кахьаррий, цунна йуххехь кIеззиг хьаьжкIаш чохь чорда галий – иза бара цаьршиннан бахам. Амма и шиъ хьага кхин тоьлла бахам болуш доьзалш йерриг Нохчийчохь а кIезиг бара. И шиъ цхьаьнакхетча, йа ловзар а, йа синкъерам а ца хилира. Ца ихира керта совгIаташца зударий а. И гIиллакхаш цкъа а ца хилча санна, моллица мах а бина, тийна дIадирзира нускал далор.
Сингаттаме дара керла даха хиъначу цаьршиннан цIенойн дерзина пенаш. Оьшург бен хIума дацара, хIетте а шаьшшиннал ирсе адам дуьненахь ца лорура цаьршимма. Дахар хала мел хили, оьшург алсам мел дели, чIагIлора йуккъера безам. Вовшийн дезаро оьшург ца гойтура, безамах дуьзна ши дог йух-йуххехь долуш атта дара денна тIетеIа халонаш лан. Амма иза боца, кIезиг мур бара. Меца борз санна, бага а гIаттийна, тIехIоьттина лаьттачу мацалле, мискалле, къизалле хьалахьажа ца лууш, шаьш-шайн Iехо гIерташ, цаьршимма тоькху денош а чекхдевлира.
Гора-йаI, ма атта дара гуш волчу мостагIчуьнца герз буйнахь къийсам латто! Ма атта дара иза. Амма муха къийса деза тIамал а буьрсачу мацаллица, къоьллица? Муха лан деза ийза ца Iемина олаллин дукъ?
Ткъа хIинца стенга сатуьйсуш, стенах Iехалуш ваха веза?
Iелин бIаьргашна хьалха хIуьттуш чекхдуьйлура цуьнан дахаран буьрса денош. Цунна хIинца а дагахь дара бераллин шерашкахь синкхетамехь дисина машаре масех шо. Сийначу хьаннаша хьулйина бIешерийн къена раьгIнаш. ТIулгаш йуккъехула схьакхийсало, зурманах кIар-кIар деш, шайна IиндагI деш тIекхозаделлачу дитташна хастам беш, эшарца уьду шийла, сирла шовданаш. Сийначу стигалахь бамбин соьмалкхех терачу мархашна бухахула тIам хьоькхуш лела ламанан леча. Чехкачу Яьссин къора гIовгIа, цуьнан бердашца хьийзачу маьрсалдагийн цIогIане маьхьарий. Эвларчу мехкарийн самукъане эшарш, паргIате, ирсе, маьрша дахар. Оцу исбаьхьчу Iаламах даккхийдеш лелачу берийн тобанаш…
ЦIеххьана – тIом… Хедош, йагош, йерзина йехира сийна хьаннаш, бошмаш. Овкъаран чим беш йагийра йарташ. ЦIен бос ийцира сирлачу Яьссис. Молханан, цIеран кIуьро малх къайлабоккхуш, кхолийра сийна стигал. Лаьттах дохказа дисина декъий лоьхуш, тIехула хьийзара Iаьржа хьаргIанаш. Сискал йоьхуш доьлхучу берийн, мацалла Iоьхучу дохнан, байъинчийн декъашна тIехь тийжачу зударийн маьхьарий. Шайн дайн махкахь дуьне гатделла хьийза адамаш…
ХIинца ца хеза йаккхийчу тоьпийн дур а, зударийн, берийн белхаран маьхьарий а. Гуонаха машаре ду. Зурманах диэкаш, тIулгаш тIе Iена, ша санна, шийла шовда. Мелачу махо эсала хьоьсту попан гIаш кхерайеллачу йоIстагах тера дегадо. Цуьнан лекхачу бохь тIехь, «кхур-р-кхур-р» деш, бека машаран къоркхокха.
Дахарх воккхавеш, исбаьхьчу Iаламах марзо оьцуш, ваха везара. Амма Iела цуьрриг воккхавец. ХIунда аьлча цунна хазац шена гуонаха деттачу дагарийн тата, стерчий лоьхкуш ахархоша детта маьхьарий, кегийрхойн самукъане иллеш, мехкарийн эшарш.
Йалта ден лаац цхьанне а. Цхьаберш Хонкара кхалха кечбелла. Мелла а таронаш йерш, шайн сал-пал а йоьхкина, паспорташ а эцна Iаш бу, шайца дIавогIучу инарлера Мусера хаам хиларе хьуьйсуш. Ткъа Хонкара кхалха хьовха, лула йуьрта хьошалгIа баха а дедоцу важа бисина нах, кIелсевцца. Шайга, Сибрех доьлху шу йа паччахьан эскарех летта ле шу аларе ладоьгIуш. Цундела йа охуш а, йа дуьйш а вац цхьа а. Ирх-пурх а, дIадийнарг тIедаллалц шаьш кхузахь дуьсур дац, боху цара.
Дехьа басахь цхьамма-м, дог доруш, цхьа сингаттаме мукъам болийра:
Дависа хьан делаI, хIай мерза ва дуьне,
Хьо диънарг мила ву, бохуриг ва хилла?
Давала хьан делаI, кийрара дилхан дог,
Хьайна там ва хилча, лом санна айалой,
Йишин бер ва хуьлий, мел коча качло хьо,
Хьайна там ца хилча, дера ча ва санна,
Мел дера дарло хьо, кийрара дилхан дог…
Iелина хаац, хIун дан деза. Цунна-м Хонкара ваха лаьара шен доьзал а эцна, амма Аьрзус и аьттехьа а ца дуьту. Мацалла-м хIунда хьехайора, xIapa лаьмнаш даш хилла лаларх, xIapa латта молханах эккхарх, ша кхузара дIа ког боккхур бац, боху. Нуьцкъала уьш а совцалур бац.
«Нагахь Сибрех дигахь? – ойла йо Iелас. – Цигара цхьа а дийна цIа ца воьрзу. TIe, берашца цхьаьна. Ванах, цуьнан Iумарх а, Iусманах а керста хир ву-техьа? ХIай веза Дела, Хьайн бусалба дин тхайца Iалашдан ницкъ лолахь тхуна! Ма дика ду-кх, сан ши бер кIентий болуш. Уьш йоIарий белхьара, хIун дан дезара? Сибрехахь сол тIаьхьа царах…»
– Iели!
Бевзачу маьхьаро ойланаш йукъахйехира цуьнан.
– Ва-а, Iела!
«Аьрзу ву-кх иза! XIapa схьа хIунда веана? Лaa-м дац хьуна иза…»
– Ва-вай!
– Хьо мичахь ву?
– ХIоккхузахь, шовданехь ву-кх! ДIавогIу со!
– Ца оьшу, со чувуссу!
Шовданна тIебогIучу гIашлойн новкъахь дукха хан йалале гучувелира йуткъа гIодайукъ, шуьйра белшаш, дайн болар долуш элдарчу дегIахь стаг.
Хьала а иккхина, дуьхьалхьаьддачу Iелас цуьнан карара топ а, тур а схьаийцира. Аьрзус, вист ца хуьлуш шовданна тIе а вахана, голаш тIе а лахвелла, сих ца луш шен онда ши куьг а дилина, канаш чохь схьа а оьцуш, хих цхьа масех къурд бира. ТIаккха, йуьхьах шийла хи а тоьхна, чоин тIам а хьаькхна, дIаса а хьаьжна, пIенда санна горгачу попан орамна тIе охьахиира иза.
Iелас хеттарш ца дора. Вешин худайеллачу йуьхье, гIайгIанах буьзначу хьекъалечу бIаьргашка хьоьжура иза. Дагардира цуьнан лекхачу хьаж тIера хебарийн хершнаш а. Аьрзу а ца хуьлура вист. XIapa диканиг дохьуш ца веана. Шен Iаьржачу, хазачу можа тIехула куьг а хьаькхна, дуькъачу мекхийн йуьхьигаш хьовзийра цо.
– Охуш ма вац хьо? – хаьттира цо эххар а.
– Чорин сту сиркхо хилла. Шуьста, ца бужуш, дIахийцира ас-м.
– Кхин хIуъу цхьа гIуллакх дийр дара-кх, мукъа ца Iаш. БIал бохор бара-кх. Дакъаделла, куьзга санна, лепаш Iохку бIаьллаш. Айзех хIун хили?
– ЦIа йахийтира-кх ас.
Хеттарш совцийна, гуонаха бIаьрг а тоьхна, хьала а гIеттина, вахана дехьа лаьттачу жимачу, сийначу бай тIе аркъалвелира иза.
– Ма тийна ду-кх кхузахь, – элира цо, цхьа хан йаллалц ши бIаьрг хьаббина ладоьгIуш а Iийна. – Олхазарийн, цаьпцалгийн эшарш, дехкаший, моьлкъарчаший дIасауьдуш ден шур-шур бен, гIовгIа йац. Адам дистхуьлу а ца хеза. СхьавогIуш, некъашца бIаьрг беттара ас. Цхьа а са-м, дера, дац. ХIара-х бIаьсте йу. Ахархочунна уггар сиха хан. Дийнахь а, буса а кха тIехь Iан везаш. ХIинца дIадийнарг бен карор доцуш. ХIетте а, кхаш тIехь цхьа а вац. Моьттура, массо велла, xIapa дуьне дассаделла. Делхьа, ма пайда бер бац нахана кху гIуллакхах, бала ткъа. ХIинццалц гинарш йицйеш, ирча мацалла ма хIоттахьара. Цунах кхоьру-кх. Хонкара кхелха, Сибрех дуьгу бохуш даьржинчу оцу эладитанаша, массо гIуллакх карара а даьккхина, бохийна, баржийна нах. Маситта шарахь оццул йаккхийчу халонашка ца иэшабелла нах хIинца кIелбаха. Минотана даг чу боьссинчу кхерамо пана бехи.
– Кхин хIун дийр ду цара, Аьрзу? Латта ма дац церан. Вайн рицкъа дерриг лаьттаца ду. Иштта а, вуьшта а лийр ду адам. ТIехула тIе – Сибрех… Цигахь дуьйш а, дерзош а дац, боху. Даим а шийла Iа. Хьалха со-суо а хуьлура мехах мохк лаца Теркал дехьа боьлхучех кхаьрдаш. ХIинца цхьаннех а и бехк баккха меттиг бац. Ша хIун дийр ду ца хууш, доьхна хьийза адам…
– ХIумма дац, Iела. Нагахь ирх-пурх а валанза ца валахь, маьрша валар тоьлу. Даймохк а, цIа-цIе а доцуш, сагIадоьхург хилла, хийрачу махкахь нехан неIаре хIуьттуш лелачул, кхузахь летта велла дIаверзар гIоли йу. Амма наха ла ца дугIу тхо цхьадолчара лучу хьехаре. Иза цкъа марах ма далахьара царна. Горлера, Iела, йаI, хIуманнах а кхета тигац-кх сан корта. Кегаделла, худар хилла-кх кху дуьненах. Йагийначу йартех туьйсучуьра кIур хIинца а ца сецна, оьланаш хилла цIенойн херцарш. ХIинца а лозучуьра ца тийна шира чевнаш. Царна моьнаш а ца хьаьвзина, ткъа кхара уьш кIаргйо, керл-керла кхин тIе йо…
Ши ваша, ойланашка ваьлла, цхьана ханна дIатийра.
– Бенахь хIун ду керла? – хаьттира Iелас, и сингаттаме тийналла йохорхьама.
– ХIумма а дац. Дерриг хьалха санна ду. Солтамурддий, Берсий вара хьо хоьттуш. Маршалла даийтира.
– Маршалла хуьлда царна а! Хьо цIа ма хьалхе веа?
– Иштта нисдели-кх xIapa. Сой, Маккхаллий Хонкара воьду.
Iела цецваьлла веше хьаьжира.
– ХIаъ, ас баккъал а боху, Iела.
– Шуьшиъ шаьш ма вара цига баха гIертачу нахана дуьхьалваьлла?
– Тхойша-м кхелхина ца воьдий. Баьччанийн дивано цхьа гIуллакх тIедиллина вохуьйту.
– Шуьшиъ воцург, кхин стаг вацара царна цига вахийта?
– Иштта сацамбина-кх дивано. Тхаьшшинна пашпорташ даха кхана Соьлжа-ГIала воьду тхойшиъ.
ХIунда, стенна вохуьйту, ца хоттура Iелас. Хаьара, иза тIеман къайле йуйла.
– Ткъа со?
– ХIун хилла хьуна?
– Суна а ма деза пашпорт?
– Ахь хIун до цунах?
– Ой, хьоьца дIаван ца веза со? – ша хIинцца дIаволавала воллуш санна, сацамболлуш хьалагIеттира Iела.
– Стенга?
– Хонкара.
– Хьо хьераваьлла?
– ХIунда? Со витина ваха-м ца воллура хьо?
– Со цигахь Iен воьдуш ву, моьтту хьуна? Со-м сихха цIа воьрзур вай.
– Вирзича, хIун ду? Цхьаьна бакъахьа ву вайша. Со йуххехь воцуш, цхьа ког дIа-м тосур бац ахь.
– Iела!
– ХIун хилла?
– Кхин ахь хьахадойла-кх соьга и! ХIинца хьо вара суна бале вала висинарг. ДIогахь шен ирзо тIехь карийна Чора а хIокху дуьнен тIехь мел болу дуй биъна дIахIоьтти, ша витина цигашха дIагIyp ма вац хьо аьлла.
– Гой хьуна! Хьан доттагIчунна а ца лаьа хьо-хьуо цигашха дIахьажо, ткъа ахь веше цIахь Iе, боху, хьо цхьана пана махка дIа а хьажавай. ХIан-хIа, Аьрзу, со вогIур ву хьоьца.
– Эрна бага ма йеттал суна! – Аьрзус шен аз айъира. – Хьан зуда а, бераш а ду. Ахь царна Iуналла де. ТIехула тIе, цхьана минотана а ма дицде вайн йерриг дегайовхо хьайн шина кIантана тIехь хилар. И шиъ кхиа веза, вайн цIийнан кIур ца байта. Цул сов, Чорин доьзална гIo дан а веза хьо.
Шен дахарехь тахана дуьххьара вешин йуьхь-дуьхьал хьаьжна, сацамболлуш вистхилира Iела:
– ДоттагI вуьгу ахь, соьга цIахь Iе, боху! Иэхь-бехк Дала лоьрийла, нагахь тахана со хьоьца Хонкара дIавеача, кхана сайн доьзал сийначу цIарах богург хиларх, вогIур вара со.
– Хьан бераш ду!
– Бераш! Чорин а ду бераш! Бераш кхин а хир ду, ткъа хьо виначу нанас суна кхин ваша вийр вац… Бакъдерг алахьа, Аьрзу, гена цабевзачу, хийрачу махка со дIа а хьажийна, кху цIахь сацалур варий хьо?
– ХIаъ, нагахь ас и дар даймахкана оьшуш хилча!
– ХIинца-м аьшпаш буьттура ахь, Аьрзу! – велавелира Iела. – Хьан шина бIаьрго Iоравоккху хьо! Со цIахь висарх даймахкана хила пайда бац!
– Тоийта, мераIуьрг! Цхьаннахьа a гIyp вац хьо, цIера а ваьлла. Соьгара пурба дац хьуна!
– Хьан пурба ма ца оьшу суна. Хьо мила ву, суна некъ бехка? ТIом чекхбаьлла, хIинца хьо сан бIаьнча а вац. ТIехула тIе, суна новкъа ду, вешехчул бIо доттагIчух а боьлла, ахь иза къастор.
– Со хьан воккхахволу ваша ву! – оьгIазе тIечевхира Аьрзу. – ТIехула тIе, тIом чекхбалаза хилар а ма дицде. Иза чекхбер бац, вай вешан маршо йухаерзайаллалц! Цул сов, хьо бIаьхо хилар а, со хьайн бIаьнча хилар а ма дицде цхьана а минотана. Баьччанийн кхеташонан омра кхочушдар суна тIехь хилча, сан омра кхочушдар хьуна тIе а дужу!
– Иза Iаламат дика ду-кх! Сайн воккхачу вешина, сайн бIаьнчина, улло а ваьлла, цуьнан омра кхочушдан, маршонан гIуллакхна пайденна хила, Хонкара вогIур ву-кх со!
– Хьуна пашпорт дезар ду!
– Эца-кхи!
– Оьцур дац!
– Доцуш а вогIур ву!
– Iела! Ас дешначу Делан Къуръанора воллу хьо соьга хьайна гIаж йеттийта!
ХIетталц Аьрзус аьл-аьлларг забарехьа а дохуш, цуьнца къуьйсуш Iийначу Iелина, хIинца дIахьажавелча, вешин бIаьргаш чохь оьгIазе цIе гира. Тевжинчуьра кIегар а хиъна, ши куьг лаьттах а гIортийна, тIекхета воллуш санна, схьа а кхевдина Iара иза. Аьрзу цкъа а ца вахана цунна оьгIаз. Иза оцу хьола тIе ваккха боккха бехк бала безара. ТIевахана, ваша мара а къевлина, шен корта цуьнан кара биллира Iелас.
– Аьрзу, сан цхьаъ бен воцу ваша… Хьо-м сан ваша хилла ца Iай… Ден а, ненан а, йижарийн а метта вай хьо-м. Со а витина, ваха воллу хьо?.. Хьох къаьстина цхьана дийнахь а сатохалур дац-кх соьга. Буьйсанна наб ца кхеташ, дийнахь саца меттиг боцуш, синтем байна хьийзар ву-кх со. Эххар а, оцу цабевзачу махка суо хьуна тIаьхьагIоьртур ву-кх со. Хьуна цигахь цхьаъ хилахь, ас са муха тоха деза, Аьрзу? ТIаккха-х со хьеравер ву… Дуьнен чу ваьлчхьана, цкъа а хьан дош ца кагдинера-кх ас, ма теттахьа со оцу тIе, Аьрзу…
– Iела! Вайшиннан марзонах пайдаэца хIунда гIерта хьо? Дика дац! Хьо доьзалца цIахь виса веза. ЦIахь боьрша стаг оьшу!
– Вайша цIа валлац Айза шен да волчохь Iийр йу… Аьрзу, воуьйтур вуй ахь со? Пурба лохьа суна…
Аьрзун дог кIаддира вешин безамо. Иза леррина хьаьжира дехар деш лахара хьала шега хьоьжучу Iелин чу хиш хIиттинчу гIайгIанечу бIаьргашка. Дукха хан йара цаьрга иштта леррина иза хьажаза. ХIаъ, бераллехь дуьйна ца хьаьжнера. ДуьххьалдIа, хьажа хан ца хиллера. ХIетахь дуьйна оццул дукха хан йаьллашехь, царна чохь Аьрзуна гург маж-мекх сирдала доьлла доьзалан да Iела вацара, ткъа жима кIант Iела вара, церан доьзал хIаллакьхиллачул тIаьхьа, мацалла, шело, гIело ловш, дерригенна а садетташ, Iай а, аьхка а виллина хьаннашкахула, лаьмнашкахула шена тIаьхьахIоьттина лелла, тIаккха, герз кара а эцна, шена улло ваьлла, йалхитта шарахь тIом бина Iела.
Оцу бIаьргаш чохь Аьрзуна гора шен дагна хьомениг, цкъа а шена йуха хин доцург дерриг а – гена дIайахана синтемаза бералла а, ден Iуналла а, ненан хьастаме куьг а, йижарийн безам а, вешин тешам а…
Мацах цкъа беран хенахь, горга буо хилла висина шаьшшиъ дуьненан баланийн йозалло таIийча, ша иза ма-хьасттара, Iела тIе а озийна, цуьнан корта шен даг тIе а таIийна, жимачу берана санна, цуьнан коьртах куьг хьекха хIоьттира Аьрзу…