bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

XV корта. Мух

I

ажарш

Вайна сийлахь ду вешан да-нана, сийлахь ду бераш, йиша-ваша, гергарниш; амма оцу массаьрга а болу безам деккъачу цхьана дашна тIегулло вайн – «Даймохк». Шен Iожаллица цунна ша пайда лур буйла хиъча, валаран ойла йина соцур варий ткъа муьлхха а оьзда стаг?

Цицерон

1

Хьалха а, тIехьа а цIена доьрчий а дехкина, пхонан стаммийчу серех хIазарш деш йалкханаш а къуьйлуш, тIе тиша-киша истангаш тоьхна тхов биллина, сал-палах йоьттина ворда лаьттара МIаьчиган кертахь.

Хьалхарчу буса Коьрас бажо бигна бузийна ши сту, доккхуш нох доцуш, бетах чопаш охкийна, кортош aгIop а хьийзош, гIийла хьоьжура, баккхийниш ундечга тIе а хевшина, къонаниш тIе а хIиттина, учахь лаьттачу зударшка.

Божарша ворда йуттуш, цIа чуьра декъий арадохуш санна, бIаьргашна тIеузуш, чIенга кIел теIош коьрта техкинчу корталийн тIемгаш бIаьргех а хьоькхуш, тийнера уьш.

ЦIеххьана охьа чохь, маьждиган майданахь, мел вахчавеллачу къонахчун а дог кIаддийр долуш зударийн белхар а, маьхьарий а девлира. Иштта къаьхьа белхар ца хезнера Коьрина, тIамехь байъинчу нехан цIа деана декъий оцу майдана охьадехкича а.

ТIаьххьара дисина текх-цаца а, горга дечган шун а, кIуьрзаша буьзна цIестан йай а мотт-гIайбина тIехула тIейехкинчул тIаьхьа, шайн долу-доцу барзакъ тIе а оьзна, шайга тIеховша аларе хьуьйсуш, ворданна уллохь лаьттачу жимачу кхаа берана тIевирзира МIаьчиг:

– Же, дIатIеховшал хIинца!

Шен хьаьрса цIоцкъамаш а дусийна, хьажа йуккъе шад гулбина уллохь лаьттачу Васала, цхьацца оьцуш, вордана ховшийра бераш. Гушбоцчу бохамах дог кхиъначу жимахволчу кIентан велхар иккхира.

Учахь лаьтта зударий меллаша кетIа бевлира.

Дассаделлачу цIенойн дерзинчу пенашка тIаьххьара бIаьрг а тоьхна, билхина ши бIаьрг а цIийбина, кийрара арагIерта къаьхьа мохь шен ницкъ ма-кхоччу сацо гIерташ, кIаййелла, докъан баса а йахана, арайелира Зазу.

– Йаьллий хьо, зуда? – кхайкхира цуьнга МIаьчиг.

Йист ца хуьлуш корта а таIийна, шаьш новкъа даха баьхкинчу зударех уггар къеначу Кебиратна маракхийтира Зазу.

– Кебира-а-т, хIун хир ду-те тхох? Даго диканиг ца хьоьху-кх суна, дистина эккха доллу-кх иза…

– ХIумма хир дац, Зазу, ма йелха. Дала гIo дийр ду шуна, эвлайааш орцахбевр бу шуна…

ХIетталц тийна, кийрахь боьлхуш лаьттинчу зударша шайн дегнашна маршо йелира. Цара тайп-тайпанчу аьзнашца хьоькхучу маьхьарша къардира хIаваъ. Хуьлуш долчух ца кхета бераш, Iадийча санна, тийна Iара. Вуьшта а кийрара дог эккха доллучу МIаьчигна болчу тIе а хорам бира цара.

– Ворда арайаккха, кIант! – омра дира цо Коьрега.

Зуькаран аз тIаьхь-тIаьхьа гергагIертара:

АллаxIy ма сели Iала,

Мухьаммади ва Iала,

Али Мухьаммади

Васели, амин…

Зударий кех бовллалц кетIахь а сецна, тIаьххьара бIаьрг туьйхира МIаьчига. ТIера хьахарш охьа а эгна, йуккъера зIараш гучу а дийлла, тIе латта тесна тхов болу цуьнан жима цIа гIийла хьоьжура цуьнга. Дуьхьалара хIуманаш дIайаьхна Iаьржа кораш. И цIа йакъайеллачу коьртан туьтанах, ткъа и кораш оцу туьтанан бIаьргийн кедех тарделира МIаьчигна.

Цуьнан хьажар бешахула кхерстира. Йукъ-йукъа гIаддийн агIошца наггахь маргIалш а тесна, мацах цкъа салташа къинхетамза гаьннаш, баххьаш тедда, дагарш диттина, дакъийна стоьмийн дитташ лаьттара ирахь, йакъайелла адамийн чархаш санна.

Кхузахь баьхнера цуьнан дай. Оцу лаьттан коржам тIехь ваьллера иза ша а дуьнена. Кхузахь баьккхинера цо дуьххьара ког, аьллера духхьарлера ши дош – «нана», «дада». Уггар хьалха кхузара дIаболалора цуьнан даймохк. Эвла йистехь, гу тIехь, ду цуьнан ден, ненан, вежарийн, кхечийн а кешнаш. Тахана са ма-тессинехь вахана, тIаьххьара Iодика йеш, царна тIехIоьттина иза.

Кхузахь дог дуьтуш воьду иза гена цабевзачу, хийрачу махка…

Баттара йаьккхина шаьлта Iоьттина, кетIарчу утарми уллора цхьа буй латта а даьккхина, иза шен чоин бустамаш чу а доьхкина, шен тиша месала куй бIаьргашна тIе а теттина, новкъавелира иза.

– ДIадели xIapa, Васал, – шега хьоьжуш новкъахь лаьттачу Васална тIевахара МIаьчиг. – Хьо Iе цIахь, тхо гIop.

– Деллахьа, МIаьчиг, маршо лехна ас, цкъа битина вина мохк, сайн йиша-ваша а, халкъ а. Цигара схьа суна тIаьххье кху лам чу а йеа xIapa харцой, Iазаппий. Дуьнен чохь цхьаннахьа а йан а йуй-техьа маршой, нийсой?

– Хаац, Васал, карорга догдоху-кх. ЦIийнан неI-кор a, xIapa ков а къовлур ахь, Васал. Сох хIун хуьлу хаъалц, хIокху цхьана шарахь дола делахь кху ков-кертан. ТIаккха хьайна луъург дан пурба ду хьуна. ХIан, схьало хьайн куьг.

– ХIан-хIа, дукъа валлалц дIавогIу со…

Зударшна тIе а вахана, цхьана маьIIера дуьйна мара а лелхаш, церан Iодика йан вуьйлира МIаьчиг.

– Делха ма делхалаш. Жимма делалой, декхалой дIахьовсадел аш тхо. Маьрша Iойла! Шу ца дезаш, xIapa мохк ца безаш ма ца доьлху тхо. Цигахь цхьа рицкъанаш йазделла хир ду-кх. Маьрша гойла вайна!

– Дала некъ тобойла шун!

– Вайн везачу Дала Шен эвлайаийн орца лойла шуна!

– Тхо диц ма делаш!

– Зазу, марша гIойла хьо!

– Маьрша Iойла шу а!

Урамо голатухучхула схьа гучуйелира дошлойн колл. БIаьштиг тIе таIош тиллина Iаьржачу холхазан лекха куй а, стоммачу дегIана тIеоьзна дуьйхина дато бустамашца Iаьржачу исхарин чоа а долуш, сирачу динахь массарна а хьалха вогIура молла Шахьби. Шен шуьйра, йеха кIайн маж некха тIехь шалха а кагйина, ши бIаьрг говран шина лерга йуккъе а боьгIна, зуькаран мукъамца меллаша корта техкабора цо.

Цунна тIаьхьа кхо гIулч йукъ йуьтуш богIура Аьрзуй, Маккхаллий, Чорий, Iелий. Царна тIаьхьа беха могIа бара кхелхарш новкъа баха богIучу нехан.

Дошлойн кол тIехйаьлча, гучуйелира кхелхачийн къепал. Массарна хьалха йогIура йаккхий маIаш йолуш боккха тайша ши сту а боьжна, тIехула гIажарийн куз тухуш тхов бина Шахьбин ворда. Ворданна хьалха хиъна йара тийла дилхано дегI кепах дохийна, кхалкъе чIениг некха тIе а йеана Шахьбин зуда – стомма Бежу. Говрахь улло ваьлла, стерчий лоьхкуш вогIура церан цхьаъ бен воцу кIант Хьабиб.

Миска кечйинчу ворданна улло ваьлла, пхонан сара а карахь, шен чолакх гIoгI текхош, дохк санна, кхоьлина вогIура Гати. Боьлхуш тIаьхьагIоьртинчу шен кегийчу йижарийн а, вежарийн а марара халла схьайаьлла Эсет, билхина бистина ши бIаьрг цIийбелла, белшаш тIехула месаш йаьржина, сауьйзуш, хIинцца тIаьхьакхиира майрачунна.

Ткъа мелачу махо охьа чуьра схьа хаддаза тIаьхьакхоьхьура зударийн тийжар.

Ковран тIаьхье йерзош, лергаш къардеш дечиган сема а цIийзош, меллаша тIаьхьатиэкхара МIаьчиган ворда. Стерчийн дуьхьлоцу а лаьцна, корта а оллийна, кхоьлина хьалха вогIура Коьра. Ворданна тIехь, кхераделлачу берашна йуккъехь, ши бIаьрг цIийбина хиъна Iара Зазу. Куьйгаш букъа тIехьа а дехкина, меллаша гIулчаш йохуш, тIаьхьавогIура МIаьчиг а, Васал а.

– Вуон воьду хьо, МIаьчиг, – бохура Васала. – Соьга ла ца дуьйгIи ахь.

– Даг тIе туьха ма тийсахьа, Васал, – жоп делира МIаьчига, лаьттан бIаьра а вогIавелла. – Кийра богу сан, алу хилла. Йух-йуха а ма дийцахьа…

– Хонкарахь шуна ирс карор ду бохучух кIезиг теша со. Дала аьтто болда шун!

– Баркалла хьуна, Васал! Дика доттагI ву хьо. ДогцIена.

– Нагахь хьайна моьттург ца хилахь, сихха цIа верзалахь.

– Дика ду, Васал.

– Даймохк боцу стаг а, велларг а цхьаъ ву, МIаьчиг. Хала делахь а, атта делахь а, шен цIа тоьлу. Нехан йалсаманел шен жоьжахати тоьлу, олуш ду оьрсийн. Нийса дешнаш ду уьш.

– Бакълоь хьо, Васал. Хийрачу махкахь паччахь хилла вехачул, шен махкахь caгIaдехар гIоли йу, олу вайнаха а. Дерриг хаьа суна, Васал. Амма муха ваха веза кхузахь? Ас дийца ца оьшуш, хьуна хьайна а гина оьрсаша кхузахь динарг, деш дерг а го хьуна. Ас буьйцурш Андри, Корни, Яьшка саннарш бац. Уьш инзаре дика адамаш ду. Уьш санна кхиберш а белахьара, гIyp вацара со Хонкара.

– Иштта ма алал ахь, МIаьчиг. Берриг бац дика, амма берриг бохург санна бу дика. Хьуна муьлш гина? Салтий, эпсарш гина. Хьаькамаш гина. Ткъа баккъал болу оьрсий гина бац. Уьш хьайл аттачу хьолехь бу моьтту хьуна? Йа Яшкас дийцинарг дицделла хьуна? Сайн кхолламах лаьцна ас дийцинарг дицделла хьуна? Хьолахой массанхьа а цхьатера бу. Оьрсийниш, нохчийниш, гуьржийниш. Массерниш а. Сутара, къиза. Царна бен вац шайниг а, неханиг а. Турцехь а хир ду изза. Нийсо, бакъо карор йац хьуна, xIapa дуьне мел ду ахь лехарх.

– Сан дог дохадо ахь, доттагI.

– Суна къинтIера валалахь, МIаьчиг.

Цхьа масех минотехь вист ца хуьлуш вахара и шиъ.

– Шаьш дIакхаьчча, кехат йазделахь, МIаьчиг.

– Схьа хьан дохьур ду иза?

– Йуха цIа вогIуш стаг нисвала а мега.

– Дика ду, Васал. Йаздийр ду ас.

– Хьан керт-ковн доладийр ду хьуна ас. Цигахь хьо дукха Iийр вац бохуш, хьоьху суна даго.

– Делан карахь ду дерриг а.

Хьалха йоьлху ворданаш регIан дукъа тIе йевлира. Цигара йухаберза безара хIорш новкъабохурш. ХIор а минотехь гергагIертара къаста деза хан. Лакхо ваьлча, некъана йуьстахъхIоьттина лаьтташ ши говр йужу гIудалкх гира Васална. Цунна уллохь кхоъ стаг лаьттара: шиъ – ламанхойн духарца, важа – муьжгийн духарца.

Андрей а, Корней а вара цигахь лаьттарг. Селхана Оьрза-ГIала веанчу ДанчIехула хиънера царна Гати-Юьртара шайн доттагIий Турце дIакхелхаш хилар. Сийсара тIаьххьа цIера арабевлла уьш, мел сихбаларх а, хIорш йуьртах бовлале ца кхиира кхуза.

Уггар хьалха Iелина бевзира уьш.

– ДIахьажахьа, Аьрзу! – воккхаверан мохь белира цуьнан. – Андри веана!

– Корни а ву!

– ДIогахь Яку а лаьтта!

Цхьамма омра дича санна, говраш хьалхахьа хийцира наха. Дукха хан йалале доттагIийн мара бахара уьш.

– ОххIай, ма дика ду шу даьхкина!

– ДагIа-м догIура, амма гур ца моьттура!

– Ткъа шу? Къайлаха дIадаха дохкурий-ц!

– ЦIахь хIун ду? Доьзалш могаш буй?

– Наташ, Маруса муха йу?

– Далла бу хастам. Со тешац-кх хIинца а. Баккъал а, дIадоьлху шу, Маккхал?

– ХIаъ, Андри, дIадоьлху.

– Iела, мичахь йу Айза? – хаьттира Корнейс.

 

– ЦIахь йисина.

– И хIун ду?

– Божарий бу кхелхарш. Зударий цIахь буьсу.

– Берриг шайн доьзалшца бу, ткъа хьайниг?

– Сов мохь хир бу некъахь.

– И хIун ду ахь дуьйцург?

– Йитина ас иза. ДIакхаьчча, турко йалор йу ас.

Хьерваьллачу стаге санна, Iелега хьаьжира Корней.

– Соьца забарш ма йелахь. Цул, дуьхьал схьаалал, сан йиша цIахь йитина хIунда воьду хьо?

Iела кIажвахана велавелира.

– Цо ша витина со! – доттагI карзахвохура цо.

– Дика хьаха витина, – дIа а вирзина, туй кхоьссира Корнейс. – Шен ирс, дера, ду цуьнан, хьо тентаках къаьстина. Хьекъале зуда йу. Iовдал хиллехь, цIийнах йаьлла, шуьца дIайогIуш хир йара. Ма даахьа сан са, хIунда йисина иза?

– Гуьйранна цIа вогIур ву со.

– И ша ду, – паргIатваьлла, садаьIира Корнейс.

Цхьацца-шишша вогIуш, тIегулбелира гатийуьртахой. Царна массарна а дика вевзара Андрей а, Яшка а. ДIадаханчу шарахь шозза веанера и шиъ болх бан Гати-Юьрта. Нийсса ах болх маьхза бира. Къоьлла къикъбоьллачу наха а хIун лур йара? Кхелхачеран ворданаш, марс-мангал, бел-шада, диг, кхийерш а цаьршиннан куьйгаша йина йа тойина йара.

– Дарасти, Андри!

– Досудани, Яьшка!

– Хорош человек, Андри! Большой испасиба.

– Досудани, Андри!

ТIевеанчу Васала а, МIаьчига а маршаллаш хаьттира.

– Ма дика ду шу даьхкина, – элира Васала.

– МIаьчиг, хьо стенна кхоьлина? Боьрша вац хьо? – забар йира Андрейс.

– ВаллахI, ва биллахI… боьрша-м… Боьрша хилча, даймохк битина гIyp варий со, мича воьду а ца хууш! – куьг ластийна, дIатийра МIаьчиг.

– Ткъа ахь хIун до, Василий? Хьо-м вац воьдуш?

– ХIан-хIа, Андрей Никитич. Кхузара бухвер вац со, кешнашка дIавиггалц. Цхьа даймохк байна сан, шолгIачух къаста лаац суна. ХIорш новкъа баха веана-кх… Гора, Никитич, йаI, ма боккха бохам бу-кх xIapa…, – Васалан бIаьргех хиш хьаьлхира.

– Яков, гIудалкх йухайерзайе. ТIаьхьадоьлху вай.

– ОxI! Мовла а ву! – мохь белира Корнейн. – Хьо а стенга доьду, Чолакх ШайтIа?

Даьсса пхьош доьхкарх а доьллина, царна тIевогIура Мовла. ДоттагI гича, йуьхь йекхайелира цуьнан.

– Хонкара воьду, обарг, Хонкара! – шен гIоргIачу озаца жоп делира цо, цхьаъ бен доцчу куьйга Корней мара а къовлуш.

– ЦIахь ца Iело хьо?

– Нах боьлху, со а воьду. Дуьненна дерг ловзар ду олуш, кица ду тхан.

– Адамна ма хуьлда xIapa ловзар! Кхин мила ву шун эвлара?

– Со цхьаъ бен вац.

– Суна-м хаьара, шун эвлахь хьо цхьаъ бен Iовдал воцийла!

Шен андий цергаш гучу а йаьхна, гIовгIа йоцуш воьлура Мовла.

– Iовдал ша волчу дIавоьхур вац туркойн паччахьо!

– Цо дIавехна хьо? – забарх ца кхийтира Корней. – ХIаъ, султанна мел хили а сов бевр бац хьо тайпа разбойникаш!

– Соьга сайгга кехат даийтина цо. ДIавола, Мовла, боху, ша сагIадоьхургийн паччахь вийр ву хьох.

– Делхьа, ма воккха забарча ву-кх хьо, Чолакх ШайтIа! Баккъал а, со тешийна ваьллера-кх хьо!

– ХIаъ, Корни, Оьрза-ГIалахь – хьо цхьа Iовдал, Мескитахь со цхьа Iовдал ву. Халахета, хьо накъост а воцуш со воьдуш хилар.

– Баккъал а воьду хьо?

– Воьду-кхи ткъа.

Корнейс резавоцуш корта хьовзийра.

– Делхьа, ма халахета суна хьо дIавоьдуш. Дан дагалаьцна дуккха а гIуллакхаш дара сан. Мел дукха хьолахой бу станицашкахь. Церан хьал дара диэкъа дезаш.

– ДIадели и, обарг, – забарш йитина, баккъал вистхилира Мовла. – Валлалц талораш деш вахалур вац. Цкъа цхьамма дIакъовкъор ву. Йа Сибрех лоллур ву. Къоланна тIехь валарал, лаьцна Сибрех вахийтарал доккха иэхь дац. TIe, сингаттаме а ду кхузахь. Сила йоккхачу Оьрза-ГIалахь пхи-йалх бен къонах вац. Бисинарш дехкий ду, цицигах а кхоьруш. Сан дендас бийцира суна хьалхалера гIалгIазкхий. Уьш хилла хьуна къонахий! Даим а нохчашца цхьаьна. Диканехь, вуонехь а. Вовшашна гIo деш. Цхьаьний тIаме а боьлхуш. Хьеший а, вежарий а хилла уьш. ХIинцалерчаьрга хьажал? Церан да паччахь ву. Шайн лулахошна, вежаршна тIе тIамца богIу. Паччахьах кхоьруш. ХIан-хIа, ишттачу лулахошна генавалар гIоли йу. Йуьххьехь дуьйна шун гIалгIазкхий тхоьца бертахь хиллехьара, паччахьан эскаршка Терка тIе ког буьллуьйтур бацара вай. Лаьхкина Петарбухе дIабуьгур бара. Тахана тхо махках доху. Кхана шуьгахь хир йу paгI. Гора, Корней, йаI, ма тIаьхьа ваьлла вайша дуьнен чу! Цхьа бIе шо хьалха вина хиллехьара. Хьох – атаман, сох имам хилла хир вара. Инарлашна йетташ. ХIинца бац хьалхалера нохчий а, гIалгIазкхий а. КъотIалгIа йина хIуманаш йисина. Цундела воьду со Хонкара. Цигахь карор ду ас сайна гIуллакх.

Корнейс леррина ладоьгIура. ДоттагIчун дешнаша дог Iовжийра цуьнан. Цкъа а ца динера цо иштта къамел. Бакълоь иза. ХIинца бац станицашкахь хьалхалерниш санна гIалгIазкхий. Паччахьо шен йолахой бина уьш.

– Цхьа куьг бен доцчу ахь хIун дийр ду цигахь, ва хьерабаьлла корта?

– БойсагIар вуьйцу хезний хьуна?

– ХIаъ, хезна…

– Цхьа куьг, цхьа ког, цхьа бIаьрг бен бацара цуьнан. Амма паччахьан уггар тоьлла инарлаш гIибабохура цо.

– БойсагIар Шемалан наиб вара, шен шортта эскар а долуш.

– Эскаран метта оьгIазло йу соьгахь, кийра буьззина. Султана латта ца лахь, обарг вер ву со. Туркой тало.

– Хьайн берех къа мукъа а хетахьара хьуна.

– Дала йаздинчух бевр бац уьш а.

XIapa шиъ хьалха боьлхучарна тIекхиъча, Андрейна а, Маккхална а йуккъехь а бара изза къовсам.

– Нах-м Iехабеллера. Хьой, Аьрзуй, Iелий а вацарий сонтачех. Шy хIунда доьлху?

– Туркойн паччахьо цхьа эладитане кехаташ даржийна нохчашна йуккъе. Царах Iехабелла нах. Бакъдерг аьлча, со тешац и кехаташ туркойн паччахьера ду бохучух. Кхузахь тешнабехк бу. Нах кхето, совцо гIерташ, оха ца деш хIун дитина? ЛадогIац. Оцу кехатах теша. Баккъал а туркойн паччахьо шаьш сий деш, лоьруш тIеоьцур ду, шайна Дала долуьйтур ду, моьтту. Цхьаболчарна хаьа, хийрачу махкахь шайн дахар къаьхьа хир дуйла. ХIетте а боьлху. ХIокху паччахьан къизаллех, харцонах бевдда. Тхан дайша шайн цIийца хьандина xIapa латта. Дийна бисинарш, кхолламна къера а хилла, севцца. Тхан мохк, дин, гIиллакхаш лардан дош деллера паччахьо а, сардало а. Цара а Iехий. Хьуна гo-кх тхоьгара хьал. Къоьлла-м, лайча, ловр йара, амма харцо, сийсазалла лан ду хала. Оьрсашца мукъане а тхан бакъонаш нисйахьара. Тхуна тхаьшна шатайпа Iедал хIоттийна. Цундела кхелха нах Хонкара. Мацаллех, къизаллех бевдда. Амма оьрсийн а, туркойн а паччахьашна йуккъехь башхо йац. Цхьа вов-шов ду. Массанхьа а вайн вежарий охьатеIабо.

– Иштта-м дара иза, Маккхал. Амма шаьш дечуьнан ойла йейша. Даймохк битина ма доьлху шу. Кхечахьа карор ма бац шуна иза. КIелхIитта тхов-м карор бу, амма даймохк карор бац. Стеган цхьаъ бен ма ца хуьлу даймохк.

– Тхо цхьадерш йухадогIур ду, Андри. Цигахь хIокху нехан гIуллакхаш муха нисло а хьаьвсина.

– Иза а ду-кх маслаIат, – велакъежира Андрей.

Къаста деза сахьт тIекхечира. Кхузара дIа некъаш Мичка тIе а, Шела а доьлхура. Андрей йуьстахваьккхира Iелас.

– Вешица воьду со, Андрей, – цуьнан пхьарс лаьцна, сихха къамел долийра Iелас. – Цунна цхьаъ хиларна кхоьруш. Маккхал а, Чора а ву тхоьца. Амма тхо виъ цIа вогIур ву. Гуьйранна йа цхьа шо даьлча – маца хир ду хаац. Айза а, бераш а цIахь дуьсу. Айзин да-нана къена ду. Кхин гергара нах бац цуьнан. Наха тесна-м йуьтур йацара иза. ХIетте а, хьайн хан хилахь, наггахь хьажа-хIотта вогIур хьо. Керт-ковхь цунна хIун оьшу хьажа.

– ДIавалахьа, ваша, хIун ду ахь дуьйцург? – дегабаам бира Андрейс. – Ахь ца аьлча а, со ца хууш ву сайн декхар?

– Васалан терго а йелахь. Къоланаш а дитийта цуьнга. Кхин весет дац сан.

Кисанара схьабаьккхина йовлакхан шад Iелега кховдийра Андрейс.

– ХIан, некъана xIapa кхо туьма ду хьуна. КIезиг-м дара xIapa. Ас а, Яшкас а вовшахтоьхна иза. Дешин массанхьа а мах бу. ДIаэца.

– ХIан-хIа, Андрей, – куьг дIатеттира Iелас, – шу шаьш ду халла кадетташ. Мегар дац!

– ДIаэца ахь, тхо цIахь ма дуьсу. Оха цхьа таро йийр йу. МIаьчигна цхьа пхи сом ло. ДIаэца, суна хала а ца хоьтуьйтуш.

Корта а хьовзийна, схьаэцна, шад гIовталан кисана тесира Iелас.

Корней а воллура цхьа хIума-м Мовле дIакхийдош.

– Бакъдерг аьлча, схьадохьуш-м Iелина бохуш деара ас xIapa, – бохура цо. – Хьо воьдий а ца хаьара. ХIан, xIapa пхийтта сом ду хьуна.

Мовла йуха ца гIиртира Iела санна.

– Хьо-м, Корни, адамна хIумма а ца хууш, хьолахо ма хилла! – воьлура иза. – XIapa суна делча, Марусас а, бераша a xIyн дийр ду?

– ХIумма а дийр дац. Даа бепиг ду шортта. ХIокху ахчанна са ма гатде ахь. Ши-кхо де далале ас меттахIоттор ду. Дакъаза ма вала хьо, Чолакх ШайтIа, хьо дIавахча, сан гIуллакх ма галдолу! Сайн товар ас мича дахьа деза?

– Бена хьала дига ахь. Далха волчу. ХIан, обарг, схьавоьл сан мара. Марша Iойла хьо. Суна са ма гатделахь. Ас сайн дакъа нахе доуьйтур дац хьуна, мичча махка вахча а!

– Марша гIойла, Мовла…

ГIайгIане миноташ тIехIиттира.

– ХIай веза Дела…, – элира Яковс. ЦIеххьана аз хаьдда, балдаш дегийра цуьнан. – Ма боккха бохам бу-кх xIapa…

Цуьнан букъах куьг туьйхира Маккхала.

– Сатохалахь, Яьшка. Велхар товш дац боьршачу стагехь.

– Муха ца воьлху, Маккхал? Даймахках довлуш ма ду шу…

– Хьо а, Васал а ца ваьлла Даймахках? ХIетте а дийна ву. Дала гIo дийр ду тхан а.

Яшкас корта ластийра.

– Тхайниг ша ма ду, дядя Маккхал. Кхузахь массанхьа а оьрсий бу, мухха делахь а, оьрсийн Iедал а ма ду. Ткъа шу хийрачу махка доьлху. Цигахь нохчий ма бац. Хийра мохк, хийра адамаш… Марша гIойла! Дядя Аьрзу, дядя МIаьчиг, марша гIойла… Тхо диканна дагалацалаш…

ДIа а вирзина, къайлаха бIаьрхиш дIахьаькхира Яковс.

Аьрзу говрана тIехиъча, берриг а говрашна тIехевшира.

– ХIан-хIани, кIентий! – шайна тIаьхьабевллачу нахана тIевирзира Аьрзу. – Сарале Шела а кхаьчна, цигахь гулбеллачу нахаца буьйса а йаьккхина, кхана Iуьйранна, хьалххе гIевттина, БуритIа дIагIур ду тхо. Цига гуллуш бу кхелхарш берриш а. Вайна мел цалаарх, къастаза ца довлу вай. XIapa Ахьмад, Янаркъа, Абкар, Солта, Суьлти, Акхта а воцург, вуьш кхузара йухадерза. ХIорш йалх тхоьца БуритIа кхаччалц дIавогIу. ХIокхара тхох лаьцна хабар дохьур ду шуна. Тхуна са ма гатде. ХьаьжцIа оьхучу наха xIop а шарахь вовшашна тIе хабар кхачор ду вайн. Цу тIе, Хонкара башха гена меттиг а йац. Вай а Iийр дац вовшашна тIе ца кхочуш. Амма, тхох хIун хуьлу хаъалц, цхьа а доьзал кхузара меттах ма балийта. Дохий ма хьийза. Вайгахь товш дац иза. XIapa Iаьржа латта бухдийларх, и сийна стигланаш тIейелхарх, духур дац вай. Вешан турпалчу дайн бакъ кIентий хилла, лийр ду вай цIахь а, арахь а. Цхьанне а корта ца таIош, цхьанненна а хьалха гора ца оьгуш. Амма маршонах догдиллина Iийр дац. Маккхал, ахь хIумма а олий буьсучаьрга?

Шен динна чоьже кIажаш таIийна, гуонна йуккъе ваьлла, пIелгаш доцу аьрру куьг лере лецира Маккхала. Хьаннашкахь кхолхадуьйлуш, генна дIадахара цуьнан кIеда, дуькъа аз:

Iа-а-а-а!

Бераллин къаьхьа кад

Мийлина тхоьца,

Цу тIеман сийна цIе

Кегийна тхоьца,

Бохамехь, халонгахь

Хьийзина тхоьца,

Хьомсара йуьртахой,

Шу марша Iойла!

Шен догцIена сийна ши бIаьрг а хьаббина, месалчу цIоцкъамаш йуккъе шад гулбина, иллин мукъаме терра корта а лестош, иллин йийсаре вахара иза. Улло веанчу Суьлтас шен зевне озаца тIаьхьара айъира:

Ia-a-a-a!

ЦIа доцуш тхо дисча,

Дохдина латта!

Мацалло бIарздича,

Дузийна латта!      Тхан цIийца хьандина,

Лардина латта!

Хьо марша дуьсийла,

Дай баьхна латта!

– ХIейт, маржа, дуьне, йаI!

Iа-а-а-а!

Буьрсачу къийсамехь

Тхан дегнаш дахчош,

Тхо майра кхиийна

Хьомсара лаьмнаш,

Доьхначу кху дийнахь

Бертаза къастарх,

Тхуна шу дицлур дац

Хийрачу махкахь…

– ХIейт, гора, кIентий, йаI! Доха ма дохалаш! Вайга хьуьйсуш бу шуна оцу хIолламаш кIел Iохку вайн дай, вежарий!

Баккхийчарна тIехьа а хIоьттина, тийна ладоьгIуш лаьттачу Коьрас гIийла бIаьрг беттара шена тIаьххьара гучу даймехкан Iаламе. Кху шарахь къаьсттина хаза кечделла и Iалам тахана кхоьлина хетара цунна. ХIетта гIa даьккхинчу къеначу хьаннаша хьулйинера дуккха а иэрчонаш гина раьгIнаш, гунаш, Iаннаш. Йукъ-йукъахь акха кхиъначу стоьмийн кIайн а, можа а, цIен а, сийна а зазаша къарзйина и беркате къена хьаннаш бIаьрго ма-лоццу даржийначу, хаза хьийзинчу, бес-бесар бос бетталучу инзаре доккхачу холхазах тера йара. Амма хеталора, и хьаннаш, кху нехан гIайгIанечу мукъаме терра, хезаш аз доцуш, кийрахь йоьлхуш, техкаш санна. Шех къаьстачу берех дог Iаьвжина, бIаьрхиш къайладаха санна, ира кортош кIайчу мархашна йукъа а доьхкина, дIатийнера нохчийн къоьжа лаьмнаш а. Генна охьа чуьра схьахезара бIаьстенна дистинчу чехкачу Яьссино ден къора къурдаш. Коьрин доьхна дог хьаста гIерташ санна, кортош лестош, когаш кIел эсала техкара бес-бесара зезагаш.

ТIаьххьара вовшашна мара а лилхина, дIасакъаьстира кхелхина боьлхурш, бухабуьсурш. Шина а агIорчийн дегнаш доьлхура, амма церан буьрсачу йаххьаш тIехь и ца хаалора.

 

Некъ хьуьн чохь къайлаболлучохь дой йуха а хьовзийна, йуьртахошка тIаьххьара бIаьрг тоха цхьана минотана севцира дIабоьлху береш. Кочара схьа а йаьхна, хIаваэ хьала а лаьцна, цхьабосса кхузза шатлакхана тоьпаш кхоьссира цара.

Царна кхузза жоп делира, хIолламаш дохкучохь хIорш бIаьргана гучуьра бовллалц, тIаьхьахьуьйсуш, хIиттина лаьттачу йуьртахоша…

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru