bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

– Дика ду. ЦIа а вирзина, наха хIун олу, хьожур ву тхойша. Маца хир ду цига кхалхар?

– БIаьстенан йуьххьехь, буц тIейолучу хенахь. Амма хьовсур ду бохург дуьйцур дац вай. Дохо йиш йоцуш чIогIа вовшашна дош делла бен, дIасакъаьстийла дац вайн тахана.

– Нахана хIун лаьа а, ца хууш, дош дала хала ду, Муса, – къамелна йукъавуьйлира Iелаха. – Цкъа, цIа а дирзина, нахе хатта деза оха.

– Нахе хоттучу даьлча, гIуллакх гена дер ду, кIентий. Оцу гIуллакхна йукъ а йихкина арабевллачу нахана луо аьлла, туркойн паччахьо Iабдул-Межеда делла эзар туьма ахча ду соьгахь. И гIуллакх ашшимма дахь, шуьшинна дуьсур ду иза, нагахь накъостий лецахь, цаьрца диэкъа дезар ду.

– Молланийн гIоьнций бен тхойшиннан гIуллакх нислур дац.

– И шуьшиннан гIуллакх ду. Амма нахана гIуллакх ма-дарра довзийта: йа, шайн даймахкахь леш хилла, сагIадоьхургийн хьолехь дахар, йа шийлачу Сибрех кхалхар, йа Турцехь, бусалба вежарашна йуккъехь, маьрша, ирсе дахар. БоьалгIа некъ – герзаца маршо йаккхар – хьеха а ма дайта. Шу дерриш а хIаллакьхирг хиларан шеко йац вуьшта.

– Кхета тхо.

– Реза вуй шуьшиъ?

– Ву.

– Шаьшшиннан дашах вухур-м вац шуьшиъ?

– Тхан дош къонахийн дош ду, Муса.

Меллаша сейфа тIе а вахана, цу чуьра Къуръан а, цхьа туп ахча а, хьарчийна кехаташ а дохьуш йухавирзира Муса.

– ХIета, вешан барт дуйнаца чIагIбер вай, – Мусас Къуръан тIе куьг диллира. – Ас, Кундухойн Алхазан Мусас, Далла кIел хиъна, хIара Iуспанан Сайдулла а, Цугин Iелаха а теш волуш кху Делан дезчу Къуръанах дуй боу, тахана ас кхушинга дийцинарг дерриг а бакъ ма ду, кхушинна делла сайн дош айса кхочуш а дийр ма ду аьлла. Нагахь со сайн дашах вохахь, сайн дуй къарбахь, кху шина стагана ас сайн цIий хьаналдо. Тоьий шуна сан дуй?

– Оха хьоьга ца бийхира и дуй, – элира эхь хеттачу Iелахана. – Тхо вуьшта а тешара хьан дашах.

– Амма ас шуьга боьху дуй. Сайдулла, хIара Къуръан ду-кх хьуна. Дуй баал шиммо а, ас шайга йийцина пачхьалкхан къайле цхьаьнгге а соьгара йуй хоуьйтур дац, шаьш суна делла дош кхочушдийр ду, ас оцу дуйнах маьршаваккхалц, даима, массанхьа ас шайга аьлларг дийр ду алий.

Шега кховдийна Къуръан схьа а ца оьцуш, Мусига хьаьжира Сайдулла.

– Кхин ду цхьаъ, Муса. Цкъа-делахь, ахь хьалха элира, нохчашца цхьаьна хьайн доьзалца хьо туркойн махка кхелхар ву аьлла. Иза дуйнаца ца чIагIди ахь. Тхох хьо ца тешча, тхан а йу хьох ца теша бакъо.

– Делахь хIета, ас йуха а, хьалха Дела а, шолгIа шуьша а теш волуш дуй боу, нохчийн хьалха йоьдучу тобанца сайн доьзал Турце дIабахийта а, тIаьххьара йоьдучу тобанца суо дIаваха а, сайх тешна дIавеана цхьа нохчо цигахь а вуьсуш, кху махка йуха ца верза а! Кхин хIун оьшу шуна?

Сайдулла, резахилла, велакъежира.

– Тоьуш ду. Амма кхин а ду цхьаъ. Ахь тхайга йийцина пачхьалкхан къайле-м хьан цIе ца йоккхуш йуьйцур йара оха, амма нахе Хонкара махка кхалхаре кхойкхучу хенахь, хьан цIера тIе ца тийжича, тхан гIуллакхан кхиам хир бац. Цунна пурба дуй тхуна?

– Туркойн паччахьца а, цуьнан визиршца а сан хилла къамел а, барт а, цига кхелхачу нахаца со дIавогIуш хилар а нахе хаийта пурба ду шуна.

Сайдуллас, Къуръан шена хьалха а оьзна, иза билггал Къуръан хиларх теша лиъна, схьа а диллина, кехаташ хаьрцира.

– Ас, Iуспанан Сайдуллас, хьалха Дела а, шолгIа шу ши стаг а теш волуш, дуй боу, Алхазан Мусас аьлларг, нагахь иза сан сий дойъуш а, Далла дуьхьал а дацахь, дерриг кхочушдан а, тхаьшна йуккъехь хиллачу бартана йамарт ца хила а. Со йамарт хилахь, кхушинна сайн цIий хьанал до ас, кхушиннах йамарт хиллачунна тIехь кхиэл хIотто тIе а лоцуш!

Оццу дешнашца Iелаха дуй биъна ваьлча, Мусас цаьршинга ахча кховдийра.

– ХIан, цкъачунна хIара цхьацца бIе туьма ду шуьшинна. Дисинарг дIаоьцур ду ашшимма вайн гIуллакх дIадахаре хьаьжжина. Цул сов, Iабдул-Межида нохчашка йаздина xIapa кехаташ а ду шуна. Цара боккха аьтто бийр бу шуна гIуллакх кхиамца вовшахтоха. Вай схьалаьцначу некъа тIехь Дала аьтто бойла шун!

– Амин!

– Шайн гIуллакх дIа муха доьду дуьйцуш, сих-сиха хаам бер аш. Вайна буьйса йоьлла. Тахана сарралц некъ бина шуьшиъ а кIадвелла хир ву. Цул сов, соьга хьоьжуш хьаша а ву. Ас, Афока волчу а вахана, иза схьавоуьйту шуна. Тховса дика садаIа, кхана хиндерг Делан карадуьллур вай.

* * *

ШолгIачу дийнахь хьеший дIа а хьовсийна, цIа вирзинчу Кундуховс доцца кехат йаздира Лорис-Меликовга:

«Хьан Локхалла, Михаил Тариэлович!

Наибе Сайдулле дуьххьалдIа а, кхетош а дийцира ас, хIинца шаьш болчу хьолехь битинчу нохчашна хиндолу зиэн а, оцу хьолехь уьш бита таро йацар а, ткъа оцу хьолехь баха резабоцчарна, xIapa мохк а битина, Турце кхалхар тоьлуш хиларх уьш кхето безар а. Сайдулла массо кепара соьца резахилира, шайн гергарчу нахаца цхьаьна шаьш уггар хьалхарчаьрца кхелхина цига дIадоьлхий а хоуьйтуш, ма-хуьллу сиха халкъ дIакхалхор хIоьттинчу хьолах и кIелхьардаккха цхьаъ бен боцу некъ хиларх а тийшира. Со санна, иза а тешна ву, адам дIакхалхар зиэн-зулам доцуш, машаре чекхдериг хиларх, иза дIадолор ду буц йаьллачу хенахь. Мартан хьалхарчу дийнахь хьо волчу Владикавказе дIавогIур ву со.

Даггара хьо лоруш волу Хьан Локхаллин тешаме лай Муса Кундухов.

26 февраль, 1865 шо.

Скут-Кох эвла»

Россехь ша лоллехь далло халкъаш тIемашбарца кхин тIе а алсамдаха, царна тIехь шен олалла чIагIдан, цуьнца цхьаьна оьрсаша шайн маршонехьа латто къийсам йухабаккха гIерта царизм.

В. И. Ленин

Шолг

I

а дакъа. Чаккхенан йуьхь

I корта. Тифлисехь. (Дешхьалхенан метта)

Эксплуататорийн йукъараллин хьелашкахь даим и прогресс кхочушйора, дукхахчу къинхьегамхошна инзаре баккхий иэшамаш беш, ткъа цкъацкъа – дийнна халкъаш хIаллакдеш.

В. И. Ленин

1

Гуьйренан тIаьххьара бутт хаза беара цу шарахь. Кхоларш йоцуш декхна денош, дегIана там беш къилбе бовха малх. Амма суьйранна-Iуьйранна, лергийн тIилдигаш зийзош, шело хуьлура. Дукха хан йара лаьмнийн баххьаш сирделла. Де дийне мел дели, лаьмнийн когашка гIертара ло. ХIинца а кхераме дара Гуьржийн-БIаьн новкъахула дIасаваха. Делахь а, Кавказехь вина, кхиъна волу Михаил Тариэлович ца кхоьрура кхузарчу Iаламан буьрсаллех. Цунна дош ца хетара лаьмнашкахула, чIажжашкахула тIешарша кийчча кхозайелла лаьттачу лайн токхамаш кIелхула и кхераме некъ. Iай бIозза Тифлисе вахар гIоле йара иэккха йоллучу Нохчийчу ладоьгIуш Iачул.

Тифлисе селхана кхаьчнера Михаил Тариэлович. Иза Кавказан столице валийнарг кIезиг гIуллакх дацара. Бакъду, йа Коьртачу штабан начальникна Александр Петрович Карцовна а, йа коьртакомандующина цуьнан Императорски Локхаллина воккхачу элана Михаил Николаевична а гуш бацара Кавказан Iедалшна хьалха лаьтта кхерам.

Коьртакомандующис инарлина Кундуховна бакъо йелира Константинополе ваха а, нохчий Оттоманан империс чуэцаран, уьш цигахь дIатарбаран хьокъехь туркойн правительствоца къайлах дийцарш дан а, бартбан а.

Бутт сов хан йара, гIуллакх кхиамца чекх а даьккхина, Кундухов цIа вирзина. Константинополехь волчу оьрсийн векалан инарла-майоран Игнатьевн гIоьнца цо диначу дийцаршца церан барт хилира кхузара нохчий дIакхалхо, ткъа туркойн правительствос тIелаьцнера уьш шайн махка дIаэца а, билгалйеш къастийначу меттигашка уьш дIатарбан а. Коьртакомандующи а, цуьнан штабан начальник а тешна вара Кундуховн мисси кхиамца чекхйаьлла хиларх. Амма Кавказ а, Азин Турци а, кхузахь дехаш долу дерриг къаьмнаш а, церан амалш а, гIиллакхаш а, шен пхи пIелг санна, дика девза Лорис-Меликов резавацара бартан цхьана агIонна. Оцу гIуллакх тIехь шина а правительствос шен-шен аьтто, пайда лоьхура. Хиллачу барта тIехь Портан арахьарчу гIуллакхийн министро Iела-Пашас хаза кхоччуш Iехийнера инарла Кундухов а, граф Игнатьев а.

Йуьхьанца цкъа оцу хьокъехь Михаил Николаевиче кехат йаздан ойла хилира Лорис-Меликовн. ТIаккха, дика ойла а йина, Iаддадитира цо иза. Воккхачу эло кехат биэндоцуш дита а тарлора йа кху халчу новкъа дIасадоьдуш хьедала а мегара иза. Ткъа гIуллакх, дIатетта йиш йоцуш, сиха дара. Цундела, дерриг гIуллакхаш тесна а дитина, Тифлисе веара иза.

Даим санна, дуьххьарлера буьйса Баронски урамехь, шен ден цIеношкахь, ваша волчохь йаьккхира цо сийсара. Мухха делахь а, кучере омра дира, гIалин азиатски декъехула, базарийн майданашкахула хьовзий гIуo аьлла. Цара карлайоккхура цунна шен бералла.

Дуьхь-дуьхьал йерзош йиначу туьканийн шина могIанах лаьттара эрмалойн базар. Массо туьканан ши цIа дара. Дуьхьал цIа чохь мах бора, ткъа вукху, тIехьарчу чохь – баккхал. Йукъ-йукъа европейски стилехь дина цIенош го. Амма цара и базаран гIишлош чIогIа тарйо, шена тIера тIелхигйевлла бедарш дIа а кхийсина, кхин керланаш иэца ахча кхоош, тIе цIена йоманаш йетташ лелачу хьалдолчу бIаьрмециг стагах. Базаран тIехула агIорчу декъа тIехь стоьмийн туьканаш йу.

Цигара схьахеза бес-бесара маьхьарий:

– Ай яблук, ай виноград, ай виноград, ай персик!

– Па-па-па! Дашов аддам!

– Пожалуй, барин, ай киняз, издесь хароши!

Урамашкахь ловзу бераш. Буйнаш бетташ а, охьатохарех а. Тротуарашца го шашлык йотту пешмаш. Царна тIера схьаоьхучу чомечу хьожано тIеийзабо уллехула тIехбуьйлурш.

Эрмалойн базархула чекхйаьлла, пайто Татарски майдана йелира. Кхузахь гIажарийн базар йу. Майда готта, массо агIор тIекхозайелла цкъа а, шозза а, кхузза а тIекIелйина гIишлош. Когаш кIел йоцуш хIума йац. Дахкаделла стоьмаш, тиша мачаш, тIелхигаш, хатт, Iаьмнаш. И майда сийсош адам. Царна тIехула корта а айъина йогIу киранах йоьттина Iожа эмкал. Йуьхь лаьцна вогIучу гIaжаричо охьаийзайо цуьнан мерах тесна чуха. Мара лазо эмкал, гIийла узарш деш, месала корта а лестош, гора йоьжна, корта дIаса а хьийзош, нох даха йуьйлира.

Эрмалойн базарна уллохула чекхволуш Лорис-Меликовна хьалха схьахIоьттира азиатски дуьне. Атлазан гIовталш, дIа мел боккхучу когаца шах-ших деш, позументаш тегна атлазан шуьйра шарбалш, буьхьигаш ирххьаьвзина лекха эткаш йуьйхина гуьржий. ДуьхьалвогIу цуьнан махкахо – эрмалойн совдегар. ТIедуьйхина – кавказски чоа, коьртахь – московски картуз. Йоккха, горга гай, доца лергина мекхаш. Цунна гац гуонаха дерг цхьа а. Схьахетарехь, цуьнан йерриг ойла дIалаьцна шен коммерчески гIуллакхаша. Цунна тIаьххье схьагIертара букъа тIе бихкина кенех буьзна гIайба а болуш имеретинец – муш. Иза къеста шен бIегIаган куйнаца. Йеха маж йолу гIажари ву цхьа аьрша лекха хьаьрса куй коьртахь, шуьйрачу гIовтална тIехула оба а кхоьллина, гIовтал тIехула дихкинчу тIергIан йовлакхах йоккха шаьлта а кхозуш. Адамашна тIехула а хьоьжуш, вогIу чергази. Iаьржа маж, ира хьажар, коьртахь – холхазан куй, когахь – цIечу тIаьрсакан кIархаш, къевллина йукъах дихкинчу дуткъачу доьхкар тIехь – шаьлта а, шиъ тапча а.

 

ЙуьстахъхIоьттина лаьтта къона курд. Цунна тIехь йу сийна а, можа а чимчаргIаш тIетегна цIен куртка. Шуьйра, сийна шарбал, механа йеза цIен эткаш, коьртах хьарчийна къорза чалба, хаьн тIехь кхозуш – туркойн гома тур.

Нахе, некъ бита бохуш, мохь бетта хи чохь доккха ши китт тIехь долчу говр-Iаспаран йуьхь лаьцна вогIучу тулухчас. Калбанийн эчиган кIажош тIулгех детташ, меллаша дIасалела когашкара дуьйна коьрте кхаччалц дерриг догIмаш кIадешла хьарчийна йуьхь-дуьхьал кIайн чадраш оьхкина зударий. Йаккхийчу мажошца оьрсийн муьжгий, стаммий зударий. Сих-сиха дуьхьал нисло тIехь формица салтий.

«ХIун оьцу аш? Схьадуьйла, йорах лур йу!» – тIехбийраш чу а боьхуш, пондарш лоькхуш, шайн туьканашна хьалха хевшина Iа баккхалчаш. Мачийн пхьалгIанаш чуьра схьа – жIаьвнийн тата, ткъа кетарш йечийн цIеношкара схьа шайн ницкъ ма-ббу чIогIа мохь хьоькхуш иллеш хеза. Герзийн пхьалгIанаш чохь – жIаьвнийн татанаш, херхийн а, кевнийн а цIийзарш. Ураман шина а агIор цIенойн легIина тхевнаш дIалецна – зударий, бераш. Цхьанхьара схьахеза зурманан йишхаьлла гIовгIа, детта тIараш, йетта вота. Цигахь хелхарш ду. Кхузахь го тайп-тайпана ворданаш. Шиъ, дукха хьолахь, йалх сту йа бугIа йоьжна схьагIерта гуьржийн йеза ворда. Цуьнан стаммий йеза чкъургаш семанца хьийза. Дукъа тIехь сераца бугIанаш лоьхкуш вогIу тIелхигваьлла кIант. Ши метр лекха чкъургаш йолу хIирийн а, лезгинийн а ворданаш цIийза, лерга поттанаш хIиттош.

Урамо голатухучухула дIахьаьвзича, пайто Эривански майдана йелира. Кхузахь иттех гIулч тесча, Азера Европе волу. Амма кхузахь а йац цIано. Гуонаха даккхий цIенош дина, тIулг хьажоза, йукъ-йукъа гоьллец догIуш оьрнаш дийлла майда. Аьхка кхузахь урамашца гоьллец йогIуш чан хуьлу, ткъа тахана хатт бу, нитIа а хилла лаьтташ. Майданна йуккъе йоьттинчу дечгаш тIе а хевшина, вовшашка эладитанаш дуьйцуш Iа мукъа гIалахой. Кху майданна гуонаха долчу цIеношкахь йу Кавказски эскарийн коьрта штаб а, гIалин полицин урхалла а, дежурни-инарлин урхалла а, тIеман-топографически отдел а, инарла-квартирмейстран урхалла а, семинарски цIенош а, кафе-ресторан «Опера» а…

Семинарна уллошха тIех а йаьлла, коьртакомандующин резиденцин корпусашна уллорчу Коьртачу штабан цIеношна хьалха сецира пайтон.

2

Цуьнан ширачу доттагIчо Александр Петровича, даим а санна, везаш тIеийцира Михаил Тариэлович. Вовшийн доьзалшкара хьал-де а, беза-бевзарш а хиттинчул тIаьхьа гIуллакхех лаьцна дийцарш долийра цаьршиммо.

– Дийцахьа, хьомсара Михаил Тариэлович, муха ду вайн нохчашца долу гIуллакх?

Лорис-Меликов, резахилла, велавелира.

– ТIехдика, ала ваьхьар ву со, Александр Петрович. Вайн агенташа доггах болх бо цигахь. Цхьаццаберш гуттар тIех а бевлла, масала, Сайдулла.

– Ма-дарра дийцахьа суна, Михаил Тариэлович. Селхана ду-кх цуьнан императорски локхалло цигарчу хьолах лаьцна соьга доклад йоьхуш.

– ЧIогIа бакъахьа ду, – креслох дIа а тевжина, гоьл тIе ког баьккхира Михаил Тариэловича. – Дукха хан йоццуш крайхь долу хьал толлуш чекхволуш, суна хааделира Турце кхалха ойла йолуш нах Iаламат дукха хилар. Эло Тумановс а, инарло Кундуховс а йаздо, кхалха луучийн барам денна алсамбуьйлу бохуш. Элана Тумановна ас йуха а тIедиллина, гIуллакх чIогIа къайлаха а, ларлуш а вайна тешаме болчу туземцашкахула долор, и гIуллакх долор вайгахула хилар ламанхошна цахаийтар, мелхо а, царна гергахь вай уьш кхалхарна дуьхьалдолу кеп хIотто йезар, нохчашна йуккъехь и политика дIакхехьа а, кхалхаран гIуллакх ма-дарра довзийта а цига йарташка полковник Муравьев командировать вар. Суна хетарехь, кху сахьта хIоьттинчу хьолаца дуьстича, гIуллакх ма-дарра царна довзийтича, вайн галдала хIумма а дац, мелхо, тIаьхьалонна уьш шаьш бехке а хуьлуш доьрзур ду. Кхетий хьо, вай иза ца дахь, гIуллакх вайна цамоьттучу aгIop дерза тарло. Эло Тумановс шен тIаьххьарчу кехат тIехь йаздо соьга, Сайдуллас халкъе дIакхайкхийна, нохчийн долахь долу цхьа коржам латта уьш дай болуш дац, цигара уьш дIа а баьхна, иза оьрсашна дIалур ду аьлла. Оцу эладитано, вайца машаре боцурш хьовха, вайна муьтIахь хилла кIелсевццарш а карзахбаьхна, боху. Майоро Ипполитовс йаздо, вайн Iалашо кхочушйарехь Сайдулла нийсса харцахьа хьийза, цо бечу некъо нохчий Турце-м муххале а кхалхор бац, мелхо а, уьш гIаттамна тIебуьгур бу бохуш.

ХIуъу хилахь а аьлла, ас инарле Тумановга омра дина, нагахь Сайдуллас нахана йуккъехь и эладитанаш леладахь, иза, Турце вахаран меттана, Россе гIуриг хилар цуьнга дIахаийта аьлла.

Карцов резавоцуш меттахъхьайра.

– ХIаъ, Сайдулла кхераме стаг ву, – элира цо, корта а теIош. – Цуьнан амалца иза бIаьсте йаллалц Нохчийчохь витар вайна пайде хир дац. Суна хетарехь, шен наибан чинца сихха йа Турце, йа Россе дIахьажо веза иза.

– Изза моьттуш со а ву, Александр Петрович.

– Инарло Кундуховс лелориг а ду со резавоцуш, шеконе гIуллакх. Цхьана aгIop, кхалхор, цхьа а тайпа гал хIума доцуш, машаре чекхдер ду бохуш, вай тешадо цо. Вукху aгIop, нохчий даррехь вайна дуьхьал гIаттаме уьйъучу Сайдуллехьа гIо доху. Ша цигахь коьрте вала, Малхбузе Кавказехь гIаттам кечбеш ву-те иза?

Лорис-Меликовс, корта а хьийзош, куьг лестадора.

– ХIан-хIа, иза аьттехьа а дац, Александр Петрович! Хьуна моьттург цхьана a aгIop хила йишйоцуш гIуллакх ду. Керлачу гIаттамна коьрте а хIоьттина, кхузахь вайн болчу ницкъашна дуьхьал шина шарал тIех ша латталур ву боху стаг хьераваьлла хила веза. Ткъа инарла Кундухов хьекъал долуш стаг хилар вайна дика хаьа. Цул сов, цIе йезаш волчу цунна дуккха а тоьлу, цхьакIеззигчу ханна кхузарчу гIаттаман баьчча хуьлучул, кхелхачу нахана коьртехь Турце вахар. ТIехула тIе, цхьа бутт хьалха цо областехь дIакхайкхийна, ша доьзалца Турце кхелха, гIуллакхера мукъа а ваьлла аьлла.

– Хьанна хаьа хиндерг, Михаил Тариэлович. ХIара гIуллакх вайна цамоьттучу aгIop дерзахь а, дерригенна кийча хила-кх.

– Иза-м кхеташ деца. Суна дика ма бевза сайн нохчий. ХIинца цаьрга хIоьттинчу хьолехь кхин халкъ хилча, вай лелориг кхиамца чекхдериг хиларан шеко йацара. Амма ойланаш мох санна хийцалучу сонтачу нохчех цхьана минотана а тешийла йац. Шайн сал-пал йоьхкина, уьш новкъа бевлча, тIаккха а тешар вацара со цара лелориг баккъал а хиларх. Къийвелла, Турцера йухавеанчу кхелхинчо, йа моллас, йа цхьана хабарчо йуьртахь аьлла дош тоьур ду уьш дохкобаха. Цундела, кху цхьана йуккъехь вай чIогIа лерг сема ладугIуш хила деза церан эшаре, массо а минотехь церан муьлхха а дуьхьало кагйан. Эло Тумановс йаздо соьга, шенний, полковникан Муравьевнний агенташа нохчаша дIа мел тосучу кога тIехь тергам латтабо, цара дуьйцург а, дагахь дерг а сихха шайна тIекхачадо бохуш.

– Ткъа эскарш тIамна кечаме далоран гIуллакх муха ду?

– Дика ду. Цуьнан Императорски Локхаллин а, хьан а пурбанца, цхьа гуттар цатерш доцурш, инженерин а, некъийн а белхаш цкъачунна совца а бина, Iамо гулдо аьлла, бахьана а хIоттийна, полкаш, батальонаш шайн штаб-квартирашка оьзна ас. Ткъа карабогIучу беттан хьалхарчу деношкахь, Iаморан кеп хIоттош, ши отряд Нохчийчу лагершка хIотто ойла а йу сан. Оцу кечамо ши гIуллакх дийр ду вайна: шайн махках дог а диллийтина, уьш Турце кхалхарна тIетоттур бу, йа, церан дагахь керла гIаттам белахь, цунах шайн гIуллакх хир доцийла а хоуьйтур ду.

– Шен хеннахь дина гIуллакх ду иза, Михаил Тариэлович. Цуьнан Императорски Локхаллина боккха кхаъ бу ахь беанарг.

– ТIаккха, Александр Петрович, ахь тIеман министре деллачу запискина жоп дуй? – хаьттира Лорис-Меликовс.

– ХIинцца, кху деношкахь кхаьчна-кх.

– Къобалдой цара вай долийнарг?

– ХIунда ца до? Хьоьга ца кхаьчна ткъа Милютинан кехатан копи? Ас дIа-м ма йаийтина иза. Хьо цIера ваьллачу кхаьчна хир йу-кх.

Карцовс, стоьлан гIутакх диллина, цу чуьра схьаэцна цхьа кехат Лорис-Меликовга кховдийра:

– Соьга дуьйцуьйтучул, айхьа дешахьа.

ТIеман министерствон штамп тIе а тоьхна, элпех чкъургаш йеш, хазачу хотIаца йаздинчу кехат тIехула сихха бIаьргаш кхарстийра Лорис-Меликовс:

«Цуьнан Императорски Локхалле, Кавказски эскарийн Коьртакомандующига, Воккхачу Эле Михаил Николаевиче.

1864 шо, 3 ноябрь, № 190

Кху карарчу хенахь Кавказехь хIоьттинчу хьолах лаьцна Кавказски Эскарийн Коьртачу Штабан Начальнико соьга деллачу записко гойту, – доьшура Лорис-Меликовс, – Нохчийчохь хуьлуш долу низамдацарш, карзахаллаш дIадаха шиъ бен некъ цахилар: тIетаьIIина, вуьшта аьлча, нагахь оьшуш меттиг нислахь, герзан ницкъаца, берриг а нохчий Теркан а, Соьлжан а аьрру агIон тIе кхалхор, церан махка тIехь Сунженски гIалгIазкхийн 1-чуй, 2-чуй полкийн станицаш йахкар…»

– Александр Петрович, хIара хIун ду? Сайн записки тIехь ас-м ма ца гайтинера, берриш а нохчий шайн махкара дIабаха беза аьлла? – цецвелира Лорис-Меликов.

Карцовс биэндоцуш куьг ластийра:

– Иза-м хIумма а дацара! Ас сайггара тIетоьхна. ХIинца вайн бакъо йу-кх, нагахь оьшуш меттиг хилахь, уьш берриш а цигара дIалахка.

Лорис-Меликов, белш саттийна, кхидIа а деша вуьйлира:

«Йа, сих ца луш, хенан йохалла, шайн лаамехь арен тIе кхалхорца, ламанца болу нохчий гIелбар, царна Турце кхалхар марздар…»

– Вай схьалаьцна система, кхин тIе а кхиош, дIахьо, боху-кх цара?

– Доцца аьлча, нохчий лам чу гатте а хьийзош, бIарзбар, вай гойтучу ГIебарта йа Турце кхалхор – и шиъ бен царна кIелхьарбовла кхин некъ цабитар.

«Цунах лаьцна шега йиначу докладе ла а доьгIна, Государь-Императорна шен лаам схьахьебан лиира, нохчий нуьцкъаша кхалхоро Кавказан ламанан дерриг къаьмнашна тIе зуламе Iаткъам баржориг хилар а, цул сов, гIуллакх оцу хьола тIе даьккхича, дуккха а харж йан дезарг хилар а, цундела Цуьнан Императорски Вокхаллина ала лиира, Нохчийчоь дIатейаран гIуллакх ницкъ ма-кхоччу машаран некъаца – нохчий шайн ма-хуьллу бертахь кхалхош – дIадерзор шена лууш хилар».

– Делахь хIета, уьш бертахь дIа ца бовлахь, цигахь бита деза-кх?

– ХIан-хIа, кхидIа дешал ахь!

«Амма, гIуллакх иштта бертахь чекхдалар хьалххе ган таро йоцчу цхьацца бахьанех, минотех дозуш хиларна, Кавказски Начальство записки тIехь гайтинчу халчу хьоле йожа а, тIаьххьарчу таронашка кховда дезаш меттиг нисйала а тарло, цундела, иштта меттиг тIехIоттахь, Государь-Императоро Хьан Императорски Локхаллина пурба ло хьайна хетта некъ дIабахьа а, амма, ца хуьлучу далахь, хIуъу дина а, берриг нохчий Соьлжан а, Теркан а аьрру агIон тIе кхалхорна тIехь йуха ца довла а.

ТIеман министр инарла-адъютант

Милютин»

– ХIинца кхеташ ду, – резахилла корта таIийра Лорис-Меликовс, записка Карцовга йуха а йерзош. – Кхийолчу йерриг а таронех пайдаэцарх гIуллакх ца хуьлуш кIелдисахь, герзийн ницкъаца нохчий шайн обаргийн баннашкара дIалахкар а, цигара дIабевлчхьана, шайна луъучу aгIop уьш дIабаха битар а.

– Хьо нийса кхета, хьомсара Михаил Тариэлович.

Лорис-Меликовс, цхьаъ ала лууш, амма муха долор ца хууш, чухула дIаса пенашка бIаьрг тоьхна, жовхIарша кхалийначу пIелгашца стоьла тIехь йайн вота йолийра.

– Амма инарло Кундуховс туркойн правительствоца биначу бартана а, аш иза къобалбарна а со реза вац, – элира цо эххар а. – Кху халачу некъашкахула леррина оцу хьокъехь веана со.

Карцовс бете хьош йолу луьлла сацийра.

– Хьо реза ца хила бахьана ду ткъа?

– Iаламат доккхачу маьIнин.

– Хаа мегар дарий?

– И дерриг Цуьнан Императорски Локхалла волчохь дийца дезар ду.

Александр Петровича резавоцуш корта хьовзийра:

– Хьоьга ладегIа цуьнан хан хир йу ала, ма хаац суна.

– ХIунда?

– Иза цхьана масех денна садаIа Коджаре воьдуш ву тахана.

– Амма сан гIуллакх дIатетта йиш йоцуш ду. Сан хан йац иза цигара цIа верззалц Iен. ХIинца цо лун долчу жоьпах дозу нохчий кхалхо болоран гIуллакх. Ткъа кху сохьта Нохчийчохь хIоьттина хьал кхин хилча цамаггал кхераме ду. Мел жимачу гIалато а, гIуллакх бохамехьа дерзорца, вай итт баттахь хьегна къа тIепаза дайъарна кхоьру со. Цул сов, хьомсара Александр Петрович, хIара гIуллакх дIадолорхо вайшиъ хиларе терра, вайша жоп дала дезар ду хIокхуьнан тIаьхьалонах. Цундела дIа мел дийриг, дика узуш, сих ца луш, дан лаьа суна.

– Хьо бакълоь, Михаил Тариэлович. Со реза ву хьоьца. Амма кхеташ вац-кх бартах галдаьллачух. Хьан гIуллакх дукха дахлур дуй?

 

– ХIан-хIа, цхьа сахьт хан тоьур йу суна.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru