Йарташ йогу; орца дац царна.
МостагIчо байъина даймехкан кIентий.
ЦIерийн меттанаш метеорех догу,
БIаьрг кхеттарг Iадавеш, мархашкахь ловзу.
Дерачу экханха цхьамзанаш буйнахь
Машаре хIусамашка толамхо лелха,
Къена нах, берашший цо къиза дойъу,
Ткъа цIеша цIийдинчу куьйгашца
Цо къона мехкарий, наной а хьоьсту…
М. Ю. Лермонтов. «Измаил-бей»
Дукъаца лома боьдучу новкъа охьавогIу Аьрзу, Iаьрчхил дехьа басахь шайн ирзохь дежаш Iелин а, Чорин а стерчий а гина, Маккхал цIа а хьажийна, цигахь Iела хIун деш ву хьажа дагахь, дукъан аьрру агIонца чухьаьвзира.
Аьрзу шех дIакъаьстича, цIеххьана сингаттамо дIалецира Маккхал. Кестта махках ваьлла ваха дезар а дацара иза кхолийнарг. Махках ваьлла-м дикка леллера иза. Цкъа, Шемалан цIарах туркошца дийцарш дан Стамбуле воьдучу Сапарчин Юсуп-Хьаьжица вахана, Турцехь бутт хан йаьккхира цо. Шарахь гергга оьрсийн йийсарехь а Iийра. Махкахвалар-м дуьххьара тIе ца догIура цунна. Цкъацкъа де а бахьана доцуш, шен цхьалла санна, йеза ойланаш хьаьвзара цуьнан коьрте. Кху дукъа ваьлча, малхбузехьа аренах бIаьрг кхетча, мел иза къехко гIертарх, карлайуьйлура бералла, вина йурт. ХIара ша волччохь вуьтий, тIома айъалой, цига дIадоьдура са. Цуьнан ирсе а, декъаза а миноташ уьш йара – и гена йахана хан дагалецар.
Маккхална халла дагабогIура шен да а, кхо ваша а. Цуьнан йалх шо долуш цхьана дийнахь хIаллакьхилира уьш виъ. Нана-м хьалххе йеллера. Йижарий хилла а бацара.
Шен схьавалар Гермачигара дара Маккхалан. Цуьнан да Iабдурахьма Нохчийчохь а гIараваьлла воккха молла вара. Цо йиллинчу Нохчийчохь дикачу масеханнах цхьаъ лоруш йолчу хьуьжарехь маьхза доьшуш дара къечу нехан бераш. Йерриг шен ойла Далла тIейерзийначу воккхачу стага, веа кIантана цунах цатам баларна кхоьруш, церан нана йелча зуда а ца йалийра.
Жима Маккхал теш хилира ден а, вежарийн а къизачу Iожаллин. Оцу аьхкенан дийнахь шайн цIенна генадоцчу Iинах лулахойн берашца луьйчуш вара иза. Йуьртана малхбузехьа цIеххьана тоьпаш а, орцанан маьхьарий а девлира. Берашна шера хаьара царал тIаьхьа хуьлуш дерг. Тоьпаш карахь аралилхинчу божарша йуьртал ара сихдира зударий, бераш. Цхьадерш гитоьхна, вуьш марахь, кхечийн куьйгаш лаьцна тIаьхьаийзош, хьун йолчу aгIop дIауьдура зударий. ЦIуьхIарш хьалха а баьхна, цаьрца ведда тIехвелира баккхийчех масех мутаIелам. КIелхьарбовла уьдучу зударийн, берийн могIа хадале, эвла йуккъе иэгадоьллачу йаккхийчу тоьпийн цIийделлачу хIоьънаша цIераш йехкира аьхкенан малха кIел кхарзаделлачу цIенойх, божалех, докъаран холанех. КIелхьарбовла ца кхиъначу зударийн, берийн маьхьарша къардира хIаваъ. Ловчкъа меттиг лоьхуш, маьхьарца тIома уьдура котамаш.
Эвлана гуо лаьцнийла хиъча, шеца кхузткъа стаг, цаьрца шен кхо кIант а волуш, хьуьжар чу къовлавелира къена Iабдурахьма.
ЦIеххьана диначу тIелатаро бохийначу нахера дукха дуьхьало йоцуш уггар хьалха йуьрта иккхира Московски гIашлойн полк. Хьуьжаран цIеношкахь къовлабелла нах буйла хиъначу майоро Филипповс неI кагйан омра дира. Амма чуьрчу наха, корашкахула ара нийса тоьпаш йетташ, цIеношна хьалхахула шайна тIе ца буьтура салтий. Дуьххьара йиначу штурмехь синметта топ кхетта вуьйжира майор а.
ГIазотехь Iожалла тIеэца нигат дина, кIелсецнера и кхузткъе цхьаъ стаг. Карадуьйла аьлла, шолгIачу эпсаро шайга мохь тоьхча, назманца жоп делира цара:
АллахI Дела, тхо хьайн делахь,
Хьайн гIазотан орца лолахь,
Хьайна гергахь сийлахь делахь,
Сийлахь дарже кхачаделахь.
Буьйса йоцуш бода богIу,
Марха йоцуш кхолар йогIу,
Бехке доцуш тIом тIебогIу,
АллахI Дела, тхан гIo делахь.
Велча гIазот лийчор ма вац,
Цунна марчо хьарчор ма дац,
Моллас заIам доьшур ма дац,
Лахьти чохь барт хоттур ма бац…
И чалх хIоьттича, массарна а вицвелла висина жима Маккхал, кхеравелла, ша хIун леладо ца хууш, эвла йуккъехула ведда а лелла, эххар а шайн керта нисвелира. ЦIенна гуо бина салтий а, чуьра араетташ тоьпаш а гина, лулахойн цIийнан маьIIехь сецира иза. Цигахь Iадийна вогIавелла лаьттачу цунна гира, масех салтичо тIехьахула тIе а вахана, пенаца йол а йоьттина, цунах цIе тосуш. ТIехула поппар хьаьхна дуьйцина динчу цIенойн пенаш дага ца туьгура. Верстина лекха эпсар, баттара даьккхина тур а лестош, шайн маттахь салтий чехош, мохь хьоькхуш, хьаьдда лелара. Дукха хан йалале, йеа говраца такхийна йалийна, лекхачу чкъургаш тIехь йоккха топ хIоттийра цIенна дуьхьал а йерзийна. Цуьнан Iаьржа бага хIоъ-молханах а йуьзна, кIур туьйсуш йогу милт лерга Iоьттира салтичо. Чуьйнан стоммачу биргIано, кIегаръоьккхуш, цIе тосуш даьккхинчу татано лерга поттанаш хIиттийна Маккхал ша лаьттачохь голаш тIе лахвелира. Цхьа хан йаьлча ши бIаьрг биллинчу цунна хьуьжаран неIарний, кораний йуккъехь доккха Iуьрг гира. Йух-йуха а йузуш, масазза а туьйхира цара йоккха топ. Амма цIа чуьра арайетта тоьпаш, назманан мукъам ца соцура.
Дуккха дараш хилла эпсар воьхна, дарвелла хьийзаш, цига кхечира инарла-майор Волхонский. Эпсаран рапорте ла а доьгIна, цо омра дира, цIе а латайай, туьнкалгехула чу йол, дечигаш кхийса аьлла.
ДIасахьаьлхинчу салташа оцу минотехь кхочушдира инарлин омра. Алах кегий цIевнаш дина, цIе а туьйсуш, уьш цкъа хьалха чу а кхийсина, тIе декъа дечигаш тийсира цара. ЦIийнан корашкахула а, йоккхачу тоьпо даьхначу Iуьргашкахула а сийна кIур тийса буьйлира. КIез-кIезиг лагIлуш, севцира чуьра арайетта тоьпаш. Оцу кIуьра йуккъера схьа иллин буьрса аз хезара:
…Болатан шаьлтанаш
Баттара йаха вай.
Къизачу мостагIийн
ДогIмаш тIехь кегйе вай!
Делерчу орцанца
Кхолха гуо хадабай,
МостагIийн декъаш тIехь
Ваьшна некъ билла вай!..
– Йа АллахI! Йа АллахI! – маьхьарий детташ, буйна шаьлтанаш а лаьцна, неIарех, корех ара а лелхаш, салташна чухьаьлхира нах.
Амма, шекбоцуш лаьттачу салташкарчу тоьпаш буьххьера деха, ира цхьамзанаш пханарш йуккъехула чекх а дуьйлуш, шалхаоьхура уьш. Чуьра аралилхинчаьрца вацара Маккхалан къена да а, кхо ваша а. Церан декъех чим хилира…
Оцу дийнахь байлахь висина Маккхал Нохчмахкарчу цуьнан ден доттагIчо ша волчу дIавигира. Iабдурахьманна къаьсттина дукхавезара жимахволу кIант. Иза хьалхе ненах валарна a, xIyманан тидам дика болуш, хьекъале бер хетарна а. Цунах йара ден йерриг дегайовхо. Шена хуу Iилма цуьнга дIадала сацам хиллера цуьнан. ДоттагIчун ойла кхочушйархьама, къеначу Чербис Нохчмахкара уггар тоьллачу хьуьжарехь дешийтира Маккхале. Масех шо далале иза Iилманца лакхавелира шена хьоьхучу молланел а. Цо ца Iебаш доьшура кара мел деана жайна. Шерра карадерзийра Iаьрбийн, туркойн меттанаш. Амма Маккхалх молла ца хилира. Шен ден, вежарийн а Iожалло диллина дог огу иза цIейаханчу нойбоьрахойн Эскин бIаьн магIаре хIоьттира.
Цуьнан адамаллин даг чохь биллина лаьтташ беккъа цхьа цабезам бара – шен да а, вежарий а байъинчу мостагIашка. Маккхала дуй биънера церан чIир йекха.
Шен дуьххьарлера бIаьнча, къона Аьрзу, гиначу хьалхарчу дийнахь везавелира Маккхална. Даим тийна, ойлане, амма майра, тешаме, къинхетаме. Аьрзуна а везавелира къона Iеламча. Цунна иза оьшура дIа ког мел баьккхинчохь. Леш воллучуьнга а, веллачуьнга а хьажа. Наибашка кехат йаздан а, цаьргара деанарг деша а. Цхьа шо далале Маккхала Iамийра Аьрзу Iаьрба йозанна. Цаьршинна йуккъехь тасаделла доттагIалла чIагIдора тIеман цIаро.
Аьрзу дуй биъна ваша вара Маккхалан. Аьрзус валийра иза оьрсийн йийсарера цIа а.
Нийсса кхойтта шо хьалха, Шемална йамартло а йина, наиб Хьаьжа-Мурд ведда оьрсашкахьа ваьлча, цунна виэн кхиэл йан Эвтара гулбира берриг наибаш а, Iеламчаш а. Кхайкхина цига ваханчуьра цIа вогIу Маккхал, Мичка тIехь оьрсийн отрядна тIе а Iоттавелла, цаьрца хиллачу кхийсаршкахь дагна лакхахула некхах чекх дIаьндарг йаьлла, йийсаре лецира. Маккхал Iеламча вуйла а, иза Шемалан диванера вогIуш вуйла а хиъначу инарло бароно Вревскийс, Соьлжа-гIопарчу госпитале а вигна, леррина дарбанаш а леладайтина, Псковски губернерчу Вревски уездера шен имене дIавахийтира.
Жимма а нохчашлахь цIейоккхуш болу нах шайн йийсаре нисбелча, лорий Iалашбора паччахьан инарлаша. Цкъа-делахь, шайн именешкахь маьхза бацо леш бара царна уьш. ШолгIа-делахь, къаьсттина кху Нохчийчохь ца хуьлуш хIун дуьсу, тIамехь шайн веза-гергарниг нохчийн йийсаре нисвелча, цуьнца хийцархьама.
Иштта меттиг тIекхачаре веха хьежа ца дийзира Вревскийн. Дуй биъна ваша доь доцуш вайна, бIаьрга сара кхетча санна, хьийзара Аьрзу. Цхьана баттахь лийлира иза цунах хилларг ца хууш, кхин цхьа бутт а белира, и мичахь ву ца хууш а. Масазза вахара иза, маьрша нохчо хилла, оьрсийн агIонга разведке, мел ахча дайъира, доттагIчух хилларг хаа гIерташ, лазутчикашна луш. Эххар а цунна хиира инарло Вревскийс иза Россе дIавигийтина хилар. ТIаккха ойланаш кIезиг йира Аьрзус. Хийла йоьхна буьйса йадийра цо инарла йа цуьнан герггарчу доттагIех цхьаъ йийсаре лаца гIерташ, Iелий, Чорий, Васаллий йуххе а ваьккхина. Эххар а цуьнан аьтто белира Вревскийн уггар гергара доттагI, цхьа полковник, йийсаре вало. Иза а валош шаьш Гати-Юьрта дирзинчу буса цу полковникан куьйга бароне доцца кехат йаздира цо:
«Инарла Вревский! 14-чу ноябрехь Эвтарара вогIу сан доттагI, дуй биъна ваша, хьан отрядна тIенисвелча, луьра чов йина вожа а вина, йийсаре а лаьцна, хьайн махка дIахьажийна ахь. Цунна дуьхьал ас йийсаре лаьцна валийначу хьан хьомечу доттагIчо йаздо xIapa кехат. Хьайн паччахьан хьал хьовха, кху дерриг дуьненарчу паччахьийн хьал, xIapa лекха лаьмнаш, цIен деши дина, ахь суна дитарх, доттагI дIахир вац хьуна, ахь сайниг схьаваллалц. Цуьнан цIе Маккхал йу. Аьрру куьйган пIелгаш дац цуьнан, йийсаре лоцучу дийнахь дагна лаккха некхах чов хилла а, боху, цунна. Нагахь, ши бутт балале, ахь сан доттагI схьа ца лахь, xIapa хьайниг дуьнен чохь хир вац.
XIapa кехат хьайна деанчу стагехула суна жоп даийта. Йийсархой хуьйцур бу вайша ахь сан доттагI ваьххьинчохь, Мичка йистехь.
Гати-Юьртарчу Абубакаран Аьрзу».
Цунна кIел полковнико шен масех могIа а йазбира:
«Хьомсара доттагI Ипполит Александрович! Со йийсаре валийнарг кху Ичкерехь лоруш тIемало, кхаабIенан командир ву. Ша акхаройн xIyx велахь а, рыцарски амалш йолуш стаг ву xIapa. Сан дика дола а до хIокхо, оьшуш хIума а дац, вайша цхьаьна вацар бен. Ша эрна хабарш дуьйцур доций хIокхо хаийтина вайна. Сан са хьан буйнахь ду. КхидIа дийцар совнаха хета.
Коша верззалц хьан Саша».
Аьрзус йиллинчу меттехь ши бутт балале полковникца хийцина Маккхал йуха Гати-Юьрта вирзира.
Оьрсийн махкахь йаьккхинчу хено а, Гуьржехула дIа Турце вахана леларо а цунна хьалха схьадиллира нохчашна къайле хилла лаьттина дуккха а гIуллакхаш. Цунна шен бIаьрга гира оьрсийн ахархошкара къоьлла, лолла, цхьана кIеззигчу наха царна тIехь латто къизалла, сийсазалла, муьжгаша шайн маршонехьа латто гIийла къийсам. Хиира, оьрсийн халкъана нохчашца тIом ца оьшийла а, аьтто нисбелла салти водий лам чу хIунда вогIу а, шен дайн, вежарийн Iожаллина бехке и салтий цахилар а.
ХIетталц ша туркх хиллачу гIазотан идейшна цигара цIа вирзича сацамболлуш дуьхьалвелира Маккхал. Нохчашний, махкарчу керста къаьмнашний йуккъехь мостагIалла латто гIазоте кхайкхам дIабаккхар, Россехь миччахьа Iедална йечу дуьхьалонах пайдаэцар, церан куьйгалхошца бертадахар, кхечу къаьмнашца ма-хуьллу машар латтор хьалхахIиттадора цо тIеман баьччанашна. Оцу тIехь цуьнан йаккхий галморзахаллаш хилира цаьрца, къаьсттина – цхьаццаболчу Iеламчашца. Цара «мунепакъ» олий йоккхура цуьнан цIе. Шен ваша Аьрзу воцург, кхин шена тIетевжаш стаг воцуш, йеххачу хенахь оцу шен идейца цхьа висира Маккхал. ТIаьхьо кхоалгIа накъост – Берса – кхийтира цаьршиннах. Малбелира имаме болу цуьнан тешам а. Мацах цкъа къона волуш, Шемалан цIе бусалба динехьа, маршонехьа къийсамах ца къастайора Маккхала, иза суждане оьхура цуьнан цIарна хьалха. Амма тIеман тIаьхьарчу итт шарахь, къаьсттина Мохьмад-къеда а, Сулиман-молла а, Джамалдин а имамна дуьхьалбевлча, Шемалах тешам байра Маккхалан.
Маккхал цецвуьйлура Шемалах, шен Iалашоне хьаьжжина, Iеламчаша ша Iораваккхарна а ца кхоьруш, шариIатан низамаш цо шена товчу aгIop дIахьийзорах. Дуккха а кхетара имамо лелочух, амма тийна Iара. Цхьаберш – имаман Iалашо шайн Iалашонца йогIуш хиларна, шолгIаниш – бекхамечу имамах кхоьруш. Бакъду, цунах ца кхоьрурш а бовлура. Амма ишттаниш кхоъ бен вацара: акхашойн къеда Мохьмад, нохчийн молла Сулиман а, Шемалан стунда Джемал-Эддин а.
– Халкъана хьехамаш бан ца беза, – бохура Мохьмада Шемале, – нагахь айхьа бечу оцу хьехамаша адамашна диканиг, пайдениг, оьзданиг, адамаллениг лур ду аьлла, хьо тешаш вацахь. Амма, хьан хьехамаша адамаш адамаллех дохуш делахь, церан дегнаш чу оьгIазло йоссош йелахь, цара зуламе тIаьхье йуьтуш йелахь, иштта хьехамаш ма бе, шен кхоллам халкъан кара ло. ДегIастанара доьхна хьелаш, тIемаш, мостагIаллаш а хьан зуламечу хьехамийн а, хьан харцхьарчу некъийн а жамI ду.
Маккхална хIинца а шена хезаш санна хетара Сулимин майра, цIена аз. Харцонна дуьхьал нисвелча, къармазечу, даим а дIа нийсо лоьхучу цуьнан xIop а дашах тешара адам. Цо Iорайохура, динан, шариIатан некъаш шена а, шен Iедалан а аьттонехьа хьийзош, Шемала лело харцонаш, къизаллаш. Ша тIарикъатан некъа тIехь нийса ву, боху Шемала, ткъа адамашна тIехь шен Iедал герзаций, къизачу таIзаршций латтадо цо. Шена новкъа верг хIаллакво, шеггара кхиэл а кхайкхайой. Шена тIебеана мотт бух болуш бу-бац ца хьожу, бехкевечу стеган бехк бу-бац къасто ца гIоьрта. Адам кхерорца шен Iедал чIагIдархьама, бехкебоцчу бусалба нехан кортош доху. Ткъа Къуръан тIехь аьлла ду, бохура Сулиман-моллас, гамонца, хьогIаца бехкбоцу стаг вийнарг абаде абадаллалц жоьжахатин цIергахь вогур ву. Ткъа имамо хIун до? Зуламхо ведда кIелхьарваьлча, цуьнан гергара нах бойъу. Иза нийсса дуьхьал ду шариIатна. Байн, жоьра зударийн хьакъ, мулк ма лачкъайе, шен дола ма йаккха, боху Къуръано. Иза динчу стагехь эз-эзар шерашкахь Ша жоьжахатин цIергахь Iазап даллор ду, боху Дала. Керстанашна дуьхьало йан ницкъ ца кхаьчна, йа кхерабелла, йа адамийн цIий Iано ца лиъна, йа оцу тIамал машар безна, керстанашна муьтIахь хилла севццачу бусалбанийн йарташ йагайо, божарий бойъу, зударий, бераш йийсаре кхуьйлу Шемала, церан бахам талабо цо. Иза дукхе дукха чIогIа доьхку Къуръано.
– Йуьхьанца, динан хьехамаш барца, адам кхетош шена тIаьхьа дуьгура Шемала, – бохура Сулиман-моллас. – Ткъа и цхьа хан дIайаьлча – нуьцкъаха а, кхерош а. Оьрсашца машаре хила дуй биъна халкъ шен Iедална кIел нисделча, и дуй къарбойтуш, нуьцкъаха оьрсашна дуьхьал а доккхий, бохаме дожадо цо. Цхьана aгIop, Шемала хьийзадо иза, оьрсашца машар хIунда бу хьан бохуш, вукху aгIop, оьрсаша хьийзадо, айхьа биъна дуй къарбеш, шайна йамартло хIунда йина ахь бохуш. Шинхьарчара а йарташ йагайо церан, бахамаш талабо, адамаш дойъу, йийсаре дуьгу.
Шовзткъе цхьоллагIа шарера хьала масазза а нохчийн наибаш, динадай а иэца гIоьртира паччахьан инарлаш. Буьрсачу имаман а, халкъо лоруш волчу нохчийн къармазечу моллин а галморзахаллех пайдаэцархьама, уьш ма-хуьллу ирйархьама, Сулиман-моллин хьехамаш а, кхайкхамаш а гул а бина, «Кавказ» газет тIе туьйхира командованис. Iедало шен ницкъ кхочург дерриг дира иза шегахьа ваккха гIерташ, амма гIуллакх ца хилира.
Сулиман-моллица шен хиллачу къайлахчу дийцарийн жамIах лаьцна инарла-адъютанте эле Воронцовга йаздира инарла-лейтенанта Лабинцевс: «Хьалха ас хьан сийлалле ма-йаздарра, вайн аванпостехь тхойшиннан хиллачу дуьххьарлерчу цхьаьнакхетарехь Сулейман-Эфендис соьга элира, Шемала дIакхоьхьу некъ а, цуьнан Iедал а Къуръанний, шарIаний нийсса дуьхьал бу, цундела шен бакъо йац иза къобалван а, цунна гIo дан а. Шаьшшиннан йукъаметтигаш галйевлла, ша цунах дIакъаста герга ву. Иштта шаьш цунна резадацар шега хаийтина шен доттагIаша Шемалан герггарчу Iеламчаша Джемал-Эддина а, ГIазгIумкан къедано Мохьмада а. Нагахь вайн правительствос Макка дIадаха шайна бакъо лахь, аьтто а бахь, шаьш Шемал дIа а тосур ву, цо шарIаний, Къуръанний дуьхьал лело гIуллакхаш Iорадахарца халкъа йуккъехь цуьнан сий а дожор ду.
Амма дIабаханчу беттан 22-чу дийнахь буьйсанна ши сахьт долуш тхойшиннан шозлагIа хиллачу цхьаьнакхетарехь Джемал-Эддинах а, Мохьмадах а лаьцна сецна дош ца элира Сулейман-Эфендис. Шена и шиъ ганза дукха хан йу, цаьршиннан дагахь дерг хIун ду хаац шена, бохура. Шех дерг а шина даггахь дерзийра. Шена-м, дера, Макка дIаваха ма лаьара, амма цига воьдучу даьлча, ша вайгахьа вала веза, ткъа иза кху некъехь шен дан йиш йац. Дийцарехь, Шемала цунна тIе доккха жоьпаллин гIуллакх диллина. И чекх ца доккхуш, дIавахча, цо а, наха а ша веддарг, кIилло, йамартхо лорур ву, бохура. ТIаккха ас хаьттира, хIетталц нохчех а, Шемалх а лаьцна вайна къайлаха хаамаш бала резахир варий хьо аьлла. Сулейман-Эфендис иза аьттехьа а ца дитира. Ша цкъа а айкх, йамартхо хилла вац, хила ойла а йац, элира цо. Ша Шемалца ийгIина воьду Макка, ткъа шен халкъаца, даймахкаца галваьлла ваха ца гIерта, амма, хьаьнцца ийгIича а, шен йамарт хила йиш йац, элира цо…»
Сулиман-молла а, Мохьмад а имамна дуьхьалбовларх цецволийла а йацара. Уьш-м кхечу къомах нах бара. Тамашийна дерг кхин дара. ТIарикъатан вирдан бухбиллархойх цхьаъ волу Шемалан стунда Джемал-Эддин а ваьллера шен невцана дуьхьал.
– Ас дукхе-дукха чIогIа дихкинера хьуна оьрсашна дуьхьал герз айъар, – бохура цо Шемале. – Амма ахь ладогIанц соьга. Айхьа-хьайна ор доккхуш хила тарло хьо. ТIаьхьа делахь а, ладогIa сан хьехаре. Сацабе тIом. Иза дан ца лаьа-кх хьуна? ХIета, сан тIаьххьарчу дешнашка ладогIал. Делан а, пайхамаран а неIалтах ма волуьйла хьо, нагахь ахь йа хьан мурдаша оьрсашна муьтIахь хилла севцинчу бусалба нахана зулам дахь! Делан неIалт хуьлда хьуна, тIарикъат дагца къобалдина а доцуш, дуьне лоьхуш, Iедал дезаш хьох имам хиллехь! Делан неIалт хуьлда, тIарикъатан некъ къобал ца беш, дог цIена доцуш, дуьненан бахаман, дуьненан Iедалан дуьхьа зуламан некъ лаьцна, ахь аьлларг деш хьуна тIаьхьахIиттинчу мурдашна а…
Калугехь Шемалан гIуллакхаш вуон дац бохуш хезна Маккхална. Шемална а, цуьнан доьзална а шарахь пхийтта эзар сом ахча ло, боху, паччахьо. Имамна дешица кхелина тур а делла, тов. Эло Барятинскийс, Шемал шен ваша ву аьлла, кхайкхийна, боху. Шемалан кIант Мохьмад-Шепа паччахьан гIаролехь гIуллакх деш ву. Имамна а, цуьнан тIаьхьарчу тIаьхьенна а дворянийн дарж делла паччахьо.
Шемалца иштта къинхетаме, комаьрша хIунда ву-те оьрсийн паччахь? Цул хьалха ламанхойн дуьххьара хилла имам шайх Мансур, оьрсийн махка а вигна, набахтехь вийна. Таймин Бийболат йамартлонца вейтина. Шемалал тIаьхьа Нохчийчохь гIаттаман коьртехь хилла БойсагIар ирхъоьллина. Ткъа и Шемал, кара а эцна, куьйгаш тIехь вазвина лелаво. ХIунда? Гунибехь халкъана тIе уггар хала киртиг хIоьттича, ша нохчашна биъна дуй а къарбеш, мостагIчунна тIе хIунда вахана Шемал?
Мухха делахь а, тахана карладуьйлура Маккхална ша хаъал хилчахьана хилларш а, лелларш а. Халкъана хиллачу бохамийн бахьанаш лоьхура. Йуха а хьовззий тIевоьдура ша йийсарехь йаьккхинчу ханна. XIapa нохчий цкъа а оьрсашца машар хир боцу мостагIий хетара Россехь. Цигахь адамийн дегнаш чу ламанхошка цабезаман дIовш дуттура диллина дIа. Дависарг, халкъашна тIехь Iазап латтораш цхьана дийнахь хIаллакбан ницкъ белара! ТIаккха маьршша садоIур дара халкъаша. Машаре дехар дара. ТIом боцуш, цIий ца Iенош. Амма хьан хоьтту оьрсийн а, ламанан а халкъашка царна хIун лаьа?
ХIаъа ткъа, ламанхошна ца лиира паччахьан Iедална кIелдаха. Мелла а йахь йолчу стага, йахь йолчу халкъо дуьхьало йоцуш коча оьцур ма дац олаллин дукъ. Цундела шайн ницкъ ма-кхоччу дуьхьало йира ламанхоша. Мансуран а, Бийболатан а заманахь уьш тешара шайн ницкъах, шайн маршо шайга ларлург хиларх. Амма, Шемалан заманахь и тIом бахбала боьлча, хиира шайн дуьхьалонча мел нуьцкъала ву. ХIеттахье къера а хилла севццехь, иэхье хIумма а ма дацара. Оьрсашца тIом а бина, машар а бина, совцур бара-кх. Хьалха санна, машаре бехар бара-кх. Хьанна хаьа, хенан йохалла Iедална дуьхьал къийсамехь цхьаьнакхета а мегара. ХIинца а дац тIаьхьа. Шен дагахь Маккхал тешна, Iазапехь далло халкъаш мацца а цкъа, цхьаьна а кхетта, Iедална дуьхьал летарг хиларх. Цунах теша Берса а, Аьрзу а. ХIокхарна дика ма хаьа кхечу динехь болу дуккха а нах шайгахьа бевлла турпала лиэтар. Халкъаш тешо деза и маршо церан массеран а йукъара гIуллакх хиларх. Ламанхой тешийна ца Iаш, оьрсий а.
Дуккха а шераш хьалха и идея дIахьейира Маккхала. Амма цунна гуонаха болчу Iеламнаха и аьттехьа а ца йитира. XIapa, Маккхал мунепакъ, йамартхо а кхайкхийра.
ХIун дийр ду ткъа? ХIинца Шемал а, цуьнан гIоьнчий а бац. Кхин зама а, кхин адамаш а ду. Цара гIазотан байракхан метта йукъарчу маршонан байракх ойъур йу.
Урх мела йитина Маккхалан говр меллашчу боларахь йуьрта йуьйлира. Тахана къаьсттина йаьсса хийтира цунна Гати-Юрт. Наггахь кетIахь гуьйригаш тIе а хевшина, лохха вовшашка къамелаш деш йа, лаьттан бIаьра а богIабелла, лелаш нах гора. Сингаттамо дIалаьцнера массо а. ДIабоьлхурш а, бухахь буьсурш а. ТIехволучунна олуш гIалх а доцуш, кевнашкахь кIегархевшина Iара кенах довла доьлла жIаьлеш. Йеккъа цхьа котамаш йара хIуманнан а бала боцуш, урамехь мIарашца кхелли кегош, шайна таро йан гIерташ.
«Шовзткъа шо кхаьчна дели сан, – ойла йора Маккхала. – Дина хIума а дац, хьалха гуш ирс а дац. Йиша-ваша хьовха, атталла сайн доьзал, хIусам а йац. АьрзугIар вежарел а дика бу суна, гатийуьртахоша сий до сан. Амма къаналла йу-кх гергагIерташ. ХIун хир ду-те кхунах?..»