bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

4

Цхьацца дуьйцуш Iаш, ларамза хан йахара. Маккхал стигала хьаьжира. Малх гIушлакха баьллера.

– Яшкас дийцинчо Шелахь хилларг дагадаийтира суна, Андрей, – тийналла йохийра Маккхала. – Хьуна а хезна хир ду иза. Лаьцна Сибрех вахийтина тхан цхьа шайх – Кунта-Хьаьжа. Иза лаьцча, схьавеха цига гIопе дахана дуккха а адам, тIе йаккхий тоьпаш а тоьхна, даржийра. Яшкас йийцинчу генарчу Безднахь санна. ГIийла, миска стаг вара Кунта-Хьаьжа, ша санначу мискачу адамийн догъиэца а гIертара. Цундела, шун цигара муьжгий Антошех санна, тхан нах а теша Кунта-Хьаьжа Сибрехара шаьш кху Iазапах кIелхьардаха йухавогIург хиларх.

– Вай вешан куьйгашца ца йаккхахь, цхьаммо а йохьур йац вайна маршо.

– Суна а хаьа, Берса, Кунта-Хьаьжега вайн халкъ кху Iазапах маьршадаккхалур доцийла. Амма адамаш хьаннах а цхьаннах тешаш хила деза. Йа Делах, йа динах, йа цхьана стеган ницкъах. Цхьаннах а тешаш воцу стаг адам дац, иза гуттар а акхачу, къизачу акхарошна йуккъехь а къиза экха ду. Шайн ницкъаца маршо йаккхалург хиларх догдиллинчу адамаша шайн болх Далла тIе биллина, цуьнгахула и лаам кхочушбан Кунта-Хьаьжа а къастийна. Мацца а цкъа цунах догдиллина, тIаккха йуха а герз караоьцур ду цара. Халкъ оцу тIе дига деза вай, собаре а хилла.

– Дера, Маккхал, вайн халкъана-м серло ма оьшура. ТIаккха атта хир дара вайна вешан маршонехьа къийса.

– Маца хир йу иза? – мохь белира Яшкин. – Шу-м хьехор а дацара вай, тхан оьрсийн йарташкахь а йоза-дешар хууш стаг наггахь бен ма вац. Помещикаша, мозгIарша Iехош, бажа санна, шайна луъ-луучу aгIop дIасахьийзадо халкъ!

– ХIета, Яшка, шун муьжгийн гIуллакх а дацаний тхайчул башха тоделла а? – хаьттира Iелас.

– Эзарзза вуон ду!

– Тхайчул вуон хуьлийла а дац. Муьжгийн гехь цхьа помештик бен вац. Ткъа кхузахь тхуна тIехь массо а ву хьаькам. Паччахьан хьаькамаш а, тхан тхешан хьолахой а. Царна цхьанне а тхо адамаш хетац. Ткъа тхан халкъ Iемина дац харцо а, Iазап а лан.

– Тоийта вай, доттагIий, – хьалагIеттира Берса. – АндрейгIара шайн делкъе а йеш, вай ламазаш деш, дIадохий вай? ХIокхеран болх а бу. Ткъа ахь, Яшка, цIом ма оллабе. Нагахь вайн ницкъ ца кхачахь, йа ца кхиош дисахь, вайн бераша бекхам оьцур бу вайна тIехь xIapa къизалла а, харцо а латточех. Тхан могIаршка а хIиттина, бIеннаш салташа къийсира шун а, тхан а маршонехьа. Амма уьш а, тхо а нийсачу новкъахь дацара. Iехаделира. Iехийра-кх. Тхуна маршо лун йолу нах бацара къийсамна коьртехь берш. Адам кхето, нийсачу некъа дига ницкъ берш. Къаьмнашна а хуур ду, шайн доттагIий а, мостагIий а муьлш бу. Массо а къаьмнийн къехой цхьаьнакхетар бу. ТIаккха хир бу инзаре тIом. Оцу тIамехь тоьлур ду вай.

VI корта. Сацам

Лаьмнашна тIехьа лаьмнаш ду,

Мархашла хьаьрчина,

Балано Iаьвдина,

Довха цIий хуьйдина.

Вайн къинхетамо дIадаьккхина

Мисканийн долахь мел хилларг,

Маршонах хадийна,

Экха санна, хьийзабо.

Т. Г. Шевченко. «Кавказ»

1

Шуьйрачу товханахь туьнкалгехула охьайаийтинчу стоммачу зIенах кхозучу цIестан йай кIел лелхаш догура ножан декъа дечиг. Йай чохь бурош хьийзош кхехкара цIен-къорза йаккхий кхоьш. Товханара йовха алу берте схьа а хьаькхна, царна тIе чохь аьтта хох а, мохь а йолуш йалгIу лецира Айзас.

Дукха хан йалале шен кхача кийча хилар хаийтира цо. Коьрас а, Къайсара а зIена тIера схьабаьккхина йай шелонга неIаре хIоттийра. Йай чу кхарзар а йоьттина, шинхьа горга дечиган шаннаш а хIиттийна, царна чу йоккха цхьацца сискал йиллира Айзас. ТIехиллачу Маккхала, бисмилла а аьлла, кегийра йуьхкаш йеш, йохийра сискалш. Шина а шуьн чу кхоьйх дуьзна доккха цхьацца бога а, дечиган Iайгаш а дехкина, божаршка хIума йаа, элира Айзас.

Баккхийниш а, кегийрхой а къаьст-къаьстина шуьн тIе охьахевшира.

Iаьлбаг хьаша ву кхузахь. Зандакъана къилба-малхбалехьа Дагестанца дозанехь ломан когашкахь Iуьллучу жимачу Симсарара веана. Цуьнан хIинца а пхийтта шо а ца кхаьчна, амма хьаша лара веза, мел жима велахь а. Вежарий Аьрзу а, Iела а йа Маккхал волчу а ца веана иза. Цуьнан шен доттагIий бу кхузахь – Коьра а, Къайсар а. ДIадаханчу шарахь Iамо лаьмнашка бигча, цигахь тасаделла церан доттагIалла.

IаьлбаггIеран доьзал йа къен а, йа хьалдолуш а бац. Йукъанеккъара бу. Олдаман йалх кIантах йуккъера ву Iаьлбаг. Лома дигначу берашна йуккъехь майраллиций, доьналлиций къаьстара и болатан басахь горга йуьхь йолу кIант. Майра бере, тIехдика иччархо. Тешаме, къинхетаме накъост. Бераш дIакхаьчна масех де а далале, уггар а майрачара, кадечара, нуьцкъалчара, хьалхе дIа а йелла, массеран а тхьамда вира цунах.

Массаьрца а йукъаметтигаш дика йара Iаьлбаган, амма берашлахь Коьра а, Къайсар а къастийра цо. Цхьа гушдоцчу пхенаша хиттинера оцу кхааннан дегнаш. Буьйсанна, кIадбелла накъостий набарна охьабийшича, уьш кхоъ Iара ца вуьжуш. Ламанан буьрсачу хи йисте а хуий, дайн турпалчу хьуьнарех лаьцна хабарш дуьйцуш. Шаьш даккхий хиларе сатуьйсура. Иштта хьуьнарш гайта. Даймехкан, халкъан маршонехьа къийсамехь. ТIаьххьарчу дийнахь, лекхачу лома тIе а ваьлла, дуй биира оцу кхааммо, шайн дахар халкъан маршонна дIадала.

Тховса а вац уьш кхоъ шайн нийсархошца, ткъа Iелин хIусаме веана, баккхийчаьрга ладогIа. Кхузахь дуьххьалдIа баккхийниш хилла ма ца Iа. Масала, Аьрзу. Даим буьрса, ойлане йуьхь, шуьйра белшаш. Цуьнан шовзткъа шо а дац, амма гIараваьллачу нойбоьрахойн Эскин бIаьнехь уггар майра пхибIенча хилла иза. Цунна уллохь ву молла Маккхал. Молла цIе йелахь а, амма иза молла вац. ДуьххьалдIа Iаьрбийн лакхара дешар дешна цо. Шен хаарш, дахар маршонан гIуллакхна дIаделла. Йийсарехь хилла гена Россехь. Уьстамала а вахана, дуьненан дуккха мехкаш, халкъаш а гина.

Амма массарел а тамашийнаниг Берса ву. Хьалдолчу совдегаран кIант. Петарбухехь эпсарийн ишкол чекхйаьккхина цо. Генна мехкашкахь а хилла. Майраллина паччахьо ордалш а йелла цунна.

Оцу кхаангара дукхе-дукха тамашийна а, хьекъале а хабарш хезар ду кхаа кIантана. Баккхийчийн хьехамаш мацца а цкъа, хIорш кхоъ воккха хилча, пайдехьа хир бу царна. Уьш маршонехьа къийсаман новкъа бевлча.

ХIорш хIума йиъна бевлла а, Айзас шун дIаэцна а дукха хан йара. Кхаа кIанта леррина ладоьгIура Берсин а, Маккхалан а дийцаршка. Коьрина а, Къайсарна а керла ца хила а мега и хабарш. Уьш цхьана йуьртахь ма беха. XIapa Берса а вогIу кхуза кест-кестта. Амма дIога къорачу лаьмнашкахь, жимачу йуьртахь вехачу Iаьлбагна хьалха оцу хабарша керла дуьне схьадоьллу. Россехь, кхечу мехкашкахь йаккхий шахьарш, хаза гIаланаш йу, боху. Даккхийчу хиш тIехула лелаш кеманаш, эчиган некъаш тIехула лелаш цIерпошташ. ЦIеран ницкъаца лела, боху, уьш. Вовшашна генахь болчу наха эчиган сераш чухула вовшашца къамел до, боху. И дерриг Iаламат Iилманчаша кхоьллина, тов, цхьана йаккхийчу ишколашкахь дешначу.

Доллучул а Iаьлбаг цецвоккху оцу хьолечу мехкашкахь дехачу адамех дукхахдерш къен, цхьа а тайпа бакъо йоцуш деха, ткъа и сила долу хьал цхьакIеззигчу нехан карахь ду бохучо. Теша хала ду герз карахь Нохчийчу богIу и майра оьрсий шайн даймахкахь лайн хьолехь беха бохучух. И Росси йоккха йу, ма боху, дикачу дойшна тIехь шарахь цхьана маьIIера вукху маьIIе а ца кхачалуш. Ткъа муьжгийн латта дац, тов, цхьа буй а! Iаьлбаг ца теша сила долчу оьрсийн доккхачу халкъана тIехь кIеззигчу помещикаша къиза Iазап далладо бохучух. Цхьа а тайпа жоьпалла доцуш, стагана муха йетта, цунах йохк-иэцар муха йо, виэн муха вуьй ткъа? Хьалдолчара къечийн зударий хьийзабо, тов? Халкъ ца гIотту-те оцу къизачу йовсаршна дуьхьал? Дукха гIиттина, боху Берсас. Дукха тIемаш хилла, боху, къечарний, хьолахошний йуккъехь. Амма хьолахой тоьлуш дирзина даим а. Уьш кIезиг боллушехь. Паччахь, Iедал, эскарш хьолахошкахьа ма ду. Эскарш ду дика герзаца кечдина, царна тIехь куьйгалла деш говза инарлаш. Муьжгийн хIун ницкъ бу? Дагарш, шаданаш, мангалш. Царна коьртехь а, дера, хилла хьекъале, майра тхьамданаш. Амма – бодане. TIe хала а ма ду муьжгий цхьаьнатоха. Тахана кхузахь гIовтту, ткъа уьш хьаьшна бевлча, кхана – кхечахьарниш. Барт бац. Цундела паччахьан инарлаша уьш роггIана хьоьшу.

Малхбузе мехкашкахь маршонехьа къийсамехь адам бертахь гIотту, боху Берсас. Цигахь заводаш, пабаркаш йу дуккха а. Цигара белхалой мелла а кхетаме а, цхьабарт болуш а бу. Цхьа хIуьнехдинчу Германехь цхьа-ши стаг ву, тов, хьекъале. Халкъаш шайн маршонехьа къийсамна Iамош. Хьолахой, къехой, Iазапдаллорхой, Iазапехь берш а боцуш, массо а цхьатерра бакъонаш йолуш адамийн йукъаралла хIотто гIерташ. Оцу шина хьекъалчин тоба стамлуш йу шо-шаре мел долу. Малхбузехь-м хьовха, кхузахь, Россехь а. Цаьршиннан жайнаш ду оьрсийн матте гочдина. Россехь а кIезиг бац мискачу халкъехьа гIoдохурш. Хьекъале, майра къонахий. Уьш паччахьний, цуьнан Iедалний дуьхьалбуьйлу. Оьрсийн-м хьовха, кхечу къаьмнийн а маршонехьа къуьйсу. КIезиг бац ламанхошкахьа гIо доккхуш шайн аз айъинарш а. Цара а йаздо жайнаш, назманаш.

Иштта назманаш нохчийн маттахь йийшира Берсас:

Маршалла хьоьга, къоьжа Кавказ!

Хьан лаьмнийн хийра некъахо вац со.

Цара со жимчохь дуьйна хьистина,

Стигалан йесаллех а волийтина.

ХIетахь дуьйна ас сатуьйсу даим

Къилбенан стиглане, лаьмнийн баххьашка,

Ма хаза бу хьо, маршонан буьрса мохк,

Iаламо кхоьллина паччахьаш…

Iаьлбага ладоьгIура, садаIа а кхоьруш. ОххIай, ма хаза аьлла цо: «Ма хаза бу хьо, маршонан буьрса мохк…»

Цигахь мостагI виэр зулам ца лору,

ДоттагIалла тешаме ду, цул а тешаме – бекхам;

Цигахь диканна дуьхьал – дика, цIийна дуьхьал – цIий,

Цабезаман а доза дац, безаман санна…

Иэрча ду хиллачех дийцарш.

Къеначу нохчочо –

Казбекан баххьийн мискачу кIанта,

Лаьмнашкахула суна некъ гойтуш,

Мацах цкъа хиллачух дийцира суна…

Берсас йоьшура, йоьшура назманаш. Iаьлбаг цхьаъ хилла ца Iapa ладоьгIург. Массо а йийсаре лаьцнера цара. Ши бIаьрг дIа а хьаббина, назманийн боларца шовкъе дIасатехкара Маккхал. МостагI тIелетта ламанхошна. Бахархой дIаоьху даймахкара…

 

ХIун ду-те, дайн кешнаш дитина,

Къарбелла уьш махкахбовлуьйтург,

Хийраллехь ирс лаха уьш арабаьхнарг?

Мухьаммадан оьгIазло? Йа шайхийн хаамаш?

ХIан-xIa! Лаьмнашка шийла кхаъ кхаьчна.

Кхераме, дог къиза мостагI вогIуш ву, боху,

Дерриг дуьне а цунна кIел ду, боху,

Хьесап дан ца ларрол цуьнгахь ницкъ бу, боху…

Хийрачу махка дIаоьху ламанхой, даймехкан кешнаш а дуьтуш…

Амма маршо, маршо турпална

Сийлахь йу даймехкан синтемал:

«Оьрсашна хIуьттаренна, цадашаре

Дуьтур вай дерзина лаьмнаш,

Буьрса Бештау, хьуна тIедохка

Хьовсур уьш болатан буржалш…»

Мел доккха хьекъал, къармазалла йу иза! Ламанхошка ма боккха безам бу оцу стеган!

– Хьан йазйина и исбаьхьа байташ? – хаьттира Iаьлбага, са а ца тохаделла.

– Оьрсийн цхьана къоначу эпсаро йазйина уьш. Цуьнан чIогIа дог лозура ламанхойх, царна дуьхьал тIом бен паччахь, сийсазвеш, Iоравохура цо…

И бераллахь ваьхна йурт а,

Маьждигаш, машаречу йартийн баннаш –

Дерриг а хIаллакдин оьрсийн тIемалочо…

. . . . . . . . . . . . . . . . . .

Йарташ йогу: орца дац царна,

МостагIаша байъина даймехкан кIентий.

ЦIерийн меттанаш метеорех догу,

БIаьрг кхеттарг Iадавеш, мархашлахь ловзу.

Дерачу экханха цамзанаш буйнахь

Машаре хIусамашка толамхо лелха.

Къенаниш, берашший цо къиза дойъу,

Ткъа цIеша цIийдинчу куьйгашца

Цо къона наной а, мехкарий а хьоьсту…

Дукха хенахь дуьйна бIаьрхиш хIун йу ца хиъна Iаьлбаган бIаьргаш хих буьзира. Кхечахьа-м, уьш нахана ца гайта, лийр вара иза. Амма хIинца цунна ца гора чохь берш. Чу дохк хIоьттинчу цуьнан бIаьргашна хьалха хIуьттура кхехка тIом, йагийна йурт, зударийн, берийн, къеначийн а декъий. Цхьана генна кIоргера оьрсийн къоначу эпсаран аз а хезара…

Цкъа Гиха кIел хилира иза, –

Iаьржачу хьуьнхула тхо чекхдовлуш;

ЦIарца садоьIуш, тхуна тIехула богура

Сийна-йекхначу стигланан тхов…

Iаьлбагна йуха а хеза йаккхийчу тоьпийн къекъар, тоьпийн лелхар, болатан татанаш. Царна йуккъехула изза аз:

Ас ойла йора: «Декъаза стаг,

ХIун лоьху цо!.. йекхна стигал,

Стигала кIел массарна а шорта бу меттиг,

Амма хаддаза, эрна

И цхьаъ ву мостагIалла хьедеш – хIунда?»

Берса сецира назманаш йоьшучуьра. Амма цхьа а вист ца хуьлура. И буьрса тийналла йохийра Iаьлбага, ша-шена и тIаьххьара байт а аьлла.

– Баккъал а, Берса, хIунда лиэта адамаш вовшех? Оьрсийн оцу догдикачу эпсаран санна, ойла хIунда йац массеран а? Мичахь ву и турпал?

Берса гIайгIане велакъежира.

– Вац иза, Iаьлбаг. Иштта адамаш дукха ца деха.

– Велла иза?

– ХIан-хIа. Вийна.

2

– Ас дийцира-кха шуна, кIентий, къечу муьжгийн паччахьна дуьхьал гIовттамех лаьцна. Уьш-м къен, бакъо йоцуш болу дела гIовтту. Амма паччахьан, Iедалан харцонна, Iазапна дуьхьал хьолахой гIовттуш меттигаш а хуьлу. Ишттаниш кIезиг-м нисло, амма хуьлу. Церан хьал ду, царна хьалха йиллина йу ирсан неIарш. Амма къен, миска, декъаза халкъ гучу церан шайн хьолах а, ирсах а догдолу. Уьш халкъехьа бовлу. И кIеззиг хьолахой бу оьрсийн халкъан бакъболу кIентий.

Ишттачех дийцира Берсас. Цхьа хIуьнехдинчу Радищевна тIера схьаволавелла. Паччахьо шена гергаозийна иза. Жайнаш а йаздора цо. Амма шен жайнаш тIехь паччахь, цуьнан Iедал ца хестадора цо. Халкъерчу баланех, Iазапах йаздора. Нажжаз бора паччахь, помещикаш. Паччахьо гена, шийлачу Сибрех вахийтира иза. Шена тоьхна хан а йаьккхина, цIа веара. ТIаккха а ца витира иза паччахьо. Даим дIатеIош, сийсазвеш. И дерриг лан а ца делла, дIовш мелла, ша-шен вийра цо.

Шовзткъа шо хьалха цхьакIеззиг оьрсийн эпсарша барт бира паччахь а, цуьнан бартахой а дIа а баьхна, халкъ маьрша а даьккхина, паччахь воцуш Iедал хIотто. Петарбухехь а, кхечу шахьаршкахь а паччахьна дуьхьал эскарш гIовттийра цара. Амма кIезиг дара цаьргахьа долу эскарш. Уьш сихха хьаьшира. Коьртачех пхиъ ирхъоьллира. Эзарнаш Сибрех а, Кавказе а хьовсийра. Кхуза, ламанхошца тIаме. Царна хIуьттаренна. Цкъа-делахь, паччахьна хаьара, ламанхошна дуьхьал тIом бан царна ца лаьийла. ШолгIа-делахь, кхузахь тIамехь уьш байъаре догдохура…

– Бирий цара вайна дуьхьал тIом? – хаьттира Коьрас.

– Дера, бира, – жоп делира Берсас. – Ца бича, бовлурий уьш? Салт баьхна ма бахкийтинера уьш кхуза. Хьалха полковникаш бара уьш, кхузахь – салтий. Кара тоьпаш йелира. Дуьло, ламанхой байъа аьлла. Аш уьш ца байъахь, оха шу дойъур ду аьлла.

– Вайгахьа хIунда ца бевлла уьш? Васал, Жабраил, кхин дуккха а санна?

– Уьш вайгахьа бовларх, церан а, вайн а хIун нислур дара?

– Муха?

– Хьекъалечу нахана хаьара, сила йоккхачу, нуьцкъалчу пачхьалкхна вайн жимачу халкъо йен дуьхьало эрна хилар. Мацца а цкъа иза, къардина, кIелсацор дуйла. Паччахье, инарлашка вайн цIий ма Iенаде, бохура цара. Вайн халкъаца Iедал адамалле хилчахьана, халкъ ша тIедоьрзур ду, бохура. Ламанхошна ишколаш йахка, царна лоьраш ло, мах лело, кхечу говзаллашна Iамабе, кхузара хьоле маьIданаш халкъана пайдехьа хьовзайе, бохура. ХIаъа ткъа, паччахьаша, инарлаша ла ца дуьйгIира цаьрга. Паччахьийн, хьолахойн бала ма бац халкъан хьаштийн. Кхечу халкъийн-м хьовха, шайн, оьрсийн, халкъан а.

– ХIинца бац Россехь иштта нах?

– Бу, дера. Дуккха а. Шо-шаре мел долу, дебаш. Шо-шаре мел дели, хьекъале кхуьуш. Шайл хьалхарчийн гIалаташ гуш, нийсачу новкъа баха Iемаш. ХIинца а кхойкху уьш ламанхошца адамалле хиларе. Вайн къоман гIиллакхашца, амалшца догIуш урхалла ло, боху, вайна. ТIом чекхбаьлча мукъана, ламанхошний, оьрсашний йуккъе питанаш туьйсуш, мостагIаллаш ма кхолла, боху. Оцу бехачу тIамо халкъашна йина чевнаш, бохамаш, кхоьллина мостагIалла а дицдалийта гIорта, боху.

Массо а ойлане ваьлла дIатийра. Товханан шуьйрачу туьнкалгехула мох yгIypa. Стеран ахкаргаш тоьхна къевлинчу корехулий, неIаран херошкахулий чуоьху шело цIийнан массо маьIIе кхочура. Мокха дохк хIоттийнера хьакхарлахь чиркхан метта йогучу тIелхиго а.

ХIораммо а ойла йора хIинцца Берсас бийцинчу турпалхойн. Шайгарчу доьхначу хьолан а.

– Берриг оьрсий уьш санна белахьара, – элира Iелас гIийло. – Хьанна хаьа, берриг бохург санна, иштта хила а ма мега уьш. Амма, хIун пайда бу, и цхьа масех стаг воцург, шайн ойла а лачкъийна, бист ца хуьлуш Iаш хилча? Шаьш, уьстагIий санна, кхуза тIаме а лоьхкуьйтуш. Бакъду, тIом чекхбаьлла хIинца. Вовшийн дойъучуьра севцца. Вайн миска йарташ а ца йагайо хIинца. Вай къарделла севцца дела. Амма пайда буй ткъа хIокху машаран, вайгара латта дIадаьккхина хилча? Оцу тIе оьрсий ма ховшийна. ТIеман гIаьпнаш ма йоьгIна. Вай кху хьаннашка, чIажашка а лаьхкина. ТIаккха вайгахь такха ницкъ боцу йасакхаш тIейетта. ТIехула тIе, дIа ког мел баьккхинчохь вай сийсаздо. Адамаш ца хета. ХIан-хIа, гена гIyp бац xIapa машар.

ГIовталан кисанара схьаэцна, суьлхьанаш хьовзо кечвелира Маккхал. Кхо кIант роггIана баккхийчаьрга хьоьжура. ХIун аьлла жоп лур-те цара Iелина?

– Оьрсий бац вайгарчу бохамна бехке, – элира Маккхала. – Халкъ – халкъ ду. Халкъана тIехь кхиэл йан бакъо йац цхьаннен а. Дерриг зулам паччахьера, хьолахошкара схьадолу. Кхана салтий балош кхуза веанчу пурстоьпо, вига а вигна, кара топ йелла, гена махка а вигна, цигарчу нахана йетта аьлча, ахь xIyн дийр дара, Iела?

– ГIур вацара-кх.

– ХIун дийр дара ахь?

– ХIун дар-цадар дац, гIyp вацара-кх.

– Ца гIахь, дера, вара хьо, когех, куьйгех буржалш тоьхна, Сибрех хьажор.

– Бехкбоцу нах бойъучул, ша Сибрех вахана, цигахь валар гIоли йу.

– Дийца атта ду иза, – велавелира Берса. – Iедалца къийсалур дарий хьоьга, ва Iела? Хьо-м чемхалг, адамийн хIорда чохь тIадам бен баций. Адамаш, халкъаш вовшийн коча ма туьйсу Iедало. ДIога ворхI хIордал дехьа вехачу оьрсийн муьжгичунна ма ца хаьа нохчий хIун йу. Ткъа Iедало xIyн боху муьжгичуьнга? И нохчий къиза адамашдайъархой бу, уьш шайн луларчу оьрсийн йарташна тIелета, зударий, бераш дойъу, йийсаре дуьгу, талораш до, уьш байъарх къа дац, мелхо а, мел хир бу хьуна, боху цуьнга.

– Иза бакъ ма дац ткъа! – мохь белира Iелин.

– Ца хилча xIyн ду? Оцу муьжгичунна бIаьрга а ма ца гина нохчо. Иза теша ма во.

– Кхуза схьакхаьчча, гой цунна вай? ТIаккха ма хаьа цунна, шега ма-дийццара вай цахилар!

– Го. Амма тIаьхьа хуьлу. Йуханехьа некъ дIакъовлу цунна. Цуьнан къамкъарг эпсаран буйнахь хуьлу. Аьлларг ца дахь, йиэтта. ГIибаваллалц. Нагахь ахь нохчочунна топ ца тохахь, шаьш хьуна тухур йу, олу. Ткъа вукху мисканан, лаахь а, ца лаахь а, тIом бан дезаш нисло. Ткъа тIеман, шуна ма-хаъара, кхин гIиллакхаш ду. Ши дуьхьалонча дуьхь-дуьхьал нисвелча, шаьшшиннах бакъ а, харц а мила ву, ойла ца йо. Вовшийн виэн сихло и шиъ. Ша-ша дийна виса гIерташ. Цхьаъ, шиъ вийча, адамаш дайъа Iема. TIe, дуккха а байъа а гIерта. Дукха адамаш дайъинарг турпал ма лору. Цунна ордалш, мидалш, совгIаташ ма ло. Ша санна, цхьа пекъарш байъарна. Цо дозалла до шен ордалех, мидалех. Хазахета, майра ву, турпал ву бохуш, шен хьуьнарш кхайкхош хезча. Иштта нуьцкъахa, Iехош, бодане нах шайн кога кIел латтабо Iедало. Гой хьуна, Iела, кхузахь чолхе хIумма а дац. Халкъаш дац бехке. НеIалт хилла Iедалш ду бехкениш.

– Цхьана хIуманна тIехь бакъ вац хьо, Берса, – элира хIетталц тапъаьлла ладоьгIуш Iийначу Аьрзус.

Берса Аьрзуна тIевирзира.

– ХIун ду иза, Аьрзу?

– Шайн Iедало лелочу харцонашна бехке ду халкъ.

– Муха?

– Iедало лело харцонаш гуш, таьIна Iарна. Харц Iедал ловш Iарна. ХIунда латтабо цо шен коьртехь къиза паччахьаш, Iедалхой а? ХIунда буьту цо уьш и къиза харцонаш лело? Къаьсттина, вайниг санна, жима, гIорасиз халкъ шайн паччахьаша хьийзош ган а гуш, тийна Iаш долу халкъ – иза кIилло, йа къиза, йа кхетам боцуш халкъ ду. ХIан, хьой, сой къиза адамаш хуьлуьйтур вай. Кхин а эзар, итт эзар нохчо а. Ткъа вайн зударий, бераш, къенаниш? Дийнна халкъ хила йиш ма йац къиза а, сийдоцуш йа стешха а. Цунах теша стаг йа бIаьрзе, йа кIилло ву, йа иза адам дац. И стаг декъашхо ву шен паччахьан, Iедалан харцонийн, къизаллин. Нагахь шена тIера Iедал нийса дацахь, дIакхосса деза халкъо.

Берсас, ла а доьгIуш, резавоцуш корта лестабора.

– Хьайна дуьне цадовзарна дуьйцу ахь иштта, Аьрзу. Паччахьан харцонаш а гуш, тийна-таьIна Iаш бац Россехь. Халкъо неIалт кхайкхадо шен Iедална. Вайца биначу тIамна а. Шайн паччахьна а, Iедална а реза а ца хилла, амма иза дохо йа нисдан ницкъ ца кхаьчна, ца буьйлура бIеннаш салтий, эпсарш вайгахьа? Паччахьан эскаршна дуьхьал леташ, вайн лаьтта тIехь турпал ца ийгира уьш?

– Ишттаниш кIезиг ма бара…

– Ткъа хьуна хIун моьтту? Дийнна оьрсийн халкъ, цхьана дийнахь гIеттина, вайгахьа дер ду, моьттура хьуна? ХIокху карахь йолчу заманахь ишттаниг хир ма дац. Вайн дай а, Терка тIера гIалгIазкхий а, цхьа вежарий санна, бертахь баьхна масех бIе шарахь. Муьжгашца а. Арахьара кхерам тIегIоьртича, цхьаьна а кхетий, йукъарчу мостагIчунна дуьхьал а буьйлуш. Вовшийн диканан, вуонан дакъа а кхочуш. ТIаккха Терка тIе паччахьан Iедал деара. Цо зайлаш туьйхи оьрсашний, вайний йуккъе. Йуккъе мостагIалла доьлли. БIешарахь гергга лаьттинчу тIамо цIеран арц хIоттий шина къомана йуккъе. Амма хенан йохалла халкъашна хуур ду хIокху бохамашна бехке мила ву. ХIинццалц шаьш вовшашна дуьхьал латтийна герз оцу бехкечарна – паччахьна, хьоладайшна – дуьхьал дерзор ду.

Iелас товхана масех дечиг кхоьссира.

– Иза-м дуьххьара ца хезара суна хьоьгара, – цавешира Iела. – Маккхала а, Аьрзус а дийцира. Хьанна хаьа, и гIалкхазкхий вайн махка тIехь бацахьара, хенан йохалла ахь ма-бохху хила а тарлора. XIapa мохк царна а, вайна a тоахьара а, хир бара машар. Ткъа хIинца муха ду? Церан оьшучул а тIех латта ду, вайга лаьттан мацалла хIоьттина.

Суьлхьанаш хьовзийна ваьллачу Маккхала, ши куьг хьала а лаьцна, доцца доIа а дина, йуьхьах куьйгаш хьаькхира.

– Хьалха хьажий бен, ког ма баккха; тIехьа хьажий бен, дош ма ала боху кица лаа дац, Iела, – суьлхьанаш кисана таIийра Маккхала. – Ойла ца йеш хабар ма дийцалахь цкъа а. Хьоьга ладоьгIуш Iен и кхо кIант а тиларчу вуьгу ахь. Вайца тIом барх цуьрриг а дика болх ца хилла муьжгичунна. Уьш а белла оцу тIамехь. Вайл а дукха. Дийна биснарш шайн хьалхалеррачу къоьллехь, Iазапехь, харцонна кIел узарш деш Iа. БIе, ши бIе, эзар шо хьалха санна. Бакъду, гIалгIазкхий вайн махка тIе ховшийна. Амма хьуна хаац и мохк паччахьо царна белла цахилар. Иза пачхьалкхан дола ма баьккхина. Нагахь гIалгIазкхичо паччахьна гIуллакх ца до-кх, латта а, бахам а схьа а баьккхина, шен дерзинчу дегIаца дуьненан йеа а маьIIе дIахоьцур ву.

– TIe, уьш шайн лаамехь а ца баьхкина вайн махка, – тIетуьйхира Берсас. – ГIизлара кIел вехачу цхьана воккхачу стага муьжгичо дийцира суна, шаьш кхуза муха кхаьчна. Мацах, шайх Мансуран заманахь, Россин паччахь зуда йолуш, ГIизларна уллора мехкаш шен элашна совгIатана белла цо. Итт эзарнаш урдаш цхьанна а луш. Латта дуккха а хилла, ткъа иза лело ахарxoй бац. ХIаъ ткъа, элашна латта лело. ТIаккха элаша дIога Россехь шайн долара муьжгий схьакхалхо болийна. Доьзалшцанна. Анд-андийниш. Масех эзар чаккхарма генара. Цига схьакхачале, новкъахь ах хIаллакьхилира шаьш бохуш, дуьйцура цо. Дийна биснарш йа церан тIаьхьенаш йу цигахь бехарш. Оцу элашна бецаш. Новкъахь беллачех а хьоьгуш. Иштта балийна кхуза и гIалгIазкхий а. Шайн догIмийн дай бац уьш. Мичхьа а цхьанхьа – махкал чоьхьа а, арахьа а – тIом хилча, лаахь а, ца лаахь а, шайн дойшна тIе а хевшина, дIабаха беза. Ца гIахь, Маккхала ма-аллара, цIийнах-цIарах бохур бу.

 

Iелас кхерча техкина дечигаш даьгна довлуш дохкура. Котам дека дуьйлира арахь. ЦIа даха деза хан хиллера тоххара, амма кхаа кIантана ца лаьара гIатта.

– Кхин цхьаъ а ду шуна, кегий кIентий, – цаьргахьа вирзира Берса. – Вешан бохамашна вай и гIалгIазкхий бехкебахь а, амма дукхахдолу вайн латта инарлийн, эпсарийн карахь ду шуна. ГIалгIазкхичунна цхьа масех урд дакъа делла. Вайн доларчул алсам а ду иза. Амма цхьа чим латта доцурш а бу царалахь. Ткъа Органан округан начальникан Ипполитовн долахь эзар урд латта ду.

– Вайн нохчийн зуда йерг вуй иза? – хаьттира Iаьлбага.

– ХIун башхо йу цуьнан? Полковникна Белликна делла эзар урд сов. Ткъа БуритIарчу цхьана полковнико Свистуновс Мазлакна кIел пхи эзар урд гергга дIалаьцна. ГIалгIазкхийн йарташкахь шайчеран йаьIнаш тIехь Iачу кIеззиг гIалгIазкхашна – ФлоровгIарна, ФедюшкингIарна, КамковгIарна – пхиппа-йалх бIе урдаш мехкаш белла.

– Берсас буьйцурш-м оьрсий бу, – тIетуьйхира Маккхала. – Вайгара дIабаьккхинчу махках луларчу къаьмнийн элашна мел латта делла, хаьий шуна? ТаймазгIарна, БеккагIарна, ЭлдаргIарна, ТIурлогIарна? ХIоранна а – вуьрхIитта эзарнаш урдаш! Царал тIаьхьа ца бисина вайн къоман эпсарш – БотагIар, ОрцагIар, КъосамгIар, ДевлатмирзагIар, кхин, кхин а. Пхиппа бIе урдаш латта делла царна а. Ткъа ХортIагIар, ЧомакхгIар санначу лахарчу эпсаршна – шишша бIе. Гой хьуна, Iела, гIалгIазкхий а, муьжгий а нуьцкъаха балийна охьаховшийна вайн лаьтта тIе. Бовла меттиг йац церан. Ткъа вукху элашна, инарлашна, эпсаршна совгIатана белла вайн мохк. Вай а, оьрсий а, кхин къаьмнаш а теIо, дацо, Iазапехь далло паччахьна, Iедална дика гIуллакхдарна. Церан долара латта вайна йухадерзийча, лаххара а бIе эзар доьзална логгелц тоьур дара. Оьрсий кхузара дIабохур бу бохург дага а ма даийта. И элий, инарлаш, эпсарш, йисина цIубдарш а йу вай лахка йезарш… Ткъа хIинца охьадийша деза. Со а кIадвелла.

Массо хьалагIеттира. Накъостий арабовлуш, соцунгIа хилла Iаьлбаг Берсина тIевахара.

– Хьолахой а, къехой а боцуш, массо цхьатерра вехаш, массо цхьанийсса волуш пачхьалкх кхоллалур йуй, Берса? Ахь цхьа цIе-м ма йаьккхира цуьнан…

– Республикий?

– ХIаъ.

– Кхоллалур йу, дера-кх. И далург хиларх тешна ву оцу Германехь веха ас вуьйцу ши хьекъалча.

– Вайна гур йуй и зама?

– Тхо даккхийчарна-м ца ган а тарло. Амма шуна, къоначарна, Дала мукъалахь, гур йу. ХIан, Iодика хуьлда! Суна ца гуш дIагIахь а, Олдаме маршалла ло!

Шен онда куьг жимачу Iаьлбаге кховдийра Берсас.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru