bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

3

Хьеший буьзна паргIатбевлча, церан гIуллакхах лаьцна хеттарш дан вуьйлира Iела.

– XIapa ду аьлла гIуллакх а ма ца деана оха-м. ХьошалгIа вахар а хир, нагахь белахь, кхузахь мехах жимма болх а бер вайша аьлла, веара-кх.

– Деллахь, ма шен хеннахь веана шуьшиъ! – хазахийтира Iелина. – БIаьстенан балхана гIирс кечбо хан ма йу xIapa. Хонкара кхалха гIерташ нах а бу, шайна некъана оьшу гIирсаш кечбеш. Кху эвлара пхьар ца ларош, дехьа-сехьа оьху нах. ТIехула тIе, эчиг а ца тоьу.

– Эчиг-м оха а деана кIеззиг. Цхьа таро йийриг хир йу-кх. ТIейогIуш суьйре а йу, арадевлла, жимма йуьрте бIаьрг тоьхча, хIун дара-те, Iела?

– Шуна товрриг дийр ду вай-м.

– Тхойшиннан гали мича дилли-те Айзас? Оцу чохь чоа а, куй а ду сан.

Хьешан цIа чуьра Айзас схьадеанчу галин бертиг йаьстина, цу чуьра схьаэцна шен чоий, куй цхьана aгIop а диллина, тIаккха, схьабаьккхина, цхьа жима шад баьстира Андрейс.

– ХIан, Айза, дIаэцал xIapa, – кIайчу тIергIан кIеда бой Айзе кховдийра цо. – Наташас леррина шен куьйга йина, хьуна совгIатана йаийтина xIapa. Шен безамна лелайе алар суна тIедиллина цо. Ткъа xIapa эткаш Ваняс Iумарна йина. Iела, хьо а ца вицвелла йоккхачу стагана. Хьуна чIогIа дукхадезаделла шен бепиг даийтина цо хьуна.

Шен совгIат кара а лаьцна, дIасахьийзадора Айзас. Куьг хьоькхура, ло санна, кIайчу кIедачу тIергIах. Хазахетар тIехдаьлла, ши бIаьрг къегара, тIаккха, кIез-кIезиг бузуш, хих буьзна и шиъ тIехбеара. Царна чуьра меллаша схьаIийдалучу тIадамашка дирзина бIаьрхиш беснеш тIехула охьахьаьлхира. Цунна дага ца догIура уьш ловчкъо. Ма чIогIа лаьара цунна, и бой хIинцца коьрта а тиллина, ша леррина ларбеш лелочу куьзганан бIаьрга хьажа! Амма цо сатухур ду божарий арабовллалц. ТIаккха, коьрта а тиллина, дог Iаббош хьоьжур йу цуьнга. Лулахошка а гойтур йу, иза а тиллина хи тIе a гIур йу. Шайн оьрсийн доттагIчун зудчо совгIатана йаийтина бохуш, дозалла дийр ду.

Хьесан чимчаргIашца бертигашна тикманаш йаьхна цIен ши этка Яшкин гIоьнца кога а оьзна, чухула дIасаволавелира Iумар а. Тахана дуьххьара мачашна чуваьлла иза, кIегашна тIейаьлла нIаьна санна, когаш лаккха хьала а уьйъуш, ларлуш охьа а бохкуш, цхьа тамашийна, беламе волавелира.

– ХIинца шарбал хилчахьана, кIантана-м зуда йало а мегар ду, – воьлура Iела, шена хилла хазахетар кхидIа лечкъо ницкъ а ца тоьъна.

Iела дуьнен чу ваьлчахьана, тахана и дуьххьара хазахетар деанера цуьнан мискачу хIусаме…

4

ХIетта чубуза регIа тIе лахбеллачу Iаьнан маьлхан шийлачу зIаьнарша оцу дийнахь тIаьххьара хьоьстура лайн шаршу кIел къайладаьлла Iалам. Суьйренан шелоно лергийн тIилдигаш а, меран буьхьиг а, беснеш а къийзайора, ира маха Iитталуш санна. Амма ламанан цIена хIуо дегIана там беш дара. ХIетте а, йуьртан гомачу, гаттийчу урамашкахь дIасалелаш адамаш а, суьйранна хи тIе лоьхкуш хьайбанаш а гора. Шелонна чидам боцу гомашаш, хи мелла йовллушехь, цIа уьдура, шайн даккхийчу, дезачу догIмашца кхийсалуш.

Охьа чохь эвла йуккъехь, йуьрта тIехула стигала ира бухь кховдийна, лаьттара маьждиган момсар. Говза цостуш тIулг буьллуш диначу доккхачу маьждигна хьалхарчу йеакIов майданан пхьоьхана гуллуш бара нах. Кхуза пхьоьхана а, хин коьрте а дохьура наха дерриг а эладитанаш, керла хабарш. Кхузара йуьртан хIор а цIа чу дIаса а даьржара уьш.

Лакхо гу тIехь севцинчу хьешашна, керайуккъе йиллича санна, шера гора жима йурт, охьа тогIи чухула лекхачу бердашца а, шина aгIop тIетеIачу шашца а къуьйсуш, дарделла гIовгIа йеш, чIуг йетташ, аренга гIерта чехка Яьсси.

Хьешийн берриг а тидам генадоццуш дехьа басахь салазаш хоьхкучу берашна тIехь сецира. Церан салазаш цхьа шатайпа башха йара. Дечиган, наггахь эчиган а гIоьнаш тIе, IаддаргIа санна, хьовзош тоьхна лекха хIазарш схьа а лоций, нийсса ира а хIуьттий, хоьхкура цара уьш. Гу тIера охьа чу уьш хецабелча, мотталора, уьш цхьана нуьцкъалчу Iодаца кхуьйсу. Цхьаццанхьа, залк-мулк йолчохь, кхийсалуш, хIаваэхь айъалой, масех гIулч гена боьлхура. Махехь ловзура эттIа гIовталш, кетарш, коьртара дуьйлуш, дIакхийсало кердагдийлла кхакханан куйнаш. ЭттIачу бедаршна йуккъера схьакъедара шелонна цIиййелла, сенйелла меженаш. Охьабетталора, лазабора, амма, шайн салазаш белшех туьйсий, йух-йуха а гу тIе хьалабуьйлура уьш. Салазаш шайга а наггахь хахкийтарга догдохуш, милла бегош, хIиттина лаьттара шайн уьш йоцурш. Къаж а, лоьдгаш а чуйехкинчу тишачу неIармачаш чохь шелло когаш бохбан гIерташ, куьйгаш чучча пхьуьйшаш чу а доьхкина, куйнашла бахана, шаьш лаьттачохь ирхлелхара цхьаберш, вуьш, лиэташ, керчаш, ловзура.

Андрейна тахана дуьххьара гора нохчийн эвлан машаре дахар. Нохчех лаьцна зорбанехь йаздийриг, цхьаболчу станичникаша дуьйцурш, хIинца хIокхунна гуш дерш аьттехьа а цхьаьна ца догIура. Цаьрга ладоьгIча, xIapa ламанан бахархой шайн доьзалш, гергарлонаш, доттагIаллий ца лоруш, цIийна сутара, денна вовшийн къамкъаргаш хедош, къоланан бен, кхин ойла ца йеш, «стешха», «акха» нах бара. Андрей цкъа а ца тешара оцу аьшпех, амма хIинца шена ма-гарра хIорш хир бу а ца моьттура. ХIокхарна-м ца оьшу цхьаьнцца а мостагIалла. ХIорш-м бац шайн мискачу тоьланашкара арабовла де долуш. ХIор а воллу милла, мацалла ца вала гIерташ. Къизачу тIамо аьтта, талийна, ах хIаллакбина. Дийна бисинчийн синош а цхьа тай тасаделла кхозу. И тай ца хадийта гIерташ, шайн ма-хуьллу цунах тийсалуш бохку.

«Мисканаш-йаI, ма дукха хIума ца оьшура-кх шу Iехо, – ойла йора Андрейс, йуьрте бIаьрг а бетташ. – Ма адамна новкъа хир дацара шу, кху шайн лаьмнашкахь шаьш дитича. Гора, адаман сутаралла, йаI! Ма боккха болх бу ахь нахе вовшийн Iенадойту цIий. Мел доккха ду xIapa дуьне, мел дукха ду дуьненахь эрна Iуьллуш латта! Адам кхин хIоккхул бIе эзарза алсам хилча а, тоьур йара кху Iаламан токхо. Амма тоам ца бо. Сутара ду адам. Вовшийн къамкъаргаш хедош бен, сатец. Массо а воллу шел гIорасизниг кхалла гIepташ. Адамаш дукха дайъинарг даржехь лакхавоккху. Цунна чинаш, орденаш ло. Цунна мохк ло. Цара, цуьрриг иэхь ца хеташ, шайн накхошна тIе а ухкий, лелайо и эчигаш. Иэхь-м мича хетара царна, мелхо а, дозалла до. Ма дика хир дара, и орденаш шайн хьаналчу куьйгашца къахьоьгуш, адамаллин гIуллакхна хьуьнарш гайтинчарна луш хилча, ткъа адамаш дайъархойн коча цхьа шатайпа иэхье мидал уллуш хилча! ЙогIур йуй-те и хан?»

Андрейн гIайгIане ойланаш йукъахйехира лакхо дукъахь шийлачу хIаваэхь декъа лилхинчу тоьпийн татанаша. Уьш хезча, Iела, йухавоьттича санна, цIеххьана хийцавелира. Тоьпийн татанаш xIop а минотехь гергагIертара. Кхеравелла бос баьхьна Яшка Андрейн шуьйрачу букъа тIехьа иккхира. Кхерам хаабеллачу Iелин бIаьргаш ткъесах кхерстара дукъара охьа йуьрта догIучу некъашца. Кхоссадала кечделла цуьнан дегI оцу минотехь чIогIа тера дара цIоькъалоьмах. ЦIийделлачу хьажа тIехь кIайбелира аьтту aгIop бIаьрга тIехулара мацахлера чевнан беха муо. Амма Андрей шек вацара. Цунна хаьара, кху сохьта паччахьан эскарш даьхкина, цара и йурт сийначу цIарах йагийча а, кхузарчу наха шаьшшиннах пIелг хьакхор боцийла.

– Андри, дIадаха деза вай, – элира тоьпийн татанашна реза ца хиллачу Iелас. – Генара йогIучу дIаьндарго къаставац доттагI а, хьаша а, мостагI а.

Царна генабоццуш, регIара охьа эвла богIу некъ шина тарха йуккъехула араболучухула, оцу минотехь гучубевлира говраш хаьхкина богIу дошлой. Хьалха сирачу динахь вогIучу беречух бIаьрг кхетча, Iелин хазахетта мохь белира:

– Чора! ХIорш-м тхан бераш ма хилла! – доккха садаьккхира цо.

Оцу бIаьрнегIар тухучу йукъана йуха а тохарлерра догцIена, эсала Iела хилира цунах.

Марсадевлла дой урх хецна а дитина, хIаваэ тоьпаш, тапчанаш йетташ, лахо боьрахула тIехлилхира уьш. Берриш а цхьатерра къона, дейтта-пхийтта шо хенара бераш. Махо ловзадора церан вертанаш, башлакхийн тIаьмгаш. ХIорангахь а дегIо ма-ллов герз дара. ГIонжагIе дихкина таьлсаш, дагарш, белаш, коьжалгаш, чуханаш, серех дуьйцина хIазарш – нохчийн лыжаш.

Дуьйлу герзаш а, хьаьсарте баханчу береша детта маьхьарий а йуьртана гергагIоьртича, боьхна хьаьвзира майданахь пхьоьхана гулбелла нах. Андрейна гора, шайн карахь герз дерш маьждиган тIулгийн пенаш тIехьа чIагIоне буьйлуш, герз доцурш – гомачу урамашкахула цIа уьдуш. Амма уьш дIасахьаьвзина бовлале, йуьртан майдана лилхинчу береша сацийра и хьовр-зIовр. Уггар хьалха шайн дой, тIаккха бераш а девзинчу наха, чIагIонаш тIехьара схьа а буьйлуш, гуо бира царна. Оцу минотехь момсарна буьххье ваьллачу цхьамма, йуьртана кхерам цахилар хоуьйтуш, билгалйина йукъ йолуьйтуш, кхузза топ кхоьссира. Береш ломара цIа бирзинийла хиъча, уьш декъалбеш, тоьпаш йийлира массо маьIIехь. Цхьана йукъана, баккъал а тIом болуш санна, кхехка йуьйлира йурт.

«Мисканийн цхьа минот а йац-кх синтеме, – ойла йора Андрейс. – Шайн синош лардан кийчча Iаш ду-кх шу массо хенахь».

– Уьш хIун береш бара? – хаьттира цо Iеле, гIовгIа дIатийча.

– Тхан йуьртахой!

– ХIорш стенгара богIу?

– Ломара.

– Цига хIунда бахана Iаьна йуккъехь? – дуьхе кхиа гIертара Андрей.

Iелас сихха жоп ца делира.

– Цунах хьо муха кхетор вара? – куй хьала а теттина, хIетта бахбала боьллачу шен коьртах мIараш хьаькхира цо. – Гой хьуна, Андрей, тхан дахар даим а кхерамехь ду. ТIом чекхбаьллехь а, тхан машар бац Iедалца. Муха хир бу иза, тхо тхешан рицкъанан цхьаъ бен доцчу хьостанах – лаьттах – хадийна хилча, мацалла дайъа, махках даха хьийзош хилча? ХIуъу цхьа меттиг йеача, дIа а хIиттийна, лата тIемалой оьшу тхуна. Къена а, къона а, зударий а, бераш а – берриш хила беза тIеман говзалла хууш. Цундела оха пхийтта шаре гIоьртина бераш тIеман говзаллина Iамадо. Йуьртара уггар хьуьнаре, хьекъале, каде, майра тIемало коьрте а хIоттавой, рогIехь массо бер аьхка цхьана баттана, Iай а цхьана баттана лаьмнашка дохуьйту. Цигахь цо уьш нийса топ тоха а, говрахь лела а, тур-шаьлтанца лата а, кхечу хьуьнаршна а Iамабо.

– Ой, цигахула дIа ца бигча, кхузахь ца Iамало уьш?

Iелас корта ластийра.

– ХIан-хIа, кхузахь Iаморах тоам хилац. Iай цига боьлхуш, цара шайца йа даа хIума а, йа говрашна хIоъ-докъар а ца хьо. И ткъе итт де-буьйса эрна арахь даккха деза цара хIусамехь боцуш. Шайна баа кхача акхарошна толлуш каро беза. Говрашна йао xIyма, ло кегош, цу кIелхьара йаккха йеза.

 

– Шел ца ло уьш?

– Шелло, дера-кх. Сатоха деза. Бакъо йац йовха бедарш йахьа. Шаьш денна цIахь леллораш хила йеза. Шелонах, мацаллех, муьлххачу халонех а болийта. Муьлхха а хало Iоттайелча, иза лан, цунах кIелхьарбовла Iамо. Уьш иштта Iамо, лаьмнашкахь уггар кхераме меттигаш лоху. Шан тархаш, лайн токхамаш, чехка хиш…

– Иза-м забар ма йац, Iела.

Iела гIайгIане велавелира.

– БIе шо сов зама йу паччахьо тхоьца тIом бен. Иза йу ткъа забар?

– Меца, шийла уьш муха лела беза? Къа ду-кх церан.

– Дера, ду. ХIун дийр ду ткъа? Иштта бу-кх тхан кхоллам. Цигахь хала хилла царна, ткъа кхана тIаме нисбелча, атта хир ду. Шаьш мацаллий, шелонний лахь а, церан бакъо йац эвла баха а, йа, Iуйшкара йехна, йаа а. Малх а чубуьзи, Андрей, цIа гIyo вай?

Кхо стаг меллаша ирх хьала цIехьа волавелира.

– Уьш Iамочу стагана мах лой аш? – хаьттира Яшкас, шаьш кетIа кхочуш.

– ХIунда ло? Цуьнан йац хIара эвла, цуьнан дац кхузахь цIенош, доьзал? Ларйан йеза йурт тхан массеран а йукъара ма йу. Бакъду, и цаьрца ваханчу баттахь цуьнан цIахь цхьа гIуллакх-болх нисбелча, иза-м до оха.

Яьссил дехьарчу дукъа тIехула схьагIертара цIемза буьйса. Стигалахь хIетта гучубаьлла маьркIажан седа гIийла къегара. Тахана бинчу некъо гIелвинчу шина хьешо садаIа сатуьйсийла хаьара хIусамдена.

– Ой, йуха а тIом бан ойла йу шун? – хаьттира Яшкас, жимма ойла йеш а Iийна.

Iелас доккха садаьккхира:

– Тхо-м, дера, IадъIийр дара, тхаьш дитахьара. Дитац-кх. Ца дитича, ца летча ца довлу. Ша ца битча, дехко а йухку цергаш бохуш, кица ду тхан.

«ХIорш шайца забарш йойтур йолуш бац, – ойла йора Яшкас. – Тхан муьжгий а белахьара иштта барт болуш. ТIаккха оха сийна цIе йуьллур йара оцу помещикийн цIоганаш кIел. ХIумма а дац. Тхо а догIу кхетта. Дукха Iехор дац цара тхо…»

V корта. Кхолламаш

…Шена чохь ткъе итт миллион ахархоша мацалла хьоьгу мохк, бIеннаш белхалошна тоьпаш йеттарна тIехIотталц шена луъург дан хецна дитинчу Iедало паччахьалла латто мохк, шена чохь итт эзарнаш маршонехьа къийсамхой каторгехь бIарзбина хьийзо мохк – и мохк уггар хьалха паччахьан Iазапах маьршабаккха оьшуш бу.

В. И. Ленин

1

Iоса вийначул тIаьхьа дуккха а хийцамаш хилира Васалан дахарехь. КхоалгIачу дийнахь Ойшин Чомакх коьртехь йуьрта лилхинчу стражникаша, лаьцна, Ведана дIавигира Ловда а, Васал а. Цхьана кIиранах набахтехь а латтийна, цIа хийцира Васал. Схьагарехь, Курумовс кхочушдинера шен дош. ГIуллакх иштта дерзарх воккхаве везара Васал. Амма, шен карах стаг велча санна, са логе кхаьчна хьийзара иза массо хенахь. Итт шо хан тоьхна Сибрех вахийтира Ловда. Кхин а хьалха цига хьажийна Васалан цIетоьхна шолгIа ваша Саьмби а доьза вайна. Пхеа вешех шиъ висина дийна. Амма, Ловда дийна ву-вац, хаац. Цуьнга лалур ма дац Сибрен буьрса Iалам. Наггахь ламанхо а ца вогIу цигара дийна цIа.

Бехк шена тIе а лаьцна, Ловда кIелхьарваккха гIиртира Васал. Иза бахьанехь ма вийра Ловдас шен да. Бакъонна тIегIиртича, Сибрех ваха везарг ша ву, бехира Васала. Амма Ловдас иза аьттехьа а ца дитира. ТIаккха, ахбехк шена тIеэцарца, хан а йекъна, цуьнца Сибрех ваха а гIоьртира Васал. Цунна а реза ца хилира Ловда. Иза шеца дIаварах, шен хIун нисло? «Хьан цIахь цомгаш зуда а, кегийра бераш а ду. Нана лахь, бераш байлахь дуьсу. Эрна къийсамаш битий, цIа гIo. Ас сайн да вийна, Iедална а, халкъана а, Далла а хьалха бехке со цхьаъ ву», – элира.

Кестта шо кхочу Ловдера цхьана а тайпа хабар доцу. ТIаьххьара a xIapa шиъ вовшахкъаьсташ, ша Сибрех дукха Iийр вац йа водур ву бохуш, маслаIаташ дира Ловдас. Ша а вац, хабар а дац. Цхьа бохам хилла хир бу. Атта ма дац Сибрен багара схьавала. Ведча, хьаннашкахь тилавелла, шелонна велла йа жандармийн дIаьндарго вожийна а хаац. Вада аьтто баьлча а, мича гIyp вара иза? Мотт ца хаьа. Йуьхь-сибатах а вевзар ву атта…

Декъазчунна ден цIера а догIу, олу. Оцу бохамна тIаьххье кхин цхьаъ а кхечира Васалан мискачу хIусаме. Васал цIа веана дукха хан йалале Мархет кхелхира. Майра лацаро йайъира цуьнан дегIера тIаьххьара а йовхо.

Шен дерриг дахарехь санна, чIеIамаш, балхамаш ца беш, тийна дIакхелхира Мархет. Цуьнан весет леррина кхочушдира Аьрзус, Маккхала, Iелас а. ВорхI дийнахь тезет латтийра. BopxI буса Васалан хIусамехь йеса дийшира Маккхала. Буьйсанна тIаьххьалц, Васалан догъэца гIерташ, иза волчохь а Iара уьш.

Айзас, кхечу зударша а кхача латтийра тезета а, кадаме а оьхучу адамашна.

Даим кхаьбна валац веллачун чIир. Висинарг ваха веза. Иттех де даьлча, севцира Васалан керта лестало адам. НеI чIаьгIча, арахь дуьсург вуон ма дац.

Хено йерзайо хала чов а. Васалниг а йирзина. Къегина малх хьаьжна хаза де деана тахана. ХIаваэхь бIаьстенан хьожа йогIура. Ло дешаш ду басешкахь. ТIекхаьчна йаьлла Васала a, xIapa санначу къехоша а сатийсина хан. БIаьстено кхин тIекхетта самукъа-м ца дохьура церан хIусамашка, амма дахар аттачу доккху. Цкъа хьалха – хьонка, тIаккха нитташ бовлу. ТIаьххье комарш, баьллаш, кхин-кхин стоьмаш а хуьлу. Мукх хиллалц гайна таро йало. ТIаккха хьаьжкIаш а йоттурш хуьлу.

Iаьнан шелоно ша а чувуллура Васал. Йовхачу хенахь ша санна гIаддайначу накъосташца цхьаьна Терка тIе къолаха воьдура иза. Станицашкахь доттагIий бу церан. Цигарчу хьалдолчу гIалгIазкхийн даьхний цара, нохчашка а даладой, Васале а, Мескатарчу Мовле а дIало. ДIайаханчу гурахь ХортIин а, Шахьбин а говраш йигира цаьршимма Оьрза-ГIала. Iай соцу церан болх, шелоно цIa чу бухку.

Аьрзус а, Iелас а магадац Васалан кхерстар. ХIан-хIа, нохчийн а, гIалгIазкхийн а хьолахойх къахетар дацара иза. Уьш талийча-м, мел хир бара. XIapa Васал Iедалан каравахарна йа гIалгIазкхийн дIаьндарго лацарна кхоьрура. ТIаккха кегийра бераш байлахь ма дуьсу. Гурахь тIаьххьара а говраш йигна, и болх сацийра Васала. ХIинца тIехаа говр а, берашна шура йаккха йетт а бу цуьнан. Кегийчу берийн дола дало Хьозега а. Юсуп а воккха хуьлуш ву. КхойтталгIа шо доладелла. Кестта дена гIоьнча хир ву цунах.

Ахьаран худар а диъна, ловза дIасадахара бераш. ГIар-гIовгIа йоцуш, тийна ду хIусамехь. Керт-ковхь цхьацца гIуллакхаш деш, йолайелла лела Хьоза. Ма тера а йу-кх иза ненах! Иза масазза го, Мархет карлайуьйлу Васална. Ма халачу хенахь, ма жима йолуш хилира цунах Васалан хIусамнана. Вовшашка балхам ца беш, нахана шайн дагара ца хоуьйтуш, текхира цаьршимма тIеман шерийн халонаш, къоьлла а, мацалла а. Iожаллин а ницкъ ца кхечи цаьршиннан безам бен.

Сингаттам бу-кх дог охкуш. Дуьненан самукъа дIадаьлла-кх Васалан. Къеналла а йу къайллаха тIехьерчаш. Васалан шерашца дуьстича-м, хьалхе ду къанвала. Шовзткъе итт а ца кхаьчна хIинца а. Амма стаг къанвийриг шераш хилла а ма ца Iа. Дахарх а дозу дуккха а. Ткъа Васалан дахарехь дукха кIезиг ду стаг хьаьгар волуш денош.

КетIа ваьллачу Васала урамца хьала-охьа бIаьрг туьйхира. Мича гIo-те иза? Iелин хIусамехь а, шен доттагI МIаьчиг волчохь а жимма садекъало цуьнан. Дукха воьду цаьрга. Ша кIордорна а кхоьру.

Керта уллохь лаьттачу боккха кIайчу тIулга тIе охьахиира Васал. Кхузахь дика йало ойланаш. ГIовталан кисанара тиша, модаша йуьзна кисет схьа а йаьккхина, луьйдигах гIели хьарчийра цо. ТIаккха, цIетуханца кIожам латийна, гIели а латийна, боккха баьккхина кIур чу а тоьхна, ойланашка велира. Ши бIаьрг духьал лаьттачу лекхачу гIаргIанний, бурсанечу хьорматний тIебоьгIна белахь а, цунна кхин гора. Генарчу къилбаседера къорзачу акхтаргийн боьлакаш, суланан аренаш, сийна хьаннаш, сирла хиш а…

Васале тIекереш йеш, уллохула тIехбуьйлура гихь дечиг йа кIудалш йолуш зударий. Цкъацкъа, берзина когаш ченала а бетташ, бераш тIехлелхара.

Васала ла ма-деггIара, веана МIаьчиг, салам делла, улло охьахиира. Вист ца хуьлуш, меллаша Васалан кисана куьг дахийтина, кисет схьа а эцна, шена гIели хьарчийна, йуханехьа чуйиллира цо. ТIаккха, Васалан гIелица шениг а латийна, боккха баьккхина кIур чутуьйхира.

– Берса веана, – элира цо, мераIуьргаш чухула кIур ара а хоьцуш.

– Маца?

– Сийсара.

– Мичахь ву иза?

– IелагIаьргахь.

– Керла хIун дуьйцу?

ХIун дара а, хаац, Гати-Юьрта деана керла хабар МIаьчигна хаьара уггар хьалха.

– Йуьртана гIуда тоха ойла йу Iедалан.

– ХIун динчунна?

– Яьсси тIерачу гIалгIазкхийн говраш йигна.

– Лар кхуза йалийна?

– ХIаъ. Вайн эвла йисттехь йайна иза. Мила ву-те уьш йалийнарг?

Васала ойла йира. ХIокху агIорхьара берриг къуй уьйзира цо. ТIаккха корта ластийра.

– Вайчара ца дина иза.

– Кхин хьан дийр ду ишттаниг?

– Хьан дийр дара? Хьаъа а. ГIалгIазкхаша шаьш дина хир ду. Вайчул дукха къуй бу церан. Корней санначара ца до вайна зуламениг. Цара шаьш дина къола нохчашка схьало. Кхечара, лар кхуза а йалайой, къола къайладоккху. Вайга такхийта.

– ХIета, гIуда такха дезар ду-кх вайн?

– Иза-м дуьххьара хуьлуш ма дац. Iедало къахьоьгур дац бехкениш лоьхуш. Вай тало бахьана лоьхуш лела. Хьуна мичара хезна и?

– Янаркъас дийцира. Цунна Ахьмадера хезна. ХортIа ву, боху, оьгIазвахана, стигал къекъош. Нагахь кхо де далале къу схьа ца лахь, ткъа туьма охьадилла, боху, тов.

Васала йайн шок туьйхира.

– Маса говр йу лачкъийнарг?

– Шиъ.

– Дела бе уьш Дала хIаллак! – доггах йаппарш йира Васала.

Теркан областехь лелаш дацара империн йукъара «Суьдан уставан» законаш. Кхузахь шатайпа бакъонаш хIиттийнера администрацис. Ламанхошна – цхьа тайпа, гIалгIазкхашна – кхин. Областан муьлххачу а маьIIехь дина зулам ламанхошна тIетоттура Iедало. Цунах уггар хьалха жоп доьхура зулам хиллачу меттигна уллохь йолчу ламанхойн йарташка. Йа бехкениг Iедале дIавала везара цара, иза дIавеллехь а, нагахь зулам меттахIотто цуьнан ницкъ бацахь, йуьрто бан безара такхам.

ГIалгIазкхийн станицашкахь къола динехь, лар уллорчу йуьрта йуьгура. Нагахь оцу йуьртана и лар шел дехьарчу махка тIе йигалахь, хьалхарниг кIелхьарйолура бехкана. Лар шен махка тIехь сецна йурт декхар йара къу каро а, станицина дина зиэн меттахIотто а.

Къу йа зуламхо ца карош меттигаш дукха нислора, xIapa йарташ бехке а йоцуш. Амма, белахь а-бацахь а, бехк царах цхьана йуьртана тIехь биса безара. Йарташна тIе жоьпалла дожо а, царна таIзар дан а атта хилийта, xIop а станицина тIечIагIйинера масех йурт. Шайна тIечIагIйинчу станицера стаг вехь а, цигахь къола дахь а, муьлххачу а зуламах жоп лора оцу йарташа. Цара шаьш лаха везара бехкениг. Амма и ца караво-кх, йа хилла а вац-кх иза, тIаккха а зуламах жоп дала дезара церан.

Яьсси тIехь йайначу говрийн лар Гати-Юьртан махка тIехь сецнера. Цхьамма кхузахула хьовзийна дIайигнера говраш. Бехк белахь а, бацахь а, гатийуьртахоша такха йезара уьш. Шина говран болучул кхузза-доьазза лакхара мах а луш.

Дерриг эладитанаш дийцина ваьлча, гIеттина, IелагIаьргахьа дIавахара ши доттагI. Цигахь даим а карадо керла хабарш. Iелин paгIy кIел жима пхьалгIа йиллина Андрейс. Цигахь адам лаьтта Iуьйрре дуьйна сарралц. Шайн тиша-киша дагарш, шаданаш, белаш, целаш, хьонхалш, пхатоьданаш, чкъургийн милкаш, хIазарш дохьуш богIу нах. Мискачаьргара мах ца боккху Андрейс.

АндрейгIар цаьрга баьхкичхьана, IелагIаьрга лилха воьдура Васал. Уьш цабезар а, ган цалаар а дацара иза. Уьш гича, ненан маттахь къамел хезча, xIapa дерриг дуьне шена хилча санна, хетара цунна. Амма ша хIор а дийнахь сих-сиха уьш болчу ихча, йуьртарчу нахана хIун хетар-те олий, ойла йора. ХIетте а, цIера ара ма-веллинехь, цуьнан шен бертаза когаша цига дIавуьгура Васал. Ша къамел кIезиг дора цо хьешашца, наггахь хаттар а деш, церан къамеле ладоьгIуш Iара. Иза а доккха ирс хетара цунна.

IелагIарна гергагIоьртича, цигара схьа жIаьвнан а, варзапан а татанаш ца хезча, цецвелира Васал. Дийнахь сарралц болх кхехкаш ма хуьлура цигахь. Ткъа хIинца тийна дара. Делкъе йен хан а ма йац. Шаьшшиъ кертал чоьхьаваьлча, paгIy кIел Андрей, Берса, Яшка, Маккхал а гира царна. Берсин каралаьцна йиллина книжка а йара.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru