Уьш вешан мостагIий хиларе терра, массо aгIop а нохчий сийсазбеш, церан оьзда дерг а сийдоцчу даккха гIертара вай. Церан кхетамций, амалшций, гIиллакхашций, дахаран кепашций цхьаьна ца богIу вайн лехамаш кхочушбан царна цалаарна. Вай уьш бехке бора, царна тIехь ца товчу, аз шогачу, шайн само къарйечу вайн шедагна кIел хелхабийла царна цалаарна.
Инарла М. Я. Ольшевский
Кхоьлина гергагIерта шийла Iа. Дукха хан йу ЧIебарлойн лома ло диллина. Ломан когашка а кIац йиллина сийсара.
Шийла а, сингаттаме а ду йерзинчу хьаннашкахь.
Шийла йу тIулгийн ширачу бIаьвнаш чохь, тIуьначу хьехаш чохь.
Амма обаргийн кхин меттамотт бац. Цецах санна, чекх мох буьйлу зарзйелла тIелхигйевллачу бедарех. Мотт-гIайба йицйелла дукха хан йу. Тахана кхузахь хуьлу, кхана мичахь хир хаац. Кхин бIаьвнаш, кхин хьехаш. Уьш йерриш а цхьатера йу. Шийла, сингаттаме. Наха йарташка кхойкху обаргаш, шайн ницкъ кхочу гIo а до царна. Кхераме доллушехь. Амма обаргашна лаац йарташка гIерта. Цкъа-делахь, Iедална и хааделча, уьш тIеэцначу йуьртана луьра таIзар до. ШолгIа-делахь, хIинца цхьа а йурт йац шена чохь, цхьаъ хилла а, даррехь йа къайлаха паччахьан Iедалан айкх воцуш. Уьш кийчча лаьтта Iедална тIе мотт бахьа. Ткъа Варин коьртах пхи бIе туьма ахча кхайкхийна инарло Тумановс. ГIараваьллачу обарган коьртах и ахча кIезиг хета айкхашна. Ткъа инарло Тумановс боху, паччахьо Шемалан коьртах кхайкхийнарг а дацара эзар туьма бен. Пхи бIе туьма. Iедало цхьана дийнахь доккху Нохчийчоьнера эзар туьма. Цхьанхьа цхьана йуьртан махка тIехь вийначу паччахьан йалхочун дакъа карадахь, бIе туьма гIуда доккху.
Инарлин ахча шортта ду. ХIетте a, xIapa буьрса Вара дийна йа вийна шена тIевалориг пхи бIe туьма бен ца ло. ХIумма дац. Собар дийр ду. Йуьхьанца кхайкхийнарг бIе туьма дара, хIинца пхеа бIе туьмане даьлла. Жимма Iийча, эзарне а дер ду. Шемалан коьртах санна. Собардинчуьнгахьа ву Дела.
Иштта ойла йо Варин мостагIаша. Халкъан мостагIаша.
Амма Вара, мел кхераме делахь а, тховса йуьрта гIерта. Цуьнан доьзал Жимачу-АтагIахь бу. Ши-кхо де хьалха бара-кх. Нагахь, цхьа гушбоцу кхерам тIе а гIоьртина, кхечахьа ца баьллехь, хIинца а цигахь хир бу. Дукха хан йу Варина шен зуда а, бераш а ганза. Дукха хан йу иза ша винчу йуьртахь хилаза а. Валлал кIордийна цунна, меца борз санна, хьаннашкахула, лаьмнашкахула лела. Амма цIа воьрзийла а дац. Цуьнан машар бац паччахьан Iедалца.
ХIунда?
Оцу хаттарна жоп доца ду: Варина а, дерриг халкъана а маршо йеза. XIapa лаьмнаш маьрша хила лаьа цунна. XIapa шен гIорйоьлла ворта паччахьан дукъа кIел йоьллина, лай хилла Iен лаац цунна. И ду оцу дезткъа шарахь цаьрга герз охьа ца дуьллуьйтург, цаьрга шайн а, кху шайн махка а баьхкина шайх летачийн цIий Iенадойтург. Цхьана а инарлин, цхьана а паччахьан бакъо йац, Варин хIусаме а иккхина, иза а, цуьнан доьзал а, ара а баьккхина, кхузахь долахо хилла охьахаа. Вара а, цуьнан да а, дендай а, цуьнан халкъ а ца гIиртина цхьаннен а хIусаме, цхьаннен а махка, цара куьг ца айъина цхьана а халкъан маршонна тIе. XIapa паччахьан инарлаш кхуза бахккалц, Варин дай тийна, таьIна Iийна кху лаьмнашкахь. Шайн лаьттан коржамаш тIехь болх беш, шайна кхачанна дийначу экханан бен, кхечу садолчу хIуманан цIий ца Iанош. ЦIеначу дагца безаш хьеший тIе а оьцуш, шаьш хьошалгIа а боьлхуш.
Варин шовзткъе итт шо ду. ТIеман цIергахь ваьлла иза дуьнен чу. Ша хаъал хилчахьана, даим а цунна гург цхьаъ ду. ТIом. ЦIий. ЦIе. КIур. Маьхьарий. Узарш. Вара витац шен хIусамехь ваха. Хьо вац оцу хIусаман да, шаьш ду, боху. ТIаккха эцна Варас дайх дисина герз кара. Амма Варин ницкъ ца кхаьчна шен цIа паччахьан инарлех лардан, иэхь ца хеташ, когаш хецна, паргIатваьлла, шен хIусаме охьахиъна мостагI араваккха. Ницкъболуш ву оьрсийн паччахь. Хьесап далур доцуш, дукха ду цуьнан эскарш, йаккхий тоьпаш. Вара ца ларийна цаьрца. Вара а, цуьнан дай а тешна бара шайга герзаца и мостагI лаьмнашка ца воуьйтуш сацалург хиларх. Йерриг а церан дегайовхо шайн майраллех, доьналлех, шайн даймахке болчу безамах, тешамах, хIокху йуькъачу хьаннех, лекхачу лаьмнех йара.
Амма церан майралла а, доьналла а, даймахке дозадоцу боккха безам, тешам ца ларийра оцу нуьцкъалчарна йукъахь а нуьцкъалчу паччахьна дуьхьал. Инарлаша хIаллакйора йарташ, бошмаш, хьаннаш, дагадора йалташ, докъарш. Дерзинчу лаьмнашка а йехачу ханна ца лардели шен бераш. ТIулгаш тIехь кхиалац йалта. Лаьмнашкахь меца Iожалла йу цаьрга хьоьжуш.
Вара Делах тешара. Цундела, кхузахь а шен бIаьхаллин доттагIех дIа а къаьстина, Iеламнахана тIаьхьахIоьттира иза. Устаз схьавоьхуш дехаре даханчу адамийн хьалхарчу магIарехь а вара иза. Ша хаъал хилчахьана, оцу дийнахь дуьххьара йукъахара герз охьа а диллина, баьццара жима байракх кара а лаьцна, ницкъболчу Деле орца а кхойкхуш, мостагIчун гIопе волавелира Вара. Ткъа гIопан пена тIера, Iаьржа багош а гIаттийна, цунна тIехьуьйсура йаккхий тоьпаш. КIур туьйсу милташ карахь царна уллохь лаьттара зоьртала салтий. ГIопан баролал арахьа нийсачу магIарашкахь хIиттина лаьттара гIашлой, дошлой. Iаьнан шийлачу малхехь къегара ира цхьамзанаш, дерзина даьхна тарраш. Синтем байна, лаьттах тIа деттара дерстинчу дойша.
Ткъа Вара, мохь бетташ Деле, пайхамаре, эвлайаашка а кхойкхуш, ша санначу эзарнашца, карахь герз доцуш, оцу буьрсачу ницкъана тIе хьалхаоьхура. Вара тешара, Дела а, пайхамарш а, эвлайааш а шайна гIоьнна орцахбевриг хиларх, цара шаьш оцу къизачу мостагIех лардийриг хиларх. Iеламнаха тешийнера уьш цунах. Устаз схьаваллалц, хIуъу хилахь а, цигара йуха ма довла, аьллера. Оцу дийнахь керстанан хIоъ-молханах латта хир ду, Дела а, пайхамарш а, маликаш а вайна орцах девр ду, аьллера.
Вара тешара Iеламнахах. Цундела иза, йуха ца хьожуш, майрра гIулч йоккхуш, хьалхахьа дIаоьхура. Амма царна цхьа а орцах ца веара, гаурийн хIоъ-молханах латта а ца хилира. ДIадаханчу дезткъа шарахь санна, Iожаллин сийна цIе туьйсуш, йийлира йаккхий а, кегий а тоьпаш, догIмех оьхура ира тарраш, цамзанаш. Татолашца Iенара довха цIий. XIapa де дIадаханчех къастош деккъа цхьа хIума дара: карахь герз доцуш мостагIчунна хьалха хIиттина бIаьхой, къена нах, зударий, бераш а…
Оцу дийнахь адамех тешам байра Варин. Даг чу гIеххьачул Iесалла а йоьссира. Хиира, даймохк а, маршо а шайгара гуттаренна а дIайаьллийла, иза а, важа а йухайерзо шайгахь ницкъ боцийла а. Амма… ва амма… Варин а, цуьнан тIаьхьенан a xIapa иэхье лолла лан дезар ду-те? МостагIчо байъинчу шайн вежарийн, йижарийн кешнийн баьрзнашка, сийсазбинчу даймахке, кхузахула курра волавелла лелачу мостагIчуьнга а хьоьжуш, лаьмнийн чIажаш декош, нанна хьежош цо йечу йаппаршка ла а доьгIуш, мостагIчун лай хилла даха деза-те xIapa декъаза жима халкъ? ТIаккха, ша боьрша ву аьлла, зудчуьнга вист муха хила веза Вара? ТIаккха, велча, эхартахь дайшна, наношна, xIapa лаьмнаш, маршо ларйеш турпала эгначу бIаьхаллин накъосташна дуьхьал муха хIотта веза Вара?
ХIан-хIа, мостагIчунна тIехь толам ца баккхалахь а, иза къарвелла соцур вац. Иза ша цхьаъ летар ву, цо цхьамма бекхам оьцур бу шен халкъерчу бохамна бехке болчех.
Дукха а, йеха а ойланаш йинчул тIаьхьа, и сацам тIе а эцна, шен цIа а, доьзал а битина, дарйина борз санна, кхерсташ лела хьуьнха вахара Вара.
Вара, атагIойн Вара, хьалхара вара халкъан бекхамхойн новкъа ваьлларг. ТIаьхьа цIарна а цIейаханчу нохчийн обаргийн дуьххьарлера сирла седа хилира цунах.
Варас къинхетамза бекхам оьцура олаллахойх, уьш муьлххачу къомах, муьлххачу динехь белахь а. Хьолахочун бахам схьабоккхура, мискачунна дIабоькъура. Иза кхочура Теркал дехьа а, салойн аренашка а, тIелатарш дора нохчийн йарташна, тIеман гарнизонашна, кIелонаш йора хьаннашкахь, чIажашкахь. Массанхьа накъостий, доттагIий бу цуьнан. ГIалгIазкхийн станицашкахь а, Гуьржийчоьнан, Дагестанан, ХIирийчоьнан лаьмнашкахь а. Цигахь массанхьа цкъа а машар хир боцуш мостагIий а бу. Паччахьан инарлаш тIе ца кхуьучу, бIаьргана гуш доцчу доккхачу эскаран баьчча ву Вара. Цуьнан бIаьхой бу кху Iедале, цуьнан йолахошка цабезам болу нохчийн, луларчу къаьмнийн а берриг къехой.
Шелахь цIий Iаьнначул тIаьхьа шина тобане бекъабелла нохчийн баьччанаш. Шена йуккъехь лаккхара динадай болчу цхьана тобано Эвтарахь туп тоьхна. Оцу тобано Iедалца барт-машар а лоьху. Шайна аьтто хуьлучу aгIop.
Царах дIа а къаьстина, Бенахь туп тоьхна Нохчмехкан бIаьхаллин баьччанаша: бенойн Солтамурда, майртуьпхойн ШоIипа, зумсойн Дадас, гатийуьртахойн Аьрзус, Маккхала, шелахойн Берсас а. Вара Бенарчу тхьамданашна тIаьхьахIоьттира. Амма дIайаханчу аьхка, шайна тIе а кхайкхина, цара сацамболлуш дихкира Варина паччахьан хьаькамаш байъар. Уьш байъарх кхачалур бац. Вийначун метта цул къизаниг валаво. Варас вийначу xIop a хьаькаман цIарах бIеннаш адамаш Сибрех хьийсадо. Йарташкара даккхий гIуданаш доху. Оцу балхо малбо гIаттамна беш болу кечам. ХIор а бIаьхо цуьнца оьзначу дешин меха вайн бIеннаш къонахий Сибрех дIахьийсабо, паччахьан эскарша йарташка йечу таIзарийн экспедицеша цкъа а меттахIуттур доцу зиэн до кху тIаьххьарчу хенахь дийнахь а, буса а къахьоьгуш кечбечу гIаттамна. Вара кхета веза цунах. Нагахь баьччанийн кхеташонан сацамаш къобалбан Варина ца лаахь, цара хьакъдоллу таIзар дийр ду цунна. Варас Къуръан тIехь дуй ма биъна кхеташонан сацамаш кхочушбан.
ХIаъ, Варина ца бицбелла ша биъна дуй. Лурчах Iай дара иза. Бенахь, дуьхьарлерчу кхеташонехь.
«Дала вазвина ваийтинчу Мухьаммад пайхамарехула бусалба адамашна доссийначу Делан хIокху дезачу Къуръанах дуй бууш, ас тоьшалла до, – Къуръанна тIе куьг диллина, чIоггIа, xIop а дош къостуьйтуш, Маккхална тIаьхьара элира Варас, – мостагIаша сийсазбен сайн даймохк маьршабаккха, сайна чохь са мел ду, халкъан маршонехьа къийса, цуьнан дуьхьа сайн са дIадала сацамболлуш догцIена кхуза со веана хиларна. Ас дуй боу, тховса кхузахь а, тховсачул тIаьхьа а тхьамданийн кхеташонехь дийцинарг, гинарг, хезнарг къайлехь латто. Ас дуй боу, кхузахь а, кхечахьа а, тховса а, тховсачул тIаьхьа а тхьамданаша биначу бартана муьтIахь хила, нагахь церан и барт а, цара суна тIедожийнарг а сан а, сан халкъан а сий дойъуш дацахь. Нагахь ас xIapa дуй къарбахь, халкъан гIуллакхна ас харцо йахь, сайн цIий хьаналдо ас кхузарчу тхьамданашна а, сайх бекхам иэца цара билгалвинчу муьлххачу векална а. Амин!»
ХIаъ, иза лурчах дара. Цул тIаьхьа Варин дог-ойла буххенца хийцайелла, тIекIелйаьлла. Вара догдика, къинхетаме стаг ма вара. Амма къинхетамечу даг чу йуссуш а хилла-кх и къизалла. Цуьнан шен бертаза. Вара къиза хилар цуьнан бехк бац. Паччахьан Iедал ду и къизалла, оьгIазло, харцонаш адамийн дегнаш чу йаржош. ЦIаро дагийна, цIийдина, кIуьро Iарждина, хIинца а хазза алу йанза, сийсаш лаьтта паччахьан эскарша йагийна йарташ. ХIинца а тIе буц йалаза ду тIаьххьарчу тIамехь байъинчийн кешнаш. Дийна бисинчийн догIмаш тIехь чевнаш а ца кхиъна муо хьовза. Уьш лозу, уьш даим а лозур йу. Iедалан харцонаша йитац уьш йерза. Даим дIа кегош, дарйеш. ДIа ког мел баьккхинчохь, кешнаш, йохийначу, йагийначу йартийн херцораш, садоцу адамийн чархаш санна, ирахь лаьтта дагийначу диттийн ханнаш…
Вара а, кхин эзарнаш адамаш а машаре дехар ма дара хаза а хеташ. ХIокхеран къамкъаргаш Iуьйдуш, мацалла бераш угIуш болу машар хьашт бац царна. Уггар хьийкъина арен тIера мохк цаьргара дIа а баьккхина, хIорш уьшалечу хьаннашка а, тIулгийн лаьмнашка а таIийна. Кху къеначу хьаннашкахь, тIулган лаьмнашкахь ирзойн коржамаш йохуш шаьш кхиочу йалтица Iаьнах а ца бовлало нах. Царна-м даа а, тIедуха а дезий. Иза а, важа а иэца дезаш хуьлу. Стенах оьцу, ахча а, даьхни а ца хилча? Даьхний кхаба дежийлаш, цанаш ма йац. Хьалха церан дайша аьхка лам тIе, Iай аренга дуьгуш, кхобура шайн даьхний. ХIинца аре церан йац. Иза цаьргара дIайаьккхина. Шаьш а, шайн доьзалш а хене баха некъ лоьху цара. Кхузахь пхи некъ хIутту: хьун йохкар, йолах балха хIиттар, къоладар, сагIадехар йа мацалла далар.
Хьун шортта йу. Амма кхузахь иза цхьаммо а дIа ца оьцу. Соьлжа-ГIала, Оьрза-ГIала, Чахкаре, ГIизларе йахьа йеза. Муха? Гиххьий? Хьенан бу ши сту йа бугIанаш? Цхьа наггахь волчун. Хьолахошна йолах болх бан реза берш кIезиг карабо. И хьолахой халкъан мостагIий ма бу. ХIокхеран берриг бохамашна бехке болу. Царах цхьаболчара паччахьан эскаршна гIo дина шайн халкъана дуьхьал тIамехь. Бисинарш йуьстаха лаьттина, йарташ йагош биэндоцуш хьуьйсуш. Халкъан бохамах пайда а оьцуш, IаIийна цара шайн хьал, бахам.
Болх лаха, бахамера цхьацца хIума йохка, оьшург иэца маьршша гIала ваха бакъо а йац. Цига воьдуш пурстопо, йуьртдас йа наибо делла билет хила деза карахь. Иза а доцуш цхьанхьа караво-кх! Схьа а лаьцна, таIIийна набахте вуллур ву. Ткъа и билет боху кехатан цуьрг а ма ца ло, шайна кхаъ ца белча. Иштта ду кхузара Iедал. ГIалахь дуккха а бу белхаш, амма цигахь ваха саца бакъо йац могIарчу нохчочун. Билет а карахь вахча а, вуьтий ткъа цигахь мегарг волавала? Дуьхьал мел кхеттачо нанна йаппарш хьежайо. Уьш боьлу хьох, цара сийсазво хьо а, хьан къам а, хьан Дела а, дин а…
Ткъа Варас сагIадоьхур ду бохург хьехо а ца оьшу. СагIадехар доккха иэхь лору нохчаша. ХIинццалц схьа оцу халкъах цкъа а ца ваьлла сагIина куьг кховдош стаг. Мацалла вала веза? ХIан-хIа, Варин ойла йац мацалла вала. Цо а, и санначара а тIаьххьара некъ къастийна. Къола. Аренца бехачу хьолахойн шортта даьхний ду, шайн хьал нохчийн халкъ талош IаIийна цара. И йамартхой, талорхой талор къилахь дац. Ткъа цхьаццаболчу молланашна къола дича-м, мела хила а мега. Шелахь цIий Iанош инарлина Тумановна гIo дина нохчийн эпсарша а, масех моллано а. Цундела инарло царна мидалш а, латта а делла.
Доцца аьлча, нийсо йац цхьаннахьа а. Вара хIинца тешац цхьаболчу молланех. Iедална товччу агIор дIасахьийзадо цара шариIат. И гаурш Делан а, бусалба динан а мостагIий бу, бохура цара иттех шо хьалха. Ткъа хIинца керста паччахь а, цуьнан хьаькамаш а кхечу басар бина. Паччахь Дала хIоттийна, иза а, цуьнан хьаькамаш а Делан лаамца лелаш бу, боху хIинца. Царна муьтIахь цахилларг, царна дуьхьалваьлларг жоьжахатин цIергахь вогур ву, боху. Хьеначу кхачанах дуьзна гай а, ахчанах дуьзна киса а долчу моллина атта ду и дийца. Амма Вара оцу туьйранех Iехавалийта хала ду. Цунна хиъна оцу хьолахоша аьшпаш буттий, xIapa Вара санна мискачу нехан уьш мостагIий хилар.
Халкъан оцу цIиймийлархойх бекхам оьцу xIapa нохчийн хьаннаш сийсош болчу обаргаша. Амма хIокху цхьацца-шишшаммо къаьст-къаьстина латто къийсам а, хьаннашкахь дахар а гена гIyp дац. Акхарой санна, хьаннашкахь, лаьмнашкахь лечкъаш лелла бевр ма бац уьш. ТIехула тIе, Нохчмахкара схьа цуьнга тIаьххьара ма хаийтина, нагахь и айхьа дIакхоьхьу некъ Iад ца битахь, айхьа биъна дуй ца ларбахь, шаьш хьуна тIехь нийса хьукма дийр ду аьлла.
«Мел дийцича а, и баьччанаш сол хьекъале бу, – ойла йо Варас. – Къона велахь а, хIокху Нохчийчохь уггар баккхийчу Iеламчех цхьаъ ву Маккхал. Петарбухехь оьрсийн Iилма а дешна, церан гIиллакхаш девзаш стаг ву Берса а. Ший а догцIена, оьзда ши къонах а ву. Халкъалахь сий а ду церан. Царах къаьстина, со мича гIyp вара?»
Чехкачу Органан аьтту aгIop берда тIе хьала а ваьлла, Жимачу-АтагIа бIаьрг бетташ, вехха лаьттира Вара. Цуьнан самоно лоьцура гондIа мел тийна а шур-шур. Варин мостагIий бу дуккха а. Царах уггар кхерамениг ЧIебарлара ГIудантан Мудар а волуш. Стешха, йамарт жIаьла ду иза. ЧIебарлахь наиб волчу цуьнгахьа ду Iедал а. Мудар санна, къиза, сийдоцуш хилла цуьнан ваша вийна Варас. Дукха хан йу, шен вешин чIир йекха гIepташ, Варин лар толлуш лела. Амма иза тIекхиац Варина.
Буьрса терсаш, тIулгийн бердах леташ, охьахьаьдда доьду Орга. Аренга мел дели, кIадлуш, гIеллуш, чож детташ, тийналле доьрзу иза. Адаман амалх тера. Къоначу хенахь дахарехь маршо лоьхуш, иштта карзахе некъ бо стага а. ТIаккха, шовзткъа шарал тIех ма-тиллинехь, хийцало. Наггахь йовхарш тухуш, ша висча, лазаршна узарш деш, кхин гIар-гIовгIа йоцуш, тийна лаьтте воьрзу. Эхарта.
Варин хьажар йуьртан лаха йистехь гIийла ша къегачу серлонна тIехь соцу. И къуьда богучу цIа чохь вехаш ву цуьнан доттагI Вагин Паша. Къайлаха обарг ву иза. Обаргашна къайлаха гIо а до Пашас, наггахь цаьрца къола дан а вогIу. Шена и шен доттагI дика вевза моьтту Варина. Амма – вовзац. Варина хаац и шен доттагI ГIудантан Мударна ахчанах вохкавеллийла. Ца хаьа, тховса ша Пашин хIусаман неIарх чоьхьа ма-веллина, xIyсамдас Мударе мотт эцна чехка бере хьажор вуйла а, ткъа ГIудантан Мудара гIопера йалийначу гIалгIазкхийн отрядах кхаа сохьтехь ша леттачул тIаьхьа, хIоъ-молха а кхачийна, баттара шаьлта а йаьккхина, мохь бетташ йеса а доьшуш, дуккха а барамехьчу мостагIашна чухьодур вуйла а, цара ша таррашца верина охьавуьллур вуйла а…
Цо хIинца кхечу хIуманан ойла йо. Цунна дагах гилгаш дуьйлу, шена кестта шен доьзал гург хилар дагадеача. Ойланца цо хьоьсту шен жимахйолу йоI Беди. Хетало, ша цуьнан Iаьржачу, кIедачу месашна куьг хьоькхуш санна, иза кегийчу куьйгашца йуькъа йаьлла сирйелла шен маж кегош, хебаршка ихна лаг мара а къуьйлуш, йоьлуш санна. Кхо йоI йу цуьнан. КIант вац. Варел тIаьхьа цхьа а боьрша стаг ца вуьсу церан доьзалехь. Варел тIаьхьа оцу зударийн дола хьан дийр ду-те? Наха дуьйцуш ирча эладитанаш ма ду. Кестта берриг божарий салт бохур бу, халкъ керста дине дерзор ду, тIаккха гаурша зударий сийсазбийр бу бохуш.
Варин цхьа кIант вара – церан доьзалехь дуьххьара хилла бер. Йалх шо хьалха тIамехь вийна. Къона, куьце, майра, хаза кIант вара Леча. Нохчмахкан хьаннашкахь воьжна. Зуда йало а ца кхии…
Ванах, иштта къаьхьа хир долуш ду-те xIapa дахар? Йа оцу паччахьан, цуьнан инарлийн, эпсарийн, хьаькамийн дай-наной, йижарий, зударий, бераш дац-те? Йа царна ца деза-те шайн бераш? Йа, шайна бен, доьзал безац моьтту-те царна? Йа оцу паччахьан, инарлийн, эпсарийн кийрахь дегнийн метта тIулгаш ду-те? ХIунда белхабо цара нохчийн наной?
И ойланаш дуьххьара йеш йац Варас. Лаххара а шовзткъа шо ду цо и ойланаш йен а, оцу хаттаршна жоп ца карадо а.
Варас халла хаалуш урх озайо. Беречух кхетта дин, Iад санна, булалой, дIаэккха кечло. Хьеречу Органна чу а баьлла, шуьйрачу некхаца и пурх хедош, дехьа берда тIе а болий, шийла хи охьадожош, бегало и.
Меллашчу боларахь йуьрта воьду Вара. Доьхкарх йоьллинчу тапчин макъарна тIехь ду куьг, ши бIаьрг, берзан санна, бодашкахула кхерста. Амма ойла йуха а, хьаьвззий, доьзална тIейоьду. Цхьа масех минот йаьлча, зуда а, бераш а гур ду цунна. Ткъа цхьана пхеа баттахь сатоьхча, чекхдер ду цара хьоьгу Iазап а. БIаьсте йаьлча туркойн махка баха кечлуш бу нохчий. Уггар хьалха боьлхучаьрца новкъа вер ву Вара шен доьзалца. Оцу тIехь цунна гIo дийр ду Iуспанан Сайдуллас. Цхьана хенахь ши доттагI вара и шиъ. ТIаьххьарчу ткъа шарахь, цкъа а вовшех ца къаьсташ, паччахьан эскарех летта. Воккха наиб хилира Сайдуллех. ХIинца паччахьан эпсар ву. Тамашийна хIума ду xIapa. Шемалан цхьаболу наибаш, молланаш паччахьан Iедало шена гергаозийна. Церан шортта алапаш, даьхний, мохк а бу. Доцца аьлча, нийсо йац-кх кху дуьненахь. Туркойн махкахь мукъана а карор бац-те синтем, сискал а? Дийца-м дуьйцу, бусалба паччахь волчохь Дала лур ду-м боху. Дахана, хьовсур ду-кх. Шайн даймахкахь бIарзбелла хьийза хIорш. Кхузахьчул хала хир дац хир ду цигахь. Хила декхар дац.
Оцу ойланашца Вагин Пашин керта воьллачу Варина ца хаьара кхана схьакхета малх шена гур боцийла…
… Мохк тIеман хьолехь хиларо вайна тIедохкура ламанхой шайн оьздангаллех бохор кхио долу, амма вешан ницкъ чIагIбен долу гIуллакхаш царна йукъадаржор, хIетахь вай къобалйора нохчочун сутаралла… ХIетахь бохо безара вайна зуламе болчу ламанхойн шайн даймахке безам, дезара царна йуккъе девнаш, питанаш тийса… ХIетахь цаьргара тIеман шпионство а, йамартло а оьшура вайна… ХIинца цигахь чIогIa оьшу нийсо йийр йолу, диканиг луу оьзда администраци…
Н. А. Добролюбов
Дезчу денна кечйелча санна йара тахана Владикавказ. Кхузахь гIалин урамашкахь а, Теркан областан эскарийн штабан цIеношний, командующин квартириний хьалха а гора леррина кечбелла областерчу эскарийн тайп-тайпанчу дакъойн эпсарш.
Петербургера йухавирзина Карцов ган баьхкинера уьш. ХIоранна а лаьара Кавказски эскарийн Коьртачу штабан начальникна хьалхахIотта, империн столицера цIа вирзина иза декъалван. ХIоранна а лаьара цунна билгалвала. Инарла магIарчу тIеман начальникех вацара. Кавказехь гIуллакх дан вале Александр II-ний, цуьнан вешиний тIеман тактикех лекцеш йоьшуш хиллачу цуьнан хIинца императоро догъоьцура. Кхин ца хилча а, Коьртачу штабан начальник-х вай иза. Хьанна хаьа, тахана цунна дуьхьалхьаьжна велакъажарх, цунна дезалучу aгIop дош аларх, кIеззиг гIиллакх лелорах йозуш хила а ма мега церан хинйолу карьера.
ДоттагIчун сийнна сийсара Лорис-Меликовс хIоттийначу банкете баьхкина хьеший тахана дIасаоьхура. ГIалин цхьацца aгIop арайевлира кхоккха говр йоьжна пайтонаш, дошлойн говраш. Карцовн лаамца кхузахь биснера отделенийн, округийн начальникаш, полкийн командираш.
Михаил Тариэловичан кабинетехь баьрччехь пенах кхозучу шен йерриг а регалешца дийнна даьккхинчу Александр II-чун суьрта кIел лекха гIовла йолчу венециански кIедачу кресло чу а воттавелла, йехачу стоьлана гуонаха хевшина Iачу эпсаршка бIаьрг туьйхира Карцовс.
– Господа эпсарш, – долийра цо дуькъачу озаца, – шуна ца хууш дац кху сохьта Теркан областехь хIоьттина хьал. Кхузахь машар а, синтем а хилийтаран дуьхьа, правительствос цхьамогIа сацамаш тIеэцна. Царах коьртаниг Кавказехь – уггар вайна кхерамечу мостагIех, нохчех, берриш ца бахалахь а, ах мукъана а кхузара дIабахаран хьокъехь хилла сацам бу. Петербургехь волуш оцу хьокъехь сан къамел хилла цуьнан локхаллица Милютинца, Цуьнан Императорски Воккхалло къобалдо кавказски Iедалийн дIадолор. ГIуллакх зиэн-зулам доцуш дерзаран жоьпалла уггар хьалха шуна тIехь дуьсу. Цундела суна хаа луур ду Нохчийчохь тахана долу хьал. Областан начальникан запискех йукъара хьал хаьа тхуна. Округан начальникашка сан дехар ду, шайна хууш дерг, цхьа жиманиг а буха ца дуьтуш, схьадийцар. Амма уггар хьалха суна ладогIа луур ду йуккъерчу Отделан начальнике.
Теркан гIалгIазкхийн эскарийн наказной атаманна инарла-майорна Христофор Егорович Попандопулона а, Гребенски гIалгIазкхийн полкан командирна полковникна Петр Гаврилович Белликна а йуккъе хиъна Iен зоьртала инарла-майор эла Александр Георгиевич Туманов везза хьалагIеттира. Вуьшта а дегIа тIе йижина мундир тIемгаш лаьцна охьа а озийна, сийначу ленти тIехь кхозу св. Аннин орден а нисйина, йайн йовхарш туьйхира цо.
– Хьан Локхалла Александр Петрович, шуна ма-хаъара, сан карахь йу вай къарйинчу Кавказехь уггар карзахе къам шена чохь деха Теркан областера Йуккъера тIеман отдел. Кхузарчу хьолах лаьцна айса регулярно областан эскарийн командующега, цуьнан локхалле инарла-лейтенанте Лорис-Меликовга донесенеш йеллехь а, амма хьан локхаллин лаамна жоп луш, кIеззиг дерг а кIел ца дуьтуш, дуьйцур ду ас…
Инарла-майорна Кундуховна уллохь Iен 77-чу Тенгински полкан къона командир, флигель-адъютант полковник эла Николай Иванович Святополк-Мирский резавоцуш дIасахьаьвзира. Цунна дика бевзара къамелна тIера гуьржий. XIapa эла хIинца вахлур ву, цкъа аьлларг йух-йуха а олуш. Ткъа Николай Ивановична йиллина хан йу Лорис-Меликовн кхаа йоIах жимачуьнца цхьаьнакхета. ХIинца кхозлагIа гинера цунна хIетта дузадоьлла дуткъа дегI долуш, оьрсийн а, кавказски а цIий ийна, Iаьржачу аматахь, горга йуьхь-марш а, ховха балдаш а, халла хаалуш буткъа сеттина хаза мара а, ши седа санна, богуш Iаьржа бIаьргаш болу и самукъане йоI. ХIинца а лерехь декара и шиъ сийсара балехь цхьаьна хелхадуьйлуш къоначу Соняс цуьнан лерехь дина шабаре къамел. Мундирна тIера схьайетталора цунах йисина дезачу IатIарийн хьожа.
Ткъа йоьIан нана Нина Ивановна резахилла хьоьжура цушинга… ОххIай, кху Кавказе веачхьана, цуьнан самукъадаьлла буьйса и цхьаъ йара-кх. Кхин йогIур йуй-те иза?
– Кху махкахь вешан олалла чIагIдархьама вайна оьшург нохчийн къоман бIаьхалла кагйар ду. Амма иза дан вайн ницкъ кхочур бац, нагахь санна, Iедало сацам тIеэцна ма-хиллара, царах цхьа дакъа кху махкара дIа ца даьккхича. Нагахь санна уьш нуьцкъала махках баха вай гIортахь, гIуллакх вайна инзаре зиэн ца хуьлуш доьрзур дац. Цундела, герзан ницкъе ца кхевдаш, уьш махках баха вайна цхьаъ бен некъ ца буьсу – царна йуккъехь къайлаха агитаци лелорца, уьш Турце кхалхарна тIебигар. Нагахь и гIуллакх кхочушдан вайн ницкъ кхачахь, цунах ши пайда болу: царалахь уггар карзахе нах махкахбахарца бисинчийн бIаьхалла кагйина, керлачу гIовттамех гуттаренна а цаьрга догдиллийтар – цхьаъ. ШолгIа – махках бевллачех дуьсучу лаьттаца вайга бухабуьсучарна кхачо йалур йу.
«Суна хаьара, xIapa вахлур вуйла, – ойла йора Святополк-Мирскийс, Тумановн хьаьвзинчу бехачу мера кIел ловзучу «полла» беш тодинчу морсачу мекхашка а, дуькъа, дехачу гиччошка а хьоьжуш. – Къамелна дукха тIера бай xIapa кавказцаш-м. Стенна оьшу, шозза шиъ диъ хилар чIагIдеш, оццул деха хабар?»
Цунна уллохь хиъна Iен 79-чу Курински полкан командир, Ичкерински округан начальник полковник Николай Никитич Головаченко, шена хьалха Iуьллучу кехат тIе къолам хьоькхуш, суьрташ дохкуш воллура. Святополк-Мирскийна гира цу тIехь говр-береш, зударийн кортош, дехьо хиъна Iачу 78-чу Навагински гIашлойн полкан командиран полковникан Дмитрий Виссарионович Комаровн кIунзале корта а. Амма элан хьажар дехха сецира цхьана маьIIехь леррина йиллинчу тангIалкхах корта разбаьккхина кхозучу ламанхочунна тIехь.
«Чов йина, йийсаре а лаьцна, ша Хаси-Юьртарчу килсан майданахь ирхъоьллинчу БойсагIаран сурт-м дац хир ду цо диллинарг?» – иккхира элан даг чу.
– Амма нохчий Турце кхалхор а дац атта гIуллакх, – дуьйцура хIинца а гIуллакхна тIевала генаволчу эло Тумановс. – Халонаш йаккхий хир йу. Цига кхалха шайна лаар схьахьединарш тахана цкъа дуккха а бу. Дийнна йарташ, тайпанаш. Вайна оьшучел а сов. Амма, дIабаха кечбелла, новкъа бевлла белахь а, шайн сацамах уьш бохо тарло Турце кхелхинчу кубански ламанхошкарчу хьолах лаьцна деанчу хабарой, цига кхалхаза буьсучийн гIуллакх жимма а толур дуйла хаарой. Хьалха ас цIе тоьхначу новкъарлонех-м графо Игнатьевс Iалашдийр дара вай. Коьртаниг хIун ду аьлча, нохчий кхалхор долийнарг вайн правительство хилар дукха йоккхачу къайлехь латтор ду. Нагахь, правительствон берриг нохчий Турце кхалхо ойла йу аьлла, шайна хеталахь, берриш цига дIагIоьртур бу уьш йа, цхьа а ца воьдуш, дуьхьалбевр бу, шаьш нуьцкъала махках ца бахахь. Цуьнан локхалло Лорис-Меликовс сайна тIедиллинарг кхочуш а деш, сайн лазутчикашкахула ас леррина терго латтайо нохчийн ойланна тIехь. Цара тIекхоьхьучу хаамашка ладоьгIча, цхьа дакъа нохчий кхалха кийча бу. Кхалха массарна а лаьа, амма вай шаьш дIа ца хецарна а кхоьру. Ткъа ас, аш тIе ма-диллара, оцу гIуллакхна йукъахь вай дакъалоцуш хилар ца хаийта, кхалхорна вай дуьхьал долчуха, амма кхалхарх церан дог ца доккхуш, ларлуш, политика дIахьо царна йуккъехь. Шен хан тIехIотталц, церан ойла чIагIйан йеза. Кхин а ду цхьаъ суна ала лууш. Кхалхо беза хан тIехIоьттича, кхелхачаьрца дIаваха кечвина цхьа наха лоруш болчех, нах тIаьхьахIуьтту болчех кхелхачийн коьрте а ваьккхина уггар хьалха новкъа ваккха вешан масех стаг хила веза вайн. Цкъа-делахь, и гIуллакх дийриг, царна, уьш резабеш, ахча дала дезар ду вайн, шолгIа-делахь, вай тIелаца деза, нагахь и масех стаг, дIакхаьчча, цигахь виса реза ца хилахь, царна йухаберза бакъо йала.
Корах чухьоьжучу гIушлакхе баьллачу маьлхан асанна кIел вохвелла, дегI бодделла, хьалха Iуьллучу кехат тIехь къоламца доцций йозанаш деш хиъна Iен Карцов, хьала а таьIна, бIаьргех дохку дашочу хIазаран куьзганаш хьажа тIе хьала а теттина, Тумановга хьаьжира.
– Хьомсара Александр Георгиевич, ахь бехк ма биллалахь йукъахваккхарна. Суна хетарехь, ишттачу нахана хьажийна харж йан ахчанна Михаил Тариэловича тхайга дина дехар оха къобалдина. – Карцов хаттаре Лорис-Меликовга хьаьжира.
– Ас итт эзар сом детица ахча дIахецна цунна. Суна хетарехь, Александр Георгиевича иза гIуллакхна дойъуш ду.
Йукъахваьккхинчу Тумановс, ойла ца гуллуш, маситтаза йайн йовхарш туьйхира.
– Хьан локхалла, Нохчийчоь кху сохьта кхаа декъе йекъайелла: Турцера схьакхоьхьучу хабарех Iехабелла а, бIаьсте йаьлча шаьш Теркал дехьа кхалхор ду бохуш даьржинчу эладитанех кхерабелла а цхьаболу нохчий Турце кхалха лууш бу. ШолгIачарна, ах бахархой кхузара дIабевлча, шайн аьтто хир буйла хууш, бухахь совца лаьа. КхоалгIачара, оцу эладитанех пайда а оьцуш, бIаьсте йаьлча нахера герз дIадоккхур ду, налогаш йохур йу, нах салт бохур бу бохуш, шайггара эладитанаш а даржош, адам гIаттамна тIетоьтту. Баккхийчара догдиллина шаьш тоьлург хиларх. Карзахбевлларш кегийрхой а, зуькархой а бу. Шаьш вовшах а тоьхна, шайн коьрте хIотта цхьа тIеман баьчча хилча, тахана а гIаттам бийр бара цара. Шеко йац, арахьарчу мехкашца вайн тIом болабелча йа чоьхьа муьлхха а цхьа хьовр-зIовр хилча, и баьчча гучувериг хиларан а, вайн аьтто бацарх цо пайдаоьцург хиларан а. Сан агенташ мукъа Iаш бац. Вайна дуьхьал аьлла дош а, дIатесна ког а сихха суна тIекхачабо цара. ГIаттамна кечлуш бу боху хаамаш саццаза тIекхоьхьу. И эладитанаш бIаьсте йолуш даим а хуьлу нохчашлахь. Цкъацкъа вайна зуламе довлу уьш, цкъацкъа хабар хуьлий дуьсу. Амма, адам кхалхо долийча, цара сацамболлуш дуьхьало йийриг хиларан шеко йац. Хьехориг мархин бутт чекхбаьлча бохуш ду. Цундела Нохчийчохь вай кийча хила деза муьлхха а гIаттам йуьххьехь хьаьшна дIабаккха. Цунна ницкъ оьшу. Оцу гIуллакхна кху областехь болу вайн тIеман ницкъ кIезиг хета суна. Нагахь нохчий нуьцкъала махках баха дезахь йа муьлххачу гIаттамна хьалхе йаккхархьама, цкъа-делахь, и регулярни эскарийн дакъош Воздвиженский, Ханкалехьа Грознина уллой, БердакIеллий уоза деза. ШолгIа-делахь, шина декъе декъна и эскарш, муьлххачу минотехь а сихха гIуллакхдан бакъо а йолуш, къаьсттина полномочеш йелла начальникаш коьртехь болуш хила деза. И гIуллакх дан дезар ду апрель бутт йуккъе балале. ТIаьххьара а суна ала лаьа, инарла Кундухов дуьхьал воллучуьра, майоран Оспановн а, майоран Ипполитовн а галморзахаллаш къасто йезар…
Лорис-Меликовс резавоцуш корта хьовзийра:
– Александр Георгиевич, оьшурий-техьа иза? Майоро Ипполитовс сайга йазйинчу донесенин копи ас Мусса Алхазовиче йелла, цо суна кхоччуш жоп а делла. И эладитанаш Сайдуллера схьадуьйлуш ма дац. Хууш ду, цуьнан мостагIий, арахьа хьовха, цуьнан шен бартахошлахь а хилар. Церан болх бу иза берриг а. Делахь а, массарна а кхеташ хилийта, Мусса Алхазовича шен къамелехь доцца аьр цунах лаьцна.
Кхеташо кестта чекхйериг хиларх тоххар догдиллина Святополк-Мирский, Лорис-Меликовна аьтту aгIop, хIумма а забаре доцуш, вусавелла Iачу областерчу эскарийн штабан начальникан полковникан Александр Павлович Свистуновн тиллачу коьрте хьежа хIоьттира. Цуьнан йехачу йуьхьа тIера нелачух терачу кегийчу бIаьргаша а, тIехабийначу дуткъачу балдаша а цунна дагатосура къиза стаг. Баккъал а, дукха хан йоццуш Нохчмахкахь а, Органца а хилла гIаттам хьошуш цо а гайтира шегара массарчул тIех къизалла. ХIинца нийсса шийтта шо даьлча, Мазлакна уллохь цуьнан безамна боккха барз беш, иза Петербурге дIа а хьажийна, цо Лорис-Меликовн меттиг дIалоцур бу, оццу шарахь цо къиза хьошур бу Нохчамахкахь хилла нохчийн тIаьххьара боккха гIаттам.