bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

3

…Иза дара 1858-чу шарахь. Шемалан тIеман ницкъан хьоста, цунна оцу ткъа шарахь гIортор хила лаьттина Нохчийчоь, цIаро йукъахьарчийна йогу гIишло санна, тIаьххьара бIогIамаш даьгна, кеглуш, тIейетталуш йара. Шайн инарлийн майраллел, говзаллел сийначу цIарах догйовхачу паччахьан эскарийн командованис цуьнца йагийра йарташ, хьаннаш, бошмаш. Мацаллой, цамгарший, къоьллой гIелбина нах бIаьрзе хьийзара. Цаьргарчу хьолах кхеттачу паччахьан инарлаша марсайаьккхира шпионаж а, агитаци а. Нуьцкъаша а, Iехош а, оьцуш а, нохчийн йарташ шайгахьа йаха гIертара уьш. Цхьайолчу йарташкара дийна бисина доьзалш гIалгIазкхийн станицашна герга кхалхабоьлча, ша ваьгначу вала воллийла хиъна Шемал а хьайра меттах.

Нохчех хаьдча, шен оьмар чекхйолийла хуу Шемал, вагийча санна, хьийзара. Кхузарчу наибашка дехаран кехаташ оьхура денна:

«Деган доттагIчуьнга, сан наибе ТIелхаге бусалба халкъийн тхьамданера Шемалера.

Вайн ницкъболчу Делера маршалла хуьлда хьуна!.. Вайн везачу Делан цIарах массаьрга а тIаме кхойкху со. Шайн дайша санна, майра дуьхьало йелаш мостагIчунна. Болх Далла тIебилла, Цо Iалашдийр ду шу. Амма, хаалахь, хьомсара доттагI, нагахь санна гиххойн виллает вайх дIайалахь, йерриг Нохчийчоь йужург хилар…

Делан жима лай Шемал»

«Вежаршка Атабига, Сайдуллера, Дубега, ТIелхаге имамера Шемалера.

Маршалла ду шуьга массаьрга а. ТIейогIу йеара кхачале нохчийн дерриг а дошлойн эскарш Шела йолчу гулдар тIедуьллу шуна. Далла лаахь, оцу дийнахь со хир ву цигахь…»

«Деган доттагIчуьнга, сан наибе ТIелхаге. Вайн везачу Делера маршалла хуьлда хьуна. Вайша йиллинчу меттиге вар доьху хьоьга. Цигахь ас шадерриг дуьйцур ду хьуна…»

Имамо шен омраллин аз хийцинера. ХIинца иза дехаршка ваьллера. Нохчийн наибаша шайн тIаьххьара ницкъ вовшахтуьйхира. Июнехь кхехкабуьйлира тIом. Йалхитта чаккхарма йукъ лаьцна, хьалхатаьIира паччахьан эскарш. 13-чу июлехь къоначу Ботукъин дошлойн бIаьно атака йира Тенгински полкана. Цо хIаллакйира иччархойн рота, йохийна йаржийра йерриг полк, амма ша, чIогIа чов хилла, йуьстахвелира оцу тIамера. Дийнахь-бусий ца лагIлуш боьдура тIом. Кхойтта дийнахь ца соцуш хьалхатеIара мостагI.

Оцу йуккъехь гIевттира паччахьан Iедало хьаьшна лаьтта гIалгIай. Церан гIo лаца сихвелла Шемал, шена хьалха нисвеллачу инарлин Мищенкон отрядаш а отуш, ГIалгIайчу кхечира. Амма тIaмехь бахчабалаза, мухха а герзаца кечбелла гIалгIай ледара летара. Оцу рейдан толам нохчех бозуш буйла хуучу имамо, Бородино арахь Наполеона шен гварди санна, кхоош кхобура уьш. ХIетте а, имаман сатийсар кхочуш ца хилира. Боьхна йухахьаьлхинчу гIалгIаша атака йан аьтто бохийра нохчийн дошлошна. Кхузахь вийна виъ бIе бIаьхо а вуьтуш, кIегарваьлла, Шемал Ведана вирзира, ткъа инарла Евдокимов, Органан чIожахула хьала цкъа а оьрсийн салтичун ког кхачазчу Шотойн дукъа велира.

Оцу хала деанчу шарахь къаьсттина хьерайелира тиф, хоршанаш. ТIамочул дукха синош дехира цамгарший, мацаллой. Де дийне мел дели, херлуш бара нохчийн а, дагестанхойн а барт. Царна йуккъе мостагIалла доьллира, дIадаханчу шарахь йерриг а Йоккхачу Нохчийчоьнан наиб ТIелхаг мукъа а ваьккхина, цуьнан метта имамо шен кIант ГIеза-Махьма хIотторо. Ткъа хIинца нохчийн йарташ, тIом сецош, оьрсашкахьа йийла йоьлча, имамо шен кIанте омра дира, xIop а йуьртара амалтана шена адамаш а даладе, берриг а нохчийн наибаш дIа а бахий, церан метта дагестанхой хIиттабе аьлла. Оцу омрано, Шемалх тоьлла наибаш хербина ца Iаш, кхин тIе а марсадаьккхира шина халкъана йуккъера мостагIалла. Нохчийн йарташ оьрсийн агIонгахьа кхалхар кхин тIе а чехкаделира.

Шемала дехарш дора нохчашка. Оцу шеран гурахь цо Шела улло бийхира нохчийн берриг наибаш а, Iеламнах а.

– Ма кхера оьрсех! – бохура цо. – Ахульгохь ворхI стагаца кIелхьара а ваьлла, ведда шуна тIевеанчу сох шун гIоьнца нуьцкъала имам хилла! Ма мотталаш, шаьш дIа а тийсина, со лам чу гIур ву! ХIан-хIа, со кхузахь, шун лаьтта тIехь, лийр ву! Шул майра, хьуьнаре халкъ дац дуьненахь! Собаре хила, сатоха! Оьрсаша хьесап ца далла дукха ахча дайъина, дукха салтий хIаллакбина шун мохк дIалаца гIерташ, шу салтдаха, шун зударех меташкаш бархьама. Цара герз дIадоккхур ду шуьгара, атталла урс а дуьтур дац. Шун берриг а къонахий Сибрех бохуьйтур бу, бисинчех муьжгий бийр бу. ТIаккха кхетар ду шу, амма тIаьхьа хир ду!

Оцу йуккъехула, шайн дерриг тукхам паччахьна муьтIахь ду аьлла, Евдокимовна тIевеара шотойн къеда Сурип-молла. Масех де даьлча, имамна дуьхьал гIеттинчу шен тайпанна гIoдар доьхуш, инарлина тIевеара чIаьнтийн тхьамда Дуга. ХIинца ша-шаха херца йолайелира Нохчийчоь. Иза йагайора мало йоцчу хIораммо а. Йагайора Сурип-моллас, Дугас, имамах веддачу наибо Хьамзата, Шемалан кIанта ГIеза-Махьмас, инарла Евдокимовс. Оцу йогучу цIергахула чевнаша деринчу дегIаца, кIур туьйсучу чоица Соьлжа-гIопе Евдокимовна тIевеара майра Ботукъа. Инарлин цкъа а ойла йацара наибаш байъа йа Сибрех хьовсо. Мелхо а, цунна лаьара цкъачунна уьш даржехь лакхабаха. ТIаккха цунна тIебогIур бара бисина наибаш а. Цундела, хьалха санна, Ботукъа шотойн наиб витира инарло, ткъа Сурип-молла цуьнан суьдхо хIоттийра.

Евдокимовс сатийсинарг кхочушхила дуьйлира. Нохчашний, дагестанхошний йуккъе луьра мостагIалла хIоьттира. Цхьаъ вукхунна тIаьхьа Евдокимовна тIеоьхура нохчийн наибаш. Амма массарел говза веара цунна тIе Сайдулла: инарлашка цхьа а тайпа гIo ца доьхуш, нохчийн ткъе пхиъ йурт гIаттийна, имаман Iедал дIакхуссуш, уьш паччахьна муьтIахь а йина. Евдокимовн воккхаверан доза дацара. ТIелхагал тIаьхьа Нохчийчохь уггар гIараваьлла ши наиб – Сайдуллий, Ботукъий – цунна уллохь вара хIинца. Инарло даггара сий дора оцу майрачу тIемалочун. Цо иза вовзийтира мацах цкъа Хьалха-Мартана уллохь Сайдуллас йиттинчу эпсаршна. ТIаккха, Жимачу Нохчийчоьнан наибан чин а делла, Iасс а, Фартанг а хишца йолчу хьаннашкара обаргийн тобанаш йохо хьажийра цо Сайдулла.

Бутт хан йалале Сайдуллас цигахь цкъа а ца хиллачу кепара тийналла хIоттийра.

Ницкъ иэшна нохчийн йарташ тIаьхьий-хьалхий оьрсийн караоьхура. ТIаьххьара детталора оцу бехачу тIеман дог – Нохчмахка. Хьаннаш хьоькхуш, шуьйра некъаш дохуш, тIе мел нисвелла йурт йагош, Нохчмахкан кIорге оьхура инарла Врангель.

1859-чу шеран апрелан хьалхарчу дийнахь йуьйжира йеххачу хенахь имаман столица лаьттина нохчийн йурт Ведана.

Ведана дIалаьцча, инарло Барятинскийс приказ кхайкхийра эскарна:

«Сийлахьчу Дала толамца совгIат делла шуна аш хьегначу къина: хIинццалц иэшо вайн ницкъ ца тоьъна дуьхьалонаш хирци, Ведана схьалаьцна, къарйина Нохчийчоь Сийлахьчу Государан когашкахь Iуьллу.

Хастам хуьлда инарлина Евдокимовна! Баркалла цуьнан гIоьнчашна!»

Толам декъалбеш, шатлакхна оцу дийнахь коьртакомандующин омрица Метехски гIопехь бIе цхьаазза йаккхий тоьпаш кхоьссира.

Шемал бIаьрга сара кхетча санна хьийзара. Веданий, ДаьргIий йоьжначул тIаьхьа ша нохчех догдиллинехь а, Шемална йуха а нохчех кхета лиира. ХIинца Эрсана бийхира цо уьш.

– Шул майра халкъ дац дуьненахь! – бохура цо йуха а. – Динан нур ду шу, бусалбанийн гIортор! Аш когадахийтира кху лаьмнашкахь доьжна ислам! Аш дукха цIий Iенийна оьрсийн, дукха хIонс йаьккхина цаьргара, церан цIарна цIейахана нах йийсаре лецна аш! Шух кхоьруш детталора церан дегнаш! Хаалаш, со дийна мел ву, со шайн накъост, хьаша вуйла! Ас вайн везачу Делах дуй боу шуна, Нохчийчохь цхьа дитт ирахь мел ду, кхузара дIа лам чу ца ваха!

Амма имаман хабар эрна дуйла хуу нохчий дIасабахара. 12-чу майхь йерриг Нохчмахка, оьрсийн эскаршна къарйелла, кIелсецира, йеккъа цхьа Бений, цунна гондIара кIотаршший йоцург.

Цул тIаьхьа дукха хан йалале, 25-чу августехь, дийнахь кхо сахьт даьлча, имаман къоьжа корта элана Барятинскийна хьалха хIоьттира.

ТIеман оцу тIаьххьарчу шарахь Барятинскийс лоьруш лелийра Сайдулла а, бевдда шайгахьа бевлла важа наибаш а. Амма, тIом чекхбаьлла, нохчийн лаьмнашка ондда ког гIортийна, шаьш дIахIиттича, паччахьан инарлашна бицбелира уьш. Наибаш боху цIераш йара церан, амма Iедалх хIума дацара церан карахь, цхьа Шамурзин Бота а, Жукин Дуба а воцчун.

4

– Ахь Iоттар йин суна, Муса, – элира, хIетталц Мусассий, Iелаханий дечу къамеле ладоьгIуш, амма цара дуьйцург ца хезаш Iийначу Сайдуллас. – Далла дика хаьа, ас динарг сайн цIока ларйеш дина цахилар. Тхуна маршо йезара, кхетий хьо? Тхешан ворхIе дайшкахь лаьттина маршо! Ца лаьара тхаьшна йуккъера элий бовлийла, тхаьш цхьаннен а йалхой хуьлийла. Цундела хIоттийра оха Шемал коьрте. Цул хьекъале, хьуьнаре, майра нах тхаьшлахь шортта боллушехь. Оьрсашца дерг сихха чекх а даьккхина, тIаккха имам шайн Суьйлийчу дIаэккхо дагахь. Амма дерриг а ца нисло ма-моьтту. ТIом бахбелира, Шемал тхуна нуьйр тилла вуьйлира. Тхуна ца везара йа иза а, йа паччахь а. Хьуна ма хаьа, оцу ткъа шарахь тхоьгахь даллийнарг. Имамца а, паччахьца а, вовшашца а ца тарлуш, вовшахлеташ, хIаллакьхили тхо. Ткъа шо. Хаддаза тIом. Шаберг тхан махка тIехь. ДIадийна йалта чудерзадойла ца хуьлура. ТIамехь даьккхинарг бен рицкъа дацара. Зударий бераш дан ца кхуьура. Нийсса ах сов хIаллакьхилира тхан къам. Тхо кхераделла ца севцира, ткъа ницкъ кхачийна, гIелделла, доьза хIаллак ца хила, севцира. Кхетий хьо, Муса? Адам эрна хIаллак ца дан вахара со инарлина тIе!

– ХIета, ас халахетийтина-кх хьуна, Сайдулла? – эсала вистхилира шен хьешан кхехка дог хуу Муса. – Ас дагахь хIума доцуш аьлла дешнаш дара уьш. Гечделахь.

– ХIан-хIа, Муса, гечдан бакъо тоьллачун бен йац. Ткъа со иэшнарг ву. Хьо паччахьан инарла ма ву. Хьан цхьаннан долахь бу нохчийн пхи эзар доьзалан боццучул бахам. Хьан сий ду. Хьуна а хиъна хьайна некъ баккха. Ахь Россехь дешна. Цигахь хьо Iамийна xIapa лаьмнаш, кхузара къаьмнаш ца деза. Хьайн вежарий байъа. Со миска ву, амма, шун цIеша буьзна бахам сайн ца хилийта, caгIaдоьхуш лела реза ву!

Iелахас муьшка йира шен накъостна:

– Сайдулла, ахь диэн къамел лан деза ду. Диц ма делахь вайша Мусин хIусамехь хьаша хилар!

Ша Iачуьра хьала а гIеттина, кIедачу кузаш тIехула чехкка дIасаволавелира Сайдулла.

 

– ХIусамдена а хаа деза шен хьешан чевнаш ларйан. Кхетий хьо, Муса? Тхох хIораннан а дегI дуьззина чевнаш, моьнаш ду. Ма хьейе уьш, ма йе Iиттарш, тхан чевнаш Iийжайо аш! Шаьш йина чевнаш йерза йита!

Лом карзахдала доллийла хиъначу Мусас, хьалагIеттина тIе а вахана, цуьнан белшаш тIе куьг диллира.

– ОьгIаз ма эхахьа, доттагI. Вай дерриш а ламанхой, цхьа вежарий ду. Цхьанна иккхина лазар массеран а дегIе кхерста вайн. Со мила ву? Инарла! КхидIа хIумма а вац! Цхьана хенахь, хьо санна, со а оьшура паччахьна, хIинца со а совваьлла. Хьох тешшачул а ца теша сох. Сан кийрахь бац, моьтту хьуна, бала? Айса шун халкъан Iенийначу цIийно буса наб кхета ца вуьту. Оцу къих хьалхавала некъ лоьхуш, синтем байна хьийза со. Цунна виэхна ас шуьша схьа а. Нагахь, теша а тешна, ашшимма ас аьлларг дахь, ас хоуьйтур ду-кх шуьшинна нохчийн дуьхьа са дIадала а со кийча хилар!

Сайдулла, сиха Мусигахьа а вирзина, бIаьрса схьаэца санна, леррина цунна тIевогIавелира. Амма царна чохь цунна ца гира йа йамартло а, йа вуохар а, йа кIиллолла а.

– Схьадийца, Муса, къиза велахь а, амма цкъа а йамартло ца йаьлла хьох.

– Цкъа, саметта а волий, охьахаахьа. Вай дуьйцу дерг кIезиг гIуллакх дац.

Сайдулла а эцна вахана, Муса йуха а шен метте охьахиира.

– Афако, чагIарх йузал и маIаш. Сайдулла, ас шуьшинга дуьйцу долчух а, вайн хинболчу бартах а доьзна хир ду шун къам маьрша дехар ду йа хIаллакьхир ду бохург. Цул сов, сан багах девлла дешнаш Iедалх дIакхетахь, со хIаллакьхир ву. Иза вуьшта а ца теша даьлла сох.

– Хьуна тхаьш девза, моьтту тхуна. Нагахь хьо тхох ца тешахь, Къуръан схьада, дуй буур бу хьуна.

– Цкъачунна Къуръан ца оьшу вайна. Амма жимма вешан къамкъаргаш тIунйийр йу вай. ДIалацал маIаш. Дала барт цхьаъ бойла вайн!

– Амин!

– Амин!

Йассайелла маIаш Афаке дIа а кховдийна, шен Iаьржачу мекхех куьг а хьаькхна, забарш йитина, хьешашна тIевирзира Муса.

– Шуна герггара ца вевза со, кIентий, – элира цо, доккха са а даьккхина. – Шуна гергахь со паччахьан инарла бен вац. Шун дикане даха дог а, шун вуонах кхера меттиг а бац сан. Амма и ший а шуна дан ницкъ бу соьгахь. Сайдулла, йуха а моха тIейогIуш лаьтта хьуна. Собаре а хилий, ладогIа соьга. Ас иштта хIунда боху аьлча, суна шун къайленаш хаьа йерриш а.

– Сан къайлаха хIумма а дац, Алхазан Муса, – са ца тохаделира Сайдуллега. – Со тIемало ву, цундела ас лелориг дерриг а даррехь ду.

ЖовхIаршца пIелгаш кхелина шен куьг хьалалецира Мусас:

– Амма со цкъа а мотт тухуш вац. Россехь суна Iилма делла, амма дог ца хийцина. Шу санна, тIемало а, ламанхо а ву со. Суна дика хаьа, шуьшиъ паччахьан ши эпсар велахь а, ашшимма, шайн ницкъ кхаьчча, Росси йоккхачу тоьпах оьккхуьйтур йарийла. Шуьшинна бIаьрга бан ца беза оьрсий. Цул сов, суна шера хууш ду нохчий керлачу гIаттамна кечлуш хилар.

– Кхузахь тхойша йуьстах ву, Муса. Цаьрца бозабелла цхьа хьаса а бац тхойшиннан. Доцург тIекхолла ма гIерта, – элира тапъаьлла Iачу Iелахас.

– Хаьа. Амма шуьшиъ цара йуьстахтесна. Уьш тешац шух. Царна диц ца делла масех шо хьалха шу оьрсашкахьа довлар, аш паччахьна доггах дина гIуллакх. Хинболчу гIаттамна коьртехь хир бац хьалхалера наибаш а, динадай а. Царах тешам байна халкъан. Цуьнан тхьамданаш кхин нах бу, цкъа а оьрсийн Iедалций, шуьций машар хир боцуш. Амма зиэне хир йу оцу гIаттаман тIаьхье. Эзарза гIовттарх, шун ницкъ кхочур бац шайн махкара оьрсий дIабаха. Шелана уллохь хиллачу гIуллакхо баьккхина хинболчу гIаттаман корта.

Амма оцу гIаттаман дог хIинца а Iалашделла, и нах Iовдал нах бац. Царна хаьа, нохчашка шайн ницкъаца маршо йаккхалур йоцийла. Цара адам гIазоте а ца кхойкху, керстанашна дуьхьал а ца доху. Уьш, мелхо а, керста халкъашца бертахь паччахьна дуьхьал гIовттаре кхойкху. Цул сов, говрашна нуьйраш а техкина, уьш кийчча Iа, Россин кхечу пачхьалкхашца тIом ма-болабеллинехь, чухахка. Амма и царна биэза тIом хир бац герггарчу иттех шарахь. Цундела цигахула шайна маршо хиларе догдахар эрна ду нохчийн. Йуха а цIий Iенар ду, йуха а сийначу цIарах йогур йу шун йарташ. Эххар а, къарделла кIелсовцур ду шу. И муха хета хьуна, Сайдулла?

Шина а куьйга корта а лаьцна, корах ара а вогIавелла Iен Сайдулла, цхьа вуон гIан а гина, самаваьлча санна, цIеххьана доккха са а даьккхина, чухула дIасахьаьжира.

– Со дуьхьал ву оцу гIаттамна, Муса. Суна ца лаьа адам эрна хIаллакьхуьлийла. Амма адам сох тешац. Ас хIун дийр ду царна?

– Дика ду, Сайдулла, кхидIа а ладогIа соьга. Амма, паччахьна муьтIахь а хилла, севцича, шаьш маьрша дехар ду а ма мотталаш. Шун маршо дIайахана, кхин цкъа а йухайогIур йоцуш. Ас дийца ца оьшу шуна, шу мел гаттехь дохку. Паччахьо гIалгIазкхашний, шун эпсаршний, элашна IалхьастагIарна, ЭльдаровгIарна, ТаймазовгIарна, ТурловгIарна, БековичгIарна совгIатна декъна латта шайна йухадерзоре сатуьйсу нохчаша. Шуна и латта йухадерзо а, шу, тIе ка а хьоькхуш, кхаба а ца бина паччахьо шуьца, бIе эзарнаш салтий хIаллакбеш, кху дезткъа шарахь и тIом. Амма хIинца долчу хьолехь шу дита а ца тарло цуьнан, хIунда аьлча шайн махкахь аш оьрсий ког хецна баха буьтур бац. Цундела Iедало шу новкъара дIадаха некъ лоьху. Цунна и карийна.

Арахь гIовгIанаш йевлира. Хезира хьуьхьйоьллачу говрийн йиэхьар, хоьтту маршаллаш, хIусамден йоху цIе а.

– Цхьа оьрсийн эпсар ву, – элира корах арахьаьжначу Афакос.

Мусин чам байра.

– ХIара мича йуккъехула кхечи! Церан гIуллакхе хьажахьа, Афако. Со волчохь хьеший хилар а, хIорш дIа ца бирзича, сан шайца охьахоуьйла доций а хоуьйтуш, хIума дехьа. Кху чу ма виталахь цхьа а.

– ТIаккха, Муса, дийцал, хIинца хIун Iазап дагалаьцна тхуна паччахьан Iедало? – хаьттира Сайдуллас, Афако араваьлча.

– Ас шуьшинга йуьйцу йерг паччахьан къайле йу, кIентий. Йуха а боху ас, нагахь вай дуьйцу дерг вай кхаанна йуккъера дIадалахь, со хIаллакьхир ву. Со теша шуьшиннах. ГIуллакх муха ду аьлча, паччахьо чIагIйина лаьтташ Лорис-Меликовн план йу Iаьржачу ломан когашкахула дIайолу йерриг а шун йарташ цигара дIайаха. Цхьайерш – Соьлжан аьтту агIон тIе, дукхахйерш Жимачу ГIебарта кхалхор. Изза дагахь гIебартой туркойн махка кхалхош бу. Ткъа, и йарташ дIайаьхна, мукъадаьккхинчу лаьтта тIе керла гIалгIазкхийн станицаш йахка ойла йу. Цул сов, Органца хьала а, Ведана хьала а йолу гарнизонаш кхин тIе а чIагIйан сацам бу. ТIаккха хиндерг хаа хала дац. Цкъа-делахь, нохчий нийсса ах шайн махкара дIабоху, бисинарш, кхаа декъе боькъуш, гIалгIазкхийн станицашна йукъаIовду, Нохчийчоь Дагестанах дIакъастайо. Цул тIаьхьа шун аьтто хир бац Iедална дуьхьало йан.

Iелахас доккха садаьккхира.

– ТIаккха тхо салт а дохур ду, тхоьга лан ца баллал текхамаш а бойтур бу.

– КIез-кIезиг дерзош, керста дине а дерзор ду, – тIетуьйхира Сайдуллас. – Нуьцкъаша хьакхарчий йаор йу, зударшна ницкъаш бийр бу.

– Цуьнан хинйолчу тIаьхьенах нийса кхетта шуьшиъ. Доцца аьлча, шу шайн мехкан дай дац-кх.

– ХIан-хIа, Муса, иштта хила йиш йац! – хьалаиккхира цIий сиха Сайдулла. – ХIун моьтту царна? Тхо зударий-х даций? И хир дац! Тхо летта лийр ду. ТIаьххьарчу стагана тIехIитталц. Со-суо вер ву гIаттамна хьалха. Ас хоуьйтур ду халкъана со цунна тешаме вуйла!

ХIинца тIехIоьттинера Мусас ша дагалаьцнарг дIадийца деза хан. ХIинца къаста дезара цо тIаьххьарчу шарахь ша дукха ойла йинарг, Тифлисехула, Стамбулехула ша айъина лелийнарг.

– Сайдулла, лаьий шуьшинна шайн халкъан ирс хуьлийла?

Ши хьаша цецваьлла хIусамдега хьаьжира.

– Муха ца лаьа, цуьнан дуьхьа ца летта тхойша ткъа шарахь мостагIех?

– Муьлхха а гIаттам, мел боккха и хиларх, шу иэшна бен чекхбер бац. Дагестанхой шух дIакхетар бац, хIунда аьлча цара хIинццалц шаьш лелийнарг а, шун ницкъана тIе а тийжаш, Iедал латтийначу Шемалах кхоьруш бен ца лелийна. Малхбузехьарчу ламанхошка догдохийла а шун йац, уьш, берриш бохург санна, Турце кхелхина. Шун халкъ ткъе пхиъ шо хьалхалерниг дац. Нийсса ах хIаллакьхилла. Дийна бисинчех цхьаберш Россехь бу, цхьаберш къаналло кIелбитина. Хьалхарчу чкъуро догдиллина ша тоьлург хиларх. Дерриг а меттахъхьедийриг къона чкъор ду, амма уьш хинйолчу халонех ца кхета. КIелхьардовла кхоъ бен некъ бац шуна: йа летта далар, йа, Жимачу ГIебарта а кхелхина, шайн латта гIалгIазкхашна дIадалар, йа, малхбузера ламанхой санна, Турце кхалхар. Къастабе царах цхьаъ.

Сайдулла а, Iелаха а ойланашка вуьйжира. Дагца йолчу цамгаро дуьненах догдаьккхина волу Iелаха цкъа а тIера вацара къамелна. Цуьнан Iаьржачу аматахь озачу йуьхь тIе хьаьжча, хаалора цамгарочул тIех цуьнан садууш кийрахь кхин бала хилар. Хеназа къежделлачу шен месалчу мекхех куьг а хьаькхна, ахь жоп лохьа бохуш санна, Сайдулле а хьаьжна, хьала а гIеттина, халла хаалуш цхьана когана астагI теIаш, вахана коре дIахIоьттира иза.

– Хьан хаттарна жоп дала хала ду тхойшинна, Муса, – элира Сайдуллас эххар а. – ГIуллакх тхойшиннан догIмаша, тхойшиннан доьзалша къастош хилча-м, жоп дала хала дацара. Амма ахь халкъана тIера жоп доьху. Цунна векал ца вина тхойша цхьаммо а.

Кундуховс, корта aгIop саттош, ши куьг дIасатесира:

– Сан йиш ма йац дерриг шун халкъе сайн къайле дIакхайкхо. Шуьшиъ церан корта бу, цул сов, суна тешаме ши стаг а ву. Нагахь шайн халкъана дика болх шаьш лехахь, хьекъале жоп ло.

ХьалхахIоттийначу халачу хаттаро ларйоцуш йайъира Сайдуллин челакхалла. ХIинца цуьнан йуьхь ца йогура цIечу басахь. БIаьргаш чохь ца йогура цIе. Тахана дуьххьара хIоьттинера цунна тIе дийнна халкъах дош дала дезаш хала киртиг. ДIадаханчу ткъа шарахь иза майра тIемало вара. Цо ша ма-аллара, иза ТIелхаган куьйгаш дара, ойла ТIелхаган коьртаца йора цо. Ма атта дара иштта! ХьаргIачу дина а хиъна, баттара тур даьккхина, дошлойн бIаьна хьалха а ваьлла, мостагIий цеста. ХIетахь иза даим а толамца йухавоьрзура. Ткъа хIинца? ХIинца цунна уллохь бац цуьнан бIаьхаллин накъостий, баккхий тхьамданаш. «Уьш хир бац кхузахь. Цаьрга йуьйцур йац Мусас шен къайле. Тхо цхьа масех ву царах вохкавелларг. ХIун дан деза? ДIа а вахана, царах дага а ваьлла, веача? Амма царна а ца веза-кх со. Царна гергахь со дохкаделла жIаьла ма ду…»

– Сайгга жоп далалур дац соьга, Муса. ЦIа а вирзина, цхьаццаннах дага а ваьлла, иттех де далале йухавогIур ву со.

– ХIан-хIа, Сайдулла, и баккхал йан лаац суна. Ас вовшахдеттарг къайлаха гIуллакх ду. Хьуна хIинца а дерриг ца хаьа. Кху чуьра шаьшшиъ аравалале, сецна жоп ло суна.

Сайдулла йуха а дIатийра. Иза ша а вацара керла гIаттам кхиамца чекхбериг хиларх тешаш. Шелахь хиллачу гIуллакхо хIаллакбина цуьнан коьрта тхьамданаш. Нохчашна йуккъе охьахаийна герзах воьттина бIе эзар гIалгIазкхи ву. ГIаьпнашкахь лаьтташ дуккха а эскарш ду. Стаг чу ца вита атта ду, веанчул тIаьхьа аравоккхучул. ДуьххьалдIа эрна хIаллакьхир ду адам. Иза хуьлуьйтийла дац. ТIаккха а доху-кх тхо махках. Керстанех дIаэдинчу тхох цхьа бIе шо хьовзале керстанаш хир ду. ХIун дан деза? Туркойн махка кхалха деза? Муха буьтур бу вина мохк?

Коьртехь уьйриг хилла хьийзачу ойланаша хорам бина Сайдулла, хьала а иккхина, чухула чехка дIасаволавелира. «ХIун эр дара-те нохчийн тхьамданаша? Тхо-х, сагIадоьхургаш санна, чIана а девлла лела. Тхан-х сий дайна!»

– Ахь муьлха некъ къастор бара? – хаьттира цо Мусига, цIеххьана цунна уллохь саца а сецна.

– Шун хьоле со хIоьттина хилча, со Турце кхелхар вара.

– Амма цигахь а ма йу тхоьга хьоьжуш Iожалла! – мохь белира Iелахан. – Тхуна дика ма хаьа цига кхелхинчу эдагойх хилларг! Уьш, мозий санна, цигахь леш бу. Цара-х, мецачу Iожаллин кIелхьарбовла гIерташ, шайн бераш духку!

– ХIаъ, кIелхIитта тхов боцуш, йерзинчу стигал кIел леш бу уьш цигахь, – тIетайра Сайдулла. – ХIан-хIа, Муса, цул-м тхаьш динчу махкахь лийр ду тхо!

Муса кхоьрург цунна дуьхьалтуьйхира хьешаша. Амма дерригенна хьалххе кечдина жоьпаш дара цуьнан.

– Эдагашца шаьш ма дагардел ашшимма, – маслаIат дан хIоьттира иза. – Цкъа-делахь, уьш кхайкхаза биссина хьеший бу цига. ШолгIа-делахь, цхьа а низам доцуш кхелхина уьш. ДуьххьалдIа керстанаша хьийзош, махкахбевлла, шайн неIар тIе баьхкина бусалба вежарий дIачовхо а ца тарделла, тIеэцна уьш туркойн паччахьо. Уьш богIур бу бохуш, царна меттиг кечйина ма ца Iара иза. Цундела нисбелла уьш халачу хьоле.

– Тхуна шун кечдина Iаш мила ву цигахь?

– Шуна ма-хаъара, кху аьхка вахана, Уьстамалахь бутт хан а йаьккхина, цхьа кIира хьалха цIа вирзина со. Султанан визир Iела-Паша герггара доттагI ву сан. Тхойша цхьаьний султан Iабдул-Межид волчу вахча, нохчех лаьцна къамел хилира тхан. Ас дийцира шуьга хIоьттина Iаьржа Iазап. Ткъа шун майраллех а, шун турпалчу къийсамах а лаьцна, ас дийца ца оьшуш, царна шайна дика хаьара. Султанна чIогIа къахета шух. Цунна ца лаьа шен майра бусалба вежарий керстанаша хьийзабойла. Цунна ца лаьа шу, керстанашна йукъа а даржийна, Мухьаммадан умматах дIакъастадойла. Цушимма тIедиллира суна, нагахь шун барт хилахь, шу туркойн махка кхалхар шайна чIогIа лууш хилар шуьга дIахаийтар. Цара тIелаьцна, нагахь шу реза хилахь, туркойн мехкан уггар тоьллачу лаьтта тIе шу даха ховшо а, шу меттахIитталц массо кепара шуна гIo дан а.

 

Мусас дуьйцучух шекваьлла, ши хьаша вовшашка хьаьжира.

– Нагахь шуьшиъ сох ца тешахь, ас, Iабдул-Межидан куьг тIехь а долуш, цо шуьга даийтина кехат гойтур ду-кх шуьшинна.

Хьала а гIеттина, сейфа тIе ваханчу Мусас, цу чуьра схьа а эцна, Сайдуллега дIакховдийра Лорис-Меликовн дехарца Тифлисехь йазйина прокламаци.

– Туркойн а, нохчийн а маттахь йаздина ду шуна иза.

Сайдуллас, йух-йуха а доьшуш, дийшира кехатан Iаьрбийн йозанца нохчийн маттахь йаздина могIанаш.

– Ахь хIун олу, Iелаха? – хаьттира цо, ша дешна ваьлча.

– Мусас ма-дуьйццура хилча-м, Турце кхалхар тоьлуш хета суна. Мухха делахь а, цигахь берш бусалбанаш ма бу. Кхузахьчул вуон хирг хир дац вайна.

– Ас дуьйцучун шеко йац-кх, кIентий. И гIуллакх Маккара богIучу шун молланашка Уьстамалахь хьехийна меттигаш йу.

– Бакъду иза, – тIетайра Сайдулла. – Молланаша и хьехош суна хезна дукха хан йу. Амма адам тIе ца тевжа цара дуьйцучунна.

– Амма царна хаа деза, Сайдулла, кIелхьардовла кхин некъ цахилар, – сацамболлуш элира Мусас. – Ирх-пурх а, шун пхи-йалх эзар доьзал Iедало шун махкара дIабоккхуш бу. Шелахь хилла гIуллакх тхьамданаш а лецна дуьтур ду, моьтту шуна? ХIан-хIа, кIентий! Суна шера хаьа, Кунта-Хьаьжин берриг мурдаш а, цхьацца карзахе адамаш а шайн доьзалшца Сибрех йа Жимачу ГIебарта кхалхо Iедалан сецна йаьлла ойла хилар. ТIаккха а довлу-кх шу махках. Турцехь-м шун шайн дин, мотт, къоман гIиллакхаш лардан а, дикачу махка тIе цхьана гулахь даха ховша а аьтто хир бу. Ткъа Россех хьовсадахь? Хьанна хаьа шух цигахь хиндерг?

– Цигахь хиндерг-м хIинцце дуьйна гуш дара. Цкъа-делахь, цигара шело лалур йац, шолгIа-делахь, керстанаш хилла дIахIуьттур ду, – гIийла элира Iелахас.

– Новкъарло йеш ши гIуллакх ду, Муса, – доккха садаьккхира Сайдуллас. – Цкъа-делахь, нах резахуьлий хаац шайн даймахкара дIабовла. ХIинццалц молланаша дуьйцург а тергал ца дина цара. ШолгIа-делахь, уьш резахилча а, паччахьан Iедало кхузара дIахоьцур буй-те уьш?

Муса велавелира.

– ХIоьттинчу хьолах кIелхьардовла кхин некъ бац шуна, Россе а дахана, цигахь мацалла, милла лечул йа, хьакхарчий йууш, шайн зударех кхахьпанаш дина дехачул, Турце кхалхар царна дуккха а тоьлуш ду. Цул сов, Кунта-Хьаьжа а, тIаьхьа лецна цуьнан мурдаш а Россера дIа Одессехула хIордаца Уьстамале буьгу кестта. Нагахь жимма а шайн устаз везахь, кхузахь бисина цуьнан мурдаш цунна тIаьхьа гIyp бу. Ткъа паччахьо шаьш дIа ца хецарна ма кхералаш. Шу мича даьхьна новкъара дохур ду ца хуучу цунна боккха кхаъ хир бу шу Турце кхалхар. Мелхо а, кхелхачарна гIo дан там а бу. Иштта хилийта ас сайна тIелоцу. Россе дIа а кхоьхьуш, шу цигахь дIатардан гIертачул, хецна Турце дIадахийтича атта дац Iедална?

– Суна хетарехь, Сайдулла, Мусас дийриг, дикка ойла а йина, дерриг а дуьстина, оьзна, вайна тоьлург къастийна, деш къамел хета суна. Со реза ву хIокхо дуьйцучунна.

– Резахила-м хала ма дацара, Iелаха, амма гена меттиг йу-кх Хонкаран мохк. Стаг шен дегIаца а хала воьду цига. Кху доцчу хьолаца, доьзалш эцна муха гIyp ву? ТIехула тIе, Хонкаран паччахьо йаздинчу кехатах тешна, адам меттах муха хьадийр ду? Хьан лоцу шена тIе, и дерриг а дуьйцуш ма-хиллара чекхдер ду аьлла?

– Ас лоцу-кх, ас! – шен некха тIе буй туьйхира Мусас. – Цига вай цхьанаметта берриг нах меттахъхьабийр бац. Хьалха дIабуьгур бу вай оьрсийн паччахьна новкъа болу хьала а, охьа а цо махках баха сацамбина нах. Уьш, пхи эзар доьзал хилахь, кхин хир бац. Уьш а буьгур бац берриш цхьаьна. КIез-кIезиг тобанаш йина, хIордаца ца буьгуш, ткъа Гуьржийчухула шайн даьхница, сал-палца. Аьтто боцчунна Iедалера гIo доккхур ду ас. Новкъахь, Ша Делера доцург, кхин зиэн-зулам ца хуьлуьйтуш, туркоша царна къастийначу лаьтта тIе дIакхачо а тIелоцу ас.

– Бакъдерг эр дуй ахь, Муса? – хаьттира Сайдуллас.

– Со цкъа а ца лийна харц!

– Масех шарахь нохчийн цIий Iенийна ахь. ТIом чекхбаьлча, цхьана шарахь тхуна тIехь къиза куьйгалла а дина ахь…

– Амма, со волуш санна, маршо-м йац шуна!

– Иза а ду бакъ. Суна хаа луург кхин ду. ХIун ду-те хьоьга тхан бала кхачийнарг?

«Изза хаттар дира соьга Лорис-Меликовс а, инарло Карцовс а, Iела-Пашас а. ХIун гIуллакх ду-те сан дагахь долчуьнца?» – ойла йора шен дагахь дерг, цхьа шен ваша Афако воцчуьнга ца хоуьйтуш, къайлехь латточу Мусас.

– Гой шуна, вежарий, адамийн дог-ойла даим цхьатера ца лаьтта, – элира цо гIайгIане. – Сайн дахарехь дуккха а къинош летийна ас. Далла гIулакх ца деш а лелла, дуккха а адамийн синош а даьхна. Доллучул дагна Iаьткъинарш шун тIаьххьара гIаттам айса хьашар ду. Маса нохчийн йурт йагийра ас, маса доьзал, шен бенах бохийна, аренга кхалхийра, мел синош хIаллакдира. Бакъду, айса лелийнарг дерриг а сайл лакхарчу хьаькамийн омра кхочушдеш-м лелийра ас, хIетте а оцу шаро хеназа къанвеш лаьтта со. ХIетахь айса бехкбоцуш дайъинчу адамийн гIаларташ буьйсанна набарха дуьхьалхIуьттуш, цIийн Iоврашла керчаш, хорам хуьлий, хьалалелха со. Дуьненахь ваха дукха хан ца йисина сан. Кестта Далла дуьхьалхIотта деза. Кху дезткъа шарахь къиза бала лайна шун халкъ тIебогIучу баланех хьалха а даьккхина, цунна сайн ницкъ кхочу дика болх а бина, къинойх цIанвала лаьа суна. ТIаккха мукъана а йалсаманига догдохуьйла хир йацара-те олий, хета.

Сайдулла тийшира хIусамдас дуьйцург даггара хиларх. Амма хIетте а цунна ца лаьара резахуьлуш тIаьххьара дош дала. Масех эзар доьзал шена тIаьхьа цабевзачу махка а кхайкхича, уьш, цунах а тешна, тIаьхьа а хIиттина, цига дIа а баьхкича, хьанна хаьа, тIаккха дIакхаьчча хиндерг? Сайдуллина-х вац цигахь вевзаш стаг. Сайдуллина-х ца хаьа бухарчу къаьмнех цхьаннен а мотт, гIиллакхаш, амалш. ГихтIера ГIойтIа кхалхар а, йа Нохчийчуьра ХIирийчу кхалхар а ма дац иза. Хонкара шина беттан некъ бу. ДIакхаьчча, мичахь совцур ду, хьанна тIедуьссур ду? ХIан-хIа, иштта атта реза хир вац Сайдулла.

– Муса, со теша ахь дуьйцург даггара хиларх а, Хонкаран паччахьан бертахь хиларх а. Амма сан вац цигахь вевзаш цIейахана хьаша, хаац цигарчу къаьмнийн мотт а, гIиллакхаш а. Хьанна хаьа, хьоьца барт бинчу Хонкаран паччахьо а, цуьнан визиро а, цига дIакхаьчча, тхо кетIара дIачовхадойла?

– Ас дерригенан а ойла йина, Сайдулла. Нагахь санна шуьшиннан пхи эзар доьзал шаьшшинна тIаьхьахIотто кархдалахь, со шуьца дIавогIур ву. Сан сацам тIаьххьара а хиларх шу тешийта, ас дуьххьара йоьдучу нохчийн тобанца сайн доьзал дIахьажор бу, тIаьххьара йоьдучуьнца со a гIyp ву.

Ши хьаша цецвелира.

– ХIокху бахамна, хьайн доларчу йалхошна хIун до ахь? ТIехула тIе, хьо-х паччахьан сийлахь инарла ву. Уьш дерриш а дитина, Хонкара махка ваха ойла йу хьан?

– ХIунда йац? Сайна тIерачу къинойх цIанваларан дуьхьа, xIapa сайн бахам сагIина а бекъна, холбата хаа а реза ву со. «Сийлахь инарла!» Ас хIун до цунах? Кханалерчу дийнахь Далла дуьхьалхIиттош, чинашца къестор дац адамаш, ткъа цара кху харцдуьненахь диначу дикачу а, вуочу а гIуллакхашца къестор ду. Сайн латта а, бахам а, оьцуш стаг хилахь, бухкур бу ас. Ца хилахь, дерриг а дитина, гIyp ву. Рицкъанаш Делан карахь ду, кIентий, цигахь лохур ду вай вешан рицкъанаш. Шуьшиннан гIуллакх цигахь вуон ца хилийта дош а ло ас. Кхузахь шуьшиъ хIумма а вац, ткъа цигахь шуьшинна лаххара а пашин чин далийта ницкъ бу сан.

Сайдуллин бIаьргаш чу сутара цIе кхерстира. Баккъал а, кхузахь, шен даймахкахь, мила ву иза? Мацах цкъа хиллачу наибан IиндагI а, сагIадоьхурган тIелхигашна тIехула дихкина дешица, детица кхелина герзаш а, цунах биэла санна, делла майоран чин а. Ша мел дукха вахарх, кхин лакхавер вац иза. Ша мел дукха вахарх, паччахьан Iедална хьалха кхин сий хир дац цуьнан. Хьанна хаьа, шен ирачу туьрций, болатан дагций цо-м Турцехь ирсанна тIе шена некъ билла а мегий.

– Нах Iадда а битина, тхо цхьадерш тхаьш даьхкича, ца мега? – хаьттира цо эххар а.

– ХIан-хIа, Сайдулла, ца мега. Нагахь шайна, шаьш лоьруш, шайн сий деш, маьрша, ирсе цигахь даха лаахь, лаххара а пхи эзар доьзал кечбе шайца дIабига. Шайна и ца лаахь, цаьрца цхьаьна шийлачу Сибрех даха кечло йа Iожаллина йукъ йехка.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru