Массеран куьйгаш лоьцуш, маршалла а хаьттина, тишачу ворданан Iаьрчеш тIе охьахиира Васал а, МIаьчиг а. Берсе хьал-де хаьттира Васала.
– Могаш-дийна ву со-м, Васал, – самукъане жоп делира Берсас. – ХIокху некъехь Шемалах лаьцна цхьа тамашийна книга карийна суна, Васал. Цхьа хIуьнехдинчу капитано Руновскийс йазйина xIapa. Iедало пурстоп вина, леррина вайн имамна тIехIоттийначу. Дуккха а тамашийна хIуманаш дуьйцу цо. Вай кхузахь цецдуьйлура, паччахьо шайх Мансур а, БойсагIар а вийра, ткъа Шемал дийна витина бохуш. Бехкбуьллийла дац паччахьна. XIapa Шемал цуьнан тешаме хьехамча хилла дIахIоьттина. Шен муьтIахьалла гайта гIерташ, баттара вуьйлу. Паччахьан инарлаш уггар гергара доттагIий бу цуьнан. Вайн къамкъаргаш Iийда Iамабо уьш.
– Хьо теший оцу Руновскийс йаздинчух? – хаьттира Андрейс.
– Хьуна бакъдерг хаа лаахь, Андрей Никитич, сан корта хьовзийна кху книго. Шемал къиза-м, дера, вара. Шел хьалхалера а, хIинцалера а дуьненан паччахьаш санна. Амма европейски цивилизацин паччахьаша лелийна а, тахана лелош йолу а къизаллаш оцу боданечу ламанхочо лелайарх, цунна билла бехк бац. Иза шен заманах, шен халкъан кхетамах возавелла стаг ву. Кху тIехь господино Руновскийс йаздинчех цхьадерш бакъ ду, амма цхьадерш и сийлахь-воккха ламанхо сийсазван, ламанан къаьмнашна йуккъе мостагIалла долла, цо ша йа официозни гайтамашца йаздиний-те олий а хета. Доцца аьлча, Андрей Никитич, кху чолхечу заманахь хала ду бакъ а, харц а къасто. Басталур боцу шад, уьйриг хилла, хьийза тахана xIapa дуьне.
– Суна-м кхин а дагадогIу, – вистхилира хIетталц тапъаьлла Iийна Яшка. – И шун Шемал, цуьнан наибаш а къизаллина дукха гена хилла тхан паччахьна а, помещикашна а.
Андрей велавелира.
– Шен аьлларг хилча, и берриг помещикаш шен куьйга бойъур бара хIокхо, – шен гIоьнче дIахьаьжира иза. – Хьолахо гича а, хьахийча а, бIаьрга цIий дуссу хIокхунна.
– И хIун ду? – хаьттира Берсас.
– Деха туьйра ду иза, – куьг ластийра Яшкас. – Цкъа хан хиллачхула дуьйцур ас.
Хьешашна лаьара хIокху халкъан дIадахнарг а, тахана долуш дерг а хаа. Маккхала а, Аьрзус а дийцира Шемалан, цуьнан наибийн а бIаьхаллин гIуллакхаш. ТIаккха хьаьвззина таханлерчу дийне баьхкира. Керлачу Iедалан харцонаш, къизаллаш йукъайевлира.
– Массо aгIop йуккъе зайлаш детташ, къаьмнаш вовшахкъестадо Iедало, – доккха садаьккхира Андрейс. – Оьрсийн паччахь а, цуьнан Iедал а къиза хилча, хьал ца хуучара тхан халкъ бехке до. Халкъе хоьттуш хIумма а ма дац Iедалан. Цо лелориг халкъан бертаза ду.
– Халкъ бехке дац, Андрей Никитич, – элира Берсас. – Дерригенна бехке Iедал ду. И харц Iедал латточаьрга доьхур ду жоп а.
– Иштта хилча-м, хIун дара, – гIели хьарчо вуьйлира Васал. – Паччахьо а, Iедало а, хьолахоша а кхин къаьмнаш хьийзадо, ткъа вайн оьрсийн халкъ, уккал а таIийна, хьоьжуш Iа.
– Бакъ дац иза! – реза ца хилира Яшка. – Оьрсийн муьжгаша цкъа а ца сацийна Iедалан харцонна дуьхьал луьра къийсам.
– Вешан цIахь майра ду вай! – цавешара Васал. – Шен къамкъарг Iаьвдича, меттахволу оьрси. Ткъа кхечу къомах волчунна тIехь оьрсийн Iедало мел йаккхий къизаллаш лелайарх, биэндоцуш хьоьжу. Сан цIа йуьстаха ду бохуш. Далла гергахь а нийса дуй иза, Никитич?
– ХIун дийр ду ткъа?
– Цаьргахьа гIо доккхур ду-кх. Вайн дерриг халкъо!
– Вайн халкъ ша а ма ду ткъа борза-морзахна йуккъе лаьцна. И ца хаьа хьуна?
– Цундела ваьлла со нохчашкахьа.
– Массара а дийр дац ахь динарг.
– Уьш хьан сецабо?
– Куьйгаш, когаш дихкина латтабо.
– Хабар ду иза, Никитич. ГIо дан луучунна аьтто а карабо. Масала, хьо схьалоцур вай. ХIокху нохчашца хьайн баьпкан йуьхк йоькъуш Iа хьо. Iедал бIаьрга дан а ца деза хьуна. КIезиг буй хьо саннарш? Бац. Миллионаш хир бу. Амма берриш тебна, тийна Ia. Ткъа иштта Iахь, шайна а марах дер ду. Тахана нохчий хьийзабо, кхана муьжгичун къамкъарг лоцур йу.
– Кхана бохург хIун ду хьан? Масех бIе шо дац ткъа цара муьжгашна тIера цIока йоху!
– ГIеххьа болх бо. Вай сонта долу дела. Барт бац. Цо галдаьккхина дерриг а.
Бисинчара тапъаьлла ладоьгIура къовсаме. Цкъацкъа Яшкин бага гIаьттара, цхьаъ ала ойла хуьлий, йуха а соцура, баккхийчарна йукъагIорта гIиллакхе а ца хетий.
– Гора, дядя Вася, йаI! – элира цо эххар а, некха тIе буй а тоьхна. – XIapa кийра батталуш бу-кх сан. Ма хьалхе дицделла хьуна айхьа баринна букъ сеттийна. Хьан барий цуьнца къийса ницкъ?
– Суна ца дицделла хIумма а. Ас къийсам а ца сацийна цкъа а.
– Нохчочун а, муьжгичун а дакъа цхьаъ ду. Атталла Андрей Никитична а ца дийцина ас, со Терка тIе муха кхаьчна. И дерриг дагадеача, дегIе зуз хьоду суна. Ас лелийнарг хиъча, Iедало лаьллина каторге вохуьйтур вара со. Йа ирхъолла а мегара. Цундела Iийна со баганна догIа а тоьхна. ХIинца дийца тарло, шу дерриш сан сайн нах ма ду. Аш дIавуьйцур вац со.
– Тхан собарна ахь Iиттарш хIунда йо, хаац-кх, дядя Вася, – долийра Яшкас. – Бакъду иза, собаре ву оьрсийн муьжги. Собарна йал ло Дала. ЦIерга тиллинчу тIедачу дечигах тера ву иза. Сийсаш, дакъалуш а Iай, тIаккха йоккха цIе лета цунах. Иштта, садеттий-деттий, эххар а собар кхачадой, тIаккха цIеххьана гIотту. ТIаккха догIмех къестадо помещикийн кортош, сийна цIераш лета церан бахамех. Паччахьо шен лаамца дIайаьккхина, моьтту хьуна, крепостной бакъо? Муьжгичо йаккхийтина. Халкъо. Иштта кхетал хьо. Бакъду, дядя Вася, масех миллион бу муьжгий. Амма, бIаьргаш белланза йолу цициган кIорнеш санна, шаьш мича боьлху а ца хууш, хьалхахьа дIагIерта. Бодане ву муьжги. Хьаъа а Iехаво. Паччахьо маршо кхайкхийра тхуна. Ткъа барино хIун элира? Цкъа хьалха шайн маршонах мах а лой, тIаккха дуьненан йеа а маьIIе гIо. Латта ца хилча, маршонах хIун до? Латта а иэца дезаш хили. ХIара стенах оьцу, ахча ца хилча? Ахча долчунна духкург а хIун латта ду? Ахь хьакхар хьекхарх а, тIехь йалта хиндоцург! ТIаккха карзахбевлира муьжгий. Паччахьо муьжгий, латта а луш, маьршабаха аьлла, йаьккхина грамота помещикаша дIалачкъийна бохуш, эладита даьржира. Тхуна луларчу Безднахь вехаш вара Петров Антошка цIе йолуш цхьа муьжги. Йоза-дешар а хууш. Чекхдаллалц Забур, Инжил дагахь а хууш. Эвлайаъ ву бохуш, вуьйцура иза. Паччахьо муьжгашна йелла грамота цуьнгахь йу, бохура. Муьжгашна маршо, латта, хьаннаш дIало, бертахь йала цалуучуьнгара нуьцкъаха йаха аьлла. И хезна йарташкара муьжгий, цхьаьна а кхетта, Бездна бахара. Цига гулделла адам шайн бIаьрга гинехь, цецдевр дара шу. Маситта эзар стаг. Зударий, бераш а. Цигахь оха сацам тIеийцира, помещикийн бахам, латта а муьжгашна биэкъа, нагахь дуьхьало йахь, хIетталц тхайн цIий мийлина и цIубдарш дайъина дIа а даьхна, йарташкахь тхешан, муьжгийн, Iедал хIотто. Сацам хиллий, кхочушбан беза. ДIа аралилхина, тхо помещикийн бахам тало дуьйли. ТIаккха хилира доьхнарг. Губернаторан омрица тхан Спасский уезде инзаре доккха эскар хьажийра. Бакъду, тхан йуьртахоша дуьхьало йора. Герз-м дацара тхан. Дагаршна тIе йехий даганаш тоьхна, шаданаш, мангалш карахь отрядна дуьхьалдевлира тхо. Амма, ира цамзанаш буьххьехь тоьпаш хьалха а лаьцна, нийса ког боккхуш салтий тIебуьйлабелча, тхо доьхна хьаьвзира. Тхо дIахуда санна, и шен Iаьржа бага а гIаттийна, тIехьоьжура килсана хьалха хIоттийна чаччамех йуьзна йоккха топ. ТIаьхь-тIаьхьарниш дIасауьдуш, хьалха волу тхо иттех стаг висира салташна дуьхьал. Оха а баккъаш берзийра.
– Ма тIемалой а хилла! – велавелира Васал. – Салтий ма-гиннехь, бевддий-ца!
– ХIун дийр дара ткъа? – дегабааме Васале хьаьжира Яшка. – Тоьпашца, йаккхий тоьпашца кечбеллачу шайн коьртехь эпсарш болчу тIеман гIуллакхна Iамийначу салташна дуьхьалхIиттича, бIо буьйхира-кха. ТIехула тIе, хаьржина баьчча a, xIapa диэ, важа диэ олуш стаг а вацара тхан.
– ТIаккха хIун дира аш? – хаьттира Берсас.
– ХIун дийр дара оха? Барино шайга хIумма а аларе а ца хьоьжуш, цунна балха бахара муьжгий. Шаьш лелийнарг иштта дуьсур ду моьттуш. Ткъа тхан жIаьлина тоам ца хилира гIуллакх иштта дIадерзорах. И хьовр-зIовр вовшахтухуш жигара хиллачарна таIзар дан долийра. Килсан майдана адам а гулдина, оцу йуккъехь ахверзина а воккхий, бертал охьа а вижавой, цIоганах чIораш, серий деттара. Баринан дехарца, цхьакIеззиг хIума а тоьхна, со Iадвитира. Оцу гIуллакхо даьллачу тIе а карзахдаьккхира сан дог. Муьжгий кхийтира сох биначу къинхетамах. Цхьа хаза йоI йара сан тIехьийзаш. Марфа цIе йолуш. Ло санна, кIайн, стигал санна, сийна, цIена бIаьргаш, дешин басахь лепаш йеха, йуькъа месаш, гIapгIa санна, нийса, элдара дегI. Дукха хан йара тхойшинна вовшийн диэза. Дийнахь, буса а къахьоьгуш, оцу шина-кхаа шарахь ахча IаIийнера ас, иза йалийча ловзарна, бахамна бохуш. Барин кIадван а везара, жимма даьтта-хIума а хьаькхна. Цуьнан бертахь бен йоI маре гIойла а, кIанта зуда йалайойла а ма дацара. Берриг кечам сайн хилла баьлча, баринера бакъо йеха аьттонна меттиг лехира ас. Цхьадика, и аьтто а нисбелира сан. Цуьнан говраш кхобу стаг цомгаш хилча, и товаллалц цуьнан метта балха хIоттийра со. Цхьана дийнахь барин говрашка бIаьрг тоха божала веача, дийци ас сайн гIуллакх… «Дика ду, – боху хIокхо. – Амма цкъа суна йоI гайта. Иза хьан зуда хила реза йуй хатта деза сан. Кхана иза а йалош вола». ШолгIачу дийнахь Марфица цхьаьна барин волчу ваха со. Учахь, бIогIамах а тевжина, хIоьттина лаьттара барин. Тхойша тIедеача, леррина, вехха Марфе хьийжира иза. Цуьнан йуьхьадуьхьал хьажа ца хIуттуш, лаьтта бIаьра а догIаделла, тхойша а лаьттара.
– ЦIе хIун йу хьан? – хаьттира цо Марфе.
Марфас халла хезаш жоп делира.
– Хаза йоI карийна хьуна, Яшка. Хьо реза йуй Яшке йаха?
– Йу.
– БIаьсте йала хIинца а ши бутт бу. ХIетталц сан кертахь болх бан реза йуй хьо?
– Хьан лаам тхуна закон ду, барин.
– Сан цIийнан терго йийр йу ахь. Хьан дега-нене а ас хаам бийр бу. Кхана дуьйна схьайогIур хьо. Ткъа, Яшка, соьгара пурба ду хьуна Марфа йало.
Шиммо а, цунна хьалха охьа а доьжна, цуьнан когарчу эткашна барт а белира охашимма. Барино, охьа а таьIна, Марфа хьалагIаттийра. Суна гира баринан бIаьргаш чохь цхьа сутара цIе. Оцу хьажарна реза ца хилла, кийра шелбелира сан. Амма зуда а, бераш а долчу воккхачу стагах цамегарг дер дац-кх аьлла, сайна маслаIат дира. Марфа шолгIачу дийнахь баринан керта балха йеара. ГIарбаш хилла. Цхьа-ши кIира даьлча, соьга аьрзнаш дан йолайелира иза. Барина сов забарш йо шеца, ша лело гIерта, тIаьхь-тIаьхьа ницкъ бан а воьлла бохуш. Ас ойла йира. Кхерийна, барин сацавойла а йа Марфа цигара дIайоккхийла а дацара. Сан лаамехь гIуллакхаш ма дацара уьш.
– Сатухур вайша, Марфа, – боху ас. – Дала къинхетам бийр бу вайшиннах.
– Нагахь иза тIехвалахь… ТIаккха иза иэхь ма ду… Кхузара дIадада вайша… – йоьлхура Марфа.
– ХIан-хIа, – бохура ас. – И сийдоцург цо леладахь, ас вуьйр ву иза. ТIаккха додур вайша. Иштта ала ахь цуьнга.
Цул тIаьхьа дукха хан йалале хилира Марфа кхийринарг. БIарзйелла Марфа ша-шен ирхъолла гIоьртича, тIекхаьчначу цуьнан дас-нанас йаларх кIелхьарйаьккхинера иза. Барино дикка самг йожийначу цара и гIуллакх дIа а таIийна дитира. Атталла суна а ца хаийтира. Марфас а лачкъийра иза сох. Ша соьга дийцича, ас йа барин виэрна кхерайеллера а хаац, йа дас-нанас кхерийнера а хаац. Цхьана дийнахь ша волчу цIа чу кхайкхира со барино. Ванах, хIокхо хIун до-те сох бохуш, ойла йеш ваха со.
– Хезий хьуна, Яшка, – боху хIокхо, – бIаьсте йаллалц зуда ца йалош Iийна хIун до ахь?
– Берриг кечам хилла бац сан, – эли ас.
Баккъал аьлча, суна дикка ахча оьшура.
– ХIун оьшу хьуна?
– Цхьа кхо туьма ахча.
Барино, стоьлан гIутакх схьа а оьзна, цу чуьра даьккхина, бIе соьман кехат схьакховдийра соьга.
– ХIан, xIapa бIе сом ду хьуна. Зуда йалоран гIуллакх сихде. Марфин деца-ненаца а, мозгIарца а, массаьрца а дийцина ду хьан гIуллакх. Кху шина-кхаа дийнахь чекхдаккха.
Цхьа кIира далале, мозгIарца мах бина, ловзар дина, гIуллакх чекхдели тхан. Ловзар чекхдаьллачу буса гучуделира Марфина тIехь барино лелийнарг. Амма йоIе хIумма а олийла дацара. Цуьнан хIун бехк бу? Цо ма бехира соьга ша кхоьрург. Хилларг хилла даьлча, оцу хьолехь суна хьалха ца хIотта, ша-шен йиэн а ма гIиртинера иза. Нагахь и гIуллакх нахала даккхахь, барино со тIепаза войур ву, хьо а сий дайна лелар йу. Ишттаниг шеца ца хуьлуш цхьа а хаза йоI ца йисина, иза хьоьца дуьххьара а, тIаьххьара а хилла гIуллакх дац, дижа дита бохуш, Марфа къийлинера дас-нанас.
ГIуллакх ша ма-дарра хиъначу буса, набаран суй ца беш, сахуьлунга а ваьлла, са ма-тессина хьала а гIеттина, балха а вахана, барин божала варе хьоьжуш, и де лардан хIоьттира со. Малх гIушлакха баьллачу хенахь веана божал чу хIоьтти xIapa. Хьалххе дуьйна xIapa вогIу гуш Iачу ас, цIеххьана говрашна йуккъера схьа а иккхина, цуьнан коьртах тоха дагахь, диг хьалалецира. ЖIаьла суна ца моьттучу тайпана каде хиллера. Со диг тIетоха кхиале, йуханехьа а иккхина, суна тIе йуьйлина тапча леци хIокхо.
– Сих ма ло, Яшка, – боху шеквоцуш. – Хьо хIинца а жима ву. ХIун гIуллакх ду оццул хазачу, къоначу нускалца цхьа буьйса а йаьккхина, иза а дитина, вала?
Кхин хIун дийр ду а ца хиъна, сайн ницкъ ма-ббу чIогIа ластийна, диг карара дIа а хоьцуш, цунна тIедахийтира ас. Сан карарчу дагаре хьоьжуш Iен барин, иза дIахецалушшехь, сихха голаш тIе охьалахвели, ткъа диг, цунна тIехтилла, дахана, бIогIамах догIаделира. И дерриг а хилира оццу минотехь божалан неIаре хIоьттинчу цуьнан урхалчин бIаьргашна хьалха.
– Гирий хьуна дерриг? – хаьттира цо шен урхалче. – Кху Делан сохьта муьжгий схьа а кхайкхий, цаьрга вехка а вехкийтий, ларми чу тасийтал иза!
Когаш, куьйгаш дихкина, гали санна, цIенкъа дIа а кхетта, шийлачу ларми чохь Iуьллура со. МаьркIажал тIаьхьа со волчу чувоьсси барин.
– Муха ду гIуллакх? – хаьтти хIокхо, тIе а хIоьттина.
Ас, вист а ца хуьлуш, цергаш хьакхийра.
– ЛадогIал цкъа, Iовдал муьжги, – оьгIазе вистхилира иза. – Со виэн гIоьртина хьо. Цунна теш ву Иван Моисевич. И ца хилча а, тешаш суна дуккха а карор бу. Хьо хьайн барин виэн гIортарна, каторга йогIу хьуна. Лаххара а итт шо хан. Цигахь къиза вуьйр ву хьо. Хьайна лаьий хьуна, ас салтана дIалур ву хьо. ТIаккха, тIамехь ца вехь, ткъе пхеа шарахь йорт йетта йеза ахь. Къена Iаспар хилла, цIавоьрзур ву хьо. ТIаккха Марфа а оьшур йац хьуна. Хьайна лаьий хьуна, хилларг дицдай, хьайн нускалца ваха. Амма, хьо Сибрех йа эскаре дIавахале, цкъа хьалха сан бIе сом охьадуьллур ду ахь. Къастабел суна оцу кхааннах цхьа некъ.
– Дела воцу мунепакъ! – мохь белира сан.
Барин гIадвахана велавелира.
– Хьуо ма-барра уьстагI бу хьо, Яшка! ХIун хилла хьан Марфина? ХIумма а ца хилла-кх. Дуьххьарлера буьйса хьайн галйаларх, шек ма вала хьо. Мерза йелахь а, чаьмза йелахь а, и цхьа буьйса йу-кх хьан йайнарг. Цул тIаьхьа йерш йерриг цхьатера хуьлу уьш. ХIумма а дац, Яшка. Машар бер вайша. Кхин а цхьана баттахь кхузахь балхахь йита, тIаккха цIахь Iер иза. Нагахь лаьий хьуна, ший а гуттаренна а сан кертахь балхахь саца. Ма кхералахь, суна кестта кIордор ду хьуна хьан нускал. ТIехула тIе, хьо а кхуьур ву и кIордо. Барт хиллий вайшиннан?
Жоп ца луш, вехха Iийра со. Реза вац аьлча, хIун новкъадолу? Лаьллина Сибрех вохуьйтур ву йа салт воккхур ву. Салт волучул-м, Сибрех итт шо даккхар а тоьлу. ТIехула тIе, цигашха дIавахча, оцу жIаьлех бекхам иэцаза а ма вуьсу со. Цул-м, со, къера а хилла, кIелсецначуха, тапъаьлла дIа а тийна, бекхам иэца аьтто нисбан хьажар гIоли ма йара. Тхойшиннан барт хилира-кх. Вуьшта аьлча, цунна луучунна корта а таIийна, сецира. Со оцу буссахье маьршаваьккхира. Оцу буса дуьйна дIа цунах бекхам иэца аьтто лоьхуш, бутт хан йелира сан. Кхин сан аьтто ца нислуш, ваьлла Петербурге сакъера вахара иза. Цигара цуьнан цIаверзар а, тхан бунт а цхьаьна нисделира. Схьахетарехь, шен махка тIехь хIоьттина хьал а хиъна, веанера иза.
ХIинца хаьий шуна, барино сох къинхетам хIунда бира? Ша сан зуда лелош а хилча, тIехула тIе, суна луьра таIзар а дича, нийса ца хетта-кх. Со шена къинтIера валийта воллура-кх. Цунах-м кхета ма кхеттера муьжгий. Царна ма хаьара Марфица цуьнан йолу йукъаметтиг. Ткъа цуьнан «къинхетамо» со кхин тIе а карзахвохура. Цунна и дерриг дIадекха йуха а чIагIо йина, шарбал хьала а оьзна, нитташ хьекхча санна догу цIога дIа а хьулдина, йуьстахвелира со. ХIетталц дIасавала бакъо ца хиллехь а, хIинца со маьрша ма вара. Оцу дийннахье, сайн Марфа а эцна, Бездне вахара со.
– И хьакха ца йуьйш йитира ахь? – хаьттира оьгIазвахана цIийвелла Iачу Маккхала.
– Собардел ахь, дика стаг, – курра велавелира Яшка. – Валар гIоле хеттачу ваьккхира хьуна ас иза. ТIаккха Бездна вахара со, сайн зуда а эцна. Ас дагалаьцнарг чекхдаьлча, вада атта дара цигара. Амма кхузахь а Iоттавелира со доьхначу хьола тIе. Йурт дIалаьцна лаьтташ салтий бара. Ткъа цигара муьжгий, тхайниш санна, кIилло ца хиллера. Антошкин цIенна гуонаха гулделла адам. Керт а, урам, тхевнаш а, дитташ а дуьзна. Масех эзар стаг. Инарла Апраксин ша а веанера кхуза. Цо а, эпсарша а адамашка дехарш дора, Антошка шайга схьа а лой, шайн-шайн цIа гIo бохуш. Ткъа наха йаппаршца жоп лора церан дехаршна. ТIаккха, мозгIар а кхайкхина, иза маслаIатна йукъаваьккхира. Мичара! ЛадугIий хьуна. «Шу шайн-шайн цIа дIаса ца гIахь, салташа тоьпаш тухур йу шуна, – кхерам туьйсура мозгIаро. – Хаза керста динехь дала мукъане а кечло». Яппарш йеш, виэн кхерамаш туьйсуш, иэккхийра мозгIар а. «Паччахьо даьккхина бакъ закон шайга схьало, – бохура адамаша. – Тхо паччахьехьа ду». Адам къар ца лой хиъча, царна тIе тоьпаш тохийта аьлла, омра дира инарло. Тоьпаш йевлча, тобанна йуккъера масех стаг охьавуьйжира. Цкъа тоьпаш а йассайой, тIаккха а адамаш машаре кхойкхура инарлас, Антошка шайн кара а лой, дIасадекъало бохуш. Наха, йаппарш йеш, дуьхьало йора. Йуха а тоьпаш тухура. ТIаккха а барте кхойкхура. Масех бIе стаг велла охьавоьжча, кхерабелира нах. Бовда меттиг йерш, йуьстаха берш, бевдира, йуккъехь белхаран маьхьарий девлира, «оха дIало, оха дIало!» бохуш. Антошка ма ву xIapa дIалург. Йиэтта тоьпаш, хьоькху маьхьарий, Iена цIий. ДIасабовда меттиг йоцуш, хи чу а лелхаш, оцу шийлачу хих неканца дехьабуьйлура. Йуьртахь тоьпаш йийла йоьлча, цIа хьаьлхира наха хьалххе хьуьнха бигна дIаловчкъийна зударий, бераш. Майданахь Iохку декъий гича, цара хьаькхначу цIогIанаша дуьне Iадий-кх хьуна. Эххар а, шен цIа чуьра аравелира Антошка. Паччахьан грамота шен коьрта тIе а диллина, инарлина тIевогIура иза, ткъа адам – цунна тIаьхьа. Оцу дийнахь дуьххьара а, тIаьххьара а гира суна иза: ткъе шийтта шо хенара, оза, жима, макхвелла. Доцца аьлча, вийна а, чевнаш хилла а кхоъ ах бIе стаг майданахь а вуьсуш, дIабирзира тхан бакъонгахьа къийсам.
Шена гIели а хьарчийна, кисет Яшке кховдийра Васала.
– ТIаккха? КхидIа хIун хилира?
– Байъинарш дIабоьхкира, чевнаш хилларш лоьрашна тIебигира. Муьжгаша йуха а шайн вортанаш помещикийн дукъа кIел йоьхкира.
– Ас хоьттург-м хьан барин вай?
– Ас оцу буса, йуханехьа тхешан йуьрта а вахана, сайн баринан берриг бахам, чим беш, багийра, тIаккха, Марфуша а иэцна, къилбехьа ведира. Массара а бохура, кхузахь латта шорта ду, адам маьрша деха. Ткъа уьш берриш а аьшпаш хилла. Цхьатерра ду массанхьа а. Хьалдерш – къечийн кочахь. Амма дика адамаш а ду дуьненахь массанхьа а. Меца, тIелхиг а даьлла тхойша кхуза кхаьчча, Андрей Никитича а, Наталья Кузьминичнас а, Дала ирсаца оьмар йахйойла цаьршиннан, тIелецира. ХIинца даа бепиг ду, коьрта тIехь тхов а бу. Далла хастам беш Iа тхойша.
– Шун баьччанах хIун хилира? – дуьхе кхиа гIертара Iела.
– Антонаххий?
– ХIаъ.
– Салташа шайца дIавигира иза. Цхьаболчара дуьйцу, иза а, цуьнца кхин пхи муьжги а тоьпаш тоьхна вийна бохуш. Ткъа кхечара дуьйцу, инарло, шен духар цунна тIе а дуьйхина, шен орденаш а йелла, шен пайтон тIе а хаийна, паччахь волчу дIавигна, паччахьо иза чIогIа везаш тIеэцна бохуш. Антона паччахье дийцина помещикаша муьжгашна бина ницкъ, цара Безднахь адамаш дайъар. ТIаккха паччахьо омра дина, муьжгашна тоьпаш йиттина дворянаш, леца а леций, Сибрех бахийта аьлла. Йуха а Антонан дехарца паччахьо, ша цIахь а Iийна, шен денваша Константин хьажийна Антонца. Веана кхаьчна и шиъ цхьана йуьрта. Ткъа оцу йуьртара муьжгий шайн дворянаш бойъуш хилла. «Собар, кIентий, хIун деш дохку шу?» – хаьттина, боху, Константина. «Хьан локхалла, тхо-м дворянаш бойъуш дара», – жоп делла муьжгаша. «Паччахьна доггах гIуллакхдарна баркалла шуна, – хьаьстина цо муьжгий. – Байъа аш дворянаш, жIаьлешна жIаьлийн Iожал хила йеза». Кестта паччахьан бакъ грамота а йохьуш, шен йуьрта вогIур ву, боху, Антон. Хьанна хаьа, и бакъ ду, харц ду.
Яшкин дийцар Iелина а, МIаьчигана а гочдира Васала. Дийцар сецча, xIop а, ойланашка ваьлла, цхьана йукъана тийналла хIоьттира. Васала а, МIаьчига а кIур бира гIелих. Жимачу уьрсаца чIешалг цоьстуш Iара Аьрзу. Шен карарчу Руновскийн «Шемалах йозанаш» книгина тIехьежа хIоьттира Берса. Яшка лаьттан бIаьра а вогIавелла Iара. Амма иза паргIат вара, ша гира цхьа боккха мохь охьатесча санна.