bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

IV корта. Нохчочун нана

Кхерамо, иэшамо

МухIажар дIалоьллу,

Кху къизчу дуьненахь

Цуьнга хIун далур ду?..

О. Туманян. МухIажаран илли

1

Велла стаг айъина боьлху нах кешнашка санна, тийна, шаьш охьабуьллу ког а, ларбеш, ма-хуьллу тата доцуш билла гIерташ, туьпа боьлла некъахой, адам самадаларна кхоьруш, атталла вовшашка бист а ца хуьлуш, ДанчIин тоьла йолчухьа хьалабоьлхура.

Туьпахь тийна делахь а, дийшаза адамаш дара дуккха а. Кху тIаьххьарчу деношкахь наб йайна Тарам вара, меллаша шен тоьлехьа схьагIертачу адамашка а хьоьжуш, хIоьттина лаьтташ. Масазза а, шен тоьли чу а вахана, дIатевжира иза тховса. Амма наб ца кхетара. Бодашкахь хаддаза хьалха лаьттара кху цхьана баттахь хьаьвзина тIекIел деллачу шен зудчун а, деа беран а гIаларташ. Церан можий, озий йаххьаш, дуткъделла марош, IаддаргIанаш санна, ситтина пIендарш, хиэда дохку легаш, букъа тIе хевшина пханарш, пхьаьрсийн, настарийн чIораш. Бодашкара схьа цуьнга хьуьйсура чуьра синош дIадевлла, хIиттина, севцца, кхоьлина бIаьргаш. Хезаш санна хеталора цара сихдина йа халла хаалуш тийна доьIу синош. Диллина дIа лерехь декара экамчу йоьIан йишхаьлла аз.

– Дада… сискал… сискал…

Тараман догдаьллера шен тоьланах хьовха, кху дуьненах а. Мацалло дарйинчу барзах тарвеллера иза. ТIеман тIаьххьарчу пхийтта шарахь дуккха а адамийн синош даьхнера цо. ТIеман арахь. Ша вуьйриг, ша виэн, шен доьзал хIаллакбан веана мостагI велахь а, дог къуьйлуш, цергаш таIайой, воьра цо. Шен карах салти масазза лиэн, Деле дехар дора: «Веза Дела, гечделахь суна. Сан бертаза хуьлуш ду-кх xIapa дерриг». Ткъа хIинца цо цIий лоьхура. Хьацаро тIунбинера цо буйнахь къуьйлучу шаьлтанан маьIан мукъ.

ТIебогIучу нахе хьоьжуш Iачу цунна уьш герга ма-гIоьрттинехь вевзира хьалхавогIу Аьрзу а, цунна тIаьхьара Чора а.

«Мила ву-те кхарах велларг?» – дагаиккхира цунна, тIехь стаг волуш айъина бохьу лами гича.

– Ассалам Iалайкум, диканна хуьлда хьан само! – лохха маршалла хаьттира Аьрзус цунна тIекхаьчча, болар а лагIдина.

– Ва Iалайкум салам, диканца догIийла шу а, Аьрзу. Мила ву къизачу Iожалло шух къастийнарг? – чоин пхьош а лаьцна, Чора сацо гIоьртира Тарам.

– ХIинца цкъа-м массо а дийна ву тхо. ДанчIа чIогIа цомгаш хилла-кх.

Чора ца сецча, кхин хеттарш ца деш, царна тIаьхьахIоьттира Тарам.

ДанчIин буьна хьалха, йоьгIча санна, хIоьттина лаьттара йуткъа, лекха зуда. Коьрта тиллинчу корталин тIаьмгаш шина а буйнахь чIенга кIел гулдина, хIиттича санна, тухуш бIаьрнегIар доцуш, хьех чуэгна баккхий Iаьржа бIаьргаш шена тIебогIучу нахе хьовсийнера цо. Хийрачу махкахь гена новкъа ваханчу майрачунна сагатлучу Хедина кIезиг наб кхетара буса. Тховса къаьсттина синтем байна, ладоьгIуш Iуьллуш, арара когийн тата а, ДанчIин цIе йоху а хезна, араиккхича, шайн хIусаме айъина вохьуш стаг гина, коьрте хьаьлхинчу тайп-тайпанчу ойланаша Iадийна лаьттачу цуьнан са метта ца деара ДанчIа ша вистхуьлу хаззалц.

ДанчIина хаьара, оцу хьолехь ша гича, доьзалан мел дог духур ду. Церан сингаттам кхин тIе а алсамбаккха ца луу иза, шена гIо дан гIоьртинчу накъостийн куьйгаш дIа а теттина, берриг ницкъ гулбеш, хьала а гIеттина, тоьли чу а ваьлла, охьахиира. Бодаша ца гойтура цуьнан йаьлла мокха йуьхь, тIе кIомарш тийсина дакъаделла балдаш, чуьрчу чоьшна тIехь детта цIий сецна буткъбелла мара а, кхоьлина бIаьргаш а.

Накъостий, жимачу тоьли чу а бевлла, охьаховшур бу бохург хьехадойла а йацара. Цу чу нуьцкъаша тарбелла боллура ДанчIин доьзал. Хедин дог хьаош, доцца къамел а дина, и шиъ шаьш дитархьама, дIасабахара вуьш. Нах гено бевлча, тийналла хIоьттира буьнахь. ТIехула тесначу зарзделлачу истангех чекх хьалахьаьжча, гора седарчаша серлайаьккхина стигал. Къора терсара Мурат-чай а. Оцу буса биъначу мекхо мацаллина жимма гIоли йина бераш, халла хезаш са а доьIуш, дийшина Iохкура. Лелха санна лозура ДанчIин дегIан меженаш. Богучу кийрара йуьйлучу йовхоно кхерзинера бага. Цо хала садоьIура. Амма чIикъ ца боккхура.

– Хьуна хIун хилла, стаг, хьан чIогIа ницкъ иэшна ма хета суна? – хаьттира кхидIа детта са кхачийначу Хедас, майрачунна улло а таьIна.

– Могаш вац. Кхеттарг вуон цамгар йу. Охьавижа меттиг тойехьа суна.

Наб кхетта Iуьллу йоI, меллаша схьаэцна, Болатна улло а йиллина, йоI Iиллинчу хьардаш тIе истанг а тесна, ДанчIина мотт тобира Хедас. Метта ма-веллинехь дIатийра цомгаш дегI бехачу некъо гуттар дожийна ДанчIа. Иза вистхиларе ладоьгIуш, йехха Iийра Хеда. Цунна ца хаьара, ша хIун дан деза. Дуьненахь цуьнан уггар гергара стаг балехь ву, амма дан гIo дац. «Йуург кхоллур йарий-те хIокхо?» – хаьттира цо ша-шега, амма цуьнга хатта кхоьрура. Цо, ца йеза аьлла, жоп лахь, иза гуттар кIелвисаран хаам бара, ткъа Хедина ца лаьара цунах теша. Нагахь хIума кхоллур йара алахь, дIайала хIумма а йацара, берашна кханенна битина цхьа кана мукх боцург.

Хедина дагабеара цхьа кIира хьалха лула йуьртарчу туркойн зудчо шена беана кIолдан ши мижарг. ДанчIа цIа варе хьежош, берашна а ца луш, латтош бара цуьнан и шиъ.

– КIалд ма йара вайгахь хаза чам болуш, хьайга иза кхаллалойла хьажахьа, – элира цо эххар а.

– Ца оьшу. Некъо дегI гIелдина сан.

ДанчIа дIатийра. Иза шен дегIера бала мел лечкъо гIертарх, Хедех къайла ца белира. Ша дуьнен чохь йоккхучу хенахь, къаьсттина оцу тIаьххьарчу баттахь, цомгашнаш, баларш дукха гиначу Хедин цкъа хьалха легашка шад хIоьттира, делха доьлла дог сецош, дехха къурдаш дира цо, эххар а йилхира.

– Зуда, хьо йоьлхуш йац?

ХIетталц, цунна хазарна кхоьруш, къайлаха йелха гIиртинчу Хедас шен сина маршо йелира. Дагна Iаьткъина бала цо йелхарца байбаре догдохуш, Хеда парггIат йелха а йитина, иза шега йеачахьана ша ца йаьккхина цуьнан цIе а йоккхуш, вистхилира ДанчIа:

– Хеда, хьо-м гуттар ледара хила йоллу. Цамгаро а, биначу некъо а гIелвина, со дIатерах, иштта кIелвисина моьтту хьуна? Iоьттина дегIах чекх цамза баьккхина со валийча а, биъ пIенда аьтта, кхетамчохь воцуш валийча а ца йилхина хьо тахана хIунда йоьлху? Ма йелхахьа, самадовлахь, берийн а догдухур ду…

– Йилхира, ДанчIа, со-м хIетахь а йоьлхура, амма хьуна ца гуччу а йуьйлуш… Вайн махкахь хилла бохам атта лало… Цигахь сатоха а, и дIалиста а атта дара… ткъа кхузахь ненан некхера даьхна бераш санна ма ду вай…

– Хеда! – кхайкхира ДанчIа, иза сауьйзучуьра саццалц а Iийна.

– ХIавай.

– Хьан дог хьаьин?

– ХIаъ.

– Делахь, дика ладогIалахь хIета. Уггар хьалха дехар ду хьоьга суна хезаш а, ца хезаш а кхин цайелхар. Вай делхаро хIумма а нисдийр дац. Кху ткъех шарахь шайн дайшна, вежаршна йуххе а хIиттина, герз карахь, бIаьрнегIар ца тухуш, мостагIех леттачу шун, кху махка кхаьчча, бIаьргех оьхучуьра хиш ца совцу. Хьалха-м зударех тера а дацара шу, амма хIинца чIогIа береш боьхна-кх шун. Баланаш, халонаш Iийша кхоьллина вайн декъаза къам. Нохчочун нана, нохчочун зуда шегахь доккха собар а, доьналла а, къонахчалла а долуш хила йеза. Царах цхьаъ йу хьо, Хеда. Тховса жимма ледарйаьллехь а. Оццул дукха Iожалла тIехIиттарх, хIинцца бен сайх догдиллина хилла вац со. Дала гIоли ца йахь, суна кхетта цамгар чIогIа йу. Ткъа Iожалла даим а тIаьхьа а йаьлла лела. КIажаш хьоьшуш. Хьанна хаьа, хIун хир. Цундела, хьоьга весет дан лаьа суна…

Иэккха доллу дог а къуьйлуш, леррина ладуьйгIира Хедас. Цунна хаьара ДанчIас эриг цаваьллачу денна дуйла.

– Со дуьнена ваьлчахьана, цхьа гIалат далийтина ас – шу а далош кхузашха схьавар. БерсагIара дукха бехира соьга, ма гIo, цIахь Iе. Со-суо а шек вара хиндолчух. Даго хьоьхура. Дог кхиънера. ХIетте а, баккхийчара аьлларг а дина, йиша-вешех къаьстина, цIахь Iан ца терира, схьавеара. Дог доьлхуш. Амма хилларг хилла даьлла. Дагахьбаллам буьсу, валар хилахь, шен дуьхьа оццул ас дукха цIий Iенийначу даймахкана генахь валар а, лаьттах вахар а. Иза а дицдо шу кхузахь дисаро. Со дIаваьлча, шун Iуналла дан гергарчех стаг ца вуьсу вайн. Со а валош кхуза баьхкина вайн гергарниш белла кхачалуш лаьтта. Дийна бисинарш а шайн синошкахьа бевлла. Нагахь шаьш дийна дисахь, варийлаш, варийлаш, Хеда, кхузахь ма совцалаш. Нах йуханехьа гIоьртур бу хьуна, шина бераца царна тIаьхьахIотталахь. Суна ца лаьа, даймахках а хаьдда, ненан мотт а бицбелла, сайн бераш кхузахь кхуьийла. Кхузахь бисча, царах элий хир белахь а. Хьал а, дуьне а, дахар а стенна оьшу шен даймахках хаьддачу стагана? Дешилахь луьйчуш велахь а, къен ву иза, мел нуьцкъала велахь а, лай ву иза.

ДанчIа йукъ-йукъа соьцура. Гуттар сахаьддачу цунна хала дара къамел дан. Амма цо, доккха са а доккхий, берриг ницкъ тIе а гулбой, йуха а доладора.

– Нагахь гуттар дIа вай диначу махка дерза ницкъ ца кхачахь, гуьржийн махка довла хьовса. Уьш дозанал дехьа ма-девллинехь бу. Керста динехь делахь а, буьйцу мотт кхин белахь а, вайца гIиллакх, амалш йогIуш, вайца цхьана цIийх къам ду иза. Шу цига кхаьчча а, вайн махка кхаьчна хетар дара суна. Кхузахь дуьсучул, сийначу Сибаре дахар гIоли йу вайна… Дика кIант ца хиллера со, Хеда. Хиллехьара, даймохк битина, кхузашха схьавогIуp вацара… Цунах ваьлча, ас хIун дора сайн сих? Нохчийчохь цIейаханчу къонахоша дуьйцучу хабарех Iехабелира нах. Дукхахдерг – шайн берийн ойла йеш. Шайна гина тIеман эрчонаш царна ца гайта лиъна, царна мукъана ирсе дахар карор дацара-те аьлла. Кхузахь Дала делла болх хир боцийла-м хаьара суна, амма xIapa къемат-де хир ду ца моьттинера. Уьш тIаьхьадисна. Болатна цкъа а дицлур дац xIapa Iаьржа денош. Амма цунна хаац ша дуьнена валале ас а, сол хьалха тхан дайша а хьегна бала. Хьайна гинарш, хезнарш дийцалахь цунна, xIop а суьйранна шаьш чудирзича. Дийца, вайша дуьнен чу муха даьлла, муха кхиъна, xIapa адам, цаьрца вай махках хIунда девлла а. Даймахка дерзар ца доьгIна, кхузахь висахь а, цунах дог ма дилла, алалахь цуьнга. Ахь дийцинарг, шена гинарг шен тIаьхьене дIало, ала. Жима делахь а, амма турпалчу къомах шаьш схьадевлла хилар цкъа а цадицдар тIедуьллуш, цаьрга весет де, ала цуьнга. Шайн дай санна, майра, оьзда, тешаме, маьрша кхиа Iамабе, ала… Шайн дайн сий дайъина, эхартахь тхуна дуьхьалхIитта пурба дац царна…

 

Цхьа хан йаллалц са а даьIна, йуха а вистхилира ДанчIа:

– Хеда, хьо кхийтин сан дагахь долчух?

– Кхийти, ДанчIа.

– Иза диц ма делахь цкъа а. Ткъа хIинца паргIатйала, охьайижа. Болх Делан кара лур вай.

Майрачо аьлларг а дина, дIатийра Хеда. Амма дIатен ца туьгура кийра хьийза бала. ДанчIа цомгаш ца хилийта иттазза йала реза йара иза. Да дIаваьллачул тIаьхьа цхьа а тIетовжийла йоцуш буьсура церан доьзал.

«ХIун де ас?» – хоьттура Хедас шега. Дагавеара цхьаъ бен воцу шен шича Берса: «Докку, нанас ца йина йиша лайла хьан, мичахула лела-те хьо?… Кху дуьненахь шуьшиъ бен гIopтop йацара-кх сан, шуьшиннах йаьлла, кху пана махкахь, гIийла буо хилла, цхьалха йуьсуш йоллу-кх со, ас хIун де-те?..»

Оцу хаттарна жоп лоьхург и цхьаъ йацара туьпахь.

2

ХIокху тIаьххьарчу баттахьчул къа ша дуьнен чохь йаьккхинчу йерриг хенахь а ца хьегнера Маккхала.

Туьпара жимма а дешна йа цхьа йеса деша хуу массо стаг xIop а денна аравоккхура цо белларш дIабохка, амма йерриг хало цуьнан йаьIни тIе йуьжура. Декъий лийчийна куьйгаш хуьлура, сарралц хи чохь латтийча санна, мажардоьлла. Суьйранна иза цIа вирзича, дегI, гIаж йиттича санна, лозура.

ХIетте а, буьйса йуккъе йаха йоллалц охьа ца вуьжура иза. ЛадоьгIура АьрзугIар цIа берзаре. Бутт кхочуш боллу уьш кхузара дIабевлла, ткъа цунна иза ганза ши бутт бу. Бенахь хиллачу дивано шений, Аьрзуний тIедиллина декхар кхочушдан ши бутт хьалха Уьстамала вахана Маккхал ши кIира хьалха вирзинера Муше.

Уьстамала цхьаьна гIойла ца хилира цаьршиннан. Схьакхаьчначул тIаьхьа цаьршинна цамоьттучу тайпана чолхе хIоьттира кхелхинчийн хьал. Шиннах цхьаннан Мушехь саца дийзира, туьпахь цхьа низам а, нахана Iуналла а латто.

Маккхал кхузахь а сецна, Аьрзу Уьстамала ца вахийта ши бахьана дара. Цкъа-делахь, дIакхаьчча туркойн паччахьца а йа цуьнан визирца а дийцарш дан Аьрзуна мотт ца хаьара. ШолгIа-делахь, мацаллой, баларший бIарзбина акхабевллачу нахана тIехь куьйгалла дан собар, доьналла, лаам а болуш стаг ца вуьсура кхузахь, Аьрзу туьпара ваьлча. Маккхал хабарна говза а, масех мотт хууш Iеламча а, майра стаг велахь а, амма Аьрзугахь цхьа шатайпа гушбоцу ницкъ бара адам тIедерзош. Цул сов, Маккхал хьалха цкъа Уьстамалахь а хиллера.

Дуккха а ойла йиначул тIаьхьа, Маккхала сацамбира Аьрзуй, Iелий туьпахь а витина, Чорица Уьстамала ваха. Амма Аьрзус бохийра и сацам. Ша кхузахь вуьсучу даьлча, цуьнца Iела хила лиира цунна. Шина вешин дуй биъна ваша вара Маккхал. Чора шен доттагI велахь а, Iела шена уллохь а сацийна, Маккхал Чорица вахийта ца лиира цунна. Маккхална дага хIума дарна кхийрира.

Маккхал Уьстамалара цIа кхачале цхьа-ши де хьалха Аьрзу коьртехь итт стаг вахара туркоша нохчашна къастийнчу махке хьажа. Бутт кхоччуш боллура уьш цига бахана. Тховса тIаьххьалц АьрзугIаьрга ла а дегIна, тоьли чохь ул-улло охьавижира Маккхаллий, Iелий. ДIа ма-тевжжинехь, набарш кхийтира кIадделлачу догIмашна. Бус-буса шена гуш долу гIан гора Маккхална тховса а. Генахь бисина даймохк, шаьш махках девлла де. Мухха делахь а, тховса а, йеха зIе хилла, цунна дуьхьалхIуьттуш чекхдевлира цуьнан дахарехь даьхкина уггар хала денош. Да а, вежарий а байъина ирча де. Чов хилла ша йийсаре вигар, гена къилбаседехь, хийрачу махкахь, даймахка сатуьйсуш текхна хан. Шемал йийсаре воьду де, къена БойсагIар, са дIадала гIерта Жабраил. Шела уллохь Iанийна цIий, шен бIаьхаллин накъостий – Солтамурд, Берса, Залма, Олдам, кхин, кхин…

Арахь девллачу когийн татанаший, лиэраший оцу ирчачу гIенера ваьккхира иза. Вагийча санна, ши куьг тIехьа а тухуш, кIегархиъначу цунна уггар хьалха девзира Аьрзун когийн тата а, тIаккха гIopгIa аз а.

– XIapa шиъ дийна мукъана а вуй? Кху чохь-м Iаьп-схьаьп ма дац, – хезира цунна.

Араиккхинчу Маккхала тIекхетта маравоьллира ша дукха хьегна доттагI. ТIаккха Чорина мара а иккхина, йуха а Аьрзуна тIевирзира иза:

– Гора, Аьрзу, йаI, ма вуон гIан гуш вара-кх со. ХIумма а хиллий вайна?

– ДанчIа валий оха чIогIа цомгаш. Кхин хилла хIума-м дац.

ГIовгIанаш йевлча самаваьлла Iела, ара а ваьлла, Чорина мараиккхира. ХIорш кхоъ чоьхьавелира. Тараммий, Iелий тоьлин неIаре охьахиира.

Цара хIун деана ца хууш сакIамделла Тарам гIовталан кисанара схьайаьккхина дукха дуьне девзина бIаран дечиган Iаржйелла луьлла томкех йуза хIоьттира. Мокхазна тIе кIожаман хьаса а биллина, шаьлтанан йуьхьигах йина цIетуху цо тоьхча, бIаьрса дIаоьцуш бодашкахь суйнаш Iенира. Сийна долуш дакъийначу томкин тамехь хьожа йаьржира буьнахь.

– ТIаккха, Аьрзу, дийцахьа шаьш деанарг, – хаьттира кхидIа садетта кIордийначу Тарама, боккха баьккхина кIур чу а тоьхна.

Аьрзус сихха жоп ца делира. Шаьш беана шийла кхаъ цаьрга дIакхайкхо ца лаьара а хаацара, йа кIадделлачу дегIо дIатевинера а хаацара, амма вист ца хуьлуш дикка хан йалийтира цо.

– Диканиг ца деана. Доцца аьлча, вайна къастийначу махкахь хи ца диллича йалта а ца хуьлу…

Аьрзун дешнаша дегнаш дохийра кхааннен а. Мискачу адамийн тIаьххьара догдохуьйла а хаьрцира.

– Ой, вай долчу веанчу Нуьрсет-пашас-м ма бохура, цигахь вайна къастийна латта даьттана чохь кхехкаш ду? – мохь белира Тараман.

– Вай Iехо гIерташ дийцина хабар хилла.

– Дехаш адамаш мукъана а дуй цигахь?

– Адам доцуш меттиг мичахь йу хьуна? Курдой бу цигахь дукхахберш. Уьш башха дуьйш-дерзош бехаш бац. Цхьадолу тайпанаш, маьI-маьIIе четарш детташ, шайн жашца кхелхаш лела. Эшират олу курдойн цхьа тайпа ду цигахь ша тIе кхаьч-кхаьчнарг, къаьсттина эрмалой, талош лелаш. Наггахь бен йурт йац. Схьанехьа, малхбузехьа, лаьтташ, и мохк санна, йерзина Диарбекир цIе йолуш шахьар йу. Тхуна некъ буьйцуш хьалхаваьллачу эрмалочо, иза а гайтина, элира тхоьга: «ХIара туркойн Сибре йу». Дуккха а кегий къаьмнаш ду, бохура цо, туркойн олалли кIел. Вай оьрсийн паччахьна дуьхьал санна, шайна маршо лоьхуш, туркойн паччахьца къийсам латтош болу хIордал дехьара керстанаш, кху махкара эрмалой, туркой схьа а лоьцуш, чутуьйсуш набахте йу, боху, оцу шахьарахь. Итт, ткъа шарахь дуьненан серло ца гуш, цу чохь бахкабо, боху, нах. Цхьаццаверг шен йерриг оьмарна чувуллу. Хан йаьккхина араваьлларг хьалхалерчу кхетамехь ца хуьлу, боху. Суна хетарехь, вай оцу жоьжахатина гергахьа тоьтту.

ЦIа чохь тийналла хIоьттира. ХIор а вара Аьрзус дийцинчун ойла йеш. Даймахкахь тIом болуш оьрсийн йийсаре ваханарг набахте ца кхуссура, Сибрех йа цхьана элан махка тIе балха хьажавора. Когех буржалш делахь а, дуьнене бIаьрг тоха таро-х хиларий цигахь. Вада аьтто ца болуш а ца вуьсура. Шина а aгIop йийсарехь берш хуьйций, мукъа а воккхура. Шемалан зинданах тера набахте йара эрмалочо йийцинарг.

– Ткъа хьан хIун сацам хилла, Аьрзу, цига доьлхий вай? – хаьттира Маккхала.

– Ас биначух сацам хир бац. Нахана хIун лаьа, хьовсур вай.

– Сайн хIун сацам хилла-м дуьйцур дара ас шуна, – йукъавуьйлира Тарам. – Оцу йаьссачу ара а хиъна, ахь йийцинчу набахте кхоссарна кхоьруш, кIажин пха а бегош лечул, кхузахь, хаза хи йистехь, йолчуьра йаьккхина йууш, тIе шийла хи а молуш валар эзарза тоьлуш хета суна-м. Цига шу доьлхуш дуьйна а хаьара суна аш хьоьгург эрна къа дуйла. И латта гича, адам цига цадахарна кхоьруш, Нуьрсет-паша дукха гIиртира цигахьа вайн векалш ца бовлийта. Вайна ло мега латта? Нахана-м, уггар хьалха суна а, кхузахь шаьш дустор ду моьттура. ЭхIей, дела хила шун ворхIе а дена неIалт! Керста паччахье-м Iеха а дайтийша, иза-м къиза а хилийтийша, ткъа хIара турко-х варий бусалба, – тIаьхь-тIаьхьа карзахвуьйлура Тарам.

– Уьш-м берриш а цхьана буса баларш бара. Ткъа Эрзерумехь болчу вайнехан хабар дуй? – хаьттира Маккхала.

– Пхи эзар гергга стаг хилла цигахь. Вайна санна, Диарбекире хьийсош, ницкъ бо царна. Туркойн Iедалца лара а ца бина, цул сов, кхузарниш а берриг цига дIабахна аьлла, Iехийначу царах ши эзар сов стаг меттахваьллера. Диарбекире боьлху уьш Чубукчурехь дуьхьалкхийтира тхуна. Тхоьгара бакъдерг хиъча, йуха а бирзина, Эрзеруме кIегар ца боьлхуш, тхуна тIаьхьа кхуза схьаоьхуш бу. Суна хетарехь, кху иттех дийнахь схьакхочур бу уьш.

– Уьш тIекхетча, ма гIуллакх толур дай вайн.

– Муха дуьйцу шайн гIуллакх?

– Вайгара хьал ду цаьргахь а. Мацалла, цамгарш, баларш. Цигахь хало долчух тера ду. Эрзерумехь ву сардал Нусрет-паша. Цига гулдина ду кху агIорхьара дукхахдолу эскарш а. Ткъа вайнах кIезиг бу. Ницкъ бо царна…

– Хаац, бакъахьа муьлха ду, – доккха садаьккхира Iелас. – ДIасадаьржича, хене довла аьтто хир бара, тIаккха а туркоша ницкъ бийр бу. ХIинца санна, цхьанхьа гулделла Iийча, кхузахь массарна а рицкъа ца карош, хIаллакьхуьлу.

– ДIасадаьржича, хьаха, кхузарчу къаьмнех ийна, довр ма ду. Дерриш цхьана гулахь даха ховшаделча, вешан мотт а, гIиллакхаш а ларлур дара вайга, – дикка ойла а йина, тIетуьйхира Маккхала.

Луьйш лаьтташехь наб озийра Аьрзуний, Чориний. Чуьра томка кхачийна йовш лаьтта луьлла, тIаьххьара кIур баьккхина, чимах цIанйан хIоьттира Тарам.

– Деллахьа, йу вай декъаза гоьргаш, – оьгIазе вистхилира иза. –Дависарг-йаI, xIapa дерриг дуьне чутарлуш доккха черма а кечдина, йуккъелц молханах дуьзна, цунна тIехула чу дуьне доьллина, со йуккъе тIе а хиъна, иза эккхийта ницкъ болуш велара. Иэхь ду-кх, нанас дена вичхьана цхьаъ мукъа а ирсе де ца гина бохург. Вайнахехь даллочу Iазапан ойла йича, уггар къизачу экханчух тарло-кх сан дог. Нах оцу Муш-шахьарна тIелатар ахь къобал ца до, Маккхал. Цаьрга мацалла лиэ, боху ахь? Хьастахa-м уьш сецо гIертара со. Амма хIинца, бахий ахь, сеца-м муххале а бийр бацара ас уьш, мелхо а, суо хьалха а ваьлла, бусалбий, керстий ца къестош, дуьхьал мел нисвелларг талош, кху туркойн махкахула волалур ву-кх. Дуьхьало йийриг шен ворхIе а дена тIаьхьа а вохуьйтуш. Вайх къахеташ ца ваьллий цхьа а!

Тарам тIаьхь-тIаьхьа карзахвуьйлура. Бодашкахь цуьнан бIаьргаш берзачех лепаш хетара Iелина.

– Вуьшта а бIарзбелла хьийзачу нахана йукъа и питанаш ма тийсахьа, Тарам, – элира цо. – Шу масех стаг вара нах оцу шахьарна тIелата кIамбинарг. Iедало, кхуза эскарш оьзна, лаг лоцур ду вайн.

– Туркойн данчIарийх кхоьрург шен отехь Iийчахьана, дIадолура иза-м. Нах кхеро ма гIерта… Оьрсийн салташа когаш тоьхча а уьду туркой хIун йу вайна!

– ХIорш нохчийн лаьмнаш дац хьуна, кIант. Цигахь хьо оьрсел толориг, хьуна ницкъ лург хьан даймохк бара. Кхузахь зударший, бераший куьйгаш дихкина вайн. Туркойн Iедал мел къиза ду хиъна вайна хIинцале. Цо къинхетам бийр бац зударех, берех.

– Мелхо а, дика ду-кх иза. Кхузахь догIаней, малхей хевшина, мацалла кIез-кIезиг лечул, жимма йуьхьа тIехь бос болччуьра, цхьана дийнахь делла дIадовлар тоьлу. Мацалла мажделла, массо пIенда тIе а баьлла шайна дуьхьал даьхкича, вукху дуьненахь вайн дайшна-м вай девзар дац. Царна ца вовзарх-м, сатуху дарий, хIуьрлаIанан мехкарийн дог догIур дац-кх вай йакъазаршка хьовса. Нийса бохий ас, Маккхал?

– Иштта-м дара иза, Тарам. Делахь а, вешан йахь йухкийла ца лаьара-кх суна. Аш Муша тIехь диначо гIеххьачул сий лахдина вайн. Аьрзуга айса хIун аьр хаац.

– Йахь. Оьздангалла, – ша шега санна, вистхилира Тарам. – Иэхь хета меттиг битина ца хилча? – хаьттира цо, Маккхална тIе а вирзина. – Тахана, лакха гу тIе а ваьлла, дуьнене бIаьрг бетташ Iара со. Кхаш тIера йалташ чудерзош бу туркой, эрмалой. МаьI-маьIIехь четарш диттина, жаш дажош – курдой. Ловзуш лела кегий бераш. Цара чудерзо йалташ, дажо жаш оцу къахьоьгучийн ца хила а мега. И нах ахь буьйцучу элашна бецаш хила а мега. ХIетте а, ма хьогаме хьийжира со цаьрга. Цхьа дол бен йацахь а, шайн лаьттан коржам, суьйранна чуберза цIийнан лаппагIнаш, маьрша къахьега таронаш йу церан. Ткъа шо зама йу, цара санна, маьрша марс-мангал, нахаран баьлчаш каралацаре, йукъахара герз даьстина, буса маьршша охьавижаре ас сатуьйсу. Къизачу Iазапан дукъ коча а дуллуш, чекхбели и бахбелла тIом. И дукъ текхош, лай санна вехачул, мичча махка ваьлла а, маьрша вахар гIоли хетта, кхузашха схьавеа. Хьалха хьегнарг гIан хетачу дели хIинца гIуллакх. Кхузара къаьмнаш мел Iазапехь дахкахь а, царах хьоьгу со. Шайн дай баьхначу махкахь бу-кх уьш. Алийша, хIун бехк баьлла вайгара? Уггар ирчаниг хоьржуш, къиза гIуллакхаш дийр ду-кх ас кху махкахь кхана дуьйна. Дала диканца цхьаьнатухийла вай!

– Сатухур вай, Тарам. Ваьш дийриг цхьабарт болуш дан деза. ХIор а шена хетарг лело воьлча, хIаллакьхир ду. ХIан, охьавижа гIyo. XIapa шиъ а кIадвелла, тхуна а набарш йогIу.

Тарама йаьккхинчу гIовгIано самаваьккхина Аьрзу охьахиира.

– ТIаккха, Маккхал, дийцахьа, хIун хилира ахь даьхьначу гIуллакхах? – хаьттира цо, Тарам дIаваханийла хиъча.

Маккхала кIоргга садаьккхира.

– ХIумма а ца хили-кх. ДIакхаьчначул тIаьхьа дийнна кIира делира сан, Iабдул-Межедна хьовха, Iела-Пашина а тIе ца кхачалуш. Эххар Iела-Пашина тIе а кхаьчна, цуьнца къамел хиллачул тIаьхьа, паччахьна тIевахара тхойша. Вай бахьанехь оьрсашца тIом боло реза бац уьш. Кху сохьта шайн йукъаметтиг цкъа а ца хиллачу тайпана машаре йу, боху. Амма мацца а цкъа шайний, оьрсашний йуккъехь тIом болалахь, шу а гIовтта, бах вайга. ХIетталц кечамбе. Берсина хьалххе дуьйна гуш хилларг дара-кх цара дуьйцург. Шайл нуьцкъала пачхьалкх дуьненахь а йац, шаьш бен вайн дола дан стаг а вац моттуьйтуш, хабарш-м дуьйцура цара. Амма пайда буй ткъа, цIога гуш хилча? Россега хьаьжча, дукхе-дукха къен бу xIapa мохк а, кхузара адамаш а. Ткъа Iедал, бахий ахь, кхин хилча цамаггал къиза ду. Цхьаннахьа а низам дац. Пашанаша, мусассираша, каймакамаша шаьш бол-болчохь шайна луъург до. Адам талийна, чIанадаьккхина. Къаьсттина чIoгIa ницкъ бо кхечу къаьмнашна. Чоьхьара хьал инзаре вуон ду. Туркойн олаллина кIел долу къаьмнаш карзахдевлла, Iедална дуьхьало йо малхбузехьарчу керста къаьмнаша. ХIокхарна дуьхьалбевлла БагIдадера схьа Алеппо кхаччалц болу Iаьрбий. И гIаттам Мисара баржарна кхерам бу. Туркошна дуьхьало йеш ду, боху, кхин дуккха а къаьмнаш. Доцца дийцича, вайна гIo дечохь бац-кх хIорш. Мелхо а, шайн чоьхьара гIуллакхаш ваьштадало вайх пайдаэца Iалашо йолуш бу. Вайл хьалха кхуза баьхкина эдагий, хIинца вайгахь долчу хьоле а эгна, кхин кIелхьарбовла некъ ца карийна, салт бевлла. Царах вовшахтоьхна эскарш ду туркошна дуьхьало йен къаьмнаш хьоьшуш. Вуьшта, Делах а иэхь ду, боху, цара оцу малхбузерчу керста къаьмнашна тIехь бен ницкъаш. Изза вайга а дайта ойла йу кхеран.

 

– Иза хир дац! – доцца хадийра Аьрзус.

Цхьана ханна тоьли чохь тийналла хIоьттира, наб йечу Чорас мерах йетта шок йоцург, кхин гIара-тата йоцуш.

– Вайх хIун дан ойла йу лакхахь? – хаьттира Аьрзус.

– Диарбекира дIахьовсо.

– Цига-м гIойла дац. Цхьа а бIаьстенга вер вац. Мусий, Сайдуллий гирий хьуна?

– Эрзерумехь гира. Мусех паша вина, дошлойн бIаьн коьрте а хIоттош. Сайдуллехь хIинца цкъа цхьа а гIуллакх дац, амма дика дIатарвелла.

Аьрзу, куьйга корта а лоцуш, пхьаьрсан гола лаьттах a гIopтийна, дIатевжира.

– Кхузара хьал муха ду?

– Кхузара хьал, дера, Аьрзу, хIумма а дика ма дац. Кхуза кхаьчначу берхIитта эзар стагах ши эзар дIаваьлла. Дийнахь-бусий, йуккъерчу хьесапехь, бIе ле. Де дийне мел дели, совдуьйлу баларш.

– Цамгарш хьалхалернниш йу?

– ХIаъ. Хьалхалерра мацалла, махкалла, йолу цамгарш, хоршанаш. Амма адам уггар дукха хьоькхург чуьйнан цамгар йу. Кхехка а йеш, йараш йоу наха, цара ши-кхо де далале вожаво.

– Йалтица долчунна муха дохку?

– Селхана оха диначу хьесапца, йерриг туьпахь йалхитта эзар сина дисинарг ткъа гали гергга хьаьжкIаш йу. Царах жарж а боккхуш, кегийчу берашний, цомгашчарний кочо чорпанаш ло, ткъа бисинчаьрга, шайна гIайгIа бе, аьлла ас. Лаьмнашца хьаьрса хьечаш, бIараш, кхин цхьацца эрна кхиъна стоьмаш карабо. Мехкадайн йалхошна тIе ца нислуш висинчунна хIума карайо.

«Цара хIун дийр ду ткъа? – ойла йора Аьрзус. – Йа caгIa деха деза, йа талораш дан деза. И ший а дан ца лаахь, мацалла дала деза».

– Вайн эвлара нах мича хьолехь бу?

– Хьо дIаваханчул тIаьхьа зуда а, ши бер а делла МIаьчиган. Доккхахдолу кIанттий, йоIIий бен ца дисина цуьнан. ИбрахIим а кхелхина. Церан цIийнах ца висина цхьа а.

– Дала гечдойла царна!

– Амин.

Аьрзу дIатийра. Цунна наб озийна моьттуш, охьавижа кечвелира Маккхал а, Iела а. Амма Аьрзун наб йайнера.

– Оцу Тарамий, ахьий Мушана тIелатар хьехош санна ца хийтира суна? Йа гIенах дара а, хаац, иза.

Маккхал кхийрина минот тIехIоьттира.

– ГIенах делара иза, Шен Делан ницкъкхачарца. Вай цIахь доцчу йуккъехь шозза Мушана тIелетта вайнах. Цхьадика, цIийIанар доцуш дирзина шоззе а. Шахьарна гонахарчу лекхачу пено совцийна. ХIорш богIий хиъначу шахьарарчу бахархоша гIаьпнаш тIекъевлина догIанаш тухуш. Амма пенал арахьа бехарш, талийна, чIанабаьхна. Вер-ваккхар доцуш дIадирзина, бухарниш собаре а хилла. Цул сов, дуьхьало йан башха герз а ца хилла церан, оцу пенаш тIехь лаьтта масех шира йоккха топ йоцург.

– ОстопираллахI! ХIинца муха йу кхузарчу бахархошца вайн йукъаметтиг?

– ГIоьртина йу-кх. Хьалха шаьш дечу гIоьнах а йухабевлла.

– Муьлш хилла и питана долийнарш?

– Долийнарш муьлш хилла-м, хаац. Кхузахь дахар бохург хир дац, мозий санна, леш, кхачалуш лаьтта, вешан хирг деш, леташ дала деза вай бохуш, нахе кхайкхамаш бора цхьана наха. Адам карзахдаьлча, Тарам а, Довта а царна хьалхаваьлла.

– Iовдалш! Цара галдаьккхина гIуллакх. Кхузарчу Iедалан а, къаьмнийн а шайх безам баьккхина-кх. ХIинццалц догдохуьйла йара вайн цхьа мегочу лаьтта тIе ваьш охьаховшоре. ДIадели иза а. Къуй шайна йукъа ховшийла луур ма дац нахана. Делахь-дацахь а, хIинца къуй ма ду вай царна гергахь. Тешам байъина.

ОьгIазвахана Аьрзу вехьаш дIатийра.

– Кхин хIун боху наха? – хаьттира цо, цхьа хан йаьлча.

– Дукхахболчара йуханехьа цIа дахар хьехадо. Новкъа бевлларш а бу.

– Хьуна хIун хета?

– КIелхьардовла кхин некъ хеталац.

– ХIаъ, цIа дерза деза, – доккха садаьккхира Аьрзус. – Цхьаъ ца дахь, кхузахь дерриш лийр ду вай. Iаьнах девр дац. Сибрех шо даккхар гIоли йу, кхузахь де-буьйса доккхучул… Кхана суьйранна йартийн тхьамданаш а, бIаьнчаш а гулбайта… Дагадевр вай…

Шабаршца и дешнаш а олуш, наб кхийтира Аьрзуна. Кханенан ойла йан тховса кхин ницкъ бацара цуьнгахь.

Амма халла кхеттачу набарх бехира уьш тоьли чу иккхинчу жимачу кIанта.

– Аьрзу! Маккхал! Дада леш воллу, довдийша…

Аьрзуна мара а кхетта, шен жима баьлла корта цуьнан нуьцкъалчу голашна йуккъе а таIийна, йуха ца верзалуш, шийлачу маьхьарца вилхира Болат…

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru