bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

Стенна делахь а, мекарчу Беллике кIоршаме хьоьжуш, шен туьран макъарх тесна хьесан кIужал ловзош Iен Кундухов каде хьалаиккхира.

– Мотт социйла Сайдулла аьшнашвеш харц хабарш дуьйцучийн, – эпсаршна тIехула оьгIазе бIаьрг кхарстийра цо. – ХIун хууш дуьйцу уьш майоро Ипполитовс? Шуьйта гIопе хиъна, зударийн эладитанашка ладегIар бен, цо деш хIума дац. Суна хаац, аш оцу цхьогална эзар десятин сов латта хIун динчунна делла. Массарна а хьестало! Нохчо а йалийна, вуьшта а къечу ламанхошкара схьа а дохуш, латта шен стунцахошна дIадекъна. И ша ву Аргунски округехь нах карзахбийларна бехке. Шен донесени тIехь цо йаздийраш дуьхь-дуьхьал ду. Ас дуьххьал дIабоху, Ипполитов эладитанча ву, цо Сайдуллина тIе кхоьллинарш шена и цавезарна ду. Ша хIуьттаренна ца лелахьара, цо йаздинарш цхьа бух болуш, нийса хир дара. Ткъа Сайдуллех дерг аьлча, ас сайн декхар лору майорах Сайдуллех дерг шуьга нийсса дIаалар. Со маIIарел шек вац цо дIахьош болу некъ нийса хиларх. Цул сов, нагахь вай долийна доккхачу маьIне гIуллакх кхиамца чекхдалахь, оцу кхиамна правительство уггар хьалха декхарийлахь хир йу майорна Сайдуллина. Цул сов, со цуьрриг шек вац, шена тIехь и харц эладитанаш кхоьллина шен мостагIий хьогIе, йаьсса туьтанаш хилар цо кестта бакъдийриг хиларх. Майоран Ипполитовн кехато сан дог дохийра. Амма правительствона доккхачу маьIнин, ткъа сайна жоьпаллин кху гIуллакхах кхетачу ас, цхьана стеган гIалато иза дерриг а тIекIелдоккхур дуйла хууш, цхьаццаболчу окружни начальникашка ца хаийтира сайн оьгIазвахар. Сой, Сайдуллий тешна ву, тхойша цавезарш шайн зударийн эладитанаш дийца а буьтуш, кхалхаран гIуллакх кхиамца чекхдериг хиларх! Амма, ас гIуллакх тешна дийцарх, ма мотталаш, вайна кхерам бац. Нохчийчоь шуна йевза. БIе шарахь сов кху Кавказехь хьовр-зIовр латториг и йу. Вайна ма-хаъара, Нохчийчоь хIинца а къарйелла кIелсецна йац. Иза Россин уггар кхераме а, нуьцкъала а чоьхьара мостагI ву. Нагахь вай схьалаьцна гIуллакх ИпполитовгIap тайпачу наха ца дохош вайга чекхдаккхалахь, Кавказехь гуттаренна а машар хIуттур бу!

Кундуховга безам цахиларал сов, Ипполитовца гIеххьачул гергара йукъаметтиг йолчу 80-чу гIашлойн Кабардински полкан командирна полковникна Экельна ца тайра цуьнан къамел.

Кундухов къамел дан волавелчхьана дуьйна, йуьхь цкъа цIийлуш, тIаккха макхлуш, меттахъхьеш волу иза, кхин са а ца деттаделла, шена дош даларе а ца хьоьжуш, хьалаиккхира.

– Кхузахь цхьаццаболчу накъосташа, уггар хьалха господино Кундуховс, шайна пайда хилийтаран дуьхьа, Нохчийчохь хIоьттина хьал дестийна дуьйцу. Сурт ма-диллара кхераме а дац шайтIа! ТIехула тIе, суна ирча хета, господаш эпсарш, Нохчийчоь оццул нуьцкъала, кхераме мостагI шуна хеталуш. Вай тIеман нах ду, господаш эпсарш. Вайх хIоранна а дика хаьа Россин истори. Дуй кху дуьненахь оьрсийн герзана кIел соцур доцуш халкъ? – пенах кхозучу Россин империн доккхачу карти тIе а вахана, Днепран, Волгин лакхенна гонахара латтанаш йукъадерзош, пIелг хьаькхира цо. – XIapa хилла оьрсийн хьалхенийн, славянски тайпанийн дуьххьарлера мохк. БIеннаш шерашкахь царна тIелетара золотоордински кочевникаш, немецки рыцарш, шведаш, полякаш, туркой, персаш. ХIун хили царах? Россехь шина бIе шарахь сов олалла дина татаро-монголаш шайн йаьссачу аренашка дIалаьхкина. Тахана триумфальни маршаца церан мехкаш тIехула хьалхадоьлху толамийн оьрсийн эскарш. Цхьа шо далале церан мохк Российски имперех схьатухур бу. Шведаш, немцой меттахъхьа ца баьхьа. Польша вайн кога кIел йу. Туркой а, персаш а, отуш, дIалоьхку. Висла хи тIера Тийначу океан тIе а, Александрополна тIера Къилбаседан Шан океан тIе а болчу оцу боккхачу мехкан дай оьрсий бу, йерриг Европерчу паччахьийн а паччахь Цуьнан Императорски Воккхалла Александр II-ниг ву. Ткъа кхузахь, xIapa куйна кIел бохккал а боцу декъаза нохчий буьйцуш, хабар дахди вай!

Чохьболчарна тIехула курра бIаьрг тоьхна, охьахиира Экельн.

– Браво, господин Экельн! – кIоршаме велавелира Кундухов. – Ахь-м дика кхиамаш баьхна Россин истори Iамош. Амма хьуна иза хьайна оьшшучул бен хаац. Ахча а, чинаш а, хастам а лоьхуш кху махка баьхкинчу нахана иза кхин хаа оьшуш а ма дац. ХIетте а, и хьан хаарш жимма кIаргдер ас. Оьрсийн турпалчу халкъо шена тIера дIакхоьссира татаро-монголийн къиза олалла. Бетах хIума туьйхира Россина чугIоьртинчу тевтонашна, шведашна, шляхташна, французашна. Россина цхьа шо а, цхьакIеззиг эскарш а тоьира Казански а, Астрахански а ханстваш дIалеца. ГIалгIазкхийн жимачу отрядца йерриг Сибирь карайалийра Ермака. Кавказера дIалаьхкина туркой, персаш а. Дуьхьало йоцуш, триумфале хьалха оьху Туркестанехь а. Амма, нохчийн жима мохк дIалаца гIерташ, вай хаддаза тIом беш долу дезткъа шо кхечи. ХIетте а, тахана а вайн империна къарйелла кIел сецна йац Нохчийчоь. Вай кхечу даккхийчу къаьмнашна, дийнначу пачхьалкхашна тIекхийсинчу хьалхалерчу дерриг а куйнаш кIел совца тигац и «декъаза нохчий», цара уьш, иэтIош, дIакхуьйсу. Массанхьа а толамаш баьхна вайн герз кхузахь, артделла, сецна, господин Экельн. Тахана уггар машаречу хенахь а шовзткъе йалх батальон гIашлой, донски гIалгIазкхийн кхоъ, драгунски цхьа полк лаьтта цигахь йиллина. Кху некъехь Кубанера ши полк йалийна областе. И герзан ницкъаш бу хьуна Терски а, Сунженски а гIалгIазкхийн пхеа бригадал сов. Кхечу пачхьалкхашца тIом иэккхахь, Нохчийчуьра нийсса ах эскарш дIадига дезар ду вайн. ТIаккха цигахь хиндерг, ас ца дийцича а, хаьа шуна. Ас иштта аьлча, со хьаставала гIерта ма моттийла шуна, амма xIapa край, кхузара адамаш дика девзаш волу Михаил Тариэлович воцуш, кху областан коьртехь кхин стаг хиллехь, кхузахь хаддаза цIий Iенарг хиларан шеко йацара. Ткъа господино Экельна Кавказски тIеман истори Iамо йезий-те, моьтту суна. Нагахь хьайна и йерриг Iамош къахьега ца лаахь, хьайн полкан истори мукъана а Iамайе. Иза Нохчийчоьнах тийсало нийсса бIе шовзткъа шо ду хьуна!

– Хьан локхалла, ахь урокаш йалар оьшуш вац со! – оьгIазвахана, балдаш дегош кхоссар йира Экельна.

– Суна а, дера, ца оьшу хьо тайпа дешархо. Кхузахь стаг дахаро а, шатайпачу хьелаша а Iамаво. Хьо а Iамор ву хьан бертаза.

– Господа, девнаш цадар доьху шуьга, – хьалагIеттира Лорис-Меликов. – Девнаш дайта ца гулдина шу кху чу. Хьомсара Эдуард Филиппович, хьо дукха тIехула хьоьжу мостагIчун ницкъе. Хьан бIаьргашца вай Нохчийчоьне хьийсахь, цо хIинца а дуккха а къахьоьгуьйтур ду вайга. Ипполитов бехке ван а, суна цхьаммо а иза бехказваха а ца вогIу. Иза хьекъал долуш, тIедиллинарг цIена кхочушдеш администратор ву. Бакъду, кху некъехь Сайдуллин хьокъехь гIалатваьлла иза. Цуьнан донесени, шалхо йоцуш, доггах йазйина йу. Ткъа аш, господаш окружни начальникаш, нохчашкара герз дIаэца а, уьш салт баха а, керста дине берзо а, царна тIе текхамаш бахка а, латта дIадаккха а, уьш нуьцкъала махкахбаха а вайн Iалашо йоцийла хаийта халкъе. Йарташка ас командировать винчу полковнико Муравьевс халкъе дIа ма-хьедарра, правительствос цхьа а нуьцкъала Турце кхалхор вац, амма воьдург сацор а вац. Луурш а бохуьйту бухабуьсучийн аьттонна. Лаххара а апрель бутт чекхболуш кхелхачийн хьалхара партеш новкъа йаха дезар ду вайн. Ас йуха а боху шуьга, берриг нохчий кху цхьана шарахь кхалхалур бац дIа. Кху шарахь вай дIахьовсораш вайн Iедалца цкъа а машар хир боцурш бу. Бисинчаьрга шайна йалташ дерна гIайгIа байта беза. Царна йуккъехь дIакхайкхо деза, ГIумкийчохь а, ХIирийчохь а, ГIебартахь а лаьттан гIуллакх къастош йолу комисси, цигара йаьлча, Нохчийчохь болх бан а йолалур йу, нохчашна лаьттан токхо а йийр йу аьлла. Суна хетарехь, Александр Петрович, хIинца хьайн ала дерг ахь ала а аьлла, господаш эпсарш паргIатбитича мегаш ду.

Карцов, шен бIаьргех долу куьзганаш дIадаьхна стоьла тIе охьа а дехкина, ши куьг стоьла тIе а дуьллуш, креслон гIовлех тевжира.

– Доцца аьлча, господаш эпсарш, гIуллакх, шух цхьаболчарна ма-моьтту, атта дац. Михаил Тариэловича цкъа соьга ма-аллара, тахана Нохчийчоь иэккха йоллучу вулканах тера йу. Бакъду, хьалхалера бехачу, халачу тIемийн зама дIайаьлла цигахь. ХIетте а, кIеззигчу ханна, амма довхачу тийсадаларшна ницкъ оьшучул а тIех бу нохчашкахь. Правительствон чIогIа сагатдо зуькархойн стамлучу тобано а, йарташкахь берашна вовшахдеттачу спартански ловзарша а. Нохчийчоь къарйала дагахь йац. Иза вайн кога кIел соцур йац, вай кхин а бIе эзар гIалгIазкхи нохчашна йукъа охьа ца хаавахь, цигахь йолу тIеман гIаьпнаш чIагI а йеш, кхин керланиш ца йогIахь. Иза дан доьлча, дукха хан а, йоккха харж а йеза. Цига гIалгIазкхийн керла станицаш йахка доьлча а, ах нохчий, махках баьхна, Россин кIоргерчу губернешка кхалхо деза вайн. Амма нохчашкара дера дуьхьало йоцуш иза хир дац. Терски областехь машар хIотторна уггар аттаха болу некъ нохчий Турце кхалхор лору правительствос. Шуна ма-хаъара, кху итт баттахь къайлаха цунна кечам беш ду вай. Нагахь санна кхалхоран инициатива правительствера схьайаьллийла царна хаахь, гIуллакхан кхиаме догдохийла йац вайн. Цундела коьртаниг – и къайлехь латтор ду. Нагахь цхьамма и къайле йеллахь, вай итт баттахь хьегна къа дайна ца Iаш, Нохчийчоьно дуккха а халонаш хьоьгуьйтур йу вайга. Иштта а, вуьшта а, цхьа дакъа нохчий махкахбахар правительствон хийца йишйоцуш сацам бу. ХIинца цкъа вай схьалаьцнарг бертахь некъ бу, амма, ца хуьлчу даьлча, герзан ницкъе кховдаза а девриг хир дац. Цундела, балхана йа тактически Iаморна алий, кху областера дерриг эскарш Нохчийчу лагершка хIиттаде. Уьш кийча хила деза муьлххачу а минотехь гIуллакхна. XIapa бIаьстенан йуьхь уггар жоьпаллин хан йу. Цундела, хьомсара Христофор Егорович, сан дехар ду хьоьга, арахьарчу мехкашкара кхерам болу бахьана а хIоттадай, кхоалгIачу запасан гIалгIазкхий, муьлххачу а меттигна кийча хилийта, тоьпана кIел хIиттор. Соьгахьара мукъа ду шу.

Эпсарш арабевлча, хьалагIеттина, куьйгаш дIаса а тосуш, дегI саттийна, меллаша чухула дIасаволавелира Карцов.

– И Кундухов кхераме стаг хилар тахана хии суна. Къайлабаьккхина инзаре боккха цабезам бу цуьнан Россига. Амма цуьнан бертаза цкъацкъа гучуболу иза. Со воккхаве иза кху махкара дIаволуш. Хьо реза вуй соьца, Михаил Тариэлович?

Лорис-Меликов жоп ца луш хьевелира.

 

– Хьо гIалат ца ваьлла, Александр Петрович. Суна цо цергаш гайтина дикка хан йу. Амма цо хIинца дийриг, шена лаахь а, ца лаахь а, вайн правительствона доккха гIуллакх ду. Делахь а, со тешна ву, мацца а цкъа иза вайна йамарт хирг хиларх.

– Ткъа Сайдулла?

– Изза олу ас цунах лаьцна а. Цаьршимма дIахьуриг нийса некъ бу. Кху тIаьххьарчу хенахь Кундуховс башха лечкъа а ца бо вайга болу шен цабезам. Амма кестта, Дала мукъалахь, иза а, важа а шайн берзалойн ардангца гена вер ву кху махкана. Цунах гIоли хуьлуш, садетташ Iа со.

Делкъал тIаьхье цIевзина йеара. Малх цIеххьана къайлабелира, дера корех бетталуш, цIийзара къилбаседехьара хьоькху шийла мох. Корах арахьаьжча, стигалахь Iаьржачу мархийн жIомар гина, догдуьйхира Карцовн. Нагахь йочанаш йолалахь, кестта Кавказски ломан дукъах чомахь тIехвалалур вац иза. Ткъа Петербургера цо дохьурш сихха дIакхача везаш гIуллакхаш ду. Ма хаза йара иза Петербургски Императорски тIеман академехь профессор волу хан! Цо тIеман тактика хьийхира паччахьна Николай I-чунна, Михаил Николаевична а, Николай Александровична а. ХIинца йалх шо кхочуш доллу иза Кавказехь волу. Кхуза иза кхачарна бехкениг цуьнан хьоме дешархо Михаил Николаевич ву. Бакъду, кхузахь Карцовна хиллачу къинхьегамна йал-м йелла цо.

Цхьана ханна Лорис-Меликов араваьлча, пенах кхозучу паччахьийн суьртех бIаьрг кхетча, Карцовн ойла хьаьвззина Нохчийчоьнна тIейирзира.

2

Нохчийн халкъан къоман маршонехьа къийсаман чулацаман а, ницкъийн а йаккхий башхаллаш йара ламанан кхечу къаьмнехчул къаьсташ. Татарийн-монголийн ханашна а, Тимурна а къарбелла кIел совца ца лууш, шина бIе шарахь латтийначу къийсамехь инзаре даккхий зенаш деш, арен тIера дIа а баьхна, лаьмнийн чIажашка боьхкинера нохчий. Амма, оцу лаьмнашкара охьа а буьйлуш, хаддаза тIелеташ, оцу шина бIе шарахь синтем хила ца битира цара мехкашдIалецархой. Цаьргара дIабаьккхинчу махка тIе йоккхачу ханна дай хилла охьахевшира гIалмакхойн султанаш, ногIийн ханаш, дагестанхойн феодалаш а. Шайн Iедал шордан, чIагIдан, вовшийн мехкаш дIалеца гIерташ, вовшашца луьра къийсам лаьттара царна йукъахь. Оцу къийсамехь татолашца цIий Iенара хIуманна а бехке доцчу церан доларчу халкъийн. Массарначул а тIех даккхий зиэнаш хуьлура царах массарех а бозуш болчу нохчашна. Оцу тIемашкахь тоьллачийн цхьаьнгара кхечунна дола бовлуш, Iазап тоькхура цара, цкъа а маршо ца хуьлуш. ТIебаьхкинчу феодалашна дуьхьал церан гIовттамаш а кхиамза чекхбовлура.

XVIII бIе шо долалуш йаккхийчу пачхьалкхийн самге йирзира Кавказ. Кхузахь шайн олалла шордан а, чIагIдан a гIepтара Иран а, Турци а. Кхуза шайн мIараш кховдийра малхбузехьарчу пачхьалкхаша, къаьсттина – Англис. Царах хIоранна а лаьара хIокху исбаьхьчу Iаламан уггар а коьрта-стратегически мехкан да хила. Кхузара дIа Месопотаме, Инде, кхидIа Малхбале кхийсабала шатайпа аьттоне залк-мулк йара Кавказ.

XVIII бIе шо долалуш, йукъ-кара цIий Iеночу тIаме боьрзуш, политически а, дипломатически а къийсам болабелира Кавказна гуонаха. Оцу пачхьалкхийн хьеран тIулгашна йукъа нисделира кхузара халкъаш. ТIеман гIирсаца а, политически а, дипломатически а мекарлонашца а, феодалийн лакхенаш къаьмнашца цхьаьна иэцарца а уьш шайгахьа даха гIертара Иран а, Турци а.

Оцу Iалашонца царал хIумма а тIаьхьа ца йисинера паччахьан Росси а. Къилбехьарчу хIордашка йала ков доцуш лаьттачу цуьнан, Кавказ дIалаьцча, аьтто нислора шина хIордан да хила. Малхбузерчу паччахьаша санна, цо а сатуьйсура малхбалерчу хьолечу рынкашка.

Кавказехь шайн олалла хIотторехьа йаккхийчу пачхьалкхаша латточу къийсамехь толам баккха аьттонаш алсам бара Россин. Нагахь санна феодальни Иран а, Турци а чоьхьа цамгар кхетта, мартлуш, Iенаш хиллехь, ткъа Росси, хIетта ницкъ IаIош, кхуьуш йоккха, къона пачхьалкх йара.

Россин гIоьнца шаьш гIалмакхойн, гIебартойн, дагестанхойн феодалийн олаллех маьршабовларе догдохура нохчаша. Амма оьрсийн паччахьаша а Кавказ дIалаца гIерташ колонизаторша мел лелийначу гIирсех пайдаоьцура. Меттигерчу феодалашний, къаьмнашний, тайпанашний йукъа мостагIалла туьйсура. Къаьмнаш шайн феодалашна дуьхьалдохура, тIаккха хьалхарчарна гIо дора уьш хьиэша. Цкъа шайн феодалех бевдда ахархой тIеоьцура, тIаккха, феодалашца барт а бой, йуха церан кара дIалора.

КIезиг бацара оьрсийн паччахьан политикина резабоцу ламанан халкъийн феодалаш а. Доллучул а уьш карзахбохура церан коьрта хьал долу латта паччахьан Iедал шен тергам кIел даккха гIортар. Цундела, паччахьца бартах къаьхкина ца Iаш, цкъацкъа даррехь цунна дуьхьал а бовлура цхьаццаболу феодалаш. Шаьш оьрсийн паччахьна дуьхьалбевлча, Иране а, Турцига a гIo а доьхура. Ткъа паччахьан правительствона хаьара цаьрца ша лело дезарг. Шена муьтIахь хила ца туьгучарна луьра таIзар дора, шена тешаме болчарна чинаш, орденаш, даккхий алапаш, оьмарна пенсеш лора. Царна шен халкъашна тIехь Iедал латто гIo а дора.

XVIII бIе шо доладелча, Нохчийчохь феодалашна дуьхьал болу къийсам антиколониальни боламе боьрзу. ГIебартойн элашна а, цаьрца бертахьчу нохчийн тхьамданашна а дуьхьал ахархой гIевттича, хьалхарчара гIо доьхура Теркахь, ГIизларехь, Астраханехь болчу паччахьан воеводашка. Ткъа тIаьхьарчара доггах гIo дора ахархойн дуьхьало хьаша. Амма паччахьан воеводийн аьтто бацара даим дIа Нохчийчохь шен эскарш латто. И таIзархой кхузара дIа ма-бевлли, халкъ йуха а гIоттура шайн олаллахошна дуьхьал. Халкъан бекхамах кIелхьарбовла кхин некъ ца буьсу феодалаш, паччахьан Iедалера бакъо а йоккхий, шайн доларчу ахархошца цхьаьна оьрсийн гIаьпнашна улло, Соьлжа тIе йа Терка тIе, Кавказски Линина герга дIакхелхара. Паччахьан Iедало дуьхьало йоцуш тIеоьцура уьш, паччахьна муьтIахь, тешаме хила цара дуй биъча.

Ламанхой, ткъа къаьсттина xIapa къармазе нохчий, экономически агIонца охьатеIабора паччахьан Iедало. Нохчашна дихкинера Терка тIерачу шахьаршца махлелор. Йа царна, кхечу къаьмнех къастийна, лаккхара пошлина хIоттайора, Нохчийчу эчиг, туьха а дохкар гуттар а чIогIа дихкинера.

Iазапдаллорхошна дуьхьал халкъан гIовттамаш хьоьшуш а, дIакхийсина феодалаш йуха цунна тIеховшош а нохчийн йарташ йохайора, йалташ, цанаш, докъарш хIаллакйора, даьхний дIадуьгура, йарташкара божабераш, кегийрхой амалтана буьгура. Иштта бигначу дуьйцу цахезначу Iазапехь латточу амалтех йуьзна йара дозанца йолу паччахьан эскарийн гIаьпнаш. Меттигера бахархой кIез-кIезиг лома кIел лоьхкуш, церан латтанаш пачхьалкхан дола а дохуш, кхузахь тIеман гIаьпнаш йугIура.

Нохчийн дуьххьарлера антифеодальни, антиколониальни боккха гIаттам хилира 1708-чу шарахь. ГIевттинчу нохчех схьакхийтира луларчу халкъийн къехой а, Кубанера гIалгIазкхий-раскольникаш а. ГIовттамхоша гуо бира Терки шахьарна, амма цунна гIоьнна даьхкинчу воеводийн Вельяминовн а, Апраксинан а эскаршца хиллачу тIамехь иэшна гIовттамхой йухабевлира.

XVIII бIешерийн дохалла цхьамогIа баккхий антифеодальни, антиколониальни гIовттамаш хилира Нохчийчохь. ГIовттамхошна дуьхьал йаккхий таIзарийн экспедицеш йира шайн коьртехь инарлаш Апраксин, Ветерани, Дуглас, Фрауендендорф, де-Медем, Потемкин, Якоби болуш. Шозза кхузахь гIаттам хьаша даьхкира Донан гIалгIазкхийн а, гIалмакхойн а эскарш. ТIаьхьа цхьамогIа экспедицеш йира полковникаша: Кека, Рика, Коха, Пьерис; инарлаша: Теккелис, Бибиковс, Булгаковс, Розена, Гудовича, и. дI. кхечара а.

Колонизаторски политико а, инарлийн къизалло а керл-керла гIовттамаш кхуллура. 1785-чу шарахь алдахойн жаIу шайх Мансур коьртехь колонизаторшна дуьхьал гIеттира йерриг Нохчийчоь. И гIаттам сихонца баьржира Iаьржачу а, Каспийский а шина хIорда йуккъехь дехачу дерриг ламанан халкъашна йукъа. Шайх Мансур дуьххьарлера имам вара ламанхойн. Иза коьртехь волуш ворхI шарахь йиначу дуьхьалоно болийра иттаннаш шерашкахь бахбелла Кавказски ламанхойн къоман маршонехьа къийсам.

Йуьхьанца бартбоцуш хилла церан и болам, цхьа ткъе итт шо даьлча, буьрсачу ницкъе бирзира. Къийсаман xIop а керлачу муьро хьалхатоьттура гIарабевлла говза, хьекъале, майра тхьамданаш. Шлиссельбургски набахтехь веллачу шайх Мансуран метта гIеттира Бийболат. ТIаккха ГIеза-молла, Шемал. Шемала малхбузехьара ламанхой гIовтто а, царна тIехь куьйгалла дан а вахийтина нохчо Мохьмад-Эмин а. Цигарчу къаьмнийн меттанаш а йа гIиллакхаш а ца хууш, цхьана буйнахь Къуръан а, вукху буйнахь тур а долуш 1848-чу шарахь цига ваханчу Мохьмад-Эмина, цхьа-ши шо хьовзале и халкъаш цхьаьна а тоьхна, болийна къийсам Шемал йийсаре ваханчул тIаьхьа йалх шо даьлча, 1864-чу шарахь, сацийра.

ТIеман тIаьххьарчу ткъа шаро кхоьллира гIарабевлла полководцаш: цIонтаройн ШоIип, шелахойн ТIелхаг, алдахойн Юсуп-Хьаьжа, гиххойн Сайдулла, шотойн Атаби, курчалойн Ботукъа, СаIду, аьккхийн ГIойтамар, Уллуби, бенойн БойсагIар, зумсойн Iумма, нойбоьрахойн Эска, гендарганойн Iиса, веданхойн Элдар, Эдал, мартанхойн Дуба, Iалха, Тапа, Хьамзат, кхиберш а.

ШоIипа а, ТIелхага а дуьненан тIеман исторехь керла школа кхоьллира. Хьаннашкахь буьйсанна тIом барехь керла тактика йукъайалийначу ШоIипах Iемира оьрсийн инарлаш. Цо дуьххьара тIеман историна йукъайалийра эскар даьржина тIелета тактика. ТIелхага дуьххьара кхоьллира «кхалхош» йолу батарея.

Нохчийчохь тIеман лаккхара школа чекхйаьккхира тIаьхьа туркошна тIехь толамаш баьхначу оьрсийн эскарийн инарлаша: Орбелианис, Бебутовс, Бриммера, Тер-Гукасовс, Лазаревс, Крымски тIеман турпалхоша Лиддерса, Тотлебена, Йуккъерчу Азера ханстваш кхиамца дIалецначу инарло Кауфмана, тIаьхьа Россин тIеман министраш хиллачу инарлаша: Чернышевс, Милютина.

Кхузахь нохчашца тIамехь Iеминера тIаьхьа лаьмнашкахь а, хьаннашкахь а бечу тIемийн гIарабевлла говзанчаш-инарлаш: Граббе, Фезе, РозенгIар, Круковский, Слепцов, Бакланов, Гурко, Врангель, НиколаигIар, Евдокимов, Барятинский, и. дI. кхин а.

Амма оцу инарлех цхьа а вацара, нохчийн наибийн тохаршна кIел букъ а берзийна, цкъа йа масазза а вадаза.

ХIокху Нохчийчохь тIом ца бина эпсар бакъволу эпсар-кавказхо ца лорура эскарехь. Цундела Кавказски тIеман шерашкахь кхуза гIертара гIарабовла лаьа къона аристократаш, тайп-тайпана авантюристаш.

* * *

Цхьана масех минотехь и дерриг коьртехула чекхделира Карцовна. «Шого-м, дера, элира Экельна оцу хIирийчо, – ойла йора цо. – Амма бакъдерг элира. Дерригенна а бехке правительство йу. Цунна лела хиънехь йа лиънехь, тоххара машар бина, Россина муьтIахь хилла, севцца хир ма дара и Iаламан бераш. Уггар хьалха – и къармазе нохчий а. Дерриг галдаьккхина меттигерчу администрацис. Къаьсттина – оцу кхечу махкара баьхкинчу наха. Массарчул тIех – немцаша. Уьш бу массанхьа а. Паччахьан цIа чуьра охьа провинцешкахь, эскаран дакъошкахь…»

Лорис-Меликов чувогIуш хааделла, схьавирзира Карцов.

– ХIаъ, Михаил Тариэлович, нохчий кху махкара дIабахаро бен синтем лур бац кху крайна, – элира Карцовс чувеанчу Лорис-Меликовга.

– Лаа ца олура Алексей Петровича, цул сийдоцуш, цул аьрха, цул сонта къам кху стигала кIел хир дац, xIapa дуьне хьоькхуш лела Iаьржа ун а ца лета царах, Дала хIаллакбарех! Сиха а, гена а мел бехи, дикахо ду. Нагахь вай долийнарг кхиамца чекхдалахь, вай веа стага – вайшиммой, Евдокимовссий, Милютиний – цкъа а цадицдаллал доккха гIуллакх до Россина.

– Дала аьтто бойла вайн! ХIинца цкъа-м дика дIадоьдура гIуллакх. Делахь а, кхоьру-кх. Сацам хийца дукха хIума ца оьшу царна. Молханах тера къам ду иза. Цхьа суй тоьу иза иэккхийта. ТIехула тIе, Нохчийчохь даим а вайн аьтто бохориг цуьнан географически хьелаш ду. Кубански ламанхой махках баха-м хIордо аьтто бира. Ткъа кхузахь нохчий Турце бига беккъа цхьа Гуьржийн БIаьн некъ бен бац. Суна хетарехь, Александр Петрович, уггар хьалха, ма-хуьллу сиха вешан векалехула туркойн правительствера визиральни кехаташ даха деза. Царна тIехь гайтина хила йеза нохчий дIатарбан Портас гайтина меттигаш. ТIаьхьа иза-важа ца бахийта. Нохчий вайн дозанашкахь сецо гIертар бу уьш шайн ма-хуьллу. Кхелхарш маситта партешка а бекъна, xIop а парти йуккъехь кхаа дийнан некъ буьтуш, ца бигча, цкъа-делахь, пхи эзар цхьаьнаметта дIабига йоккха IалагIожа йу иза, шолгIа-делахь, оцу некъан бохалла зуламаш ца деш Iийр бац уьш. Цкъа хьалха, цхьа тешамболлу эпсарш коьрте а хIиттийна, цхьа-ши парти дIа а хьажийна, церан лорах буьгур бу вай бисинарш а. Ас хьалха ма-аллара, Iаламат дика хир дара, кхелхачийн гIуллакхна чрезвычайни а, полномочин а бакъонаш йелла, цхьа тешамболлу эпсар хьалххе буха дIавахийтича.

– Оха билгалвина иштта эпсар. Хьоьгара хаам ма-хиллинехь, Эрзеруме гIyp ву генеральни штабан капитан Зеленый. Iаламат низам долуш, оьзда эпсар ву иза. Ткъа тобанийн эпсарш кхузара айхьа билгалбаха.

– Церан список-м хIинцале а хIоттийнера ас. Хьалха со Тифлисе веача аш деллачу пурбанца, ас Кундуховга аьлла, цуьнан цIенойх а, махках а догIу ахча хьалхара итт парти новкъа йаьлча дIалур ду, важа пхи эзар сом – цуьнан шен доьзал Владикавказера дIа новкъа баьлча. Сайдуллина пхи эзар, ткъа Цугаевна ши эзар сом дала дош а делла ас. Кхалха аьтто боцчу къечу нахана сту-говр оьцуш дойъур ду Сайдуллина деллачух ах. Цугаев дог иккхина цIеххьана кхалхаро гIеххьачул хало йина тхуна. Амма цуьнан меттана кхин стаг карийна. Цуьнан вешин кIант Шамхалбек. Суна хетарехь, кхалхош хинйолу йерриг харж кхузткъе итт эзар соьмал тIех йер йац. Цул сов, Александр Петрович, вай ссылке бахийтина зуькархой Одессехула Трапезунде бигарна сихо йайтахьа. Уьш Турце бигна аьлла, даржийна оха нохчашлахь.

 

Цаьршиннан къамел йукъахдаьккхира, йайн неI тухуш, дари декош чоьхьайаьллачу хIусамнанас.

– Александр Петрович, иэхь ца хетий шуьшинна! – оьгIазйаханчуха балда а дахдеш, барт туьйхира цо. – Селхана дуьйна тхан гIалахь ву хьо. Хьайца охьахаа аьтто-м муххале а ца хилийтира ахь, тIе, соьгара майра а дIаваьккхина. ХIун ду xIapa ша? Дийнахь-бусий шайн гIуллакхаш айъина. Декъаза адамаш ду-кх тхо, шун зударий! Валол ший а цIа. Сан мехкарий а бу шуна сагатдеш.

– Нина Ивановна! Бехке ву со! Тховсалера суьйре хьан йу-кх. Вало, Михаил Тариэлович. Ваьшшиннан хьомсара нохчий тховса паргIат буьтур вайша!

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru