bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

Берсега телхинчу стаге санна хьоьжура Курумов.

– Хьо-хьуо теший айхьа дуьйцучух?

– Шеко йоцуш!

– Тамашийна болх бу-кх хIара, – Курумовс корта хьовзийра. – Хьох тIеман стаг ву, соьгахьчул тIех Iилма а долуш, дуьне а девзина, хIетте а, беро а дуьйцур дац ахь дуьйцург. Халкъийн вошалла! ХIун йу тIом? Цуьнан ойла ца йина ахь? Тахана – тIом, кхана – вошалла! Хьере ойла! Шина халкъана йа шина лагере декъаделлачу халкъийн мостагIалла ма кхуллу тIамо. Герз карахь тIеман арахь вовшашна дуьхь-дуьхьал хIоьттинчу шина халкъан шина векало ца лоьху оцу тIамна бехкениг. Ца хоьтту мича къомах, динехь, басахь ву, къехо йа хьолахо ву, цуьнан хIун ойла йу. Цаьршиннах ши экха, ши мостагI хуьлу. Цаьршиннан цхьа Iалашо хуьлу: вовшийн виэн, ша-ша тола, ша-ша дийна виса. Леташ болчу салтийн хилла ца Iа и цабезам а, мостагIалла а. Оцу тIамехь леташ боцчу шайн-шайн цIахь машаре Iачийн дегнаш чохь а кхоллало изза акха, къиза ойла. ХIунда аьлча оцу тIамехь летарш, бойъурш а оцу цIахь болчу машаречу нехан дай, кIентий, вежарий, майранаш ма бу. ХIоранна а лаьа шайн да, ваша, кIант, майра тола, уьш дийна цIа берза. Царна дуьхьал летачу халкъана неIалт хьежадо йа иза иэшор доьху. Дукха хан йоццуш чекхбаьлла иттанаш шерашкахь лаьттина, итт эзарнаш нохчийн а, оьрсийн а синош дIадаьхьна къиза тIом. Хатта хьайна нохчочуьнга йа оьрсичуьнга, хьан да, ваша, майра хьан вийна? Хьоьга эр дац, уьш Ивана йа Ахьмада байъина, оьрсаша а, нохчаша а байъина эр ду. ШийтталгIачу шарахь Россе баьхкира французийн мехкашдIалецархой. Оцу шерашкахь xIop а оьрсичунна муьлхха а француз шен луьра мостагI хетара, хIунда аьлча и цивилизованни француз герз карахь Росси дIалаца, оьрсийн халкъ лолле дерзо веана дела.

– Ткъа оццу оьрсичо дицдора, шен паччахьо, шен правительствос шайн берриг ницкъаца французски революци хьошуш а, Европехь монархиш йуха меттахIиттош a гIo дина хилар.

– Иштта-м хуьлуш ма ду. Исторехь суна ца хаьа, оцу тIамна ша бехке делахь а, цхьа а халкъ цунна къера хилла меттиг. Дуьхь-дуьхьал летачу шина а халкъана ша-ша бехке ца хета. Туркошца тIемаш болчу хенахь оьрсаша xIop а турко адамаш дойъург кхайкхаво. Ткъа туркоша а маьхьарий хьоькху, оьрсий мехкашдIалецархой, Iазапдаллорхой, гаурш бу бохуш.

– Нуьцкъаха тIаме, Iожаллина тIелаьллинчу оцу мискачу оьрсичунна а, туркочунна а ца хаьара, шаьшшиъ туркойн султанан а, оьрсийн паччахьан а, церан гIеранийн а хьал лардеш, дебош летий а, лей а!

– ДIавалахьа, делхьа! Цаьршиннан хьекъал ма дац иштта кIорга ойла йан.

– Муха хуьлу, зорбанехь, килсехь, маьждигашкахь церан хье чу дIовш дуттуш хилча. Кхин ойла йан гIортал. Сихха вуьйр ву.

– Вайшимма долийначу гIуллакхна генаваьлла вайша. Хьо вежарий бан гIертачу ламанхошна а, оьрсашна а тIе йухаверзий вайша. Дуьззинчу дезткъа шарахь вовшийн цIий Iенийна цара. Оцу тIамна бехке паччахь а, правительство а хуьлуьйтур вай. Амма ахь хаттал гIалгIазкхичуьнга йа ламанхочуьнга? Цара паччахьаш бехке бийр бац. ГIалгIазкхичо эр ду, ламанхой шайн станицашна тIелетара. Ламанхочо – гIалгIазкхий, шайн махка а баьхкина, охьахевшина. И дезткъа шарахь бахбелла цIийIеноран тIом селхана чекхбаьлла. Ламанхо иэшна, гIалгIазкхи тоьлла. Хьалхарчуьнгара латта дIадаьлла, шолгIачунна – карадахна. Цаьршинна йуккъехь машар ца хилла. Ламанхочо шен латта йухадерзоре сатуьйсу, ткъа гIалгIазкхичо шен карадеанарг цунах лардийр ду. Оцу шиннан дегнаш чохь вовшашка цабезам лаьтта. Ткъа хьо, оцу тIамехь беллачийн кешнийн баьрзнаш дакъадалале, йагийначу йартех туьйсу кIур дIа а бале, адамаша чIир а йастале, царах вежарий бан гIерта!

– Амма адам кхетар ду хенан йохалла…

– Нагахь царна кхета а, церан барт хилийта а гIерташ нах хилахь! ХIинцалерчу адамийн масех тIаьхье хийцайелча. Хьуна ма-моьтту, итт, ткъа шо даьлча-м хир дац иза. TIe, мила ву халкъашна йукъара мостагIалла дIадаккха, халкъаш цхьаьнатоха, халкъийн барт бан гIерташ? Цхьа а. Мелхо а, мостагIалла марсадоху. Шайн мохк схьа ца белча, законехь шаьш муьжгашца ца нисбича, даг чуьра вас дIайер йуй ламанхойн?

– Йац.

– Ткъа правительствос иза а, важа а дийр ма дац. Йа цхьана а пачхьалкхан правительствос а ца дина иза шен колонешкахь. Россин правительствос а дийр дац. Цундела массанхьа а метрополин а, колонийн а халкъашна йуккъехь диллина дIа мостагIалла, цабезам, цатешам, къийсам бу лаьтташ. Олалла ден халкъаш – шайн олалла колонешкахь сацо, чIагIдан гIерташ, колонешкара халкъаш – оцу олаллех паргIатдовла гIерташ. Иштта къийсам бу Азехь, Африкехь, Америкехь. Ахь сатуьйсу халкъийн доттагIалла, вошалла цIена утопи йу, Берса. Ницкъ ма бу истори хьалхатоьттург. Нуьцкъалниг даим бакъ хилла, даим гIорасизчунна тIехь Iийна. Иштта хир ду даим а. Iаламан закон ма ду иза.

Шина хьешан дов хадийра цIестан тас, гIумгIий, гатий дохьуш чоьхьаваьллачу Болата. Цунна тIаьххье йуург йохьуш йеара хIусамнана. Дечиган доккхачу шуьнахь тIера Iаь а гIуьттуш ахьаран галнаш, царна тIехула йехкина уьстагIан дерстинчу жижиган тIассаш йара. Йуккъехь лаьттачу дечиган кедахь – тIе хьакхар хIоьттина саьрамсекхан берам. Галнашна тIебоьгIна – ДанчIас хIетта бина дечиган ши мIара.

ХIусамнанна томана, цкъа-шозза деккъа жижиг а кхаьллина, цхьа-ши Iайг чорпа тIе а мелла, шуьнара дIахилира Къосам. Цуьнца йахь а лаьцна, ша меца воллушехь, Берса а сецира, тIаьхьа ДанчIица паргIат йаа дагахь.

– Вайша хIусамненан кхача а бии, Барзоев, – элира Курумовс, куьйгех хьаькхна гата Берсега а кховдош. – Суна хетарехь, истори а, политика а йийцаре йан ца кхайкхина ахь со кхуза. Схьадийцал хьайн гIуллакх.

– Бакъду и, Къосам. Къийсамаш буьтур вайша. Уьш дерриг замано къастор. Хьоьга дехар ду сан.

Берсас дIадийцира Гати-Юьртахь хилла зулам. Амма цо лачкъийра Васал има диллина оьрси хилар.

– Лаьцначу шиннах куьг бехке воцу Васал маьрша ваккхийтахьара аьлла, хьоьга дехаре ваийтина со гатийуьртахоша.

– И тайпа гIуллакхаш сан функцешна йукъа ца догIу, Барзоев, – аьттехьа а ца дитира Курумовс. – Цигахь округан начальник, пурстоп, къанойн суд а йу. Цара диннарг хир ду цунах. ТIехула тIе, суна хетарехь, ахь вуьйцу Васал бевддачу салтех волчух тера а ду. Хууш ма-хиллара, Iедало схьа а лоьхуш, луьра таIзарш до ишттачарна.

– Цундела ма гIерта уьш и гIуллакх суьде а ца долуьйтуш дерзо. Хьуна лиъча, хьан дерзо ницкъ болуш гIуллакх ду иза. Хьан гергарло ду, элаца Тумановца-м хьовха, Лорис-Меликовца а. Ахь полковнике Головаченке цхьа дош аьлча, цо, къамел доцуш, дIахоьцур вара иза. Гатийуьртахоша чIогIа доьху хьоьга. Цара шайн тайпанна тIелаьцна стаг ву Васал.

Цкъа ойла хилира Берсин, хьан дай а ма бу, мацах иштта шелахошна тIебаьхкина, цара дола а дина, хаза нах а бина, дIахIиттийна, ала. Йуха а, цунна дагах Iотталахь а аьлла, сецира.

– Дика хьал дац цуьнан доьзалехь, Къосам, – элира Берсас. – ЦIа дуьззина кегий бераш. Цомгаш зуда а йу, тахана йаларан а тешам боцуш. ТIера ваьккхина, да бехк-гуьнахь доцуш Сибрех хьажийча, хIаллакьхир бу-кх и миска доьзал.

Шен сирачу мекхех куьг а хьоькхуш, Курумов вехха Iийра жоп ца луш.

«Кхолламо ца лелош хIун дуьсу, – ойла йора цо. – Хьанна хаьа, цхьа хьовр-зIовр хилахь, хIокхуьнан разбойникийн кара со йа суна везарг нислой а. Ас дина гIуллакх эрна довр дац. ТIехула тIе, да а ву кхуьнан вехаш стаг. Нагахь нийсачу новкъа валахь, ша а ву хьаькамаллехь гена гIур волуш. ХIан-хIа, хIокхунна дина гIуллакх эрна довр дац».

– Дика ду, Барзоев, – элира цо эххар а. – Хьан деца Рохьмадца долчу гергарлонан дуьхьа и гIуллакх дерзо хьожур ву со. Шуьшинна йуккъехь машар бар а дехнера соьга Рохьмада. Иза тIаккхахула дуьйцур вайша. Ас кханнахье Головаченке дIакхетор ду хьан дехар.

– Баркалла хьуна, Къосам. Тховса ахь суна бина йуьхькIам хьуна диканца йухаберзо аьтто хуьлда-кх сан.

– ХIорш-м кIезиг хIуманаш дара, – куьг ластийра Курумовс.

ХIара шиъ араваьлча, ДанчIа тIевеара.

– ДанчIа, – меллаша вистхилира Курумов. – Кхуза ван декхар дацара сан. Со Iедалан гIуллакхехь стаг ма ву. Сайна кхеравелла Iийна ца алийта, веара. Хьайна хуур ду-кх хьуна.

– Кхета со, Къосам. Хьо кхуза вар къайлехь дуьсур ду.

ТIаккха Берсина тIевирзира Къосам.

– Вайша дIасакъастале, йуха а цхьаъ ала лаьара суна, Берса, – элира цо, Берсин пхьарс а лоцуш. – Хьо къона ву хIинца а. ЦIий ду хьан сиха. Тешалахь сох, хьуначул а тIех лаьа суна вайн халкъ ирсе хуьлийла. Амма тIаьхьайисинчу Турцина суждане оьхучу вайн динан дайша лурий-те халкъана и ирс? ХIан-хIа. Лур дац. Эз-эзар шарахь ладегIарх. Вайн кхоллам цивилизованни пачхьалкхашца йа, вуьшта аьлча, Россица бу, Берса. Массо a aгIop кхиъначу вайна гергарчу лулахочуьнца.

– Россица бу, амма хIинца цигахь долчу Iедалций, порядкашций бац. Йуха а боху ас, со Россина дуьхьал вац. Йа вайн халкъ цунах къасто а ца гIерта.

– Цхьана дийнахь нислур дац дерриг а, жима стаг, – цуьнан пхьарс Iаьвдира Курумовс. – Вайн бодане халкъ нисдан, кхето, кхио а хан йеза. Шемалан заманахь дарий ткъа иза ирсе? Йа хиларе догдохуьйла а йарий? Йацара, Берса. Хьуна хьайна а ма хаьа иза. Суначул а дика. Шемала а, цуьнан Iедалчаша а къинхетамза хьоьшура халкъан уггар сийлахьниг. Йуккъерчу бIешерийн кепашца таладора халкъ. Ша шайх, эвлайаъ ву бохучу Шемала шена хьал IаIийнера. Важа цуьнан компаньонаш а ца буьсура тIаьхьа. Имамна уллохь виллина дIа чалтач лаьттара. ЦIеша йуьзна, гIaлакх санна, йоккха шаьлта а карахь. ХIор а йуьртарчу кертийн хьокхаш тIехь адамийн кортош доцуш де ца хуьлура. Уьш дерриш а хIумма а доцурш ду, цо халкъан культурина динчу зуламе хьаьжча. Шемала оцу ткъа шарахь дихкира халкъан иллеш, эшарш, пондарш а. Даррехь варварство йара иза! Ахь барта хIуъу дийцахь а, дагахь хьо а теша Россис вайна серло, машар, синтем а лург хиларх.

И ца хууш ма вацара Берса. Дукха хан йара хуу.

– И дерриг Россис лур ду вайна, амма паччахьан Iедало лур дац. И Iедал жимма а адамалле ца хилча, машар а, синтем а хир ма бац йа кхузахь а, йа Россехь а. Ахь ма-аллара, халкъийн барт бан ца гIерта Iедал. Мелхо а, царна йукъа зайлаш детта, цабезам, цатешам буллу. Цуьнан харц, зуламе политика ма йу вайнаханий, гIалгIазкхашний йуккъе мостагIалла доьллинарг!

 

– Хаьа суна, вайнахана хIокху керлачу порядкашца машар бан ца лаьий. ХIетте а, халкъ доккхаде ша Шемалан, цуьнан наибийн Iазапах маьршадаларх. Ведана дIалаьцча, цига вогIучу элаца Барятинскийца вара со. Грознера дIа Ведана кхаччалц йолчу йарташкарчу бахархоша иза тIеоьцуш хьайна гинехь, кхечу aгIop хир йара хьан ойла. Элан, цуьнан свитин, хIокху Iедалан а селханлерчу оцу луьрачу мостагIаша – зударша, бераша, къеначара а – маршаллин маьхьарий деттара. Царна йицйеллера Шемалан дехачу олалло шайга хIоттийна къоьлла, мацалла. Иштта ду гIуллакхаш, Берса. Марша Iойла хьо.

– Ас эвла йуккъе кхаччалц новкъа воккху хьо…

– Ца оьшу. Вай цхьаьна ган лаац суна.

* * *

Полковник дIа а хьажийна, ДанчIа чувеача, цуьнца охьахиъна, вуззалц хIума а йиъна, эвлара дIавала сихвелира Берса.

– Берса, селхана Соьлжа-ГIала вахча, Рохьмад гира суна, – элира ДанчIас. – ЧIогIа хьо гape сатуьйсу цо.

Берса соцунгIа хилира неIарехь.

– Соьгара хIун оьшу цунна?

– Хьо гар. Мухха велахь а, иза хьан да, ткъа хьо цуьнан цхьаъ бен воцу кIант ву. И хаа деза хьуна. Кху деношкахь Шела вогIур ву иза. Цуьнца цхьаьнакхетахьа.

– И дуьйцуш, хан йойъур йац вайша, ДанчIа, – ДанчIин къамел хадийра Берсас. – Со лоьхуш, ган гIерташ къа ма хьега, ала. ХIан, марша Iойла, Хеда. Ган доьгIнехь, йуха а гур вайна…

2

Ураме ваьлла Берса, ах йуьхь дIахьулйеш коьртах башлакх а хьарчийна, шуьйрра сиха гIулч йоккхуш, Эвтарехьа дIаволавелира. Сема воьдучу цунна дукха генаваллале шена тIаьхьадогIуш когийн чехка тата хезира. Сихха йуьстаха а иккхина, йуьйцинчу керта уллорчу комарийн дитта тIе а таьIаш, дIахIоьттира Берса. Беттан серлонехь цунна гира новкъахула дедда догIу жима адам. Дитте нисвелча, саца а сецна, дIасахьаьжира кIант.

– ХIапIупI! – зевне велавелира Болат. – Хьо дIалечкъина моьттуш хир ву хьо? Хьайн IиндагIе хьажал. Гой хьуна, иза некъана пурхаллашхьа дижина?

– Ахь хIун до, лачкъаза дисина шайтIа? – шен къайленгара схьавелира Берса.

– Хьуна тIаьхьавеана-кх!

– ХIунда?

– Хьо новкъа ваккха.

– Гена?

– Эвтара кхаччалц.

– Айххьа биний ахь и сацам?

– ХIун башхо йу? Цхьаьний воьдуш некъ а бацлур.

– ХIара ду хаза! Эвтара кхаьчча, хIун дан ойла йу хьан? ЙухавогIур ву?

– Вац, дера-кх. Буьйсанна йуккъехь цIа гIерта Iовдал-x ваций со.

– ТIаккха?

– Тхайн деца йолчохь Iийр ву-кх.

– Ой, наб йойъуш, гена некъ ца бича, хьо хьан ца вуьту?

– Бераша а дуьйцур дац-кх, ваши, ахь дуьйцург. Цхьа а новкъа а воцуш, хьоьца хьайцца Iархьама вогIу-кх.

– Дега хаьттиний ахь?

– Хаьттина, дера-кх.

– ХIета, тарлур ду.

Гомий, гаттийчу урамашкахула вахана и шиъ эвла йистерчу цIенойн кетIахь сецира. Болат урамехь а витина, керта вахана Берса говр йалош схьавеара дукха хан йалале. Хьалхий-тIехьай говра а хиъна, цхьана боьрахула чу а воьссина, Бассах дехьа а ваьлла, хьуьн чу вуьйлира и шиъ.

– Ваши, хьой, Къосаммий хIун дуьйцуш вара?

– Ахь хIун до цуьнан хиъна?

– Иштта… хаархьама. Мацца а цкъа суна оьшур ма ду иза.

– Хьуна хаа ца оьшу баккхийчара лелориг. Мотт беха бу хьан. Багахь сацалур бац.

– Суний? – тIехьа ша волччохь кхоссавелира Болат.

– ХIаъа ткъа.

Болат дIатийра.

– Мара хIунда лоькху ахь?

– Дика дац, ваши, жиманиг сийсазвар.

– Дага-м, дера, ца деана!

– Ахь… йоI эли суна…

– Асий?

– Ахьий.

– ХIан, хIинца аьшпаш ботта а воьлла!

– Йуха а сийсазво!

– Ас мел аьлла дош харцахьа хIунда доккху ахь?

– Дешнаш а хуьлу башх-башха. Амма ас хьуна бехк ца буьллу. Хьо гIазкхашна йуккъехь ма кхиъна. Вайнехан гIиллакхаш ца хаьа хьуна.

– Масала?

– Сан мотт беха бу, эли ахь. Мотт беха хьенан хуьлу? Зудаберийн. Аьшпаш буттург а со хили. Вайн устазора, ваши, хьо ненан ваша вацахьара, ас хье йуккъе тапча тухур ма йара хьуна!

Берса гIадвахана велавелира.

– Хьоьца-м забар йан а ваьхьар вац, Болат. Ахь-м баккъал а виэн там бу!

– Ахь и тайпа забарш йахь, сайга сатохалур ду ала хаац суна.

– Вайн веччу ма хила хьо тайпа йишин кIант!

Болата дегабаам бира. Берсин букъа тIехьа мара сийсабора цо. Амма иза гена ца дахара.

– Ца дуьйцу ахь? – хаьттира цо хьасталуш.

– ХIун?

– Шаьшшиннан къамел. Цхьадерг-м хезира суна, амма дика ца кхийтира.

– ТIаьхь-тIаьхьа доьхначу долуш доллу xIapa. Хьайна лаахь, сан кIесаркIаг чу тапча а тухур ахь, Болат, амма бакъдерг ца аьлча Iелур вац со. Наха дуьйцучуьнга къайлаха ладоьгIу боьрша стаг зудчул а оьшу хьуна!

– МостагIчун къамеле къайлаха ладогIарх иэхь дац, ваши.

– Дац, нагахь и мостагI хьан хьаша а, хьан хIусамехь а вацахь-м. Хьан дех а, хьох а тешна, Къосам шун хIусаме веана. Ткъа хьо, цо хIун до хьоьжуш, къайлаха толлуш лелла!

– Полконак Къосам сан ден а, сан халкъан а мостагI ву, ваши!

– Полконак Къосам хьан хьаша вара, хьан нанас хьакхийна кхача биъна цо, Болат.

– МостагI Iехор къилахь дац, ваши.

– Ас ца боху хьоьга, иза хьан хIусаме воьссина хьаша вара? TIe, Къосам шен халкъан мостагI а вац. Хьан йуьртан махка тIера дIаваллалц, хьан мостагI вац иза. Хьуна ца хаьа-кх вайнехан гIиллакх. Декъаза ДанчIа! Цхьаъ бен кIант а вац, иза а йамартхо кхуьуш ву.

– Бехке ву со, ваши…

– Бехке хилла а ца Iа. Иэхь дина ахь хьайн дена а, нанна а, тайпанна а. Къонах даим догцIена хила веза доттагIашца а, мостагIашца а. Йамарт хилахь, доттагIий хир бац хьан, мостагIий а кхаьрдар бу хьох.

Йекхначу стигалахь меллаша нека дечу батто серладаьккхира Iалам. Кхушиннан некъ хадош, наггахь чекхъоьккхура цхьогал йа пхьагал. Ша Берсица къамел дахь а, Болата сема ладоьгIура хьуьнан дахаре.

– Хьо гIазкхашна луьйш, Къосама цаьргахьа гIo дохуш санна хийтира-кх суна.

Ша къамеле ца ваьлча, и кIант соцур воцийла хаьара Берсина. Цунна ара ма-ваьллера иза.

– Хьуна ма-хетта дац иза. Сан а, Къосаман а оьрсий тайп-тайпана бу. ХIорамма а шен-шенчаьргахьа гIо дохура.

– Бекъна ашшимма уьш? Со-м ца кхета ахь дуьйцучух.

– Кхета хала ду хьуна. Ахь дешахь, кхетар ву.

– КIез-мезиг Къуръан деша-м хаьа суна.

– Ас оьрсийн школа хьехайо.

– ХIета, оцу школах лаций дийцахьа. Тохара а дийца долийнначохь висира вайша.

– ХIаъ, дагадогIу суна. Школашкахь вайнах шайн халкъ ца деза Iамабо, элира ахь.

– Нийса ду иза-м.

– Иштта хIунда моьтту хьуна?

– Сайна го дела.

– Масала?

– Къосаме, Орцега а хьажал.

– Ас а дешна оьрсийн школехь.

– Хьо вац ас вуьйцург.

– Со хIун башха ву?

– Сан ненан ваша йамартхо хуьлийла дац.

Цкъацкъа воккхачо санна ойла йора кIанта. Цуьнан цIеначу даго сиха дIахудура баккхийчаьргара хезнарг, гинарг. Бакъ дара цхьаболу нохчийн эпсарш йуьххьехь дуьйна шайн халкъан цIий Iено паччахьан Iедална гIo деш хилар. Оьрсех а, оцу эпсарех а шен ойла кхоллайеллера кIентан.

– ХIинца ас хьайга дуьйцу долчуьнга ларрий ладогIалахь, Болат, – элира Берсас, забарш а йитина. – Кестта воккха хир ву хьо. ТIаккха хьох вайн халкъан маршонехьа къийсаман бIаьхо хир ву, моьтту суна. Даймахкал, шен халкъал сийлахь хIума дац стагана. Цуьнан сий лардарал, цуьнан маршо ларйарал лакхара а, сийлахь а декхар дац стеган. Амма и декхар кхочушдалур дац шен даймехкан, шен халкъан доттагI а, мостагI а мила ву ца хуучуьнга. Маршонехьа къуьйсу стаг бIаьрзе хила ца веза. Вайнахана моьтту, и берриг оьрсий гаурш, шайн мостагIий бу. Цунах йоллу вайн йерриг дакъазалла. Иштта ойла аьттехьа а йита ца йеза. Вуон халкъаш дац дуьненахь, Болат. Амма вуон, зуламе Iедалш, адамаш ду. Цара тилийна, зуламечу новкъа дуьгу халкъаш а. Муьлш бу и оьрсий? Вай санна, машаре, къинхетаме, тешаме адамаш ду уьш. Амма, йа оьрсий а, йа кхин халкъаш а шайн лаамехь дац. Iедало шен буйнахь латтадо уьш. Суна гина, Болат, оьрсийн муьжгичун дахар. Вайчул тоьлуш дац хIумма а. Цигахь а йу харцо, къоьлла а. Помещикан кога кIелахь ву муьжги.

– И помештиг мила ву?

– Муха эр дара иза? ХIара вайн КъосамгIар санна, хьалдолу нах бу-кх уьш. Вайниш хIинцца дуьнен чу бевлла, цергаш йовлаза бу. Ткъа оьрсийн помещикаш болу масех бIе шо ду. Россера дерриг латта а церан долахь ду. Дай белча, берашка долу иза муьжгашца цхьаьна.

– Муьжгех а хIун до цара?

– Бацабо-кх, неI хьеллац. Бацийна а ца буьту. Къинхетамза йетта, бухку, оьцу. Сибрех хьийсабо.

– И дерриг ловш Iа уьш?

– ХIан-хIа, ца Iа, Болат. Даим дIа паччахьна, помещикашна дуьхьал гIуьтту. Герз карахь. Амма толац. Эххар а, ши-кхо шо хьалха жимма маршо йелла муьжгашна. ХIинца царах йохк-иэцар йан а, царна йетта а бакъо йац помещикийн. Амма маьрша бац уьш хIинца а. Латта ма дац муьжгийн долахь. Иза помещикийн долахь дитина. ХIинца а цунна букъ сеттош лела муьжгий. Паччахьо тIаме лоьхку уьш. Шена а, помещикашна а керла мехкаш дIалеца. Цигара халкъаш лолле дерзо. Муьжгий хIаллакьхуьлу, ткъа паччахьан а, помещикийн а хьал диэба.

– Уьш хIунда боьлху церан дуьхьа тIом бан?

– Ма гIол. Набахте кхуьйсур бу, Сибрех бохуьйтур бу. Иза-м хIун дара, дуьхьало йинчунна тоьпаш туху, ирхъухку.

– Ой, оццул дукха бу и помештигаш?

– Бац. Амма Iедал, эскар, набахтеш, закон – и дерриг а церан карахь ду.

Болат вист ца хуьлуш вехха Iийра. Схьахетарехь, Берсас дийцинчун кIорггера ойла йора цо.

– Паччахьан эскарехь берш берриг муьжгий бу, ца элира ахь, ваши?

– Элира.

– Шайн дайшна, вежаршна тоьпаш хIунда йетта цара?

– ХIан-хIа, шайчарна ца йетта. Иза кхечара до. Вовшийн ца бевзачу, гена дIабуьгу. Росси йоккха ма йу. Дикачу динахь некъ бича а, шарахь цхьана маьIIера вукху маьIIе а ца кхачалуш. Цхьанхьарниш кхечарна дуьхьалбохуш, вовшийн хьоьшуьйту. Iедалан коьртехь дерш мел къиза, хIиллане, стешха адамаш ду. Адамашна, халкъашна йуккъе дIовш туьйсу цара. Цхьа нохчий хилла ма ца Iа Iазапехь, шайн маршонехьа къуьйсуш. Россехь маситта къам ду. Вай санна, Iазапехь. Вай санна, маршонехьа къуьйсуш. Амма паччахьаша, хьоладайша уьш буйнахь латтадо. Муха, боху ахь? Царна йукъа дIовш туьйсуш, цабезам, цатешам буллуш. Церан вовшашца барт ца хуьлуьйтуш. Уьш цхьацца хьоьшуш. Халкъаш цхьаьнакхетча, церан цхьабарт хилча, паччахьаш, хьоладай отур ма бу. Амма мацца а цкъа и барт хир бу халкъийн. ТIаккха цара лоьхкур бу шайна тIехь Iазапдаллорхой. Ткъа эпсарш а бац цхьатера. Уьш дуккха а бу паччахьан. Цхьаболчарна ца лаьара вайна дуьхьал лиэта. Масала, инарлина Раевскийна.

– Иштта инарла вуьйцу ца хезна суна, – элира Болата, ойла а йина. – Ярмол, Баклан, Сипсо, Рангел, Микало – уьш буьйцу хезна. Ахь цIейаьккхинарг ца вевза.

– Раевский хьалдолуш стаг вара, Болат. Цкъа цхьакIеззиг эпсарийн барт хиллера паччахь дIаваккха. Царна йуккъехь и Раевский а вара.

– Ваьккхирий?

– ХIан-хIа. Тхьамданаш ирхъоьхкира. Бисинарш Сибрех а, Кавказе а хьовсийра. Вайн махка кхечира Раевский а. Кхуза кхаьчначарна гира вай муха лета а, стенан дуьхьа лета а. Царна къахетара ламанхойх. ХIетте а, тIом бира. Нуьцкъаха лоьтуьйтура. Ткъа инарло Раевскийс дуьхьало йира вайца тIом бан. Паччахье кехат йаздира, хIокху ламанхоша бийриг бакъонца тIом бу, шайн даймохк, маршо, шайн доьзалш ларбеш. Кхузахь вай харцо лелайо, шена лаац xIoкxy харцонийн, къизаллийн декъашхо хила аьлла.

– ОххIай, ма дика инарла хилла-кх иза! ТIаккха, цIа вахара иза?

– ХIаъ. Ламанхошца тIом бан ца беза, царна школаш йахка йеза, уьш мах лело, бахамаш кхио, шайн махкарчу хьолах пайдаэца Iамо беза, цаьрца хаза дийца деза, бохура цо.

– Паччахьо ла ца дуьйгIира цуьнга?

– Йа цуьнга а, йа кхечуьнга а! Хьуна хаахьара, Болат, вайнахана дуьненан Iилма мел чIогIа оьшу! Вайна, хьуьжаршкахь дешарх, дуьненан Iилма ма ца Iема. ГIаланаш йан, латта лело, цомгашчарна дарба лело, доцца аьлча, стагана хаза а, дика а ваха ца Iамадо. Уьш а, кхин а оьрсийн школехь хьоьху. Оьрсийн инарлаша Услара а, Бартоломейс а вайнехан эпсаран Къедин а, молла ЯнгIулбин а гIоьнца нохчийн маттахь жайна динера. Оьрсийн элпашца. Ши шо хьалха цара Соьлжа-ГIалахь нохчийн маттахь бераш Iамо школа йиллира.

– Вайнехан бераш дуй цигахь доьшуш?

– ХIан-хIа. Цигахь цхьа а вац доьшуш. Ши кIира даьлча, дIачIегIира.

– ДIачIегIира? Хьан?

– Iедало. Паччахьна а, цуьнан хьаькамашна а лаац муьжгийн а, кхечу къаьмнийн а бераша доьшийла. Стаг бодане хилча, Iехо атта ма хуьлу. Iилма ца хуу стаг хьайба ма ду.

– БуритIахь вайнехан берашна йиллина ишкол йуй хIинца а?

– Иза-м йу.

– Со а, Соип а цига деша ваха воллу.

– Шуьшиъ дIаоьцур вац.

– ХIунда? Тхойша нахал оьшу?

– И дац иза. Цигахь деша ахча ма деза. Цундела, хьолахойн берийн бен ницкъ бац цигахь деша. ДанчIин ахча дуй дуккха а? Дац? ХIета, хьан цIахь Iан деза. Цул сов, хьан да Iедална муьтIахь воций а хаьа. Цига деша воьдучун да-нана Iедална тешаме хила а ма деза.

 

Болата доккха садаьккхира.

– Гой хьуна, ваши, ас боххучу тIевеа хьо. ХIинцца вара хьо кхин дуьйцуш.

– Ас хIун дийцира?

– Оьрсийн ишколехь дешнарш вайн халкъан йамартхой бац, ца элира ахь?

– Ас-м хIинца а боху. Цхьана ден-ненан бераш а ца хуьлу цхьатера. Цхьана куьйган пIелгаш а дац цхьатера, олуш ца хезна хьуна? Цхьаццаверг, шен гIуллакх нисделчхьана, да-нана а духкур долуш хуьлу. Ишттаниг оьшу Iедална. Ишттачу нехан гIоьнца халкъашна тIехь урхалла латтадо цо. Кхиверг нисло даймехкан, халкъан дуьхьа шен са дIадала кийча. Ишттачунна а Iилмано гIo до дахарехь шен халкъан маршонехьа къийсамехь нийса некъ къасто, оцу къийсаман бакъволу бIаьхо хила.

Некъ беттасино серладаьккхинчу ирзуна тIекхаьчча, жимма садаIа сецира и шиъ. Говр йажа дIахийцира. КIедо буц йолу меттиг а лехна, верта а даржийна, ул-улло охьахиира.

– Со бакъвеш, кхин цхьаъ а дуьйцур дара ас хьуна, Болат. Стаг догцIена, оьзда велахь, оцу шен оьздангаллех вохац иза, мел йаккхий халонаш тIенисйаларх. Доьналла а, оьздангалла а йоцу стаг ву кхералург, вухург, йамартло, тешнабехк бийриг. Шайх Мансуран заманахь Алда йоккхуш, лаьцна ши кIант йийсаре Россе вигнера салташа. Цаьршиннах цхьаъ вайша вийцинчу инарлин Раевскийн доьзале нисвелира. Иза, шайн кIант санна, везаш, хьомсара кхиийра цара. Воккха хилча, эпсарийн школехь дешийтира. Цхьана паччахьан эскарш тIамца Россе даьхкича, царна дуьхьал тIамехь йоккха майралла а, даккхий хьуьнарш а гайтарна, сихха инарла вира цунах. ХIинца оьрсийн эскарехь сий деш, лоруш турпал ву иза.

– Цуьнан цIе хIун йу?

– Цуьнан бакъ цIе хаац цхьанне а. Оьрсаша Нохчийн Александр аьлла цIе тиллина цунна. Ша велла дIаваллалц цхьана минотана а ца бицбира цо шен даймохк а, ша вина йурт Алда а. Кхин а ишттаниг хилира Бийболатан заманахь, ахь вуьйцучу Ярмол-инарлас Дади-Юрт йоккхуш. Йелла Iуьллучу нанна уллохь жима кIант карийра салташна. Цхьана салтичо, къа а хетта, шеца дIавигна кIант. Цо ги а воьллина лелош кIант гича, Ярмолан шичас шена дIавигира иза. Цкъа Типлисе вигира, цигара дIа – Россе. И кIант кхиира оьрсичун доьзалехь. Воккха хилча, цунах Россехь гIараваьлла художник хилира.

– И бохург хIун ду?

– Суьрташ дохкург. Цо Iаламат говза адамийн суьрташ дохкура. Стагана тIе а хьожуш. Иштта цо а сатийсира шен даймахке.

– ХIинца вац иза?

– Вац, Болат. Сан хенара волуш велла.

– Цомгаш хилла хир ву-кх иза?

– Пехийн цамгарх велла, боху. Амма со шек ву оцу цамгарх и велла бохучух. Цунна кхеттарг даймахке сатийсаман цамгар хилла аьлла, хета. Инзаре хала цамгар йу иза, Болат. Суна хаьа цуьнан хьал. Со а лелла даймахках къаьстина, цуьнга сатуьйсуш. Гена мел вели, хан мел йели, алcамбуьйлу цуьнга безам а, сатийсам а. И шиъ цамгаре боьрзу. Цхьа шатайпа цIе йоцчу цамгаре. Дог а, хье а кIез-кIезиг бакъало. Ас уьш хIунда дуьйцу, хаьий хьуна? Хьуна адамаш тайп-тайпана дуйла хаийта. Iеламчаш, эпсарш, хьоладай. Гой хьуна, Раевский воккха хьолахо а, инарла а вара. ХIетте а цо дуьхьало йира ламанхошца тIом бан. Шина вешех схьабевлла шичой бара ЕрмоловгIар. Ший а – инарла а, хьолахо а. Цхьаммо инзаре йоккхачу къизаллица вайн йарташ хIаллакйира, шолгIачо, нохчийн жима кIант кхаьбна, цунах сийлахь-воккха художник вира. Дуккха а оьрсийн назманчаша, вайх къахеташ, вайн турпала къийсам хестош, вайца тIом бен Iедал сийсаздеш, иллеш йаздо. Уьш а бу хьолахой, эпсарш а. ХIинца хаьий хьуна, Болат, цхьа а халкъ вуон ду ала мегар доцийла? Цхьа стаг, бIе, эзар стаг вуон ву, зуламхо ву, оьзда вац ала мега. Амма халкъ бехдан, бехке дан, цунна тIехь кхиэл йан а бакъо йац цхьаннен а. Вало, говр схьайалайе. ДIавоьду вайша.

КIант тIехьа а хиъна, меллашчу боларехь новкъавелира и шиъ.

– ШолгIачу кIентан цIе хIун йара? – хаьттира Болата, шаьшшиъ гено ваьлча.

– Художник хиллачунний?

– ХIаъ.

– Цуьнан бакъ цIе а хаац цхьанне а. Захаров Петр олура цунах. Иза схьаэцначу салтичо шен ден цIе тиллинера цунна. Амма, ша нохчо вуйла, шен даг чохь даймахке а, нохчийн халкъе а безам ларбеллийла хаийта, ша мел диллинчу суьртана буха «Нохчех схьаваьлла Петр Захаров» олий, куьг йаздора цо. Ша верг иштта хьекъале, тешаме, оьзда а хуьлу-кх, Болат, цо оьрсийн школехь дешарх. Захаров Петран цIе йехар йу, вайн халкъ мел деха. TIe, вайн халкъо хастам кхайкхор бу и кIант йийсаре ваханчу денна а, вигначу салтичунна а, шена иза кхиийнчу инарлина а. Тамашийна хIума ду хьуна иза, Болат. Паччахьна, хьолахошна вайнах хьекъал, кхетам боцуш, цхьа акха адамаш ма хета. Царна моьттург бакъдоцийла хаийта санна, кхолламо жима волуш Россе кхоьссинчу оцу шина кIантах цхьаннах – гIараваьлла инарла, шолгIачух дуьнен чохь а цIейахана художник хилла. Хьанна хаьа, хьоьга а, хьан доттагIчуьнга Соипе а оьрсийн школехь дешийтича, шуьшиннах а хила мегара вайн халкъан дуьнен чохь а сийлахь цIе йоккхуьйтуш ши стаг.

– Суна воккха инарла хила луур дара. Даккхий эскарш тIаме дига.

– ХIунда?

– ХIунда бохург, хIун ду?! ХIокху Нохчийчуьра КъосамгIар, ОрцагIар, БотагIар, цаьрца цхьаьна оьрсийн инарлаш, хьаькамаш, церан хьадалчаш а дIалахка.

– Вуон ойла йац хьайниг. Кхин ду цхьаъ, Болат. Суна хетарехь, и хьолахой, хьаькамаш а инарлаша лохкур бац кхузара дIа, ткъа хьан да ДанчIа санначу магIарчу ламанхоша лохкур бу. Уьш Нохчийчуьра дIалахкарх а ма ца тоьу, Болат. Кхузара дIабаьхча, кхечахьа цхьаьна а кхетта, йухабогIур бу уьш. Массанхьа а хIаллакбан беза, xIy дойъуш. Россехь, Гуьржех, массанхьа а. Амма иза дан ницкъ кхочур бац цхьана нохчийн. Дерриг халкъаша цхьабарт бина, цхьаьна а кхетта, массанхьа а паччахьан Iедал хIаллак ца дича, довр дац церан xIy.

– Дависа, хIетталц вехар вац-те со!

– Дала мукъалахь. Иза хир ду, мацца хилла а. И хирг хиларх теша Россера а, дуьненан кхечу мехкашкара а хьекъале нах. Гор, Болат, йаI! Дуьнен чохь хуьлуш дерг хаахьара нохчашна! ТIаккха уьш кхетар бара шаьш хIинццалц бина къийсаман некъ нийса цахиларх, иза хийца безарх! Амма цунах кхетац йа вайнах а, йа кхидолу халкъаш а. Шен маршонехьа къийса, маршо йаккха, йаьккхича, ларйан Iилма, серло ма оьшу адамашна. Ткъа уьш тахана бодане, бIаьрзе ду, Болат.

Шиммо а гIайгIане доккха садаьккхира. Болата хеттарш совцийра. Схьахетарехь, шена хаа луург хиънера цунна. ХIинца, мел лаххара а, цхьана шарахь шен нийсархошна хьеха а, дийца а хIума дара цунна.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru