bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

3

Болат луьйчура сецча, Къосамца шен хиллачу къамелна тIе йухавирзира Берса а.

Цхьацца хаттаршна тIехь бакъ вара Курумов. Россис кхуза серло йохьийла-м Берсина дика ма хаьара. Амма, муха йохьу – оцу тIехь йара коьрта галморзахаллаш. Цул сов, Курумовна лаьара и серло шен классана пайденна хуьлийла, ткъа Берсина – и кхетам, серло цуьнан классана дуьхьалйаккха.

Шемалах лаьцна цо аьллачунна а дерригенна реза вацара Берса. Къиза-м, дера, вара Шемал. Тап ша малхбален деспот. Амма кхин цхьаъ хаьа Берсина. Исторехь дукха меттигаш хилла, халкъийн уггар хьекъале, кхетаме, адамалле баьччанаш даймехкан, халкъан дозушцахиларан дуьхьа, цуьнан хинболчу кхолламан дуьхьа цуьнан мостагIашца, йамартхошца къиза хуьлуш. Шайна ца луъушехь. Дегнаш а къуьйлуш. Изза дира французийн революцин тхьамданаша а. Иштта хила дезар ду тIейогIучу хенахь а.

Шемалан байракх кIел хIиттинчу халкъаша латтийнарг шайн маршонехьа бакъонца, сийлахь къийсам бара. Оцу къийсамехь йоккха турпалалла а гайтира цара.

Тайп-тайпана меттанаш, амалш, гIиллакхаш долу маситта ламанан халкъ, цхьа буй беш цхьаьна а тоьхна, цхьа а тайпа экономически бух, герз дан промышленность йоцуш, арахьара хуьлуш цхьа а тайпа орца, гIo доцуш, дуьненахь уггар йоккхачу, уггар нуьцкъалчу империна дуьхьал ткъе пxea шарахь турпала а, толаме а къийсам латтийначу Шемале боккха лерам бара Берсин. Оцу хьекъалечу, майрачу ламанан кIентан цIе Наполеонан цIарна улло а йуьллура Берсас.

Амма цхьаъ дара Берсина новкъа. Берсина хаьара къаьмнийн маршонехьа боламийн дукхахболчу тхьамданаша къийсамехь даим а, массанхьа а шайгара турпала хьуьнарш а, халкъан гIуллакхна тешамалла а гайтар. Халкъан гIуллакх иэшна де тIехIоьттича, цхьа а тайпа осалалла, кхерар доцуш, шайн кортош майрра эшафотна, гильотинина тIедехкира цара, тангIалкхашна кIел, йуьйлинчу тоьпашна хьалха хIиттира уьш. Хьекъале, майра а, доьналла долуш а шен заманан, шен халкъан кIант вара Шемал. Амма, халкъана тешамалла гайта деза тIаьххьара де тIехIоьттича, кхеравелла, корта а таIийна, мостагIчунна хьалха хIоьттира. Цул сов, хIинца ша йийсарехь волуш селханлерчу шен мостагIчун карара caгIa баркаллица схьаоьцу, ткъе пхеа шарахь шена тешаме хиллачу, ша лийринчу, шех сийлахь-воккха стаг винчу, шен дуьхьа дуккха а цIий Iенийначу, Iазап лайначу халкъашна тIехь олалла муха латто деза а хьоьху.

Шена иза мел дукхавезахь а, ша иза мел чIогIа лерахь а, амма и шалхо Шемална гечйан ницкъ бацара Берсин.

X корта. Max

Сутарчу куралло хьекъал кхолийначу стагана шена тIебогIу кхерам гац.

Эзоп

1

Инарла-майоран Муса Алхазович Кундуховн доларчу йуьртан а, мехкан а цIе Скут-Кох йу. «Хадийна рагI» йа «Хадийна куьг» бохург ду иза хIирийн маттахь. Ша цIейаханчу хIирийн элийн, тагиатийн, тайпанах хилла ца Iаш, ткъа оцу тайпанехь а тоьллачу цIийнах схьаваьллачу Кундухов Алхазан Мусин долахь йалхошца йоккха йурт а, тIулгах доьттина исс цIа а, дуккха а бахаман гIишлош а йара.

Йуьхьанца мохк кIезиг бара Кундуховн. Шен дех бисинарг. Цунах а, да веллачул тIаьхьа бахам боькъуш, ах гергга Мусел воккхачу вешина Афакона кхаьчнера. Бакъду, дуьнен чу волучу хенахь ирсе кхаж баьллачу Мусин дахар тоделира. Iаламо хьекъал деллачу а, хьалдолчу ден доьзалехь кхиъначу а цуьнан аьтто хилира Россехь деша. Оцу заманахь Кавказан къаьмнех схьабевллачу кегийраша, къаьсттина ламанхоша, дахарехь тIеман некъ бен ца къастабора. Цундела Муса а вахара тIеман школе деша.

Дуккха а эпсарш шех хьоьгуш, куьцехьчу дегIахь а, хьекъале а, тIех майра а волчу Мусин аьтто хилира оцу новкъахь баккхий кхиамаш баха. Къаьсттина атта дара и кхиамаш баха иза виначу Кавказехь. Кхузахь цунна мохк а, къаьмнаш а, церан амалш а дика йевзара. Массо хенахь а оьрсийн эскаран командованин воцуш цатерг вара Муса. Шо-шаре мел дели, тIекхетара чинаш, совгIаташ. Паччахьо, дуьххьалдIа чинаш, орденаш йелла ца Iаш, шортта латта а лора шен инарлашна. Оцу совгIаташа Алхазан Мусин мохк ши эзар бархI бIе десятине баьккхинера.

Бакъду, оцу шен йуьрта а вирзина, чомахь ваха аьтто ца хуьлуш йаьккхира цо шен дахаран нийсса ах хан. Цо дакъалецира Шемалан заманан берриг а Кавказан тIамехь. Венгрин революци хьошуш а уггар жигарчех цхьаъ вара иза. ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа нохчий гуттар карзахбевллачу шерашкахь, Нохчийчоьнан округан начальник лаьттира иза. Ши-кхо шо дара, ХIирийн округан начальник хилла, шен цIахь хан токхуш иза волу.

Тахана, цкъа а ца хиллачу тайпанара, цкъацкъа воккхавеш, тIаккха гIайгIане вужуш, башха вара Алхазан Муса.

ХIан-хIа, Муса хIуманна а дарвелла вацара. Йа цхьана сингаттамо дуьне кхолийна а. ДуьххьалдIа и волчу хьошалгIа вогIуш Нохчийчуьра цуьнан шира хьаша Iуспин Сайдуллий, аьрстхойн Цугин Iелахий вара.

Церан хьошалла тасаделлера Алхазан Муса Нохчийн Округан начальник волчу шарахь. Цигара Муса цIа вирзинчул тIаьхьа Iуспин Сайдулла масазза а хиллера иза волчохь хьошалгIахь, амма, тахана санна, иза леррина тIеэца цкъа а ца кечвеллера Муса.

Йерриг шен орденаш оьхкина, цхьа наггахь йогIу меттиг хIоьттича бен духуш доцу кIайчу исхаран чоа а дуьйхина, тоьлла герзаш дихкина, Iаьржа верта а кхоьллина, уггар дикачу динахь, ваша йуххе а ваьккхина йуьртах ваьлла, хьешашна дуьхьалвоьдура иза.

Ша даьхьна гIуллакх кхиамца чекх а даьккхина, Константинополера Муса цIа вирзина цхьа кIира сов хан йара. Шена ма-ттов и чекхдериг хиларх цуьрриг шек вацара иза воьдуш дуьйна а. Алхазан Мусина Петербург а, Константинополь а цхьаъ йара. Шиннахьа а бара цуьнан герггара хьеший.

Цу тIе, хьалха дуьйна цига кхелхина, йаккхий хьаькамаллин меттигаш дIалецна дуккха а хIирий, Кавказан кхечу къаьмнех а нах болчу туркойн столицехь цунна аттахо дара гIуллакх дийца а, нисдан а. Бакъду, цо хIинца даьхьна гIуллакх, цунна ма-моьтту, атта ца хилира. Туркойн правительствона даггара лаьара Кавказан ламанхойх уггар карзахе, доккхачу къомах нохчийн пхи эзар доьзал шайн махка тIеэца. Амма дерриг дохийнера цигахь лаьттачу хьоло.

Кавказан тIеман чаккхе хьалххе дуьйна гуш хилла дукха феодалаш, таронаш йолу нах, Шемал йийсаре вахале а, ваханчул тIаьхьа а шайн лаамехь бевдда Турце кхелхира. Кисанахь шортта ахча а долуш баханчу церан гIуллакх цигахь дIанисделлера.

Амма кхин хьал хIоьттира дIадаханчу шарахь цига кхелхинчу нахе.

Парижски бартаца, Iаьржачу хIорда тIехь кеманаш хила бакъо йоцчу Россин Малхбузе Кавказ дIалоцуш тIеман базаш кубански гIалгIазкхий болчохь йахка дийзира. Графан Евдокимовн планаца, станицаш а, чIагIонийн линеш а йохкуш, шайн лаьмнашкахь баха таро цахирриг гатте хьовзийра цигара ламанхой.

БIарзбеллачу шапсугаший, абадзехаший, убыхаший 1861-чу шарахь императоре дIахаийтира шайна Россина муьтIахь хилла кIелсовца лаар. Амма цара хIитто барт ца безабеллачу паччахьан правительствос цаьрга сацамболлуш дIахьедира, цхьа а тайпа бакъо ца хьехош, кIелсовцар йа лаьмнашкара ара, гIалгIазкхашна йукъа, охьабовлар.

Кубански ламанхой де дийне мел дели дика кхетара тIетеIа паччахьан эскарш шайга совцалург цахиларх. Цаьргарчу хьолах кхеттачу Евдокимовс Россина муьтIахь хила цалуучарна Турце кхалха некъ битира. Иза мич-мичхьахула бацара. Шаьш лаьттахула бахийтича, ламанхой гIyp бацара. Цундела цо, уьш арахьарчу дуьненах хадорхьама, и некъ хIорда тIехула битира. ТIаккха ламанхошна хьалха хIоттийра: йа, цхьа а тайпа хабар доцуш, Россина муьтIахь хилий, шаьш доллучохь совца, йа охьакхалха. Ткъа цушинна резавоцург Турце дIагIо аьлла.

Ламанхой холчахIиттинчу оцу муьрах пайдаэца гIерташ, цаьрга Турцех дIакхойкхуш прокламацеш йаржош, Кубански ламанхошна йукъабаьржира туркойн эмиссараш. Уьш дукхахберш паччахьан правительствос иэцна балийна агенташ бара. Мацах цкъа украинцашний, гуьржашний хьалха санна, кхоъ некъ хIоьттира Кавказан ламанхошна хьалха: йа нийсабоцчу къийсамехь физически хIаллакьхилар, йа шайн динехь йоцчу Россина кIелсовцар, йа шайн динерчу Турцех дIакхетар, аьлча а, цига дIакхалхар. Генна хьалха дIа а хьаьвсина, Россин тIехиндерг ган а, цуьнца шайн тIаьхьенан хинйолу таронаш хаа а хьекъалан кIорге йоцу ламанхой оцу эладитанех Iехабелира.

Уггар хьалха дIакхалха буьйлабелира таронаш йолу нах. Даим а, ойла ца йеш, бIаьрзе царна тIаьхьахIуьттуш лела къехой хIинца а изза дан сихбелира. Бакъду, массо aгIop къиза тIетеIачу паччахьан эскарша хIинца ойла йан а ца кхиийтира уьш. Вуьшта а тIамо чIанабаьхна уьш, деккъа цхьа даьхний доцург, важа берриг шайн миска бахамаш дIа а туьйсуш, карахь ахча а, тIехь мегарг бедар а йоцуш, уьдуш, хIорда йисте дIагуллора. Ткъа цигахь кеманашка ладоьгIуш цара хьоьгу бала цабийцабаллал къиза бара. Деккъа цхьана 1863-чу шарахь хIордаца туркойн махка воьссира виъ бIе эзар гергга ламанхо.

Турце дIакхаьчна ламанхой хIаллакьхуьлура, мозий санна. Мангало буц санна, адам хьоькхуш, къиза йукъадаьржира тифан, морзгалийн ун. БIарзбинера уьш мацаллой, махкаллой.

Оцу хьола тIе нисвелира Алхазан Муса паччахьан правительствос тIедилларца нохчийн пхи эзар доьзал дIаэцаран хьокъехь туркойн Портица дийцарш дан ваханчу хенахь. Цигара хьал дика доцийла-м Мусина хьалххе дуьйна а хаьара. Цунах хаамаш Мусин шен карахь а бара, цул сов, цигара йухаоьхучу наха дуьйцурш дIасадаьржара лаьмнашкахь сиха. Бакъду, ахберзина, мацалла мажбелла, сагIадоьхуш дийна бисинарш а, дIадохказа цхьанхьа Iохку декъий а шен бIаьргашна Турцехь галлац, оцу ирчачу хьолан сурт цунна ма-дарра ца хIоьттинера.

Стамбулехь мел даккхий гергарлонаш шен хиллехь а, и сурт гича, Мусас догдиллира шен гIуллакх кхиамца чекхдериг хиларх. Амма дерригенна а тIехь цунна гIo дира хьалххе дуьйна Петербургера а, Тифлисера а хаам эцна Стамбулехь Iачу оьрсийн векало инарла-адъютанто Игнатовс. Шен правительствон цIарах Игнатовс тIелецира нохчийн пхи эзар доьзал кегийчу тобанашца, шайн даьхница, сал-палца лаьттахула могаш-маьрша, цхьаннахьа а цаьргара зиэн-зулам ца долуьйтуш, Турце дIабала. Эххар а туркойн правительствон арахьарчу гIуллакхийн министр Iела-Паша резахилира нохчийн пхи эзар доьзал тIеэца а, Саганлуг ломаний, Ван Iоманий йуккъе баха хао а.

 

Оцу тIехь барт хилла баьлча, шен гIуллакх дийцира Кундуховс. Тохара цкъа ша Лорис-Меликовга, нохчий Турце кхалхоран гIуллакх айъина Россин дуьхьа а, нохчех къахеташ а лела цо аьллехь а, иза цIенна харц дара. ДуьххьалдIа хьекъалечу коьртана гора Россехь хуьлуш лаьтта социальни хийцамаш а, цуьнан чаккхенехь хIутту дерг а, къаьсттина – шех хин дерг а. Кавказски тIом чекхбаьллера, Росси чIогIа когаш тIе хIоьттинера кхузахь. Хьалхалера сий хирий-те хIинца хIирийн алдарийн? ХIан-хIа, шайна оьшучуьра бевлча, паччахьан Iедало йуьстахтеттира гуьржийн дворянаш, абхазийн элий. Изза хиларна кхоьрура Кундухов шех а. Мел иза хьекъале, хьуьнаре инарла велахь а, кхидIа карьере догдохийла йацара цуьнан. Цул сов, Россехь крепостной ахархой мукъабаьхнера. ХIинца изза деш ду Закавказехь а. Кестта и закон Къилбаседа Кавказан лаьмнашка а даьржар ду. Долахь леш боцуш эла муха хуьлу? ТIехула тIе, ахархой ца хилча, ши эзар бархI бIе десятин лаьттах цо хIун дан деза? Хьанна хаьа, Iедало мукъабаьхначу ахархоша, тIехьа мийра а тоьхна, дIакхосса тарло. Иза хилла меттигаш дукха йу.

Цунах кхоьруш, шайн долара ахархой мукъабовлале, цаьрца хьалххе Турце кхелхинера Кубанерчу ламанхойн мехкадай. Амма Кундуховна иштта ведда ваха ца лаьара. Хьанна хаьа, цигахь ма-луъу ца нислахь, йухаверза ма деза. Цундела Россера дIавала везара, правительствона хьалха дикачу цIарла а хуьлуш, безачу мехах цунна шен латта, бахам а бухкуш.

Шен доларчу йуьртан ахархошца ваха а ца лаьара Кундуховна. Иза тIемало ву. Ткъа цуьнан ахархой, латталелорна бен, кхин пайденна бац. Турцехь царна лело латта хир дац Мусина, уьш тIаьхьа а хIиттийна Турце вахарх, цигахь карьера йалур йац цуьнга. Цул, Нохчийчуьра уггар паччахьан Iедал ца деза, бехачу тIамехь вахчавелла цхьа эзар нохчо а эцна, Турце кхелхича, цигахь цунна йиллина хир йу ирсан неIарш. Церан цхьана-шина полкаца иза гIapaвер ву цигахь. Хьанна хаьа, цуьнца цига вогIург-м масех эзарне кхача а мегий. Цхьа дивизи нохчийн дошлой! Уьш-м цо дуьненан муьлххачу а пачхьалкхан дийнна эскарх а хуьйцур бацара. Цаьрца дан цунна шортта гIулакхаш ду Балканехь а, Анатолехь а. Нагахь Турцис цхьаьнца тIом болабахь? ТIаккха цаьрца Месопотамехула, Аравехула, Египтехула чекхвер ву иза. Ткъа Россица-х тIом цкъа а хедаш бац. Росси бIаьрга ган ца йеза нохчий, оьрсийн тIеман говзалла а, Кавказ а йевза инарлий – иза кхиаме закъалт ду. Веза Дела, цуьнга шеца Шемалан гIарабевлла нохчийн наибаш – шелахойн ТIелхаг, курчалойн Ботукъа, гиххойн Сайдулла, бенойн Солтамурд, мичкахойн СоIда, веданхойн Эдал – бигабелча! ТIелхаг а, БойсагIар а дийна велхьара, Iумма а, Атаби а лацаза велхьара.

И ойланаш дукха йинера Мусас оцу тIаьххьарчу шарахь. Турцехь нохчий тIеэцаран гIуллакх а цо дIанисдинера. Цигахь цунна сацамболлуш дош деллера эскарехь лаххара а пашин чин дала. Цкъачунна и тоьур ду. Иза ламин хьалхара тIегIа ду, цигахь оцу тIера хьалаволалур ву Муса.

Амма уггар коьртаниг хьалха ду: нохчий цига дIакхалхор.

Нагахь Сайдулла а, Iелаха а тIетахь, цаьршингахула бисинарш тIеберзо ницкъ кхочур бу цуьнан.

Тахана къасто деза Мусас дагалаьцнарг кхочушхир ду йа дац. И ойланаш а йеш, шен доза доцуш шуьйрачу махке бIаьрг а бетташ, накъосташна иттех гIулч хьалха воьдура иза.

Ломан дукъа тIе хьалаваьлча, цунна гира дехьа басахула меллашчу боларахь чувуссу ши бере.

«ХIаъ, Сайдулла, вайшиннан некъ цхьаъ бу, – бохура Мусас, берешка а хьоьжуш. – ДIайахана, хьаргIачу дина а хиъна, хьайн майрачу дошлошца хьо тIаме хьийза хан. ДIайахана и зама, хьан маршо а, сий а эцна. Хьо шайгахьа валарна, хьан куьйга хьан халкъ дIатедан оьрсаша майоран чин делла хьуна. Амма вайша мел хьекъале, мел майра, мел хьуьнаре велахь а, царна гергахь, акха ши туземец бен, хIумма а вац вайша. Кхузахь кхин лакхаваларе догдохийла дIайаьлла. Хьуна уьш мел ца беза суна-м дика хаьара, амма цаьрга болу сан цабезам хьуна хаахьара!.. Вайшиннан ирс Турцехь ду. Бакъду, хьан махкахойн баккъашна тIехулий бен вайша цига ваха-м лур вац. ХIун дийр ду ткъа, цхьаннан бохам кхечуьнан ирсан лами ма бу. Хьайн ирачу туьрций, болатан дагций суна улло хьо хIоттахь, сайн хьекъалца ас хьо хьайна гIенах а ца гинчу дарже кхачор ву…»

2

Уггар хьалха цкъа делкъан ламазаш дарца Делан декхар дIа а делла, тIаккха токхечу шуьне хевшира хьеший.

Кавказан ламанхошна йуккъехь бIеннаш шерашкахь схьадогIу гIиллакх дохо ца лууш, уьш кхача биъна бовллалц хеттарш ца деш Iара хIусамда. ТIерачу дерстинчу дилхах цIанло даьIахкаш декъаза шуьна оьгура. БIаьрг тIехIотта ца кхиош лахлора жижиган, галнийн баьрзнаш. ХIинцале дассийнера гуьржийн Цинандалин кемсийн дикачу чагIаран масех шиша. Амма хьаж тIей, логаххий дайн хьацар тохар бен, кхин шек бацара элдара догIмаш долу зоьртала хIусамдай а, хьеший а.

Детица, дешица кхелина стерчийн маIаш уьйъуш, хIусамдена, цуьнан доьзална, хIирийн, нохчийн къаьмнашна йукъарчу доттагIаллина а тIера кедаш муьйлура цара.

ТIаьххьара а кад хьала а лаьцна, дош ала пурба дийхира хIусамдас Алхазан Мусас.

– Сан хьомсара хьеший! Сайн дешнаш хьуна тIедерзадо ас, Сайдулла. Цкъа-делахь, шуьшиннах хьо воккха ву, шолгIа-делахь, вайша шира ши доттагI ву. Суна хьо вевзина йа, нийсса аьлча, хьо гина, йалхитта шо хьалха Хьалха-Мартана уллехь. Iелаханна а хезна хила тарло цигахь хиллачу тIамах лаьцна. Хьалха-МартантIехь оха хIоттийнчу гIопо салаьцнера шун. Жимачу Нохчийчоьнан дог ма дара и йурт. Цигара дIа шун йарташна тIелета тхо совцо, ТIелхаган меттана дагестанхойн наиб Абкар-Дибар ваийтира имам Шемала. Амма цуьнан цхьа а гIуллакх новкъа ца долура. ХIетахь ТIелхаган хьекъалний, тхан дивизиний йуккъехь лаьтташ бIаьрзе Абкар-Дибар ца хиллехь, тхо дерриш хIаллакьхилла хир дара. Кхин хIун дийр ду а ца хиъна, дерригенна куьг ластийна, шайна ма-хуъу шаьш ларде аьлла, Iадбитира цо нохчий. Ша цига наиб хIоттийчахьана дуьйна цо тIеэцначех уггар хьекъале сацам бара иза. Цхьамма тIехь куьйгалла дан доьлча, цуьнан бага а хьуьйсуш, когаш-куьйгаш дихкича санна, Iа нохчий. Амма шайн лаамехь буьту-кх! Дала Iалашвойла царах! Массо кулла кIелхьара, шерачу лаьттах бухбуьйлуш, къинхетамза йетташ, дуьне-м, дера, гатдора. Абкар-Дибара шаьш шайн лаамехь битиний хиъначу нохчех йуха а нохчий хилира. ТIаккха, бахий ахь, шайн даимлерчу майраллица, мекарлонца шаьш шайн ларбан буьйлира уьш. Тхан дукхахдолу дараш оцу йуккъехь хилира. Деллахьа, ма дохковаьллера-кх Шемал Жимачу Нохчийчуьра ТIелхаг ша дIаваккхарна. Амма имамо шен гIалат нисдира, Абкар-Дибаран метта хьо а хIоттийна. ХIетахь тхоьца ца ларийра Абкар-Дибар. Тхо йуха ца дахаделира майрачу, ас даим лоруш волчу хьекъалечу полководце шелахойн ТIелхаге а. Амма ахь, Сайдулла, коьртах хIума туьйхира тхуна. Цкъа тоьхна ца Iийра, дуккха а йиттира. Суна хIинца а гуш хета, хIетахь йерриг а Кавказски линин аьрру флангехь цIейаххана бевзачу хьайн хьаргIачу динахь, оха тIедетта дошан дарц ца тергалдеш, парггIат тхоьга а хьоьжуш, хьуьнан йистехула чекхваьлла хьо. ХIаъа, ахь цIена этира тхан эпсарш. Берриш инарлаш цецбуьйлура хьан майраллех. Пурба лохьа, хьомсара Сайдулла, xIapa кад хьайна тIера дIамала. Дала лардойла вай йамартлонах, Дала ма дуьтийла вай къонахалла дIаэцна!

– Амин!

Кедахоша шайн маIаш, йасса а йина, охьайехкира, амма Сайдуллас шениг, йуха а йуза аьлла, Афаке дIакховдийра.

– Хьан дашна йукъаэккха ца лиъна, дерриг а ала витира ас хьо, Муса, – элира цо тIаккха. – Ахь со ТIелхагал лакхавоккхуш дош алар нийса дац. ТIелхаг тхан нохчийн эскаран хье бара, тхо, важа наибаш, цуьнан куьйгаш дара. Цуьнга кхочуш наиб цхьаъ вара – цIонтаройн ШоIип. Цундела суна луур ду къеначу ТIелхагний, къоначу Ботукъаний тIepa вай цхьацца кад мала.

– Бакълоь хьо, Сайдулла, – тIетайра Алхазан Муса. – Амма ас айса аьлларг ТIелхаг лахван гIерташ ца элира. Хьуна нийса хаа лаахь, ТIелхаг нохчийн эскаран хье хилла ца Iара. Дуьненна а хаьа Шемал аш вина стаг хилар. Ахульгохь Шемал вохийначу дийнахь Россин когашка йуьйжира Дагестан. ХIетта йаьккхина Шемалан цIе йайра. Тхо тешна дара Къилбседа Кавказ гуттаренна а тхешан карахь хиларх. ТIаьххьарчу ткъа шарахь лаьттина тIом шу бахьанехь хилира. ШовзткъалгIачу шарахь шу ца гIевттинехь, билггал чекхбаьллера иза. Ахульгохь велла Шемал денвинарш а, цуьнан тIеман сий айъинарш а шун наибаш ма бара шайн коьртехь ТIелхаг а волуш. ШоIип, БотIукъа, Бота, СоIду, ГIойтамар! Маса вара уьш! Ткъа Юсуп-Хьаьжа Сапаров? Алдара шайх Мансуран йуьртахо. Иза тхоьгахьа ваьлча вевзира суна. Кхузаманан тIеман Iилма дара цуьнан коьртехь. Шера хаьара цунна туркойн а, Iаьрбийн а, Кавказан итт къоман а меттанаш. Кхойтта мотт! Юсуп-Хьаьжа вара Шемалан генеральни штабан начальник а, цуьнан премьер-министр а. Доцца аьлча, имаман хье, аьтту куьг. Шемалан йаьржина имамат европейски пачхьалкхан кепе йалийра цо. Ломара йерриш тIеман чIагIонаш цуьнан куьйгаллица хIиттийнера. Амма правительшна везац шайл хьекъале, хьуьнаре стаг. Шемална а ца вийзира и хьекъале, хьуьнаре нохчо. Боцу бехк тIе а Iоьттина, хIаллакван дагахь, лаьцна, зиндан чу воьллира цо Юсуп-хьаьжа. Амма иза, ведда, тхоьгахьа велира. Со реза ву царна тIера кад мала!

Цхьа а чу ма вита аьлла, Мусас омра дарна, хьешашна гIуллакх деш цхьа а йалхо вацара. Цундела царна кад буттург Мусин ваша Афако вара. ЧагIарх йуьзна маIаш массара буйна йоьхкича, Сайдулла вистхилира.

– Кавказан сира лаьмнаш мел деха, цуьнан кийрара буьрса Терк бух мел дуьйлу, де-буьйса мел хийцало, дуьнен чохь садолу хIума мел йеха, кху хьомечу лаьмнашкахь ма эшийла, ахь цIераш йаьхнарш санна, майра, хьуьнаре, хьекъале, тешаме къонахий! Цхьана а нанас ма войла йахь йоцу, тешам боцу кIилло кIант, вича, ма вехийла и хIара маьлхан дуьне даа. ХIара нана-лаьмнаш мостагIех лардеш, хеназа беллачу къонахашна Дала эхарт лойла, дийна бисинчара хIара Iаьржа латта гIоза хьоьшийла!

– Амин!

– Дала барт цхьаъ бойла вайн, кIентий!

– Амин!

Веа стага маIаш йуха а хьалайерзийра. Чохь малар дуьсуш уьш охьахIитто йиш йацара. Иза дуккха а мийла Iеминчу Мусассий, Афакоссий, сихха йассийна, охьатийсира шайн карарниш. Дагара ца хаийта, нуьцкъаша дIамелира Iелахана а.

– ХIаъа, дагадогIу суна, Муса, ахь дуьйцу денош, – элира Сайдуллас, шен кад дIамелла, мекхех куьг а хьаькхна. – Бакъдерг аьлча, оцу деношкахь оха хIума туьйхира шух. Цигахь шайна хиллачу зиэно Чехкара-ГIала йухадовла дезийтира шун. Амма тхан цкъа а меттиг ца хуьлура тхешан толамех даккхийде. Шаьш Хьалха-МартантIера кIегардовлуш аш къиза хIаллакйира йарташ, бошмаш, йалташ, цанаш. ГIунаш чу тийсира говрийн чархаш.

– Амма и хиъначу ахь оха хадийначу xIop а диттан цIapax цхьацца салти-м вийра.

Сайдуллас гIайгIане корта хьовзийра:

– ХIун пайда бу цуьнан? Тхан халкъо бIеннаш шерашкахь къахьоьгуш кхиийна йарташ, бошмаш паччахьан инарлаша цхьана дийнахь чим беш йагайора. ХIинца, сагIадоьхургаш санна, лела тхо. Берриг нохчий ломан кIажа таIийна, ткъа мегаш долу латта гIалгIазкхашний, эпсаршний дIадекъна. ЦIубдар санна, тхох векхаш ву массо а. Масех бIе урд латта делла Iодин ВахIабна, Къурмин берашна, Чермин Орцина, кхин иттаннаш писашна. Эла санна, веха Шамурзин Бота, Жукин Дуба, Ботукъа, кхиболу оьрсашкахьа бевлла наибаш а.

– Ахь хIунда ца доьху хьайна совгIат? Хьо вац иштта, и наибаш санна? Уьш санна, Шемалан наиб хилла хьо, хIинца, уьш санна, майоран чинехь паччахьна гIуллакх деш а ву хьо!

– Царах санна, сох тешац Iедал. Суна ца хаьа, царна санна, халкъана йамарт хила!

– ХIун башхо йу? Уьш санна, Шемал дIа а тесна, хьо а ма велира паччахьехьа.

Сайдуллин йуьхь цIиййелира, дуьхьал цIийдина хи тоьхча санна.

– ХIан-хIа, башхо йоккха йу. Бота шен лаамехь велира оьрсашкахьа. Цо доккха гIo дира царна тхо дуохо. Со – тхаьш иэшна девлча, толаме догдохуьйла дIайаьлча, адамийн цIий эрна ца Iенорхьама. Цул сов, сол хьалха Евдокимовна тIевахара мичкахойн наиб Эски а, шотойн наиб Ботукъа а.

– ТIаккха – ТIелхаг, Умалат, Эдил а, Дуба а. Доцца аьлча, халкъан тешам байна шух, Iедална хьалха сий а дац шун. Шаьш мел дукха дахарх, ахь цIераш йаьхначу нохчийн эпсаршка кхочур дац шу. Ткъа уьш хьан Iаьржачу мIеран меха нах а бац.

– Хаьа суна, Муса. Суна иэша а ца оьшу ахь дуьйцу сий. Паччахьна сайн къам а духкуш оьцу чин, бахам ца оьшу суна.

– Амма, мел новкъа хуьлу хаьий хьуна, ахь ма-аллара, цхьа писаш коьшкала йовлар? Йа хьуна биэн ца хета иза? Суна-м, ала дашна, со церан гихь лелаш бегIийла хета.

– ХIумма а дац. Жимма сатухур ду оха. Сихалло са диъна, собаро лам биъна, боху кицано. Цхьа де догIур ду, уьш гира охьа а кхийсина, тхешан халкъ оха маьршадоккхуш.

– ХIета, бакъданий нохчий керлачу гIаттамна кечлуш хилар? – Сайдуллина пIелг ластийра Мусас.

– Хаац. Ахь ма-аллара, тхан нах сох тешац. Оьрсашна гIуллакх дечу тхох цхьаннех а ца теша уьш. Церан гIуллакх къайлах ду. Амма тера ду цхьаъ вовшахдеттачух.

Мусиний, Сайдуллиний йуккъера къамел сецира. ХIинца ойланашка ваьлла xIop а цхьана кIеззигчу йукъана дIатийра и шиъ. Мусас Iоттар йеш аьллачу дешнаша Сайдуллина карладаьккхира ша, Шемалах дIа а къаьстина, оьрсашкахьа ваьлла де.

 
1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru