bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

3

ХIаъа, уьш хIаллакьхилла. Хуьлуш а бу. Инзаре дукха а, иэрча а. Хилча, хIун ду? Iела-Пашин нанас бина-х баций уьш. Шайн мохк гауршна дIа а белла, йевдда йаьхкина кIиллой! Хьайбанаш! СагIадоьхургаш! Лиэн шайна. КIиллой, гIорасизниш лийр бу, майраниш, андийниш дийна буьсур бу. Дийна буьсучара гIуллакх до султанна. Цара низам латтадо болгарийн йарташкахь. Церан отрядаш хьийсайо, империн чоьхьарчу эрмалошна, гуьржашна а таIзарш дан дезаш меттиг нисйелча. Империн кхечу йистошка a. ХIара латта эрна хьоьшуьйтур дац цаьрга Iела-Пашас.

Ткъа хIинца Россица доза чIагIдан деза. Шина хIордан йукъ дIалоцуш, оцу дозанца нохчий баха охьаховшийча, тIаккха оцу aгIop сагатдойла дIайолу. Цара шайн буйна къовлур бу тIом хилча наггахь оьрсашкахьа буьйлу курдойн баьччанаш. Иза дина а Iийр бац. Шайца цхьаьна уьш Россина дуьхьал а бохур бу. Эрмалой а латтор бу таIийна. Шатайпа амал йолуш, акха къам ду и нохчий. Цхьана а олаллина кIел доцуш, ламанан аьрзунаш санна, маьрша даха Iемина. ХIинца, и маршо шайгара дIа а йаьккхина, эчиган зIарашна чубохка болийча, схьакхалха резахилла. Церан цкъа а машар хир ма бац оьрсашца. Цигахь а, кхузара дIа а. Амма кху махкахь шайна маршо карор йу царна моттахь, иза бакъ дац. Уьш бусто тIелоцуш ма бац оха а. Тхуна оьшург церан майралла, тIеман говзалла, оьрсашка цабезам бу. Уьш летар бу, шайна мел и ца лаахь а. Къаьсттина – Россица тхан тIом хилча. Уьш-м хьовха, церан тIаьхьенаш а. Россин Кавказерчу провинцешка бахийта мел дика разведчикаш хир бу уьш! Церан гIоьнца цигара ламанан халкъаш латтор ду гауршна дуьхьал. Доцца аьлча, кертахь кхобучу жIаьлин декхарш кхочушдойтур ду цаьрга…

Амма, схьакхелхар буй-те уьш? Шайн даймахке безам къаьсттина чIогIа бу церан бохуш, дуьненахь а цIейахана ма бу и нохчий. Оцу бехачу тIамо шаьш мел гIелбинехь а, мел бIарзбинехь а, маршонах дог ца дуьллуш, гауршна дуьхьалойар сацош бац. Дала гIo дойла Муса-пашин! Россица цкъа а машар хир боцчу мостагIех пхи эзар доьзал шеца схьабало тхуна дош делла цо. Уьш, лаххара а, пхи эзар тIемало ву. Буьрсачу тIемашкахь вахчавелла. Кхерамна а, Iожаллина а хьалха бIаьрнегIар тухур доцуш. КIиллолла боху дош хIун йу ца хууш. ХIан-хIа, хIинца хуур ду тхуна ламанхой тIеэца. Йовхачу хенахь, кегийрачу тобанашца. ХIорда тIехула ца балош, лаьттахула схьа а балийна.

ХIара-м Дала бина къинхетам бай! Иттаннаш шерашкахь биначу тIемашкахь вахчавелла пхи эзар майра тIемало, церан коьртехь оьрсийн эскарийн тоьллачу инарлех цхьаъ волу Муса-паша а, цIарна а цIейахана Шемалан наиб Сайдулла а!

Воккха эла Михаил дуьхьал ву, боху, схьакхелха нохчий дозанца баха ховшорна. Цуьнан шен коьртана дага ма ца деана иза. Лорис-Меликов боху и гаур-эрмало ву цунна и дерриг дагатуьйсург. ХIумма а дац, реза ца хилахь а. Уьш шаьш ма бу и ламанхой схьакхалхор долийнарш. Цкъа дозанал сехьабовлахьара. ТIаккха-м кхечу aгIop дуьйцур дара вай иза. Оцу нохчашка а, вукху гауршка а…

4

Лорис-Меликов Тифлисе ваханчул тIаьхьа бутт балале Оттоманан империн арахьарчу гIуллакхийн министран дворецехь шина державин дипломаташна йуккъахь ира къийсам болабелира. Кху хьолехь кечйинчу дворецан тхов кIел тIаьххьара а къаста безара генна лаьмнашкахь, шайна тIебогIу кхерам ца хууш, машаре Iачу нохчийн пxea эзар доьзалан кхоллам.

Шина а агIоно, шайн аьтто лоьхуш, ца кхоабора цхьа а тайпа гIирсаш – хастамаш, кхерамаш, мекарло, аьшпаш. ХIуъу а биэн йацара, цо толаме бигчахьана. Тахана кхоалгIа де дара цушимма тIом бен, амма цхьа а цхьа ког а хьалха ца ваханера.

Iела-Паша кIедачу кресло чохь, леррина ла а доьгIуш, партал хиъна Iа. Оьрсичо дукха дуьйцу, Iаламат дукха. «НеIалт хилла гаур, сан само артйан гIерта, – дагахь воьлу Iела-Паша. – Шайна луург тхан коча долла гIерта. Эрна ду, граф. Ахь хIуъу дийцахь а, и разбойникаш оха тхаьшна луъучу дIатарбийр бу. Кундуховца барт ма-хиллара. ХIундий? Иза пачхьалкхан къайле йу, хьомсара граф. Хаьа, шу царах кхоьрий, мел чIогIа кхоьру. Цкъа а ца хиллачу тайпана шайн доза чIагIдан дезар ду шун хIинца. Иза а тхоьгахьа ду. Кавказера Iедал реза дац? Ца хин шена. Тхуна хастам бе, уьш тIеэца резахиларна… Тхо дац дехарш дийраш, шу ду…»

– …Нагахь кхелхина богIу нохчийн пхи эзар доьзал Россин дозанашна гена, шайн мехкан кIоргехь, баха ховшо аш тIе ца лацахь, цхьа нохчо оха схьахоьцур вац, – элира графа Игнатьевс сацамболлуш.

Цхьанхьа лакхенгара шен коьрта тIе тIулг боьжча санна, оцу дешнаша хазачу ойланах йукъахваьккхина, саметта валийра Iела-Паша. Иза ша волччехь кхоссавелча, Николай Павлович а кхийтира, ша тIаьхьалонна йитина козар, ша нийса лаьцна дина тохар цуьнан дага йуккъе кхетта хиларх. Николай Павлович дагахь хьалххе воккхавера шен хинболчу толамах.

– Тхо мича декхарийлахь ду шуна луург дан? – хаьттира Iела-Пашас, вист ца хуьлуш жимма йукъ а йолийтина.

ХIораммо а сатуьйсура важа Iехо. Цундела баккъал йолчу Iалашонах дош ца олура цхьаммо а. Амма Игнатьев шех тешна вара. Цунна дика ма хаьа нохчий тIелаца xIapa туркой реза хIунда хилла. Ткъа графо дIахаийтина Iела-Паше нохчий новкъара баха, xIapa Турци йоцург а, шайн дуккха меттигаш хилар. Масала, Кубань. Нохчий Кубане кхалхо хала, ткъа Турце кхалхо атта дуйла-м ца хаийтина цо. Хоуьйтийла а дац. Ткъа Iела-Паша а вац ша майрра дуьйцучух дукха тешаш а. Кундуховца шайн къайлах хилла барт оьрсашна хаьий-те бохуш, шек ву. Цундела цкъацкъа, шен дош лакхадаккха ца гIоьртуш, дуьхьало ца йеш Iа иза.

– Хьуна хаа деза тхан адамаллин а цхьа доза хилар. ХIаъа, хьомсара граф, тоьур ду. Вуьшта а Кубанера схьахьовсийна ах миллион сагIадоьхургаш тIелаьцна оха. И нохчий боху разбойникаш ма хьехабелахь. Дала ларвойла уьш мехкан кIоргехь баха охьаховшорах! Массанхьа а цIийн тачанаш дуьтур ду цара. Уьш баха ховшо меттиг гайтарца, шаьш тхан империн чоьхьарчу гIуллакхашна йукъагIерташ хилар дага а догIий хьуна?

«ХIетте а, кхера-х ма кхоьру хьо, оха нохчий схьа ца бахкийтарна!» – дагахь воьлура Николай Павлович, туркойн министр тергал а веш. ТIаккха тIетуьйхира:

– И нохчий шун динан вежарий бу. Ткъа тхуна биэн дац аш уьш тIелаьцча а, ца лаьцча а. Тхо-м хIумма а уьш совбевлла ца лела. Царна шун махка кхалха лууш хилча, тхо дуьхьал дац. Европехь эладитанаш даржийна, тхо, ламанхой махках а баьхна, церан латтанаш тхешан доладаха гIерта бохуш. Хьуна хаьа-кх, рейс-эфенди, иза бакъдоцийла. Эрна Iохкуш латтанаш тхан дуккха а ду. Кхин дацахь а, нохчашна тоъал.

– Масала?

– ХIунда хоьтту ахь, рейс-эфенди? Хьуна ма хаьа ткъа тхан мехкан шорталла.

– Сибиррий?

– Стенна оьшу оццул гена бига? Кубанехь а, Ставрополехь а йу йаьсса аренаш.

Iела-Пашин цавашаре велавалар иккхира.

– И дийр дац аш, хьан сийлалла!

– ХIунда? Тхо стенах кхоьру?

– Ницкъах ца кхера ницкъ болуш ду шу. Амма дуьненан халкъийн неIалтах кхоьру. И къаьмнаш Сибрех йа къилбаседе губернешка кхалхийча, цигахь хIаллакьхир ду. ТIаккха сий довр ду шун пачхьалкхан. ТIехула тIе, оцу гIуллакхна йаккхий харжаш а оьшу. Халонаш-м хьехор а йацара. Цул а, атта дац ткъа, шаьш йуьстах а лаьтташ, хало, харж йоцуш, уьш тхо долчу схьахьовсийча?

Граф вуьйхира.

– ГIалатваьлла хьо, рейс-эфенди! Европо ца дина а, ца лелийна а хIума ца дисина, оха дича, тхуна иэхь хета. Нохчийн мохк царах мукъабаккха лууш хилча, Сибрех ца буьгуш, улле Кубане а, Ставрополе а буьгур бара оха. Амма тхан адамалла…

– Шун адамалла! – гIадвахана велавелира Iела-Паша. – Ма ала а элира ахь, хьомсара граф! Нагахь аш, оьрсаша, шаьш дIа мел лаьцначу керлачу махкара халкъаш, иштта ахь ма-аллара, адамаллин некъашца дIадахахь, мукъа латтанаш-м, дера, оьшучул а тIех хир ма ду шун даим!

Туркочо йина Iоттар дагах кхетта Игнатьев вусавелира.

– Йуха а боху ас, оха нуьцкъаха ца кхалхийна ламанхой. Шун динан вежаршна шайна лиъна кхуза кхалха.

– Нуьцкъаха ца кхалхийна? – даша тIехь лецира иза Iела-Пашас. – Бакъ хила а мега. Аш хIорда тIе таIийча, уьш мича гIyp бара? ХIорда чу лелха безара? ХIан-хIа, иштта варварийн гIиллакх долуьйтур дацара шегара адамаллечу Европо! Бехк кочататта даим а кхин караво цунна: цIийнна сутара Турци. Варварш, стешха, йамарт, къиза адамаш аьлла цIе ма йахана туркойн. Туркоша мехкаш дIалоьцу, туркоша цIий Iанадо, туркоша шайн Iедална кIелхьара керста къаьмнаш хIаллакдо – и зурма лоькху Европин массо а столицашкахь. ХIокху лаьтта тIехь, туркой бен, къиза адамаш ма дац. Тхан адамалла даим а марахдолу тхуна, граф. Цул а шайга а хьовсийша. Шаьш лелийначуьнга, лелочуьнга. ТIаккха лоьхур бац аш нехан бIаьргахь чо. Шу европейцаш а ма дац данне а маликаш. Стешхаллина, йамартлонна, къизаллина тIехь иблис а ларор дац шуьца. Америкехь, Азехь, Африкехь гIаланаш йохош, халкъаш лолле дерзош, туьрций, цIарций чекхдевлларш шу, керстанаш, европейцаш дац ткъа? Тхешан пачхьалкха чуьрчу къаьмнашна тIехь оха Iедал латтадо тхайна нийса ма-хеттара. Къиза-м, дера, ду иза, хIун дийр ду ткъа. Амма, Далла бу хастам, европейцаша санна, оха цхьа а къам даймахках ца даьккхина.

– Масала?

– Масала, 1609-чу шарахь испанцаша махках а баьхна, Африкин йаьссачу гIамаршка кхийсина мавраш, хIинца аш Кавказан ламанхошна тIехь дийриг а…

– Мавраш мехкашдIалецархой бара! – толаме йукъахваьккхира иза Игнатьевс. – Испанцаша хьакъболлу бекхам ийцира царах.

– ХIета, шу а ду-кх Кавказан ламанхойх хьакъболу бекхам оьцуш? – цавашаре тIевогIавелира Iела-Паша. – Суна хезна дац, цара шун махка тIе ког биллина бохуш. ЦхьакIеззиг исторех лаьцна дуьйцур вайша, граф. Йуккъерчу бIешерашкахь цивилизацин лакхарчу тIегIан тIехь лаьттачу бакъ керста динна тешамечу европейцаша кxeчу динехь долу адамаш цIарах дагочу хенахь, Испанера ведда, цхьанххьа а тхов ца карош лела бIе эзар гергга жуьгти тIелецира оха, варварша-туркоша. Шун правительствос гIалгIазкхийн бунташ масазза хьошу, Россера бевдда эзарнаш гIалгIазкхий тIеийцира оха. Церан а, вукхеран а тIаьхьенаш хIинца а йеха тхан махкахь. Европин монархаша революцеш хьошуш, церан дакъалацархошна тоьпаш йетта, ирхъохка болийча, «цIийна сутарчу» туркоша шайн махкахь туш делира французашна, венграшна, австрийцашна, полякашна, немцошна. Шун правительствос иэхьечу тешнабехкаца полякийн революционераш таIзарна австрийцийн Iедалан кара дIалучу хенахь ду хьуна иза. Аш лоьллуш, хьийзош, Европин цхьана а пачхьалкхо тIе ца лоцуш лелачу поэтна Мицкевична, кхин дуккха а полякашна туш карийра «туркой-варварийн» махкахь. Кхузахь, Стамбулехь, ду цуьнан каш. ХIинца хIун до аш? Йуьхьанца Малхбузе Кавказерчу ламанхойн ткъе пхи эзар доьзал тIеэцар дийхира аш тхоьга. Тхо резахилира. Амма царна тIаьххье, цхьа а низам доцуш, аш талийна чIанабаьхна ах миллион ламанхой таттабели тхан махка. Царна хьалха неI тIечIагIар адамалле ца хийтира тхуна. ХIинца нохчийн пхи эзар доьзал тIеэцахьара а, боху. ТIеэцча а, Iай ткъа! Тхан махкахь уьш дIатарбан меттиг гайта а гIерта. ХIара хIун ду ша, дан мукъане а? Йуккъерчу бIешерашкахь дуьйна схьа европейцаша хьийзош, бIарзбина, махках баьхна керстанаш, иудейш, бусалбанаш, мунепакъаш цхьана оха тIелаца безаш хили-кх! ХIара тхан мохк-м Нохьа-пайхамаран кемане бирзи. ХIетте а, оха «хьийзо» керстанаш ларбан гIерта европейцаш. Ойла йел аш тIаккха, шаьш тхол къиза варварш хилла карор ду шуна. Ткъа ахь, хьомсара граф, хьан правительствос ойла йиний-те, жIаьлина кхоьссина даьIахк санна, шаьш тхуна схьакхийсина миллион адам оха мича, муха дIатардан дезаран? Царна латта, тхов, кхача а ма беза! Аш мел хьовзийнарг оха иштта дуьхьало йоцуш тIеэцча, кхана Iуьйрре Йуккъерчу Азера туркойн къаьмнаш а хIуьттур ма ду тхан неIаре. ХIинца цига ма гIоьртина шу. Шайна нехан латта дезахь, цигарчу халкъашца а тарло. ХIинццалц муха хилла? Мохк – шуна, къаьмнаш – тхуна. Иштта тарлур дац, хьомсара граф! Тхуна ца оьшу и шун разбойникаш нохчий. Цигахь ца тарлучу цара, схьабаьхкича, кхузахь ден дерг Ша АллахI воцчунна хаац!

 

ЦIа чохь тийналла хIоьттира, шен дагара а Iеттийна, паргIатваьлла Iела-Паша гIайби тIе дIатевжира.

– Истори кегор йац вайша, – элира Игнатьевс. – Тхо тхаьш хилла ца Iа ламанхойн бохамашна бехке. Шун дакъа а дац хIумма а кIезиг.

– ХIан-хIа, граф, хабаршца кIелхьардовлалур дац шу. Тхо дац ламанхойн йарташ йагийнарш, йалташ хIаллакдинарш, масех къам, цхьа стаг бухахь ца вуьтуш, махках даьхнарш.

– Аш тхуна дуьхьал кIамбора уьш. Даим дIа царний, тхуний йукъа питанаш туьйсуш. Уьш ницкъ иэшна кIелбисча, кхуза схьакхойкхуш, царна йукъа прокламацеш йаржийра аш.

– Бакъ дац иза! Бакъ дац! Тхан цхьана а тайпа зIе йацара нохчашца!

– Малхбузерчу ламанхошца йара массо а хенахь. Кхуза схьакхалхахь, шаьш Дала долуьйтур ду аьлла, дош ца деллера аш царна?

– Цхьа масех эзар доьзална. Амма ца аьллера тхаьш масех халкъ тIелоцур ду-м!

– Шаьш апари дастале, хи мел ду хьовса дезара, рейс-эфенди.

– Аш Iехийна тхо, граф. Иэхь ца хеташ, Iехийна. Ламанхошна йукъа султанан цIарах прокламацеш а йаржийна.

– Оха тхайггара ца кхоьллина уьш. Аш йазйинарш керла зорба а йетташ, йаржийна. Шуьга къа ца хьегийта. Доцца аьлча, рейс-эфенди, шун кхайкхамаш ца хиллехьара, ламанхой богIур бацара кхуза.

– Оха ца кхайкхина уьш йа дог а ца дахийтина, граф. Амма, схьакхаьчча, неI тIе а къевлина, йуханехьа а ца хьовсийна. Бакъдерг кхечахьа доллу. Шун ши корта болу аьрзу цига ца хьаьвзинехь, и ламанхой цкъа а шайн лаьмнашкара дIабевр бацара.

– Изза олийла ду сан эзарнаш эрмалойх а, балкански славянех а. Шун къизаллех бевдда, уьш а кхелхира Россе.

– Амма царах дукхахберш шайн махка йухабирзира!

– Ламанхой а бу Россе дIаоьхуш! ХIета, нисдели-кх вай.

– ХIан-хIа, граф. Хийцамаш буьсу. Россера йухабогIу керстанаш оха дуьхьало йоцуш тIеоьцу, ткъа кхузахь совца реза ца хилла, Россе дIагIерта ламанхой аш шайгахьа дозанал дехьабовлийтац. Делахь а, кхин къуьйсур дац вайша, граф. Нагахь санна тхуна, туркошна, варварш хила лаахь, европейцех Iама деза тхо.

– ХIета, иштта хуьлуьйтур вай, – тIаьххьара а тIадам тоьхна, чекхдаьккхира Игнатьевс и шена кIордийна эрна къамел.

Цхьана ханна дIатийра и шиъ, ойланашка а ваьлла.

«Нагахь, баккъал а, хIокхара нохчий, схьа ца бохкуьйтуш, совцабахь? – шен дуьхьалонах шеквуьйлура Iела-Паша. – ТIаккха йукъахйуьсу тхан план. ТIаккха оха гуттаренна а догдилла деза Кавказах. ХIан-хIа, жимма малвала веза со. ТIехула тIе, суна xIун хуьлу, кхара бохург тIелоцуш, дош даларх? Дозанал сехьабевлча, тхан карахь бац уьш? Тхаьшна луъучу уьш баха ховшор тхан карахь ца дуьсу тIаккха? Россин дозанашкахь совцор бу-кха!»

Араволу кеп хIоттош хьалагIеттина Игнатьев, ши куьг букъа тIехьа а диллина, карзахе чухула дIасауьдучу Iела-Паше а хьоьжуш, хIоьттина лаьттара. Цо леррина тергалдора пашин дерриг аматаш, амалш. Йехо йекъана йуьхь, гIалмакхойн уьстагIчух тера мара, хаза хьовзийна Iаьржа ши мекх, дуткъий балдаш, нийса дегI, сиха лер. Цуьнан къамелехь, леларехь цхьа а моттаргIа ца хетара Игнатьевна.

«Баккъал а, хIокхара нохчий тIе ца иэцахь? – йуха а са карзахдуьйлура Николай Павловичан. – ТIаккха хIун хир ду? Нохчий цигахь буьтийла-м дац. Цу тIе, кхузахь дуьххьара суна тIедиллина доккха гIуллакх кхочушхилаза а дуьсу сан… Жимма кхин а йухагIоьртур со. Собар, собар, йуха а цкъа собар».

– Делахь хIета, хьан жоп ас Цуьнан Императорски Воккхалле дIакхачор ду-кх. Аш хьалхахIитточу некъашна Кавказан хьаькамалла реза дац. Со тешна ву, цо цхьа а нохчо Турце схьахоьцур вацарх. Нохчий схьакхалхоран гIуллакх, кхин хьехо ца оьшуш, оцу тIехь чекхдолу.

Кхузахь кхачаделира Iела-Пашин собар. Цуьнан ницкъ ца кхечира кхидIа моттаргIанаш лело.

– Дика ду, граф, – элира цо, голаш тIе ши куьг а тухуш. – Аш тхайна хьалха хIитто хьелаш тIелоцу оха. Оцу нохчийн дуьхьа. Нагахь аш и нохчий, важа ламанхой санна, хIордаца а ца балош, лаьттахула шайн даьхница, йийбарца, герзаца дозане схьа а балийна, могаш-маьрша тхайга схьалахь.

«Далла бу хастам! Иза дара-кх тхуна луург а, – хазахийтира Игнатьевна. – Шайниг-м хьовха, бухахь буьсучийн герз а дохьур делара цара кхуза. ТIаьххьарчу уьрсан мIаьчиган биста хIотталц».

Шина дипломато, хьала а гIеттина, дуьхь-дуьхьал а хIоьттина, лохха кортош а таIош, вовшийн Iодика йира.

5

Оццу дийнахь, Лондонехь, Грин-стрит урамерчу № 14 йолу шозза тIекIелдинчу цIеношкахь, оццу оьрсийн паччахьан чоьхьарчуй, арахьарчуй политикех а, Кавказан ламанхойн кхолламах а лаьцна кхечу тайпанара къамел хилира.

Кху цIенош чохь болх беш йара хIетта вовшахтоьхначу Хьалхарчу Интернационалан Генеральни совет.

ЦIа чохь цигаьркан сийна кIур хIоттийна, хьийзина когаш болу Iаьржачу стоьла тIе йуьхьарвахана йаздеш воллура стоммачу дегIара шуьйра букъ болуш цхьа стаг. Стоьла тIехь биэндоцуш йуьстахтийсина Iохкура сихачу хотIехь йаздина цхьа сал кехаташ.

Стеган шуьйрачу белшаш тIера месала корта, ло санна, кIайбеллера. Амма болатан бос бетталучу цуьнан йуьхьан чкъоьргана гуо беш хьийкъинчу можаний, мекхашний йуккъехь хIинца а Iаьржа чоьш хаалора. Куьзганаш тIехьара кехат тIе хьуьйсучу цуьнан кIоргачу, Iаьржачу бIаьргашна гора дуьненан паччахьийн дворецашкахь, дипломатически корпусашкахь, инарлийн штабашкахь, белхалочун, ахархочун къечу хIусамашкахь а хуьлуш долу дерриг чолхе гIуллакхаш. ХIетахь оцу гIайри тIехь ши стаг вара чехка керча историн чкъург мича йоьду а, мичахь соцур йу а хууш, цунна тIехь терго латтош.

Кху тIаьххьарчу ткъа шарахь и Iаьржа бIаьргаш леррина хьуьйсура генарчу Кавказан ламанхоша шайн къоман маршонехьа латточу турпалчу къийсаме.

Стага, йаздечуьра а сецна, стоьла тIерачу цигаьркийн гIутакхара схьаэцна бага йоьллина цигаьрка сирникца лата а йина, маситтаза уоза а йина, тIаккха боккха баьккхина кIур чу а тоьхна, коре а вахана, шалха раманаш дIайиллира. Дахкаро сирбинчу урамера схьа тIуьна, шийла хIаваъ хьаьдира цIа чу.

Вехха лаьттира иза, бодашка бIаьргаш боьгIна, ойлане ваьлла. ТIаккха, кораш тIе а чIаьгIна, шен метте охьа а хиъна, тIаьххьара кIур а баьккхина, цигаьрканан йуьхьиг чимтосурга таIийна дIа а йайъина, къолам караийцира цо. Къоламо кехат тIехь тIехьатуьйсура кIеззиг аьрру агIор тийжачу элпийн могIанаш:

«…Корта Санкт-Петербургехь, ткъа куьйгаш Европин массо кабинеташкахь долчу Россис, оцу варварийн державо, Кавказан ламанан чIагIонаш шен долайахаре, турпала Польша йиэре, цхьаьнггера а дуьхьало йоцуш цо баккхий мехкаш дIалецаре Европин лакхара классаш иэхь доцуш къобалдаре, моттаргIане доглазарца, идиотски биэндацаре хьийсаро белхалойн классана шен декхар гойту – халкъашна йуккъерчу политикин къайленаш карайерзор, шайн правительствийн дипломатически деятельностана тIехь тергам латтор, ткъа оьшуш меттиг хилахь, шайн карахь болчу берриг гIирсашца цунна дуьхьало йар, нагахь санна и деятельность сацо шайн таро йацахь, иза Iорайаккха а, цуьнца цхьаьна адамаша вовшашна йуккъехь лело йезачу оьздангаллин, нийсонан чолхе доцу законаш халкъийн йукъаметтигийн лакхара законаш хилийта а цхьаьнакхета дезар.

Ишттачу арахьарчу политикехьа къийсам белхалойн класс маршайаккхарехьа йукъарчу къийсаман дакъа ду.

Массо а мехкийн пролетареш, цхьаьнакхета!»

Йалх де дара Карл Маркс Хьалхарчу Интернационалан Ханна устав а, Учредительни манифест а йазйеш волу.

Манифестан тIаьххьара могIа йазбина, паргIатваьлла, хецна садаьIира цо.

Манифест йазйина вала гIерташ, делкъе йан а цIа ца вахара Маркс. Кхуззахь чохь бутербродца кофе а мелла, минотана а са ца доIуш, йуха а балхана тIевуьйлира иза.

Арахь xIуo мел цIемза делахь a, xIop а дийнахь кхуза, Интернационалан Генеральни Совет гуллучу ши гIат долчу хIокху Грин-стрит, 14 цIеношка вогIура иза. Маркс азвеллера кху тIаьххьарчу хенахь. Цкъацкъа йуург а, садаIар а дицлора цунна. Тховса а накъосташа, цIа гIой, садаIахьара ахь бохуш, дийхира цуьнга. Амма Маркс, уьш дIабахча а, болх беш висира кхузахь.

Маркс сахьте хьаьжира. Пхиъ даьллера. Бода боьлча хала ду цIа ваха. Маден виллерчу Мейтленд-парк Род ураме. Арахь бодаш, дохк а ду. Ши гIулч генара стаг а ца къаьста. Амма цIа гIойла дац. Фридрих ву схьаван везаш. XIapa проект цхьаьна йийцаре йан.

НеI йоьллу хезна, дIахьажавелира Маркс. Амма дехий тIемагаш долу фетран шуьйра шляпа а коьртахь карахь трост йолуш чоьхьаваьлла зоьртала стаг Фридрих вацара.

Стеган шуьйра йуьхь йерриг а йекхайелира, Марксах бIаьрг кхетча.

– Маршалла ду хьоьга, хьомсара Карл! – шен доккха ши куьг хьалха а кховдийна, тIевеара иза. – Со вовзац хьуна? – хаьттира цо шен самукъане богу сийна бIаьргаш цунна тIе а боьгIна.

– Бакунин! – хьала а гIеттина, шина а куьйга схьа а лаьцна, цуьнан куьг Iаьвдира Маркса. – Хьо мича дарцо валийна кху дахкаречу Лондоне?

– Дуьне ма-дду лелаш, схьакхечи-кх.

– ХIан, охьахаал, – корехь лаьттачу горгачу стоьла улло дIаозийра цо иза, пхьарс лаьцна. – Со Iаламат воккхаве сайна хьо могаш-маьрша гарх. Хьуна хилла берриг цатемаш хиира суна, амма гIо дан ницкъ бацара. Охьахаал. Схьадийцал.

– Баркалла хьуна, Карл, баркалла! – кIедачу кресло чу везза охьахиира Бакунин. – Баккъал а аьлча, ца моьттура сайна маршо а, накъостий а гур бу. И ший а ца хилийта, шайн ницкъ мел кхочург дира кхаа тирано. Ткъа хьо-м, хьомсара Карл, верриг кIайн ма ву! Мича йахана со даим а хьегна Iаьржа месаш, маж а?

Доьзалехь бераш леш а, къоьлло хьийзош а дукха баланаш Iийшинчу Марксана ца лиира шен сирваларан баккъал а долу бахьанаш хьехо.

– Набахтехь бен, гIайгIанаш йац, моьтту хьуна, Михаил? – кисанара схьадаьккхина цигаьркийн гIутакх стоьла тIе охьадиллира Маркса. – Нийсса аьлча, xIapa Европа ша йу дийнна цхьа набахти. ТIаьххьара суна хьо гичахьана, йалхитта шо даьлла. Иза хIумма а кIезиг хан йац. ТIехула тIе, болх а бу логгец. ТIаккха, оцу кхаа хьехархочо дукха хIуманах кхиийна хир ву хьо?

– Ахь хIун дуьйцу! – воьлура Бакунин, шен дуькъачу мекхех куьг а хьоькхуш. – Вовшашка дегабаам ца байта, кар-кара а луш.

Шуьйра йуьхь, лекха хьаж, месала маж йолчу зоьрталчу Бакунинан аьрха амалш хаалора бIаьрг ма-кхийтти. Ткъе итталгIачу шерашкахь оьрсийн революционни-демократашна гергавахана иза шовзткъалгIа шераш долалуш паччахьан а, цуьнан правительствон а цкъа а машар хир боцу мостагI хилла дIахIоьттира. Иза цIахь воцуш паччахьан Iедало кхиэл йинера, дозанал арахьара йухавирзича, берриг бахам, бакъонаш дIа а йохуш, иза Сибрех вахийта. Амма Бакунин кхин Россе схьа ца веара. Германехь революци йолуш Дрезденехь хиллачу гIаттаман куьйгалхойх цхьаъ волчу цунна прусски правительствос, цкъа, виэн суд йина, йуха а, велла дIаваллалц набахтехь валло сацам бира. Дукха хан йалале цара австрийски императоран каравеллачу цунна цигахь а изза кхиэл йира. Австрийски правительствос шен рогIехь Николай I-чуьнга дIавелла иза, цкъа Шлиссельбургски набахтехь валлийна, тIаккха Сибрех хьажийра. Кхо шо хьалха цигара ведда, Японехула, Америкехула хьаьвзина, Лондоне веанера иза.

ХIетахь, Герценан хIусамехь Бакунина жимма хан йоккхуш, иза гойла ца хилира Марксан. Бакунин мел анархистски амалш йолуш велахь а, Марксана хазахийтира тахана шена иза гар. Россех йоккха дегайовхо йара Марксан. Тахана цкъа царизман буйнахь йоллу Росси дуьненайукъарчу реакцин чIогIа гIортор йелахь а, Маркс тешна вара тIейогIучу хенахь дуьненан халкъийн революционни центр цига йоьрзург хиларх. Цундела цигарчу революционерашца хаддаза зIе латтор чIогIа оьшура цунна.

 

– Цигаьрка узий ахь? – диллина цигаьркийн гIутакх Бакунине дIакховдийра Маркса. – Хьо маца кхаьчна кхуза?

– Масех де хьалха.

– Кхузахь саца ойла-м йац хьан?

– ХIинца цкъа-м йац. Зудчуьнца Итале воьдуш ву со.

– Дукха ханна?

– Хаац. Ойла-м, са а доIуш, цхьана шарахь цигахь Iан йу.

Маркса, лата а йина, сирник кховдийра Бакунине.

– Россехь долу хьал хаьий хьуна? – хаьттира Маркса, шен цигаьрка а латийна.

– КIезиг хаьа. Хьан корреспонденташ ма бу цигахь.

– ХIаъ. ГIуллакхаш дика дац хьан декъазчу даймахкахь. Польски гIаттам а хьаьшна хилар суначул дика хаьа хьуна. Кавказан ламанхошца дерг а чекхдаьккхина. Ах миллион чергазий, лоьхкуш, Турце, хIордал дехьа боху. Реформина резабоцуш карзахбевлла муьжгий а цIарций, шпицрутенашций, серагашций берта балош бу. Доцца аьлча, оьрсийн царизм шен сатийсамийн лакхенга кхаьчна. Ткъа хьайн деятельность муьлхачу aгIop йерзо ойла йу хьан?

Бакунина, боккха баьккхина кIур, чу а оьзна, татанца арахийцира.

– Суна хьалха цхьаъ бен некъ бац. Аш кхоьллинчу организацех чIогIа воккхавиэ со. Цхьа а тайпа дIасахьийзар доцуш, цуьнан магIаре хIуттур ву-кх. Польски гIаттам дIабаьллачул тIаьхьа социалистически боламехь дакъалаца сацам хилла сан.

Маркс леррина Бакунинан хьекъалечу бIаьргаш чу хьаьжира.

– Суний, Энгельсний чIогIа хазахетар дара, хьой, Герценний Интернационална йукъавеача, – элира цо. – Амма тхуна оцу организацехь бакъболу интернационалисташ беза. Новкъа ду вайн идейни хьежамашна йуккъехь йаккхий галморзахаллаш хилар.

Цигаьркан йуьхьиг чимтосурга чу а таIийна, гоьл тIе ког баьккхира Бакунина.

– Тхойша интернационалист вац бохург ду-кх иза?

– Верриг вац. Герцен вуьззина панславист ву, ткъа хьо а, хьомсара Михаил, цунна дукха гена ца ваьлла.

– Шун агIорхьа мелла а гIулч ма йаьккхина ас.

Маркса корта ластийра:

– Гал ву хьо, Бакунин. Ахь славянашка немцошций, венграшций цхьана барте кхайкхарх, хьох интернационалист ма ца хуьлу. Ахь хьесапе ца оьцу пролетариатан революционни ницкъ а, цуьнан гегемони а. Хьан «ахархойн социализм» дуьххьалдIа утопи йу. Ткъа ахь кхайкхо славянски федераци кхолларан лозунг, буххенца бIаьрзе хилла ца Iаш, зуламе йу.

– ХIунда? – цецвелира Бакунин.

– Славянски федераци кхоллалур ма йац, Европин карти тIера Турций, Венгрий, ах Германий дIа ца йаьккхича. Цигара схьахедийна мехкаш Россина тIехотта дезаш хуьлу.

– Ой, и идей кхочушхилча, ши пайда ма хуьлу: славянаш Iазапех хьалхабахар а, реакционни Австрий, Турций гIелйар а!

– ТIаьхьалонан ойла йан а йой ахь? – стоьла тIе а таьIаш, хьалхакхевдира Маркс. – Славянски федерацин коьрте паччахьан Росси хIуттург хиларан? Цуьнан ницкъ кхин иттазза стамлург хиларан? Цул тIаьхьа, шайн тIехиндерг чIагIдархьама, йерриг Европа кога кIел йерзо дезар дара славянийн. Шен долахь бархI бIе эзар цхьамза болу панславизм, динан символ йолчуьра дIа а йаьлла, политически программе йирзина тахана. Европина хьалха альтернатива хIоттийна цо – йа славянашна кIелсацар, йа славянийн тIелатаран ницкъан центр йолу Росси гуттаренна а йохийна дIайаккхар!

Бакунина, вист ца хуьлуш, схьаэцна, цигаьрка латийра.

– Цул сов, хьомсара Бакунин, Россехь хуьлучу цхьадолчу гIуллакхашка бIаьргаш хьаббина хьуьйсу шу.

– Оха, йа къаьсттана аьлча, асий, Герцений тхайн ницкъ кхочург дина, гIевттинчу полякашкахьа гIo доккхуш, царизмо махкал чоьхьа а, арахьа а дIакхоьхьу иэхье политика Iорайоккхуш. Суна хетарехь, революцин гIуллакхна кIезиг гIo дац иза.

– Оцу тIехь оха доккха баркалла олу шуна. Европа шайга идиотски хьежначу паччахьан Россис польски гIаттам хьашар а, Кавказ дIалацар а кху тIаьххьарчу шовзткъе итт шарахь хиллачех уггар доккхачу маьIнин ши гIуллакх лору ас.

Бакунина, ца кхеташ, белш хьалатуьйхира:

– Полякех лаьцна-м иштта ала догIура иза, амма Кавказан ламанхой… Иэшарий-те и бодане ламанхой революционни кхетам болчу полякашца цхьана магIара хIитто?

Маркс, шен кIайн цергаш гучу а йохуш, гIадвахана велавелира.

– Хьомсара Бакунин, хьуна хетарехь, революцин дакъалацархой берриш а университетски образованеш йолуш хила беза-кх! Ткъа хьо-хьуо-м ма ву беккъачу цхьана оьрсийн ахархойн ницкъаца социализм хIотторан идейш кхайкхош!

– Ткъа халкъан революционни кхетам?

– Дайшкара охьа помещикийн леш хилла, боданехь кхиъначу оьрсийн крепостной ахархойнчул лахара хир бу ткъа маьрша кхиъначу Кавказан ламанхойн кхетам?

Бакунин вуьйхира.

– Дерригенна а кийчча жоьпаш ду-кх хьан, Карл.

Маркса, шен велар а сацийна, леррина къамел долийра.

– Хьомсара Михаил, шун, оьрсийн революционерийн, цхьа декъаза амал йу: шайн оьрсийн, царах тIехдевлча, славянийн гIуллакхаш бен дош ца хеташ.

– ГIуллакх шен хIусамера дIадоло ма деза. Цул сов, европейски масех махкахь хиллачу революцехь дакъалаьцна ас…

– Реза ву со! Ас даре до дерриг хьайн дахар революцин гIуллакхна хьажийна, майра, хьуьнаре стаг хьо хиларна. Амма идейни гIалаташ, хьомсара Бакунин, идейни гIалаташ. Ахь хенан йохалла уьш нисдийриг хиларх теша лаьа суна. ХIетте а, вайшиннан къамел Россина тIера доладаларна а, социалистически боламехь дакъалаца хьайн сацам хилла ахь аларна а, къоман гIуллакхна тIевоьрзу со. Коммунистийн Iалашо дуьненахь коммунистически йукъаралла кхолларца дерриг а халкъашна ирс кхоллар йу. Амма, и Iалашо кхочушйархьама, дуьненан халкъаша, уггар хьалха, дуьненан халкъийн пролетариато, цхьаьна а кхетта, реакционни ницкъаш бохийна, аьтта дIабаха беза, цу тIе кхойкху коммунистийн девизо: «Массо мехкийн пролетареш, цхьаьнакхета!» Цундела, коммунистийн а, йа социалистийн а бакъо йац революционни боламехь халкъаш динций, расашций къесто.

– Ой, и дерриг шен хIусамера дIадоло ма деза…

– Собар, Бакунин, хIинцца оцу тIе кхочу со, – сацийра иза Маркса. – Хууш ма-хиллара, Росси кху тIаьххьарчу бIешарахь мехкашдIалецарна тIегIерташ держава йу. Амма 1789-чу шаро къона, ницкъах вуьзна дуьхьалонча кхоьллина цунна. Ас йуьйцург европейски революци йу. ХIетахь дуьйна схьа европейски континент тIехь дуьхь-дуьхьал ши ницкъ лаьтта: цхьана агIор – Росси а, абсолютизм а, вукху агIор – революци а, демократи а. Оьрсийн царизман толам революцин а, демократин а иэшам бу. Оьрсийн царизман иэшам революцин а, демократин а толам бу. Кавказан ламанхойн къийсам бахьана долуш, тIаьххьарчу кхузткъа шарахь цигахь лаххара а кхо бIе эзар салти латто дийзира царизман. Иза доккха гIo дара европейски революцина а, шайн лоллина дуьхьал къийсам латточу оьрсийн ахархошна а. Цундела оьрсийн царизмана дуьхьалбаьккхина муьлхха а ницкъ декъалбар вайн, революционерийн, сийлахь декхар ду.

– Суна хетарехь, хьомсара Карл, тхуна даггара лиъна Польшехь а, Венгрехь а оьрсийн царизман иэшамаш хуьлийла.

– Бакъду иза. Амма шуна лаац царизм массанхьа а оьшийла. Масала, тIаьххьара хиллачу оьрсийн-туркойн тIамехь. И тIом шина а агIорхьара агрессивни Iалашонашца бара. ХIетте а, суна даггара лиира цигахь Росси оьшийла. Оцу тIамехь тоьллехьара, Россин ницкъ, йа, вуьшта аьлча, революцин мостагIчун ницкъ, шозза алсамболура. Цхьадика, и ца хилира. ДуьххьалдIа хIунда ца олу иза, шун мехкан прогрессивни интеллигенцин дукхахдолчу декъана ца тайра оцу тIамехь Россин кхиамаш цахилар. Цигахь хьуьнарш гайтина инарлаш хесто лиънарш а гучубевлира. Доцца аьлча, шайн даймехкан тешаме кIентий ду шу. Шун доглозу шайн крепостни ахархойх. Аш къинхетамза Iорадоху иэхье крепостни долалла. Шу орцахдовлу Оттомански имперехь Iазап хьоьгучу славянашна. Шу орцахдевлира гIевттинчу грекашна а. Уьш шайца православин цхьана динехь хиларна а, Россин мостагIчунна, Турцина, дуьхьал уьш гIовттарна а. Амма оьрсийн царизмо кху тIаьххьарчу кхузткъа шарахь Кавказан лаьмнашкахь лелочу варварски гIулакхашка биэндоцуш хьуьйсу. Цо бIарздина, даймахках даьхна, лаххьаделла Турце кхелхачу масех чергазийн къомах доглезна, аш дош олуш ца хезна суна, хIунда аьлча уьш шун цIийх, шуьца цхьана динехь бац. Уьш азиаташ, басурманаш бу. ХIан-хIа, хьомсара Бакунин, хьан революционни хьежарш цхьаьна ца догIу коммунистически идейшца.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru