bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

XI корта. Алхазан Муса

Хьуна йелха нана йац

МостагIийн кху махкахь,

Хьуна тийжа йиша йац

МостагIийн кху махкахь.

Хийла кIант воьжначу

МостагIийн кху махкахь,

Хьо цхьалха хеталой,

Воха ма вохалахь.

МостагIийн кху махкахь

Хьо хилар ма дицде…

Нохчийн илли

1

ШолгIа бутт бара йуханехьа новкъа бевлла нах дозанашка гIерта.

Къилбаседехьа мел гIоьрти, де дийне мел дели, нилхайуьйлура церан тобанаш. Уьш хьоькхура къизачу мацалло.

Говран жижиг даац нохчочо. Дино ца дихкина цунна иза. ДуьххьалдIа говр муьлххачу цуьнан бохамехь тешаме доттагI ву. Шен дин кIелхьарбаккха, ша Iожалла тIеоьцийла йогIу. Амма хIинца йайъа дийзи говраш. Церан жижиг даа дийзи. Бераш, зударий, къенаниш мацалла ца балийта.

Ткъа уьш хьоькхура къизачу Iожалло. Эрзерумерий, Мушерий схьа Александрополе богIучу оцу бехачу некъаца цара дуьтура кегий а, даккхий а кешнийн керла баьрзнаш. Мацахлера иллеш, эшарш хIинца йесанан сингаттамечу мукъаме йирзинера. Некъашкахь сих-сиха совцура велларг дIаволла. Ца хезара веллачунна тIехь зударийн белхарш. Ца гора тезета хIиттина тхьамданаш. Велларг дIаволла йуьстахбовлура дегIехь мелла а ницкъ болу наххий, моллий. Хийрачу лаьтте лора, вертанан йа истанган бIегIагна йукъа хьерчош, йа хьарчо уьш йоцуш, шайн тIелхигашца, къонахчун дакъа. Сихха тIе латта а хьокхий, лохха барз а бой, гIевланга дечиг йугIура.

ТIаккха сингаттаме долалора моллин аз: «Йасин валкъуранил хьаким, инна каламинал мурсалийн…»

Моллас ца хоттура велларг муха стаг вара, ца доьхура цунна къинтIердовлар, цуьнан дикаллина тоьшалладар. ДIавуллучун, дукха хьолахь, гергара хьовха, йуьртара а ца хуьлура стаг.

Амма, накъосташна тIаьхьакхиа сихбелла, коша йуххера дIабовлуш, церан лерехь декара весет. ХIан-хIа, веллачун весет шел тIаьхьабуьсучу бахамах, хьолах, тIаьхьенах лоций ца хуьлура. ХIораннан а весет цхьаъ дара: нагахь, Iожалло новкъахь ца совцош, Нана-Нохчийчу шаьш дIакхачахь, даймехкан лаьттана шен цIарах барт лолаш, дуьненах Iехавелла шех ваьллачу кIантана гечде алалаш цуьнга, йуьртан кешнийн кетIахь шен безамна цхьа шога тIулг богIалаш…

Чилдарна сехьабевлча, доккха догIа а дилхина, некъ боьхначу цара цхьанаметтехь ши де текхира. ШолгIачу дийнахь цигара гена довлале, некъахошна хезира шайна тIаьхьадогIу говрийн тата. Уьш йухахьовса а кхиале, царна гуобира марсадаьхначу дойшкахь тIекхиъначу дошлойн отрядо.

– Йухадерза! – шед лестош, мохь хьоькхура тIекхиъначийн коьртехь волчу Iаьржачу эпсаро.

Шодмаш а уьйъуш, зударшний, берашний тIе говраш туьйсура дошлоша.

Наха, сиха кочара схьаэцна, тоьпаш дошлошна тIелецира. Зударийн карахь къегира, гIалакхаш санна, шуьйра, йеха шаьлтанаш.

– Герз ма хьеде! – мохь туьйхира Аьрзус.

Цунна ца лаьара цIий Iано. XIapa йанне а дов хьеден меттиг йацара.

Уьш тоьлур ма бац туркойн пачхьалкхан эскарал. Iедало даржийначу эладитанаша кхузахь дерриг бохург санна адам кхелхина баьхкинчу ламанхошна дуьхьал даьккхина. Къаьсттина гIepтара туркойн Iедал бухарчу гуьржашний, эрмалошний, тIебаьхкинчу ламанхошний йуккъе мостагIалла дожо. Ткъа балла бохкучу хIокху пекъаршна ца оьшу цхьаьнцце а дов. Шайн новкъа къилбаседехьа дIадаха шаьш дитичхьана, церан цхьаьнцце а Iоттбаккхам бац. Амма туркойн дошлойн оьгIазечу йаххьаш тIехь гуш бац къинхетаман хьаса. Ванах, лата деза-те? Ванах, кхин даймохк ца гуш, кхузахь дала деза-те? Iелина гира, зIок санна, хьаьвзина мара а болуш, йоккха бага а йолуш волчу озачу туркочо цхьана зудчун букъах шед тухуш а, зудчунна тIехьа лаьттачу жимачу стага дошлочунна топ йожош а, уллорчу Аьрзус, кIел куьг а тоьхна, тоьпан йуьхьиг хьалатосуш а… Ирхйаьллачу тоьпан тата, шалхадолуш, ламанца кхерстина дижа а кхиале, гучувелира кхин а цхьа бере. Цо тоьхначу маьхьаро йухабехира туркой. Дукха хан йалале гучуйелира чаболахь новкъа догIучу коьртачу эскаран йуьхь. Хьалха сирачу динахь вогIура зоьрталчу дегIахь чIогIа тамехь паша. Туркойха вухавелла и велахь а, бIаьрг ма-кхийтти хаьара иза кавказан ламанхо вуйла.

– Ассалам Iалайкум! Мила ву шун коьртаниг? – шена суждана эгна туркойн дошлой тергал а ца беш, нохчийн маттахь хаттар дира цо цецбевлла лаьттачу нахе.

– Со ву, – хьалхавелира Аьрзу.

Паша леррина хьоьжура Аьрзуга.

– Вовзац хьуна со, Алхазан Муса?

Шен цIе йаьккхича, цецваьллачу Кундуховс когашкара коьрте, тIаккха йуханехьа бIаьрг кхерстабора хьалха лаьттачу лекхачу дегIара озачу стаге. Ша мел гIелвеллехь а, цо курра агIор тесна латтабора баьлла корта, дегIах цIе йилла санна, цуьнан йуьхьа тIера схьахьоьжура майра ши бIаьрг.

«Ванах, мичахь гина-те суна хIара стаг? – ойла йора Кундуховс. – ХIинца хIорш бовза хала ма ду. Хьанна хаьа, хIара суна хьалха лаьттарг мацах цкъа со лиллина йа ас лиллина наиб хила а тарло». Мел ша кура, къиза велахь а, и гIелделла, гIаддайна, ахдийна адамаш гича, ламаст меттахъхьайра Алхазан Мусин. «Амма мисканийн кхо бутт хьалхалерчу элдар догIмех, шайн майра дегнаш доцург, хIумма а ца дисна-кх хIинца. Ac гIo дира паччахьан правительствона хIорш Iехош махках баха. Гечдийр дуй-те суна Дала? Цо гечдича а, кхеран тIаьхьено?»

– Бехк ма биллалахь, суна хьо вовзац, – элира цо эххар а.

– ХIунда буьллу! Тахана цхьанне а ца лаьа тхо довза. Тхоьгара кхета дика дац. Тхо йухадерзийнарг, тхо къиза хIаллакдинарг чинехь, даржехь лакха-м воккхур ву. Ткъа чаьлтачанна шен шаьлтанна кIел корта буьллург вовза ца лаьа. ДагадогIий хьуна, диъ шо хьалха ахьий, Чермин Орцассий бенойн йарташ а йагийна, карахь мел долчух баьхна, цигара бахархой Iаьнан шелехь берашца хьаннашкахь, таллархоша акхарой санна, лоьхкуш лелийна?

Кундухов, Аьрзуна жоп ца луш, говрара охьа а воьссина, урх нуьйран хIоьах тесна, некъана йуьстаха корта тосуш, шена уллохь лаьттачу эпсаре масех дош а аьлла, йуха Аьрзуна тIевирзира.

– Кху адамашна хьалхара дIавала вайша?

Цунна гуонаха лаьттачу эпсарех цхьамма, мажбелла лаьттачу бай тIе жима куз а баржийна, оцу тIе горга ши гIайба тесира.

Цаьршинца йуьстахволуш кхозлагIниг гина, Iела царна тIаьхьахIоьттира.

– ХIара соьца верг сан ваша ву, – элира Кундуховс, Аьрзуна тIаьххье охьа а хууш.

– Вевза суна Апако.

– Ас сайн паччахьо сайна тIедиллина декхар кхочушдора, – хьалха Аьрзус йукъадаьккхинчу къамела тIе йухавирзира Кундухов. – БойсагIар, Солтамурд, Iуммий, Атабий – уьш бара оцу шарахь Iенийначу цIийна бехке.

– Ткъа нохчийн долара мегаш долу латта дIа а даьккхина, уьш дерзинчу лаьмнашка а боьхкина, мацалла бала битарна бехке мила вара?

– Вайн цигара дисина халкъаш санна, дуьхьало ца йеш, бертахь Россех дIакхеттехь, шуна а хир дацара хIума.

– Кхахьпа зуда бен ца йоьду дуьхьало ца йеш боьршачу стеган кара. Аш, элаша, оьрсийн паччахьна доьхкира шайн халкъаш. Дешех. Тхан бацара тхо дохка элий. Тхо маьрша дара. Тхуна ца лаьара цхьаннен а лайш хила. Кхетий хьо, цхьаннен а?! Цундела летара тхо. Йа цуьрриг дохко а ца девлла. Маршонан дуьхьа вала-м, и маршо хIун йу хаа дезий. Хьуна и хаац йа хуур а дац, Алхазан Муса. Нах бохка, иэца, йамартло йан, сийдоцург лело бен, шу элашний, инарлашний кхин хууш хIума дац. Шу гIорасизчаьрца майра ду. Шаьш маьрша делахьара, шу гIертар а дацара маьрша нах лолле берзо. Маьршачу стага цкъа а стаг лолле ца верзаво, цунна дика хаьа маршонан мах. И шуна хаац.

– Цул, иза а дитий, дIогахь хьо ала гIиртинарг алахьа, – шаьш тIеттIакхаьчначухьа чIениг тесира Кундуховс.

– Со-м хьуна со вовзийта гIертара. Диъ шо хьалха цхьана буса бенойн хьаннашкахь ахь цхьакIеззиг нахана дош делира кхин нохчашна дуьхьал герз ца айъа а, зулам ца дан а. Оцу ахь дош деллачу нахах цхьаъ ву со. ХIетахь ахь аьлла дешнаш дагахь ду суна: «Дитт, ша охьакхеташ, уллерчу диттах тевжа, боху хIирийн кицано, – элира ахь. – Цхьа бохам тIебеача, вай вовшашна тIетовжаза ца довлу. Ас дош ло шуна, тховсачул тIаьхьа цкъа а шуна зуламна куьг ца айъа, ког ца баккха, дош ца ала». Амма, хьо хьайн дашах воьхнийла хиъна, хьуна и карладаккха дIадаханчу Iай хьан йуьрта веанчу шина стагах цхьаъ ву со.

– Со волчу оьхучуьра нохчий цкъа а ца хедира кху тIаьххьарчу шарахь. Дукханна цхьаъ дагахь латто атта ду, цхьанна дукханнан сибаташ дагахь латто хала ду, – шого жоп делира Мусас.

– Хьо волчу листинарш кхуза кхалхаран хьокъехь дагабовла оьхура, ткъа тхойшиъ кхечу гIуллакхна веара.

– Соьца масане гIуллакх хилира нехан.

– Тхойшиъ, хьоьга хьайн даша тIехь саца аьлла, веанера.

– Хьан цIе хIун йу?

– Сан цIе Аьрзу йу.

– ДагавогIу. Амма, ца вийцича, вевзар вацара. Хийцавелла хьо.

– Кхузахь оха баьккхина кхо бутт кху тIаьххьарчу ткъа шарал хала беана тхуна.

– Ас ца дохийра шуна делла дош. Со сихха дIавахара шун махкара. Цул тIаьхьа ас цкъа а дакъа ца лецира Iедало шуна дуьхьал дечу гIуллакхашкахь.

– Амма тхан нах Iехо Iедална гIo динарг-м хьо ву, Муса. Нах тешара хьох, ахь деллачу дашах. Ламанан кIенташа дош лардо. Иштта схьадогIуш гIиллакх ду вайн дайшкара. Нахана хьо къонах ву моьттура, ткъа иза бакъ ца хиллера.

«Хьажахьа хIокху писан хецайалар! – дагахь йаппарш йора Кундуховс. – Лергах а хьокхий со! ХIокху туркойн жоьжахатино а ца йожийна-кх кхеран Iовдал куралла. Схьа а лаьцна, ваьхьна Диарбекиран набахте таса веза!.. ХIан-хIа, и дан ца тарло. Цо зулам дийр ду сан Iалашонна. ХIокхарна дуьхьал ас ницкъ баккхахь, хIуй-пака хуьлу ас даим а дагахь латтийна, шен дуьхьа ас оццул хан а, ницкъ а байъина сан мерза сатийсамаш. Ас кхарна дуьхьал герз айъахь, бисинчу нохчашна йуккъехь сий довр ду сан. Айса оццул леррина кху хьола тIе далийна сайн гIуллакх xIapa тIуьйлигаш бахьана долуш дохо деза ас? ХIуъу хилча а, дохор дац! ТIехула тIе, кху эскаро кхерор а буй ткъа уьш? Шаьш тIаьххьара сауьйзуш белахь а, летта бала кечбелла. Суна-х йевза кхеран хьере майралла. Хазачу дашо бен берта балор бац. ХIумма а дац, мел сайн сий дахь а, нийсачо нийсачуьнца санна, къамел дер ас кхуьнца. Дехаре ваьлча а дац хIумма а. Парижан дуьхьа-м ламаз дан а мегар ду, аьлла-кх Генрих Навварскийс…»

 

– Цкъа-делахь, ас хьоьга доьхур ду, айхьа олу дош ойла а йина алар. Хьан къамел дукха шога а, со ца лоруш а хетало, – элира Мусас, шен оьгIазвахар сецо а гIерташ. – ШолгIа-делахь, нах Турце кхайкха Нохчийчу ца веана со цкъа а. Шун йартийн тхьамданаш сайх дагабовла со волчу баьхкича, ас сайна хетарг аьлла.

– Хьо-м ца веара, xIapa хьан ваша Апако-м лийлира хьан дагахь дерг шегара долчуха къайлах-къулах а нахала даржош.

– Хьуо Делах тешахь, тешахьа сох, Аьрзу. Суна ца моьттура айса долийначун тIаьхье иштта декъаза хир йу. Шуна дика болх бан гIиртира со. Мегаш долу латта дIа а даьккхина, лаьмнийн кIажа дерзийначу шуьгахь ирча хьал дара. Оцу гIелонах хьалхадовла шуна кхоъ бен некъ бацара: йа мацалла далар, йа сагIа деха арадовлар, йа шайгара дIадаьккхина латта герзаца йухадерзор. Суна хаьара аш тIаьххьара некъ харжар. Йуха а цкъа цIий Iаназа ца долура, Аьрзу. Оцу хьолехь шу дисича, цкъа а цигахь синтем хир боцийла хуучу оьрсийн Iедало сацамбинера ах нохчий ГIебартий, Теркал дехьий, гIалгIазкхашна йукъий биэкъа, шун махка керла станицаш йахка…

– Тхуна хаьара иза.

– Шу цигара бертахь дIадевр дацара. Iедало шу дуьтур дацара. Кийчча тIом бара иза. Суна шера ма хаьа хьо хIунда веана. Оьрсийн Iедална дуьхьал аш кечбечу керлачу гIаттаман тхьамданаша тIедилларца, туркошка шайна гIo деха, цхьабарт бан веана хьой, Маккхаллий кхуза. Амма оьрсашца и керла тIом чекхбер бара шух нийсса ах хIаллакбеш, бисинарш махках а бохуш. Цул а суна бакъахьа хийтира, шуна йукъара цхьа масех эзар доьзал бусалба Турце а кхалхийна, бисинарш маьрша бахийтар…

– Тхох къахеташ лелла-кх хьо?

– Дела ву-кх сан дог гуш.

– Харц лоь хьо, Алхазан Муса. Харц лийча, иэхь ду къонахчунна. ДIадаханчу Iай хьо волчу а веана, ас а, Макхалла а элира хьоьга, Хонкара кхалхар къобалдеш хабарш ма дийцахьара ахь хьайна тIебаьхкинчаьрца, цигахь Дала делла бохуш, тхан нахана йукъа эладитанаш а ма даржадахьара ахь. Цига бахча нах, шайл хьалха бахана эдагой санна, хIаллакьхир бу, лахь, – шайн лаьтта тIехь лер уьш, и нах Iадбитахьара ахь. Бехирий?

– Бехира.

– ХIунда дира ахь xIapa?

– Бахьана ас дийцина хьоьга.

– Харц ву хьо, Алхазан Муса. Къайлаха цхьа Iалашо хилла хьан. Кхузахь туркошца йа дIогахь оьрсашца бина барт бу хьан. Ца хилча, берриг хьан бахам безачу мехах дIа а эцна, цара хьо схьа а хоьцур вацара, кхуза схьа ма-кхеччи, туркоша хьуна пашин чин а лур дацара!

– ХIаъ, сан барт бара шина а агIонца. Шун дуьхьа, шу хIаллак ца хилийта.

– Муха керча хьан мотт, Муса?! Нохчийчоь а, ДегIаста а дIалаьцча, цигахь тIом чекхбаьлча, кхидIа хьо ца оьшура оьрсийн паччахьна. Хьо мел дукха вахарх, чинехь кхин лакхаваларе догдохийла йацара хьан. ТIехула тIе, оьрсийн Iедало мукъа бохура, Муса-эла, шун йалхой а. Цигахь хьайн гIуллакх галдала доллийла хиъна, хьо, кхузахь иза тодан, нохчий а эцна, схьавеана. Тхан нехан цIий Iенош, цигахь инарлин чине кхечира хьо, и ца тоуьйтуш, кхуза а далийна, йуха а цкъа тхо хIаллакдарца паша хили хьох. Хьан дагахь кхин а дикка хIуманаш ду, амма кхин тхо Iехалур дац. БойсагIар имам ваьллачу шарахь айхьа хIаллакдинчул иттаза сов адам хIаллакди ахь, кхузахьа схьа а далийна. Махках а даьккхина, мацалла, къиза. Хьан эладитане мотт сецнехь, xIapa адам шен махкахь хир дара.

– Гора, Аьрзу, йаI, со бехкевар бен, кхин хIума-х ца хаьий хьуна, – доккха садаьккхира Кундуховс. – Хьоьца ца къийсархьама, ахь боххург бакъ ду аьлла, соцург хир ву-кх. Амма со дуьнен чохь ца хиллехь а, шуна хилларг, хиндерг а ду-кх ахь суна тIетеIориг. Со ца хиллехь, кхин инарла хир вара диъ шо хьалха шун гIаттам хьаша. Иза сол къиза, дера хила а мегара. Шу кхузахьа схьадало а вер вара кхин. Сох а, хьох а дозуш дац хIорш. Ницкъболчо гIорасизниг иэшош, вацош, схьадогIу дуьне. Оьрсийн къам а, мохк а дукха ду, ницкъ болуш ву церан паччахь. Дукха хан йара дуьненан нуьцкъалчу паччахьаша вайн исбаьхьчу лаьмнашка сутара бIаьргаш хьийсабо. Вайн ницкъ бацара цаьрца къийса. Царах цхьанна кIел совцаза ца довлура. Девнехь иэшна кIел совцучул, бертахь тIедерзар тоьлуш лерина, дина тхан дайша шаьш динарг. Деллера, дера, царна-м чинаш, даржаш, совгIаташ. Дуьхьало йинехь? Шу санна, хIаллакьхир бара. Сий, пусар хир дацара. Шуна хаа ма деза, Аьрзу, оьрсашна дуьхьало йан гуьржийн паччахьашний, хIирийн, гIебартойн, гIумкийн, жIайхойн а элийн ца кхаьчна ницкъ шайн кхочур боцийла. Хаа деза, гуобаьккхина Iен халкъаш шена муьтIахь хилла севцича, оцу йуккъехь цхьа кIайдарг хилла лаьтта шаьш тIе ца дерзийча, оьрсийн паччахьо дуьтур доцийла. Царна оьшурш-м шуй, тхой даций, вайн исбаьхьа лаьмнаш, Iалам а ду. Уьш бертахь шайга дIа ца делла халкъ паччахьо хIаллакдийр ду. Иштта дара шен инарлашка цо диэнна ден омра. Шу ловзош Iийр вацара. Цигахь гаттехь шу дита йиш йацара. Латта ца тоьура. Шуьгара дIадаьккхинарг элашний, эпсаршний совгIатана декъна. Дукхахдолчунна тIе гIалгIазкхийн станицаш йехкина. Диснарг пачхьалкхан дола даьккхина. Шу массо мацалла леш хиларх, паччахьо цигара гIалгIазкхий дIабохур бац, йа эпсаршний, элашний декънарш шуна йуха а дерзор дац. Иза ма хаьа хи чуьрчу пхьидашна а. Цул шу цхьадерш Россин кIорге, вуьш ГIебарта, дисинарш Теркал дехьа кхалхийча? Оьрсашна йуккъе даржийча, уьстагIий санна хир ма дара шу. Церан дине, матте, гIиллакхе дерза а мегара. Бертахь шу девр дацара шайн махках. Кийчча керла тIом бара иза. Гой хьуна, Аьрзу, со дуьненахь ца хиллехь а, хир долуш хIуманаш дара уьш. Ткъа цигахь а, кхузахь а шун аьтто бан со мел гIирти хууш вай кхоьллина Дела ву.

– Хаьа тхуна, Муса, – жимма кIадвелира Аьрзу. – Диарбекирехула дIа ца дуьгуьйтуш, Мушаний, Байбуртаний, Эрзерумний, Къарсаний уллохь тхо совцо гIерташ, ахь хьайн ницкъ кхочург лелинийла а хаьа. Амма паччахьан инарла Алхазан Муса диъ шо хьалха тхоьца бертавалийнарг, цигахь а, кхузахь а тхан бала кхаьчна лоьлуьйтург хIун ду хаац-кх. ХIинца дIа ойла йича, хетало, и дерриг ахь паччахьан Iедалан бертахь лелийна. Нагахь тхо шекдерг бакъ хилла карадахь, ларлолахь, Алхазан Муса. Лаьттах воларх, стигала валарх, тхуна карор ву хьуна хьо!

Кундухов вист ца хуьлуш сецира. ЦIеххьана чу гIайгIа йоьссина цуьнан майра ши бIаьрг тIуьначу лаьттан некъан йистонца хевшиний, эгний Iохкучу адамашна тIехь сецира. Цуьнан омране ладоьгIуш, кийчча лаьттара туркойн дошлой. Цуьнгара дош даьлча, уьш, жIаьлеш санна, тIекхийсалур бу оцу балла бохкучу нахана. Ткъа маса кхачалур ву царах Муше йухакIегар? Иттех. Бисинарш лийр бу. ХIетахь кхеран гIаттам хьошуш-м командованин приказ кхочушдира цо. Йагош, хIаллакйира дийнна йарташ, таллархочо экха санна, хьаннашкахь адамаш хьийзийра. Амма нохчаша оцу гIуллакхна бехке командовани ца йира, ткъа операцина тIехь куьйгалла дина иза, Муса, вира бехке. ХIинца а, велин приказ кхочушдахь, царна хьалха дерригенна а бехке хир ву. Цунна уггар коьртаниг нохчий шех тешор ду. Ткъа кхеран цIий туркоша шаьш Iанор…

Хевшина Iачу нехан цхьана тобано цIеххьана гIийла назма йолийра:

…Бусалба паччахьо ша волчу доьхура,

Кераста паччахьо, цIахь совца, бохура,

Къемат-де хIуттуш ду, молланаша бохура,

ЦIе йоцуш, мох боцуш Нохчийчоь йогура,

Мел дезарг дIатесна, вай махкахдевлира.

Паччахьийн багахь берг йамарт мотт хиллера,

Алхазан и Муса сийна цIе хиллера,

Iуспанан Сайдулла цIарна мох хиллера,

Стешхачу молланаша вай Iехош хиллера,

Цара вай кхачий-кха къематан кху дийне…

Оцу назманан хIор а дош, буроха лерга хьаьвзий, дегIах лазар тухуш, массо а пхонах чекхдолура Кундуховна. Цкъацкъа ойла хуьлура цуьнан лерга пIелгаш дохка йа, дина а хиъна, цхьана агIор къайлавала. Амма уьш ший а дойла йацара. Цергаш а таIийна, цо сатуьйхира назма чекхйаллалц.

– Аьрзу, нехан неIалтал доккха таIзар дац стагана. Суна хаьа, шун тIаьхьено сайна и кхайкхор дуйла. Шун мехкаш дIалоьцуш дакъалаьцна со а, дисина адамаш а замано шен кхиэлана гIовттийна хилла. Кхин хIумма а дац. Йуха а боху ас, сох, со санначу иттех, бIе стагах новкъа дала а, кIелдиса а хIума дац. Тхо ца хиллехь, кхин хир бара. Со вина мохк ца безаш ца веана со кхуза. Шу-м цIа дерза а мега. Доьрзур а ду, Дала мукъалахь. Амма суна иза йуха гур бац. Сой, Сайдуллий, кхин а масех стаг йуха Россе вуьтур вац паччахьо. Дерриг дуьйцур дац ас. Цунна хан дукха йеза. Амма сайн цхьа къайле хьуна йийца лаьа. Диъ шо хьалха бенойн хьуьнхахь шаьш сайх ас хIунда тешийра бохучу хьан хаттарна жоп хир ду xIapa. Оьрсийн паччахьна тхаьш гIуллакх деш делахь а, оьшуш дуьненан даьхний дацахь а, тхо цхьадолчаьрга ца лалора вайн халкъашна тIехь цара латто къизалла, цара вайн сийсаздар, иэхь ца хеташ талор. Цундела оха, цхьана пхеа стага, барт бира оьрсийн олалла вайн махкара дIадаккха. Уьш пхиъ: сой, Iуспин Сайдуллий, Цугин Iелахий, Уцмин Мусий, Атажукинний вара. Тхан Iалашо кхочушйан боккха ницкъ оьшура. Ткъа цунна хан йезара. Амма оха хьалхара гIулч тоссушехь дуьйхира дерриг а: Атажук-эло мотт бира тхуна. Эла Уцмин Муса Россех кхалхийра. Ткъа тхо висина кхоъ лацаза висира. Со цецвуьйлура цу балхах. Суна ма хаьара, бартан коьртехь со ву аьлла, Атажукина мотт бинийла. Къаьсттина цецвуьйлура со витарх. Ас дуй ма биънера оьрсийн паччахьна муьтIахь хила. Со цуьнан эскаран инарла вара. Ткъа ас, и сайн дуй а къарбеш, пачхьалкхна йамартло йинера. ХIетте а ца лоцура, чинах ца вохавора. Амма суна кечдина кхин луьра таIзар хиллера церан дагахь. Инарло Лорис-Меликовс, цхьана дийнахь шена тIе а кхайкхина, доцца схьахьедира соьга: йа оьрсийн Iедална резабоцу нохчий а эций, Сайдуллица а, Iелаханца а Турце кхалха, йа оха оцу нохчашца цхьаьна дуьнен чуьра кIур бойъу хьан…

Кийра цхьа бала хьаьвзина, ша Iаччохь меттахъхьеш, синтем байна Аьрзу цIеххьана хьалаиккхира. Шен кхоьлина бIаьргаш хIетталц биэндоцуш дехьа ломан баса боьгIна гIийла къамел деш Iачу Кундуховс, гIулч таса кхиале, катоьхна пхьарс лаьцна, лаьтта охьаозийра Аьрзу.

– Хьайн Делан дуьхьа, Аьрзу, со дийцина валлалц, ладогIа, – дехаре хьалахьоьжура иза. – ХIинца хьоьца къамел дийриг оьрсийн инарла а йа туркойн паша а вац, ткъа шуьца цхьана лаьмнашкахь вина, кхиъна ламанхо ву…

Аьрзу, тоьхна шен куьг Мусин карара а даьккхина, бIаьрнегIар ца тухуш, цунна тIе а вогIавелла, сецира.

Iелина дика йевзара вешин амалш. ТIехьашха хьаьжча а хаьара цунна иза гIийла хилча, самукъе хилча, оьгIазе хилча а. Ткъа хIинца Аьрзун йуьхьа тIера кIеззиг йисина цIелла а йайнера, кIайделла лахара балда цергаца а лаьцна, цо буйна къуьйлура шаьлтанан кIайн маьIан мукъ. Цуьнгара цхьа доьхнарг даларна кхеравелла Iела дерригенна а кечвеллера. Амма Аьрзус, гIелбелла, хевшиний, эгний Iачу зударшкий, берашкий, кхерамна кийчча ирахь хьийзачу накъосташкий бIаьрг а тоьхна, доккха садаьккхира.

– Суна хаьа хьан дагахь дерг, Аьрзу, – йуха а гIийла къамел долийра Кундуховс. – Суна стешха, йамарт жIаьла аллаза виси хьо.

– ХIаъ, цхьана мIаьргона цу дешнашца жIаьла сийсаздора ас. Дика жIаьла тешаме хуьлу шен дений, цIенний. Ткъа хьо йамарт хилла хьайн дена – оьрсийн паччахьна, йамарт хилла хьайн цIенна – даймахкана, хьайх тешначу адамашна. ХIан-хIа, Муса, жIаьла аларх, йуьззина ца йолу хьан бакъ цIе. И миска адамаш дацахьара, хьо ларвеш дерриг туркойн эскарш хиларх, ас са доккхур дара хьан. Хьоьца кху хьан вешин а!

ХIетталц цхьа дош аьлла а вист ца хуьлуш, шаьлтанан макъар тIе ка а диллина, шина нохчочунна тIера бIаьрг ца боккхуш Iаш волу доккха, мезалчу дегIара Афока къамела йукъавуьйлира.

– ЛадогIахьа, Аьрзу, тхо хьоьца адамийн маттахь къамел дан гIерта, ткъа ахь, кхерамаш тийсина, Iиттарш йина ца Iаш, тхо сийсаздо. Нагахь хьо вицвеллехь а, тхаьш хьо винчу лаьмнашкахь дина, кхиъна хиларрий, ткъа майраллей, оьздангаллей диллича, хьол тIех бен, оьшуш доцийла хоуьйту хьуна!

Аьрзу, вагийча санна, цIеххьана Афокина тIевирзира.

– Шуьшиъ кIилло ву бохург тхуна дага ца деана, Апако. Амма тешам, оьздангаллий хьехо иэхь хета дезара хьуна. Шуьшиннан йамартлоно пхи эзар доьзал мацалла хIаллакби кхузахь. Нохчийчохь тхан цIий Iанош инарлин чин даьккхира хьан вашас, ткъа кхузахь схьакхачарца паша хили цунах. ХIетте а, тешаммий, оьздангаллий хьехайо ахь! XIapa адам йухадерзадай йа дIадахийтий, айхьа дийриг дай вала, Алхазан Муса.

Шен веше, хIирийн маттахь и човхош масех дош а аьлла, йуха Аьрзуна тIевирзира Муса:

– Ас йуха а боху хьоьга, Аьрзу, хIинца хьоьца къамел дийриг йа оьрсийн инарла а, йа туркойн паша а вац, ткъа, хьо санна, махках ваьлла ламанхо ву. Хьайна Деле собар дехий, со дийцина валлалц ладогIахьа. ХIаъ, Аьрзу, сан даг чу йамарт ойланаш лилхина хила а тарло. Айса бохург цигахь ца хуьлийла хиъча, шун бохамах пайдаэца дагадеара суна. Ас ойла йира. Оцу ломан кIажа хьовзийначу нохчашна, царах итт дакъа дича, исс декъана а латта ца тоьу. Оцу хьолехь уьш совцур бац. Оьрсашна и хаьа. Амма нохчашкара дIадаьккхина латта Iедало къемата а царна йухадерзор дац. Лаххара а, нийсса ах нохчий шайн даймахкара дIабаха деза Iедалан. Амма уьш бертахь махках бевр бац. Ца хьебеш битча а, дIабаха гIоьртича а – кийчча керла тIом бу иза. Йуха а хIаллакьхир бу уьш. ТIаккха суна бакъахьа хийтира инарло Лорис-Меликовс сайна хьалхахIоттийначу шиннах хьалхарчу новкъа валар. Нохчийчуьра пхи эзар доьзал дIабаьккхича, цкъа-делахь, дуккха а латта бухабуьсучарна мукъадолура, шолгIа-делахь, xIapa уггар коьртаниг дара – цо уьш кIелхьарбохура керлачу тIамах. Цундела ас сацамбира, сайца кхалха резаболчу нохчашца Турце кхалха. Сайдулле а, Iелахане а дийцира ас сайн дагара. Ас цаьршинга ца хаийтира айса лелориг оьрсийн Iедалца бертахь хилар. Кху хьоле шу хIуьттур дуйла ца хаьара суна, Аьрзу. Бакъду, шул хьалха кхуза баьхкина чергазой, абазеш, убыхаш, шапсугаш суна кхин а ирчачу хьолехь гинера. Амма туркойн паччахьо со тешийра нохчийн дола шаьш дийриг хиларх. Дерриг галдаьккхинарг шайн дозанца йолчу меттигашкахь шу совцийта оьрсийн Iедал дуьхьал хилар ду. Ткъа шайна къастийначу лаьтта тIе дIадаха шуна а ца лаьа. Бехк бац шун. Дуьйш-дерзош доцчу оцу йекхачу махкахь дукха стаг хене вер вац. Цундела туркойн а, оьрсийн а бертаза со дуккха а гIиртира шу кхузахь совцо. Ницкъ кхачац.

 

Муса цхьана ханна вист ца хуьлуш сецира. Лаьттара схьаэцна цхьа дакъаделла чемхалг цергаца Iуьйшуш а Iийна, Аьрзу вист ца хуьлийла хиъча, йуха а шен къамел дIадолийра цо:

– ХIаъ, Аьрзу, сан бехкенна хIаллакьхуьлуш ду шу кхузахь. Со а Iехавелира, шу а Iехаделира. Бехке ву. Сох бекхам иэца луучо суна эзар шо оьмар йеха. Цхьана aгIop, шун къила воьжна, цо дог огуш, вукху aгIop, даймахке сатуьйсуш вехачул, суна велла дIавалар гIоли йу. Ас дуьненахь йоккхучу xIop а минотал луьра таIзар дац суна.

Iела ца тешара Кундуховс дуьйцучу дукханнах. Амма цхьадолчех тийшира. Къаьсттина цуьнан тIаьххьарчу дешнех. Iелина хиънера даймахках валаран, цуьнга сатийсаран къаьхьа чам.

– Тхоьца цIа верза, – аладелира Iелeгa цIеххьана.

Доккха садоккхуш, гIайгIане велакъежна, Iеле хьаьжира Муса.

– Э, къонах, хьуна и ала бен хаац. Туркошна со кхузахь оьшу, оьрсашна со цигахь а йа кхузахь а хьашт вац. Туркоша со дIа а хьажор вац, оьрсаша дозанал чоьхьа а волуьйтур вац. Шу-м къайлах-къулах а цIехьа гIертар дара, валаза висинарг дIа а кхочур ву, шайн йарташкахь къайлаваьлла а вуьсур ву. Ткъа со? Со къайлавер вац цигахь. Билгал ву. Даймахке сатуьйсуш, валлалц кхузахь къиза ваха деза сан.

– Муса, хьан цхьана а дашах ца теша со, – элира Аьрзус. – Хьайх тешам байъина ахь.

– Ас бехк ца буьллу, Аьрзу.

– Хьо вохкалуш стаг ву, хьуна хала хир дац кхузахь ваха! – къиза дешнаш кхуьйсура Аьрзус.

– Аьрзу, ма йехьа Iиттарш, сан собарх къинхетам бехьа! – къаьхьа мохь белира Кундуховн. – ХIаъ, соьгахь шортта ахча ду! Туркоша со лору, царна чIогIа оьшу шайн мостагIийн эскаршший, тIеман Iилмий девзаш волу инарла. Цигахь сайна гIенах а гундоцчу дарже кхача мега со кхузахь. Амма хIун до цунах? Кхузахь паччахь хилла вехачул, суна-м лаьмнашкахь къоьлла валар тоьлий. Амма тIаьхьа кхетта-кх.

– Дала хьукма дойла хьуна! Вало, Iела.

– Собар, Аьрзу. Шу йухадерзо хьажийний со-м!

Масех гIулч ма-тессинехь, сецира Аьрзу:

– Хабар ца дахдеш, кху адамашна кхиэл кхайкхайай валахьа, Алхазан Муса. Йуха ца дерза, лийр ду тхо.

– Эрна къа а ца хьоьгуш, йухадерза. Оьрсийн паччахьан омра ду, кхуза кхелхинчу нохчех цхьа а йуха Россин дозанал чоьхьа ца валийта.

– Хаьа тхуна. Амма, дозане а хевшина, оха йуха а дехар дийр ду.

– Шу тергалдийр дац.

– Мухха дирзина а, цIа доьрзур ду тхо.

– Къайлаха цIавирзинарг Сибрех хьажор ву шух!

– Оьрсийн Сибрех делара тхо, кхузахь хуьлучул.

– Цигахь керста дине дерзор ду шу! Шун зударий цигахь шарбалш йоцуш гаурашца лелар бу! Шун берийн берашна нохчийн мотт, гIиллакхаш, дин дицлур ду!

– Тхуна са ма гатдехьа, Алхазан Муса. Оха, мухха Iалашдина а, тхаьш а, тхешан дин а Iалашдийр ду. Цул а, Алхазан Муса, хилаза цадериг дIадоладе вай? Декъий ца хьахь, дийна тхо йухадуьгур дац аш.

«Ванах, хIун де-те ас? – хоьттура Кундуховс шега. – Герз айъича? ХIан-хIа, хIан-хIа. Цул а, дIабохуьйтур ас хIорш. ХIокхарна гергахь со ламанхо, хIокхеран дуьхьа махкахваьлларг, хIокхеран гIайгIа бан гIертарг хилла виса веза…»

– Ма дийцахьа, Аьрзу, шу йухадерзо дагахь хилча, со Iийр вацара хьоьца xIapa захало дуьйцуш. Ас-м шу дIадохуьйтур дара, туркоша дозане дуьтур дац. Цара дитахь а, оьрсаша шайн дозанал чоьхьадовлуьйтур дац. Суна хууш ду шуна дуьхьал шина а агIоно цига инзаре дукха эскарш оьзнийла. Ас аьлларг дай, йухадерзийша, Аьрзу. Суна лаац оцу пекъаршна дуьхьал герз даккха. Амма дозанехь шух къинхетам бийр бац кхара а йа вукхара а. Цул а, кхузахь а совций, кхара бохург дейша…

– Йолах эскарехь гIуллаккхий? – кIоршаме хаьттира Аьрзус. – Цигахь оьрсийн паччахьо тхо санна, кху Хонкаран махкахь туркоша бIарздина гIуьтту къаьмнаш цIийла керчош лелий? Хьуна а, хьан керлачу дайшна а моьтту хир ду, шайн мохк, доьзалш, синош лардеш, дезткъа шарахь цIий Iенийна тхан нах цIийга марзделла акхарой ду? ХIан-хIа, Алхазан Муса, тхо хир дац цхьаннен а лайш, цхьаннен а йолахой. Иштта дIаала ахь туркойн паччахье. Марша Iойла хьо!

Меллаша къилбаседехьа буьйлабеллачу наха цхьа чаккхарма некъ бале, царна тIаьхьакхиира йуххеваьлла бере а волуш ши гIудалкх. Генара бIаьрг ма-кхийтти вевзира Iелина Мусин ваша Афока.

– Мусас некъана xIapa кхачанан сурсаташ даийтина шуна, – элира цо, Аьрзуна тIе а веана. – ХIорш дIаэцар дийхира цо. Йуха а дийхира цо, ас а доьху шуьга, тхойша вуонна дагацалецар. Диканиг дечуха лийлира-кх тхо. Шун дегнаша лоьхург лойла шуна Дала! Дала шен къинхетамах ма дохийла шу а, вай дерриш а!

ГIудалкхаш цаьрга дIа а йелла, йухахьовзийна говр ма-йоьдду лаьллина, некъо голатухучохь къайлавелира Афока…

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru