Султан а, цунна уллорниш а бусалбанаш бу моьтту хьуна? Уьш-х гаурел а оьшу. Дависарг-йаI, сайн кара нисбелча, султан хьалха а воруш, ас, ткъе диъ дакъа деш, борур бара уьш.
Имам Шемал
Эривански областан тIеман губернаторан инарлин Астафьевн кехат.
«Кавказски Эскарийн Коьртачу Штабан Начальнике, Цуьнан Локхалле инарла-лейтенанте Карцовга.
Къинхетаме Государь Александр Петрович!
Ши кIира хьалха Александропольна улло вайн дозанашка кхаьчначу нохчийн 98 стагий, зудчой соьга дийхира шайн дай баьхначу махка йухадерза шайна бакъо йалар.
Туркойн правительствос цхьа а тайпа гIайгIа ца беш битинчу оцу нахера ирча бохаме хьал хуучу ас дийцарш дан сайна тIе векалш бахкийта пурба делира царна.
Оцу векалша соьга дийцира, шаьшларчу цхьа цIейаханчара дуьйцучух а тешна, даймохк битина, шайн схьакхалхар. Цара дуьйцучух ца Iехаделлехь, шаьш цкъа а Россера схьакхелхар а дацара, Турцехь шайн беш цхьа а тайпа гIайгIа бац, шаьш Iаламат ирчачу къоьлле, бохаме а эгна, цигахь шайна къастийна мохк стагана, валий бен, ваха мегар долуш бац, Турце йухадоьрзучул, Сибрех даха а йа цигахь вайн дозанашкахь дала а реза ду шаьш бохуш…»
Ши кIира дара хьалхара тоба Арпачайна уллохь туркойн эскарша сацийна латто.
Цул бутт хьалха кхаьчна нохчийн кIеззиг доьзалш а бара бухахь. ХIинцале гIеххьачул шайн кешнийн ков-керт лаца а кхиънера уьш. Шаьш кхуза кхаьчначу дийнахь дуьйна, даймахка дIадахийтахьара шаьш бохуш, кара куйнаш, корталеш детташ, цара дукха дехарш динера дозанерчу туркойн хьаькаме Сулейман-бейга а, оьрсийн хьаькаме цхьана инарле а.
Сулейман-бейс бохура, шуна схьадахка лиъча, схьа а дахкийтина шаьш, дIадаха лаахь, дIа а дохуьйту шаьш, амма оцу дIогарчу торгIалчу бIогIамна дехьа лаьттачу оьрсаша шу дозанах дехьа ма довлийта, боху шега. Уьш реза хилчахьана, ца сецадо. Ткъа оьрсийн инарло боху, шу дозанах сехьадовлийта шен бакъо йац. Йух-йуха а дийхира наха, шаьш хIинца оьрсийн Iедална муьтIахь хир дара, цо хьаькхначу сизал тIех а девр дацара, дIадахийтахьара бехира. ГIуллакх ца хилира. ХIета, шайн махка ца дахийтахь, мичча а цхьанхьа Россех дитахьара шаьш, бехира. Реза ца хилира инарла. Сибрех даха реза хир дара шаьш, бехира. Гуттар собар кхачийначара элира, ахь цIа дерзийтахь, керста дине дерза реза а ду шаьш.
Оцу хьола тIе нисбеллера IелагIар. Дозанца волчу оцу шина инарлица дийцар эрна хир ду аьлла, царна тIех а ваьккхина, Тифлисе, сардална тIе, Аьрзу коьрте а хIоттийна, виъ стаг хьажийра цара. Амма сардало йухатуьйхира церан дехар. Аш йаздина, Турцехь волчу шен эпсаре делла дехар хьалххе шега схьакхаьчна, ша иза Петарбухе дIадахьийтинера, нохчий йуханехьа цIаберзар бохург хьеха а ма дайта аьлла, шен вешера жоп деана шега, элира цо. Шайн лаамехь шайн бусалба паччахь, бусалба вежарий болчу дIакхелхиний шу, бохура сардало, шаьш дIадахханчохь IадъIе, йуханехьа а ца хьийзаш.
Амма хIорш хазахета цига цакхалхар, шаьш гатбина, бIарзбина хIорш даймахках бевлла хилар хьеха а ца дора. И дерриг кхеран шайн «лаамехь» хилларг лери.
Ма атта хета-кх царна нехан бохам!
Сардал волчуьра селхана схьакхаьчна АьрзугIар. Цара деанчу хабаро дегнаш дохийна нехан. Ма къинхетамза ду-кх сардалан дог! ТIулгах дича санна. ТIулг а ма беша, тIе дуккха а хиш Iенча. Амма оьрсийн паччахьан, цуьнан вешин, инарлийн а дегнаш дашалац-кх оцу берийн, зударийн бIаьргех догIанха Iеначу хишка.
Мушерий, Эрзерумерий схьа Арпачай кхаччалц оцу бехачу некъаца кешнийн баьрзнийн лар йуьтуш, кху дозане кхаьчна и адамаш, и ши эзар йалх бIе IиндагI, сацийна-кх оцу лаьттачу торгIалчу бIогIамо. Цунна дехьа, къилбаседехьа, лаьмнашна тIехьа лаьттачу церан даймахко тIеийзабо уьш. Иза бу оцу адамийн догIмашна ницкъ лург, уьш къилбаседехьа дIабуьгург.
Йалх бутт хьалха, шена букъ тоьхна, тилла дахана шен бераш тIедоьху цо. Даим церан лерехь дека царний бен цахуучу маттахь цо бечу кхайкхаман аз. И царна го маьлхан а, беттан а серлонца. Иза царна хеза механ эсалчу тулгIешца, шовданийн декарца, олхазарийн шакаршца, шайн сингаттамечу иллешца тийжаш техкачу хьаннашца. ГIа-бацо, дарцан yгIapo – дерриг а Iаламо, дIа мел хьайечу межено и кхайкхам шайга кхийдабо моьтту царна.
ХIинца и кIайн-Iаьржа мохане бIогIам мокхазан берд хилла лаьтта царний, церан даймахканий йуккъехь. Цул дехьахь церан даxap ду, ткъа сехьахь – Iожалла. Амма, буйнахь шийла герз а къуьйлуш, тIулгийн йолуш санна, къинхетамзачу йаххьашца оцу бIогIамна дехьа а, сехьа а эскарш лаьтта. Сехьа aгIop – «церан бусалба вежарий», дехьа aгIop – дезткъа шарахь хIокхеран цIий Iенийнарш. Амма шина а агIорчийн ойла, Iалашо цхьаъ йу – хIорш оцу бIогIамна тIе ца бита. Иштта ду шина а мехкан паччахьийн омра. Иза дика хаьа оцу ши эзар йалх бIенна. Амма царна кхин а цхьаъ хаьа: оцу бIогIамал сехьахь дисахь, бутт балале шаьш дерриг лийриг хилар; дехьадовлалахь – ах мукъана а ца леш даймахка дIакхачаре догдохийла йуйла а.
Дерриг а хилира Iела ойла йан а кхиале.
Хьалхарчу буса хан йаллалц кхеташонашкахь къийсинчул тIаьхьа массеран а цхьана бартаца сацам хилира, нагахь бертахь ца довлийтахь, бертаза дозанах дехьадовла. И сацам тIеоьцуш дукхахболчара догдохура дозанехь долчу шина а агIонан эскарша оцу адамашна, аьлча а, оцу адамийн гIаларташна дуьхьало цайаре. Дуьхьало йахь а, герзаца йийр йац. Хьанна хаьа, ирх-пурх а, шайн махка дIакхачале, новкъахь белла а, хIорш кхачалур бу аьлла, дIахеца а мегий уьш-м. Герз дуьхьалдаккхахь? ХIумма а дац, доккхунда шайна. Кху дозанехь уьш а буьтур бац, йухаберзийча а, уьш лийр бу. Iазап а хьоьгуш, дай-нанойн – берех, берийн – дай-нанойх дог а Iийжаш, кIез-кIезиг лечул, кхузахь цхьана дийнахь йа сехьарчийн, йа дехьарчийн карах белла дIабовлар гIоли йу царна.
Оцу мехкан Iаламо а ца бора царах къинхетам. ХIор а де а догIура йуькъа дохк тIетеIаш йа гуттар а серсаш, йа, серий санна, догIа детташ. Амма таханлера де хаза деанера. Ламанан дукъа тIехула хьалабаьллачу малхо догIмаш а, дегнаш а дохдора адамийн. ХIор а чIогIа тешна вара сийсара шайн хилла сацам Дала къобалбина хиларх.
…Ткъе бархI тобане а бекъна, схьакхалхийтинчу царах 28-чу апрелехь уггар хьалха Нохчийчоьнна букъ тоьхначу тобанца болу IелагIар, 17-чу июнехь Арпачайна генайоццуш йолчу Хазапинан заставехула дозанал сехьа а баьхна, туркошка схьабелира. Тахана октябран вуьрхIитталгIа де ду. Нийсса биъ бутт хьалха цхьана жоьжахатера кху жоьжахати чу-м атта битира уьш, хIинца йуханехьа битац-кх.
Йа, массо а велла, кхузахь вожа, йа, дозанал дехьа а девлла, Нана-Нохчийчу кхача сацамбина, меллаша дозанна тIедоладелира ши эзар йалх бIе адам. Къений, къоний, зударий, берашший…
Оцу йоккхачу тобанна цхьа чаккхарма хьалха вогIура каралаьцна кIайн байракх йолуш итт стаг. Церан карахь, дегIаца цхьа а тайпа герз дац. Йаьстина, зударийн санна, хецна йу гIодайаккъаш. Уьш йуха а цкъа машарна хьалхабаьхна векалш бу. Ткъа важа висина ши эзар йалх бIе стаг, йукъ-йукъа каралаьцна кIайн байракхаш а йолуш, меллаша ког боккхуш, ламанан басеца чIуг йетташ, царна тIаьхьа вахвеллера. Говрашкахь а, гIаш а.
Хьалхарчу оцу иттанца вара Аьрзу, Iела, Чора а.
Массарна хьалха воьдучу Аьрзун кIажаш хьоьшуш, тIаьхьауьдура Iела.
Iелина геннара дуьйна гора гу тIехь некъана тIейерзийна лаьтта йаккхий тоьпаш. Царна уллохь а, тIехьа а, зингатийн туьйлиг санна, и гу сийсош, туркойн гIашсалт, дошлой.
«Доза дIанехьа ду, ткъа йаккхийчу тоьпийн йуьхьигаш махкана чоьхьа йерзийна цара, – дагахь цецвелира Iела. – Ванах, тхуна тIетоха-м ца бохку хир бу хIорш?»
ДIа мел боккхучу когаца туркойн эскарна гергагIертара уьш. Царах схьакъаьстина цхьа ахбIе дошло, IелагIарна дуьхьал а веана, хIокхарна тIекхачале сецира. ХIинца шера къаьстара церан сутара йаххьаш. Дозанал дехьара схьа кхара лелочуьнга хьуьйсура оьрсийн салтий. Ша дуьнен чохь даьккхинчу оцу ткъе дейтта шарахь тахана дуьххьара даг чу кхеравалар иккхира Iелина. Хьалхахьа лаьттара герзах доьттина, лата кийча шина паччахьан эскарш. Ткъа хIорш – ши эзар йалх бIе адаман гIаларт. Йуккъерчу къонахийн карахь а дац герз. Машаре сатуьйсуш, шайн карара герз зударшка а делла, уьш тIехьалоьцуш, хьалха а бевлла, шаьш санна, гIелйеллачу говрийн урхаш лаьцна, гIаш оцу буьрсачу ницкъана тIеоьху божарий. Iуьйренан мелачу махо тIекхоьхьура тIаьхьарчийн гIийла мукъам:
…ТIам чехка олхазар, Нохчийчу хьо додахь,
Маршалла луш, ала тхан муъма вежаршка,
Даа рицкъа ва доцуш, дийша мотт ва боцуш
Тхо лелаш ду, алий, кху пана ва махкахь.
Шийлачу буьйсанна борз yгIy ва хезча,
Алалахь, ма мотта, мацалла и yгIy,
И угIуш йу, ала, ардангах хадарна,
Тхо, цунах тарделла, лелаш ду, алалахь…
Шен сих ца кхоьру Iела, ткъа хьалха вогIучу вешина Аьрзуна цхьаъ хиларна кхоьру. Аьрзух хадахь, дерриг йиша-вешех ваьлла, гIаж санна, цхьалха вуьсу иза доккхачу дуьненахь. Амма тахана хIунда боьссина цуьнан даг чу и кIилло кхерам? Дуьззина йалхитта шеран хIор а дийнахь, хIор а сахьтехь, хIор а минотехь бара кхул а луьра кхерам. МостагIчунна чухохкучу хенахь даим а хьалха хуьлура цаьршиннан дой, тIекхаьчча – тIом уггар буьрсачохь, йухадовлуш массарел тIаьхьа хуьлура и шиъ. Оцу йалхитта шарахь йиллина дIа – хьалха а, тIехьа а, массо а aгIop, массо а ханна – шен сутара бага гIаттийна, царна тIегIертара и Iожалла. Амма бIаьрнегIар тухучу йукъана Iелин даг чу кIиллоллий, кхераваларрий ца доьссинера. ХIетахь цунна хаьара шайна хьалха верг шайх лата, шаьш дайъа, шайн мохк дIалаца, шаьш лолле дерзо, шайна Iазап дохьуш веана мостагI вуйла. Цундела иза массо а минотехь кийча хуьлура дерригенна а. Иза ларвора цуьнан кадечу, нуьцкъалчу дегIо, семачу лергаша, ненан Iуналло – даймехкан Iаламо. Мацвелча – вузавора, шелвелча – вохвора, чевнна дарба дора, мостагIчух къайлавоккхура. И Нана-Даймохк бара оцу дезткъа шарахь цуьнан халкъо ницкъ оьцу кхачалун доцу хьоста. Цунах хаьдда уьш тера бу ненан некхера даьккхинчу берах, гIодах хадийначу маргIалх, хи чуьра аратесначу чIерах… Амма муьлш бу-техьа царна хьалха лаьтта и туркой? ДоттагIий йа мостагIий? ДоттагIий боцийла-м хиънера, мостагIий ма хилахьара!..
ХIун ду а хаац, тахана, эккха санна, детталора дог готтачу кийрахь. Цкъацкъа ойла хуьлура, Аьрзу тIехьа а лоцуш, хьалхавала. Амма воккхахволчу вешина хьалхавалар гIиллакхехь ца догIура. Воккхахволу ваша хиларал совнаха, кху махкахь Дала а, наха а дIатеттинчу пхи эзар доьзало баьчча вина хьалхаваьккхина ву Аьрзу.
Iелас тIера бIаьрг ца боккхура вешина. Шуьйра белшаш, йуткъа гIодайукъ, деха пхьаьрсаш, буто хенан маьIигаш, хебаршка ихна оза кIесаркIаг, месалчу куйна кIелхьара схьакъиэда дуккха хенахь дуьйна башазчу коьртан сира чоьш. Цуьнан шовзткъа шо а дац, Iелел дийнна пхи шо воккха ву. Йалх бутт хьалха бацара оцу коьрта тIехь цхьа а къоьжа чо. Ткъа хIинца йис йиллича санна бу. Къежвелла. Халонаша аьхна цуьнан майра йуьхь, лекха хьаж. Амма дегI ду, чIу санна, нийса, элдара.
– Совцал!
Векалийн некъ лаьцна лаьттара, хьалхаваьлла кхо эпсар а волуш, даьхначу таррашца ахбIе гергга дошло.
– Мича гIерта шу? – кIоршаме хаьттира кхааннах хаза хьовзийна Iаьржа мекхаш долчу верстинчу эпсаро, байракх карахь хьалхавогIучу Аьрзуна тIе а вирзина.
– Шуна ца хаьа, тхо тхешан махка гIертийла? – хаттар дира Аьрзус дукха хийцам боцуш туркойн маттаца богIучу гIумкийн маттахь.
– Ткъа бакъо хьан йелла шуна?
– Аш а, дехьарчу оьрсаша а и бакъо йаларе догдохуш, бутт бу кху Арпачайхь йерзинчу стигал кIел адам лаьтта. Оцу батта чохь масех бIе стаг велла тхан.
– ХIинца хIун до аш? – ца лоруш, кIоршаме хеттарш дора эпсаро.
– Къилбаседехьа дIадоьлху, тхешан махка.
Кхааннах ши эпсар гIадвахана велавелира. КхозлагIниг, къонаниг, резавоцуш хьоьжура цаьрга.
– Кхузахь леш, кхачош лаьтта тхо, – шен декхар дерг дуьйцура Аьрзус. – Схьакхелхинчу тхан нахах ах бен дийна ца бисина. Дийна бисинарш а буй ткъа дийна? Шуна го-кх хIорш. Даймахках, шен халкъах хаьдда стаг велла ву, цо мел дика хьегахь а. Тхо сингаттамой, мацаллой, цамгарший хIаллакдо кхузахь. Тхан цхьана йовсарийн гIоьнца шун а, оьрсийн а Iедалша Iехийна тхо. Цунах кхетта нах.
ШолгIачо, тур санна, хьаьвзина мара, нилха мекхаш, цIена йаьшна маж йолуш, ийзинчу анашо бIаьргийн нур дайъинчу озачу эпсаро дIанехьа, гу тIе, пIелг хьажийра:
– ДIогахь лаьтта йаккхий тоьпаш а, царна уллора салтий а гой шуна? КхидIа аш ког баккхахь, шуна тIетоха дина омра ду цаьрга. Царна тIехьа пхи эзар дошло лаьтта, шуна тIехахка кийчча. Церан декъашна тIехулий бен, тхан дозанал дехьа а девлла, гаурийн махка ког буьллур бац аш.
Iела цуьрриг шеквацара эпсаро дуьйцург цара дендерг хиларх. ТIехдика йевзинера цунна церан къиза амалш. ХIетте а, Аьрзус кхин дуьйцура:
– Тхо девнна ара ца девлла, эпсар. Ца го хьуна, тхох цхьаннен а йукъах атталла шаьлта а йац. ТIехула тIе, кху дуьненахь мел долу герз кара делла, тIехецча а, цуьнца шуна дуьхьало йан ницкъ ца бисина тхан догIмашкахь. И нах йа кхузахь лийр бу, йа белла кхачабаллалц къилбаседехьа дIаоьхур бу. Йуханехьа ког боккхур бац, эпсар.
– Ас аьлла шуьга, нагахь кхидIа аш ког баккхахь, оха, мозий санна, дойъур ду шу! – тIечевхира векъана эпсар.
– ХIун дийр ду ткъа, эпсар? Оцу наха кху дозанехь бала, йа, дехьа а бевлла, къилбаседехьа дIабаха сацамбина.
– Делахь, лийр ду-кх шу кхузахь!
– Тхуна герз айъа дохку шу? – йукъавуьйлира Iелина уллохь лаьтта Чора. – Вай-х цхьана Дала кхоьллина, цхьана умматехь бусалба вежарий ду! Оцу мискачу зударийн, берийн, баккхийчу нехан цIий Iано ойла йу шун? Аш тоьхча, дан цIий дац церан догIмашца. Уьш, халла синош доьIуш, чархаш йу. ДIадахийта тхо.
– Мича?
– Тхайн даймахка.
– Даймохк мичахь бу шун, сагIадоьхургаш! – чуьравелира верстина эпсар. – Шу кIиллой, лаьхкина, махках а йаьхна, цига охьа ца хевшина оьрсий? Йуха шу цига хьан дуьту? Гаурийн паччахьна шайниш, шайн динехь берш, бен ца беза. И хаьий шуна? Кхузарий, ГIажарехарий маситта эзар эрмалойн доьзал дIабигна цо. ХIордал дехьара тхан керста йалхой а кхалхийна шен махка. Шен керстанаш дIабуьгу, бусалбанаш схьалоьхку. Цо дIабигна керстанаш йуха ца гIерта, ткъа шу, бага са а кхаьчна, дIагIерта!
– Цигахь тхан даймохк бу!
– Цу тIе, шун Iедал а ду, оьрсийчул тIех аьлла, къиза.
– Сацийта, мунепакъ!
– Собаре хилал цхьажимма, – вистхилира хIетталц тапъаьлла Iийна къона эпсар. – Шуна хIунда ца хаьа, оха дIадахийтича а, дехьа лаьттачу оьрсийн эскарша шаьш дехьадовлуьйтург цахилар? Цул а, меллаша йухадерзийша, тхо къила а ца духкуш. ХIун ду шуна цигахь оццул марзделларг? ДIадахча а, ду-кх шу оьрсийн паччахьо Сибрех лохкур. Цигахь шелонна лийр ду. Дийна бисинарш, керста дине а берзийна, хьакхарчий а йууш лелар бу. ТIаккха дуьненах а, эхартах а довлу шу. Суна къахета шух, хIаллакьхила дохку-кх шу.
– Кхузахь дехачул, Сибрех даха а, жоьжахате даха а реза ду тхо! – эккхийтира Iелина тIехьа лаьттачу цхьамма.
– Сацийта, хьакха! – цIогIа туьйхира векъанчу эпсаро. – Цул, Iовдалш, оха бохург де, шайл хьалха кхуза кхаьчна важа ламанхой санна, тхан эскаран магIаршка хIитта. Шайн йолал сов, маьхза даа мерзаниг, тIедуха диканиг, хIурлаIан мехкарий санна, хаза денна хуьйцуш лело керл-керла зударий хир бу. ТIехула тIе, хIордал дехьара керстанаш тхан кога кIел латто гIo деш, хIонс йужур йу шуна. Къаьсттина хаза хуьлу церан зударий. Ткъа дукха хан йалале, оха шуна гIo дийр ду шайн мохк маршабаккха. Оха бохург дахь, элий санна, дехар ду шу, ца дахь – кхузахь лийр ду.
Собаречу Аьрзус, кIоршаме вела а къежаш, ладоьгIура векъанчу эпсаран къамеле, ткъа сиха Чора оьгIазе чугIоьртира.
– Тоийта! И зурма тхуна лоькху дукха хан йу. Хьалха – Нусрет-пашас, тIаккха – Эмин-пашас, йуха – Алхазан Муса-пашас! Тхо схьакхаьчначу шолгIачу дийнахь дуьйна! Тхан мохк гаурех маьршабаккха шаьш гIo дийр ду, тов! ДIадаханчу дезткъа шарахь-м дага ца даьхкира шуна тхо, итт-цхьайтта шо хьалха оьрсашца шайн тIом болабаллалц, цара шайга шарбалш йашайайтталц! Баккъал аьлча, кху махка кхаччалц, тхуна моьттура шун бусалба дегнаш ду, шуьгахь ницкъ бу, аш дуьйцург дош ду. Тхуна дан гIо-м муххале а дацара шун, шаьш а ду шу нахера гIo оьшуш. Шу девзинчул тIаьхьа оха сатесна, цIа а дирзина, керста оьрсашца цхьаьна лулахь, машаре дахаре. ДIадовла новкъара, тхешан махка дIадахийта тхо!
– Чора, вуон ма ала! – доттагIчунна муьшка йира Iелас. – Дов долийча, вай тоьлур дац кхузахь. ТIаьххьара минот тIехIотталц машар бийца беза кхаьрца.
Чорас корта хьовзийра.
– ХIан-хIа, Iела. Машар хуьлучу тIера дIадаьлла xIapa, – оьгIазвахар тIехдаьлла, вехьара Чора. – ХIорш къинхетам боцуш адамаш ду. И суначул дика хьайна хуъушехь, лела хьо. Ца го хьуна тарраш а даьхна, чухахка кийчча лаьтта дошлой? Ца го хьуна йаккхийчу тоьпашна уллохь кIур туьйсу милташ?
ХIетталц шен вешина а, кхаа эпсарна а тIера бIаьрг ца баьккхинчу Iелина, хьалха дIахьаьжча, гира цхьаннан омране ладоьгIу герз карахь туркойн эскарш.
– Совца! Совцаде и жIаьлеш! – мохь хьоькхура векъанчу эпсаро.
Iела тIехьахьаьжира.
ХIорш машар бан гIертташехь, тIекхиира тIаьхьабогIу нах. Чов хилла, дала шен тунгари чу текхачу экханах тарделира Iелина и адамийн татол. Ши эзар йалх бIе адам. Зударий, бераш, къенаниш. Чуэгна бIаьргаш, озий, йакъайелла йаххьаш. Хьокханна тIеоьхкича санна хетара церан ирйеллачу белшех кхозу мацах цкъа хиллачу бедарийн тIелхигаш. Хала дара и тIелхигаш цхьана хенахь чоэш, гIовталш, вертанаш, башлакхаш хилла бохучух теша. Кхин а хала дара и адамаш цхьа масех шо хьалха дуьненахь а цIейаххана майра, каде, говза тIемалой хилла бохучух теша. Чохь са доцуш санна, севцца, кхоьлина бIаьргаш, йевлла йаххьаш, кенах тарделла кортойн чоьш. Дукхахберш – когашIуьйра, важаберш – неIармачийн бахтарш когахь. Мацалла гIелделла, тIехь дерзина, мажделла, пIендарш, пханарш тIе а девлла, куьйгаш лаьцна йуххедаьхний, гехь-мараххьий бераш. Дакъа кешнашка иэцна боьлхуш санна, гIелйеллачу говрашкара чу а биссина, церан архаш лаьцна, тийна, кхоьлина, меллаша тIеоьхура уьш. Схьагарехь, хийлазза шен куьйга къиза кхиэл йина векъана Iаьржа эпсар а лаьттара бохамаша эрчадаьхначу оцу адамех цецваьлла, шен карара йуьйлина тапча а йицйелла.
Iела дозанехьа дIахьаьжира. Туркойн гIашлойн отрядаш коьртехь говрашкахь баттара даьхна тарраш буйнахь эпсарш а болуш, тоьпаш хьалха а лецна, цхьатерра гIулчаш йохуш, схьатIеоьхура. Царна аьтту а, аьрру а агIонашца, тIехьа а дикачу дойшна тIехь чухахкавала кийчча лаьттара масех эзар дошло.
– Вежарий, йижарий! – кхайкхира Аьрзу нахехьа а вирзина. – И тIедогIу эскар, чухахкабала кийчча дошлой, тIетоха кечйина йаккхий тоьпаш а гой шуна? ТIаьххьара а хотту шуьга: йухадоьрзу вай йа хьалхахьа дIагIоьрту вай?
– Хьалхахьа дига, Аьрзу!
– Йуханехьа некъ бац!
– Даймохк йа Iожалла!
– Зударшна, берашна, цомгашчарна хIун де вай? – маьхьаршна йуккъехула диэкара Аьрзун аз.
– Дерриг кхузахь делла дIадевр вай!
– ГIазот!
– Хан ма йалийта, Аьрзу!
Шена тIе а йалийна, дIахIоттийначу говрана тIехиира Аьрзу. Шайн-шайн говрашна тIехевшира бIенчаш а.
ГIуллакх девне дала доллийла хиъна туркойн кхо эпсар, шайн дойшна шодмаш тоьхна, хаьхкина йухавахара.
– КIентий! – мохь туьйхира Аьрзус. – Вай кхидIа гIулч тасахь, туркоша вайна тоьпаш тухург хиларан шеко йац. ДIадаханчу Iай Шелахь, Сту бийначу арахь, хилларг ма хилахьара вайх тахана. Нагахь туркоша вайна тIе тIом болабахь, зударшкара герз схьа а эцца, дуьхьало йан пурба ду шуна. Болх Даллий, пайхамаршний, эвлайаашний тIе билла, амма герз а, дой а кийча латтаде!
Тобанна хьалха лаьттачу Къосама илли долийра. Цунна тIехьара схьа Аьрзуна тIебоьгIна бара Эсетан Iадийна бIаьргаш. Iелина а гуш хийцайелира Аьрзун машаре йуьхь – хIинца туркошна тIеволавелларг машаран векал вацара, ткъа даимлера буьрса тIемало Аьрзу вара:
Болатан шаьлтанаш
Баттара йахий вай,
Къизачу мостагIийн
ДогIмаш тIехь кегйе вай.
Делерчу орцанца
Кхалха гуо хадабай,
МостагIийн декъаш тIехь
Ваьшна некъ биллий вай!..
Масех минот йалале, кхо бIе гергга дошло, дойшна тIе а ваьлла, бIаьхаллин низаме хIоьттина, Аьрзун омране ладоьгIна сецира. Меллаша, амма низамехь, хьуьн чуй, боьрий дIасабовла буьйлира зударий, бераш, къенаниш. Хезара бIаьнчийн омранаш.
Iелас бIаьрг туху шайн ницкъе. Кхо бIе дошло. Шаьш а – гIийла, говраш а – гIийла. БIеннашка а нисвелла, тоьпаш карахь лаьтта пхи бIеннал алссам гIаш тIемало. ТIемалой аьлча а, и гIaларташ. Ткъа царна тIеоьху буьзна, берстина, хьербевлла туркойн салтий…
– БIаьнчаш! ТIемалой ШоIипах дIасабаржабе! Чора! Дошлошца…
Аьрзун омра хадийра хIаваъ къардеш йевллачу йаккхийчу тоьпийн а, туркойн гIашлоша тоьхначу тоьпийн а татанаша.
Iелина гира вешин йуьхь чIечкъашка йоьдуш, цо шен некха тIе куьг хьуш, шен дошлошна хьалхаваьлла воьду Чора, цкъа аркъал а сеттина, тIаккха, разваьлла, говрара чувужуш.
ТIеман девза аз хезна, цкъа марсабаьлла Аьрзун дин, шен дена бохам хиллий хиъна, саца а сецна, терсира. Говрара чуиккхина тIехьаьддачу Iелас дIалецира нуьйра тIехь шалхавахана ваша. Мичара йели а ца хууш Iелина улло хIоьттира баттара йаьккхина шаьлта а карахь Эсет а.
Шиммо, меллаша говрара охьа а ваьккхина, лаьтта виллира Аьрзу.
Стигал къекъайора йуьйлучу йаккхийчу тоьпаша. Канашца Iенош санна, гуобаьккхина охьаоьгура цара схьайетта чаччамаш. ХIаваэхь шакарш йетташ, цIийзаш тIехлелхара дIаьндаргаш. БIаьхаллин маьхьарий деттара шина а агIорчара:
– АллахI!
– АллахI!
Цхьанхьа-м йуьстахлаьттачу къеначу наха шайн ницкъ ма-кхоччу чIогIа нохчийн бIаьхаллин илли бохура:
…Делерчу орцанца
Кхалха гуо хадабай,
МостагIийн декъаш тIехь
Ваьшна некъ биллий вай…
Амма Iелиний, Эсетаний ца хезара йуьйлу йаккхий тоьпаш, тIемалойн буьрса маьхьарий, къеначу нехан и бIаьхаллин илли, зударша хьоькху цIогIа, берийн белхарш, чевнаш хиллачийн узарш.
Iелас а, Эсета а, цхьаъ – коьрте, важа – когашка а даьлла, маракъуьйлура лен чов хилла Аьрзу. И гондIа хуьлуш дерг гIенах долуш санна, стигал къекъаш, гуонаха дохк хIуьттуш хийтира цаьршинна…
Дозанехь хиллачу оцу гIуллакхах лаьцна Александр Петровича шега делла рапорт а дешна, цунна тIе сихачу хотIаца йоцца резолюци йазйира Воккхачу Эло Михаила:
«Суна Iаламат халахета цигахь цIийIанор, новкъа ду и ца Iанийта сайн ницкъцакхачар. Сайна даго хьоьххург дан сайн бакъо хиллехьара, и декъаза нохчий, цхьана минотана а ца сецош, вайн махка буьтур бара ас…»
Шалго бара Михаил Николаевичан мотт. Лаьхьанан санна. Цуьнан цхьана генаца моз дуттура цо, вукхуьнца дIовш деттара. ТIаьхьо тIеман министре Милютине шен рапорт тIехь йаздира цо:
«…Оцу йуккъехула, дIабаханчу октябран 17-чу дийнахь Александропола улло, Арпачай, вайн дозане кхечира кхелхина баханчу нохчех 200 стаг. Вай бохург хIуъу дан реза хир дара, махка дерзийтахьара шаьш бохуш. Царна тIаьххье Арпачай оьхучийн барам 2600 хьалабелира.
Нохчий вайн дозане буьйлабеллийла хиъначу эрзерумски велис, кхелхинарш йухаберзабе аьлла, дошлошца Муса Кундухов царна тIаьхьавахийтира, амма цуьнга уьш ца совцабелира. Кхелхина баьхкинарш мел халачу хьолехь хиллехь а, царах масех доьзал йухаберзийтаро цигахь бисина берриг нохчий йуханехьа буьйлаболуьйтург хилар гучу ас, кхелхинчийн дехар йуха а тоьхна, омра дира, дозанна тIехь чIогIа тергам а латтабе, нохчий бертаза империн махка тIе ца бовлийта, оцу aгIop долу дерриг а вайн эскарийн дакъош Арпачайна тIе а оза аьлла. Нохчийн тобанаш вайн дозанашка иэхар шена ма-хеззинехь, капитано Зеленыйс эрзерумски велига дIахьедира кIира далале вайн доза нохчех цIандина хила дезар; и дIахьедар диначул тIаьхьа туркойн Iедало эскарш дахийтира Арпачайра нохчий дIабаха. Цара, тIе йаккхий тоьпаш а тоьхна, цигара йухабаьхна нохчий, гуонах туркойн эскарийн ха а хIоттийна, Къарсе дIабигира…»