bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

Цхьацца тIехIуттуш, оццу дешнашца дуй биира хIораммо а. ТIаккха, доцца доIа а дина, дIасабахара…

XIII корта. Гусарийн полкан капитан

«Оьрсийн царизмо халкъашлахь лело политика маршонна, халкъашна дуьхьал, демократина дуьхьал, белхалойн классана дуьхьал, адамашна дуьйцу а ца хезначу зуламийн, уггар боьхачу, сийдоцчу интригийн йеха цхьа зIе йу…»

В. И. Ленин

1

Сатосучу хенахь Бенара арабевлла БерсагIар, Iуьйранна кхеттачу малхо Яьссина аьрру aгIop лаьтта лекха дукъ къагийча, цунна вукху агIорхьарчу Сесана-Корта басара тогIи чу когаш хецна Iуьллучу Сесана кхечира.

Кхузахь, лакхо гу тIехь, ширачу кешнашкахь дIавоьллина ву нохчий къоман маршонехьа къийсаман гIараваьлла баьчча – шайх Ташу-Хьаьжа. Кешнашна йуккъехь айъаделла го тIулгах дина тIе кIайн эчиг тоьхна тхов болу деакIов зерат.

Хин аьрру агIон тIехь, лакхара схьа тIе а кхевдина, кхозу сазлаттан гIамаран стаммий чкъоьрнаш долу лекха берд. Оцу берда тIера дIа малхбузехьа доьду ткъа шо хьалха гIарабевллачу нохчийн наибаша инарла-адъютант Воронцов вохийна Коьжалка-Дукъ. Цуьнан къилбаседа агIонца йу лахо, хи йистехь, лекхачу берда тIехь Iаьларара дукха хан йоццуш хьалабаьхкинчу наха йехкина йарташ – Iиси-Юрт а, ТIуртIи-КIотар а.

Дукъан къилбехьарчу агIонца боьрахула хьала малхбузехьа боьду некъ Шоьнахула, Ялхой-Махкахула, ЖугIуртахула дIа БIаьчи-Юьртехьа арен тIе болу.

Сесана кхаччалц цхьаьна веара Болатха, ШоIип, Берса, Маккхал, Аьрзу а. Тоба йина кхидIа ца вахархьама а долуш, Болатхий, цIа кхача воллалц Берсин накъост хинволу ШоIиппий кхузахь сецира, шаьш-шиъ, зерате а хIуттуш, делккъалц собар а дина, тIаьхьавогIур аьлла.

Яьссил дехьаваьлча, мар-мара а иккхина, дIасакъаьстира важа кхо доттагI а: Аьрзуй, Маккхаллий – хин аьрру йистаца охьа, ткъа Берса – Шоьнахула хьалабоьдучу новкъа.

Накъостех къаьстина, цхьа висича, ойланаша дIалецира Берса. Некъана шина a aгIop тIекхевдинчу пепнийн къеначу хьаннаша, бIаьстенна кечдала гIертачу Iаламо, раьгIнийн басенех летта, чIегIардигийн баннаш санна, йохкучу кегийчу мискачу йарташа кIорге лоьхкура цуьнан ойланаш. ТIамо маситтаза йохийначул, йагийначул тIаьхьа, хIинцца, халла сауьйзуш, денйала гIертачу цара, шаьлтанца асанаш йохуш, доруш охьадуьллуш санна, Iийжадора цуьнан дог. ДегIа тIехь гуш чов йацара цуьнан. Берсин нийсарой кху хьаннашкахь мостагIийн дIаьндаргаша эгочу буьрсачу шерашкахь виначу лаьмнашна генахь хилла иза Iалашвеллера оцу иэрчонех. Берса кхуза кхечира, тIамехь, лиэтта, ницкъ иэшна, лен чов хилла йоьжна Нохчийчоь сийначу цIарах йогуш, тоьлла мостагI, цуьнан тIаьххьарлера дуьхьалонаш кегйеш, кху Iаьржачу ломан кIорге воьлча. Амма Берсин дагах а йара чов. Даьлла гуш цIий а, тIехула хьаьвзина муо а боцуш. Оцу тIамо ца дийнера цуьнан да-нана. Нанас цуьнан дена бина йижарий а, вежарий а ца хилла Берсин. Амма кху некъаца, xIapa хьаннаш, раьгIнаш мел йу даьржина, гIевланга акха тIулгаш хIиттийна, Iаржбелла хIолламаш, махо а лоькхуш, тIе хьард йаьлла, цхьаммо а куьг ца хьокхуш, байлахь дисинчу кешнийн баьрзнаш кIел Iохкурш цунна шен йиша-ваша хетара.

ЖугIурта кхоччуш Берса тIаьхьакхиира гихь дечган гаьннаш такхийна вогIучу, леррина вакъийча санна, векъаначу воккхачу стагана. Цунна тIекхача иттех гIулч йисча, говрара охьавоьссира xIapa.

– Ассалам Iалайкум! ГIоза дагор хуьлда хьан, – элира Берсас, меллаша воьдучу стагана тIаьхьа а кхиъна.

– Ва Iалайкум салам! Дела резахуьлда хьуна а! – жоп делира вукхо, йуьхьарваханчуьра хьала а ца таьIаш.

– КIадвеллий хьо, воккха стаг?

– Дера, бакъдерг аьлча, дегIехь гIopа ма дац.

– Мохь соьга а лой, говра ваьл хьайна, – сацийра иза Берсас.

– ХIан-хIа, ирс хуьлда! ГIолахь дIа. Охьа а вуон воьссира хьо.

– Схьалол ахь. Ас цIа кхетор ву хьо.

Берсас ша ца вуьтийла хиъча, гира мохь охьа а тесна, букъ нисбина, куй цо хьалатеттича, гучуйелира тIехь цхьа а чо боцуш хьацаро къагийна лепа коьртан ах. Дерзинчу дегIа тIе дуьйхинчу эттIачу чои йуккъера схьакъедара йакъайелла меженаш. КIоргге хьех чубоьжна гIайгIане ши бIаьрг баркалле хьоьжура Берсега. Воккха стаг говра а хаийна, цуьнан мохь шен белша тIе а биллина, тIаьхьаволавелира иза.

– Йожа сту-хIума йац хьан? – хаьттира Берсас.

– Дера, дац со да волуш, цхьа къена газа йоцург, беа кога тIехь хьайба.

– Хьо хIунда веана дечиге, кIант вац хьан?

Воккхачу стеган йуьхь цIеххьана кхоьлира.

– Йалх вара.

Берса валлал дохковелира и хаттар ша дарх.

– Уьш йалхий дIо кешнашкахь воллу, – воккхачу стага лаха чуьра гу тIера, йукъа хIолламийн хьун хIоьттина, кешнаш гайтира, пIелг а хьажийна. – Шемалан заманахь суна улло ваьлла лелаш вийна пхиъ. ТIаьххьараниг – БойсагIар имам ваьллачу шарахь. ГIаж санна, висина со ву-кх xIapa зовкх хьоьгуш.

Эвла йисте кхаьчча, Берса йухаверзо гIоьртира воккха стаг. Амма Берса, цо бохург ца деш, гихь мохь болуш йуьрта вуьйлира. Гуонаха ледара кертан лол тоьхна, агIонаш баьгна, гаьннаш тедда, чолакхдинчу стоьмийн диттийн беша йуккъехь лаьттачу лохачу лаппагIи хьалха сецира и шиъ. Керта девзиг хьоькхуш жима зуда а, воккхачу стага йийцинчу къеначу газанера кхийрачу кеда шура йаккха гIерташ йоккха стаг а йара уьйтIахь. Лаьтта хIуттуш йеха тиша гIовтал а, чорха тIе лаьцча санна, йистош йаайелла боккха куй коьртахь, берзинчу когашца, гIаш йуккъе гIуркх боьллина, цунна сараг бетташ, кертахула гуотуьйсуш лелара йалх-ворхI шо хенара кIант. И беркъа духар цунна дех дисина хилар гуш дара. XIapa шиъ кех чоьхьаволуш гиначу цо, шен «дин» охьа а тесна, ведда тIевеана, говран урх дIалецира. TIe а йеана, маршалла хаьттира шина зудчо Берсега.

– Цхьана кIанта бен зуда ца йалийнера сан, – элира воккхачу стага, леррина кIанте хьоьжу Берса тергалвелла. – Цуьнан ву xIapa кIант. Сан а, йоккхачу стеган а дуьненан дерриг самукъе хIарий, кхуьнан наний ду. ХIан, валол, чоьхьавалал. Мала шурин чай хир ду, цуьнца Iовша сискалан йуьхк а карор йу.

– ХIан-хIа, чувеана Iийр вац со. Баркалла!

– Ой, дера, вохуьйтур вац, цкъа кхаьллина а, тхан рицкъанах ца кхеташ-м!

– ГIоза йоийла! – кIентан карара урх схьаийцира Берсас. – ХIун дийр ду ткъа, воккха стаг? Белларш ирсе хетачу кхачийна-кх вайн гIуллакх. Церан къахьо a, xIapa Iазап а лан дисина-кх вай. Дала собар лойла шуна, Дала аьтто бойла шун! Марша Iойла!

– Дала дукха вахавойла хьо! Дала ирс ма дойъийла хьан! Марша гIойла, аьтто хуьлда хьан ахь дагалаьцначу тIехь!

Говра ца хууш, цуьнан йуьхь лаьцна эвлах ваьллачу Берсина хьалха схьахIоьттира шера аре. КIез-кIезиг лахлуш, арен тIе хIуьттучу хьаннаша хьулйина йеха раьгIнаш. Йуьхьа тIе бетталучу мелачу махо дегIана там бора. Хьаннашкахь декачу олхазарша лоькхура бIаьстенан цIена хIаваъ. ХIинцале а зазадаьккхинчу хьаьрса-хьечаша, йукъ-йукъа кIац йиллича санна, кIаййинера хьаннаш. Ма хаза дара кху тийначу, къеначу хьаннашкахь! Хьалха санна, хIорш маьрша йелахьара, нах кху мехкан дай белахьара, Iедало лелхийна, кху хьаннашкахь лечкъаш лелаш эзарнаш адамаш дацахьара, дерриг а халкъан дегIа тIехь йиллина лаза йисина хала чов йацахьара. Амма и йерза тигац-кх, иза йерза йитац-кх. Цхьана минотана цхьана хIуманах Iехавелла валлахь а, цунна йуххерчо гойту, дагатосу баккъал а ша йуккъехь воллу иэрчо.

КIентан докъа тIехь, кийрара мохь ца болуш, тийна йоьлхучу къоначу ненах тарделлачу оцу исбаьхьчу Iаламой, хIинцца ша керта хIоьттинчу мискачу доьзалой, дIо генахь шерачу арахь гучуйаьллачу виначу йуьртой цкъа а кхин йуха ца йан дIайаханчу бералле ваьхьира иза. Дагавеара ша цIийх схьаваьлла да. XIapa шен xIycaме масазза вогIу, цунний, Берсиний йуккъехь маслаIат дан гIерташ, даим а ДанчIас ден къамел. Дагадаьхкира цкъа ДанчIас шега тIаьххьара аьлла дешнаш а: «Мухха велахь а, хьан да ву-кх иза, Берса…»

2

Берсин дахаре хьаьжначунна моьттур дара, цул ирсе стаг Нохчийчохь тахана ван а вац. Берсин дегIа тIехь дац ша санначу боьршачу нехан догIмашна тIера шеддаш хилла лаьтта чевнийн моьнаш. Амма цуьнан даг тIера чов чIогIа йу царал. Цунна хетарехь, хир а вац и санна кийрахь боккха бала болуш стаг. Оцу дерригенна а бехке цуьнан да ву.

Ткъе пхиъ шо хьалха, йерриг Нохчийчоь гIоттучу, цара имам Шемал шайна коьрте хIотта кхойкхучу, халкъан кIентий шайн даймехкан маршо ларйан хIиттинчу деношкахь, ведда Соьлжа-ГIала вахара цуьнан да. ХIаъ, вахара, шен жимачу туьканара ткъех туьманан меха баккхал стерчийн вордана а йоьттина, царна тIе зуда а, хIетта пхийтта шо кхаьчна Берса а хаийна.

Берса ца кхетара дас лелочух. Даймахкана оцу халачу муьрехь, цунна xIop а боьрша стаг оццул оьшучу деношкахь, вина йурт хьовха, шен халкъ а дIатесна, ведда мостагIашкахьа хIунда ваьлла иза, хIун ду цуьнан цаьрца йукъара? Цунах тIаьхьа кхийтира Берса.

Соьлжа-ГIали уллохь, Рохьмад санна, бевдда баьхкинчу нохчийн кхин а масех цIа дара. Уьш а бара, Рохьмад санна, хьал IаIо гIерташ, муьлххачу некъашца лелийна а, оьрсашца йолу шайн гIуллакхан зIенаш ца хадийта лууш нах. Дукха хан йара Рохьмада совдегаралла лело. Шелахь даим а цхьана барамехь лаьттина цуьнан бахам, иза Соьлжа-ГIала веана ши-кхо шо далале, адам цецдолуш, стамбала буьйлира. Амма Берса хIумма а цец ца волура ден ахчанах. И кхета воьллера дас лелочу харц некъех. Оьрсашца совдегаралла лелор дихкинера Шемала. Россе ваха а, цигара товар дан а бакъо лора, нагахь оцу совдегаро дохка лам чохь къен долу эчиг дахьахь. Цундела Рохьмада Нохчийчу духкучу товарах коьртаниг эчиг дара. Нохчийн йарташка а вахана, ша йуха гIопе вирзича, шен хIусаме ца вогIуш, хьодий, оьрсийн эскаран штабе воьдура иза. Цо лелочух йуьхьанца ца кхетара Берса. Масех шо даьлча, Берсина хиира, шен да, халкъана халачу дийнахь йуьстахъиккхина, ведда цуьнан мостагIашкахьа ваьлла, йамарт хилла ца Iаш, ткъа оьрсийн эскарийн командованина доггах гIуллакхдеш шпион а хилар. ХIан-xIa, шен халкъана йамартло йина ца Iара иза. Цо йамартло йора ахчанах ша иэцначу паччахьан Iедална а. Цо ахчанах йухкура шина а агIорчийн тIеман къайленаш. Амма наибашна цо йухку оьрсийн къайленаш цхьана а маьIне йоцурш йара.

 

Берсин хьекъал ца кхочура дас бечу иэхьечу некъан бакъ мах хадо. Дас гулдинчу хьоло ирсан неI йиллира цунна хьалха. Рохьмадан аьтто хилира шен цхьаъ бен воцу кIант гIарайаьллачу Петербурге прапорщикийн школе вахийта. Мил-милла а ца кхочура оцу оьрсийн столице. Амма ахчано ца деш хIун ду! Дуьненан кIезиг ойла йеш йаьккхира Берсас цигахь и шен дахаран уггар ирсе кийсак. Шен халкъан цIийх доккхуш, дас цунна тIаьхьакхоьхьуйтура шортта ахча. Самукъане столица. Къоналла. ТIамах, мехкарех а бен къамел дацара. Къаьсттина дукха хьехайора карзахе Кавказ. Цигахь йара церан массеран а дог-ойла. Къоначу дворянаша сатуьйсура, школа чекх а йаьккхина, сихха къилбехьа акхачу ламанхошца тIаме баха. Цига оьхура, Россера хьовха, йерриг малхбузе Европера а къийбелла, шайн бахам кехатех ловзийна йа зударех хийцина тайп-тайпанчу къаьмнех дворянчикаш. Цигахь ламанхойх оьху цIий, деши хуьлий, церан бухбоцчу кисанашка Iенара, орденашка доьрзий, накхош тIехь, хьесан кIужалш хуьлий, белшаш тIехь лепара. Амма хийланна карадора цигахь шийла каш а.

Великодержавни хоршано сацам байъинера школерчу къоначу нехан. Сатуьйсура кавказски романтике, турпалчу хьуьнаршка, хастамечу совгIаташка, чинашка. И ун кхетаза ца висира Берса а. Амма, шовкъечу кегийрхойх дIакъаьстича, цхьанхьа ша висча, дегIа тIера и хоршин чарп айъайелча, цуьнан ойла а, дерриг са а генарчу, хьомечу лаьмнашка дIадоьдура. Дерригенна а тIехь толам боккхура даймахке, халкъе болчу бовхачу безамо. Доглозура цуьнгарчу инзаречу бохамаша бIарздинчу шен жимачу халкъах, куралла йора цуьнан турпалчу хьуьнарех, сатуьйсура сихха цига йухаверзаре. Ткъа хьуьнарш, хастам? Цунна уьш кхечанхьа а карор ду. Къоначу цунна ца хаьара, муьлххачу а халкъан Iенийна цIий шена тIехь, иэхьан томмагIа хилла, гуттаренна дуьсур дуйла. Цо, цкъа а синтем ца буьтуш, диллина шен дог огур дуйла… Ткъа масех сахьт даьлча, хьоло а, къоьлло а сийсочу столицин кIорге вахча, и дерриг дицлой, дворянски империн даймехкан йийсаре воьдура Берса.

Амма оццу шерашкахь малхбузехьа даьллачу революцин буьрсачу дорцала нисвелла иза цигара йуха Россе кхин стаг а хилла вирзира.

3

Кхолламо, вигна, европейски революцин буьрсачу цIеран куьрка кхоьссина Берса теш хилира 1849-чу шеран 13-чу августехь венгрин революцин эскарийн коьртакомандующис инарло Гергеяс оьрсийн-австрийски эскаршна хьалха Виллагошна уллохь герз охьадуьллучу иэхьечу дийнан. Цо гIалгIазкхийн дошлошца цхьаьна конвоировать бира австрийски императоран Iедале дIабала буьгу йийсаре баьхкина венгрийн эпсарш. ТIаьхьо цунна хиира оьрсийн паччахьо йамартлонца дIабеллачу оцу эпсарех исс инарла ирхъоллар, веанна тоьпаш тохар, кхо бIе шовзткъе йалхитта набахте кхоссар.

Венгрехь ша йаьккхинчу кIеззигчу хенахь Берсина хиира дуьненан халкъаш шайн къоман маршонехьа турпала къийсам латтош хилар, оцу турпалшна а йуккъехь турпала шен жима халкъ а хилар, ткъа маршонехьа къуьйсуш мел гIеттинарг цIела карчош, Iаьржа ун санна, хьийзаш Николай I-ниг коьртехь а волуш европейски паччахьийн цхьаьнакхетта гIepa хилар а.

Цунна хиира дуккха а оьрсийн эпсарш, салтий шайн паччахьо лелочу оцу къизаллина резацахилар, цара революцехь дакъалацархошкахьа даггара гIо доккхуш хилар.

ХIаъ, дерриг адамаш дацара адамаллин дегнаш кийрахь доцуш, къиза. Цара нийсо лоьхура шайн даймахкахь а, кхузахь, нехан хийрачу махкахь а. Церан даймохк бара – адамалла дерриг, церан Iалашо – маршо а, нийсо а йара. Ма бIаьрнeгIap ца тухуш тIеоьцура цара къиза Iожалла. Ткъа стенан дуьхьа? Шайн даймехкан сийн, шайн халкъан маршонан дуьхьа. Масане вара царна йуккъехь, цуьнан дуьхьа шайн ирс, хьал дитина, йа харцонна тIехь толам баккха, йа луьра Iожалла тIеэца кечвелла, герз карахь араваьлла.

Цунна цкъа а ца дицло йехачу набарх ша самаваьккхина цхьа де. Иза дара венгрийн революцехь дакъалаьцначу полякашна гIаттам хьаьшначул тIаьхьа шайн даймахка йухаберза къайллаха гIо дина гучубевлла оьрсийн эпсарш лоьцу де.

Царах цхьаъ – Алексей Гусев, герггара доттагI вацахь а, Берсина вевзаш, безам болуш, оьзда, догдика стаг вара.

Гусев лаца хьовсийначу эпсаршна йукъа нисвелира Берса. Кхерам гергахь хилар тосадалаза волу Гусев шен накъосташца цхьаьна парггIат кехатех ловзуш Iаш, тIехIиттира хIорш цунна.

– Господин капитан, командующийн приказца лаьцна ву хьо. Хьайгара герз схьало, – элира цуьнга тIеваханчу полковнико.

Капитан цуьрриг ца вуьйхира йа кхера а ца велира. Схьахетарехь, цунна хууш хиллера и де цкъа шена тIехIуттург хилар.

– Со мича бехкана лоцу, хаа мегий? – хаьттира цо, шен карара кехаташ ваьшта а тоьхна, стоьла тIе бертал охьа а дохкуш.

– Цуьнан Воккхалина Императорний, даймахканий йамартло йарна.

Гусев, хьала а гIеттина, ши седа санна, богу Iаьржа бIаьргаш полковникна тIе а боьгIна, курра вистхилира:

– Со реза вац оьрсийн паччахьан правительствон къизачу политикина. Амма со даймахкана йамарт ву бохург данне а дац иза. Со кийча ву сайн даймехкан дуьхьа муьлххачу а минотехь са дIадала.

– Господин капитан, со хьоьца политика йийцаре йан ца веана, командованин приказ кхочушдан веана.

Баттара даьккхина шен тур, гоьл тIехь саттийна каг а дина, полковнике дIакховдийра Гусевс.

– Капитан Барзоев, лаьцнарг гIопе дIавига! Цигахь цунна гуонаха чIогIа ха а хIоттаде!

Шеца шиъ гIалгIазкхи а эцна, лаьцнарг хьалха а ваьккхина, гIопе дIавахара Берса. Цигахь набахтин камера хилла лаьттачу цIенойх цхьаннан неIаре кхаьчча, цуьнан тIам а лаьцна, цхьана секундана соцунгIа хилира Гусев.

– Господин капитан, ахь пурба лахьара, хьоьга хьайгга масех дош ала лаьара суна, – элира цо Берсега французийн маттахь.

– Къайлаххий?

– ХIаъ, гуттар къайлаха.

Берса дIасахьаьжира. Сени чухула хаддаза дIасалелаш гора штабан эпсарш.

– Кхузахь адамаш ду.

– Соьца чуван тарлур дацара хьан?

Берса воьхна хьаьвзира.

– Иза муха хир ду?.. Бакъо ма йац. Дукханна а хаьа вайшиннан йукъаметтиг дика хилар. Ойла йехьа тIаьхьа хин долчун…

– Делахь, хьуо кхерахь, дIагIуо хьо.

Гусевс, неI схьа а йиллина, боданечу, тIуьначу камери чу ког тесира. Амма Берсас, катоьхна пхьарс а лаьцна, озийна йухаваьккхира иза.

– Господин капитан, сан пхенаш чохь кхехкарг нохчийн цIий дуйла хьуна хаьа моьтту суна. Ткъа цара шайна кIилло бу ала меттиг ца йитина дуьненна.

Гусев кIоршаме велакъежира:

– Берса, хьуна ма-дарра хаа лаахь, со-м, хьо баккъал нохчо вуйла хьажа воллура. ХIунда аьлча со даим шек ву хьан пхенашкахь кхехкарг нохчийн цIий хиларх.

НеIсагIи тIехь ах йуха а вирзина лаьтта Гусев чу а теттина, цунна тIаьххье чоьхьа а ваьлла, неI тIечIегIира Берсас.

– Сан майралла зиэн гIерта хьо? Вада лаьа хьуна, Алеша? Гой хьуна, со хьоьца ву-кх, сайн герз а, сайн са а хьан дола дIало ас!

Гусевс, къевллина мара а воьллина, бесни тIе бовха барт баьккхира Берсина.

– Суна ца оьшу хьан герз а, хьан са а. Иза оьшуш меттиг хьо виначу лаьмнашкахь йу, Берса. Майра кIант ву хьо, Берса, амма сонта ву хьо йа йуххец къонах вац хьо.

– Господин капитан, ахь со йемалво!

– Сан дешнех хьайна ма-луъу кхета пурба ду хьуна, Берса. Ахь боху, хьо нохчо ву, амма мичахь ду цунна тоьшалла? Муьлххачу а халкъан тешаме кIант, шен халкъана бохам хилча, цуьнца хуьлу. Ткъа хьо мичахь ву?

Оцу дешнаша, дуьхьал цIийдина хи тоьхча санна, йагийра Берсин йухь. Иза воккхавера шен йогу йуьхь бодашкахь Гусевна гуш йацарх.

– Берса, хьуна новкъа ма далахь ас бакъдерг дуьххьал дIаалар. Гой хьуна кху Европехь хуьлуш дерг? Халкъашна кIордийна феодальни Iазап. Халкъашна кIордийна монархийн, церан гIepaнийн леш хилла даха. Гой хьуна, цара герз буйнахь шайна маршо, нийсо лоьху. Адамашна адамаш хилла даха лаьа, ткъа иза паччахьашна дезалац. Оьрсийн император коьртехь цхьаьнакхеттачу монархаша хьаьшна французски, испански, неаполитански, немецки, итальянски революцеш. ДIадаханчу шарахь цIийла карчийна Париж, Вена, Итали, Германи. Кху шарахь сийначу цIарах йагий xIapa Венгри. Хьуна гой паччахьашна дуьхьал цхьаьнакхетта халкъаш? Кхузахь, Венгрин эскарийн могIарехь, церан салтийн белшах белш тоьхна лиэта полякаш, немцой, австрийцаш, французаш, итальянцаш гирий хьуна? Уьш бара хьуна къонахий, шен къоман тешаме кIентий! Царна хаьара, венграша толам баьккхича, и толам шайн халкъийн а толам буйла. Царна хаьара, шайн массеран а йукъара мостагI – иза цхьаьнакхеттачу паччахьийн Союз йуйла. Ткъа вай, бIе шовзткъа эзар оьрсийн салтий, церан чаьлтачаш хилла схьадаьхкина. Уьш иэший вай. Ма доккха хьуьнар ду иза! Вай, схьа а лецна, церан инарлаш, эпсарш австрийски императоран кара дIабелла. Цо уьш ирхъухкур бу. Шу, толам а баьккхина, цIа доьрзу, чинаш, орденаш йаьхна. Хьанна оьшу и иэхье толам? Кхузахь оьрсийн эскарша баьккхина толам оьрсийн халкъан историн агIон тIехь иэхьан томмагIа хилла буьсур бу…

Сени чохь когийн тата а, тIаккха комендантан девза аз а хезна, Гусев цхьана минотана соцунгIа хилира.

– Амма оьрсийн эскарша лелийначунна оьрсийн халкъ бехке дац. Эзарнаш оьрсий, со санна, доглазарца хьуьйсу дуьненан халкъаша шайн къоман маршонехьа латточу къийсаме. Оьрсийн империна дуьхьал кхузткъа шарахь турпала къийсам латточу хьан халкъана а моьтту хир ду шена тIерачу къизаллина дерриг оьрсийн халкъ бехке ду. Шел лакхарчун омра кхочушдаза ца волу салти. Хьуна ма моттийла ас берриг эпсарш бехказбоху. Дукхахберш уьш акха дегнаш долуш, къиза адамаш ду. Сан хабар дахделла, Берса. Ас элира, хьо майра кIант ву, амма къонах вац йа сонта ву аьлла. Оха-м цадевллачу денна гIуллакх дора тхешан императорна, ткъа хьо мича декхаро валийна цуьнан эскаре? Гой хьуна, европейски халкъашна хаьа венграша латто къийсам бакъ къийсам буйла. Цундела венграш, цхьаъ санна, берриш шайн даймохк ларбан дIахIиттина. Царна гIоьнна баьхкина дуккха а халкъийн кIентий. Ас хьуна бийца оьшуш бац гречески, польски, французски, итальянски халкъаша латто турпала къийсам. Царна-м кхечу халкъаший, пачхьалкхаший гIo деш меттиг а нислора, амма кху кхузткъа шарахь хьан жимачу халкъана ца хилла цхьаьнггера a гIo. Ткъа хьо, хьайн халкъана кху халачу хенахь, цуьнан мостагIчун эскаран магIape а хIоьттина, цо санна, шайн маршонехьа къуьйсурш Европехь хьоьшуш лела. Венгрин халкъо австрийски империна дуьхьал беш болу тIом хьан къомана гIo дара. Кху гIуллакхо кавказски тIамера бIе шовзткъа эзар салт цхьана ханна схьаваьккхина. Хьан къомо шена тIе паччахьан дуккха а ницкъ уозоро оьмар йахйира европейски халкъийн революцин. Ойла йел хьайна, кхузахь революционни эскарех летча а, хьайн халкъах лета хьо, Россехь ахархойн гIаттам хьаьшча а, хьайн халкъан аьтто бохабо ахь. Ахь хIинца лелориг а, кавказски фронтехь нохчашна дуьхьал летча а – цхьабосса ду. Мила ву фельдмаршал Паскевич? Ермолов дIа а ваьккхина, паччахьо цуьнан метта Нохчийчу хьажийнарг ву-кх. Ткъа Лиддерс? Хаддаза хьан халкъан цIий Iенийна, амма, Далла бу хастам, нохчаша масазза а йиттина гIибаваьккхина инарла ву иза. Ткъа хьо, кхин иэхь ца хеташ, жIаьла санна, царна гIуллакхдеш лела. ХIан-хIа, Берса, хьо нохчо вац, велахьара, тахана хьайн халкъаца хир вара хьо! Хьайн халкъан цIийх прапорщик хилла хьо, венгрин цIий Iенийна, капитанан чин даьккхина ахь.

Кисанара схьадаьккхина даточу гIутакхара схьаэцна цигаьрка а латийна, боккха баьккхина кIур чутуьйхира Гусевс. Берса, мотт сецча санна, вист ца хуьлуш лаьттара. Цунна ца хаьара, хIун аьлла жоп лур ду. Иза бехке вара. Цунна къера а хилла, кIелсецнера иза.

– Хьуна хезарий, Берса, полковнико сан бехкевар? Императорний, даймахканий йамарт хилла бохий-ца! ХIан-хIа, Берса, иза иштта дац. Уьш кхетац сох. Даймохк! Амма император, цуьнан хьадалчаш а – иза Росси йац. Иза бац сан даймохк. Росси – иза миллионни оьрсийн халкъ ду. ХIаъ, цкъа а цхьанне а дохкалуш а, иэцалуш а доцу, бодане, миска оьрсийн халкъ. Дагарш, шаданаш, мангалш кара а эцна, татаро-монголаш, польски, немецки, французски мехкашдIалецархой Нана-Россин махка тIера дIалихкина муьжгий. Со дворянин ву, амма со уггар хьалха сайн халкъан кIант ву. Со цунна тешаме хилла. Цуьнан маршонан, цуьнан сийн дуьхьа, цуьнан ирсан дуьхьа со гIоттур ву, сайн императорна дуьхьал хьовха, сайн дена а дуьхьал. Со тешна ву сайна уггар луьра таIзар дийриг хиларх. Делахь а, со вада гIертар вац, йа, къинхетам боьхуш, дехарш а дийр дац. Ткъа хьо, Берса, маьрша вуьсу. Дика гIуллакх де ахь Николайна Хьалхарчунна. Паскевича а, Лиддерса а аьлларг нийсса кхочушдеш, хьайн вежарий байъа гIо де. Кестта инарлин чине кхочур ву хьо. Хьанна хаьа, графски титул йала а мегий хьуна-м. ХIинца аравала.

Гусевс шега кховдийна куьг къевллина шина куьйга схьа а лаьцна, цIе санна богучу бIаьргашца цуьнга а хьаьжна, араиккхина Берса, цигахь лаьттачу гIалгIазкхашка неIаршна догIа тоха а аьлла, дIавахара.

Кхин ца гира Берсина Гусев. Амма, цул тIаьхьа цхьа хан йаьлча, цунна хезира, тIеман-аренан суьдан кхиэлаца Алексей Гусевний, цуьнан йалх накъостаний Мински набахтин кертахь тоьпаш тоьхна бохуш…

Цул тIаьхьа ша даймахкана генахь йоккху xIop а минот шарал йахлора Берсина. Цо хаддаза дехарш дора, ша кавказски эскаршка ваккха бохуш. Мел дог ца дагIахь а, цо гергарлонаш тийсира Кавказан тIамехь гIуллакхдинчу эпсаршца, ца кIордош ладоьгIура цара шен махкахойх лаьцна дуьйцучуьнга. Эпсарех наггахь волчо дуьйцура цигара хьал ма-дарра, хестайора ламанхойн майралла, резабоцуш луьйра цигахь акха къизалла хIитточу паччахьан инарлашна. Амма дукхахболчара йемалбора нохчий, дозаллица дуьйцура шайн иэхьечу хьуьнарех лаьцна. Ткъа мискачу Берсас цаьрга ладоьгIypa, цкъацкъа – дог доккхадеш, тIаккха – дог Iийжаш.

 

Ма ца Iебаш йоьшура цо Кавказах лаьцна Лермонтовс, Бестужев-Марлинскийс йазйина произведенеш! Ма лаьара цунна и доггах нийса могIанаш йаздина, оцу халачу шерашкахь шен декъазчу халкъах дог лезна и оьрсийн бакъ кIентий шен маракъовла. Амма иза хуьлийла дацара. Паччахьан харцоно уьш хеназа эгийра оццу Кавказан лаьмнашкахь.

Берса ша винчу махка йухавирзира шен халкъана уггар хала деанчу 1858-чу шарахь. Дийнначу йарташца паччахьан Iедалехьа буьйлура даа рицкъа а, тIейуха бедар а, берашна шура йаккха бежана а доцу, ткъех шарахь цхьана сохьтана а ца хедаш, хаддаза хиллачу буьрсачу тIамо гIелбина, ницкъ кхачийна, ах сов божарий тIамо хIаллакбина нохчий. Берсина шера хаьара толам паччахьан эскарийн карахь буйла, Нохчийчоьно тIаьххьара сауьзийла.

«ХIун де-те ас? – хоьттура цо шега ша дуьххьара Нохчийчу походе воьдучу дийнахь. – Со сайчаьргахьа валарх, уьш тоьлур бац. ТIаккха йуханехьа некъ а суна хир бац. ТIаккха йов тIеман карьера. ТIаккха, дуьненах хаьдда, таллархочо хьийзо экха санна, лаьмнашкахула, хьаннашкахула ваьлла лела дезар ду сан. Нагахь со сайн меттехь Iахь, ахча а, чинаш а, самукъане дахар а хир ду…»

Дерриг къастийра оцу дийнахь Гелдагана уллохь хиллачу тIамо.

Берсина оцу дийнахь дуьххьара гира тIамехь леташ нохчий. Царна йуккъехь бара сирбелла баккхий нах а, маж-мекх далаза бераш а…

Берсина хаьара паччахьо шен эскарш керла мехкаш дIалеца, кхидолу къаьмнаш тало, дворянийн хьал-бахам алсамбаккха тIаме лоьхкийла. Инарлаша, эпсарша салтий тIелоьхку, хьерабевлча санна. ЦIийх ца Iеба церан сутара бIаьргаш, тIулган дегнаш. Тахана цIийIанорна царна чинаш, хьал лур ду. Цаьргахь герз ду, шортта тIедуха а, даа а ду церан. Ткъа царна дуьхьал летачу къоьжачу нехан, берийн? ХIан-хIа, цара, дуьххьалдIа маршоней бен, кхин хIуммане а са ца туьйсу. Уьш, шайн даймохк, шайн доьзалш, шайн синош лардан гIерташ, оьгу. «Уьш бац ткъа сан дай, сан вежарий?» – хоьттура цо ша-шега, гу тIера дIа тIаме а хьоьжуш. Ткъа иза йукъахь волу полк, цкъачунна тIамна йукъа ца йоьдуш, резервехь лаьттара.

Эххар а зурмано хаам кхайкхийра. Шен сотнина хьалха а ваьлла, хьалалаьцна тур а долуш, гух чу говр хийцира Берсас.

Амма ойланаша цуьнан синтем байъинера: «Алешка Гусев вацара ткъа оьрсийн дворянин, эпсар? Цуьнга ца хьоьжура ткъа хьалхахьа ирсе дахар, чинаш, тIеман карьера? Шайна аттаниг лоьхуш эгна ткъа къийсамехь испански эпсарш Риего, Квирога, грекийн эла Ипсилантий, валах Тудор Владимиреску? Шен ойла йора ткъа Шегошварена уллохь оха вийначу Шандора Петефис? Ткъа Гарибальди стенан дуьхьа лела дуьненахь маршонан байракх мел айъинчохь герз буйнахь гIийлачийн магIаре хIуьттуш?»

Махо шок йеттара лерехь. Молханан кIуьро бIаьргаш Iийжабора. Лергаш къардора йуьйлучу тоьпаша, вовшехдеттачу болато, хьоькхучу маьхьарша, дечу узарша. Берсина хьалхарниш хIинцале а лета боьллера. ХIара хIинца а тIе ца кхаьчнера. Амма шера гора нохчийн къоьжа а, къона а, амма оьгIазе, майра, Iадийна а йаххьаш.

«Дуьненан даьхний лаха, чинашкахь хьалабовла баьхкинера ткъа паччахьийн къизачу туьра кIел цIий Iеночу Венгрина гIоьнна баьхкина полякаш, итальянцаш, австрийцаш, французаш, чехаш, сербаш?.. Горлера, венски студенташ, йаI! Ма дера лийтира уьш цигахь шайн императоран эскаршна дуьхьал. Ма безачу мехах дIаделира цара шайн дахар! Цара массара а маршонан, нийсонан дуьхьа шайн дахар дIаделла, кхечу мехкашка а бахана, ткъа со…»

Оццу минотехь цунна гира шена хьалха волчу полковнико тур тоьхна воккхачу стеган сира корта дегIах къастош…

– Нохчий! Со шун ваша ву, со шуьгахьа волу! – мохь белира кхидIа са ца тохаделлачу Берсин…

* * *

«Мухха велахь а, хьан да ву-кх иза, Берса…», – декара цуьнан лерехь ДанчIин дешнаш.

Да-нана. Ма доккха, дагна гергара дешнаш ду уьш! Къаьсттина сий деш лоьру уьш нохчочо. Мел оьздангалла йайначу, мел акха дог кийрахь долуш кхуьучу кIанта а сий до шен де-ненан. Цо и шиъ цкъа а дIа ца тосу, дицдац, ша мел боккхачу бале вожарх, адаме цалайаллал йоккхачу халонга нисваларх. Берийн бераш а долуш, сирвелла воккха стаг хилла ша дIахIоьттича, тIаккха а, шен дена-нанна хьалха нисвелча, хIинцца пхи шо кхаьчна бер санна хуьлу иза. Цаьршиннан дош цунна Дала аьлларг ду. Иштта ду дайшкара схьадогIу цуьнан халкъан гIиллакх. ХIинццалц схьа ваьлла вац и дохош кIант. Амма Берсас дохийна иза. Кху тIаьххьарчу ткъе пхеа шарахь пхоьазза а ца гина цунна шен да. Йа хIумма а иза гape са а ца туьйсу цо. Иза къехка шен дех, цуьнан хьолах. Лаац цуьнан цIе йоккхуш хаза а.

«Бакъ вуй-те со?» – хоьтту цо ша-шега.

ТIаккха цунна хьалхахIутту полковнико тур тоьхна, къеначу дегIах къастийна говрийн когаш кIел боьжна воккхачу стеган сира корта, хIинцца ша керта хIоьттина йалх кIант тIамо вийна цхьалха висина воккха стаг а. Уьш эзарнаш бу цуьнан декъазчу даймахкахь.

«ХIаъ, хьо бакъ ву, – хеза цунна шен деган кIоргера. – Оьздачу стагана шен даймахкал сийлахь а, лекха а хIума хила йиш йац дуьненахь. Цунна йамарт хиллачу стагана къиза Iожалла йогIу!»

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru