bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

4

Туьпана генайоццуш, Мурат-хил дехьарчу шерачу экъан тIехь, йаьржина лаьттачу туркойн йуьртахь уггар дикачу масех цIийнах цхьанна чохь ши кор къагийна сирла чиркх богура Соипан садолучу хенахь.

ХIусамдай чохь Iен цIа нохчеха кечдина дара. Пенех диттина кузаш, царна тIехула оьхкина герзаш. Поппаран маьнгин цхьана маьIIехь пенаца хьалабоьттина мотт-гIайба. НеIарехь лаьттачу дехачу гIанта тIе хIоттийна шиъ цIестан кIудал, царна тIехула пенах оьллина кхо ког болу цIестан горга шун.

Маьнги тIе тесначу куза тIе хиъна Iачу шуьйра, йеха, сира маж йолчу зоьрталчу воккхачу стага, чIепалгийн ши-кхо дакъа дисинчу хенахь, шена хьалхара кхийран хедар дIа а теттина, ши куьг кIайчу гатанах а хьаькхна, доIанна хьалалецира:

– АлхьамдулиллахI, алхьамдулиллахI…

Доцца доIа а дина, маж буйнах йоккхуш ши куьг йуьхьах а хьаькхна, дуьхехь, настаршна тIе а лахйелла, хебна, тийна Iачу къоначу зудчунна тIевирзира иза:

– Эсет, xIapa хедар дIа а эций, хьайна хIума кхаллахьа.

Къоначу зудчо, хьала а гIеттина, схьа а эцна, хедар шена хьалха деара. Воккхачу стагехьа букъ берзийна, гIийла нох дохуш, ши дакъа а диъна, бертал тIе кад биллина, хедар терхи тIе хIоттийра цо.

– Ахь хIума хIунда ца йии, Эсет? – цкъа а ца хиллачу тайпана хьостуш, дийхира воккхачу стага.

– Хьо цIа вале, йиънера ас, ваши.

– ХIума йаа йеза, Эсет, – йуха а эсала вистхилира воккха стаг. – Кхин болх ца беш, ткъа шарахь диъча, диса а ду вайн рицкъа. Вайшиъ доцург, иза даа стаг а вац. Хьайна деззарг даа, хьайна деззарг тIедуха.

Эсет цецйуьйлура кху тIаьххьарчу хенахь марвешин шеца йолу йукъаметтиг цIеххьана хийцайаларх. Цунна вевзичхьана, виллина, лом санна, дера вара иза. Шен доьзалца а, йуьртарчу адамашца а. Ткъа хIинца, чуьха санна, эсала ву. Хьанна хаьа, зуда а йелла, кIант туркойн эскаре а вахана, йуьртахойх а къаьстина, кху туркойн йуьртахь цхьа висча, къена дог кIадделла хир ду-кх цуьнан.

Кхуза схьакхаьчча, цхьана кIиранах бен ца Iийра Шахьби туьпахь. ГондIа йарташка а ваьлла, шена иэца дика цIенош лехна, xIapa цIенош а иэцна, кхузахь паргIатваьллачул тIаьхьа Хьабиб дIатарвира цо ша даим а сатийсинчу Алхазан Мусица. Цуьнца гергарло мичхьахула, маца тасаделлера ца хаьара Эсетна. Амма хIиричун гIоьнца, дукха хан йалале, Хьабиб, эпсаран чин долуш туркойн эскаре хIоьттира. Мусехула кху йуьртан къеда а хIоьттира Шахьби. Доцца аьлча, маситта шарахь цо IаIийна ахча дара кхузахь цунна некъ боккхуш.

Шахьбис хIоттийначу новкъа нийса дIадоьдура дерриг. Шел ирсе стаг ца хетара цунна. Иза ша йуьртан къеда ву. Цунна тоьур ду и гIуллакх. КIентан чин лакхара дац. Юзбаши . Амма иза а цкъачунна тоьур ду. Чинна лакхавоккхучу ламин хьалхара тIегIа ду иза. Ткъа Хьабиб къона а, онда а, куьце а жима стаг ву. Иза майра, хьуьнаре хиларан-м шеко йац. Хьанна хаьа, цхьа масех шо хьовзале, паша хила а ма мега цунах. Масех эзар эскархо тIаьхьа а волуш. ИншааллахI, оцу Делан пурбанца, мацца а цкъа, шена тIаьхьа доккха эскар долуш Нохчийчу а воьссина, цигахь имам хила мега цунах. Алхазан Мусин Iалашо а изза йу.

Кхузахь оццул хаза дIадоладеллачу цуьнан ирсах кевнаш дийла дуьйлира. Цкъа хьалха Бежу кхелхира. Цуьнан дилхечу дегIе ца лабелира xIapa бовха мохк. Дукха йукъ йолале кхелхира Гати а. Амма и шиъ даларх гIайгIане воьжна ца хьийзира Шахьби. Шинне а Къуръанаш дешна, атталла сагIина цхьа кепек ца луш, дIадерзийра.

ХIума йиъначул тIаьхьа пхьуьйран ламаз а дина, ши ког кIел буьллуш, голаш тIе хиира Шахьби.

– Оцу сан гIовталан кисанара суьлхьанаш лохьа соьга, Эсет.

Пенах кхозучу атлазан гIовталан кисанара схьаэцна йантарах дина суьлхьанаш марвеше дIакховдийра Эсета.

– Кхуза, суна уллохьа, охьахаахьа, Эсет, хьоьга дан къамел дара сан.

Сихдина суьлхьанаш дохуш, леррина Эсете хьоьжура Шахьби. Къоьжачу, буьрсачу цIоцкъамашна бухара цуьнан цIен ши бIаьрг сутара кхерстара несан хазачу йуьхьаний, дуьзначу дегIаний тIехула.

Сихха бIе зуькар а дина, горгам йеш карахь хьарчийна суьлхьанаш коре а дехкина, меллаша Эсетан куьг схьалецира Шахьбис:

– XIapa куьг ма шога ду хьан, Эсет? Дерриг эттIа. Пхенаш сенделла, – хьоьстуш, Эсетан куьйга тIехула шениг хьоькхура цо. ТIаккха, некха тIехула охьа а веана, Эсетан кара гулйелла цуьнан дашо стомма кIажар схьалецира. – Месаш а йу хьан хьирчина…

«Муха ца хуьлу? – ойла йора Эсета. – Дийнахь-бусий йала хIоьттина йецаш хилча. Цул сов, шен дегIана там лаха дог хьенан догIу. Со хьанна кечлур йара…»

– ЦIийнан дукъ кочахь дисина, ницкъ хуьлу-те хьуна? – хьаьстира иза Шахьбис. – Хьоьга xIapa къахьоьгуьйтур дац вай. Хьайна хьалхара гIуллакхаш дан цхьа гIарбаш лаха. Доьххург диллий, схьайалайе. Шиъ йалайе. Вайн чохь дерг – цIаной, кхачий – ахь лелабе. Важа керт-ковра гIуллакхаш цаьрга дайта. Хьайн дегI, могашаллий Iалашйе.

Ненах къаьстичхьана шен догъоьцуш, шех къахеташ дош ца хезначу Эсетан логе шад гIоьртира, бIаьргаш чу хиш гулделира. Марвешин буйнара куьг схьа а даьккхина, корталин тIемагца бIаьрхиш дIахьекха хIоьттира иза.

– Ма йелха, Эсет, ма йелха, – хьаьстира иза Шахьбис. – Оцу хьан хазачу бIаьргех хин тIадам ца балийта, вала реза хир ву со. ХIинццалц ахь хьегна къа-бала бицбеш, хьо ирсе йан ницкъ бу сан, нагахь хьо резахилахь…

Эсет йист ца хуьлура. Цунна ца хезара марвешин къамел. ДуьхьалхIуьттура ша Гати-Юьртах йолуш йоьлхуш йисина нана. Боьлхуш, ша дIахеца ца туьгуш, шех хьирчина кегий йижарий, вежарий. Даймахках къастаран балано хеназа вийна Гати. Генадоццуш, туьпахь, леш болу шен махкахой.

Кхин гур йац-кх цунна Гати-Юрт, ден миска хIусам, нана, кегий йижарий, вежарий. ДIавели Гати а… ЗаьIап велахь а, цуьнан мар вара иза. Майра, къинхетаме, тешаме. Йиша-вешех а, даймахках а хаьдда, кху нехан хийрачу махкахь йала а, лаьттах йаха а дезар ду-кх. Веккъа цхьа Аьрзу воцург, тIетовжа стаг вац-кх…

Шен тIаьххьарчу дешнашна дуьхьало ца хилча, майравелира Шахьби.

– Делхьа, хаац суна-м, Эсет, хIинца цкъа-м бен боьхна вайшиннан. Цхьана метта ши бохам хили суна. Кхетта хIусамнана а, цхьаъ бен воцу ваша а вели. КIант а воцу хьесап ду. Наггахь бен гур вац. Цхьа таро йолчу туркочун йоI а йалийна, шена воккхур ву иза. ХIокхарах зуда а йалийна, мотт-гIиллакхаш тIе а эцна, дIа ца волавелча, хала хир ду цунна хьаькамаллехь лакхавала. Доцца аьлча, цуьнга-м шена амал йалур йара. Бен боьхнарг вайша ду. Къанвелча бен, хIусамнана дукха оьшуш ца хиллера стагана. Къаьсттина со мегар вац и йоцуш цхьана дийнахь а. ЦIенош ду, йоккха беш йу. Кхин кепек тIе ца кхетарх, ткъех шарахь хецна дайъа ахча ду. Ас хIун до цунах, кертахь хIусамнана ца хилча? Амма со резаверш кхузахь айса мичахь лохур хаац. ДIога туьпа ваьлча-м, эзар а карор йара уьш. Шайна йаа сискалан йуьхк хир йуйла хиъча, хаза а хеташ богIур бара. Амма хьенан, хIун йу а ца хуу и сагIадоьхургаш керта йало а ца лаьа. Делхьа, хаац суна-м, Эсет, белларш денлур бац, вай дахаза а довлац. Иштта цхьаьна Iен хала хир ду вайшинна. Суна зуда йезар йу, хьуна мар оьшур ву. Суна зуда каро-м хала хир дацара, хьуна мар атта нислой хаац. Туьпара вайнах моццул хир бу а хаац, цамгарший, мацаллой хьоькху адам. ТIехула тIе, дийна биснарш цигахь буьтур болуш бац. Царна йукъа кхетча а, цаьрца мацалла лийр йу хьо.

Саметтайеанчу Эсета леррина ладуьйгIира марвешин къамеле.

– Вайшинна тоьлуш дерг даллалц цхьаьна дахар ду. ШарIо магош ду вешех йисинарг марвеше йерзар. Хьо резахилахь, цхьа а тайпа иэша хIума доцуш, йехар йу хьо…

– Ахь хIун элира, ваши? – йукъахваьккхира иза Эсета, къаьрззина цуьнга а хьаьжна.

– Хьо соьга йерзахь, вайший а ирсе хир ду, бохура ас-м. Кхин некъ бац йа суна а, йа хьуна а…

Лаьхьанах къаьхкича санна, кIегаръиккхина Эсет, Iадийна, Шахьбега хьаьжжинчохь йисира. Лар йоцуш байра цуьнан йуьхьа тIера цIен бос. Иза, кхехкийча санна, кIаййелира. ДегIе хорша хьаьдча санна, йегайора чIениг.

ХIинца кхийтира иза дерригенах а. Оццул дера шен марваша кху тIаьххьарчу хенахь шеца эсала, къинхетаме хиларх а, сел комаьрша иза валарх а Эсета бен тамаша хIинца кхачийра.

Цкъа дагадеара цунна, ванах, xIapa саметтахь мукъане вуй-те аьлла. Дера, ву. Даим а санна, цIен ши бIаьрг. Амма сутараллех буьзна и шиъ. Шера шарйина шуьйра, йеха сира маж. Iаж санна, йогу дилхе беснеш. Доьттича санна, зоьртала дегI.

– Ваши… ахь баккъал а бохий?

– Ас йийриг забар йац, Эсет.

– Адамашна хезна хIума дац-кх ахь дуьйцург… Сан майра… хьан ваша…

– Велларг йухавогIур вац, Эсет. Дийна висинарг вахаза ца волу.

– Сий… иэхь…

– ШарIо магориг нахе йемалдалур дац… TIe, хьанна хуур ду xIapa? Нах цигара дIабевр бу кестта. Вайшинна кIезиг гур бу уьш…

– Тоьур ду суна хиъча а. И хир дац, Шахьби!

– Ойла а йай, ала айхьа эриг.

– Кхин ойла йан оьшуш дац.

– Делахь хIета, хьо реза йацахь, сан кертара арайала, – аз айъира Шахьбис. – Туьпа гIyo. Цхьа кIира далале, цигахь лийр йу хьо мацалла.

– Сийначу цIарах йага а реза йу-кх со, и иэхь тIе ца эца!

VII корта. Эмин-паша

Турцех дIакхета шайн йолчу перспективо, схьагарехь, хIумма а самукъа ца доккху ламанхойн.

К. Маркс, Ф. Энгельс

1

Эрзеруман виллаетан керла вели Мухлис Эмин-паша лоьруш тIеийцира мушахоша.

Эххар кхечи цара дукха сатийсина гIo. ХIинца-м маьрша бевр бара уьш оцу кхайкхаза баьхкинчу лулахойх. Кхо бутт бу мушахой буьйсанна маьрша охьа ца буьйшу. Массо неIарна, гIопана догIанаш тоьхча а, зайлаш доьхкича а, синтем хилац. Урамехь говрийн бергийн тата даьлча йа бешахь шах-ших хезча, дегIе зуз хьоду, кIажийн пхенаш чу доьду са. Баттара йаьккхина шаьлта а буйнахь, неI йа кор кагдина, хIинций-хIинций чу нохчо оьккху бохуш Iа. Цхьа буьйса ца йоьду цара цхьаъ, талийна, чIана ца воккхуш. Жимма а дуьхьало йан гIоьртинарг воьжна каравойту. Амма, дерриг талорашна уьш бехке бац бохуш а дуьйцу. Цаьргара эцна бедарш тIехь къолах оьху, боху, меттигера нах. Къаьсттина – курдой. Ткъа хилларг нохчашна тIетотту.

Талораш-м хIун дара. Оцу туьпара схьа ун даржарна кхоьру. Цигахь доцуш дац цхьа а Делан ун: Iаьржа-ун, морзгалш, чуьйна, хоршанаш.

 

ХIинца Эмин-паша веана мушахой царах кIелхьарбаха. Шеца кхо эзар дошло а волуш. ХIетталц шайн шахьара бIо беача бIаьрга цIий хьаьвзачу мушахоша маралелхаш тIеийцира уьш. Ткъа жимма а таронаш йолчара шайгий-шайгий хьошалгIа кхойкхура. Цхьа буьйса мукъана а маьрша йаккхар стенан мах бу?!

Исбаьхьа йу эрмалоша йиллина шира шахьар Муш. Цунна тIехула лаьттачу Сэв-Сар ломара охьахьаьжча, керайуккъехь санна, йаьржина го Мушан аре. Иза йоькъуш, йуккъехула чекхдаьлла дIаоьху Меграгэт-хи. Къилбехьа, малхбузехьара малхбалехьа йахйелла Эрмалойн Тавран йеха зIе. Малхбалехьара Немрут, Гргура аьрцнаш тIехула кхуза схьаоьху Ван-Iоман эсаран мох. Аренна йуккъе когаш хецна соцу Сев-Сар. КхидIа говран ленах тера Канасар лам бу Муш-шахьар марайоьллина лаьтташ.

Лома тIехь айъайелла го шахьар йиллинчу стеган Мушеги Мамикоянан аххирцина лекха бIов. Шахьарна тIехула стигала хьала муцIарш кхийдийна лаьтта килсийн горгий, ира момсарш. Моттало, дукха хан йоццуш кхузахь динчу Iалаудди-беян маьждиган йуткъа-лекхачу момсаре уьш хьагIца хьуьйсуш санна.

Тахана къаьсттина хьалхе самайаьлла шахьар. ХIан-хIа, тахана пIераска а йа кIиранде а дац. ХIетте а, Iуьйренца хьалххе дека дуьйлира Сев-Аветарана, Шек-Аветарана, Сурб-Маринэ, Сурб-Киракосан, кхин а килсийн горгалеш. Уьш дIатийча, Iалаудди-беян маьждиган момсар тIера схьахезира моллин сингаттаме деха аз.

Керстанаш а, бусалбанаш а – берриш ламазе оьхура, Нусрет-пашина кхиам боьхуш, Деле доIанаш дан.

ХIинццалц базарахь салти гича, Делан ун догIуш хета мушахой тахана белабелла-бекхабелла дуьхьалкхетара царна.

Шахьаран базарахь бара маьI-маьIIера нах – Сасунера, Багэшера, Ванера, Хнусера, Эрзерумера. Мушана гонахарчу йарташкара баьхкина ахархой а.

Хезара маьI-маьIIера маьхьарий:

– Мерза хьорматаш! Мерза хьорматаш!

– Кишмиш эца! Мушахойн кишмиш!

– Газпа дезарг схьавола! Сэв-Сарера газпа!

Базарахула буьйлабелла лелачу дошлошна маьхза лора стоьмаш, хасстоьмаш. Лелаш лаьтташехь цара чухьерчадора тандырашна чохь деттина, тIе моз хьаькхна, кишмиш тесна чоме хьокхамаш.

Килсийн горгалийн гIовгIаной, мозгIарийн а, молланийн а доIанаший Деле воьхуш де делкъенга долучу хенахь, цхьа эзар дошлочуьнца шахьарара аравелира Эмин-паша. Важа дошлой а, шена гIоьнна кечвелла эзар мушахо а цкъачунна шахьарахь витира цо. Оьшуш меттиг хилахь, шок ма-туьйххи тIаьхьабахка кийчча.

Пашина уллохь хьаргIачу динахь вогIура Iуспанан Сайдулла. Цаьршинна иттех гIулч тIаьхьавогIучу масех эпсарца вара Шамхалбек а, Хьабиб а.

Кхоьлина гора Сайдуллин вуьшта а буьрса йуьхь. Цунна моьттург ца хили кху гIуллакхах. Баккъал аьлча, цунна моьттург хили, амма Алхазан Мусас ма-дийццара ца нисдели. Шайл хьалха кхуза баьхкинчу малхбузехьарчу ламанхойн новкъа дIаоьху хIорш а. Цара санна, туркошна бераш-м ца духку хIокхара. Уьш санна, йолах салт-м ца буьйлу хIорш. ХIинца цкъа. ТIаьхьа хиндерг хаац. Изза ца дер олийла-м йац кхара а. Мацалло иэхь, йахь, йуьхь а ма йойъу стеган.

Кхуза схьакхаьчча, Эрзерумехь дIатарвелла Сайдулла. Туркойн цхьана хьолахочуьнгара шахьарна йисттехь йоккхачу бешаца хаза цIенош эцна цо. Нахерчу халонга хьаьжча, бехаш бу, ала мегар долуш, дIатарбина цо шен гергарниш а. Амма цуьрриг воккхаве меттиг бац. Карахь дерг дууш воллу, ткъа тIебогIу пайда кIезиг бу. Моьттура, схьакхаьчча туркойн Iедалхоша, дуьхьалбаьхкина, мара а лелхаш, вадийна вигна, султанна улло кхузахь ша охьахаор ву. Ша хаза дIатарвелла Муса. Пашин чин делла, туркойн эскаран коьртехь ву иза. Ткъа Сайдулла вац хьехош a. XIapa аьлла хьаькамалла дац кхуьнга луш. Эцца, нохчашна тIехьожуш ву боху цIе а тиллина, сагIина ло хIума санна, хене валлал алапа хIоттийна. Цхьа пхи-йалх эзар нохчо салт валахь, пашин чин делла, церан коьрте хIоттор ву, боху. Амма Эрзерумехь болчара-м хьеха а ца дайти иза. ХIинца хуур ду-кх кхузарчара хIун олу.

Йуьйлинчу тоьпана тIеваха атта дара Сайдуллина ша Iехийна схьабалийна, бIарзбелла хьийзачу оцу нахана тIевоьдучул. Кхуза-м хIинца шозлагIа бен ца вогIура иза, ткъа Эрзерумна уллехь лаьттачарна тIехIуьттийла дукха нислора. Оцу дегIа валлалц тIеман цIергахь кхиъначу цунна дукха гинера ирча Iожалла. Массо а суьртахь. Амма кхузахь хуьлуш дерш иэрчонашлахь а йоккха иэрчо йара. Деккъа цхьа хIума дара цунна маслаIат дийриг – цунна шена а ца хаьара xIapa хьал кхузахь хIуттур дуйла. Хиънехь, иза вогIур а вацара. Ша веача а, нах балор бацара. Дерригенна а бехке ву Алхазан Муса. Цо а боху, ша Iехийна, шена а ца хаьара…

Декъала да ву-кх Цугин Iелаха. Шен хеннахь дIакхелхи. Даймехкан лаьттах воллу. Цхьаннен а неIалт кIел вац.

«Ткъа со вуьйжи-кх Делан а, нехан а неIалт кIел. Iелаха-м, дера, дукха доггах а ма вацара. Цо-м элира, нехан йалсаманел вешан жоьжахати тоьлу вайна. Ас ца вуьтуш лелара-кх миска. Шен цамгарца…»

Ойланаша дIалаьцначу Сайдуллин тидам а ца хилира хина тиллинчу дечиган доккхачу тIайх шаьш довлуш. Ца хезира аннаш тIехь говрийн бергаша ден къора татанаш, ца гира лаха кIелхула, буркъаш туьйсуш, карзахе гIовгIа йеш доьду Мурат-чай а.

«Со хIунда хIоьттина, Мусех тешна, цунна тIаьхьа? Нийса дерг аьлча, со бен ма вацара оьрсашна доггах гIуллакхдинарг. Доггах делахь а, дацахь а, цара боххург дора-кх ас. Йа, ТIелхаг, Ботукъ, СоIду, Эдал, Эски, Хьамзат санна, дерригенна йуьстаха а ца сеци; йа, къар ца луш, БойсагIара санна, Iожалла тIе а ца ийци; йа, Iуммий, Атабий санна, Сибрех ца ваха; йа СолтамурдгIаьрца а вац. Цхьана хенахь цхьатерра къонахий дара тхо, цара шайн цIераш Iалашйи, сайниг хIинца цкъа-м йожаза йу иза, амма ас ахча иэцар нахана хаахь…»

ТIех а девлла, готта некъ лекхачу шина берда йукъа боьлча, шен дине чабол эцийтира Эмин-пашас. Готтачу новкъахь улло волийла доцу Сайдулла тIаьхьасецира цунна. Пашин шалхаихна стомма лаг, аьтту агIор таIош тиллина цIен пес, говран йортаца кхийсало песан кIужал, маьлхан зIаьнарша шуьйрачу белшаш тIехь ловзо хьесан кIужалш йайча, цIеххьана дуьненах догделира Сайдуллин.

«Мила ву со кхузахь? Оцу хьакхин лай ву-кх. Цо аьлларг дан кхузахь – туркойн йалхо. Ванах, иштта даха деза-те тхо абаде абаделлац? Мухха делахь а, цIахь тоьлура…»

Уьш туьпа тIе кхочуш, говрахь дуьхьалвеара къона нохчо.

Пашас жоп ца делира цо хаьттинчу маршаллина. Биэндоцуш, ши бIаьрг хьалха а боьгIна, говрахь, тIулгах воьттича санна, меллаша туьпа йуккъехула дIаоьхура иза. Туьпа боьлча, къамелаш тийра тIаьхьабогIучу эпсаршний, салташний йуккъера. Уьш акъбевлла дIасахьуьйсура. БIаьргашна хьалхахула чекхйуьйлура тоьланаш, лаппагIнаш, отеш, баннаш. Махой, малхой, йочанаший басайаьхнера царна тIейиттина хIуманаш: истангаш, хьардаш, диттийн гIаш. Оцу мискачу хIусамашна хьалха йукъ-йукъа гора меллаша суьлхьанаш дохуш йа уьрсаца гIаж цоьстуш Iен къена стаг. Баьлла корта, дукха хенахь дуьйна шарйаза, модаша йуьзна маж. Бовха малх хьаьжна гуьйренан декхна де делахь а, кетарх хьаьрчина Iа иза. Кхиверг тевжина ву йа ламаз деш воллу, йа и декъаза шен хIусам тойан гIерта.

Зударий бу тIелхигаш летош, берийн бедарех, кортойх хьуьйсуш, шайн-шайн хIусамашна хьалха девзигаш хьоькхуш.

Диканехь а, бохамехь а шайниг ца дуьту бераш ду кхузахь а ловзуш лелаш. Ирахь леларш хьовха, хевшина а муха Iало-те аьлла, гIийла ду и адамаш. Можий йаххьаш, чекх са а гуш, буьхьигаш ирбелла марош, хьех чуэгна бIаьргаш, баккъашна тIехевшина пханарш, чIораш санна, йуткъайелла настарш, пхьаьрсаш…

ХIетте а, дахарх тийсалуш бохку. ЦIена ду туьпахь. Йац нехаш, ца йогIу хьожа.

Эмин-паша реза ву. Тийна ду туьпахь. Цо Iуьйранна каймакам хьажа ваийтинера кхуза, ша кхачале низам хIотто, адам гулдан.

– Ас омра динера, божарий цхьанхьа гулбе аьлла. Мичахь бу уьш? – хаьттира цо дуьхьалвеанчу къоначу нохчочуьнга.

– Хьан омра кхочушдина. ДIога, кешнийн гу тIехьарчу ара, паргIате гулбелла нах, – жоп делира вукхо гIумкийн маттахь.

Сайдуллина го пашина цагург. Хаьа, и къена нах, зударий арахь хевшина а, гIуллакхаш деш а хIунда Iа. И мацалла мажделла бераш ловзуш хIунда лела. Хаьа, Эмин-паша шен дошлошца Муш-шахьаре ма-воьссинехь, кху туьпа хабар кхаьчнийла, герз каралаца ницкъ болу массо стаг, зуда, бер лата кечделлийла. Хаьа, шайн баннашна хьалха хевшина гIуллакхаш деш Iачу баккхийчу нехан, зударийн, ловзуш лелачу берийн бIаьрг шайна тIебоьгIна буйла а, оцу туьпахь, хьаннаша букъийначу оцу ломан орцаца къайлабаьккхина тIеман ницкъ хир буйла а.

Цунна дика вевзара Аьрзуй, Маккхаллий.

Уьш тIехбевлира ломан когашкахь жагIанечу гух долчу нохчийн кешнашна. Даккхий а, кегий а баьрзнаш. Масех бIе. Коьрте хIиттийна кегий тIулгаш, дечигаш. Цхьа а кечдина чурт дац…

Цаьрга веха ца хьийжира Сайдулла. Гуш санна хетара мацаллой, махкаллой, даймахке сатийсарой дагна биначу балано хеназа кхалхийначу оцу адамийн гIаларташ. Иза ву церан Iожаллина бехке. Иза. Iуспанан Сайдулла. Цо бира Алхазан Мусица барт. Цуьнгахула ахча а ийцира. Оцу ахчанах бартахой а ийцира. Цаьргахула эладита а даржийра. И дерриг нахана хууш хилча…

Нагахь мацца а цкъа иза гучудалахь…

Иза гучудер ду. Цхьанна дина дика а, зулам а цуьнца ле. Амма дийнначу халкъана динарг дицлац. Эзарнаш шерашкахь деха. ХIунда аьлча халкъ леш дац.

Сайдуллина ца хаьара шен ши бIаьрг мича хьур бу. ХIетта сирйала йоьлла Iаьржа маж некха тIехь шалха а кагйеш, охьабахара цуьнан корта. Говран кхеса тIе богIабелира бIаьргаш. Амма, мичча хьаьжча а, дуьхьалхIуьттура и адамаш, хезара цара кийрахь къайладаьхна узарш…

Гух дIахьаьвзича, Эмин-пашина хьалха инзаре сурт хIоьттира. Йуькъачу хьаннаша хьулбинчу ломан когашкахь шуьйра аре дIалаьцна лаьтташ дошлойн эскар дара. ДеакIов могIанашца дIахIоьттина пхи полк. ХIор а бIеннашка а йекъна, хьалхаваьлла бIенча а, полкана хьалха пхибIенча а. Хеталора, и говраш а, царна тIера дошлой а тIулгах боьттина…

– Сайдулла-эфенди, xIapa хIун ду суна гург? – хаьттира цо, урх оьзна, говр а сацийна.

– Хаац, Эмин-паша, – биэндоцуш, жоп делира Сайдуллас.

«ХIаъ, хIорш, Эрзерумна уллорнаш санна, боьхна ца хьийза, – ойла йора Сайдуллас. – Кхузахь Аьрзун куьг хаало».

– Айхьа хаттал ахь хьайн махкахочуьнга. Нагахь ас гулло аьлла нах белахь, уьш соьга ладогIа ца гулбелла, тIамна вовшахкхетта. ДIаса а баьржина, чухахкабала кийчча. ХIан-хIа, Сайдулла-эфенди, со иштта тIе ца воьду царна.

– Цхьа а тайпа кхерам бац хьуна, Эмин-паша, – Сайдуллина гIоьнна йукъавелира дуьхьалвеана нохчо. – Тхуна хезнера, хьуна эскарш дукхадеза бохуш. Хьо эскаршца вогIийла хиъначу оха, хьан хьурматна тхешан ницкъ кхочург вовшахтоьхна.

Туркойн отряд гергагIоьртича, меллашчу боларахь царна дуьхьалволавелира эскарна хьалха лаьтта ши дошло. Сайдуллина бIаьрг ма-кхийтти вевзира сирачу динара Аьрзу а, расхачу динара Маккхал а.

Царна тIекхочуш Эмин-пашин ойлано масазза а ха хаьрцира. Ца хаьара, ша цаьрца муха хила веза. Шена дуьхьалбогIурш цхьана чинехь нах хилча-м, хуур дара цунна динара восса везахь а, куьг дала дезахь а йа тергал ца беш бита безахь а. И сагIадоьхургаш лера воьлча, эпсаршна хьалха шен сий лахдаларна а кхоьруш, ткъа куралла ларйан воьлча, оцу ламанхошна вас хиларна а кхоьруш, шина даггахь вогIура иза. Сирачу динахь вогIу бере гича, куралла бохург дIатеттира цо. Расхачу динарниг чIогIа безамехь стаг ву. Горга йуьхь-марш, хьаьрса дуькъа мекхаш, йоца маж, партала дегI.

Герга мел гIоьрти, шуьйра йелало цуьнан догдика йуьхь, адам дезаран йовхо го сийначу бIаьргаш чохь. Ткъа важа, сирачу динахь верг, шен арахьарчу куьцаца нийсса дуьхьал ву цунна. Поп санна, нийса дегI, халла хаалуш aгIop саттийна кура корта, оза, йеха йуьхь, хIетта сирйала йоьлла Iаьржа маж, мекхаш, дукъ сеттина мара, хебаршка ихна лекха хьаж, дуькъачу цIоцкъамашна бухара схьахьоьжу майра ши бIаьрг.

ХIорш шайна тIекхочуш, говрашкара каде охьа а иккхина, ши дошло, говрийн йуьхь а лаьцна, тIеволавелира. Динара воьссира Сайдулла а, Шамхалбек а, Хьабиб а. Эмин-пашас хIинца а сацам ца бинера ша дан дезачун. Дагахь къуьйсура цуьнан кураллой, декхарой… Оцу декъазчу ойлано салам дала а вицвинера. Сайдуллас делира иза. Эмин-пашас дуьххьалдIа шега кховдийна куьйгаш, мелла схьа а лецна, дIахийцира.

– Туркойн мотт хаьий шуьшинна? – хаьттира цо сирачу динарчу дошлочуьнга.

– КIеззиг хаьа, – жоп делира расхачу динарчо.

– Шун гIуллакх-м вуон дац, оццул эскар дIахIотто ницкъ болуш. Тхуна хезнера, шу, мацаллой, цамгарший хIаллакдеш, кхачош дохку бохуш.

– Шуна хезнарг харц дац, паша. Адам леш ду. Дийнахь-бусий бIе сов стаг ле. Даа хIума дац. Мелла а мах болу хIума йуучух йоьхкина бевлла нах.

Эмин-пашас, цавешаш, мерах шок туьйхира.

– Тера дац, тера. Шуьгахь хIинца а масех эзар говр, шортта герз а ду.

– Царах къастийла дац тхан, тхаьш делла лаьттах даххалц.

– Шуна стенна оьшу герз? Шайн махкахь-м керстанаша хьийзош ца дуьтура шу. ХIинца дIабаьлла цаьргахьара кхерам.

– ХIета, хьо хIунда веана Муше, хьайца кхо эзар дошло валош? Царал сов, эзар мушахо а ву, боху, хьуна гIоьнна кечвелла.

 

Эмин-пашас жоп ца делира. Говрашкара охьабиссинарш йуха а говраш тIе бевлира. Вовшашкара хьал-де хоьттура Аьрзус а, Сайдуллас а.

– Кхузахь гIуллакхаш дика дац, боху ахь? – хоьттура Сайдуллас.

– Кешнашна уллохула ца девлира шу? И гу дIалаьцначу баьрзнех хIоранна а кIел дIавоьллина масех стаг ву. Белларш дIабохка ца кхиадо.

– Эрзерумехь иштта дукха ца хуьлу баларш.

– Цигахь кIезиг гулбелла вайнах. Кхузахь адам дукха IаьIна. Гатто йу. Даа рицкъа дац. Мацалла, цамгарш. Кху доьхначу хьола тIе схьагIерташ Эрзерумера нах а бу. Шу хIун ойла йолуш даьхкина? – хаьттира Аьрзус, шена хIумма а ца хуучуха.

Сайдуллас корта ластийра.

– Дера, Аьрзу, тхо хIумма а диканна ма ца догIу. XIapa меттиг йита йеза аш.

– Тхо мича гIyp ду?

– Шайна къастийначу махка тIe.

– Диарбекирал дехьий?

– ХIаъ.

– Хьуна гиний цигара мохк?

– Ца гина. Дикачех бацахь а, вуон бац, боху, иза.

– Тхуна гина иза. Нахана лаац цига баха.

– Нахана лааре хьуьйсур бац хIорш. Оьрсийн векало хIорш битац, кхузара шу малхбузехьа дIадига бохуш. Иштта бу, боху, вайна схьакхалха бакъо луш шина паччахьан хилла барт.

– Аш дийцинарг-м кхин ма дара. Уггар тоьллачу махка тIехь даха ховшор ду, кхузахь нахана йиллина лаьтташ йалсаманин неIарш йу бохуш.

– Iехийна. ХIокхара – тхо а, оха – нах а.

– Цхьана aгIop-м хила деззарг хиллера нахана, – оьгIазалла йоьссира Аьрзуга. – Оха, цхьадолчара, бехира, оцу Мусас а, Сайдуллас а дуьйцург дош ларий, махках ма довла. Уьш шайн кисанахь шортта деши долуш боьлху, цигахь церан гIуллакх вуон хир дац, ткъа шу, сагIадоьхургаш санна, лелар ду. Схьакхаьчна а валале, пашин чин делла Мусина. Хьо а, Эрзерумехь гIаланаш а эцна, ваха хиъна. Шеца баьхкина гатийуьртахой дIа а кхийсина, туркойн йуьртахь дIатарвелла Шахьби а. Аш балий xIapa нах кху жоьжахате. ГIеххьа болх хили. Ткъех шарахь шайн цIий Iенийначу Мусех а, уггар хала деанчу шарахь оьрсашкахьа а ваьлла, шен къомана тур айъинчу Сайдуллех а тешна, махках бевллачу нахана хила деззарг хилла!

ДIахIиттинчу полкашна бIе гIулч гергакхаьчча, говраш совцийра Аьрзуссий, Маккхалий. Севцира хьеший а. ХIинца Эмин-пашина шера гора нохчийн дошлой. Дика дой, тIедуьйхина тоъал цIена чоэш, белшаш тIехь башлакхаш, коьртахь холхазан куйнаш. ДогIмашна тIеоьзнна дихкина деза герзаш. Йаьлла йаххьаш, оьгIазе бIаьргаш. Амма цунна ца тосаделира тIехьа-тIехьара дошлой эгIаза, берашха нах хилар.

Леррина шозза-кхузза цаьрга бIаьрг а тоьхна, Маккхална тIевирзира иза.

– Цуьнан возаллин бусалба къаьмнийн халифан туркойн султанан цIарах цуьнан сийлалло садразама Iела-Пашас сайна тIедиллина декхар дохьуш веанчу сан оцу нахаца къамел дан деза, – хьалха корта тесира цо.

– Хьоьца къамел дан цара векалвина лай хьуна хьалха лаьтта-кх, паша-бей, – малхбалехьарчу нахах даг тIе куьг диллина, корта таIийра Маккхала.

Шена иза дуьххьара гуш санна, коьртера когашка охьа бIаьрг а тоьхна, йуха а Маккхалан йуьхь-дуьхьал хьаьжира Эмин-паша.

– Цуьнан возаллин султанан цIарах садразама Iела-Пашас суна тIедиллина, нийсса кхо де далале шу кхузара дIадаха аьлла.

Маккхала, вист ца хуьлуш, корта таIийра.

– Шайн махкахь оьрсаша, хIаллакдеш, кхачош дохкура шу. Цунах а ца Iаьбначу цара сацамбира, шу, махках даьхна, лаьхккина Сибрех дIадига, цигахь милла, мацалла дайъа, дийна бисинарш керста дине берзо. Шун тхьамданийн, динадайн дехарца кхуза веанчу Муса-пашас цуьнан возалле султане дехар дира, оцу балех хьалхадохуш, шу тIелацахьара аьлла. Бусалба къаьмнийн паччахьо цуьнан возалло Iабдул-Межида дош делира, дуьненан муьлххачу маьIIехь уьш белахь а, бохаме нисбеллачу шен динан вежаршна орцахвалар Дала шена тIедиллина декхар ду, ша реза ву нохчий тIеэца а, шен махкахь дехачу адамашка нисбеш, кхузахь уьш баха ховшо а аьлла.

Пашина тIетовш делахь а, йа ша ладугIуш ву бохург делахь а, шозза-кхузза корта таIийра Маккхала.

– Ша делла дош кхочушдеш, цуьнан возалло султано шуна мохк къастийра кху малхбале aгIop, шуна хIусамаш а кечйира. Амма оьрсашна лаац шу Россин дозанашна гергахьа совцийла. Цаьрца шен йукъаметтиг ца йохо, цуьнан возалло султано шуна Диарбекирна дехьа кхин мохк къастийна. Бутт сов хан йу тхан Iедало, цига дIагIо бохуш, шуьга дехарш ден. Амма шу хIинца а кхузара меттах ца девлла. Цул сов, аш талораш до кху гондIа. Шозза тIелатарш дина аш Муш-шахьарна. Шу кхуза кхаьччахьана, буьйсанна маьршша охьабийша йишйоцуш бу кху шина виллаетера нах. Цул сов, кхуза цхьана меттехь ткъех эзар адам гулделча, царна йукъа цамгар атта йаьржа, адамаш ле. Шуьгара ун даржарна кхерам бу махка. Шайн аьтто боьхначу дийнахь, хIаллакьхила йа керста дине дерза шайн кхаж баьллачу дийнахь, шаьш кIелхьардаьхначу цуьнан возаллин султанан беш хама бац шун, шаьш тIе а лаьцна, шайца рицкъа доькъучу кхузарчу нахана аш олу баркалла уьш талор, байъар ду. Кху махкахь шу дIатардаран гIуллакх суна тIедиллина цуьнан возалло султано. Ас жоп дала деза шун синойх а, аш диначу диканах, зуламах а. Нийсса кхо де далале xIapa меттиг дIацIанйан йеза аш.

Эмин-паша вист ца хуьлуш дIатийча, хаттар деш цуьнга хьаьжира Маккхал.

– Паша-эфенди дийцина ваьллий?

– Ваьлла.

– Паша-эфенди цхьана aгIop бакълоь. Оьрсашца бехха лаьттинчу тIамо ах хIаллакдина тхан къам. Дийна биснарш халачу хьолехь бу. Царна керста Iедална кIелсовца лаац. Кхоьру, шайн махкара дIадаьхна, Сибрех а дигна, керстанашна йукъа а даржийна, бусалба динах хаьдда, даймохк, къам доцуш шаьш дарна. Цундела хилла xIapa нах схьакхалха реза. Хаац, Алхазан Мусас шун паччахьца муха дийцина, амма тхан къомо векалвина цхьаннахьа а ца хьажийна иза. Iабдул-Межидера ду бохуш, нах кхуза схьабоьхуш, кехаташ цо даржийра тхан нахана йуккъе. Оцу кехат тIехь дара, кхузахь тхуна къастийна уггар тоьлла мохк бу, деш цIенош ду, дуьйчу хIуна, дуу-молучунна сагатдан ца оьшу, оха, тхешан вежарий санна, дезаш тIеоьцур ду шу бохуш. И кехаташ тхуна йукъадаржийнарг xIapa Сайдулла вара. Цхьаболу нах, оцу кехатех тешна, схьабаьхкира. Кхузахь мукъа а шайна маршо, синтем карор бацара-те аьлла. Амма, схьакхаьчча, нахана хиира шаьш гIалатдевлла хилар. Тхоьга мостагIаллица хьуьйсу кхузахь. Тхуна хьехийна йалсамани де дийне мел дели жоьжахате йоьрзуш йу. Тоххара чекхдаьлла оха тхайца схьадеана рицкъа. Адам хIаллакьхуьлуш ду. Аш бIе стагана лерина ло рицкъа царах эханна саласттал а ца хуьлу. Мацаллой, цамгарой кIелдитина адам дарделла. Дегнаш акхадевлла. Цара бекхам лоьху. Дерриг дуьне бехке до шайгарчу балина. Ткъа кху Iазапан гуш йист йац. Кхо де далале xIapa меттиг цIанйе, боху ахь. Муха?

Дошлойн полкашка бIаьрг бетташ Iачу Эмин-пашас, схьа а ца хьожуш, кхоьссира:

– Шайна билгалбинчу махка тIе дIадаха деза.

– Нах реза бац цига баха.

– ХIунда? – Маккхалехьа схьахьаьвзира Эмин-паша.

– Цигара мохк берзина, йекха бу. Токхечу лаьтта тIехь кхиъна тхан нах цигахь лийр бу.

– Шуна хIун моьтту, шайна уггар тоьллачуьра хадийна мохк лур бу моьтту шуна?

– Иштта аш тIе-м лаьцнера.

– Шуна хьалха цхьа а тIелацам ца бина оха. Цуьнан возалло султано дийцарш оьрсийн паччахьца дина.

– Ткъа тхо схьакхойкхуш долу цуьнан кехат?

Эмин-паша, бIаьргаш къарзийна, Маккхална тIевогIавелира:

– Ахь дуьйцург хIун кехат ду? Цхьа а кехат ца йаздина цо нохчашка. Шуна йуккъе даржийна кехаташ харц ду. Оьрсийн хьаькамаша, султанан цIарах йаз а дина, шуна йукъадаржийна.

Маккхаллий, Аьрзуй цецваьлла Сайдуллега хьаьжира.

– Вай кхоьллинчу Делора, суна хууш ма дац и кехаташ харц-бакъ хилар! – воьхна хьаьвзира Сайдулла. – Соьга Алхазан Мусас деллера уьш, ткъа цунна мичара девллера суна хаац.

– Ткъа Алхазан Мусас шуьца бина барт? – хеттарш дора Маккхала, цхьана хIуманах шекваьлла, дуьхе кхиа гIерташ. – Иза-х хиллий кхузахь?

– ХIаъа, цуьнца барт хилла. Хилла оьрсийн паччахьца а. Цигара шайн лаамехь схьавеанарг кхузахь тIеэца. Амма оьрсаша тхоьгара дош даьккхина церан дозанна шу генадаха. Цкъа-делахь, кху виллаетехь мохк бац шу охьаховшо, шолгIа-делахь, оьрсаша дуьхьало йо кху aгIop шу дитарна. Цхьа кIира далале, xIapa тогIи йассо йеза аш. Цхьацца эзарнах тобанаш йина, новкъа довла деза шу. Новкъахь шуна зиэн-зулам ца хилийта, xIop а тобанна улло оха ха хIоттор ду, – элира цо, кхеран зуламах шаьш лардан дагахь.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru