Фон Клингерна тоам ца хиллера хеттарех а, жоьпех а.
– Господин майор, хьан къамелехь хаало ахь Шемал мелла а лоьруш хилар. ХIета, цунна а, хьайн халкъана а уггар хала киртиг тIехIоьттича, и шиъ дIа а тесна, церан дуьхьалончин агIонгахьа хIунда велира хьо? Нагахь иза къайле йацахь, цунна жоп лохьа.
Ботин велар иккхира. Схьахетарехь, и хаттар дуьххьара ца хезнера цунна.
– Кхузахь къайле йолуш хIумма а дац, капитан, – биэндоцуш вистхилира иза. – Беран хенахь сайн махках, халкъах ваьллехь а, кхечу къомо, кхечу йукъаралло кхиийнехь а, цIийца а, дагца а даим а сайн халкъан кIант хилла со. Сан халкъ шен маршонехьа оьрсийн Iедална дуьхьал гIеттича, цунах дог а лезна, цунна сайн ницкъ кхочу гIo дан, цуьнгахьа велира со. Амма, и къийсам эрна буйла хиъча, оцу къийсамехь сайн халкъ хIаллакьхила гергадахча, боданечу имамо а, цуьнан наибаша а сайн халкъана цкъа а маршо, серло лур йоцийла хиъча, Шемалах дIакъаьстира со. Сехьа а ваьлла, сайн берриг ницкъ оцу иттанаш шерашкахь эрна Iенош долу халкъан цIий сацорна тIе, кху лаьмнашкахь ма-хуьллу сиха машар, синтем хIотторна тIебахийта.
– Ткъа ахь оцу хьайн халкъана дуьхьал тIамехь дакъалацарх муха кхета веза?
– Оцу тIамехь дакъалацар а ду тайп-тайпана. Цхьаболчара адамаш дойъура, йарташ, йалташ, бошмаш, цанаш йагайора, ткъа со сайн ницкъ ма-кхоччу и къизаллаш ца хилийта гIиртира. И дерриг а Далла дика хаьа. Кхин цхьа бахьана а дара со оьрсашкахьа валаран. Девлатукъа цIе йолуш майра, тешаме, оьзда доттагI вара сан. Цхьа а бехк-гуьнахь доцуш, цхьана нехан харц маттаца иза виэн кхиэл йира имамо. Иза бехке цахиларна тоьшаллаш далош, цунах къинхетамбар доьхуш, дукха корта биттира ас Шемале. Амма имамо со тергал ца вира. Сан доттагI вийра. Суна хаьара, сайх а изза хир дуйла, со а коьртах вала гергавуйла. Имамна бIаьрга ван ца везара шел майра, хьекъале, оьзда а стаг. Шен аьтту куьг, шен коьртан хье хилла лаьттинчу алдахойн Юсуп-Хьаьжех хIун дира имамо? Лаьцна, ДегIастанан къорачу лаьмнашка а вигна, зиндан чу тесира. Ведда Барятинскийна тIе ца веанехь, цигахь холбатахь велла хир вара иза. Изза кхоллам кечбинера Шемала суна а.
Фон Клингер, белшаш хьала а тухуш, муцIар а саттийна, дIатийра.
Муравьев хьалагIеттира.
– Господа эпсарш, и къамелаш дитий вай? Историно а, хено а къастор ду харц мила хилла а, бакъ мила хилла а. Ткъа хIинца, господа, кху комаьршачу хIусамера арадовлале, хIусамден цIарах цхьацца кад малар вайн декхар хета суна. ДIалацал бокалаш. Хьомсара Хурда, цкъа а ирс, беркат ма оьшийла хьан хIусамера! Ахь дагалаьцнарг дерриг кхочушхуьлда хьан! Цуьнан локхаллин областан начальникан Лорис-Меликовн цIарах ас баркалла олу хьуна тахана ахь доггах динчу гIуллакхна.
– Баркалла хьуна, хьан оьздалла. Со воккхаве сан мискачу хIусаме шу дахкарх. Цуьнан локхалла Лорис-Мелик а, Туману а тешна хила мегар ду тхо оьрсийн Iедална муьтIахь леш хиларх.
– Хьан пурбанца, господин полковник, ас баркалла олу майорна Шамурзаевна а, – тIетуьйхира Головаченкос. – Кху лаьмнашкахь тIом сацорехь, машар хIотторехь ламанхошна а, Россина а Iаламат доккха гIуллакх дина ахь. Оцу тIехь кхидIа а ахь, хьайн ницкъ, хьекъал, хаарш ца кхоош, хьайн халкъана а, Россина а гIуллакх дийриг хиларх теша со. Дала аьтто болда хьан!
Гати-Юрт йилличхьана дуьйна, мел доккха а, жима а гIуллакх дийца, къасто дезаш меттиг нисйелча, рузбанан маьждиган майдана гулло гатийуьртахой.
ТIеман заманахь даим а, орцанан хаам ма-хеззинехь, кхуза гуллора адам. Кхузара дIабоьлхура уьш тIаме а. Цуьрриг даг тIехь кхерам боцуш. ХIоранна а хаьара, цхьанахьашха шайн йуьртана тIевогIуш мостагI вуйла. Нагахь шаьш и ца сацавахь, цо йурт йагор йуйла. Цкъа дина ца Iара ишттаниг. Гатийуьртахой боьлла дерригенах а, Iожаллех а. Уьш цунах кхерац, цкъа а ца кхийрина. Кхерар-м хIунда хьехадора, цунах боьлуш, цуьнца ловзура уьш. Амма хIинца маьждиган майдана кхойкхуш йуьртан туркхан аз хезча, церан кийра ша лацало. Куьйгаш малло. Дегнаш Iийжаш хьуьйсу уьш шайн ахдерзинчу берашка. ТIаккха, церан бIаьра а ца хьовсалой, сихха дIабоьрзу. Хьалха тIом бара. Дуьхьал а хIоьттина мостагIчух латар кхераме дацара, мелхо а, хьурмате дара иза. Шен даймехкан дуьхьа са дIадаларал доккха ирс хила йиш йац. Къонахчун декхар ду иза. Амма, даймохк, дайн кешнаш дитина, генарчу, хийрачу Хонкара йа, тоьпана хьалха а ваьлла, шийлачу Сибрех вахар. И хала ду.
ДIайаьлла церан дуьненан самукъе. Царна гина а дац ирсан денош. Мацах цкъа, оьрсийн паччахьо шен эскарш кху лаьмнашка ца лоьхкучу хенахь, церан дайша эцна хила а тарло ирсах марзо. Амма кху тIаьххьарчу кхаа тIаьхьенна ца хиъна цуьнан чам. Дала массарна а цхьатерра лепа кхоьллина малх царна дIабуьзна дукха хан йу. Массарна а лепа декхар дара иза – адамашна а, дийнаташна а, ораматашна а. Дерриг Iалам доккхаде цунах: схьакхетачу хенахь и декъалбо цара, чубузучу хенахь, Iодика йой, дIахьажабо. Ткъа гатийуьртхошна бан а бац иза. ХIинца дуьйна дIа йиллина буьйса хир йу царна. ХIан-хIа, муьлхха а буьйса йоцуш, ткъа хийрачу махкахь Iаьржа, Iазапе буьйса.
Цкъа молланаш, тIаккха хьаькамаш богIуш, тIаьхье ца хедаш могIа бу Гати-Юьрта оьхучу нехан. МIаьчиган корта хьовзийна цара. Тахана а веана, боху, ши полковник а, цхьа эпсар а. И Шамурзин Бота а валош.
ХIун дохьуш баьхкина-те уьш?
МIаьчиг маьждиган майдана кхаьчча, кхузахь гулбелла бара берриг гатийуьртахой. БеакIов цостуш тобинчу гIамаран можачу тIулгах доьттинчу маьждиган лекхачу пенаца диллинчу дукъо тIехь Iара йуьртан тхьамданаш. Вокх-воккхачо царна уллохьа шен-шена меттиг дIалоцуш, йуккъехь баьсса гуо буьтуш, дIахIиттира нах. Царна йуккъехь бара хено тишбина, шуьйра накхош хьулдина кIайн мажош йолу баккхий нах, гIеметтахIиттина къонахий, хIинцца маж-мекх даладоьлла кегийраш. Даим а санна, xIop а веанера герзах воьттина. Беркъачу барзакъна тIехула йихкина шаьлтанаш, коча тийсина тарраш, доьхкарех йоьхкина тапчанаш. Наггахь волчун букъа тIехьа – вертанан беттанаш чохь бархI са болу мажарш. Кхоьлина йара къонахийн йаххьаш. Уьш синтемза хьуьйсура полковникаша къамел долоре. Ткъа вуьш шекбоцуш лаьттара. Малхехь лепара белшаш тIера дашо варкъ диллина погонаш. Лергашна лаха довллалц дуькъа, хьийзина гиччойн кан дуьтуш, цIена йаьшна мажош, йуьхьигаш ирхъхьийзийна мекхаш. Дусаделла цIоцкъамаш, хабийна хьажан йаккъаш. Деза, стаммий, лекха догIмаш. Дерриг церан арахьарчу куьцо гойтура царна шаьш кху мехкан дай хетар. Лен чов йина охьадиллина экха шена тIехIоьттинчу таллархочуьнга санна хьуьйсура цаьрга майдана гулделла адамаш.
И хьаькамаш санна, Шамурзин Бота а лакхара хьоьжура шен махкахошка. Горга, йуьзна йуьхь-марш, йоца Iаьржа маж, шина агIор дехха охкаделла Iаьржа мекхаш. Бага кхевддина нийса мара, лекха хьекъале хьаж. Айъаделлачу дуькъачу цIоцкъамаш кIелхьара Iаьржа, кегий, буьрса бIаьргаш сих-сиха ткъесах кхерстара тобанна тIехула. Оьрсийн сийначу машех диначу чоина тIехула оьзна гIодайукъ Iовддуш дихкина кхелина доьхка а, цунах тесна кхелина шаьлта а.
– ЛадогIал, нах! Соьлжа-ГIалара веана полконак къамел дан воллу! – кхайкхира ХортIа, гуонна йуккъе а ваьлла.
Муравьевс, ши гIулч хьалха а тесна, мекхех куьг хьаькхна, йайн йовхарш тоьхна, къамел долийра. Шен маьхьаречу озаца, амма парггIат, чам боккхуш санна, массо дош дахдеш, цхьана ткъех минотехь къамел дира цо. Гулбеллачу наха тапъаьлла ладоьгIура. Царна йуккъера ши-кхо стаг воцург, цхьа а ца кхетара цо дуьйцучух. Бакъду, иза туркойн а, Мусин а цIе йаха воьлча, царна хиира цо дуьйцург нах Хонкара кхалхарх лаьцна дуйла.
Полковник, шен къамел чекхдаьккхина, Ботега хьаьжира. Корта таIош, цуьнга дIа а хьаьжна, гуонна йуккъе ваьлла, дIахIоьттира Бота.
– ХIан-хIани, гатийуьртахой! ХIокху шуна хьалха лаьттачу эпсарех цхьаъ, шуна ма-вовззара, Нохчмехкан округан начальник ву, ткъа хIинцца шуьга къамел динарг Теркан областан начальнико, Цуьнан Локхалло инарла-лейтенанто Лорис-Меликовс ваийтина полковник Муравьев ву. Областан начальникан а, Цуьнан Императорски Локхаллин, Кавказан сардалан воккхачу элан а бартаца xIapa полковник нохчийн йарташка хьажийна, Хонкара кхалха ойла йолчу нахе къамел дан, уьш кхето. Вайнахана йуккъехь эладита даьржина, бIаьсте йаьлча нохчашкара цкъа герз, тIаккха латта дIадоккху, йуха, махках баьхна, оьрсийн махка а бигна, цигахь дуьне ма-дду уьш баржор бу, кхуза баха гIалгIазкхий ховшор бу бохуш. Оцу эладитано догдаьккхина дуккха а нах бIаьсте йаьлча дийнна йарташца Хонкара кхалха кечлуш бу. И ойла йолуш нах бу шун кхузахь а. Сардало xIapa полковник ваийтина нахе и хабарш бух боцуш хилар хаийта. Шуьгара латта цхьаммо а дIадоккхур дац, мелхо а, шуна тIечIагIдийр ду, боху xIoкхо. Шу махках даха ойла йац Iедалан. Шу салт даха дага а ца деана. Iедалан хIун гIуллакх ду, шу махках дохуш, шена бала бан? Амма кхин цхьаъ ду, боху хIокхо. Шайна латта тоац бохуш, диллина Iедале деш аьрзнаш ду, боху, шун. Iедалан дац шуна дала латта.
– Хир ду, тхоьгара дIабаьккхина мохк йухаберзабахь! – йуккъера схьа мохь туьйхира цхьаммо.
– Хьайна белларг схьало!
– ГIовгIанаш! Дийцина валийта!
– Iедал шера кхета шуьгарчу халачу хьолах, – шеквоцуш шен къамел дора Ботас. – Амма йоцчунна тIера шарбал йаккхайелла йац ворхIанга а. Доцург – доцуш ду. Шуьгара Iазап гучу инарло Кундуховс, Iедало шега аьлла хIумма а доццушехь, сардале хьахийнера, Iедало бакъо лахь, шеца кхалха резаболу нохчий а эцна, ша Хонкара кхелхар вара бохург. ТIаккха буьсучу нахана лаьттан шорто хир йара аьлла. Сардало цунна жоп делира, цхьа а нохчо нуьцкъала махках воккхур вац, амма шена дIаваха луург сецор а вац аьлла. ДIабоьлхучийн а, бухабуьсучийн а дуьхьа. Амма Iедална биэн дац, нах цига бахча а, бисча а…
– Седа дуьхьал бахча а! – эккхийтира хьалхалеррачу озо.
– ТIаккха, йаханчу аьхка инарла Кундухов Хонкара вахара. Цигахь Хонкаран паччахье цо дийцира, ДегIастанера хьан динан вежарий холчохь бохку, латта доцуш, мацалла бIаьрзе хьийза, уьш хьайн махка битахьара аьлла. Хонкаран паччахь Iабдул-Межед резахилла вайнах тIеэца. Мусина цо дош делла, цига богIучу нохчашна хаза, хIокху махкаца богIуш, къастийна мохк бала а, цIенош дан а, уьш кога-метта хIитталц, йалтиций, хIуций кхачо йан а. Оцу хьокъехь цо хаам бина Тифлисерчу сардале. Йуха а боху шуьга, нах! Iедало нуьцкъаха цхьа а стаг цхьаннахьа а воккхур вац, амма ваха луучунна шуьйра некъ буьту. Бакъду, Хонкара кхалхар, цхьаболчарна ма-моьтту, атта а хир дац. Шуна моьтту хир ду, шайн сал-пал хьарчийна, ворданаш тIе а хевшина, хIайда аьлла, шаьш дIадахчахьана, чекхдолу. ХIан-хIа. Кхечу паччахьан махка воьдучун карахь оцу паччахьо дIавоьхуш кехат а, кху Iедалан паспорт а хила деза. Кхин xIyн ду? Дерриг адам цхьанаметта дIакхелхича, туркойн Iедалан ницкъ кхочур бац шуна а, шайна а йуьхькIам боллуш шу тIеэца а, дIатардан а. КIез-кIезиг тобанаш йохуьйтур йу. Кху бIаьста – цхьаберш, тIедогIучу шарахь – кхин. И ца дахь, шайх хIун хир ду хаьий шуна? Стохка цхьанаметта, тIекIел масех бIе эзар цига кхелхина эдагий нийсса ах хIаллакьхилла. Шух и ца хилийта гIерта Iедал. И боху кху полковнико.
Ботас, ша ваьллийла хоуьйтуш, корта а таIош, полковнике цхьа-ши дош элира.
– Хеттарш дуй церан? – хаьттира полковнико.
– Полковнике хатта хIумма а дуй шун? – сихха нахана тIевирзира Бота.
Нах цхьана йукъана ладоьгIна бисира. Хатта а, дийца a xIyманаш-м дукха дара церан. Амма ша-ша хьалхагIорта гIиллакхе ца хетара. Церан хьийсарш соьцура йуьртан тхьамдина Бештона а, тхьамданашна уллохь лаьттачу Маккхална а, Аьрзуна а тIехь.
– Вуй шух цхьа а хаттар дан лууш? – мохь туьйхира Бештос. – Пурба ду шуна.
Йуккъехьо лаьтта МIаьчиг, нах дIаса а теттина, хьалха велира:
– Ас хоттур дара.
Бота, цIоцкъамаш хабийна, жергоне хьоьжура коьрта тиллина, чорха тIе лаьцча санна, йистош йашайелла кхакханан куй а, дерзинчу дегIа тIехула йуьйхина модаша йуьзна тиша гIовтал а, цунна тIехула эттIа, летийна, хьакхарша Iаржйина кетар а йолуш оза-вехачу стаге.
– Цига кхелхачунна Iедало гIo дийр долуш-доцуш, муха ду?
Ботас хаттар гочдира. Полковнико сихха жоп делира.
– Некъана харж йийр йу Iедало. Новкъахь даьхнина докъар а… Цул сов, шайн сов-ков хIума йохка луучарна аьттонна Шелахь, Несарахь, Оьрза-ГIалахь а базарш йехкина. Амма цIеношший, латтий дохка бакъо хир йац.
– Ткъа Киши-Хьаьжа а, цунна тIаьххье лецна нах а Хонкара бохуьйту бохург бакъ дуй?
– ХIаъ, уьш цига дIабахийта аьлла, омра ду паччахьан.
Майданахь гIовгIанаш йевлира. Мила хьаьнга лоь ца хаьара.
Цхьаболчара эпсаршка маьхьарий беттара, вукхара вовшашлахь къуьйсура.
– ХIинца-м аьшпаш буьттура цара!
– Киши-Хьаьжас дуьненан паччахье хоьттур дац шена луург.
– Иза-м, набахтин тхов меллаша хьала а айъина, ара а ваьлла, дIа хьаха ваханера.
– Латта тоац бохийца! Тоьур ду, тхоьгара дIадаьккхинарг йухалахь!
– Цулла, Шамурзин Бота вац ткъа, масех бIе урд шен дола а дерзийна Iаш! И нахана дIа хIунда ца ло ахь?
– ГIовгIанаш! – мохь туьйхира Бештос, шен карара Iаса хьала а лаьцна. – ХIара хIун ду аш тахана дийриг? Шу ма гIиллакхах доьхна? И стаг мел, мухха велахь а, вайн йуьрта веана ву. Шен хIусаме веанчу стаге йуьйцу и хабарш? Шайн цуьнца нисдан дерг Ботин кIотара а гIой нисде! Кхузахь аш гIовгIанаш йарх, геш йузур йац шун. Тоийта, Бота, тхо кхеташ ду полконако дуьйцучух. Шена ваха луург Хонкара гIyp ву, Iан луург цIахь Iийр ву. Кхин хеттарш дац тхан.
Ша ца везаш наха кхуьйсучу дешнаша йуьхьах цIе летайора Ботин. Кхечу хьолехь цара и хабарш дийцича-м, дан вуон дара цуьнан а. Ша циггахь верина вовшахвоккхург хилча а, тIе а вахана, оцу бетах хIума тухур йара. Амма лакхара охьа омра дара, нахе ма-хуьллу хаза хабар дийца, царна йуккъехь маслаIат де аьлла. Цундела, мел хала делахь а, садетта дезара.
– Хьан сийлалла, кхузара гIуллакх чекхдаьлла-кх вайн, – элира цо Муравьевга, улло а таьIна.
– Цара и маьхьарий хIунда хьоькхура? – хаьттира леррина нехан гIовгIанашка ладоьгIуш Iийначу фон Клингера.
– Шайн Iовдала хабарш йу!
– Транспортца долу гIуллакх муха ду?
– Ас хьалххе дIа-м аьлла. Мила вара хьо, ХортIа, хIорш ГIоьрдала бига салазаш кечйиний ахь?
– Кийчча йу. Говрийн ши салаз.
– Дерриг кийча ду, хьан сийлалла.
Хьаькамаш дIабахарх ца буьйхира гулам. Мелхо а, адам ваьштатаьIира. Йацара хьалха хилла гIовгIанаш а. Гуонна йуккъе ваьллачу Маккхална тIехь сецира массеран а бIаьрг.
– Йуьртахой! – мохь туьйхира цо шен кIедачу озаца. – Ирча де ду вайнахана тIехIоьттинарг. Шайх Мансуран заманахь дуьйна вай хьегнарг гIан хуьлуш лаьтта. Хьалхалера ницкъ бац вайн. ТIамо нийсса ах кхачийна. Дийна бисинчийн дегнаш эгна. Маршонах догдиллина. Iедало кхерийна. ТIебазбеллачу балано хьаьшна. Кху масех баттахь Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а дуьйцург цхьаъ ду. БIаьсте йаьлча, адам Сибрех дохуьйту, xIapa мохк гIалгIазкхашна дIало бохуш. Кхечара дуьйцу, кхуза массо йуьрта эскарш оьзна, массо хIусаме салтий а хIиттийна, вайнах керста дине берзо ойла йу бохуш. Цунах кхерабелла нах Хонкара баха кечлуш бу. Суна хаьа, тIехьа агIорхьара дийнна йарташ, дийнна тайпанаш ду цига даха кечлуш. Кху вайн йуьртара а бу дикка нах и дагахь. Цхьаммо а бIаьстенна йалташ диэн беш гIайгIа бац. Ца элира олу даций шун, нах, цкъа доьлхур ду вай кху гIуллакхах. Махках ваьлла, кхуьнга сатийсарал доккха Iазап дац стаге хIотта. Суна хиъна цуьнан хьал. Ас йийсарехь кIеззиг йаьккхинчу хенахь сан дагна хилла цамгар хIинца а къастаза йу сох. Ванах, летта велла велара со йа накъосташка вейтина велара, кхарна кара а веана, махках воккхуьйтучул бохуш, Iара. ЧIагIонаш йора, хIинца цIа вирзича, дегIа чохь са а долуш, кхин махках ца къаста. Ма хьехаде, нах, Хонкара кхалхар. Иза бусалба паччахь хиларх, вайн тодала хIума дац. ЦIа-цIе а, даймохк а боцуш, сагIадоьхургаш санна, оцу хийрачу махкахь нехан неIаре хIуьттуш, делла дIадевр ду вай. Цига кхалхар долийна Алхазан Муса а, Iуспанан Сайдулла а, Цугин Iелаха а – и нах хаза шайн даьхний а, ахча а долуш бу. Уьш тарлур бу цигахь. Ткъа ши куьг ластийна царна тIаьхьахIиттина шу хIаллакьхир ду. Хьегахь – вуон а вешан махкахь хьоьгур вай, хьегахь – дика а кхузахь хьоьгур вай, мацалла лахь – цIахь лер вай…
– Сибрех дахийтича а, лийр ду-кх вай, Маккхал! – къаьхьа мохь белира хьалха лаьттачу МIаьчиган. – Вайл тIаьхьа дисахь, берех хиндерг а хаьа-кх.
– И хир дац, МIаьчиг. Дала хуьлуьйтур дац ишттаниг.
– Ткъа вайн махка эскарш стенна гулдо?
– Латта дац вайн, мацалла дала деза вай?
Маккхала пIелгаш даьхна конжех тера шен аьтту куьг хьалалецира.
– Хаьа суна, вайн латта доцийла. Хаьа, делла дIа ца довлуш, вай сауьйзий. Хаьа, вайн махка эскарш уьйзуш дуй а. Хьала а, охьа а нийсса ах нах кхузара цхьана aгIop баха ойла йу Iедалан. Цуьнан шеко йац. Амма Сибрех буьгур бац. Иза бакъдерг ду. Ва амма, Iедало, хьалха а даьхна, дIасалехка, вай уьстагIий-м дац? – Маккхалан аз цIеххьана айделира. – ХIунда ца кхелха Хонкара Шамурзин Бота, Iодин ВахIаб, Къурмин Къосам, Чермин Орца, Iалханан ТIурло, Мустапан Девлетмирза, ЧIуьлган Уллуби, Жукин Дуба, Бачин СарIела, кхин бIеннаш? Уггар тоьллачуьра вайн мохк дIа а лаьцна, Iа уьш. ГIумкийн, гIебартойн элашна бекъна вайн мохк. Уьш кхузахь а битина, сагIа деха арадовла деза-кх вай? Хонкара а дахана, дала деза-кх вай? Йа вайгара боьршалла дIайаьлла? ХIан-хIа, кIентий, гIyp дац вай цхьаннахьа а! Вешан мохккий, вешан маршой схьайоккхур вай, йа зударий, бераш цхьаьний летта, дерриш лийр ду вай!
– Хьалхалера ницкъ бац вайгахь, Маккхал!
– Дегнаш-х дай вайн!..
Суьлхьанаш хьовзийна ваьлла молла Шахьби, доцца доIа а дина, можах куьйгаш хьаькхна, Маккхална тIевирзира.
– Маккхал, нах карзахбаха, дегазбаха ма гIерта. ДIаваха луучунна Хонкар мохк а бу, мацалла вала луучунна xIapa а бу. Керстанах летта вала луучунна уьш а бу, абаде кхаччалц байъарх кхачалур боцуш. Шайна луъург дан бита нах. Шуна массарначул тIех xIapa даймохк безаш, дог доьлхуш воьду со цига. Кхузахь вуон хьегна а, таро ца хилла а ца воьду. XIapa вайн къам Делан бакъ динах тилла, керстанашкахьа дIадирзина де цагархьама воьду. Сайн устазна тIаьхьа, Iалай салата васаламу, Делан салават хиларна, Делан элчанан весет кхочушдеш, воьду. Шена ийман чохь виса луург, шена устаз везарг бусалба махка дIаваха кечло!
Кхузахь шайн гIуллакх дIадаьлча, кхидIа хан йайа ца лиъна йуьртан тхьамданаш дIабахча, майданахь гIовгIанаш йевлира.
– Цхьаллиг цхьанхьа гIyp дац вай-м, кху махкара дIа а девлла!
– Хьо кхузахь хьан вуьту ткъа?
– Сайн дегIа чуьра са дIадаллалц летар ву-кх со! Летта лийр ву, амма винчу махкара дIа-м вер вац!
– Вай тоьлучура дIадаьлла xIapa, кIентий. Хонкара дахар тоьлу. Ца гIахь, эххар а Сибрех дуьгур ду. Цигахь вайн доьзалш хьан кхобур бу, церан дола хьан дийр ду?
– КIезиг доьзал болчу хьуна атта ду иштта дийца! Цул сов, миска нах талош, хьал а IаIийна ахь. Дерзинчу берашца, даьссачу кисанца со мича воьду?
– Сибрех!
– Хьан хила хьайн ворхIе а дена неIалт!
– Пис!
– Хьо мезийн тIуьйлиг!
– Ас и хьакхин гай охьахоьцур йу хьан!
Йуьртара къехо Дасу, суйн метта тхьум йоллу совра тиллачу баттара, гIалакх санна, йоккха шаьлта а йаьккхина, совдегарна Мазина чугIоьртира. Амма уллохь лаьттачу Акхболатан Ахьмада, шен ондачу куьйга пхьарс лаьцна, сацийра иза.
– ДIавалахьа деллахьа, Дасу, оцу тIингарх Iоьттина, и нисйелла шаьлта бехйан воллу хьо? Шена луург гIон шена дуьненан йеа маьIIехула дIа! Вай кхузахь Iийр ду. Цхьа ког дIа-м боккхур бац цхьаннахьа а! Йа Хонкара а, йа Сибрех а!
– УьстагIий санна, хьалхалохкур ду шу!
– УьстагI бу-кх хьо! Гирзаш даьлла уьстагI!
– Зударий, бераш дайъина, лам чу кIегардевлла, ваьш делла кхачадаллалц паччахьан эскарех летар ду-кх!
– ХIан-хIа, кIентий, со Хонкара гIyp ву, – элира нехан девнашка ладоьгIуш Iийначу ИбраьхIима, доккха са а даьккхина. – Паччахьо соьгара дIадаьккхина суна дезаш мел дерг – да, вежарий, латта, маршо. ХIинца динах хадо а воллу. Иза хилийта йиш йац сан. Нагахь туркойн паччахьо баккъал латта лахь, дика ду, ца лахь, хIун дийр ду, иза кхузахь а дац-кх сан.
– Цигахь лелар ву хьо, дIакхоьссина цициг санна, йа мацалла лийр ву!
– ХIумма а дац велча а. Со ийманехь а волуш, тIаьхьадуьсу бераш а, церан тIаьхье а бусалбанаш хир буйла а хууш-х лийр вай со. Сайн сал-пал а эцна, кханнехь Шела воьду! Кхелхачарна гIоьнна базар йиллина, боху, цигахь.
– Хьан тIелхигаш хьанна оьшу, ИбраьхIим? – са а ца тохаделла хаьттира хIетталц тийна ладоьгIуш Iийначу Iелас.
– Шайн мах лур бу хьуна царах. Вайна гондIарчу къаьмнийн совдегарш бу, боху, кхерста жIаьлеш санна, марош айъина, хьожа йохуш, массо йарташкахула буьйлабелла лелаш цигахь.
– ХIаъ, – тIетайра Iела, – цхьаннан бохам вукхуьнан ирсан лами ма бу…
Цуьнан Сийлалле Эле Александр Георгиевиче!
Жимачу Нохчийчоьнан наибо Османов Сайдуллас туземцаш Турце кхалхо Iалашо йолуш шен эмиссарашкахула халкъа йуккъехь цхьа аьттехьа доцу зуламе эладитанаш даржадо. Нохчийчохь даккхий гергарлонаш долу Аргунски округера нохчий доглазарца хьуьйсу цигахь деш долчуьнга, шаьш Нохчийн округе бахча, Сайдуллера эцна харц хаамаш, цIа а боьрзий, нахана йукъа баржабо. Кху сохьта адам тешна ду шаьш кхалхориг хиларх, герз дIа а эцна, шаьш керста дине дерзор ду, салт а дохур ду, шайгара латта дIа а доккхур ду бохучух. ТIехула тIе, царна йуккъехь эладита даьржина, хIор а син цIарах йаккхий налогаш тоьхна ца Iаш, бахамерчу уьстагIийн, котамийн кортошна тIера а налог йоккхур йу бохуш. И эладитанаш мел бух боцуш делахь а, сонта ламанхой царах теша. Уьш царах тешаран бахьана и эладитанаш наиб а, оьрсийн эскаран эпсар а волчу Сайдуллехула схьадийлар ду. Оьрсашца герггара йукъаметтигаш йолчу цунна вайн правительствос дагалаьцнарг шера хаьа, цундела ша а, шен гергарниш а керста дине берзорах кIелхьарбахархьама, Сайдулла, шен хьаькамалла а, чин а, оьрсашкахьара шена хуьлу аьттонаш а битина, шен лаамехь Турце кхелха моьтту туземцашна. Цо дуьйцучух дерриг халкъ теша бохург чIагIдац ас, амма дукхахберш даггара теша цунах. Чантински а, Шатоевски а наибствашкарчу бахархоша йалташ дерна беш цхьа а тайпа кечам бац. Хьан сийлалле дIахаийта лаьа суна, уьш цхьа а бертахь Турце кхалха ойла йолуш цахилар: шайн хиллачу йукъарчу гуламехь цара схьахьедина, шаьш Турци кхелхар ду, нагахь йерриг Нохчийчоь кхалхахь йа нуьцкъала кхалхадахь аьлла. И тайпа ойланаш суна инзаре кхераме хета, хIунда аьлча цу тIехь вайгахьара даьлла гIалат цхьана Iалашонца динарг лорур ду цара, кху сохьта хIоьттинчу хьолехь къоман, динан цIарах цхьаъ хьалхавалахь, и бахьана тоьур ду кхузахь гIаттам бан.
…Аргунски округехь цхьацца нах бовлу вайн порядкашна резабоцуш, хьалхалера маьршачу дахаре сатуьйсуш, ткъа и ойла йолчу нехан парти цахиларна, гIаттам бан дагахь хеталац халкъ, амма оцу тайпанчу эладитанаша адам шен кхетамца меллаша, кIез-кIезиг, амма тешамболлуш, гIаттамна кечдо, оцу хьелашкахь цо деш дерг хаа а, хьалхе йаккха а йанне таро йац. Нагахь и эладитанаш вай орамца дIа ца хедадахь, хуьлуш долчу тIехь кхетамца куьйгалла дан таро-м муххале а хир йацара вайн, ткъа ваьш а цунах дозучу хьолехь хир ду.
Нохчийн кхалхаран гIуллакхан Iаламат доккхачу маьIнех а, цунах вайна хуьлучу пайданах а кхетачу ас вайн правительствон агенто, Жимачу Нохчийчоьнан наибо Сайдуллас шен Iалашо кхочушйан хаьржина некъ харцхьара хилар, оцу некъо халкъ кхалхарал хьалха гIаттамна тIедуьгург хилар хьан сийлалле дIахаийтар сайн декхар лору.
Хьан Сийлаллин тешаме йалхо
А. Ипполитов.
Шатоевски гIап»