bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

– ХIан-хIа. Оьрсашца машар бар, гергарло чIагIдар а данне дац маршонехьа къийсам сацабе бохург. Оьрсийн халкъ а дац аттачу хьолехь. Цо а къуьйсу шен маршонехьа. Оцу къийсамехь цхьаьна хила деза вай. И ду со ала гIертарг.

Хан дIайоьдура. Попан дахделлачу IиндагIе а хьаьжна, доттагIий сихбира Берсас.

– ГIуллакхах дийций вай? – элира цо. – ХIета, динадай йукъабалабе боху-кх ахь, Аьрзу?

– Оцу цхьаболчара шайн тешамах-м, дера, даьхнера вай. Амма кхин ницкъ ца хаьа-кх суна адам вовшахтоха. Вай Делах тешаш нах ду, Дала мукъалахь.

– ХIета, йуха а гIазотан байракх айъа, боху аш? – Iоттар йира Берсас. – И динчу Шемалах хилларг йа цунах тешначу вайх хилларг а дицделла хьуна?

– Кхиамаш боцуш вацара иза. Цуьнан Iедалан къизалло галдаьккхира дерриг а.

– Цхьа къизалла хилла ца Iа бехке, – реза ца хилира Маккхал. – Коьрта бахьана кхечанхьа доллу. Цо а, цуьнан динадайша а кхайкхийна гIазот. Цара и хьехамаш ца бинехь, гуьржий, хIирий, хIокху агIорхьара оьрсий а хир бара вайца. Амма оцу гIазото цхьалха дити-кх. Цкъа, берриг динадай цхьаьнакхеттачохь, ас элира, шун хьехамаша дакъаздаьккхина халкъ, керстанашца машар хила а, барт хила а ца дуьту аш. ХIетахь мунепакъ-молла аьлла цIе тиллира суна.

– ДIадовлийша, Делан дуьхьа, – оьгIазвахара Аьрзу. – Ас-м ца кхойкху шу гIазоте. Вайн гIуллакхна молланаш оьшу. Халкъан маршонан дуьхьа бала реза а болуш.

– Мичахь бу ишттаниш? Айхьа карабе…

– Ас мичара карабо? Маккхале лахийта. Цунна дика бевза уьш.

– Делахь, Маккхал, хьайна накъостий лахар хьуна тIехь дуьсу. Тахана-м хьо цхьаъ ву вайца. Кхин бархI хьуна мичахь карор ву, Цхьа Дела воцчунна хаац. Арен тIерачу йарташкара динадайх догдилла. Уьш дукхахберш кхерабелла. Шелахь цIий Iанош шена гIoдинчарна чинаш, совгIаташ делла Iедало. Iедало шайн гIуллакхех бохийначех а ма теша. Уьш а, шаьш лелийначунна дохко а бевлла, хIинцале инарлина Тумановна суждане оьхуш бу.

Дехьо йежа говраш ларйеш лаьтта Болат тIекхайкхира Берсас.

– ДанчIас хIумма а ала-м ца аьлла соьга?

– ХIан-хIа, – корта ластийра кIанта.

– ХIета, чехкка цIа гIo. Садовш лаьтта.

Баккхийчаьрца жимма Iан лаьа кIант дегаза цIехьа волавелира.

– Ахь хьахийнарш хIун совгIаташ дара, Берса? – къамела тIе йухавирзира Маккхал.

– Доцца аьлча, тешам бац арен тIерачу йартех. Совдегарш, эпсарш кхуьуш бу цигахь, нитташ санна. TIe, керла йохкучу станицаша а, гIепаша а, морзахо санна, йукъакъевлина и йарташ. Йерриг вайн дегайовхо Нохчмахкана а, ЧIебарлана а тIехь йуьсу.

– Тешамза бевллачу нахана хIун де вай?

– Цаьрца йолу йерриг зIенаш йуххехула дIахедайе. Амма, цхьа чо а вайн гIуллакхна йамартло йахь, уьш кортойх бевр буйла а хаийта. Церан метта муьлш хIиттор бу-те?

– Хаац, – ойлане вистхилира Аьрзу. – Ши-кхо де даьлча, Солтамурд волчу гIyp ву тхойша. Цунах дага а девлла, цхьа некъ лохур бу-кх.

– Шайна хуур шуна дан дезарг. ГIаттаман тхьамданаш лахар, даим санна, хьуна тIехь дуьсу, Аьрзу.

– ХIинца, Берса, ахь дийцахьа хьайн керланиш.

ДоттагIийн цхьаьнакхетаран коьрта бахьанаш дийца деза хан тIекхаьчнера.

– Сан хабарш хIумма а вай даккхийдеш дац, кIентий. Вайн махка тIе керла станицаш, тIеман чIагIонаш йахка ойла йу Iедалан.

Цецваьлла Аьрзу бага гIаьттинчохь висира.

– Ахь хIун элира? – эххар а вистхилира иза.

– Iаьржачу ломан, ГIачалкха-дукъан когашца йолу йарташ Соьлжан аьрру агIон тIе а, ГIебарта а кхалхийна, БуритIара охьа Хаси-Юьрта кхаччалц станицийн керла могIа бан сацам хилла.

Маккхал сихха кхийтира оцу планан Iалашонах.

– Йуха а цкъа Нохчийчоь тукарца йара доллу-кх. Оцу гIуллакх тIехь зиэделларг ду Iедалан. Мацах цкъа Соьлжа тIехула иштта цхьа могIа станицаш а йехкина, вайн вежарий гIалгIай вайх дIакъастийра. Йуккъе зайл а тоьхна. ДIабаханчу бехачу тIамехь йа вайца цхьаьнакхета а, йа вайна гIo дойла а ца хилира церан. Кхузахь керла хIумма а ма дац. Даимлера политика. ТIекхеттарг хIинца Нохчийчоь масех декъе йекъар ду-кх.

– Нагахь вай йекъийтахь! – сацамболлуш мохь белира Аьрзун.

– ХIинца ламанан Нохчийчоь аренах къасто гIерта, – дуьйцура Берсас. – Органций, Хулхулоций хьала йолу шира чIагIонаш а тойеш, керланаш йогIа ойла а йу. ТIаккха Нохчийчоь кхаа декъе йекъало. Дагестанах а хеда. Цуьнан тIаьхье бIаьрзечунна а гур йу.

– И сацам маца хилла? – хаьттира Маккхала.

– ДIайаханчу аьхка. Лорис-Меликовн план йу иштта. Амма, паччахьан вашас хIинца а иза чIагI ца йина бохуш, хаамаш бу.

Цхьана ханна къамел сецира церан. Аьрзу а, Берса а дIатевжира, ткъа Маккхал синтемза волавелира. Кхааннах цхьа Берса вара сапаргIат. Накъостех дага ца ваьллехь а, цо сацам тIеэцнера хьалххе. Цундела доттагIашка ойла йойтуш Iара иза.

Малх чубуза peгIa лахбелча, ломара цIа эха дуьйлира адам. Уьш стерчийн ворданашкахь а, гихь а дечиг дохьуш богIура. Берсина хаьара и дечиг цара шайн цIерачу кхерчахь даго ца дохьуьйла. Цхьаболчара ма-боьлххура редуте хьур ду дохка, ворданаш йолчара кхана-лама – Соьлжа-ГIала. Иштта дечиг духкуш йаьккхинчу кIеззигчу шай-кайнах шайн доьзалшна тIейуха цхьацца тIелхиг а, туьха-мехкдаьтта а оьцу цара.

ДIасакъаста деза хан тIекхаьчнера.

– МаьIIаргона вицлора-кх со, – элира Берсас, охьа а хууш. – Польшехь долчу хьолах хабар хезний-те ДанчIина?

– Полякашца дерг чекхдаьлла. Хьаьшна уьш.

– Россехь?

– Хийцамаш бац. Муьжгийн карзахаллаш дено-дено лагIлуш йу. Цаьрга догдохийла а дIайаьлла.

– Изза хила доллу-те вайх а? – элира керлачу хаамаша сагатдинчу Аьрзус. – Оцу полякех а, оьрсийн муьжгех а йолу дегайовхо а дIайолуш йоллу. Паччахьан арахьа тIом хир бу ала меттиг а ца го. Нагахь Iедал кхузахь и шен Iалашо кхочушйан гIортахь, дуьхьало йан цхьа а тайпа кечам бац вайн. TIe, махкана чоьхьа а, арахьа а гIуллакхаш нисдина Iачу паччахьо, вай гIаттам болабахь, шен берриг ницкъ Нохчийчу тоттур бу. Дала цхьа некъ ца гайтахь, тахана цкъа бIаьрзе ду вай.

Берса, охьа а хиъна, Аьрзуна тIевирзира.

– Ахь муьлха некъ гойту? – хаьттира цо.

– Уггар хьалха, пхеа йа ворхI стагах тIеман кхеташо кхолла йеза вай. Царах цхьаъ коьрта ца хилча-м вер вац, амма цо кхеташонан дукхахболчийн лаам кхочушбан дезар ду. Дика хир дара, кху цхьана баттахь вайн йерриг йартийн векалийн гулам кхайкхийна, цигахь тIаьххьара сацам тIеэцча. Йа, вуьшта аьлча, нагахь Iедал йарташ кхалхо долахь, сихха гIаттам боло.

– Дика ду. Нагахь йарташ кхалхо йолайахь, вай гIаттам болор бу. Амма со буххенца дуьхьал ву вайн йуьхьанцарчу бартана.

– ХIунда?

– Хьекъале Iалашо йоцуш болийначу гIаттамо эрна хIаллакдийр ду адам. Цундела вай къасто йеза вешан къийсаман тIаьххьара Iалашо. Вайн вешан ницкъаца Нохчийчуьра паччахьан Iедал дIадаккхалур дуй вайга?

– Дера, дац, – доккха садаьккхира Аьрзус.

– Россин арахьарчу тIаме ладоьгIуш Ia вай, – дуьйцура Берсас кхидIа. – Оцу йукъах пайда а эцна, толам баккха а тарло вай. Амма иза а шеконехь гIуллакх ду. И тIом даим лаьттар ма бац. Росси тоьлла йа эшна, чекхбер бу. ТIаккха паччахьан Iедало, шен берриг ницкъаца вайна тIе а дирзина, къамкъарг Iовдур йу-кх.

– ТIетаьIна Iийр дац. Мозий санна, хIаллакдийр ду.

– ХIан, паччахьан Iедал дIадаккха вешан аьтто болуьйтур вай. КхидIа? ТIаккха хIун дан деза хаьий вайна цхьанне а? Мансуран, Бийболатан замане йухадоьрзур ду? Доьрзийла йац. Цкъа делахь, цул тIаьхьа бIе шо даьлла. ХIинца кхин зама, кхин хьелаш, кхин адамаш ду. Кху тIаьххьарчу тIамо вайн халкъан ах боьрша нах хIаллакбина, ах латта вайгара дIадаьккхина. ШолгIа-делахь, станицашний, гIаланашний уллохь йолу арен тIера йарташ, шайн кхолламна къера а хилла, севцца. Керлачу хьелех боьлла цигара бахархой. КхозлагIа-делахь, вайн халкъана йуккъехь шена тIетийжа керла ницкъ карийна Iедална. Ас буьйцурш нохчийн эпсарш, совдегарш, кегийра долахой а, Iедалан гIуллакхчаш а бу.

– ХIета, Iедална муьтIахь а хилла, совца деза, боху-кх ахь, Берса? – хаьттира Аьрзус. – Йа, вуьшта аьлча, къоьлла, мацалла, харцонаш, сийсаздар а ловш?

– ЛадогIал ахь, Аьрзу. Халкъ, адам санна, хенаца кхуьу. Ницкъ а, кхетам а цхьана дийнахь йа цхьана бIе шарахь а багIац цуьнга. Оцу гIуллакхна дукхе-дукха йеха хан йеза. ТIамал хьалха хиллачу хьелашка вайн халкъ йухадерзор стаг шен бераллин хене йухаверзар санна хир дара. Вайна вешан хенаца, хIокху заманца нисдалар оьшу. Амма, кхечу къаьмнех а къаьстина, Россех къаьстина-м муххале а, вешан дахар хийца ницкъ а, кхетам а, аьтто а бац вайн.

– Хьо хIун аьлла ву ткъа?

– Вайн кхоллам Россерчу кхечу къаьмнашца цхьаьнабозар, цаьрца цхьаьна вешан маршонан гIулакхехьа къийсар коьрта декхар лору ас.

– Ой, цаьрца дуьстича, вайгара хьал дуккха а хала ма ду, Берса. XIapa къоьлла, Iазап, харцо ловш дехачул-м, летта делла, дуьнен чуьра дIадовлар гIоли ма йу!

– Аьрзус гойтург уггар сийлахь некъ хета суна а, – тIетайра Маккхал.

– Сийлахь некъ-м бара иза, амма шеконехь бу-кх. Догдохуьйла кIезиг йу. Со тешна ву, паччахьан Iедалан Iазап кIел дохку халкъаш мацца а цкъа шайн массеран йукъарчу маршонехьа цхьабарт болуш цунна дуьхьал гIовттург хиларх а, цара толам боккхург хиларх а. Дуьненахь цхьа адамаш ду, халкъашна шайн маршонехьа, керлачу дахарехьа къийса а, толам баккха а хьоьхуш. Ас дийцира-кх шуна Iазапехь дохкучу халкъаша пхийтта шо хьалха Европина тIехула гIаттийначу буьрсачу дарцах лаьцна. Иштта чIогIа дацахь а, изза дарц делира Россехь а. Оцу хьалхарчу дарцан ницкъ ца кхечира халкъашлахь Iазапдаллорхойн Iедал дуохо. Амма хIинца керлачу, кхин а буьрсачу дарцан мархаш гуллуш йу Европина а, Россина а тIехула. Кестта дарц дала герга ду, кIентий.

– ХIета, вешан гIаттам оцу дарце хьажабо-кх вай?

– Кхин некъ бац.

– Ткъа йарташ Соьлжан а, Теркан а аьрру бердашка а, Жимачу ГIебарта а кхалхо йолайахь? Ваьшкахь дисина латта а дIалур ду вай?

– И ша ду. ТIаккха герз караоьцур ду вай. Амма вайнах дIакхалхор а, гIалгIазкхий схьакхалхор а чолхе гIуллакх ду. Цунна масех шо хан йезар йу Iедална. Вайн декхар хIун ду? Цхьана минотана а мал ца беш, гIаттамна кечамбар. Амма ларлуш хила. Солтамурд, Вара, Залма, ШоIип майра нах а, дика къонахой а бу. Амма цхьана майралло ца дуьгу халкъ толаме. Иза а хиъна вайна. Хьекъал, кхетам, собар оьшу. Йукъара кхеташо кхайкхарна сихдала а ца оьшу аьлла, хета суна. Аьхкен чохь кхераме ду иза. И гIуллакх Iаьне тоттур вай. Ткъа хIинца, малхбузан ламазаш дина, дIасадаха деза.

 

ДоттагIий хьалагIевттира. Шовданна йисттехь ламазаш иэцна, гIуллакх сихха чекхдаьккхира цара.

– Оцу Варас лелочунна реза вац со, Берса, – элира Маккхала, кога мачаш а йухуш. – Кху хьаннашца, бIаьн некъашца эпсарш, хьаькамаш дIасабовла ца буьту цо. Хьуна хууш ма ду, цо хIинцале а маситта стаг вийна хилар. Тухий цхьаъ вожа а вой, иза шен обаргашца хьуьнха вулу, ткъа Iедало адамаш хьийзадо. Варега дIахаийта цо лелочунна тхо резадацар. Иштта байъарх кхачалур бац мостагIий, оцу некъаца йаккхалур йац маршо. Вийначу пурстоьпан меттана цул а Дала тоьхнарг хIоттаво. Цунах, зиэн бен, пайда балац.

– Вара, хьаха, ву шен цхьа буьрса амалш йолуш стаг, – доккха садаьккхира Маккхала. – Шелахь хиллачу гIуллакхо дог акхадаьккхина цуьнан. Иза хIинца йа нахах а, йа Iедалх а ца теша. Ас масазза аьлла цуьнга и хьуна хетарг. Аьттехьа а ца дуьту.

– КIеда аьлла ахь, – Iоттаре тIетуьйхира Аьрзус. – Цунна хаа деза, ша лелочара вайн йукъарчу гIуллакхна зулам дойла. Цо бицбан ца беза дIадаханчу шарахь кхечаьрца цхьаьна шел лакхарчеран омра кхочушдан а, тешаме хила а ша биъна дуй. ДIахаийта цуьнга, нагахь санна ша бахьанехь цо кхул тIаьхьа адамна сингаттам балийтахь, иза шен коьртах вериг хилар. ХIораммо а шена луъ-луург лелийча, вай вовшахдетта гIуллакх хIаллакьхир ду, ткъа иза хуьлийтийла дац, муьлххачух хIуъу хилла додахь а. Вайх хIораммо, дуйнаца чIагIдеш, пурба делла, нагахь шегара йамартло йаьлла, бартах воьхна меттиг хIоттахь, кхиэл йоцуш шен цIий хьаналдеш.

Аьрзун богучу бIаьргаша а, оьгIазечу къамело а гойтура цо дуьйцург цуьрриг забаре цахилар.

– Деллахьа, Берса, хьуна тIе кхин а цхьа гIуллакх деана оха, – стенна делахь а, гIеххьачул бехкалвахана долийра Маккхала. – Гати-Юьртахь бохам хилла кху некъехь. И Iоса боху жIаьла делла шен кIентан карах…

Маккхала доцца дийцира Гати-Юьртахь хилларг.

– Селхана цига веанчу пуьрстоьпо, лаьцна, Ведана хьалавигна Ловдий, Васаллий. Кхузахь Васалан бехк болуш хIумма а дац. Бехк-м Ловдин а бацара. Дукха хан йара и боьха жIаьла дийна дIадаккха деза. Куьг бехке Ловда кIелхьарваккхалур вац. Амма Васал кIелвахийта йиш йац, хIуъу хилла латтахь а. Хьуна ма-хаъара, бевдда вайгахьа бевлла салтий йуха шайн кара нисбелча, цаьрца къиза хуьлу Iедалхой. Цул сов, цкъа-делахь, Васалан кегийра доьзал буьсу цIа дуьззина. ШолгIа-делахь, шен дегIан дола ца далуш, зуда цомгаш йу. Уггар коьртаниг – бевдда ваьшкахьа бевллачу салтийн дола дан деза. Нагахь вай и ца дахь, Iедале царна ницкъаш байтахь, тIейогIучу ханна вайх тешам бовр бу церан. Тхуна хьоьгара гIo оьшу, Берса.

– Ас хIун дан лаьара шуна?

– Деллахьа, хаац суна-м, Берса. Оха-м, Iедалера схьа а ваьккхина, обарг волуьйтур вара иза. ТIаккха а цIахь аьтто боцуш нисло. Цкъа а дегI маьрша хир вац. Тахана-кхана Шела вогIу, боху, Къурмин Къосам. Цуьнан чIогIа гергарло ду элаца Тумановца. Суна хетарехь, округан начальнико полковнико Головаченкос ладугIур ду Къосаме. Оцу Къосамца и гIуллакх дийца а, нисдан а деза ахь.

Берса вехха Iийра жоп ца луш.

– Суна-м хаац, Маккхал, цкъа-шозза генара гар доцург, кхин цхьана а тайпа сан тIекере йеана стаг вац-кх иза.

– Дерригенах а кхета тхо, Берса. Амма цуьнца бийца мотт хьуний бен карор бац.

– Иза хала гIуллакх дацахьара, охашимма хьуна тIедуьллур ма дацара, – йукъавуьйлира Аьрзу. – Васалан гIуллакх суьде далале, иза кIелхьарваккха веза. Тхан йуьрто тIелаьцна стаг ву иза, оха дола дан дезаш. ГIуллакх суьде даьлча, генадолу. Хьаькамаш хьастий а, кхерам тасий а, схьаваккха Васал.

Берсас корта ластийра.

– Догдохуьйла йац цуьнга. Шуна лаарна, гIоьртур-м ву со.

Шийлачу хица ламазаш а эцна, бай цIена меттиг лехна, Маккхал хьалха волуш, ламазаш а дина, маралелхаш, вовшийн Iодика а йина, дIасакъаьстира кхо доттагI.

Амма Теркан областан эскарийн командующи, нахана хIумма а ца хууш, цу Iазапах уьш «кIелхьарбаха» гIайгIа беш вара:

«Хьомсара Государь Александр Петрович!

…Нохчий кхалхоран гIуллакх шена тIе а лаьцна, оцу хьокъехь Турце вахана инарла Кундухов цIа верзаре сатуьйсуш Iа со. И гIуллакх сихха къастор чIогIа оьшуш ду. Малхбузе Кавказехь вайн хиллачу тIаьххьарчу а, чIогIачу а кхиамаша догдохийна нохчийн. Вешан Iалашо вай мел къайлайаккха гIертарх а, вайца шайн йолчу шатайпачу йукъаметтигах делахь а, йа шайн махка оьзначу эскарех шекбевллехь а, йа арахьара тIеоьхучу нахехула хиънехь а, царна хиъна герггарчу хенахь правительство цигахь чIоггIа когаш тIе хIотта ойла йолуш хилар. Цундела кху тIаьххьарчу хенахь кхузахь меттигерчу Iедалшна совцо хала йа совцо ницкъ боцу тайп-тайпана эладитанаш даьржина.

Графо Евдокимовс соьга делла туркойн эмиссаро ламанхошка Турце кхойкхучу прокламацин гоч. Цуьнан чулацам чIогIа тера бу ас со Коджорехь волуш Хьан Локхалле йеллачу экземплярах. Вайн дика нохчий оцу прокламацех Iехабелла Турце кхелхарг хиларх теша мел хала делахь а, царна йуккъе йаржо ахь цхьа масех экземпляр йаийтар эрна хир дацара. И прокламаци Тифлисехь нийсачу туркойн матте йаккхар доьхуш, графо Евдокимовс йаздийр ду хьоьга…

М. Лорис-Меликов.

18 июнь 1864 шо»

IX корта. Къайлаха цхьаьнакхетар

Хьуна гина-кх дерриг гIуллакхаш хийцалуш хилар: цхьана замано велийнарг кхечу замано велхаво.

Салих ар Ронди

1

Беттаса кхетале бохуш сихвелла вогIу Берса пхьуьйран ламазан хенахь Шела чувуьйлира. Тховса иза кхуза вогIура МаккхалгIеран дехар кхочушдар Iалашо йолуш. Винчу йуьрта вогIуш, даим а цуьнан невцо ДанчIас шен кIант Болат дуьхьалвоуьйтура цунна. Амма тховса иза ша веанера. Цо Берсега хаийтинера, стенна делахь а, цхьана гIуллакхна, амма пайда ца бохьуш, шеца милицин йоккха отряд а йалош йуьрта майор Мустапин Девлатмирза веана аьлла.

Берса кхерамах ларван, цхьа шовзткъе итт гIулч хьалха воьдура ДанчIа. Пурстоьпан конторин цIеношкахь къегина серло а, чохь хевшиний, хIиттиний, чу-арадуьйлушший адамаш гора. Амма йисина йерриг Шела, Нохчийчоьнан и шатайпа столица, хьалххе дIатийнера. Йукъ-йукъа цIеношкахь, гаттий кораш гIийла серладаьхна, наггахь чиркхаш догура. Йуьртан йукъах къехкаш, йуьстаха долчу гаттийчу, гомачу урамашкахула воьдура и шиъ. КетIахула хIорш чекхбовлуш меттахъхьов жIаьлеш, жимма бага а тухий, совцура.

Сема дара тховса ДанчIин мискачу хIусамехь. Хьешан цIа чохь цIенкъа тесначу къорзачу истанга тIерачу жIай-гIантахь, сих-сиха бага а гIеттош, гоьл тIе ког а баьккхина, сингаттаме Iара векъана, хан тоьхна стаг. Цунна уллохь пенацарчу терхи тIехь богучу чиркхан серлоно къегайора цуьнан белшаш тIера хьесан погонаш. Некха тIехь лепара императоран таж, тарраш тIера шолгIачу даржан «Святой Аннин» орден, 1837-чу шарахь императоро Кавказехула бинчу некъан хьурматна йелла дато мидал. Кочахь кхозура «Доггах гIуллакхдарна» аьлла тIейаздина дашо мидал, андреевски ленти тIехь лепара «1853–1856-чуй шерашкахьлерчу тIемашкахь дакъалацарна» йелла борзанан мидал. Царна лахахь йоллура «Нохчийчоьй, ДегIастий карайерзорна» мидал. Голашна йукъа а лаьцна, ирахIоттийна дара «Майраллина» тIейаздина дашо тур.

Цо лаххьийна Iамийнера кIуьрзо Iарждинчу дерзинчу пенаш тIера массо дотIана а, сиз а. Цхьана секундана цуьнан хьажар тIехь сецира неIарехь хIоьттина лаьттачу жимачу кIантана. Амма, берзан кIезанан санна, къегачу цуьнан бIаьргашна дуьхьал хьажавелча, эпсаро шен хьажар сихха цIенкъа дуьйгIира. И кIант цунна тарлора хеса йугIучу мунданах. Йоьхна калдайаьлла, летийна къарзйелла, стенах йина ца хуучу йаьлла гIовтал. Цунна тIехула йихкина жима шаьлта. Доьхкарх йоьллина тапча. КIайчу кхакханан тишачу куйна бухара схьахьоьжу майра ши бIаьрг. Царна чохь гора само, оьгIазло, цабезам. Куьг а ду, воккхачо санна, шаьлтанан макъарна тIедиллина.

Эпсар дагахь велавелира.

«Шек дIа а вуй иза? – бохура цо. – Кхечахьа нисвелча, шен аьтто баьлча, со вуьйр а волуш, ткъа хIинца, кху тхов кIел, сан коьрта тIepa чо ца талхийта, шен са дIа а лур долуш лаьттийца. ТIекхуьучу чкъуран а безам бац тхоьга. Баккъал а аьлча, xIapa керла питана меттахъхьедийраш къона тIаьхье ма йу. ДIабаханчу бехачу тIеман халонаш Iаьвшинчу баккхийчу наха-м дог ма диллина толамах».

Шен кисанара схьадаьккхина шалхатоьхна жима кехат, даржа а дина, чиркхан серлонга хьалалецира хьешо. Цуьнан бIаьргашна хьалха хIиттира хазачу хотIаца цIеначу оьрсийн маттахь йаздина нийса могIанаш:

«Господин полковник!

Дехар ду хьоьга, вайн массеран а йукъарчу гIуллакхан дуьхьа, гуттар къайлаха xIapa кехат хьайга деллачуьнца цо тоьхначу хенахь цо йиллинчу метте вар. Кху стага жоп ло хьан дегIан маршонах».

Кехат тIехь цIе йацара иза йаздинчун. Шега хеттарш дарх, xIyсамдас а ца вийцира иза. Амма полковникна хаьара и йаздинарг сонтачех стаг воцийла. Кехат чIогIа ларлуш йаздинера. Цхьаннан карадахарх, хуур дацара и хьан йаздина а, хьаьнга йаздина а. Тахана цо дукха ойла йира, оцу кехато кхойкхучу гIo-те йа ма гIo-те ша бохуш. Йиллинчу метте ша ца вогIуш Iийча, кIиллолла висина аларх кхоьрура. Дукха хан йац цо, элана Тумановна улле а хIоьттина, Кунта-Хьаьжин мурдаш байъина. Царах дерочунна тIенислахь, тоьхна Iункар вохуьйтур ву. Тешам боцуш зама йу xIapa. Амма полковник а вац кIиллочех. Цул сов, хIусамда йукъара хилла цуьнан маршонна. ДIа ойла йича, кехат йаздинарг а ву оьзда стаг.

Кехат, шалха а тоьхна, хьалхарчу кисана а диллина, схьадаьккхина, сахьте хьаьжира иза. Цхьайтта сахьт дала итт минот йара. ХIусамда чуьра араваьлла а йара сахьт гергга хан. Кертахь хIоьттинчу тийналло а, цIа ван хьевеллачу хIусамдас а, цIоькъалоьман кIорни санна, цабезаме шега хьоьжуш лаьттачу кIанта а даг чу гIеххьачул кхерам туьйсура цунна. Делахь а, дехьа чохь кхача кечбеш текх-цаций, пхьегIашший вовшахйеттачу хIусамнанас синтем бора полковникна.

Арахь жIаьлин буьрса гIовгIа йаьлча, шен голаш йуккъехь лаьттачу туьрах катуьйхира цо. Цуьнан тидам хиллачу Болатан къайлаха велавалар иккхира. Иза тосаделлачу полковнико, шен даг чу иккхина кхеравалар къайладаккха гIерташ, тур нисдо кеп а хIоттийна, йайн йовхарш туьйхира. ЖIаьлин гIовгIа сихха дIатийра. Когийн дайн тата неIаре деара, дукха хан йалале дуьхьаларчу цIа чу адамаш девлира.

Шо гергга хан йара Берса винчу йуьртахь хилаза. Кхуза кхаьчча, карлайолура генна дIайахана бералла. ХIара ша вина йурт, берахь левзина меттигаш гархьама, Басс-хин лохачу бердашка бIаьрг тоха, цуьнца шен дегIе керла ницкъ эцархьама, наггахь цига а вогIий, кху ара бIаьрг бетташ, хуий Iай, воьдура иза. Амма кхузахь вац цуьнан цхьа а. Йеккъа цхьа денвешин йоI Хеда йоцург. Йижарий, вежарий Берсин хилла а бац. Нана а йелла иза жима волуш. Ткъа да, дийна велахь а, цо велла лору…

Дуьхьал цIа чохь ах бодашкахь цIеран серлонехь текхахь мижарг хьакхош йоллу Хеда, Берса неIарх чоьхьа ма-веллинехь, схьахьажайелла, хьала а иккхина, шен ахьарх, мижаргех дуьзначу куьйгашца иза мара а вуллуш, цунна тIекхийтира.

– Докку! Докку! Дела йала хьан нанас ца йина йиша! Хьо мичахула лела-те, лела мукъана?.. Сан нанас бинчийн санна, айъина керта шийла дакъа дохьур-те йа мецачу берзалоша даьIахкаш йаьжна, сутарчу хьаргIанаша ши бIаьрг мелла, орцахвала ваша воцуш, тийжаш йелха йиша йоцуш докъаза вовр-те бохуш, ас-м дукха сагатдой хьуна, нанас ца йина йиша йала хьан, Докку…

Шен некха тIе а таьIна, йоьлхучу Хедин коьртах дай куьг хьоькхуш, цуьнан догъэца гIертачу Берсин бIаьргаш тIунделира. Дог Iийжара тIамо да а, шиъ ваша а вийна, цхьа йисинчу оцу декъазчу зудчух.

– Ма йелха, Хеда, ма йелха. Берриш а бу Делан белхаш. Цо йаздинчух вер вац цхьа а, – шича тейан гIертара иза. – Осала ма хила, вай цхьанна гича, иэхь ду…

Шина шичин вовшашка болу безам а, марзо а, ткъа иштта наггахь цхьаьнакхетча, хилларш карла а долий, цаьршиннан ойла хуу ДанчIа неIарехь, вист ца хуьлуш, хIоьттина лаьттара. Эххар а, шех хьерчачуьра Хеда меллаша дIа а йаьккхина, хьешан цIа чу велира Берса.

– Ассалам Iалайкум, суьйре дика хуьлда хьан, полковник!

Цавевзарг чоьхьаваларе хьоьжуш Iачу полковнико, ша Iачуьра парттал хьала а гIеттина, шен аьтту куьйгара кIайн кара дIа а даьккхина, хьешо шега кховдийна куьг меллаша схьалецира.

– Ва Iалайкум салам, диканна вогIийла хьо а!

Полковнико леррина бIаьрг туьйхира цуьнга. Амма, йуьхьа тIе таIош коьртах хьарчийначу башлакха йукъара схьахьоьжу догцIена майра ши бIаьрг, кIеззиг хаалуш дукъ тIедаьлла боккха марий, цунна кIелхьара дуькъа, Iаьржа, хаза хьовзийна мекхаш доцург, хIумма а ца гора. Делахь а, цуьнан дегIах, боларх, къамелах хиира полковникна иза оьрсийн эскарехь кхиъна нохчо вуйла.

Коьртах хьарчийна башлакх дIайаьстина, ДанчIе дIа а кховдийна, маьхьсеш когахь истанга тIе а ваьлла, ши ког чучча охьахиира Берса.

 

– ТIаккха, Къосам, шу могаш-паргIат дуй? – хаьттира цо, нохчийн эпсарша а, хIетта зIок тоьхна, чкъоьргара кортош арадаха гIертачу чиновникийн интеллигенцис а, оьрсех тарбала гIepташ, вовшашлахь йоккхуш ма-хиллара, цуьнан цIе ден цIарца а ца йоккхуш. – Доьзалш муха бу?

– Далла бу хастам, дика Iа тхо. Шу а деца могаш?

– Дала дика кхобу. Суна бехк ма биллалахь, сайл ханна воккха а, йукъараллин меттигца лакхахь а волу хьо ас схьакхайкхарна. Цаторуш гIуллакх нисделла, дира ас xIapa.

– Бехке дац, – полковник леррина Берсега хьаьжира. – Сайна хьо цхьанхьа гиний-те, моьтту-кх суна?

– Гина хир ву.

– Тамаша бу-кх, суна гинчу хенахь хьуна тIехь гусарийн эпсаран мундир а, нагахь со виц ца веллехь, хьан белшаш тIехь капитанан аксельбанташ а ца хиллехь?

– Цул а мехалчо тоьхна вайша вовшах, полковник.

– Хьан некха тIехь Святой Аннин орден, Георгин жIара а йарий-техьа, моьтту суна?

– Дерриг а хила тарло.

– Делахь хIета, хьайн цIе йийцахьа суна, господин капитан? – цавашарца хаьттира полковнико.

– Бехк ма биллалахь суна, господин Курумов, – тIаьххьара ши дош, цо санна, кIоршаме хьажош элира Берсас. – Со капитан воцу йалх шо ду. ДуьххьалдIа нохчо Барзин Рохьмадан Берса ву со.

Полковнико тидаме а ца ийцира Берсин йуьхь тIехь а, къамелехь а шерра гун кIоршамалла.

– ХIаъа, хIаъа, хIинца дагавогIу! Фельдмаршалан Паскевичан эскарша венгрийн мятеж хьошуш, инарлин Лиддерсан отрядехь гIуллакхдеш хилла капитан Барзоев вай хьо-м. Со гIалат вацахь, цигахь доггах гIуллакхдарна капитанан чин а, орденаш а йелира хьуна. Хьан да гергара стаг ву сан. КхоалгIачу гильдин совдегар. Дена хьалха кIентан декхар ахь кхочуш ца дой-те, моьтту суна. Барзоев, тов. Россера цIа вирзича, Соьлжан-гIопехь гина суна хьо. Йуха, Гермачигахь хиллачу тIамера дезертир хилла, ведирий хьо?

Курумовс хIинца дуьйцурш диллина Берсин дагна Iеткъаш xIyманаш дара. Да хьахош дина хаттар шена ца хезначух дитира цо.

– ХIетталц вара со дезертир. Оцу дийнахь сайн декхаршна тIе йухавирзира. Суна а догIу и де дага. Оцу дийнахь дуьххьара суна а гина хьо элан Барятинскийн свитехь.

Курумовс цецваьлла корта лестабора.

– Ткъа ас цецвуьйлуш ойла йора, ванах, цIеначу оьрсийн маттахь xIapa кехат йаздинарг мила ву-те бохуш. Вайшинна-м вевзаш хилла. Амма халахета-кх, дика европейски образовани а йолуш, нах хьоьгуш ирсан новкъахь карьера йеш воьду Iедало лоруш волчу ден кIант оцу сагIадоьхургех а кхетта лелар!

– «Пачхьалкхера тIаьххьара сагIадоьхург а адам ду, паччахь санна», – аьлла-кх Фридриха ШолгIачо. Мухха делахь а, сан халкъ ду иза. Оцу сагIадоьхургийн кийрахь, муьлххачу а просвещенни адамийн санна, дог ду. Церачел тIех майра, къинхетаме, адамаллин ду ала а мегаш. Оцу сагIадоьхургаша шайн маршонехьа къуьйсу. Ткъа вайн халкъ оцу хьоле дожийнарг Россера Iедал, цуьнан йолахой шу а ду.

Ши хьаша ма-хуьллу къамел кIеда-мерза дан гIертара. Амма иза иштта ца нислора. Дуьнене шайн хьежамашца, стигаллий, латтий санна, цхьаъ вукхунна геначу цаьршиннан ницкъ ца кхочура вовшашка болу цабезам къайлабаккха. Цуьнан дIовш Iийдалора xIoр а дашца.

– Вайн къам бодане ду, Барзоев. Бодане къам маьрша хила йиш йац. Иза даим а дозуш хуьлу культурехь, йукъараллин дIахIоттамехь шел лакхарчу къомах. И ца хаьа йа хаа кхетам а боцу вайнах шаьш бу шайгарчу бохамашна бехке. Вайнехан сонталлин тIаьхье йу иза. Сила йоккхачу Россин пачхьалкхна дуьхьало йийр йарий ткъа, сонта ца хилча? БIе шарахь гергга эрна Iенийна цIий. Кхета дагахь буй ткъа хIинца а? БIаьрг тIера тиллачу минотехь, тухий, эпсарш, чиновникаш бойъу. Дийнна рота салтий уллохь боцуш хIокху махкахула дIасавала йиш йац. ХIун гIуллакх ду эрна цIий Iено?

– Сонта хиллехь-м, тийна, таьIна Iийр бара уьш. Хазахета ца лела. Шайгара уггар тоьллачуьра ах мохк дIа а баьккхина, лаьхкина хьаннашка, Iаннашка боьхкича а ца йина, цара дуьхьало маца йан йезара? Шаьш адамаш ца хетча, цара хIун дан деза? Уьш совцо дукха хIума ца оьшу, господин Курумов. Йаа сискал, жимма лерам а.

Шен оьмарехь дуккха а девзинчу Курумовс шеквоцуш ладоьгIура Берсе. ТIаьххьара а собар кхачийра цуьнан.

– Хьо дукха сиха ву, Берса. И сискал а, лерам а Росси кхерийна йаккха ойла йу шун? Иза аьттехьа а дац. Кхечу къаьмнашна дерг хир ду вайна а. Россис серло йохьу лаьмнашка. Ваьшка эзар шарахь цададелларг цуьнан гIоьнца цхьана йоццачу хенахь дийр ду вай.

– Иза а хаьа суна, Къосам. Дукхе дика хаьа. Вайн халкъана шена а ца хаьа ша Iаламан мел доккхачу хьола тIехь деха. Массо aгIop кхиъначу Россин гIоьнца хIокху махко зазадоккхур дуйла а хаьа. Хенан йохалла Нохчийчохь заводаш, фабрикаш, аьчган некъаш, телеграф хир йуйла а хаьа. Шена мел ца лаахь а, ламанхошна школаш йахка а дезар ду Iедалан. Промышленностна белхалой безар ма бу. Йоза-дешар ца хуучу белхалочух белхало хир ма вац. Амма кхузара дерриг хьал кIеззигчу дворянийн а, буржуазин а гIеранан карахь хир ду Россехь а, дуьненан массо махкахь а санна.

– Амма Россис кху лаьмнашка лакхара культура йохьур йу. Цо вайн халкъан хьекъал, кхетам, дахар хийцина, бIешерийн бодашкара схьадоккхур ду, Берса. Иза ма дицдел ахь!

– И дерриг дика а, кхеташ а хир дара, Къосам, ахь йуьйцу культура цамзанийн буьххьехь йохьуш йацахьара. Ас-м ахьчул а, хьо санначу массарал а тIех лоьрий оьрсийн халкъ а, цуьнан лакхара культура а. Иштта ойла цхьана вайшиннан хилла ца Iа. Вайн халкъан оьрсашка лерам бIешерашкара схьа бу. Нохчашна цадезарг-м оьрсийн халкъ а, цуьнан культура а йаций, ткъа оьрсийн паччахьан Iедал ду. Оцу Iедале цабезам цхьана нохчийн хилла ца Iа, оьрсийн халкъана, цуьнан прогрессивни адамашна а ца деза иза. Ахь культура, боху. Шекспиран, Байронан Англис Индехь, Америкехь а, дуьненан кхечу декъашкахь а дийриг ца го хьуна? Ткъа ша дуьненан культурин корта бу бохучу Францис Алжирехь дийриг? Оцу мехкийн правительствоша шаьш лело къизаллаш шайн халкъашка хоьттуш лелайо моьтту хьуна? Йа оьрсийн халкъо къобалдо паччахьо а, цуьнан правительствос а хIокху Кавказехь дийриг? ХIан-хIа, господин Курумов, ас йуха а боху хьоьга, ас даггара лору оьрсийн халкъ, цуьнан культура. Амма Пушкинан генийс нохчий ца ларбира салтийн дIаьндаргех, Лермонтовн маршонан стихаша уьш мацаллин Iожаллех кIелхьара ца боху. Уггар хьалха, нохчашна сискал, нийсо, лерам оьшу. ТIаккхий бен культура тIеэца хан, аьтто, ницкъ а хир бац церан. Гай меца хилча, культура дагайагIац.

Оьзна йаьлла луьлла дIайайча, дIаса а хьаьжна, чим дIакхосса меттиг лехира Курумовс. Луьлла схьа а эцна, чим соне дIа а Iанийна, йухайелира Берсас.

– Оцу тайп-тайпанчу якобинцийн, ипсилантигIеран, владимирескагIеран, нана-сахибагIеран, кхеч-кхечу авантюристийн некъа ваьлла хьо, Берса. Оцу некъо уьш мича бигна хаьа-кх хьуна? Эшафоташна, тангIалкхашна, гильотинашна тIе. Ткъа уьш просвещенни нах бара. ТIеман, пачхьалкхан, политикин деятельш. Шаьш санначу кхетамна лакхарчу халкъашна тIетийжина ца Iаш, арахьарчу пачхьалкхашца йаккхий зIенаш а йолуш. Ткъа хьо кху акхачу нохчашца, церан акхачу баьччанашца – IуммагIаьрца, АтабигIаьрца, Солта-МурдагIаьрца, фанатикца Кунта-Хьаьжица – кхузахь революци йан гIерта. Дала маршалла дойла хьан цамгарна!

Полковникца къийса а, дов дан а Iалашо йолуш ца веанера Берса кхуза. Амма доладелла даьлла дов толам цуьнгахь буьсуш дерза дезара. Ша бакъ волу дела.

– Вайшиннах цомгаш мила ву замано гойтур ду, Къосам, – элира цо, собаре а хилла. – Суна дика хаьа вайнахе шайн ницкъаца толам баккхалур боцийла. Амма зама а, адамаш а, шо-шаре мел долу, хийцалуш ца го хьуна? Адамашна а, халкъана а хаа доьлла шайн мостагI а, доттагI а мила ву. Ахь цIераш йаьхнарш а, ца йохуш бисина а турпалхой хIаллакьхилла, Къосам. Амма, мацца хилла а, декабристийн, Герценан, Чернышевскийн, Добролюбовн, Некрасовн, кхечийн а сатийсамаш кхочушхир бу Россехь. Халкъийн дац вовшашца мостагIалла. Iедалан политико уьш хердина вовшех. Амма уьш кхетта догIу. Россех йоккха набахти йина монархис. Халкъаша, цхьаьна а кхетта, йохор йу иза. ТIаккха цуьнан херцорашна тIехь Республика хIоттор йу, Къосам. Ахь акха бу боху нохчий а кхета боьлла. Царна цхьатерра бIаьрга бан ца беза ЧермоевгIар, КурумовгIар, ИпполитовгIар, МустафиновгIар, БелликгIар. Амма ИвангIаьрга хьошалгIа оьху, уьш шайга а кхойкху. Жимма хан йаьлча, уьш вовшахкъасталур бац шун Iедале. Ларлолаш, господин Курумов!

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru