bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

Маккхал хаттаре Аьрзуга хьаьжира.

– Тхо гIyp дац цига, – сацамболлуш жоп делира Аьрзус.

– ГIур дац бохург хIун ду? – Аьрзуна тIевирзира Эмин-паша. – ТIаьхье шу доьлхуш йоьрзур йу цуьнан. Нусрет-пашас санна, ас ловзор дац шу. Сан кхо эзар дошло ву Мушехь лаьтташ. Бертахь цa довлахь, нуьцкъала лохкур ду. Шайн тIелхигаш схьаэца ца кхуьуьйтуш. – Оьрсашца церан мостагIалла тIеттIа марсадаккха дагахь тIетуьйхира цо: – И ца дича, тхо дитац оьрсийн Iедало. Церан комиссар ву Эрзерумехь. Дийна йа дайъий, шу кхузара дIадаха, боху цо.

Аьрзуна дукхазза хезнера, туркойн эскарш шаьш тоьллачу меттехь Iаламат къиза хуьлу, церан къинхетаме догдохуьйла йац бохуш. Цо сацамбира барта къовсамехь а цунна хьалхе ца йала:

– Шайга хIун дало хьовса хIета. Далаза ца довлахь, хаза, дала а хууш, лийр ду тхо. Нагахь ца дитахь, тхо кийча ду лата. ТIаьххьарчу стагана тIехIитталц.

Схьахьаьжначу Эмин-пашина хIумма а диканиг ца гира Аьрзун бIаьргаш чохь. Эмин-пашина моьттура шен дешнаша иза кагвина. Амма иза гена дара. Эмин-пашина хIумма а диканиг ца хьоьхура цуьнан богучу бIаьргаша. Аьрзун ира хьажар лан ца делла, Эмин-паша цхьа бIе гIулч шена гена лаьттачу эскаре хьежа хIоьттира. Дера йаххьаш. Бакълоь xIapa догдика эфенди. Шайна тIехь хIоттийначу харцоно, Iазапо бIарздина, дегнаш дарделла оцу нехан. Эмин-паша дуй баа ваьхьар вара уьш лата куьйгаш кIамделла хиларх. Летта балар гIоли йу царна, мацалла лечул. ХIан-хIа, кху сохьта цаьрца забарш ца оьшу. Лаххара а, кхо эзар дошло хир ву уьш. TIe, гIашлой а хила мега цхьанхьа. Цул сов, дуьйцуш ма ду, церан зударий а, бераш а лета бохуш. Цхьа иттех эзар дошло ца хилча, хIокхарна тIегIертар кхераме ду.

– ХIета, и тIаьххьара дош ду-кх шун? – йуьхьанцачул кIеда хаьттира туркочо.

– ХIаъ, тIаьххьара дош ду, – жоп делира Маккхала. – Нах реза бац Диарбекирна дехьа баха. Цаьрга хьоьжуш Iожалла йу цигахь.

– Кхузахь ма ца дуьту шу, – къамела йукъа вуьйлира Сайдулла. – ЦIий Iанош доьрзур ду-кх xIapa.

– Iанахь, тхайниг Iенар ду-кх, – човхийра иза Аьрзус. – Хьан цIока дийна йисчахьана, xIapa нах-м белча а дац хIума. Дукха хьоме йу хьан иза. Ши кепек мах цуьнан боццушехь!

– Аьрзу! Со мила ву дицделла хьуна? – йуьхьа тIе цIе кхерстира Сайдуллин.

– Ца дицделла, Къуръанор-кх! Вайнахана тIе Iаьржа де хIоьттича, хьо санна мел верг эцна, церан мостагIашкахьа ваьлла, лай хилла, царна чухIоьттина, айхьа бохург цигахь ца хуьлий хиъча, xIapa Iовдалш балош схьавеана ГихтIарчу Iуспанан Сайдулла вац хьо?

– Аш хIун къуьйсу? – резавоцуш вистхилира Эмин-паша оьгIазвахана вехьачу Сайдуллей, жергонца цуьнга хьоьжучу Аьрзугий хьаьжна.

Оццул са сиха Сайдулла дIатийра, кхин дош аьлла вистхилча, ша нахала вер вуйла хууш. Аьрзус тергал ца веш витира иза, цкъа а шен цуьнца хIумма а ца деача санна.

– ХIетте а, цхьана кIиранах ладугIур ду оха, – Маккхална тIевирзира Эмин-паша. – ТIаккха а шу кхузара дIа ца довлахь, мел ца лаахь а, ницкъ тIетаIоза девр дац. Ойла йан а, вовшех дагадовла а де-буьйса ду шуна.

– Стенна оьшу эрна хабарш дийца, паша-эфенди? – йерриг догдохийла йохош, жоп делира Маккхала. – Нах реза бац цига кхалха.

– Церан хIун ойла йу ткъа?

– Кхузахь гIолечу махка тIехь совца.

– Кхузахь шуна бала мукъа мохк бац. Кхузара латта цхьаццаннан долахь ду.

– ХIета, йуханехьа, цIа гIyp ду тхо.

– Мича?

– Тхешан даймахка.

Эмин-паша кIоршаме велавелира:

– ЦIа бохург дIадаьлла шун, нохчо, – Эмин-пашас аз айъира. – Шайн даймохк хиллехь, шу догIур а дацара схьа. Нагахь шуна хилийта лаахь, хIинца дуьйна xIapa хир бу шун даймохк.

– Синтем, паргIато лоьхуш баьхкина xIapa нах шун махка, – элира Маккхала. – Дала декъалвийр ву церан аьтто бинарг, царна оцу тIе некъ хьехнарг.

– И некъ шуна гайтина. Иза цуьрриг хьийзаш бац, шайга бохучу дIагIахь. И лаьтта дошлой цуьнан возаллин султанан байракх кIел хIиттабахь, дуьне а декъала хир ду шун. Цуьнан возалло султано шен къинхетамечу тIома кIел кхобур ду шу. Ткъа майра ши тIемало а, цхьаъ Iеламча а волу шуьша даржехь лакхавер ву. И сан дош ду шуна…

– Баркалла, паша-эфенди, – дуккха а дийца ойла йолу Эмин-паша йукъахваьккхира Маккхала. – Тхо хир дац шун чалтачаш. Йуханехьа, цIа даха сацамбина оха. Кхетий хьо, паша-эфенди, – тхешан даймахка дерза. Тхан бу иза. Шуна а, йа оьрсашна а хир боцуш. Аш а, цара а мичча лехкарх, хьаьвззина тхешан даймахка доьрзур ду тхо.

Эмин-паша кIоршаме велакъежира:

– Ткъа схьа хIунда даьхкина шу?

– Аш дуьйцучух Iехаделла.

– Оцу нахана лаьий ткъа йуханехьа кхалха? – дошлошкахьа куьг тесира Эмин-пашас. – Хьанна хаьа, царна Iен лаьий а? Аш дегазбохий а уьш?

– Хаттахьа, паша-эфенди.

Эмин-пашин горга йуьхь цIеххьана йекхайелира. Нийсачу мера кIелхьара Iаьржа ши мекх айъира делаозийначу стаммийчу балдаша.

– Баккъал, Шамхалбек, хIунда ца хотту ахь оцу нахе, царна кхузахь Iен лаьий? – хIетталц цхьа дош аьлла а вист ца хиллачу къоначу Шамхалбекехьа вирзира паша. – Хаийтахьа царна вай бохург динарг цкъа а дохковер воцийла.

Даг тIе аьтту куьг дуьллуш, лохха корта таIорца Эмин-пашина суждане а вахана, чоже кIажаш тоьхна, кхоссабалийтина йора дин эскарна хьалха кхаьчча, цIеххьана урх йухаоьзна, тIехьарчу когаш тIе а хIоттош, сацийра цо.

– Нохчий! – мохь туьйхира цо, карзахбаьлла дин а сецош. – Хазахета ца девлла вай вешан даймахках. Аттачу балхах ца даьхкина вай нехан хийрачу махка. XIapa туркой ненан вежарий бац вайн дезаден, кхара дехна ца далийна кхуза, вайна и моттахь а. Мухха делахь а, нехан хийрачу махкахь ду вай. КIелхIитта тхов бац шун, охьаховша лаьттан коржам йац шун. Карара рицкъа кхачийна шун, кхин тIе и дан меттиг а бац. Мацалло, уьно хьоькхуш, кхачош лаьтта шу. Вайнехан Iовдалчу куралло хIаллакдеш лаьтта шу. Кху гондIарчу бахархойн ницкъ бац шу кхаба. Цул сов, аш, талораш деш, нах бойъуш, шайца гамбина уьш. Шайга аьлларг, гIиллакхе даьккхича, шаьш дан догIург аш ца даро шен хьаькамаллех вохий Нусрет-паша. Тахана шу долчу веана туркойн паччахьо кхузара нах бертахь йа бертаза дIабаха хьажийна Эрзеруман вели Эмин-паша. Бертахь дIадовла кхузара, ца довлахь, де а бехк-гуьнахь доцчу зударийн, берийн цIий Iенар ду. Шун цIарах жоп деллачу Аьрзуссий, Маккхалий, кхузара дIадовла шу реза дац, боху. Бакъ дуй иза?

Хаттар деш, нехан йаххьаш тIехула бIаьрг кхарстийра Шамхалбека. Амма цхьа а вист ца хилира. Мотт сецча санна, лаьттара адам.

– Цхьана махкара, цхьана цIийх схьадевлла цхьа нохчий – вежарий ду вай, – мохь туьйхира цо йуха а. – Цундела, суна лаац шу Iехо, шуна хьалха лаьтта иэрчо шух лечкъо. Эмин-пашас шеца далийна эскар ду кхо эзар дошло. Цунна гIоьнна кечдина ду Мушан виллаетера эскарш а. Шу кхузара дIадохуш гIo дийр долуш бу кху гондIарчу шахьаршкарий, йарташкарий бахархой. Кхузара меттах а даьхна, Диарбекирехьа шу дIадигар хилла баьлла сацам бу. Иза боху паччахьо Iабдул-Межида. Цхьа кIира далале кхузара шу дIа ца довлахь, ша эскаршка омра дийр ду, боху Эмин-пашас. Эрна хIаллак ма хила, нах. Шу летта лийр ду, ткъа шул тIаьхьадисина шун бераш, зударий, дола дан дай боцуш, мацалла лийр бу. Шайн коьртера и Iовдал ойла дIа а йаккхий, шайга бохург диэ. Диарбекиран виллаете дIакхалха. Шуьга ма-буьйццу, вуон бац цигара мохк. Мохк хоьржучохь дац шун гIуллакх. Цул сов, аш массара лаьттаца болх бойла аьлла а дац. Луучунна таронаш йу, цкъа а нахаран баьлча а ца лоцуш, эла санна, ваха. Къурайшин цIийнах схьаваьллачу, Дала бусалба къаьмнийн паччахь вина ваийтинчу Iабдул-Межида шен байракх кIел хIитта, боху шуьга. Цунна хаьа, ДегIастанахь ислам чIагIдеш, ислам лардеш, вай майра летар. Цунна хаьа, керста паччахьо вай къиза хьийзор, вай, хIаллакдеш, кхачош хилар. Цундела лаьцна цо вай шена тIе. Диканна дуьхьал – дика!

Хабарна хьасарта вахана Шамхалбек йуккъерчу полкана хьалхахула боларахь дIасаволавелира.

– Вайл хьалха кхуза баьхкина эдагий, чергазий туркойн эскаре хIиттина. Масех бIо бу царах вовшахтоьхна. ХIоранна а маьхза говр, тIедуха барзакъ, герз делла царна. Маьхза ду царна дуург-мерг а. Цул сов, йал йу царна шарна хIоттийна. Вайна цIахь гIенах а ца гина ахча. Вайн ирс – вайн тарраш буьххьехь, бархI са болчу мажарийн Iалашонаш тIехь ду, кIентий! ТIамехь гоьваьллачунна чин, совгIаташ хир ду. Кху сохьта дан дезарш а ду цхьа пайдабоццу гIуллакхаш. ХIокху туркойн Iедална дуьхьалонаш йен керстанаш дIатебар. Уьстамалхула, хIордал дехьара керстанаш хьоьшуш лелаш эдагий а, чергазой а бу. Ткъа кху aгIop вай хир ду. XIapa шайн дена неIалт хилла эрмалой а, гуьржий а отуш. Уьш ма бара вай дохо оьрсашна гIo динарш! Царах ма бара вайна тIехь уггар ирча къизалла латтийна инарлаш! Ткъа хIонс мел карайогIур йу! Вешан мостагIех бекхам иэцар, дуьненан хьал, эхартахь лакхара дарж – уьш кхо пайда хир бу вайна! Цул сов, мацца а цкъа оьрсашца туркойн тIом болабелча, вешан мохк гаурех маьршабаккха аьтто а хир бу вайн. Оцу тIехь вайна гIо дан дош делла Iабдул-Межида! Эскаре хIотта резаверг схьакъаста!..

Нахе мохь бетташ говрахь вогIу Шамхалбек шена уллохула тIехволуш, цуьнга лохха вистхилира полкана иттех гIулч хьалха лаьтта Чора.

– ХIай къутIа, хIай, дIадалахьа тхуна гучуьра! ХIун до ахь, къуьрдиг санна, йиэкаш! Кхин хьо суна улло нислахь, ас, тоьхна, ши дакъа дийр ду хьох!

Цуьнан дешнаша, бетах тIара кхетча санна, вагийна Шамхалбек, говр тIаьхьарчу когаш тIехь йуха а хьовзош, доьхкарх йоллучу тапчин макъарх ка а тухуш, Чорегахьа вирзира. Важа-м шеквацара. Ца гора йуьхьа тIехь оьгIазалла а. Шен хьаьрсачу мекхех дайн куьг хьоькхуш, велакъежира иза. Амма оцу веларо цуьрриг диканиг ца хьоьхура. Бухара балда цергаш йуккъехь Iаьвдина, цIий тасийтира Шамхалбека. Дош дац-кх и хьаьрса мунда тоьхна йожо ницкъ цахилар. Бац-кх. Тахана тоьлур вац иза. Цхьа де догIур ду xIapa иэхь декха. Гена дац и де. ХIетталц сатухур цо.

Гома Чорега а хьаьжна, шен говр човхийна, хьалхахьа дIавахара Шамхалбек. Иза мел гIертарх а, йуха къамел ца долалора цуьнан. Ткъа дошлой лаьттара бист ца хуьлуш. Моьттур дара, уьш тIулгах боьттина.

– Бист ца хила дуй биъна цара, Шамхалбек? – хаьттира Эмин-пашас, шен ца хиллачу кхиамо догдохийна а, Чорица хиллачу гIир-миро оьгIазвахийтина а кхехкаш, тIевеанчу Шамхалбеке. – ХIумма дац, цхьа кIира даьлча, вай бостур бу церан мотт. Ткъа тIаьхьалонах жоьпалла а, оцу адамийн къа а шуьшинна хир ду, ши стаг, – кхоьссира цо, Аьрзуна тIе а вирзина. – Тахана йеари де ду. ТIейогIучу йеарехь малх гIушлакхе баьллачу хенахь, шу кхузара дIадевлла аьлла, суна хабар ца кхачахь, къамел кхечу кепара дан дезар ду сан. Марша Iойла шу!

 

Урх буйна а къевлина, дIаваха кечвелла Эмин-паша сацийра Маккхала.

– Собар, паша-эфенди. Хьуна атта ду оьгIазваха. Цкъа-делахь, хьайн махкахь ву хьо, шолгIа-делахь, хьайн паччахьо боккха ницкъ белла, хьайна луъург дан тхуна тIехецна ву хьо, кхозлагIа-делахь, xIapa нах ахь байъарх, дуьненахь а, эхартахь а хьоьга жоп доьхур дац. ХIунда аьлча ахь кхочушдийриг хьайн паччахьан омра ду. Ткъа тхойшиъ кху декъазчу наха векалвина шайн лаам хьоьга дIахьебан. Тхойшиннан бакъо йац, царах дага ца волуш, тхайггара жоп дала. Тхойшинна лаъане ца лаьа оцу мисканийн цIий Iенийла. Ткъа жимма а хьо собаре ца хилахь, гIуллакх оцу тIе долуш лаьтта. Оцу адамийн дегнаш дарделла, уьш карзахбаха цхьа цуьрг бахьана тоьур ду. Цхьа итт де хан лохьа тхуна ойла йан. ТIаккха тхо йа аш хьийсочу Диарбекирехьа дIагIур ду, йа кхузахь дала совцур ду, йа тхешан махка йуханехьа гIоьртур ду.

– Дика ду, – шегахь толам хаабелла, курра вистхилира Эмин-паша. – Итт де хан йу шуна. Со ладоьгIуш хир ву. Амма, хаалаш, ас ловзор дац шу, Нусрет-пашас йа ИсмаIал-пашас санна.

* * *

Пашин отряд йортахь кешнийн барзехула дIахьаьвзича, Чорин полка йуккъера схьаиккхина, говр хаьхкина Аьрзуна тIевеара Коьра.

– Ахь хIун до, Коьра? – хаьттира Аьрзус, шен къоначу йуьртахочун йоьхна, цIиййелла йуьхь а гина. – Айхьа дагалаьцнарг дитац ахь? МIаьчига хIун боху?

– Дада реза ву, – цIийвелира Коьра. – Кхетий хьо, Аьрзу, ас Iаьлбагна дош делла туркойн эскаре хIотта. Нагахь Шамхалбека соьга эпсарна дешийта дош лахь, со дIайазве ала воллу со. Тхан доьзалх тхо кхоъ бен ца дисна: сой, дадий, йоккхахйолу йиший. Ас царна беш пайда ма бац, кху туьпахь сецарх. Хьанна хаьа, эпсар хилла, вайн махка верзахь, сох пайда бала а мега вайн къомана…

– Иза-м дукха ма дийцинера вайша, Коьра, – доккха садаьккхира Аьрзус. – Кхин вуй хьоьца ваха лууш?

– Цхьа кIант ву. Бенара Габа…

– Делахь, хIун дийр ду хьуна, Коьра, МIаьчига дIахецча, хьо сецо бакъо йац сан. И Шамхалбек саьхьара стаг ву хьуна. Варлахь, цуьнга хьуо Iеха ма вайталахь. Эпсарийн дешар деша хьо охьахааваллац, цхьана а кехат тIе куьг ма таIаделахь. ДIагIо, Дала аьтто бойла хьан!

VIII корта. Даймахкара косташ

Некъ дика хуьлда хьан, хьомсара гIаргIули,

Накъостца, кIорнешца, цIа йоьду хьо гена,

Ахь стохка попа тIехь битинчу хьайн бена…

О. Туманян. МухIажарийн илли

1

Туьпа вогIу туркойн паша тIеэца кечамбеш, Болатна чIогIа лиира Коьрица цхьаьна Чорин дошлойн бIаьна йукъахIотта. Амма Болатан дин бацара. Туьпахь ха дан витина иза догдаьттIа вала-м ца велира. Цигахь-м цул баккхийниш а, гIарабевлла тIемалой а бисинера. Болатан ден ДанчIин санна, говраш йелларш а бара царна йуккъехь, цIера схьадогIуш цахилларш а бара. Шен дагахь дерг Аьрзуга дIа-м хаийтира цо. Ткъа вукхо, вела а велла, букъа тIе дайн куьг тоьхна, витира. Жима ву хьо, бохура. ХIетте а, баккхийчех а тоьхна, туьпахь ха дан витарх воккхавеш Iе.

Болатна шера гира туьпа вогIу туркойн паша. Болатна уллохула тIехбевлира уьш. Пашех цуьрриг цец ца велира Болат. Амма цунна тIаьхьабогIучу дошлошна йуккъехь Шахьбин кIант Хьабиб гича, шен декхар а дицделла, акъваьлла висира иза.

И дерриг а дицдира йухайирзина цунна уллохула тIехйаьллачу туркойн отрядна тIаьхьа ма-йоьлхху хецна говраш хаьхкина, тIаьхьаваханчу Коьрас а, бенойн Габас а. Шу стенга доьлху аьлла, царна тIаьхьа мохь туьйхира Болата, ткъа важа шиъ кхуьнан мохь хезехь а вацара.

Пхиппа цхьаьна хIуттуш, нийсачу магIаршца, назманашца туьпа бирзира нах. Массарел хьалха туьпа вуьйлира Аьрзуй, Маккхаллий. Цаьршинна ткъех гIулч тIаьхьавогIура Чорин пхибIе. Чорина тIаьхьавогIучу Iелин каралаьцна йара тIехь седа а, бутт а болуш баьццара байракх.

ЛаилахI, иллаллахI,

ЛаилахI, иллаллахI…

Цхьана эшшарехь дIасатехкара дошлойн кортош. Ца гора церан йаххьаш тIехь зуькар олучу хенахь хуьлу шовкъ. Дорцана Iаржйелла стигал санна, кхоьлина йара церан йаххьаш. Шайн дахарехь маса бIозза бирзинера и нах тIамера цIа. Толам боккхий а, шаьш оьший а боьрзура. Баккъал аьлча, тIамехь цхьа а ма ца тоьлу. Массо а оьшу-кх. Тоьлларш а, иэшнарш а – шиннахьарниш а оьшу. ТIамера цIа боьрзура шайн безачийн, гергарчийн, йуьртахойн декъий а дохьуш. И дийна бисинарш санна, могаш, самукъане, дуьне дезаш йуьртах бевллачу нехан декъий. Эвлахь да-нана, йижарий йа зудий, берашший, йа йезар йитина арабевллачу нехан декъий. Йа шаьш генахь долуш мостагIчо йагийна чим биначу йуьрта боьрзура. Шайн доьзалеххий, безачеххий хилларг цахааро кийра шийла ша а буьллий.

Кхана, йа цхьа сахьт даьлча а, шайх хIун хир ду а ца хууш.

ХIетте а, тахана санна, дегнаш духий ца хуьлура уьш. Дера-м хуьлура, лоьмаш санна, амма дегнаш духий ца хуьлура. ХIор а бекхам иэца лаарх вуьзна. Даймехкан лаьтто ницкъ лора царна. Тахана церан йурт йагийча, оцу овкъарш тIехь кхана йуха а цIенош дугIура цара. И йуькъа хьаннаш, сийна раьгIнаш, лекха лаьмнаш, и токхе латта церан ма дара. Церан дай ма бара уьш. Царна цигахь ма вевзара шайн мостагI а, доттагI а.

Оцу бехачу тIеман иэрчонел ирча ду-кх царна xIapa таханлера де. Муха ца хуьлу, цкъа кхалла рицкъа а доцуш, оцу туьпахь церан бераш, зударий, дай, наной, йижарий хилча. Цомгаш, Iожаллина эгна Iохкуш. ХIорш тIерабевллачу масех сахьтехь са дIадаьлларг маса хир ву.

Герз ду, дой ду тIамехь бахчабеллачу оцу бIаьхойн. ХIетте а, ницкъ бац-кх церан и шайна безарш а, шаьш а оцу мецачу Iожаллех кIелхьарбаха. Кхузара ког биллал а латта, цхьа а дитт дац цхьа да воцуш. Йа нехан, йа пачхьалкхан доцуш.

Гуобаьккхина гуонаха кхуьуш йалташ, стоьмаш бу, дажош даьхний ду, ткъа xIapa мисканаш мацалла хIаллакьхуьлу.

Бехк буй ткъа церан талорашдарх, Мушана тIелетарх, кхузара дIабовла цалаарх, даймахке сатийсарх?

Дошлошка, шайн-шайн доьзалшка дерзий, паргIат хила а аьлла, шайн тоьла йолчухьа дIавахара Аьрзуй, Маккхаллий.

Цкъа ойла хилира Болатан, царна тIаьхьа а вахана, туркойн пашица хилла къамел хаа. Цаьршиннан йаххьаш, стенна делахь а, цхьана хIуманна кхоьлина а гина, тIаккхахула хоттур ша аьлла, шайн буьне вахара иза.

КIордийнера Болатна xIapa туп. ТIуьна баннаш. Цецах санна, чекхдуьйлура догIа, мох, хьожа. Тап ша кешнашкара хьожа. Мел гIертарх а, ницкъ ца кхочура кхузахь цIано латто. Туьпана йуьстаха хьаштана ца эхалора бераш, цомгашниш. Довхачу дийнахь къаьсттина чIогIа хуьлура хьожа. Мезаша а лаьттара дойъуш. ДIасадовла, самукъадала меттиг бац. Дуьненах а догдаьккхина хIокху туьпо. Велла дIавалар гIоли хетара, амма ойла ца соцура цу тIехь а. ТаIIийна цхьанхьа лаьттах а воьллина, тIехь жима барз бийр бу, цхьа шо далале и шарлур бу, ткъа хьо каш доцуш вовр ву. Цул сов, цIа сатуьйсу. Даймахке.

Наний, йиший тоьлин бертехь карийра цунна. ДанчIин хечин когаш хадийна, уьш дерзош йоллура Хеда. Де довха доллушехь, доккхачу корталех хьаьрчина, цунна йуххехь Iара Човка.

– ХIорш Iалашйина девр дац вай, Болат, – элира Хедас, ша дечунна резавоцуш, цецваьлла, чам байна шега хьоьжу кIант гина. – Цхьацца тойеш, хьуна ца тойахь, кхин хир ала меттиг бац вайн.

Вист ца хуьлуш Човкина улло охьахиира Болат.

– Бота, – халла хезаш кхайкхира йиша.

Болат йишега хьаьжира.

– Ахь хIун боху, Човка?

– Оцу дIочеран стага селхана шайна моз а, бIараш а деана хьуьнхара, – дехьо лаьттачу цхьана майртуьпхочун тоьли тIе пIелг хьажийра цо. – Церан йоIехь ши бIар дара. Суна цхьаъ ца делира цо. Ахь вайна деача, ас а лур дац цунна…

Йиша шена тIе а озийна, цуьнан жима корта шен некха тIе а таIийна, коьртах куьг хьаькхира Болата. ТIаккха, меллаша и дIа а хилийна, гIеттина, тоьли чу вахара. Шен йукъах жима шаьлта а йихкина, цуьнан ворхI шо дуьзча, дас совгIатана йелла, чоин массо бустам хIоъ-молханах буьзна, мацах цкъа Аьрзус шена йелла, ша хьоме Iалашйен тапча доьхкарх йоьллина, кара жима чIижалг лаьцна, аравелира иза.

– Ахь хIун до, Болат? – кIентан кечваларо, даим санна, даг чу кхерам тесира нанна.

– Жимма хьаннашкахула кхарста со.

– Варийлахь, Болат, нехан рицкъанна тIе ма кховдалахь. Къоланна тIехь лаьцнарг хIокхара шайн кайаьллачохь, къайлавер вуйла хиъча, тухий, воьй, цхьанхьа дIатаIаво хьуна. Нехан хьарам хIума ца оьшу вайна. Нагахь хьуна хIума хилахь, тIаьхье йоцуш вов хьан да, пана йуьсу тхойша…

– Нана, со воккха ма хилла хIинца, – нанна синтембан гIоьртира Болат. – Ахь цабахарх, суна шадерг хаьа. Ма кхералахь, со гIоьртар вац хьуна нехан керта. Эцца хьаннашкахь йиса-йоьжна акха стом-хIума йуйла хьаьжна, вогIу. Суна са ма гатделахь.

– Варийлахь, хьожуш лелалахь, Болат. Оцу хьаннашкахь черчий хуьлу, боху…

Да велчахьана тахана дуьххьара велакъежира Болат:

– Ча хIун йу? Вайн лаьмнашкахь оха масане йийна иза! Кхузарчал дераниш!

– Иза вайн махкахь дара, Болат, ткъа xIapa нехан мохк бу. Кхузахь тешам боцуш ду дерриг а, – са ца туьйра ненан.

– Ма кхера, нана. Со могаш-дийна цIа воьрзур ву хьуна. Нагахь со хьелахь, са ма гатделахь!

Воккхачу стага санна, йезза гIулч йоккхуш, тоьланаш йуккъехула дIавоьдучу кIантана тIаьхьахьаьжжинчохь йисира Хеди.

– Везан Дела, ларвелахь иза! – Деле кхайкхира иза. – Айхьа суна цхьаъ бен ца велла кIант ларвелахь. Дац-кх сан и доцург хIума. Веза Дела, хьан кара, пайхамарийн, устазийн кара вели-кх ас иза. Шу орцах довлалаш цунна…

2

Оцу тIаьххьарчу баттахь, мацалло лоьллуш, дукха кхирстинера Болат кху ламанца. Амма цкъа а, тахана санна, некъ ца тайнера цунна.

Кху суьйранна дуьххьара дайделира цуьнан дог. Цхьа хаза там бора цунна йазйеллачу керарчу чIижалго а, четахь диэкачу ткъех бIаро а.

«Дела къинхетаме ву, – бохура цо шега. – Дала аьтто бийр бу сан наний, йиший хене йаккха. Ма хазахетар ду-кх Човкина…»

Да дIа а воьллина, цIа вирзинчул тIаьхьа цIеххьана, шена а хаалуш, хийцавелира Болат. ХIетталц цунна цкъа а дага ца догIура шайн доьзалан а, кхуза гулделлачу адамийн а кхолламан ойла йан. Дерригенан ойла йийриг а, гIайгIа бийриг а да вара. Ткъа Болат, шена хилча – йууш, ца хилча – меца туьпахулий, гондIарчу лаьмнашций кхерсташ лелара.

Дел тIаьхьа синтем байра цуьнан. ХIетталц цуьнан терго ца хиллера ненан коьртан къежйеллачу месийн, чуэгначу беснийн а, дуткъаделлачу логан а, букархьаьвзинчу букъан а. ХIетталц цуьнан терго ца хиллера жимачу йишин гIайгIанах буьзна тIехтуьйсучу Iаьржачу бIаьргийн. Да веллачул тIаьхьа делакъажар дицделлера Болатан балдашна. Ца йогура бIаьргаш чохь хьалхалера жималлин цIе а. ХIинца иза, воккханиг санна, вевзарг цомгаш хиллехь, цуьнга хьажа а воьдура, шен ницкъ кхочу гIo деш, вуон-дикане а хьийзара. Жима дог доруш, доттуш шегахь бала белахь а, нийсарошна тамана хабар дийца а гIертара.

Вуон дара Болатан гIуллакх. Цуьнан йуьртахой, гергарниш берриг бохург санна беллера. Биснарш башха хIокхуьнца гIуллакх дерш бацара. Хилча а, хIун дара иза. ХIор а воллура ца вала гIepташ. Нахана гIo дечохь вацара цхьа а. Ткъа Болат мел къонах хила гIертарх, ницкъ бац цуьнгахь шен наний, йиший кхаба. Нагахь оцу туркойн инарло, шен эскаршца йуха а веана, кхузара кхин а дIахьовсадахь, уьш муха гIyp бу? Цера-х йа говр а, йа cтy-ворда а дац. ГIелйелла кIелйисина йолуш лаьтта нана а, йиша а. Нагахь мухха кхаьчна а дIакхачахь, цигахь хIусамаш а муха йан йеза, латта лахь, иза дуьйш-дерзош муха лело деза? Нагахь наний, йиший лахь? Аьрзуй, Маккхаллий кхузахь мел ву-м, гIортор йара цуьнан. Нагахь цаьршинна цхьаъ хилахь?..

Малх дIабуза регIа тIе лахбелира. Деха IиндагIаш дийшинера ломан когашка. Ломара йуьрта охьалоьхкура бежанаш, уьстагIий, гезарий… ЦIехьа мел гIоьрти, Iоьхура уьш. Царна дуьхьал Iоьхура эсий, буьхьигаш, Iахарий. Оцу гIовгIано Болатна дагатесира генахь бисина даймохк, вина йурт…

Туркойн йуьртахула чекх ца вала, шена хьаьвзаш доллушехь, гатесна дIахьаьвзира Болат. Йуьртан лахахула бехачу берда кIелхула гIашлойн новкъа воьдучу цунна хьалха кIохцал-коьллийн боьлакна тIехула хьийза хьаргIанаш гира. Коьллаш йуккъе охьаховша лахлуш, йуха а, цхьана хIумано къахкайой, хIаваэ хьалаийъалуш, диттийн баххьаш тIе а хуьйшуш, охьахьуьйсура уьш.

Герга мел гIоьрти, жIаьлийн летар, йетта кIомсарш а хезира.

Болатна хаьара, меттигерчу бахархоша цомгаш хилла къен делла шайн бежана эвлал ара дIакхуссийла. Къей, цомгаш даларрий хьехочохь боцчу наха иштта дIакхоьссина карийнарг, шаьш тIекхаьчча, къайлаха туьпа а йохьий, йуура. И хьаргIанаш йайча, жIаьлеш лета хезча, хазахийтира Болатна. Хьанна хаьа, селхана-тахана дIакхоьссина бежана-газа хила а мегий иза-м. Дукха вуон хилаза делахь, кIедочуьра даьккхина жижиг хьур дара-кх. Наха санна, лачкъийна. Бода боллалц кхузахь а Iийна. Цхьанна гича, хаза хир дац. Хьенехан кIант къиэйелла хIуманаш йууш ву, бохур ду.

 

ЖIаьлийн гIовгIа дукха дера а хетта, элхьамчан гIаж йаьккхина, тапчин лергара молха а теллина, берда кIел хьалагIоьртира Болат. Иза гергакхаьчча, «пхьакх-пхьакх» аьлла айъайелла, хьуьнехьа дIайахара хьаргIанаш. Лахо ваьлча, Болатна гира шайн хIонсана гена-гена хиъна Iен масех жIаьла. Лаьттах, диттах гIаж тоьхна, царна хичаш йира Болата. ЖIаьлеш дегаза дIадевлира. Коьллаш дIаса а тоьттуш, масех гIулч хьалха тесначу Болатан дегIе зуз хьаьдира, коьрта тIера массо чо, кIохцал санна, ирахIоьттира. Цунна хьалха жIаьлеша даьстина керла даьккхина гомха каш дара. ХIетта жIаьлеша араийзийначу докъан кегий когаш а, тIейуьйхина чордачу машин эттIа хеча а, чоин тIемгаш а гира цунна.

Цкъа ойла хилира Болатан, гIад ма-дду ведда, оцу меттигна генавала. Амма бIаьрнегIар тухучу йукъана хийцайелира и ойла. Дагадаьхкира, шен да кхелхинчу буса нана ша чуьра араваккха гIоьртича, Аьрзус аьлла дешнаш: «Волийта ахь иза. Халонаш хIинца а хьалха йу». Дагадеара, мел йаккхий халонаш, мел инзаре эрчонаш тIеIиттайаларх, воха а, йухавала а йиш йоцуш ша ден метта висина доьзалан да хилар. ТIехула тIе, кIезиг гина цунна и декъий, ша хаъал хилчахьана? Цхьана-шина шарахь денна гина цунна байъинарш, ткъа кхуза кхаьчча цунна гинчу беллачийн хьесап дина а вер вац. Бакъду, цаьрга и хьожучу хенахь цкъа а ша ца хилла иза, хIинца санна. Шен дог ирахIотто гIертара иза. Ма кхера, ДанчIин Болат, тIегIо! Ишттачохь вада ма ца Iамийна хьо хьайн дас а, хьехамчас а – къеначу Залмас, майрачу Аьрзус, хьекъалечу Берсас, догдикачу Маккхала. Кхин а цхьа масех гIулч хьалха! Хьо-м нохчо вай, муьлххачу а кхерамна бIаьрнегIар ца тухуш дуьхьалхьажа, муьлххачу халонца къовса, муьлхха а бала лан кхоьллина! Хьан къоман ваша бен хуьлийла дац хьуна и шалхавахана Iуьллург. ЭттIа машин хеча, берзина когаш… ХIаъ, ву-кхий ткъа хьан декъаза ваша. Кхин мила хир вара иза?! Шайн белларш бердаш кIел, коьллашла дIа ма ца бухку кхузарчу наха.

Цхьа-ши гIулч гергагIоьртича, докъан йукъах дихкина шаьлтий, доьхкий гина, Болатан коьрте ирча ойла хьаьвзира. Сийсара дуьйна Соип ца гина цунна. Iуьйранна цаьргахьа вала ца кхиира Болат, Аьрзус тIедехкина гIуллакхаш кхочушдеш, хьаьдда лийлира. Делкъал тIаьхьа ша хьуьнха воьдуш церан тоьли чу хьаьжира xIapa. Чохь вацара. Соипан нана Iуьллура, пенехьа а йирзина. Иза самайаккха а ца лиъна, йитира кхуо. Даим а санна, кхалла хIума лаха хьаннашка вахана хир ву-кх, цхьанхьа тIенислур вац-те цунна дагахь, схьавеара…

Оцу ойланаша вагийна Болат, шен чIижалг охьа а хIоттийна, тасавелла докъана тIевеара. ЦIеша буьзначу коьртан туьтанна тIера йоьзачу мозийн дийнна вай гIеттира. Чов сийсайора кIайчу кегийчу нIаьнаша. Цхьаннах тера бу и кIесаркIаг. Коьртан тIехье цIеша йуьзна йелахь а, туьта кагйинехь а, Болатна девзира шен доттагIчун аматаш.

Болата, охьа а таьIна, меллаша корта аркъалсаттийча, цуьнга хьаьжира эрчоно бахьийна, къаьрзина, ангали санна хIиттина Соипан баккхий жуг1ар бIаьргаш…

Цара Iадийначу Болатан настарш, лехна, хорша хьаьдча санна, йегайора. Ирахь ца сацавелла, ша лаьттачу охьалахвелира иза.

Йуьхьанцара кхеравалар дIадаьлча, ша дан дезачун ойлане велира Болат. ДIавахьалур ву бохург хьехочохь а дацара. Кхайкхарх, кхача орца а дац. МаьркIажан хан хилла йаьллера. Иза туьпа кхачале, пхьуьйре хир йу. ХIара уллора дIаваьлча, жIаьлеша дакъа дуур ду, ткъа кхузахь буьйса йоккхуш Iайла дац. Хилча а, муха Iийр ву арахь? Мел ца кхера гIертахь а, дог Iац детталуш бен. Эххар а хедира цо хала сецо къонахалла. Бералла ца Iийра толам баккхаза. Логе хьалагIерта шад, къурдаш деш, йуханехьа чутеIийра цо, амма хецабеллачу цунна тIаьххье мохь белира кхуьнан кийрара.

– ХIокху нехан махка вай схьа ца даьхкинехь, лийр вацара хьо, – йукъ-йукъа шабарш дора Болата. – Дийна хир дара хьан да-нана, шун бераш, сан да… Вайша Бассан бердашца ловзуш лелаш хир вара… Мел вуон хьегахь а, цигахь мацалла лийр дацара вай, кIелхIитта тхов боцуш лелар дацара вай… Соип, мила ву-техьа, хьан цомгаш нана байлахь йуьтуш, хьо къиза вийнарг, ас муха эца-те цунах бекхам?.. Йа хIарра де хIуттур ду-те суна тIе а?.. Хьуна санна, тIекхача доттагI воцуш, мецачу жIаьлеша йожур йу-те сан голаш, Iаьржачу хьаргIанаша мийр бу-те сан бIаьргаш?..

Иштта хиъна Iерах гIуллакх хир дацара. Хьала а гIеттина, цкъа когаш, йуха белшаш ойъуш, Соип сехьа тIе а ваьккхина, куьйгашца латта арахьоькхуш, и гомха каш цIандира Болата. ТIаккха, йуьхь къилбехьа а йерзош, доттагI коша а виллина, гондIара лехьийначу бецийн хелигех, сийначу гIax цунна тIехула чкъор дина, латта тIехьаькхира. Барз бата а бина, тIе коьллаш тоьхна, ша паргIатваьлча бен ца хиира цунна буьйса тIекхаьчна йаьллийла. ХьаргIанаш къайлайевллера цхьанхьа буьйса такха. Амма жIаьлеша генадоццуш гуотуьйсура.

– Нагахь дийна дIа а кхачахь, валанза Iуьйренга а валахь, ас кхана, дIа а ваьхьна, хьайн дена улло дIавуллур ву-кх хьо, Соип…

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru