bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

3

Йеха йу Iаьнан буьйса. Амма МIаьчигна йолчу тIе а йахйелла xIapa, кIордадаллалц нахехь сакъоьруш Iийна, цIа веача а. Йахлур йацара, гай йузош бовха кхача а биъна, йовхачу хIусамехь кIедачу метта охьавуьжуш велахьара-м.

Йеха йу, къоьлла къикъйоьллачу кху лаппагIаш чохь ларйан воьлча.

Ламазна тосу кхакха товханна хьалха а баржийна, коьрта кIел кенийн гIайба а биллина, гоьла тIе ког баьккхина, аркъал Iуьллура МIаьчиг. КIур бина сийса товханара тIуьна гуьйриг. Шийла йу чохь. Хьерадаьлча санна, чугIерта дарц. Товханан шуьйрачу туьнкалгехула чу а иза доьлху. Попан аннех йиначу дечиган кIажаш тIехь лаьттачу боьжагйийллачу неIаран хераллашкахула чу а иза хьоькху. Зазус цига ца Iуттуш тIелхиг ца йисина, амма дарц чекхдуьйлу, йуьйцинчу кертах санна. ГIеххьачул саьнгарш хIиттина дуьхехь. Махо, тоттий, цкъа чудоуьйтуш, тIаккха, тIерадаккха санна, араийзадо коре тоьхна стеран ахкарг а. Цецах дича санна хетало xIapa цIа.

Когаш мере оьзна, горгамаш санна, горгделла Iохку бераш. Гуш бац церан кортош. СадоIу а ца хаало. Наггахь царах цхьамма ха хорцуш меттахъхьайо и тIелхигийн оьла. Жимма а йовхо лур йу аьлла хета хIума йерриг царна тIетоьхна. Хьалаайъича, чуьра кан цхьана агIор доьдий, ах дуьзначу галех тарло эттIа, тIехула мекха текхийча санна, калдадаьлла, летийна къарзделла, боьза доккха йургIа. Цунна тIехула тийсина кхекхий а, гезарийн цIокарчий а, даьсса галеш а.

Жимахдолу диъ бер-м хала а дацара, андадаьлла шиъ ду хала. Маре гIурриг хилла Зару. Коьра а ву пхийттара волуш. Берашца цхьаьна йургIанна кIел дижа ийзалучу цушинна къаьст-къаьстина мотт халла тарбина. Жимма адамашка терра, дегI хьулдина, арадала а лаьа цаьршинна. Хазаниг духуш, мерзаниг дууш сакъоьру хан йара, МIаьчиган таро йелахьара. Кхуьнан дас-нанас а, МIаьчига а, Зазус а иштта къен диъна дуьне. Изза дакъа берашка а кхаьчна.

Бераш-м – бераш дара. МIаьчиг ша а ву верзина. Цхьаъ бен йоцу цуьнан кетар а йу, берзалоша кадиттича санна, лилхина, коржамаш тийсина, чухулара кан маьI-маьIIехула тIе а дийлла. Миска, хебна, жимйелла иза. Муха ца хеба, дийнахь сарралц догIанехь, дарцехь хилча, буса сахиллац товхица хьала пенах кхаьзча.

МIаьчиган аьтто бацаре ца хьоьжу xIapa Iа а, неIалт хилла Iедал а. Керлачу йуьртдас ХортIас туркх ваийтина, кхана, нагахь дарц техь, Бена боьду некъ баккха ваха веза аьлла. Цига баханчех масех стаг когийн пIелгаш дахьийна веана. Шена а изза хиларна кхоьручу МIаьчига, шен неIармачаш дика йакъа а йина, йоькаш хьаькхна, йекъа лоьдгаш чу а йехкина, дIахIиттийна.

Боккха болх бу-кх цигахь итт де даккхар. Аьхка-м гIyp а вара цига. Iа, шело, дарц. Къаьсттина дукъаца буьрса хуьлу шело, дарц. Тоьхча чIу a гIyp боцуш, йуькъа хьун. Хьун хилла а ца Iай иза-м. Нана-даккхий пепнаш, пха. ЗIокберг тоьхча, суьйнаш туьйсуш, гIорийна латта. ДегIерчу ницкъах а, тIерачу тIелхигех а воккху оцу балхо. Итт дийнахь маьхза болх бан деза-кх, оьрсийн эскарш, хьаькамаш а мичча хенахь а, мичча метте а бахалурриг некъ боккхуш.

МIаьчигна уллохь кхерчан гIийлачу серлонехь тIаргIа къажбеш Ia Зазу а, йоккхахйолу йоI Зару а. Зазун коьртарчу Iаьржачу чухти кIелхьара схьакъиэда сира гиччош. Голаш мере а оьзна, царна тIе корта а биллина, букархьаьвзина йоллу иза. IаддаргIа санна, хьаьвзина цуьнан буткъа букъ. Хьалхе ду. Шовзткъа шо а кхачале, къанйелла. Цхьана хенахь Гати-Юьртахь уггар товш йоI йара иза. Къоьлло ца деш хIун ду!

Куьйгаэшара лоьхуш, схьа а дохуш, баьIаш йуьстахтуьйсу цаьршимма. Цхьа тамашийна, мара багош, кIон хьожа йогIу тIергIан тхонкех. Шело, мацалла, муьста хьожа.

ТIелхигийн барз меттахъхьайра. Ха харца гIоьртинчу йоIа меттахйехира нанас леррина гуонаха теIийна тIелхигаш. Йуьстаха Iуьллучу кIентан дерзина дегI гучуделира. ЧIораш санна, дуткъий пхьаьрсаш, хада доллу Iаьржа лаг. Букъа тIе летийча санна, тIехевшина пханарш, тур санна, ира букъан сурт. Хьала а гIеттина тIейаханчу Зарус дIахьулдира вешин дерзина дегI.

ШахьбигIаьргахь мовлад хиллачул тIаьхьа бутт сов хан йаьллера. Эвлара дикка нах бара Хонкара кхалха сацамбина. Амма МIаьчиган ойла йиллина керчара. Бус-буса хуьлура цуьнан Зазуца оцу гIуллакхах лаьцна къамел. Йа хIаъ а, йа хIан-хIа а ца олура зудчо. Хьайна луъург де олий, йоьлхий дIайоьдура. Амма тховса тIаьххьара а сацам тIеийцира МIаьчига. Къечу кхерчахь гIийла йогучу цIаре бIаьрг а бетташ. XIapa дуьне иштта къиза дуучул-м, цхьанхьахула дIа а вахана, йа адамашка терра ваха хаар, йа велла дIавалар гIоли йу. Хала-м, дера, ду винчу махках валар. Иштта а, вуьшта а, цунах воккхур ма ву иза, пусар доцуш. ТIаьхьа салтий а хIиттийна. Лаьллина хьалха а ваьккхина. Эзар шарахь кхузахь вахарх, чу са а догIур дац, муха догIу, дуьйш-дерзош кха а, керта догIуш хьайба а ца хилча. Уьш хир ду ала меттиг а буй ткъа? Кху Iедало догъэтIош вуьйр ву кхузахь-м. ХIан-xIa, Хонкара дIагIур ву иза. Кхин хIума дацахь а, латта-х лур дай цигахь. Лаьттаца ма ду цуьнан дахар. Латта ца хилча, велла ву иза. ЦIенош дар МIаьчигна дош ца хета. Уьш-м цо оцу тIаьххьарчу ткъа шарахь лаххара а ткъозза дина. Цхьана дийнахь паччахьан эскарша дагош, шолгIачу дийнахь оцу овкъарш тIехь цо йухахIиттош. Коьртаниг – бераш ду. Сибрех лахь, ша а кийрахь лийр ву иза, тIаьхьадуьсучу берех керстанаш хиларна кхоьруш. Ткъа бусалбанан махкахь валар-висар цунна болх ца хета.

НеIаран тайпа, гIорийна тата а доккхуш, йеллайелира. Шело, дарц дохьуш чувелира Коьра. Коьртара схьабаьккхина кхакханан месала куй а бегийна, чои тIера ло а дожийна, пенах тоьхначу дечган хьостамах уьш хьала а оьхкина, мачаш дIайаха охьахиира иза.

– Хьо мичахь вара, кIант? – хаьттира дас лехаме.

– IелагIаьргахь.

– Муьлш дара шу цигахь?

– Кегийраш. Берса а веана цига.

– Мичара ву шуьца волу кIант?

– Симсарара. Олдаман кIант Iаьлбаг. ДIайаханчу аьхка ломахь цхьаьна дара тхо.

ХIаъ, МIаьчигна хезнера и кIант вуьйцу. Аьрзус вийцира иза. Хене хьаьжна воцуш, хьекъале, хьуьнаре кIант ву, бохура.

Мачаш дIа а йаьхна паргIатваьлла Коьра, охьа а ца вуьжуш, берзинчу когашца чухула дIасахьийзара. МIаьчигна хаьара, иза цхьаъ ала лууш, амма ца хIуттуш лелийла.

– Дада, кхана-лама берийн шолгIа тоба йоьду лаьмнашка, – элира цо эххар а.

Дисинарг МIаьчигна кхеташ дара.

– ТIаккха?

– Сан нийсархой тIамна Iемаш бу, ткъа со, къуьрдиг санна, кху цIа а хиъна Iа…

– ТIаккха?

КIантана хаалора ден аз тIаьхь-тIаьхьа оьгIазе стамлуш.

– Цхьа меттиг тIехIоттахь, со массарна а тIехьа хир ву…

– ТIехьа ду вай-м даим а, – хецавелира МIаьчиг. – Къен стаг даим а ву цIоганехь. Хьуна иза хIинцца хиъна? Хьо цигахь вуйла а хууш, лергаш таIадай, IадъIе. Нах-м шайн говрашкахь гIyp бара, ткъа хьо гIаш-гIуркхахь ваха воллура цига?

Нанас бIаьцаш йеш а гина, цкъа дIатийра Коьра, амма ша долийнарг йа чекхдаккха, йа догдиллина саца лиъна, тIаьххьара а дехар дира цо:

– Iелега говр йехахьа суна…

Шога жоп делла, кIентан дог дохо а ца лиъна, вист ца хуьлуш сецира да. «Ванах, боккха болх бу-кх xIapa, пхийттара ваьлча а ца кхета-кх xIapa соьгарчу хьолах», – оьгIазъоьхура иза. Амма кIант човхо ца лаьара.

– Цо-м, дера, шега йехча, говр лур ма йара, кIант. Амма йеха бакъахьа ца хета-кх, – элира дас, аз лахдина. – Кху аьхка а йигийтина цо хьоьга. ГIиллакхе дац йух-йуха а йехар. ТIехула тIе, хьо цигашха дIавохуьйтийла а дац вайн. Вайгарчу хьолах хIунда ца кхета хьо? Хьо-х жима а вац, Коьра. ТIехаа говр, божа шуьстий-м хьехор бацара ас, шуна йаа сискал, догIмаш хьулдан тIелхигаш ца леталуш, хала воллучу сан ойла йан а ца йо ахь? Ца го хьуна, тховса пIерасканан буса Айзас сагIина деанчу ахьаран канах йина чорпа а мелла, охьадийшина и бераш? Узуш бежана дац вайн, дожа хьайба дац. Тховса даго дечиг а гихь деана ас. Ткъа ахь лома вахар хьехадо.

Чохь тийналла хIоьттира. ТIелхигаш кIел Iуьллучу деа берах цхьамма, мара уьйзуш, хур-тIур дора. «Хушшехь» сийсара кхерчара тIеда гуьйриг а. Хьерадаьлча санна, массо маьIIехула чугIертара дарц. Дега ала хIума дацара Коьрин. Иза бакълоьра. Коьрина шена а дика хаьара шайн боцу аьтто. Готанна йетт, старгIий доьжна, хала аьхначу ирзо тIера хIумма а ца йелира царна. Йокъано дагийра йалташ. Йетт, старгIий ду церан. Йетт боьхкича, берашна хинболчу шурин Iайгах хеда. СтаргIа йоьхкича, йужучу хIумане догдохийла дIайолу. Цхьаццангара йалта кхоьхьуш, декхарийла боьлла уьш. Ткъа тахана карахь йалтин цинц а бац. Керла йалта тIедан хьовха, бIаьсте йала а бу ши бутт…

– ТIехула тIе, кIант, керстанах xIapa мохк маьршабоккхур бу вай бохуш, хабарш йуьйцуш, и герзаш меттахъхьедечу кегийрхошна улло а ма гIерта. Бус-буса цхьаццанхьа тобанашка а гуллуш, аш йен хьаьжар-гуьжарш цуьрриг товш вац со. И дерриг эрна ду. БIе шо кхочуш доллу вай гIазкхех лиэта. Сан денда МаIаш а, сан да Маьнтак а велла церан карах. Со а къанвелла оцу тIамехь. Вай тоьлучуьра даьлла xIapa.

ЦIенкъахь берзина когаш шелбелла Коьра, шена кIел цхьа гуьйриг оьзна, когаш кхерча а берзийна, охьахиира. ЧIогIа тата доккхуш къевкъира чуьйраш. Хеталора, йоьхьаш, вовшийн худа гIерташ, хьерчаш санна.

Коьрас бIаьрг туьйхира ден а, ненан а, йишин а йаххьашка. Холбатахь йаьллича санна, йуьхьа тIехь бос бац шина зудчун. Шовзткъа шо долу нана а, вуьрхIитта шо долу йоI а цхьатерра къена хета. Хебарша аьхна ден мокха йуьхь а. Сирйелла маж. Сийна пхенаш тIедевлла, гIарладоьлла куьйгаш. Хебна белшаш, царна чуийзина, дацделла лаг. Биллина тIехь лаьттачу безачу балано саттийна букъ. БIаьргаш чохь дохк йу. Цара догдиллина дуьненах…

Церан терго тховса дуьххьара ца йинера Коьрас. Дукха хан йара цо пхийттара валаре сатуьйсу. Стага стагаца санна, деца къамел дан шена бакъо йаларе сатуьйсу. ХIинца тIекхаьчна и хан.

– Дада, сан пхийтта шо кхочуш доллу хIинца, – долийра цо, къонахчо санна, паргIат, сих ца луш. – Тахана доьзалехь хьан гIоьнча ву со, кхана, хьол тIаьхьа а висина, доьзалан да хила деза а мега. Хьо воккха хилла. TIe, могаш а вац. Суна кIордийна xIapa мацалла, xIapa къоьлла. Сан дог деша, мацалла мажбелла, берзина сайн йижарий, вежарий гича. Тхуна дан гIo доцуш, кийрахь йоьлхуш, йакъайелла чекхйолуш лаьтта нана. ГIайгIанаша кIелвитина хьо а. ХIинццалц аш со кхаьбна, хIинца шу кхаба рaгI соьгахь йу.

 

Ден йуьхь йекхайелира кIентан тIаьххьара дешнаш хезча. Тховса ши сацам бинера цо: Хонкара кхалха а, Коьра бIаьсте йаллалц йолах ХортIагIарна балха вахийта а. И ший а сацам доьзале дIакхайкхо а безаш, амма ца хIуттуш Iара иза. Кхалхар-м цара доьзалехь дукха хьехийна гIуллакх дара, иза-м хала а ца хетара цунна, тIаьххьара хIаъ аьлла чекхдаккха. Халаниг важа дара. Шен кIант нахана йалхо хIоттор. Иза дара цуьнан дайшна дуьйцу а цахезнарг. МIаьчигна шена гIенах а цагинарг. Ша санначу боьршачу стагана ваца шен кIант хIоттор. Амма кху къизачу дуьнено тIе ца хIоттош, ца гойтуш хIун ду?

Зударий, шайн тIаргIа а къажбеш, тапъаьлла Iара, шина боьршачу стеган къамеле ла а доьгIуш.

– ХIаъ, Коьра, вайн доьзалан гIортор ца хилча йер йац хьох, – долийра дас и хала къамел. – Мацалла дала йиш йац вайн. ХIуъу таро йина а, бIаьстенга довла деза. ТIаккха кхелхина нахаца Хонкара гIyp ду вай…

Коьра, вагийча санна, хьалаиккхира. ШагатIулгаш хилча санна, тIаргIа дIасаоззийначохь лацаделла дисира зударийн куьйгаш. ГIенах цхьана иэрчоно кхерийначу йоьIан, нене кхойкхуш, Iадийна мохь белира тIелхигаш кIел. Зару цунна тIехьаьдира.

– Вайшиннах цхьамма ХортIагIарна йолах болх бан беза. Баттахь жа дажийча, мазала хьаьжкIаш ло цо.

Коьрин оьгIазаллех богу бIаьргаш цIеххьана кхоьлира. Беран бос богу ховха балдаш, чуьра са дIадаьлча санна, кIайделира. Цхьана безачу мохьо таIийча санна, настарш йегош, охьаоьхура дегI. Иза йуха а гоьрга тIе охьалахвелира.

ХортIагIарна же хIоттар! ХIан-хIа, цо иза дийр дац, хIокху дуьненан дерриг хьал шена схьадаларх. Цуьнан шина кIантана хьалхара. ТIехула тIе, Ровза…

Оцу минотехь Коьрина хьалхахIоьттира къайлаха йезачун хьомсара сурт. Дуткъа, хIинцца хецаделла, меженаш йузайоьлла дегI. ГIургIезан санна, дехо кIайн лаг. Цкъа а Коьрега ма-дарра сурт ца хIоттало оцу тамашийна, цхьа шатайпачу куьце йуьхьан. Урамехь дуьхьалкхетча, Коьра шега хьаьжча, цIийлора цуьнан ховха беснеш. Къоьзан-Iам санна, сийна, цIена, кIорга цуьнан ши бIаьрг дIахьулбора дуткъачу Iаьржачу цIоцкъамаша. Иза тIехйаьлча, саца а соций, къайлаха цунна тIаьхьахьоьжура Коьра. Дайн болар, букъ буьзна стаммий, йеха, дешин бос беттало кIажарш. Дукха хан йу Коьрина иза къайлаха йеза. Вовшашка дош аьлла дист ца хиллехь а, хаьара Ровзина мелла а кхуьнан шега безам буйла. Амма Коьрина кхин а хаьара. Шен къоьллиний, церан хьоланий йуккъехь лаьтташ ворхI лам, исс корта болу саьрмак а хилар. ХIетте а, цо дог ца дуьллура шен безамах. ХIинца иза пхийттара волуш воллу. ЦхьакIеззиг хан йаьлча, миччахьа дIахIотта бакъо йолуш, вуьззина стаг хир ву цунах. И санна къоьлло хьийзораш Теркал дехьа, гIалмакхойн аренашка а къолах боьлху. Бакъду, шайн доьзална напха даккхар бен, кхин хьал-м ца лоьху цига боьлхучара. Наггахь накъостийн декъий а, догIмаш тIехь луьра чевнаш а йохьу наха цигара. Цуьнан-м ойла ца йора Коьрас. Цкъа дуьсур долуш дуьне ду xIapa. Тховса ду цара илли аьлча:

Вай, делча, денлур дац,

Къанделча, къонлур дац.

Вай динчу наноша

Вай йуха дийра дац.

Жимачохь цабиънарг

Безам вайн мерза бац,

Ша висча лахьти чохь

И биъна стаг ма вац…

Хьанна хаьа, накъосташна коьрте а хIоьттина вахча, паччахьан почта йа гIалин банк йаккха аьтто нисбала а там бу цуьнан. Оцу цхьана дийнахь цуьнан аьтто бала тарло и ворхI лам хадо, оцу саьрмакан исс корта божо. ТIаккха цо Ровзе майрра дIахьебийр бу ша даг чохь оццул лерина къайлехь латто безам! Амма Коьрас ша йа да, ХортIагIеран хьовха, хьеннан а чухIоьттича, цо Ровзех догдилла деза. Коьрин тIаьхьенна а тIехь йуьсур йу и цIе…

Йеккъачу цхьана Зазуна хаьара вешин къайле. Цо а сатуьйсура, вашас зуда а йалийна, ша ловзарга хьийзаре. Мел Ровзега догдохуьйла йацахь а, тIекхаьчча, Зазус хьестара иза. Вешин безам. Вешин самукъе. Вешин дуьне.

– Дада, ахь дуьйцург хиндоцург ду! – хезира МIаьчигна Зарун сацаме дешнаш. – Вай мацалла лийр делахь а, йа хьо а, йа Коьра а нахана чухIуттур вац! ХортIел хьо а ца оьшу, Яьлбикел сан нана а ца оьшу. Сан вешел куьце, майра кIант кху йуьртахь вац. Сайн нийсаршца йахь йу сан.

Да цуьрриг оьгIаз ца вахара. Ах оьзна дIа а йайъина, ша охьайиллина лоьдгах хьарчийна цигаьрка бага а йоьллина, хаьштигца и лата а йина, боккха баьккхина кIур чутуьйхира цо.

– Къонахалле, майралле даьккхича-м, вайл ца тоьлура уьш, йоI. Хьоло толийна-кх. Цунна къера ца хилча ца довлу вай.

– Кхалхар саций ахь? – тIаьххьара а йистхилира Зазу, ша къажбен тIаргIа охьа а биллина, гулйина латтийна настарш садаIа дIа а хоьцуш.

– Нах боьлхуш хилча, ца дахча довлий вай?

– Берриш-х ца боьлхий цига.

– ГIуллакх галдаьлларш боьлху.

– Доккха хIума ду-кх махкахдовлар… – йелхар иккхира Зазун.

МIаьчига аз айъира:

– ЦIийзар диталаш. Дукха дийцина вай. Бус-буса дуьйцуш. Тоьур ду. Мичча девлла а, рицкъа ца лехча ца довлу. Со-суо а вац нехан йолахо хила реза. Амма кхин некъ бац. Йа и дан деза, йа къола дан деза, йа caгIa деха деза. ТIаьххьарчу шиннал гIоли го хьалхарниг.

Коьра, шен берзина когаш цIенкъа а бетташ, чухула дIасахьаьвзира.

– ХортIагIара боьлхий цига? – хаьттира цо дега, цунна уллохь соцунгIа а хилла.

– Мича?

– Хонкара.

– Ца боьлху, дера-кх.

– ТовсолтагIар, ИбрахIим-ХьаьжагIар, кхин а и тайпа нах?

– Царна кхузахь а дац вуон.

– Вай хIунда доьлху ткъа?

– Вайн аьтто бац, кIант. Уьш, шайн теттина мохк а, даьхний а долуш бехаш нах бу, вай пекъаршна гатделла кхузахь xIapa дуьне.

– Царна мичара даьлла и хьал?

МIаьчига, жоп ца луш, доккха садаьккхира. Царна и хьал шаьш хьегначу къих ца IаьIнийла хаар дара цуьнан садуург. IаьIIа-кх, нах бухкуш, шаьш духкуш, гIийланиг хьошуш, хIаллаквеш. Шайн ден марчо а дуур дара цара.

– ХIан-хIа, дада, со реза а волуш гIyp дац вай Хонкара. Амма ахь бохург ца дича-м ца довлу тхо. ГIалгIазкхий, паччахьна йохкайелла вайнехан писашший кхузахь ког хецна Iайтархьама, со винчу махках вала веза-кх? Цхьаболчара, Сибрех дохуьйту, боху, вукхара Хонкара кхелха, боху. Цул цхьаннахьа а ца дахча? Кху вешан махкахь летта делча?

– КIант, и Аьрзу а, Маккхал а, Берса а дика къонахий а, гIийлачунна дика вежарий а бу. Амма церан хьехамаша нахана зулам дийр ду. Цаьрга ла ма дегIа.

– Уьш бакъ ма лоь! – ша тешарг лардан хIоьттира Коьра. – Сибрех дахийтахь а, лийр ду вай, Хонкара дахча а, лийр ду. Мацалла, махкаллаш дина! Со хIунда волу сайн махкара дIа? Кхузахь вай новкъа дерг дIавала! Цулла а, вайгара дIабаьккхина мохк схьало! ТIаккха хир ма йац xIapa къоьлла а, мацалла а! Йа гIазкхашца дов а. ХIан-хIа, тхол кегий долуш герз караэцна аш! Оцу къийсамо къандина шу! Шу йуьстахдовла. ХIинца paгI тхоьгахь йу! Къоначу чкъурехь. Шун некъ оха дIахьур бу.

«Гора, Аьрзу, йаI! ХIун дан гIерта-те шу?! – ойла йора МIаьчига. – ХIара къона тIаьхье а хIаллакйан дохку-те шу?»

– ХIаъ, тхо дIадевр дац тхешан махкара, – карзахвуьйлура Коьра. – Оха цIанбийр бу гаурех xIapa. Йа, летта, лийр ду! Ткъа рицкъа ас вайна оьшуьйтур дац! Со охьенца къолах гIyp ву!

– ХIейт, гора, кIант, йаI! – гIадвахана, велавелира МIаьчиг. Амма оцу веларца дозадоцуш йоккха гIайгIа гора. – Цхьана хенахь тхешан дега ас дийцинарг ду ахь хIинца соьга дуьйцург! Шен дега цо дина хила а тарло изза къамел! ХIан-хIа, Коьра, кегий ду шу хIинца а. Селхана йина хьозанан кIорнеш. ТIемаш-м хьехор а дацара вай, атталла тхинчо а божаза. Вайна кхузахь маршо хир йу бохург дIадаьлла. Дукха бу керстанаш. XIapa дуьне дуьзна. Байъарх уьш совца а ца белла, диси вай. Вайнехан масех тIаьхье лиэтта царах. И ахь боххург дуьйцуш, гIуьттура царна дуьхьалйийлла xIop а къона тIаьхье. Тхол баккхийниш тхоьга кхойкхура шайн метта хIиттаре. Уьш тешара толамах. ХIетахь мостагI вайн махкахь вацара. ХIетахь цунна дуьхьало йан хIинцачул атта дара. ХIинца оха, даккхийчара, догдиллина толамах. Зингат санна, вайн махка ваьржина мостагI. ЦIезо санна, талийна, хIаллакбина вайн мохк. Вайна йукъа гIалгIазкхийн йарташ йехкина. Церан гIап, эскарш доцуш маьIиг йац. Лаг лаьцна вайн. Денна тIекъуьйлу иза. Садукъош лаьтта. Кхалха гуонна йукъа доьхкина. Шу карзахдохуш АьрзугIар бу. Цаьрга ла ма дегIа. Вешан устазо бохург дер вай. Дала цайелларг маршо йац. Вешан болх Даллий, элчанний, устазний тIе а биллина, бIаьста нахаца Хонкара кхелхар ду вай. Хьанна хаьа, цигахь гIуллакх вуон ца хила а мегий. Кхузахьчул хала-х хир даций. Мухха делахь а, вайца цхьана динехь бусалбанаш ма бу уьш. Бусалба паччахь ву цигахь. Оцу тIехь сацам чекхболуьйтур вай…

Дас биначу сацамо харцийра Коьрас йоьгIна дашо гIала.

VII корта. Гулам

Даймохк ларбеш гайтина майралла – къонахалла йу, разбойникан майралла – зуламалла ду.

А. А. Бестужев-Марлинский

1

Областан эскарийн командующин Лорис-Меликовн омрица Нохчмахка веана полковник Муравьев а, цуьнца кхин цхьа керла эпсар а валош, тахана Гати-Юьрта кхаьчнера Ичкерински округан начальник полковник Головаченко.

Керлачу йуьртдас ХортIас доккха шун хIоттийра хьешашна. Ишттачу меттигна цо Соьлжа-ГIалара эцна чохь сурт го Iаьржа лак хьаькхна йоккха стол, тIе кIайн шаршо а йаржийна, даарех, маларех йоьттина йара. Хьеший стоьла гуонаха ховшуш, чукхечира цара шайна талмажаллина кхайкхина ГIачалкхан дукъаца йолчу йартийн наиб милицин майор Шамурзин Бота.

– Йаалаш, хьеший, йаалаш! – гуонаха хьийзара ХортIа. – Шайна оьшург алалаш. Хьозанан шура а карор йу вайна! Хьан оьздалла, хьо йуьстара кхийдаш ма хетало? ХIара чагIар доттий ас хьуна?

Сатталц диъна, мелла бевлча, хIусамдена баркалла а аьлла, Ботина тIевирзира Муравьев:

– Господин майор, хьо дукха кIадвелла вацахь, хIусамдеца аравалий, йуьртара нах майдана гулбехьа.

Бота, шозлагIа ца олуьйтуш, ХортIица цхьаьна аравелира.

– Иза хIун нохчо ву, господин полковник? – хаьттира дукха хан йоццуш Нохчийчу веанчу штаба-капитано фон Клингера, Ботин букъ неIарх ма-тилли. – Хабар, лелар а кадрови эпсарчух тера ду цуьнан, тIе, оьрсийн мотт а хаьа шера.

Полковник Муравьев велавелира.

– Иштта шера хаьа цунна французски а, польски а меттанаш. Гвардейски эпсар ву иза. Нийсса аьлча, хилла-кх.

Фон Клингер цецваьлла ладоьгIна висира.

– Хьуна ца хезна цуьнан истори? – цул а цецваьлла хаьттира Головаченкос.

– ХIан-хIа. Со керла ма ву кхузахь.

– О, тамашийна стаг ву Шамурзаев!

– Полковник, ахь йийцахьа цу майоран истори. Дукха йийцина, кIордийна суна.

– Дийцахьа, господин полковник!

– Дика ду. Мукъа цаIap хир! Цхьацца ца дийцахь, кху Iуьргахь сагатделла а лийр ву. Амма цкъа хьалха къамкъарг тIунйан йеза.

Фон Клингера, каде хьалаиккхина, чагIарх шайн кхо стака дуьзира.

– ХIаъ, тамашийна йу Шамурзаевн истори, – волавелира Муравьев, дассаделла шен стака охьа а хIоттийна, мекхех куьг а хьаькхна. – Тохара, Алексей Петровичан заманахь, вайн эскарша цхьа йурт дIалоцуш цигара берриш бахархой хIаллакьхилира, исс шо кхаьчна цхьа кIант воцург. Иза а карийнера чов хилла Iуьллуш. Салташа шайца гIопе веана иза, чов йирзича, хIетахь корпусни командир хиллачу баронан Розенан вашас шен доьзале дIавигийтира. XIapa нохчий, шаьш акха бехаш белахь а, хIуманах дика кхуьуш, хьекъале адамаш ду.

– Хезна суна, иштта вигначу шина кIантах тIаьхьа Россехь цIейаххана ши стаг хилла бохуш, – мелла а шен хаарш гайта лиъна, йукъавуьйлира фон Клингер. – ШийтталгIачу шеран тIамехь гIараваьлла майра инарла Александр Чеченский а, художник-академик Петр Захаров а.

– Розенан доьзалехь лаккхара европейски образовани а, кхетам а болуш кхиира xIapa Бота а. Боккхачу кхиамца эскаран школа чекх а йаьккхина, башха эпсар хилира цунах. Цкъа цхьанхьа Бота гинчу воккхачу эло Константина шен свите вийхира иза Розене. ХIетахь Польски паччахьаллехь ша наместник волуш. Паччахьан вешин дехар кхочушдан дийзира баронан. Кестта воккхачу элан уггар гергарчех цхьаъ хилира Ботех. И майра, хьекъале, куьце эпсар даггара везавеллачу наместнико, цунна зуда йало дагахь, шена иза керста дине верза лаар хьахийра цуьнга. Амма Ботас, баркалле хьовзош, ша цу балхана резавацар хаийтира. Берахь ша ваьккхинчу махке сатуьйсучу Ботас Кавказехь гIуллакхдечу эскарехь хила шена лаар хаийтира говза далийначу дехарца.

– Майра, оьзда дехар ду иза-м! – бIаьрг буьзна вистхилира фон Клингер. – Иштта доьналла долуш нах кIезиг нисло.

– Константина кхочушдира Ботин дехар, – дуьйцура Муравьевс. – Кхуза схьавеана иза Таьшкичу-гIопехь гIуллакх деш сецира. ХIетта йукъаваьллачу Шемалан ДегIастанахь цкъа кхиам, йуха иэшам хуьлучу шерашкахь дара иза. ДегIастанахь вохийна имам ведда Нохчмахка вар а, кхузахь шовзткъалгIачу шарахь хилла гIаттам а, вайн йуьхьанцара иэшамаш а хьуна хууш хир бу. Ломахь хуьлучу гIуллакхашка леррина хьоьжу Бота вайн эскарийн йуьхьанцарчу иэшамех, нохчийн кхиамех Iехавелира. Шемал тоьлур вуй, тIаккха ломахь феодальни пачхьалкх кхоллалур йуй, хьалххе цигахьа ваьлларг оцу пачхьалкхехь имамал дукха лахахь хир ваций моттаделла Бота, вайн администрацица дов а даьккхина, ведда нохчашна тIе вахара.

 

– И шен куралла бахьана долуш, цхьаьнцце тар а ца велла, – тIедуьзира Головаченкос, схьаэцна котаман гIoгI саттийна каг а деш.

– Имамо воккхавеш тIеийцира Бота, – биэндоцуш дуьйцура Муравьевс, ша хьалалаьцначу хрусталан стаканах чекх а хьоьжуш. – Муха ца оьцу, оьрсийн эскарийн тIеман говзалла, кхузара вайн эскарш, инарлаш, шен пхи пIелг санна, шера бевза эпсар. Ботех наиб а, шен разведкин начальник а вира имамо. Дукха хан йалале цуьнан кара велира Нохчийчуьра масех наиб. Царна йуккъехь вара гIараваьлла мичкахойн Эски а. Шен мах хуу Бота сихха куравелира. Шен куьйгалли кIел болу наибаш хьийзо а, Шемал ца лера а вуьйлира. Иза а кIезиг хийтира цунна. Хьолана сутарчу цо муьлххачу а некъаца стамдора шен хьал. Наибашлахь уггар майра а, хьекъале волчу цуьнан мостагIий де дийне мел дели алсамбуьйлура. Хаддаза имамна тIеоьхура Ботина ден аьрзнаш. МагIарчу нахера хьовха, наибашкара а. Царна йуккъехь интригаш йолайелира. Оцу интригашкахь дакъалоцуш вара Эски а. ДIателлича, Ботина ден аьрзнаш бакъ карийначу Шемалан иза коьртачу наибан декхарх мукъаваккха дийзира. Ботас чIогIа лечкъадора шен имаме а, мостагIашка а, наибашка а цабезам гIаттар. Аьтто лоьхура бекхам иэца. ТIехула тIе, Шемалан гIуллакх а йуханехьа дирзира. Кавказски Линера берриг тIеман ницкъ Нохчийчу берзийначу вайн эскарша хаддаза толамаш бохура. Ботина гира Нохчийчоьнан оьмар йеха цахилар. Хиира, цунах хаьдча, Шемал дIаволийла. 1851-чу шарахь вайн командованис Нохчийчу йоккха экспедици кечйеш йуйла а хиъна, Шемал цунна дуьхьал ницкъ вовшахтоха вуьйлира. Нохчийн эскаршна гIоьнна Дагестанера масех эзар стаг гулве аьлла, омра а дина, царна сурсаташ иэцар тIедуьллуш, Ботига дуккха а дато ахча делира имама. Оццул ахча каракхаьчча, цунах йалта иэцаран меттана, оцу ахчанца ведда веана, тешамций, бакъдолчуьнций Барятинскийна гIуллакх дан хIоьттира иза.

– Ткъа фельдмаршало хазахеташ тIеэцна хир ву иза? – цецвуьйлура фон Клингер.

– Муха ца оьцу! – велавелира Головаченко. – Маракхетта, коьртах куьг а хьаькхна, хьаьстира. Хилларш дагалоьцучун бIаьрг болийла аьлла.

– Эрна витина, эрна, – корта лестабора штабс-капитано. – Ишта нах тIаьхьа бале ма бовлу.

– ХIан-хIа, хьо гIалатвуьйлу, капитан, – дуьхьало йира Муравьевс. – Бота санна хьекъале, майра нах пайдехь хуьлу тIеман заманахь мостагIчунна дуьхьал. Колонешкахь машаре заманахь а оьшу. Фельдмаршал, хьаха, вара хьекъале. Оцу дийнахь дуьйна Бота шена уллора дIа ца ваьккхира цо. Нохчийчоь йохочу 1852-чу шарахь Бота шена уллохь ца хиллехь, вайн кхиамашка догдохуьйла йацар чIагIдора Барятинскийс. Доцца аьлча, оцу дийнахь дуьйна вайн инарлийн карахь дийна къилба, топографически карта дара Бота. Некъаш гойтуш иза хьалха ца хиллехь, къемата а кхачалун доцчу йукъаршка дуьгура цо вайн эскарш, зиэн-зулам ца хуьлуьйтуш.

– Цул сов, господин капитан, вайгахьа волуш цо шеца йалийра хьалха Шемална гIуллакх деш хилла йерриг а разведкин аппарат, – тIетуьйхира Головаченкос.

– Шш-ш! ЧувогIуш ву иза…

Оцу минотехь ХортIа тIаьхьа а волуш цIа чу ваьллачу Ботас хаам бира, йуьртара берриг боьрша нах маьждиган майдана гулбелла лаьтта аьлла.

– Баркалла хьуна, господин майор, – элира Муравьевс. – Охьахаал, арадовлале, цхьацца кад дIамала вай.

Капитан даррехь Боте хьежа хIоьттира.

– Шемалан уггар толамечу шерашкахь хьо цуьнан аьтту куьг хилла лаьттина бохуш, хезна суна. Бакъдуй иза? – хаьттира цо.

Капитанан хаттарехь цавашар хетаделла Бота, корта курра aгIop а саттийна, буьрса цунна тIевогIавелира. Амма шена хетаделларг цуьнан бIаьргаш чохь ца тосаделча, бос хийцира.

– ХIаъ, иза айъинчех цхьаъ ву со а.

– Амма, господин майор, суна хазарехь, Шемал воккха полководец а, хьекъале баьчча а хилла. Ишттачу стеган ницкъ кхочур бара аьлла, хета суна, кхечара гIo ца дича а, ша-шен лакхаваккха?

Ботас, вела а къежна, белшаш саттийра.

– Шемал хьекъале, майра, Iелам а стаг вара. Амма, хьуна вуьйцу ма-хаззара, тIеман стратег вацара. 1812-чу шарахь хиллачу тIамехь оьрсийн эскарша баьхначу толамашкахь Александр Хьалхарчун мел дакъа хилла, хаьий хьуна? Изза вара-кх Шемал хIокху ламанхоша вайна дуьхьал биначу тIамехь.

– Со кхетац ахь аьллачух.

– Кху Нохчийчохь оьрсийн эскаршна тIехь баьхначу толамашкахь цхьа а тайпа дакъа дац цуьнан.

– Собар цкъа…

– ХIаъ, Шемала цхьа а толам ца баьккхина. Цхьана а тIамна тIехь цо куьйгалла цадарна. Амма Шемал ша хьекъале администратор а, говза идеолог а вара, ламанан халкъашлахь доккха сий долуш. Цундела халкъаш, Делах санна, тешара цунах.

– Мила вара ткъа кхузахь и тIеман толамаш баьхнарг? Хьо-м вацара?

– Цуьнан наибаш. Цаьрца цхьаьна со а.

– ХIета, Шемалан шен КутузовгIар, БагратионгIар, ДавыдовгIар хилла-кх?

– Цунах тера догIу.

– Масала?

– ЦIонтаройн ШоIип, алдахойн Юсуп-Хьаьжа, шелахойн ТIелхаг, мичкахойн СоIду, Эски а, кхин, кхин а. Юсуп-Хьаьжа, европейцийн маттахь аьлча, Шемалан генеральни штабан начальник а, премьер-министр а вара.

– Гиххойн Сайдулла, шотойн Атаби, курчалойн Ботукъа а, гендарганойн Iиса а, – цIераш тIетуьйхира Головаченкос.

– Аш дийцарехь-м, Шемала тIом бина а ма бац! ХIета, и шен ткъайасна чов мичара йаьлла цунна?

– ТIамехь ши чов хилла цунна – Гимрахь а, Ахульгохь а. Цхьа чов – Хунзахерчу маьждиг чохь дов даьлча. Шийтта чов Чобаьккхинарчу бIаьрзечу нохчочо ГIубаша йина. Важа йисина йиъ чов ламанан нохчаша йина, иза шайна ницкъ бан воьлча.

Клингера, цецваьлла, корта хьийзабора.

– БIаьрзечу нохчочо хIунда верина иза?

– Иза йеха истори йу, – доккха садаьккхира Ботас. – Ша тIевоьссинчу хьешан къона йоI шена йига гIоьртина хилла Шемал. ЙоьIан бертаза. ЙоьIан нана йацара, ткъа да, тIаме вахана, цIахь ца хилла. Имаман дагара хиъначу йоьIан ненан шичас, бIаьрзечу ГIубаша, буьйсанна ха дIатийначу хенахь Шемал волчу цIа чу а вахана, жима а, йоккха а шийтта чов йина цунна. Иштта йу, бохуш дуьйцу, оцу чевнийн истори.

– Ткъа бIаьрзечух хIун хилла?

– Дуьххьара чуиккхина ши хехо ГIубаша вийна, тIаккха тIаьхьа чулилхинчу муртазекъаша, схьа а лаьцна, когаш, куьйгаш а дихкина вигна, вийна. Цхьаболчара дуьйцу, цIестан чари чу а виллина, кIел цIе а латийна, вагийна бохуш, кхечара, Iай арахь хи чохь долчу ной чу а виллина, гIорийна вийна бохуш. Бакъ муьлха ду-м, хаац.

ХортIас чай доьттира массарна а.

– Дерш, доцурш а дуккха а кхоьллина Шемалан цIарна гуонаха, – элира Муравьевс. – Хала ду царах харц-бакъ къасто. Амма суна цхьаъ хаьа бакъ а долуш. Шемал фанатик цахилар. Динан фанатик оцу шен динан идейн дуьхьа ле, бIаьрнегIар ца тухуш. Ткъа Шемал даим а ларлора кхерамах, эрна Iожаллех. Суна хетарехь, цуьнан идей кхин йара – ша схьалаьцначу некъан, маршонехьа къийсаман идейн дуьхьа вахар. Цуьнан дуьхьа даим а шен са лардора цо. Масала, Гимрахь, Ахульгохь, тIаьххьара а – Гунибехь а. Массанхьа а кIелхьарвала хьекъал а, мекарло а хуьлура. Хунзахерчу маьждиг чохь дов даьлча, цо динарг хезний шуна?

– ХIан-хIа, – ладогIа кечвелира Клингер.

– Цуьнан шен кIанта Мохьмад-Шафис дийцина xIapa. Хьамзат-бека а, Шемала а Хунзахера бекаш бойъу хан йу иза. Буьйсанна хилла и дов. Бодашкахь. Ма-хаъара, Хьамзат-бекан уггар гергара гIоьнча вара Шемал. Цундела уггар хьалха и ши коьртахо виэн гIоьртина бекаш. Гуттар дов марсадаьлча, цхьана беко мохь тоьхна: «Шемална тоха, кIайн куй болчунна!» И мохь хезначу Шемала, шена уллорчу мурдан коьртара Iаьржа куй катоьхна схьа а баьккхина, иза шен коьрта, шен кIайн куй цуьнан коьрта тиллина. Мурд вийна, ткъа Шемал, йайн чов хуьлуш, кIелхьарваьлла.

Цхьана йукъана тийналла хIоьттира чохь.

– Адамаллин исторехь цхьа а гениальни стаг ваьлла вац гIaлаташ, ледарлонаш йоцуш, – чайнах дассаделла стака йуьстахтеттира Ботас. – Европин цивилизованни паччахьашкара дийлина гIалаташ-м хьовха, даррехь цара йина къизаллаш а гечйо вай, царна цхьацца бахьанаш а лоьхуш. Ткъа Шемалан, оцу боданечу ламанхочун, гIалаташ, ледарлонаш, и сийсазвеш, аьшнашвеш, кхайкхайо. Иза нийса дац, господа, данне а нийса дац.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru